Думбадзе Нодар. Дзаг1ли.

Дийцар

Xlapa г1уллакх д1адоладелла шовзткъе цхьолг1ачу шеран августехь, ткъа чекхдаьлла ши шо даьлча.
Т1еман шийла хьу тхан юьртана хааелира цхьа бутт баьлча. Юьртахь ког хецна, кханенан башха ойла а ца еш ваха 1еминчу колхозхочунна хала дара ц1аьххьана т1едеанчу х1окху къематан ойла ян а, хьесап дан а. Цундела дукхахболчийн доьрчий августехь дассаделлера, ткъа тхайниг-м кхин а хьалхе.
Могашалла дика йоцчу дадас Спиридона денош а, буьйсанаш а товхи хьалха токхура. Цундела ц1ийнан дукъ сан кочахь дисинера. Ц1ийнан дукъ х1унда дуьйцу ас, сан букъе-м х1инца а ов туху ас хьуьнхара кхехьна дечиггий, декъа гаьннашший дагадаьхкича: йовхо йоцуш мегар ма вацара воккха стаг.

25 августехь оха д1айиира сискалан т1аьххьара юьхк. Дадас ишкап чуьра схьадаьккхира, берте тум а йоьллина долу, итт литр чуйоьду къаьркъанан шиша. Соьга элира:
– Вада, xlapa тускар чу а диллий, Чахат1ауиа г1ой, пунт хьаьжк1ех хийций вола. Цул к1езиг луш верг валахь, xlapa къаьркъа цунна т1е а доттий, лаьттах тохий, шиша доха а дай, ц1а вола… Къаьркъа комарех даьккхина ду. Даккха ма-деззара даьккхина ду, кхуьнан езткъа градус ю. Кхета ма веза xlapa хьашт дерг. Х1аъаний…
Къаьркъанан шишане г1айг1ане д1ахьаьжира дада. Доккха са а даьккхина, т1етуьйхира:
– Д1авало…

Шиша лаытах тоьхна дохо ца дийзира сан. Базарахь суна карийра боккъал къаьркъанан мах хадо хууш стаг. Сов къамелаш а ца деш, сан т1оьрмиг чу цо 1анийра дашо бос беттало тоьлла хьаьжк1аш, цу т1е кисана ц1ен кхо туьма а та1ийна, сан ч1ишталг а хьаьстина. юха к1иранах а вола элира.
Минот а ялале, базарна дуьххьал йолчу столови чохь вара со.
– Котлеташ юй? – хаытира ас буфетчике.
– Ткъа хьоьгахь ахча дуй? – дуьхьал хаьттира буфетчика.
– Ду.

– Мел?
– Кхо туьма.
– Схьагайтал.
– X1ара ду-кх.
– Охьахаа. XIинцца схьаяхьа ас.
– Кхо порци! – элира ас. Гира тускар ц1енкъа охьа а диллана, стоьла хьалха охьа хиира со.
– К1ант, хьо кхетамчохь мукъа вуй? – боккъал цецвелира буфетчик.
– By. Вуьшта, мацвелла со, – кхетийра ас.
– Картолашца я гарзанашца?
– Ши порци гарзанашца, цхьаъ – картолашца.
– Лимонад мел?

– Кхоъ, – элира ас, сайн доьхка мал а деш.
Ца тешаш соьга хьаьжира буфетчик, амма х1умма а ца элира. Сан стоьла т1е кхо порци котлеташ а, кхо шиша лимонад а х1оттийна, хьастаме-к1еда хаьттира:
– Схьаалал, к1ант, стенга дехьи ахь и кхо туьма?
– X1ара ду-кх и, – дозаллица элира ас, ахча д1а а гойтуш.
Буфетчика схьаийцира ахча, куьг хьаькхира, т1аккха серлонехь чекх а хьаьжна, шен боьхачу халатан нуьйдарчий а яьхна, кисана дахийтира.

– Хьо мукъа ву, – олуш, вела а къежна, д1авахара.
Столови чуделира ч1ог1а чукхетта ге а долуш, деха-лоха 1аьржа ж1аьла. Масийттаза чухула доладелира иза. Т1аккха, майра даьлла, соьга хьаьжира. Котлет яла кхоам а хетта, цхьа гарза кхоьссира ас цунна. Катоьхна схьа а лаьцна, д1акхаьллира цо. Ас кхин а кхоьссира. Дукха хан ялале, майра даьллачу цо, г1алх эккхийтира.
– Яхийта кхузара, хьайн гирзаш а эций! – ж1аьлина т1е мохь хьаькхира буфетчика.
– Ц1е х1ун ю цуьнан? – хаьггира ас.
– Хьанна хаьа?!
– Хьенан ду иза?

– Суна мичара хаьа? Шен ден гехь доллийла иза! Яхийта кхузара! – т1е х1ума ластийра буфетчика.
Ц1ога а та1ийна, аратилира ж1аьла.
…XIума йиъна ваьлча, сайн тускар а эцна, не1арехьа волавелира со.
– Суна юха х1ума йог1ий? – иштга д1а хаттархьама хаьттира ас буфетчике.
– И бохург х1ун ду? – муц1ар саттийра цо.
– Х1умма а ца йог1у? – вуха ца волура со.
– Д1аг1о, к1ант, д1аг1о Делан диканца!

Столови чуьра араволуш сан б1аьрг кхийтира тохарлерчу ж1аьлех. Иза, тебна, не1арехьа дог1уш дара. Со иттех г1улч яккха а кхиале, дагах чекхдолу ж1аьлин ц1овзар а, г1алх а деара сан лере. Т1аккха суна юххехула дедда дахана, т1ай т1ера хи чу иккхира иза. Сихха хи чуьра хьала а даьлла, ц1ийзаш, г1амарла керча дуьйлира.
Столови йолчу arlop д1ахьаьжира со. Яй а карахь, не1арехь лаьтташ буфетчик вара. Яй чуьра юьйлуш 1аь яра.
– Кхихкина хи туьйхи ахь ж1аьлина? – хаьттира ас.
– X1ан-х1а, цхьажимма когаш бахби-кх, – сонта велавелира иза.
– Вир ю хьо ма-ярра, вир! Хьан да а ю вир! – оьг1азе кхоьссира ас.
1адийнначохь висира буфетчик. Минотехь гергга тапъаьлла соь хьоьжуш а лаьттина, т1аккха, карара яй охьа а биллина, аьтту пхьаьрсан пхьош хьала а карчош, суна т1е волавелира.
– Циггахь собар де, со т1екхаччалц, – эккхийтира цо. Меллаша сайн гира тускар охьа а диллина, охьатаь1на, лаьтгара цхьа нана-боккха т1улг схьаийцира ас.

Буфетчик сацавелира, лаьттах вог1авелча санна.
Жимма иштта а лаьттина, корта а ластийна, къайлавелира.
Т1ай к1елахь 1уьллура ж1аьла, шен ягийна муц1ар хьалхарчу шина т1ода юкъа а йоьллина, ц1ийза а ц1ийзаш. Сох б1аьрг кхетарца, ц1ийзачуьра д1атийра иза. Со т1евахара. Лерина цуьнга хьаьжира. Аьтту т1од а бара хиэ мерцина.
– Хьажийтал цкъа хьайга, – олуш цунна юххе голаш т1е охьалахвелира со.
«Эх1, аш суна т1ехь динарг!» – белхар иккхира цуьнан. Аьтту, багийна боцчу б1аьргара оьхуш хин т1адамаш дара. Сайна т1ера коч схьа а яьккхина, иза юккъешхула ят1а а йина, хи чохь яша а йина, д1абихкира ас ж1аьлин б1аьрг. Т1аккха т1одана жимма г1оли хилла ж1аьла баркаллица хьаьжира соьга. Юха а делха доладелира. Соьга а кхин сатоха ца делира. Г1амарла охьа а хиъна, со а вилхина д1авахара. Ткъа ж1аьла… Дийнат делахь а, цунна шера хаьа адам х1унда доьлху. Лазийначу ж1аьло, текхна суна т1е а деана. сан гоьлаш юккъе йоьллира шен муц1ар.

…Цкъа, дагадог1у суна, сан х1етахь дейтта шо хилла хир дара, Гервасия Джабуан йо1 Тина Набеглави юьртарчу Сиамашвили Арсене маре елча, ас Деле дуьххьара дийхира: «Йо Дела, суна ялх шо т1етохахьа, ма гур яцара Арсенна исбаьхьа Тина…» Х1инца ас сайн дагахь дийхира: «Йо Дела, буфетчикца лараван ницкъ лохьа суна, т1аккха, лаахь, со виэн а виэ!» XIинца санна цкъа а лиъна дацара суна, х1инца, т1ай к1елахь, ц1а доцу ж1аьла мара а доьллина, хиъна 1аш санна, сайн лаам кхочуш хуьлийла…
– X1ара х1ун ду? – цецваьлла мохь туьйхира дадас, ас тускар чуьра схьа а даьккхина, ц1ийдинчу хиэ чахчийна ж1аьла д1агайтича.
– Ж1аьла ду-кх, – элира ас.
– Боьха х1ума ю-кха, ж1аьла аьлча а.

– Боьха х1ума яц. Буфетчико доьттина кхунна т1е кхехкаш долу хи.
– Делахь, дог1уш доьттина хьуна цуо кхунна т1е хи.
– Меца ду xlapa, – ж1аьлегахьа rlo даьккхира ас.
– Хьарчийначу бехчалгашна юкъара схьадастал иза.
Ас цо бохург дира. Дада цуьнга хьаьжира.
– Эх1, ма хан йоцуш мерцина оцу Дала д1аэцаро xlapa. Йовхачу хенахь чевнаш атта д1а ца йоьрзу. Вадал, чуьра даьтта схьадал, чевнаш т1е хьокхур ду вай… Шен т1од-м кхо ша ц1уббийр бара. Ткъа баьргах дерг аьлча…
…Шолг1ачу 1уьйранна тхан уьйт1ахь лиетачу ж1аьлин г1овг1а яра. Ч1ог1а ца летахь а, ж1аьла летара.
Цунна ца туьллуш ц1е ца йитира оха: Джек, Джульбарс, Беляк, Мурк1а – царах цхьана а ц1арна ж1аьло дуьхьал жоп ца лора. Т1аккха оха Дзаг1ли аьлла дитира иза.

Цхьа бугт баьлча цуьнан т1од тобелира, муц1ар т1ера чов а ерзарехьа йирзира. Хиэ чахчийначу меттигашна т1е дуькъа чоьш девлира. Цунах хилира, ша санна дерг юьртахь а доцуш, хаза а, самукъане а ж1аьла.
Бакъдерг аьлча, шен noxlмаллица-м билгалдаьлла дацара иза, амма дика кхеташ дара: берашний, зударшний х1умма а ца дора, бахархойн ерриге котамех дика къастайора тхан цхьаъ бен йоцу къуьрдиг. Цуьнан дика дола а дора цо. Божарех дерг аьлча, сой, дадий воцург, кхин цхьа а ца лорура. Божаршка болу безам оцу буфетчика шена т1е ц1ийдина хи доьттичахьана байна хила а тарлора цуьнан.

Лулахоша кест-кеста дадига аьрзнаш дора:
– Спиридон, х1ара х1ун ду, дан мукъа а! Хьо волчу-м хьошалг1а вог1ийла а ма дац. Хьуна мичара даьлла и гирзаш девлла ж1аьла? Не1алт хиларо, дитта т1е дала хьоза а дитац. Д1а а эккхадай, шен ден мере дахийтахьа иза, д1а мукъа дехкахьа.
Дада велакъежаш 1ара. Цуьнан ч1ог1а доттаг1алла тасаделлера Дзаг1лица. Цхьаъ кертара д1аэккхочу даьлча, цо со эккхор вара, цунах ца къасга. Дзаг1лина хаьара и. Наггахь, хьуьнха дечиге вахча я буьйсанна – хьера, иза соьца дог1ура. Вукху хенахь-м дадин когашкахь 1уьллуш хуьлура, цо шена цхьа омра даре сема ла а доьг1уш, шен г1айг1ане безаме б1аьргаш цунна т1е а буг1ий. Дитта т1ера 1аж я хьормат охьайоьжча, Дзаг1ли, хьакхигара хьалхе а йоккхуш, дитта т1е хьодура, стоьмах цергашца ка а тухий, дадина бадабора. Дадас к1еда-аьхна куьг хьокхура цуьнан логах. Т1аккха, стом ц1анбой, шена буура, ткъа чкъоьргаш Дзаг1лина лора. Уьш, т1екхеттий, юура цо. Ткъа оццу дитташ к1ел охьаэгна шортта ма дара изза 1ежаш а, хьорматаш а. О, ладог1а мел дика хаьара Дзаг1лина! И цхьаъ дар-кха сахьташкахь дадига лерина ладуг1уш 1ийриг, цо цкъа дийцинарг б1озлаг1а юх-юха дуьйцуш доллушехь. Дуьйцург деха мел хили а, лерина ладуг1ура Дзаг1лис, б1аьргашца цо доьхуш санна а хеталора: «Хьайн Делан духьа, цхьа а дош юкъа ма диталахь!» – бохуш.

Цкъа со теш хилира цу шиннан ишттачу къамелан:
– Эх1, сан доттаг1, xlapa не1алте т1ом бацахьара, хьан дезар ма дацара яхкаелла хьорматаш яа! – бохура дадас Дзаг1лига, сингаттаме корта а лестош.
– X1аъаний! – т1етовш корта лестабора цо.
– Мисканиг, хьуна-м жижиган чам бицбелла хир бу? – хоьттура дадас.
– Дера, биц ма белла! – доккха садоккхура Дзаг1 лис.
– X1умма а дац, шадерриг д1анислур ду, – тедора иза дадас. – Гогит1ин да Арсен схьа ма-веъанехь, цо доладийр ду вайшиннан. Х1ан? Хьуна х1ун аьлла хета, иза хьожур ма ву. Вуй? – ж1аьлина ца вевзара сан да, х1етте а, иштта хир ду бохучу маь1нехь корта ластабора. Дадас кхид1а а дуьйцура: – Чекхбер ма бу иза мацца а цкъа, не1алт хила цунна!.. Сан лазарш а д1адевр ду. Х1ан? Девр ма ду?..

Кест-кеста lapa уыи ишгга ховший, малхехь бохлуш, ойланаш еш: Дадас – т1ом чекхбаьлла, шен к1ант ц1а верзарх, ткъа Дзаг1лис… Дзаг1лина, хетарехь, жижиг дагаоьху хир дара…
Кхин долчарна т1ехь тхан Дзаг1ли дуьненна т1ера дерриге ж1аьлеш санна дара.
Буьйсанна уьйт1ахь наб йора, шен жоьпалле декхар лорура борг1ало, цициго, чаг1алкхо яьккхинчу г1овг1анна дуьхьал царачул ч1ог1а г1алх дар. Къеггина кхеттачу баттана дуьхьал г1ам-г1им дора. Шен безаман г1уллакхаш луьстура. Т1од а ойий, шен «г1уллакх» дора бешарчу керлачу хасстоьмийн хесахь. Кхин а: цхьанхьа майра, к1ант я ваша велла аьлла хаам кхаьчна, пекъар зудчун тийжаме узарш хезча, шен муц1ар ирх а йохуьйтий, yrla долалора.
Д1аоьхура денош. Тхо дехара, т1еман хенахь адамаш а, ж1аьлеш а даха ма-деззара. 1943-чу шеран 22-чу августехь буьйсанна ж1аьлеша, тийсалуш, уг1уш юьртахь йоккха г1овг1а эккхийтира. Церан оре дог1у хан хиларна, башха тидаме ца ийцира иза юьртахоша. 1уьйранна Тавберидзе Асланна шовдан йистехь карийра цистина ж1аьла. Оре даьхкинчу хенахь иза цецвала х1ума дацара. Делла ж1аьла лаьттах доьллира.

Делкъехь юьртахь гучувелира шен ж1аьла лоьхуш араваьлла цхьа вевзаш воцу стаг. Иза Асланна т1ехьажийра. Цига со а вахара.
– Хевера Мамеладзе К1ирилле, – вовзийтира вукхо.
– Ч1ог1а дика хир ду. Соьгара х1ун г1о-накъосталла оьшу хьуна? – г1иллакхе к1еда-мерза хаьттира Аслана.
– Ж1аьла дайна сан… Ахь тахана цхьа ж1аьла лаьттах доьллина элира соьга…
– Нийса ду иза. Тахана оха – аса а, х1окху к1анта а – цхьа ж1аьла д1адоьллина. Я и дан ца дог1ура?
– Ахь х1ун дуьйцу? Мелхо а… Баркалла шуна. Ткъа и меттиг гайта тарлур дарий?
– Дера тарлур ду.
К1аг а баьстина, Мамеладзе леррина ж1аьлига хьаьжира.
– Сайниг ду! – тешам боллуш элира цо.
– Дакъа д1адахьа-м ца лаьа хьуна? – велакъежира Аслан.

– Бегаш бечахь вац со! – куьг ластийра Мамеладзес. – Селхана сан берана ка а тоьхна, деддера xlapa. Пастерски гуламехь суна т1едиллина ж1аьлин корта бар. кхуьнан хье бу талла безаш. Дала ма хуьлийтуьйла и, нагахь санна ж1аьла хьерадаьлла хиллехь берана шовзткъа маха тоха дезар ду. Кхетий хьо? Шовзткъа маха! Ишта а ду и бер хала когаш т1ехь лаьтташ!
Доккха са а даьккхина, гали чуьра диг схьадаьккхира Мамеладзес.
Сихха д1а а вирзина, ц1а вахара со.
Соьга ла а доьг1на, дада ларамаза ч1ечкъашка вахара.
– Дика х1ума дац иза, – олуш, шен когашкахь 1уьллучу Дзаг1лига хьаьжира иза.
Суьйранна тхоьга веара лулахо Бадрия. Цо дадига топ йийхира.
– Хьуна стенна оьшу топ? – хаьтгира дадас.
– Сайн ж1аьлина тоха.
– X1ун даьлла цуьнгара?

– Хьуна ца хаьа? Селхана цхьаннан ж1аьла вайн ж1аьлех тийсаделла. Хьуна ма хезарий, к1ант, оцу ж1аьлин дас аьлларг? Цо берана катоьхна боху.
– Амма цо ма ца элира шен ж1аьла хьерадаьлла дара! – элира ас.
– 1овдал! Лapт1ехь долчу ж1аьло катухур дуй шен ден берана?
Ас жоп ца делира.
– Ишттачу г1уллакхна хьоьга топ лур яц ас! – д1ахадийра дадас.
– Ткъа муха ден деза иза?
– Хьокха тохий де.

– Со экха-м дац, ж1аьлина хьокха бетта?! – дегабаам бира Бадрияс.
Бадрия д1авахара.
– Буьйсанна ж1аьла божли чу доллалахь! – т1едиллира дадас, Дзаг1лин логах к1едда куьг а хьокхуш.
Тоьпан тага а, ж1аьлин ц1овзар а делира Тавберидзе Асланан кертахь.
Хьалхарчу тоьпан татанна т1аьххье шолг1а а, кхоалг1а а, доьалг1а а татанаш девлира… Массо arlopapa схьахезаш дара и татанаш а, ж1аьлийн летарш а, божарийн г1овг1анаш а, зударийн тийжарш а, берийн делхарш а, бежанийн lexapш а. Тата делира Бадриян уьйт1ахь а, цул г1аьхьа Аристархан, т1аьххьара х1окхунна юххехь – лулахочун Мак1ариян уьйт1ахь. Ж1аьлин yrlapo 1адийна витира со…

– Миска ж1аьла!.. Мак1ария юха шен мажар юьйлина валале 1азап хьоьгур ду-кх оцу пекъаро, – олуш, дадас шен дегочу куьйгашца лергаш д1акъевлира.
Дийниа сохьтехь дахделира и хезна а доцу, къа ца хеташ ж1аьлеш дайар. Божли чудоьллина Дзаг1ли, дера леташ не1арна т1е а кхетта, м1араш тисса делира.
Эххар дерриг д1атийра. Геннахь тоьпан т1аьххьара тата а даьлла, 1ожалле тийналла д1ах1оьттира.
– Э-х1е-х1е-ей! – ц1аьххьана цхьаннан толаме аз делира.
– Чекхдели шадерриг. Веза Дела, гечделахь тхуна гхан деза къинош… – доккха садаьккхира дадас.
Т1екхечира 1уьйре.
Кхайкхира борг1ал.
1аьхнра етт.

Ека йолаелира котамаш.
К1онцхоулина т1ехьара гучубелира малх.
Дерриге даим санна дара. Амма оццу хенахь – цхьа тамашийна а.
Юьртана цхьаъ т1е ца тоьура: б1аьрла а доцуш, даимлера, гергара цхьа х1ума. Т1аккха юьртан урамехь, керташна т1ехьа, диг а карахь, Тавберидзе Аслан гучуваьлча, цунна т1аьхьа дедда дог1уш деха лергаш долу Т1узик ца хилча, со кхийтира: т1ецатоьург, юьртах къасто йиш йоцу дакъа – и ж1аьла дара.
1943-чу 24-чу августан 1уьйре и ж1аьла а доцуш т1екхечира.

…Дийнахь сарралц тхан Дзаг1лис кевнах ара ког ца баьккхира. Б1аьргаш а хаббина, когаш а дахдина, дадин когашкахь 1иллира иза. Нагахь санна цо садоь1уш айлуш а, охьате1аш а ге ца хиллехьара, иза дийна ду цхьамма а эр дацара.
– X1ан, муха ду х1ара? – хаьтгира ас дадига.
– Сийсарлерчу буьйсанна сагатдеш ду xlapa, – элира цо. – Х1умма а дац, кеста дицлур ду цунна шадерриг, – цо Дзаг1лина куьг хьаькхира. Важа меттах ца хьайра.
Суьйре юлуш юха а веара жимма кеп хилла Бадрия.
– Суьйре дика хуьлда, Спиридон! – маршалла хаьттира цо.
– Хьан а хуьлда, Бадрия! – дуьхьал элира дадас, амма хьеше чу ца кхайкхира.
– Спиридон! – ийза а луш, дийца волавелира Бадрия. – Халкъ… вуьшта… реза дац. Селхана, боху, Спиридонан уьйт1ахь тоьпан тата хезаш дацара…

– Х1ун ду, т1ом чекхбаьлла? Сан Арсен ц1а веана? Я сийсара Керлачу шеран буьйса яра? Ас стенна кхуьссур яра топ?
– Спиридон, ж1аьла бахьанехь юрт оьг1аз ма яхийта… Топ тоха хьайн ж1аьлина. Тхайнаш а ма дацара хьайчул оьшуш. Я хьо цхьаъ ву иштта догдика?
– Х1ан-х1а, Бадрия, сан коша т1ехь ж1аьла а ца уг1уш хир дац.
– Хьожуш хилалахь, Спиридон! Дала т1е ма доийтийла, нагахь санна хьан ж1аьла хьера а даьлла, цо сан берашна ка тохахь, ас хьан ц1а а, цуьнца цхьаьна хьо а, ц1е тесна, вагор ву!
Кхерам а тесна, техка а техкаш, д1аволавелира Бадрия.
1аржъеллера, амма суна хааделира дадин бос бовш.
– Бадрия! – кхайкхира иза.
Бадрия схьавирзира.

– Ладог1ал соьга, ц1орма1а! Хьайн мотт урхехь кхабалахь, ларлуш а хила. Ас йохйийр ю хьан къена даь1ахкаш хьан ц1ийнан овкъарш т!ехь! Кхийтин хьо?
Суна ца хаьа вог1авелла лаьттачу Бадриян дагахь х1ун дара-м, амма цуьнан меттехь со хилча, оцу буса суна-м наб кхетар яцара: массарна хууш дара дадин дош шалхадолуш доций.
…Буьйса юккъе яхана хан яра тхан кертан дехьа маь11ехь шиъ тоьпан тата даьлча. Цунна т1аьххье къинхетаме-оы1азе ж1аьлин г1алх а хезира. Меттара хьала а иккхина, тоьпах ка а тухуш, тоьпан татанаш девллачу arlop д1ахьаьдира со. Кондарш юккъехула сихачу боларахь схьатекхаш вара цхьаъ. Т1аккха суна хезира д1аведдачу стеган когийн татанаш а.
Керта йистехь, г1ийла ц1ийза а ц1ийзаш, 1уьллуш дара Дзаг1ли. Иза а марахь, ведда ц1а вахара со. Дада, къуьда а латийна, газанан ц1окан т1ехь ц1ера хьалха хиъна 1аш вара. Дзаг1лин чевне а хьаьжна, иза спиртаца йила а йилина, т1е томка а тесна, къевллина д1айихкира цо.
– Кхераме х1умма а дац, – элира дадас, – даь1ахк лазийна яц.

Иза, цхьаъ хатта санна, Дзаг1лига хьаьжира. Лерина дадига иза а д1ахьаьжира.
– Топ тоьхнарг мила вара? – соьга хаьттира дадас.
– Хаац…
– Х1окхунна-м хаьа хьуна! Хаа-м хаьа, схьаала ца ло-кх! – корта а ластийна, Дзаг1лии б1аьргаш чу диссина хиш д1адехира дадас.
1уйранна ша балкон т1е ваккхийтира дадас. Дзаг1ли, астаг1 а лелхаш, дахана, дадин когашка охьадижира.
Тхан ц1а гу т!ехь дара. Х1инца дада леррина, дуьххьара гуш санна, хьоьжура юьрте. Веха 1ийра иза вист ца хуьлуш. Т1аккха, соьгахьа а вирзина, меллаша элира:
– Уьш бакъ бу, к1ант… Ж1аьла бахьанехь юьрте дегабаам байта ца оьшу. Дзаг1ли а эций, г1ой… Юьртал араваьллахь, суна х1умма а цахеззарг…
– Юьртал арахь ас дан дезарг х1ун ду? – хаьттира ас, сайна хаа а луш, ч1ениг а егош… лахара балда а сеттира.
– Вайн берриге лулахоша диннарг, – соьга а ца хьожуш элира дадас. – Вало, к1ант…

Ц1а чуьра топ а еана, Дзаг1ли, коча муш а тесна, д1аозийра ас. Дзаг1ли меттах ца делира.
– Схьадало, Дзаг1ли! – муш д1аозийра ас юха а.
Дзаг1ли дехаре дадига хьаьжира.
– Дала, дало, Дзаг1ли, цунна т1аьхьах1отта! – олуш, шен юьхь куьйгашца д1акъевлира дадас.
Юьртал ара а девлла, боккхачу некъа т1ера д1а а дирзина, лам т1ера охьа татол т1е боьдучу г1ашлойн новкъа девлира тхо.
Хи т1е кхечира тхо. Дзаг1лин кочара муш д1а а баьстина, боккхачу т1улга т1е охьахиира со. Шийла хьацар тоьхнера сан юьхь т1е, дог цхьа шатайпа детталуш дара. Цхьажимма меттавеача, белшах кхозу топ кераийцира ас. Т1аккха Дзаг1ли, суна т1е а деана, шен догдикачу, сингаттамечу б1аьргашца суна т1едог1аделира. Цуьнан хьажар ла а ца делла, д1авирзира со. Т1аккха сихха тоьпа чуьра ши патарма схьа а баьккхина, хи чу кхоьссира ас.
Цхьа боккха-беза т1улг сан кочара охьабуьйжира. Хьала а г1аьттина, доккха садаьккхира ас. Т1аккха ц1аьххьана, кхоьруш суна т1е а деана, сан куьйгах мотт а хьаькхна. дахана хи чу а иккхина, цинцаш д1аса а детташ, масех минотехь цу чохь ирхкхиссалуш,
1уьнц1алгаш бохуш, ловзаделира. Хи чуьра хьала а даьлла, г1елделла, г1амарла охьадижира. Т1ода т1ерачу чевнах ц1ий 1ийдалуш дара. Б1аьргаш а бара хих буьзна. Амма х1инца а ас шуна луъучунна т1ехь дуй буур бара, Дзаг1ли доьлхуш ма дара, аьлла!

– XIинца дало, д1аг1о, Дзаг1ли! Парг1ат, маьрша, цхьанна а лета а ца леташ, адамашна т1е а ца кхиссалуш. Вуьшта, царах ларлуш хилахьа. Сахьт дац, хьо хьерадаьллачух а тардина, цара диэн а. Юьртахь гучу ма далалахь! Хезарий хьуна дадас аьлларг: мсгар дац ж1аьла бахьанехь нахаца иэг1а! Мегар дац. Амма ас дада lexop ву. Ткъа хьо х1инца д1аг1о, кхин юьрта а ма доьллахь, хьайн Делан дуьхьа! Дало, дало, сан диканиг!
Суна хаац Дзаг1ли сайх кхийтира я ца кхийтира, амма со д1авоьдуш, иза ша долччохь хиъна дисира…
– Х1ун хили хьан? – хаьттира Дадас.
Вист а ца хуьлуш, белшах тесна топ схьа а эцна, д1акховдийра ас.
Топ каг а йина, серлонга а ваьлла, шина а бирг1и чу хьаьжира иза.
– Ас цхьаъ эр ду хьоьга, к1ант: нагахь санна иштта хьо д1алелахь, хала хир ду хьуна ваха.

…Цхьа к1ира даьлча, буьйсанна, чаг1алкхо Сирадзе Эквитимен божли чуьра газа яьхьира.
Кхин цхьа кхо де даьлча цхьаннан бун чуьра цхьогало ши котам яьхьира.
Пул т1аьхьа цхьамма хьаьккхина д1ац1анбира Тавберидзе Асланан итт пунт ялта чудоьду дуо.
Цхьана дийнахь Берзенишвилин атто тхан уьйт1ара диъ марг1ал хьаьккхина д1ац1андира. Иза халахетта, дада сенвеллера.
Цунна т1аьххье, бигина лар йоцуш, Дзнеладзе Кинин узуш болу етт а, Матиашвили Сип1итон старг1а а т1епаза яйра.
Цхьана буьйсанна Титберия К1ирилен дай чуьра барх1 пунт х1уна йитина хьаьжк1аш яьхьира.
Халкъ чуьраделира. Д1адуьйладелира девнаш. Кхоллаелира шеконаш.
Халкъ, собар кхачийна, айделла дара.
15-чу октябрехь, тхуна дукха хенахь дуьйна гина доцу, инзаре доккха дог1а туьйхира. Губазоул-хи т1ера хьераш, цкъа а ца хилча санна, дистинчу хиэ д1аяьхьира.

16-чу октябрехь дадас со Бережоулгуте, ца хууш д1аяхьаза йисинчу хьера вахийтира. Буьйса юккъе йоьдуш сан хьаьжк1аш аьхьна евллера. Ахьаран т1оьрмиг сайн ги а тоьхна д1аваха со тохавеллачу хенахь, ц1аьххьана хьеран не1 елла а луш, не1саг1ехь гучувелира Магамаладзе К1ирилле.
– Сан маршалла ду хьоьга, Т1еопан! – элира цо. Со К1ириллена ца вевзира.
– Муха ву шун к1ант? – хаьттира ас Магамеладзега.
– Ахь х1ун к1ант вуьйцу?
– Хьердаьллачу ж1аьло катоьхнарг.
– Х1а-а-и, и боху ахь? Ж1аьла хьерадаьлла ца хиллера.
– Ахь х1ун элира?
– Башха х1умма а. Ж1аьла хьерадаьлла ца хиллера.
– Хьерадаьлла ца хиллера!.. Ткъа аш… Ткъа пара… эхь ду хьуна ахь динарг, Мамаладзе К1ирилле! Ц1ена эхь! – эккхийтира ас, настарш чуьра садаьлча санна, сайн ахьаран т1оьрмиг т1е охьа а воьдуш.
– Т1еопан, хьенан ву xlapa эхь доцу к1ант? – хаьттира цо хьархочуьнга.
– XI ей к1ант, хьо хьенан ву? – хаьттира соьга.
– Цхьаннан а! – хадийра ас. 1одика а ца еш, хьерара аравелира.

17-чу октябрехь дийнахь сарралц ойла еш 1ийра со, дадига дийца-те я ма дийца-те хьерахь хиллачу цхьаьнакхетарх бохуш. Эххар сацам хилира дадига д1а ца дийца.
18-чу октябрехь дадина меттара г1атта ца лиира.
20-чу октябрехь ц1ера ма вала аьлла дийхира цо.
25-чу октябрехь дадин аьтту пхьаьрс а, ност а йистира.
27-чу октябрехь цо, т1е кхайкхина, т1орказан дог1анаш делира соьга.

28-чу октябрехь дадас со шена юххе лохачу г1анта а хаийна, элира:
– Дуьнент1ехь мел долчу х1уманан юьхь а, чаккхе а ю, к1анг… Кхана сан т1аьххьара де а т1екхочур ду… Ч1orla кхераме х1ума ду – стенга воьду а ца хууш, цхьанхьа д1авахар. Цундела харцлуьйр вац со – со ч1ог1а кхоьру валарх. Амма хьо ма кхера, к1ант! Нагахь санна оцу кхечу дуьнент1ехь х1умма а дацахь, т1аккха кхера а х1умма а дац. Нагахь санна 1ожалла – иза стаг хийцавалар делахь, тlаккха кхера бахьана данне а дац. Со х1окху дуьнент1е вухавог1ур ву, амма кхечу сибатахь – диттан, бецан, хьозанан, ж1аьлин… со даим хьоьца хир ву. Ас цкъа а вуьтур вац хьо хьуо. Хаалахь, к1ант, хьуна йовхо я хазахетар мухха а т1едарах – т1улг бен ма хуьлийла иза, – иза со, хьан къена дада. хир ву хьуна. Цундела цкъа а ма ларалахь хьуо цхьа висина а, цхьаллех а ма кхералахь… Цхьа дехар ду сан хьоьга: д1а ма тасалахь вайн ц1а, д1а ма байталахь вайн кхерч. Ц1а вог1ур ву хьан да. Цунна бухахь каро еза ц1е а, баьпкан юьхк а, вукху дисинчеран г1айг1а цо ша бийр бу… Цхьа к1ира ду суна г1енах белларш гун. Ткъа хьан да цкъа a г1енax гина вац суна. Х1ета, дийна ву иза! Цунна ларделахь, к1ант, xlapa ц1а а, хьайн дика ц1е а. Т1ом а чекхбер бу. Т1ом адамаша д1а а болабо, чекх а боккху. Т1амо стаг эшош меттиг хила йиш яц. Ткъа х1инца вада, дечиг дахьаш вола вайна алссам.

Оцу буьйсанна наб ца йира ас. Дада а, вист а ца хуьлуш, б1аьрг т1ера ца боккхуш, виллина кхерчарчу ц1ере хьоьжуш 1ара, цхьана х1уманна вела а къежаш.
29-чу октябрехь цунна вон хилира. Меттара хьала а айвина, к1ел г1айбеш дехкира ас.
– Йог1уш ю иза а, декъала хиларг, амма ч1ог1а меллаша йог1уш ю… – элира дадас.
30-чу октябрехь дадас юха а т1екхайкхира со.
– Кечлолахь, сан к1ант… Кхана юьртахой… Халахета-кха вайн кертахь зуда йоцуш… цхьа а яц-кха суна, тийжаш, елха.
1-чу ноябрехь, буьйсанан юккъехь. меттара а г1аьттина, ц1енкъа юккъе д1ах1оьтгира дада.
– Гогит1а, суна гира иза! – боккхачу сингаттамца элира дадас.
– Мила, дада? – хаьттира ас, меттара хьала а эккхаш.
Дада стоьла т1е охьавуьйжира. Т1аккха, меллаша, шершина вахана, бертал охьакхийтира.
– Дада! – мохь белира сан. – Дада!
Дада кхин вацара.

Шадерриг хилира сан догдикачу, хьекъалечу дадина ма-лаъара.
2-чу ноябран 1уьйре т1екхечира.
Шийлачу куьзганахь санна, къегачу стиглахь, цхьацца довш, д1адовш дара седарчий.
Со уьйт1а охьавоьссира, когаш1уьйра тхинан бацалахула волавелира. Шийла хорша хьаьдира дег1е… Шур-шур деш лестара чу ца дерзийна хьаьжк1ийн г1одамаш. Хьорматан дитта к1елахула чекхволуш, эс а доцуш, охь а кхевдина цхьа хьормат схьа а эцна, церг тесира ас. Т1аккха хиира суна сайн бага якъаелла хилар.
Сих ца луш, паргг1ат ков а диллина, некъал дехьа а ваьлла, лулахойн кертан йисте а вахана, кхайкхира со:
– Маргалит1а! – аьлла.

Дуьхьал цхьа а вист ца хилира – х1инца а дукха хьалхе дара. Чlorla кхайкхира со. Не1 ц1евзира. Балкон т1е елира кхоччуш набарха а ялаза зуда.
– Мила ву цигахь?
– Со ву, Гогит1а!
– XI ун оьшу хьуна?
– Охьайоссахьа, г1уллакх дара сан.
– К1ант, хьо вехна-м вац?
– Дада д1аваьлла, Маргалит1а… Ас доьху хьоьга…

– И бохург х1ун ду?
– Х1аъ, дада велла. Ас доьху хьоьга, Маргалит1а…
Кхин дош а ца олуш, корта а шарбаза, когаш1уьйра Маргалит1а лами т1ехула едда охьайоьссира. Тхайга д1акхаьчча, ас иза хьалха ялийтира. Лами т1е ког биллира зудчо, амма ц1аьххьана, йоьхна, сацаелира. Соьга схьахьаьжира.
– Кхера ма лолахь, – меллаша элира ас, т1аккха т1уьнчу лаьтта охьахиира со.
…1943-чу шеран 4-чу ноябрехь, к1ирандийнахь, д1авоьллира дада.
Дада вац аьлла халкъ делкъехьо эха доладелира. Веллачул ч1or1а сох къахетара кадам бечарна.
– Декъаза к1ант, хьо муха вехар ву хьуо, миска пекъар! – тийжара зударий.
Нelарехь лаьттара со, баьхкинчаьргара кадам схьа а оыиуш.

– Велха, велха, Гогит1а, са парг1ат дер ду хьан! – сан лере а еана элира Маргалит1ас. Ас, реза хуьлуш, корта та1ийра.
Ц1аьххьана тезета баьхкинчийн тобан юкъахь дагахьдоццург хилира. Юьхьанца г1овг1анаш евлира. Т1аккха тапъаьлла тийналла дlax1оьттира. Адамаш д1асахилира. Гучуделира, кхозуш к1озарш йолуш, боьха, шен чоьшна т1елетта баь1аш долуш, Дзаг1ли. Адамашка д1а а ца хьожуш, церан тидам а ца беш, ма-даххара балкон т1е а даьлла, дадин ц1а чу хьаьжира Дзаг1ли. Цу чохь иза ца карийча, доккхачу ц1а чохь болчу барам т1е а дахана, т1аьхьарчу когаш т1е а лахлуш, хьалхара ши ког маьнгех д1а а товжийна, д1атийра. Дехха лаьттира Дзаг1ли дадин парг1атчу, догдикачу, хазачу юьхь т1е дог1аделла. Т1аккха, юха а дирзина, суна т1е а деана, сан когашкахь охьадижира.
– Далла бу хастам! – делира цхьангара.
Циггахь соьга сатоха ца делира – куьйгашца сайн юьхь д1а а къевлина, ч1ог1а вилхина д1авахара со.
Суьйранна пхи сахьт долуш кхин цхьа 1аламат а хилира.
Чоьхьавелира Бадрия. Сан когашкахь 1уьллуш Дзаг1ли гича, вегийра иза. Амма сихха ша-шен меттавалийра. Тезетахь лело дезачу г1иллакхна т1е а доьг1на, суна т1евеара иза.

Дзаг1ли хьалаиккхира, массо чо ира а х1оттош, дусаделира, к1омсарш гучу а йохуш, дера летира.
Бадрия вухавелира, Дзаг1ли т1едоладелира.
– Д1адала! Д1адала! – ж1аьла д1ачовхийра бос баьхьначу Бадрияс. Оьг1азлоно буьзинчу б1аьргашца хьоьжура иза цуьнга.
– Кадам мукъа байтахьа, – бегаш бан г1оьртира Бадрия, вела а къежаш.
Кхин а ч1ог1а г1иг1 деш, цунна т1едоладелира иза.
– Д1адала алахьа х1окхуьнга! – соьгахьа вирзира Бадрия.
«Цунна хаьа! Хаьа, амма схьаала ца ло-кх», – дагадаьхкира суна дадин дешнаш. Ас элира:
– Д1авала сан кертара!
«Нагахь санна даим хьо иштта лелахь, дуьнен т1ехь ваха хала хир ду хьуна», – дагадаьхкира суна дадин дешнаш, амма ас юха а элира:
– Д1авала, Бадрия, сан кертара.
Бадрия д1авахара.

1уьйранна цхьана г1овг1ано самаваьккхира со. Чухула юхучу бедаршца балкон т1е велира со.
– Гогит1а, д1асацадехьа хьайн ж1аьла, тхо цестаза дити-кх цо, – мохь беттара шайн г1анташ д1адахьа баьхкинчу лулахоша.
…Ас б1аьрг туьйхира сайн юьрте. Ц1енойн туьнкалгаш чуьра дуьйлуш к1айчу к1уьран сизам дара.
Кхойкхура борг1алш.
1оьхура бежанаш.
1оьхура гезарий.
Екара котамаш.
К1онцхоулина т1ехьара г1отгуш бара малх.
Сан дег1е хьаьдира цхьа тамехь йовхо, лергаш чохь бека буьйлабелира самукъане горгалеш.
Сан уьйт1ахь леташ ж1аьла дара.

Гуьржийн маттера гочдинарг – МАРГОШВИЛИ Султан.

Вайнах, №4, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх