Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вина бутт

Нохчийн халкъо гуттар лоруш а, сий деш а хилла Делан Элча Мухьаммад-пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьлла бутт – раби1уль-авваль. Вайнаха цунах мовладан бутт олу. Оцу баттахь тайп-тайпана даарш кечдой, бусулба нах чу а кхойкхуш, Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) хастош, цуьнан сийлахь амалш, хаза г1иллакхаш, дахарехь хилларш дуьйцу назманаш а олуш, Къуръанан сураташ а доьшуш, зикарш а деш, гуламаш д1ахьош хилла нохчаша гуттар а, 1едало и дихкинчу заманахь а т1аьхьа.

Мовлад ешар вайн къоман г1иллакх а хилла д1ах1оьттина дуккха шераш хьалха дуьйна. Иза йоьшура, мовладан баттахь ешна ца 1аш, доьзалехь лараме хийцамаш хилча а, масала, бер дуьненчу даьлча, цуьнан пхийтта шо кхаьчча, к1ант Эскаре воьдуш, иза цигара ц1а веъча, зуда ялийча и д1.кх.
Мовлад ешар массо а вирдехь болчу нехан хаза г1иллакх хилла д1ах1оьттина.
Ишттачу сохьбате вовшахкхеттачу наха олуш ю XIX б1ешо чекхдолуш вехаш хиллачу, Элчанан (с.1.в.) т1аьхьенех хиллачу, авлияо Жамалуллайлас 1аьрбийн маттахь язйина назма. Цул сов нохчийн 1еламнаха яьхна тайп-тайпана назманаш а ю халкъалахь олуш. Массо а халкъашна, адамашна дин кхайкхо, царна массо х1уман т1ехь а масал хилийта, дерриге а 1аламах къинхетам беш Дала дуьненчу ваийтина Элча (с.1.в.) хьехор, цуьнан сий-ларам бар, цунна салаваташ дахкар алсамдаьлла т1аьххьарчу хенахь. Вайн республикин куьйгалхочун Кадыров Рамзанан лаам а, къинхьегам а бахьанехь Нохчийчоьнан а, уллорчу мехкийн а бахархойн аьтту хилира Элчанан (с.1.в.) асараш ган а, царах беркат эца а. Вай дегнаш хазахетарх, даккхийдерах дузу царах цхьаерш вайн махкахь гуттаренна а 1алашъеш а, вайн мехкада Кадыров Р.А. церан 1уналдархо х1оттийна а хиларо.

СЕРДЦЕОха кхузахь дешархойн кхиэле юьллу, Муххьаммад-пайхамаран (с.1.в.) боккха къинхетам буьйцуш, нохчийн халкъо кхоьллина шиъ назма. Уьш д1аязйина 1еламстага Ахмадов Сираждис, цунна уьш Варандарчу баккхийчу наха: Солсаев 1абдул-Даяна а (аренан масарх лаьцнарг), Дутаев Хьамида а (кхокханах лаьцнарг) – олуш хезна.

Делан Элчас (Делера Салам-маршалла хуьлда цунна)
аренан масар к1елхьара яккхарх назма

Хьол сийлахь кхоьллина дег1 ма дац Дала,
Шен 1арш-курс хьан нуьрах кхоьллина Дала,
Хьо вазварца къинхетам совбаьккхи Дала.
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

Аренан масаро бала балхийра хьоьга,
Г1ийлачу эшаршца и кхайкхира хьоьга,
Ахь цунна жоп делира, хьуо кхетта уьшарех.
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

«Нур долчу б1аьргашца хьажахьа, ва Элча,
Ша кхузахь йихкина, вижина 1аьрбо,
Ши к1орни яра шен, шех якхош, кхобуш…»
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

«Беркате куьйгашца ястахьа, ва Элча,
Х1ара самавалале юхайог1ур яра ша,
Ши к1орни якхийна, царах б1аьрг тоьхна…»
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

Элчано ма элира аренан масаре,
Хьо юха ца яг1ахь нийса дац аьлла,
Элчанца тешнабехк мегар бац аьлла…
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

Масаро ма элира шен жимчу к1орнешка:
«Шу сиха хилалаш, шен жима к1орнеш,
Элча юкъара ва хилла, шуьша якхо еъна ша».
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

«Элча юкъара ва хилла, хьо еъна ва елахь,
Хьо сиха юхаг1олахь, шайн нана, ва масар,
Шаьш якхош хьо 1ийча, хьо дукха хьелур ю».
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

Мерзачу набарха ша самаваьлча,
Шена т1е х1оьттина ва Элча вайча,
1аьрбичо ма элира: «Х1ун г1уллакх ду техь хьан»?
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

«Цхьа г1уллакх дара шен, шен ваша 1аьрбо…
Г1ийла ю, миска ю аренан масар,
Шен бена ерзаяй, и парг1атяккха…»
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

Элчанан беркатах ша маршаяьлла,
Шен бена йоьдучу масаро аьллера:
«Хьо бакъ веш шах1адат даладо ша, Элча!..»
– Мархьаба, маршава, я Расулуллах1.

Делан Элчас (Делера Салам-маршалла хуьлда цунна)
кхокха к1елхьара баккхарх назма

Малхбузу ва хенахь,
Малхбузар ва ламаз,
Дина ваьлла 1аш ма хиллера,
Къинхетаме ва Элча.

Беана схьаиккхира
Цхьа сийна ва кхокха
Кара-мара хьаьрчина,
Гоьлт1е охьа ма хиира:

– Шен са хьалха дитахьа,
Къинхетаме ва Элча.
Шен са хьалха ахь ца дитахь,
К1орнеш х1алакьхуьлу шен.

– Хьо бохий ма хьовзал,
Хьо бекий ма хьовзал,
Парг1ат балий охьахаал,
Ва сийна ва кхокха.

Цу шиннан ва къамел
Чекхдаьлла далале,
Деана схьаиккхира
Цхьа мокха ва куьйра:

– Схьалохьа, Мухьаммад,
Шен рицкъа схьалохьа!
Схьалохьа, Мухьаммад,
Шен рицкъа схьалохьа!

– Даца уьстаг1ан ва жижиг
Ша шорта лур хьуна,
Кхокха хьалха битахьа,
Ва мокха ва куьйра.

– Даца уьстаг1 ва жижиг
Шен рицкъа дац хьуна.
Схьалохьа, Мухьаммад,
Шен рицкъа схьалохьа!

Цхьана а шар1ахь дуй техьа,
Къинхетаме ва Элча,
Цхьа са хьалха ва дитий,
Важа са х1аллакде аьлла?..

Цу шиннех къахетта,
Шен б1аьргех хиш хьаьдда
Ша воьлхуш ма хьаьвзира,
Къинхетаме ва Элча.

– Шен дег1ан ва жижаг
Ша шорта лур хьуна,
Кхокха хьалха битахьа,
Ва мокха ва куьйра!

– Схьалохьа, Мухьаммад,
Хьайн дег1ан ва жижиг,
Кхокха хьалха буьтур бу,
Къинхетаме ва Элча.

Шен дег1ан ва жижиг
Ша цунна ва дала,
Ира мукх схьаэцна.
Элча охьа ма хиира.

Стиглара охьа мохь кхечира
Цу ирчу мукхане,
Шен пайхамар хадавахь,
Мегар дац ва аьлла!

Цуьнан дег1ах ва лата,
Урс къобал ца хилира,
Цуьнан жижиг ва даа
Куьйра къобал ца хилира.

Ва Дела гечдехьа,
Делан Элча г1о дехьа,
Лаиллах1а Илаллах1у,
Мухьаммадуррасулуллах1.

Вайнах, №1, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх