Думбадзе Нодар. Ц1ий

Дийцар

Сараг т1е оьхкина ч1еран к1орнеш а йолуш волу жима к1ант, шен баьшна корта а оллийна поп к1ел лаьттара, шен г1айг1анечу б1аьргашца хоттах буьзначу шен берзинчу когашка б1аьрг бетташ, ойла а еш: «Ма ч1ог1а тера ву-кх х1ара воккхастаг сан дех! Къоьжа корта… 1аьржа ц1оцкъамаш… Шуьйра мара… Хаза баьргаш… Аз а ду лоха, тамехь… Б1аьргаш д1ахьабдича… сан да ву аьлла, хета тарло!»
К1анта б1аьрнег1арш т1екъевлира.

– Цундела ма кхайкхина ас хьо, сан лераме Кишварди! Кхин детта са дац сан! Аьлларг деш вац, йовсар! Дерриге бераш бераш санна ду – киншкех д1а а ца къаьста, ткъа х1ара, хьажахь цкъа, дийнахь а, буса а ч1еран к1онеш лоьцуш лела. Ткъа кху деношкахь цо х1ун дира? Сан а, Господзен а юкъарчу г1у чу нан-йоккха хорбаз кхоьссина. Хорбаз цу чохь иккхина. Х1ара ши к1ира ду-кх оха хин мета компот муьйлу!
– Со лолда хьан, бакъ дуй иза, сан к1ант?! Са ма гатде ахь, лераме Юлия! Хьожур хьо, Гурия д1а мавиггинехь, цхьана когах 1ункар попах уллур ву аса. Т1аккха хуур ду цунна!
– Ца хаьа суна, ахь иза стенах уллур ву-м, амма ас цхьаъ эр ду: ирс долуш хила цуьнан нана, кху йовсаре хьежа-х ца дезий цуьнан. Цуьнан да а, ирс долуш стаг хилла…
– Муха хета хьуна, лераме Юлия, кхин тоха са хир дац-кха цуьнца?

– Х1умма а ца хаьа суна, х1умма… Ойла ел ахь: дукха хан йоцуш хьера вахийтинера ас иза: Цхьа пунт тоьлла хьаьжк1аш яхьийтира, ткъа ц1а веара пхи кийла ахьар а дохьуш. Важа дисинарг Валико Кухалейшвилин берашна д1аделла хилла, дукхамавахарго. «Уьш дукха бу чохь, – элира, – меца хуьлу даима».
– Со лолда хьан, к1ант! Бакъ дуй иза?!
– Иза-м х1ун дара? Стомара иза а, цуьнан доттаг1а К1ук1ури Угулава боху т1орза а къайллаха беша а ваьлла – ойла ел ахьа! – шайн географин хьехархочун Датик1о Ц1верабин, шапталш а яьхьна, уьш томкех хийцина. Муха хета х1уна, х1ан?
– Со лолда хьан! Бакъ дуй и, к1ант?

– Хьо-м виси «бакъ дуй, бакъ дуй!» бохуш. Хьуна моттарехь, аьшпаш буттург со ю?
– Х1ан-х1а, х1ан-х1а, лераме Юлия. Ас-м иза нийсачу новкъа ваккха кхин дарба дац техьа, аьлла бохурий.
– Ду, х1унда дац? – и амалш цуьнга йитийта тарлуш-м ду. Амма со ларор яц. Кхузахь ондда боьрша куьг оьшу. Цул сов, сан яь1ни т1ехь кхин а ши экха ма ду – Зураб а, Вахтанг а, сан К1олин бераш. Уьш кхул а харцахьа ду. Бежан хьаьрмера уьш ц1а кхаьчча – хьо-хьуо теш хир ву.
– А-а-а… Х1ун эр дара те хьоьга, лераме Юлия? Цуьнан да-нана дийна долчу хенахь, цара со к1антана аьттехьа а ца вуьтура. Ткъа х1инца х1ун де ас? Муха 1амаве иза? Муха дохде ас цуьнан дог? Со цунна хийра стаг ву, кхетий хьо? Хийра…

– Ма алахьа иштта лераме Кишварди! Иза-м, велахь-вацахь, боьрша стаг ву. Боьршачу стагаца цунна атта карор бу юкъара мотт… Цул сов, шун тайпанан т1аьхье ма ю иза…
– Иштта-м дара иза… Ткъа дешарца муха ву иза?
– Дешарций… Шен хьехархочун бешара шапталш лачкъийна к1ант, ц1арматчу «Декамерон» книгин дуьхьа шен ненаненан дато 1айгаш доьхкина волу к1ант, – ишттачу к1ентан коьртехь х1ун дешар хир ду, алахьа хьайн Делан дуьхьа, лераме Кишварди?

– Бакъ дуй иза, сан к1ант? Саций ас. Д1авуьгур ву ас иза Гурия. Цхьана настарх попах уллур ву!
– Хьажал хьо цуьнан латтаре. Вайша кхузахь цунна х1ун дийр дара те, бохуш, детталуш ду, ткъа цо лерг д1а а ца ухьу.
К1ант поп к1ел лаьттара, б1аьргаш а хьабдина, ойла еш: «Г1елъелла сан миска ненанана Юлия…
Хьалха ма тамехь аз дара цуьнан, ткъа х1инца ма дера ду! Я суна иштта хета техьа? Х1ара деда ву техьа? – парг1ат, к1еда-мерза къамел до. Х1аъ, г1елъеллачух тера а ду иза… Х1инццехь вахийтахьара цо со сан дедеца… Кхул т1аьхьа аса цунна цкъа а халахетар дийр дацара. Х1ан-х1а, ма вахийтахьара… Ма вахийтахьара…»

– Буо ма ду иза, лераме Юлия… Сарагал сов, цунна хьастар а ма оьшу.
– Ала ахьа! Дукха кхеташ а ву хьуна иза хьастамечу дашах! Хьастар…
– Бакъ дуй иза, сан к1ант? Гурия д1а ма-вигганехь, цхьана настарх попах ма-оьллинехь… Д1а маца вига иза, лераме Юлия?
– Х1инццехь вига! Иза кечван дукха хан еза, ткъа?
– Муха? К1ант нанас ма-варра верзина ма ву…
– Иштта валийна-кх ас иза стохка Авчалера, лераме Кишварди. Я цунна г1овтал тега боху ахьа?
– Миска сан к1ант!

– Новкъа валале даарх кхета.
– Х1ан-х1а, са ма гатде ахьа, лераме Юлия. Самтредияхь х1ума кхоллур ю оха. Цигара д1а ц1а кхача а гена дац.
– Шайн лаамехь ду-кха шу. Некъ дика хуьлда! Сийлахьчу Георгис лардойла шу!
– Дала ирс-аьтту бойла хьан, лераме Юлия!
– Х1орш д1аэцахьа, лераме Кишварди.
– Уьш х1ун ю?

– Цуьнан цхьацца документаш. Сентябрехь, гарехь, ахь иза школе вохуьйтур ву – оьшур ду шуна. Йоьалг1ачу классе ваьлла иза. Бакъду, справки т1ехь г1алат ду – Ломджария Нодарин меттана Ломджария Надири яздина. Вуьшта, г1алат ца хила а тарло иза, сунна хетарехь, иштта дан а ду!
– Бакъ дуй иза, сан к1ант? Х1ун дер, ткъа, Гурия д1а а вигна, попах ирх уллур ву.
– Хьайна луъучух уллур ахь, кхин сан б1аьргашна ца гуччу ваьккхичхьана.
– Настарх уллур ву, настарх!
– Дала аьтту бойла хьан!
– Г1о ца дахь къемате дийр ду, ур-атталла т1улгаш а доьлххург.
– Х1ета, 1одика йойла, Кишварди!

– Дерриге диканиг кху ц1ен т1е, лераме Юлия!
К1ант д1авалар а, схьаэцар а 1938-чу шеран августехь хилира, Хони олучу меттехь – Ломджария Нодарин Имеретерчу ненаненан Микеладзен Юлиан а, Гурерчу деден Ломджария Кишвардин а юккъехь.
Цул т1аьхьа сахьт даьлча к1ант, аьлча а Ломджария Нодар, 1928-чу шеран 14-чу июлехь Тбилисехь вина волу, дедена т1аьхьа текхара, малхо когаш багочу ченан новкъахула.
Деда хьалха вара, к1ентан к1ант – т1аьхьа. Къаналлин уьнаша б1аьрзвинчу дедас хала садо1ура, узарш дора. Дуьхьала некъахо кхетча, уьш совцадора, лохха охьатаь1аш, маршала лора. Т1аккха, масех минотехь собар а дой, юха а узарш дан волалора. Цкъацкъа, вист а ца хуьлуш, к1анте юхахьоьжура. Иштта юхахьожу къена кхиэл шен т1аьхьайисначу бекъане, шена т1аьхьара к1орни ярна кхоьруш.

К1анта, некъ а беш, ойла йора: «Хьалха ву воккха стаг – эг1аза, цомгаш, узарш деш, бос байна шляпа коьртахь. Цо боху, ша со диттах ирх уллур ву. И воккха стаг – сан деда ву. Деда… Цунна т1аьхьа а х1оьттина д1а эха сан х1ун дисна? Суо цхьа лай волуш санна, цунна т1аьхьа х1окху ченахула д1а х1унда текха со? Ши г1улч юьстах яьккхичхьана, д1аг1о хьайна дуьненан еа а маь11ехула.
Х1ан-х1а, и дан ца ло соьга. Ца ло. Цхьана гуш боцчу ницкъо цунна т1аьхьаийзаво, букъа т1аьхьаьшхула хьалха тоьтту-воккхачу стагана т1аьххье д1аэца! Х1ун ницкъ бу иза! Г1елвелла, мацвелла, бурконо а, хьогалло а б1аьрзвина со новкъара юьстахвала ца ло? Х1унда? Ц1е х1ун ю оцу ницкъан?»
– Ахь стенан ойла йо, сан к1ант? – ц1еххьана вухахаьжира воккхастаг.
– Х1уманна а! – ойла а ца еш сихха жоп делира к1анта. Цунна дагахь дацара, иштта хаттар шега дийр ду бохург:
Некъана юьстах а ваьлла, охьахиира воккхастаг: жимма са а даь1на, «ох1», «ах1» дина, к1ентан коьртах куьг хьаькхира цо.Т1аккха, цхьацца п1елг а саттош дагар дан волавелира: 28, 29, 30, 31, 32, 33, 34, 35, 36, 37, 38.

– Сан к1ант, хьо вина ткъе барх1алг1ачу шарахь. Х1инца вайна ткъе берх1итталг1а шо ду. Делах1-х1ета, х1инца хьан цхьайтталг1а шо ду. Воккха хилла хьо. Т1аккха муха 1ало хьо ойла а ца еш? Я дедех лечкъадо ахьа?
– Х1ан-х1а, дада. Х1уманна а ойла еш вацара со, – аьшпаш боьттира к1анта.
– Ойла ян еза, сан к1ант. Ойла ен хан ю хьан.
«Ах1», «ох1», деш хьала а г1аьттина, воккхачу стага д1аболийра шен некъ.
Коча муш тесна эса санна, цунна т1аьххье д1аволавелира к1ант.

К1ант малхо вагийна, мохо яржийнчу месашца, г1одах а тевжина, поп к1ел лаьттара. Шен г1айг1анечу хьежарца хоттах буьзначу берзинчу когашка б1аьрг а бетташ, ойланашка а вахана: «Ма ч1ог1а къанвелла иза! Юьхь еккъа цхьа хебарш… Аз а лахделла. Х1етте а иза сан ненах тера ю – къоначу, хазачу, аьхначу, 1аьржа б1аьргаш долчу, догдикачу са ненах шен месашца а, боларца а тера ю. Б1аьргаш т1ехьабдича, сайн нана ю, аьлла хетта».
Амма к1ант б1аьргаш т1е ца къевлира. К1ант кхеравелира.
– Синтем байна сан, лераме Кишварди! Цуьнан мискачу ненан г1аларт дуьхьал х1уьтту г1енах а, самах а. Сан-сайн яхь-бехкан аз т1аьхьара далац. Ахь иза д1авигчахьана, кийра бассабелла, цу чуьра дог схьадаьккхича санна лелаш ю со. Сан бер юхьадерзадехьа, лераме Кишварди.

– А-а-а. Ас хьо йолчуьра д1авуьгучу хенахь дара иза бер. Х1инца иза къонах ву. Дан дезарг шенна хуур ду цунна. Хьо йолчу вухаверза лаахь – ас иза сецор вац.
– Суна дегабаам бина цо… Тхойшинна юкъахь барт бан хьо цхьаъ бен вац, лераме Кишварди! Хьо хьекъал долуш стаг ву…
– Хьа-х, лераме Юлия, и саннарг кхин а шиъ ма ву…
– Дукха я к1езиг хиларехь ду ткъа г1уллакх, лераме Кишварди? Ши итт, б1е – цхьаъ ду. Йоь1ан к1ант – йоь1ан к1ант ма ву ненананна, лераме Кишварди!
Иштта-м дара иза… Ткъа ас х1ун дан деза? Со веллачул т1аьхьа Ломджария тайпа цунна т1ера д1адаха дезаш ма ду.

– Ас цуьнан фамили хуьйцур ма яц! Важа шиъ а Ломджария хуьлда шайна, ткъа х1ара схьалохьа сунна!
– Гарехь, к1ант схьаваккха еана-кх хьо, лераме Юлия?
– Ма яхийтахьа бакъдуьнене дагахьбаллам болуш. Цигахь цуьнан ненан б1аьра муха хьожур ю со?
– Х1е лераме Юлия, хууш дац цига вайшиннах хьалха мила г1ур ву. Со а муха хьожур ву цуьнан ненан а, ден а б1аьра, хьол хьалха валахь?
– Дала оьмар яхъйойла хьан, лераме Кишварди!
– И к1ант – сан кха а, сан кемсийн беш а, сан хьер а, сан каш а, сан чурт а ду… Х1ан-х1а, ахь со вехь а д1авуьгуьйтур вац ас иза.

–Т1аккха ас суо юьйр ю-кха х1оккхахь, хьуна хьалхха!
– Дала ларйойла хьо, лераме Юлия, и х1ун ду ахь дуьйцург? Х1окхуьнца воьдий хьо, сан к1ант?
– Эр дуй ткъа цо? Хьох ийзалуш ма ву иза!
– Бакъ дуй иза, сан к1ант?
– Цунна ненан аьхна куьг ма оьшу, лераме Кишварди! Т1ера бедарш йитта, лийчо, букъ била… Ненан метта хилалур вуй ткъа хьо?
– Иштта ма аьллахь. Ас дина цуьнан дола. Далла бу хастам, вон дола а ца дина… Я хьоьгара г1о а ца дехна.

– Ас хьоьца ца къуьйсу, ца къуьйсу, лераме Кишварди! Х1етте а… буьйсана охьавуьжуш к1ентан когаш била, цунна т1аьхьа школе эха… божарийн г1уллакх дац иза.
– Цунна тхан школехь а вон дац. Шун школехь динерий цунах экха-м.
– Мотт сецна белара сан х1етахь!
– Ма мотталахь, кхузахь цунах малик хилла я шапталш лечкъочуьра и юхаваьлла.
– Лечкъаяйтахьа, х1ун ду лечкъийча?
– Я моьтту хир ду хьуна, х1инца цо нехан берашна ахьар ца доькъу?
– Ахьар декъча х1ун ду, саг1а хир ду-кх. Сан берриге бахам цуьнан бу-кх. Шена лаахь сийна ц1е тосур цо цунах, со дуьхьала ю ткъа?
– Сигаьрк узуш а ву…
– И бакъ дуй, сан к1ант?

– Ахь соьга, соьга хатта! Сан кисанаш а, кисет а яссийна ваьлла.
– Озийтахь шена. Ахь айхьа ма элира, иза къонах ву.
– Цхьана баттахь собар дехьа. Салорш а лелийна д1абеллачу гоьжех ахча схьа ма-деллинехь, дика т1е-кога духа оьцур ду ас цунна. Х1окху барзакъца д1авуьгийла ма дац иза.
– Д1авайта, реза хилахь, т1е-кога духар – сан г1айг1а ю. Сайна т1ера охьаяьккхина а, иза верзина вуьтур вац ас.
– Х1аъ, ч1ог1а товш хир ма яра цунна т1ехь хьан бедарш!
– Хьуна-м уьш забарш ю, ткъа сан дог ц1ийх лиэшаш ду.
– Ас ала ма аьлла хьоьга, лераме Юлия, х1инца иза воккха хилла. Шен лаамехь ву иза.
– Хьо цунна Делан геланча санна ву, хьан х1ор дош – до1а санна т1елоцу цо. Алахьа цуьнга, лераме Кишварди!

– Делах мукъана кхера, лераме Юлия! Ас муха эр ду сан дег1а ц1ий а долчу цуьнга: д1аг1о сан х1усамера!
– Со… со хийра ю, ткъа, цунна? Сан дег1 а, ц1ий а дац иза? Хьанна хаьа, ас дуьнен т1ехь яккха цхьа шо бен хан йисна а хир яц? Ас доьху хьоьга, хенал хьалха коша чу ма йоллахьа со. Суна лохьа и к1ант!
– Лераме Юлия!
– Со гора, гора южу хьуна хьалха.
– Ахь дийриг х1ун ду? Хьалаг1атта хьайн Делан дуьхьа! Со реза ву! Реза ву!
– Дала ирсах ма воккхийла хьо!

– Кхул т1аьхьа ирс а, самукъа а гур дац сунна!… Д1аг1о сан к1ант, хьайн ненаненаца.
Иштта къамел хилира вай лакхахь бийцина хиламаш хиллачул т1аьхьа нийсса шо даьлча к1ентан Гурийскерачу дедена а, Имеретерачу ненананна а юкъахь. Амма иза цхьамма к1ант д1алуш а вукхо схьаоьцуш а х1ума дацара. Иза дара кхехкаш долу ц1ий т1ехъэхар, к1едачу шина деган узарш. Цхьаттера ницкъ болчу шиннан къийсаман безаман латкъамо хаийтина деган деттадалар долчу т1е а сихдинера, ткъа логехь дуъра шад х1оттийнера. Гуш боцчу ницкъо цкъа ненананна т1еийзавора т1аккха нуьцкъала д1атоттий дедена т1екхуссура. Масийттаза к1антана туьйхира 1овжаме лазарш – дег1ах чекх ц1ийбина ч1у баьккхича санна. Воккхачу стаганий, йоккхачу стаганий юккъехь и тамашийна къамел хуьлчу хенахь, к1ант д1а ца тосура бийцалурбоцчу сингаттаман а ладег1аран а ойлано.

Ненанана хьалаг1аьттира, к1антана т1е а яхана барт баьккхира.
– Сан ирс, сан б1аьргийн нур, вало соьца, дахарехь совнаха ши де лохьа сунна!…
Йоккхастаг йоьлхуш яра, цуьнан довха б1аьрхиш к1ентан коьрта т1е 1енара. Йилхина яьлча, цо ларлур шена т1еозийра к1ант, амма к1ант метах ца волура, лаьттара аьчкан хьонха санна, шен орамашца к1оргга лаьттах дахана дитт санна.

– Д1аг1о, сан к1ант, х1окхуьнца, хьайн ненаненаца. Хьоьга хьежа цунна к1ордийча, юхавог1ур ву хьо. Х1етале сан а сагатлур хьо сайца воцуш. Хьуна х1ун моьттура? К1ентан к1ант хилар – атта х1ума дац. Вуно хала, хала ду к1ентан к1ант хила, къаьсттина со а, хьан ненанана санна хьомсарниг. Ткъа хьан диг, бел, тускар, етт, эса, газа цхьанаххьа г1ур дац, хьо ц1а варе хьоьжуш 1ийр ду.
К1анта ладоьг1ура, хьоьжура. Цецвуьйлура: диг, бел, тускар уьйт1аьхь цхьана меттехь 1охкура, ткъа етт, эса, газа – уьш кхечу меттигашкахь. Уьш ган а ца гуш, дедас ша ц1ераш йохуш х1оранна т1е куьг нийса муха хьажадора?
Ткъа дедас кхид1а дуьйцура:
– Х1ара хьан т1оьрмиг бу, хьан киншкаш – гуьржийн меттан, историн. Кхин х1ун ю вайшинан? Хетарехь, х1умма а яц. Хеча, коч, мачаш хьуна т1ехь ю. Самтреди кхаччалц когаш1уьйра г1уо, и ца дахь мачаш ц1а кхочур яц хьан. Кхин ала х1умма а дац. Д1аг1о!

Ломджария Кишварди кхийтира шен к1ентан к1ант цхьана хьеречу гона юкъахь лаьтташ хиларх, ткъа шина ц1ийнан кхайкхаман ницкъо цкъа цхьана аг1ор, т1аккха вукху аг1ор д1аийзавора иза. Муьлхачо узур ду терза? Муьлха ц1ий тоьлур ду? Оцу къийсаман чаккхенга ладоьг1уш 1ен йиш яц. Цу шиннах кхехкаш хьере цхьа татол д1адукъа, д1ахадо деза.
Т1аккха йоккхачу стагал хьалхе Ломджария Кишвардис яьккхира;
– Хьо стенга ладоьг1уш лаьтта? Со г1елвелла хьоьца векаш.
К1ант дедега хьаьжира.
– Д1аг1о, кхин вуха ма хьажалахь. Кхийтин хьо?
Дедега къаьхьа дегабаам а, ненанене аьхна къинхетам а цхьатерра хаабелира шен даг чохь к1антана. Б1аьрхиш, ша-шах охьабахара корта, т1аккха кхин дош ца олуш, Чохатаурин чено баьккхинчу новкъахула кичча йолчу ерриге 1аьржа доьхначу шен ненананна т1аьххье…

Ломджария Кишварди кхерча хьалха хиъна 1ара, йоьзачу яй чуьра хи кхехкаре ладоьг1уш.
Ц1аре а хьоьжуш, Ломджария Кишварди ойла йора. Ойла йора, амма оццу хенахь цунна лаьара д1авада, къайлавала шен сингаттамечу ойланех вала. Шен ойланех стенга ведда г1ур ву стаг? Стаг Дела ма вац… Д1авахийта ца оьшура к1ант. Йоккхачу стеган г1айг1а-балина хьалха г1орасиз хиллира иза. Ткъа х1инца цуьнан хьолехь ша а ву иза. Вукху к1иранах г1ур ву со цига, доьхур ду к1ант схьалахьара, аьлла. Лаамехь схьа ца лахь – нуьцкъах схьавоккхур ву… «Х1ан х1ун бакъо ю, эр ду, соьгара сан дег1 а, ц1ий а схьадаккха? Хьо Дела ма яц!» Амма… Иштта соьга а ала ма тарло. Со а ма вац Дела, ткъа цхьана ханна кху дуьнен чу веана цхьа пекъар ву. Ткъа к1ант, суна санна, цунна а ма кхочу. Нагахь санна со Дела велахьара! Эх1, ма хала, хала ду-кх адам хила. Дела хуьлучул дукха хала. 1ийса-пайхамар ша а тешна цунах. Вукху к1иранах г1ур ву со иза йолчу. Гора вужур ву. Х1ан-х1а, цхьана к1иранах соьга сатохалур дац… Кхана 1ийна г1ур ву… Х1ан-х1а, кхана! Кхана сатасарций новкъа вер ву. Везан Дела, сихха сатасахьара!

Кхерча хьалха а хиъна, иштта ойланаш еш, йоьзачу яй чуьра хи кхехкаре ладоьг1уш 1ара Ломджария Кишварди, ц1еххьана не1 д1а а еллаелла, не1саг1ехь оллийна корта а болуш, белшах кхозуш мачаш а йолуш к1ант гучуваьлча.
– Воккха Дела, хастам бу-кх хьуна! – эккхийтира дедас.
– Со вуха веъна, – элира к1анта.
– Суна хаьара, хьо вухавог1ур вуй, – Элира дедас.
Т1аккха Ломджария Кишвардис йоьзачу яй чуьра довха хи йоьзачу теса чу а доьттина, вехха ваьллира к1ентан когаш буьлуш. Т1аккха к1антана мотт биллира нара т1ехь, ткъа ша вижа вахара жимачу тоьли чу.

Буьйсана юккъехь воккхастаг самаваьккхира к1ентан озо:
– Дада, хьоьца вижа мегий со?
– Схьавола! – иза а олуш, воккхастаг пенехьа д1а-таь1ира.
К1ант охьавижира, дадина т1етаь1ира.
«Ма шийла ву сан миска дада!» – ойла йора к1анта.
«Ма вовха а ву х1ара!» – ойла йора дадас.
Цхьа хан яьлча, дедас хаьттира:
– Хаьий хьуна. Хьо стен валийна суна т1е?
– Ца хаьа.
– Хаалахь, сан к1ант, ц1ийно валийна хьо вуха, кхетий хьо? Ц1ий – 1аламат боккха ницкъ бу сан к1ант!
Оцу буса вовшашка кхин цхьа а дош ца элира цу шимма. Ойланаш а ца йира.
Дедас а к1ентан к1ант а ирсе наб йира. Ойланаш еш а, къамелаш деш а ц1ий дара, оцу хьокъехь цхьана Далла хаьа.

Гочдинарг МАРГОШВИЛИ Султан

Вайнах №1-2, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх