Давлетукаев Анзор. Японийн трактор. Дийцар

«Ту-154»  х1аваакема  цхьанаэшара  г1аьттира  Ленинградехь  йолчу  Пулково аэропортера.  Т1анкъаьлла,  юьзна  яра  кеман  салон.  Иэца  еза  локхалла  кемано схьаэцна  аьлла  кхайкхича,  Гиланис  г1ода  юкъера  доьхка  д1адаьстира.


Иллюминаторехула охьахьажча б1аьрго ма-лоццу еак1ов аренаш гора бес-бесара
беснаш  а  долуш.  Дуткъа  некъийн  сизаш  т1ехула  хьоьвдда  йоьлхура  машенаш.
Иза гонаха д1асахьаьжира. Цхьаберш аркъал ситтина наб кхетийта г1ерташ 1ара, вуьйш белакъежаш къамелаш деш бара. Х1орш а, х1ора а шайн цхьацца бала, г1уллакх эцна боьлхуш хир бу-кх, ойла хилира цуьнан.

ЛГУ-н  журналистикин  факультет  чекхяьккхина  ц1а  вог1учу  Гиланин  коьрте жигара ойланаш хьийзара. Муха хир ду-те кхин д1адолу дахар, х1ун хьоьжу–те ц1ахь,  Нохчийчохь?  Башха,  самукъане  студентийн  дахар  д1адели,  кхин  цкъа  а юха дог1ур доцуш. Мел хаза хан, хаза дуьне дара иза. Гобаькхина хаза мехкарий, кегий нах, мичча хенахь хан яйъа меттиг, т1алам боцу мур. Цо х1инца дуьххьара ойла  йора  д1адаьллачун.  Цкьа  цхьа  къиза  хийтира  дахар.  Пхеа  шарахь  воьлла доттаг1ий, накъостий… Цкъа а юхадог1ур доцуш д1адели, д1адай, мацах цкъа гина хаза г1ан санна.
«Везин дела, х1ун кечдина 1аш ву-те суна, х1ун лелор-те, х1ун гур-те, ловр-те,  нислур  а  дуй-те  адамех  терра  дахар?» – хьесапийн  вай  хьийзара  коьртехь.

Карлабевлачу  дагалецамийн  йийсарехь,  холчахь  хьийзачу  синтемо  и  вуьгура кеманан цхьанаэшарчу г1овг1анца мархаш юккъехула паналле санна, гуш йоцучу анайисте.  Арахьа  гучу  йист  йоцучу  стиглано  гуттар  а  к1аргйора  сахьийзон ойланаш. Цунна цкъа дагадеара Ленинградехь виса. Накъоста Рамзана ала ма-элира: –Ц1ахь г1одан стаг вуй хьан?

–Вац, –жоп делира цо.
–Вацахь, со Лена ялош ву, цуьнан доттаг1 Люда хьуна ерзор ю вай, иштта атта хир ду хьуна карьера ян. Реза вуй хьо!
–И далур дац соьга, дуьненан зовкх бахьан долуш, ц1ахь да, нана, йиша-ваша дац, г1аскхи хилла муха лелар ву, валар-висар дац т1ехь, –жоп делира цо.
– Тола-м  хьайга  бохург  дича  тоьлура  хьуна! – аьлла,  Рамзан  студентийн юкъара1ойлехь той-тайпа х1оттийна, Леница Москва д1авахара.
Шен токхона дуьхьа лелориг хир дара и, вуьшта, нохчийн шайн г1иллакхаш, г1уллакхаш ма ду…

Кема «б1у-у-в» деш щен 1алашоне д1аг1ертара. Дагахь а доцуш т1ех1оьтинчу стюардессо  деана  хи  мелча,  легашкара  цхьа  шад  бешча  санна,  парг1атвелира Гилани.  Х1окхунна  юххехь  верг  дуьненна  къинт1ера  ваьлча  санна,  «хурца» набъеш  вара.  Лерина  цуьнга  хьаьжна,  шен  дагахь,  «Ирс  я1-кх,  соьгара  бала-х баций хьоьгахь», –хьаьгира и цунах. Кема хьаьдда доьдура, т1ехьадуьсуш санна.

Дена-нанна,  йиша-вешина  муьт1ахь  вара  Гилани.  Царна  дика  дан  х1уъу  хало лан кийча вара. Амма тахана мархашлахь т1ома яьллачу ойлано карзах бохура кхетам.  Цунна  дагадеара  университетан  юкъара1ойлехь  тетя  Валяс  дийцинарг.
Уьш  дара  т1еман  буьрса  шераш.  Немцоша  голаьцна  инзара  1азапе  лаьцнера Ленинград.  Бахархошна  дийнахь-буса  лушдерг  б1е  грамм  1аьржа  бепиг  бен дацара. Мацаллой, шелоной, мангало буц санна, хьокхуш дара адам. Ц1ийндас шен дакъа дукхах дерг к1антана Олегана лора. Х1окхо дехар дира:
–Витек, хьайна даахь хьайн дакъа, бераш доьг1на делахь, дала кхин а лур ма ду вайшина.
Майрачуьнга  шен  сих  даьллачу  сих  ца  даккхаделира  рицкъа.  Эххар  майра, шелоной,  мацаллой  к1елвитина,  кхелхира.  Делан  къинхетамца  фашисташ иэшийра, советски эскарша толамца парг1ат яькхира г1ала. Х1етахь немцоша чу баьхкина г1ала схьа ца якхарх цецйуьлура иза. Х1унда аьлча, адаман г1аддайнера, хазанеха санна. Тахана Олег шен доьзал болуш вехаш ву.

–Бакъду, –соцунг1а хилла элира цо, –Со йолчу-м ца вог1у и наггахь а. Х1умма а дац, уьш ирсе хилчахьана, –т1етуьйхира.
Соьга и дийцина дукха хан ялале кхелхира тетя Валя. Студенташна дукхаезара и къинхетаме йоккхастаг.
Гиланина  дуьхьал  х1оьттира  ненан  Ибантан  а,  де  Мохьмадан  а  юьхь-сибат.

Цара  а  ма  лайнера  ленинградхоша  санна  къиза  бала.  Церан  бала  бахбелира кхойтта шаре. Мацалла, шелонна, дийнна доьзалш леш, уьш д1абохка де доцуш, халла лаьттах та1ийнарш ж1аьлеша а бууш. Вуьшта, муха тосура ду д1а ша вина, кхиийна да-нана?! Делахь а, адамаш биэ-биэ ду-кх, –йист йокхура цо.

Оцу ойланех юкъах ваькхира: «Кечам биэ, кема охьахаарна, масех минотехь лайнер охьахуур ду «Грозный» аэропортехь», –аьлла, бинчу хаамо. Трап т1ехула охьавуссуш  дег1е  зуз  даийтира  дуьхьал  хьаькхначу  х1оно.  Шиъ  сахьт  даьлча Гилани шайн ц1ахь вара. Ц1аверзар. хазахетарш д1адирзинчул т1аьхьа Гилани диплом эцна обкоме вахара. Шуьйрачу хаамаийн г1ирсаш курировать деш вара х1ара  т1еэцна  инструктор.  Гена  ламанан  районан  газетехь  бен  болх  цахилар билгалдаькхира иструкторо, куьзганаш т1ехула сийна ши б1аьрг а къарзина.

Шолг1ачу  1уьйранна  х1ара  т1ехь  волу  можа  автобус  Органа  ч1ажахула хьалаг1ертара шен г1ора ма-дду. Цкъа а ламанца хилла воцучу кхуьнан б1аьра хьалха  х1оьттира  1аламан  инзара  сурт:  стигала  баххьаш  г1ортийна  баьццара лаьмнаш, к1оргачу 1инца хаддаза, маьхьарца хьаьдда доьду Орга, вовшашна гена-гена, олхазарийн баннаш санна, лаьмнех летта ц1енош. Гуттар и цец ваьккхинарг, г1аролаш  санна,  ирх  яхана  лаьтта  б1аьвнаш  яра.  Х1етахь  цунна  дуьххьара дагатесира,  х1ара  меттиг  ю-кха  Дала  шен  кхоллараллин  ойланаш  кхочуш  ян кхоллина, аьлла.

Балха х1оьттина редакци еа чоьнах лаьттара. Коьрта редактор Зармаев Са1дулла кхузткъа шаре ваьлла стаг вара. Цуьнан куьзганаш, х1унда делахь а, даима меран буьххьехь хуьлура, сихбинна т1ехула д1асаидош сийна б1аьргаш а болуш. Тхуна массарна хазахетара къона бухгалтер Зарема. 1аьржачу аматахь елахь а, товш яра иза. Цуьнан хазалла кхуллург цуьнан догдика амал хетара. Фотокор Рамзан вара дика стаг. Гуттар а цуьнга къа-бала елхайойтург доьзалхо цахилар дара.

Корреспонденташ –Гилани, Мадда, Удди – цхьана 1аш бара лаьцначу квартирехь.
Х1орш 1ачуьра д1ахьаьжча, кераюккъехь санна гора райцентр. Кхузахь х1ора а вовшийн вевзаш вара.
Бахархошна юккъехь ша тайпа дакъа дара райкоман, райисполкоман белхалой.
Дукха  хан  йоцуш  охьара  зуда  яийтинера  обкомо  ламчу  райкоман  хьалхара сикиртар.  Дукха  хьие  ца  луш  и  д1аяьккхира.  Ламарошна  гуттара  къа  хетара хьалхарчу сикиртаро шена т1евалийначу артистах. Х1инца ваха хии-кх ша аьллачу хенахь, иза даржах йоьхча, бен боьхна олхазарш санна, д1асакъаьстира хьалхара сикиртар а, илланча а. Ша ламчуьра охьа воьдуш ирс ца хилар ду шениг, шен бала балхийнера илланчас культуран белхалочуьнга Куьйрига. Х1ан-х1а, аьллера Куьйрас  накъосте,  и  мареш  массарна  нислуш  дац,  доттаг1.

Важа-м,  кхин  вист ца хуьлуш д1авахнера. Суьйранна партийни элитех эладитта дуьйцуш самукъа долура  Маддин.  Цунна  шел  лекханиг,  хьийкъинарг,  къаьстина  дика  язйийриг ца  везара.  Уддина  ша  х1ора  язйина  х1ума  к1оргера  хетара,  шен  пох1манах, шен  зудчухчул  а  ч1ог1а  тешна  вара  иза.  Цхьана  дийнахь  летучкехь  коьртачу редакторо, х1окхо язйинчу «Боккхачу доьзалан нана» заметкехь, и «Бераш дас дина я нанас?» –шега аьлча, сихвелла, шиммо дина, аьллера цо. Х1етахь дуьйна хьийзавора Удди массара. Бакъду, шена халахетахь а, дагара-м ца хоуьйтура цо.

Иштта дара ламчохь дахар.
Гилани  1едал  дара  х1ора  1уьйранна  ша  балха  вахале  уьйт1ара  д1ахьаьжча ломах летта гучу б1овне хьожуш. Б1ешераш хьалха еа г1аттах лаьттинчу б1овх хаьрцина ах гергга бен ца йиснера. Балхара ц1а веача, самукъадолура цуьнан оцу б1овга хьоьжуш. «Цхьана наха къахьегна-кх и еш, муьлш хилла-те, Ворх1 йишин б1ов  х1унда  олу-те  цунах?» – т1аьхьа  ца  кхуьу  ойланаш  йора.  Дагалецамаша, ойланаша д1авуьгий, и вехха 1ара цуьнга хьоьжуш. Б1аьвнна гонаха, буобераш санна, 1охкура цхьана заманахь дайша генара гулдина т1улгаш.

– Беза.  бовза  хьайн  мохк.  Зуьйш  вуй  хьо  и?  –  белш  т1е  куьг  дуьллуш  улло охьалахвелира Мадда.
–Вайн истории ю-кха х1ара, –б1аьвнехьа куьг хьажийра Гиланис.
–Дера ю, цхьана заманахь дайша т1аьхье ирсе, маьрша яхийта дитина весет санна  лаьтташ.  Бакъду, – соцунг1а  хилира  Мадда, – т1аьхьенаша  махо,  малхо лоькхуш шайн х1олламаш д1атесна буьтур бу аьлла, дага деана-м хир дац царна, дуй?
–1едало дола дан дезаш ма ду историн х1олламийн. Кхечу мехкашкахь хьовса туристаш а оьхуш, ларъеш лаьтташ ма ю иштта хазнаш. Х1орш вайн пирамидаш, Пизанан, Эйфелан б1аьвнаш ма ю. Нохчийчоь аьлча, б1авнаш дагайог1у, къоман дозалла ма ду х1орш, кхетий хьо?

– Иштта-м  ду  иза, – т1етайра,  ладоьг1уш  1ийна,  Мадда. – Олуш  ма-хиллара, къонахий бахьана долуш лаьтташ ду дуьне, къонаха эвлаяъал веза лаа лаьрра ма-вац бусулба динехь. Х1ара б1аьвнаш шен заманахь 1едало йина ма яц. Ц1ийнан наха валарний-висарний юкъахь йина, шайн т1аьхьенийн дуьхьа. Вай ца дашахь а,  Европехь  къонахаша  идея  бахьан  долуш  шаьш  ц1аргахь  багабайтина,  ирх охкийтина. Бахьанаш мела а карор ду, г1уллакх даро бен кхачор дац. Цундела, сан предложени ю, Ворх1 йишин б1ов, вай ваьш белхий а беш, метта х1отто еза, хабарех хьолт1ам хир бац, аьлла-кх суьйличо, –олуш, дерзийра Гиланис шен къамел.

Гонд1а тийналла х1оьттира. Х1еттахь т1евеана Удди п1елгашца бецан хелиг а хьийзош 1ара.
–Делахь, догах лиъча, дан-м лур дара иза, –1ийна, т1етайра Мадда.
– Т1аккха,  Даламукълахь,  нигат,  ч1аг1о  а  ю-кх  вайн  и  гуш  йолу  б1ов  тоян, –х1оьттина тийналла йохийра Гиланис, –барт хилин вайн?
–Даламукълахь, Даламукълахь, –т1етайра ши накъост.
Х1етахь накъостий бехха 1ийра баьццарчу бацалахь аг1ор а бевлла, х1ораммо шайн-шайн ойланаш а еш. Хезаш юхехула охьадоьдучу Органан а, олхазарийн а тамехь эшарш а яра.

– Даламукълахь,  Нохчийчохь  дуьххьара  цхьа  б1ов  тойийр  ю  вай,  – олуш, Гилани хьалаг1аьттира, –х1ора к1иранде оцу беркатечу балхана д1алур ду вай, барт хиллий вай? –накъосташкахьа воьрзуш сецира иза ц1еххьана, накъостий зуьйш.
– Даламукълахь, –цхьанаэшшара жоп делира шина накъоста.
К1иранде т1екхаьчча, Маддас ша цаторруш ц1ахь хила везаш ву элира. Уддина, и  ца  веача,  ван  ца  лиира.  Шозлаг1чу  к1ирандийнахь  Удди  тезета  ваха  везаш хилира. Цхьацца бахьанаш х1уьттуш бутт белира бина барт цхьаммо а ца хьахош.

Гиланис х1ора шоьта дийнахь:
–Вай х1ун до, доьлхий вай? –дагадоуьйтура.
–Даламукълахь, г1ур ду вай, –жоп лора т1ехьий, хьалхий шина накъосто.
Цхьана 1уьйранна, даима санна, балха вахале б1аьвне б1аьрг тоха беша ваьлча, ламаца дур декош шурула к1айн трактор гира цунна. Гонаха хьийзаш адамаш, кхин цхьацца техника а яра.

–Мадда, –кхайкхира и накъосте, –и д1ораниш х1ун деш бу-те, нефть лоьхуш-м хирг хира бац уьш, кхуза лаьмнашкахь?
–Оьй, цигахь некъ ма бац техника лела, лаа-м бац хьуна уьш. Балхахь хуур дара иза-м, д1аг1о вай? –Мадда кет1ахьа волавелира.
Даима санна, массарал хьалха балха а веана, мера буьххье куьзганиш а оьзна, цхьаъ  яздеш  вара  коьрта  редактор  Зармаев  Са1дулла.  Уддис  могаш-парг1ат хаттале хьалха юкъа а иккхина:
– Ва  Са1дулла,  и  х1ун  техника  ю  эцца  вайн  Ворх1  йишин  б1оьвна  улло гулйинарг? –хаьттира.
–Уьш, шуна Дала дика дарш, Москвара бахкийтина специалисташ бу-кх, вайн ламчу некъ баккха.
–Некъ болуш бац вайн, лам т1ехь х1унда бокху цара и? –юкъа иккхира Удди.
– Дала  хьуна  диканиг  хьехарг,  яьлла  ц1е  санна  сиха  вай  хьо-м.  Горбачевс перестройка  йолийчахьана  вай  долчохь  белхан  меттигаш  к1езга  хиларна Гуьмсехь  биохимзавод  юьллуш  ю,  Хьалха-Мартант1ехь  швейни  фабрика, Шелахь аккумуляторни завод, вай долчохь Орган т1ехь пхиъ гидроэлектрстансци, кхийтин шу? –Са1дулла шен балха т1евирзира, юха ц1еххьана хьала а таь1на:
–Вай нефтах тешна 1ийна девр ма дац, керла предприятеш ян еза. «Коммунизм –это вся власть –Советам, земля –крестьянам, заводы, фабрики – рабочим, плюс электрофикация всей страны», аьлла Ленинан дешнаш дагадог1ий шуна?
Даима санна, мерачухула «х1ух1» –аьлла мох тоьхна, кехаташна т1евуьйлира иза.

–Кхин цхьаъ ду, Удди, –элира цо хьала а таь1на, –тахханехь т1е а г1ой интервью эца  церан  куьйгалхочуьнгара.  Г1алахь,  Гуьмсехь  и  заводаш  яхь,  Нохчийчохь зкологина къематан де хир ду бохуш, и заводаш ца яйта араяьлла тоба ю боху, хьалхаваьлла к1айн корта болу Бисултанов Хож-Бауди бохуш цхьа «ягайт» а ву боху,  гласностах  пайда  оьцуш,  митинге  нах  кхойкхуш  лелаш.  Варийлаш,  уьш цхьана ницкъо ахча делла араяьхна жоьлгаш ю шуна. Эзарнашкахь Казахстане, Россех доьзалшца балха оьхучу вайн къомана доккха х1ума ду шуна и заводаш вай  долчохь  яхкар, – Са1дуллас  юха  а  мерчухула  мох  туьйхира.  – Делахь  а,  и хьехор дац вай, вайн нохчий бу бохуш лелаш бу-кх уьш. Москохара баьхкинчу говзанчаша  дийриг  нохчийн  къоманна  доккха  х1ума  дуй  хоуьйтуш,  чулацаме хила еза материал. Кхетий хьо?

–Ч1ог1а кхета!
К1ентий цхьани арабевлира кабинет чуьра.
Оццу дийнахь Мадда, Гилани балхара ц1авог1уш, царна автобусни социйлехь ги  рюкзакаш  йоьхкина  ши  стаг  вайра.Т1ехьаьжна  гуш  дара  и  шиъ  нохчо  ца хилар.
Маддас т1ехилла:
Какими судьбами, ребята? –хаттар дира.
–Из Грузия ходили, –жоп делира шиннах зоьрталчо.
–Кто вы, откуда? –т1евирзира Мадда.
–Из ФРГ, Германия, турист.
–Да, но как там, высоко в горах?

–Э-э, сказка, сказка, очен красиво, вы счастливи люди, –къежира немцо.
–Может, вам помочь?
–Найн, нет, ми сегодня должен бить в Грозни, завтра на хаус, –тховна сурт х1оттош, ши куьг лецира ондачу немцочо.
–Ну, давайте, счастливо доехать до хауса, –немцочун белш т1е дай куьг тоьхна, ши накъост ц1ехьа вирзира.

Шозлаг1чу дийнахь Уддин «Да будет свет!» ц1е а йолуш г1аскхийн маттахь статья араелира районни газета т1ехь, ламанца некъ буьллуш болчу белхалойх лаьцна. Аг1онт1ехь японийн «Камацу» шурула к1айн, нана-йоккхачу тракторан сурт дара тоьхна. Оцу буса Маддас:
–К1ентий, сан цхьа предложени ю, –элира, к1егар а хууш, «Ленинан т1аьхье» газета хьала а ойъуш: –Вайн Нана-Нохчийчохь цхьаъ мукъане нохчийн маттахь дика районни газет дан деза вай, вай бокъал а нохчий делахь. Эхь ма ду и оццула шен  мотт  цаларар.  Вайн  луларчу  суьйлаша  тассовски  материалаш  а  гоч  йо, х1ираша, г1ебартоша ах хьала-охьа шайн ненан маттахь хуьлуьйту материалаш, вайн цаьрца яхь хила ма-езара, диэ вай цхьаъ мукъане нохчийн газет?!

–Тхуна ишколехь нохчийн мотт ца 1амийна, соьга язлур яц нохчийн маттахь, –вист хилира Удди.
– Хьажахьа,  цхьана  французо  Египтехь  хилла  пир1унаша  кхо  эзар  шо хьалха язйина пергаменташ ешна, и мотт белла болушехь. Латински маттахь, и дуьненчохь буьйцуш боццушехь, 1илманан белхаш язбина дуккха а 1илманчаша, цхьана  поляко  кхоьллина  эсперанто  мотт  хууш  ду  адамиш.  Хьайн  чохь,  арахь буьйцуш болчу маттахь язлура яц бохург къамел дац!

–Мадда, аса хьоьга г1азкхийн маттахь язъе ца бах, французийн маттахь язъе ца бах, со 1ад а витий, хьайна луъучу маттахь язъехьа, –аьлла Удди маьнги т1е аг1ор велира.
– Хьо  санначара  х1аллак  деш  ма  ду  къам,  истори,  культура,  институтехь х1инцалера нохчийн мотт, фольклор луш волу ши профессор волчу дахча церан берашна  нохчийн  мотт  ца  хаар-кха.  Х1ора  мотт  Делан  беркат  ду,  Дала  динчу диканна пусар ца дийриг стаг, я бусулба вац! –аьлла, Маддас шен карара книга г1ор ма-дду стол т1е туьйхира.

– Хьайна  г1азкхийн  маттахь  язйан  хаахьара,  ахьа  язйийра  яра  цу  маттахь, кочара валахьа!
–1алелай, шу х1умнаш муха кхуьу-те? Ма нах а яц шу!
–Хьо х1ун ала г1ерташ ву? –хьалаиккхира Удди. –Сан стогалла зиэ г1ерта хьо?
Эцца  хьалаиккхинчу  Гиланис  д1асаваькхира  ши  накъост,  бехк  баьккхина, халла куьйге вахийтира.
Ши к1ира даьлча Маддин «Сильнее камня», Гиланин «Одержимость» ц1ераш йолу ши статья араелира г1азкхийн маттахь.
–Удди, схьавоьл цкъа! – кхайкхира Мадда. –Хьажал х1окху балхе, х1орш цхьана шина шарахьлера подшивкаш ю хьуна вайн газетан. Кхарна юкъехь охашимма санна васт кхуллуш, идея, чулацам болуш, хьайн цхьаъ статья гайтал! Ахьа гойтура яц, х1унда аьлча, хьан и йоцу дела, кхийтин хьо?! Яз-м, хьаха, язлора тхоьга, вуьшта, тхо  бакъдолу  нохчий  ду,  я  и  нохчалалла  сов  елла  тхуна.

Д1авало!  Хьо  кхеттий хаьа суна. Х1ора стаг волчу стагана ша мила ву хаьа дезара, я хаийта дезара, да валарг, т1аккха к1иллойх къонахий хир бацара, адамашна юккъехь сий-ларам хир бара.  Яхь  йоцучу  стагах-м  летта  вала  везарий!  Вайна  юкъахь  х1ун  башхалла  ю хьуна аьлча, –мерк1ел вахара Мадда Уддина, –тхуна тхайн дай, б1аьвнаш, мотт, г1иллакхаш деза. Хьо системан лай ву! Доьхнарг шу саннарш Нохчийчохь дукха дебар ду, гулделла-кх шу чоконна гонаха мозий санна. И ду новкъадерг. Аша цхьа карчам ма хилли, хьалха а лелхий, Делан, пайхамарийн, устазийн ц1ерш йохуш, шайн гайнаш хьалха а йохий, даима а къам 1инах кхуссу. Д1авало!

Мадда юха вирзина ара велира, Удди дуьхьала вист а ца хилира.
Оцу  буса  накъостий  вовшашка  бист  хуьлуш  бацара.  Мадда  цхьаъ  язйан г1ертара,  шина  куьйга  корта  лаьцна.  Муьлха  х1ума  дан  а  ницкъ  беза-кх,  цхьа дистина дог1уча хино, дайний хьуна Гилани, шена дуьхьала мел долу х1ума охьа хьош? Эххар а йочана сецча седанах хьаьий серладолу-кх и хи аьлла, «аьх1» дина, д1авижира иза. Удди, вехха книга йоьшуш а 1ийна, аг1орвелира. Гиланис хьала а г1аьттина чиркх д1абайира.

Чохь тийналла х1оьттира. Ца хазарна кхоьруш санна Органо йо г1овг1а бен, хезаш х1умма а дацара. Наггахь накъосташа ха хорцуш «къаззат» дойтура аьчган маьнгин  сеткане.  Гиланина  наб  кхета  ца  тигара.  Г1еххьа  корах  ара  хьоьжуш  а 1ийна,  иза  ара  велира.  Вехха  беттасинехь  лепачу  б1аьвне  хьежа  х1оьттира.
Бодашкахь цунна ша и б1ов санна цхьалха хийтира. Мохь тоха дага деара: «Шек д1а  ма  яьллахь,  дайн  ч1аг1о,  аса  меттах1оттора  бу  хьуна  хьан  хаьрцина  бохь!

Хьан кура бохь хьоьжура бу хьуна нохчийн лаьмнашка. Б1ешерашкахь лаьмнийн синтеман  закъалт  санна  хьо  гинарг  хьох  хьоьгуш,  воккхавеш  зама  йог1ур  ю хьуна! Хьо лаьттар ю х1окху лаьмнийн паччахь, 1у хилла, хьох б1аьрг кхеттарг хьох  хьоьгуш.  Шен  махкахь  да  ца  хилларг,  кхечу  махкахочунна  чух1отта  г1ур ву, и дуьненан г1иллакх ду. Дала деллачун пусар ца дечех яйна т1аьхье олу, борз цхьаъ  бен  ца  хуьлу,  амма  цо  дийна  рема  д1аюьгу.  Аса  йийр  ю  хьох  лаьмнийн г1опехь  ловзу  байракх,  Даламукълахь!  Далла  а,  халкъана  а  гергахь  хьан  оьзда дег1  нисдина  аса  юьтур  ю  дуьненчохь  лар.  Теша  сох,  теша!  Со  хьуна  хьалха юьхь1аьржа ву хьан не1саг1е сих-сиха ца х1иттарна. Х1ора Делан денна цхьацца-шишша т1улг т1ек1ел буьллуш, хьуна орцах ца вийларна. Дайн иэсан дуьхьа со вер ву хьуна орцах! 1одика йойла хьан, бохь лекха нохчийн б1ов!»

Гилани  мелчу  моханна  мор  баржийна  д1ах1оьттира.  Органан  шабарца  б1ов шега цхьаъ дуьйцуш, кхойкхуш санна хетара. Цуьнан б1аьргех лаамаза хи делира.
«Цхьаьллига цхьанна а бала ца хилча, суна стенна оьшу х1ара?» –дагатесира.
«Массо а биэдоцуш хилча, дуьненчохь къонахий хир а бацара! 1ад1е, шайт1а, со къарлур вац хьоьга! – мохь туьйхира цо, Органан боьра а бекош.

Кепекан дуьхьа х1умма дийра дацара олу, д1а ладоьг1ча, массо а и кепек якха г1ерташ, са мере кхаьчна, ведда лелаш ву. И кепек йоцург дош а ца хета. Дуьне ду-кх, дуьне, харц дуьне. Далла дика хуур ду-кх. Ц1еххьана юха а вирзина чувахара Гилани.  Эххар  а,  шина  накъостаца  яхье  ваьлча  санна,  хур  деш  наб  кхийтира цунна.

1уьйранна  массарал  хьалха  самавелира  Гилани.  Даим  санна,  уьйт1а  ваьлла, кийра  буззош  чу  х1аваъ  а  оьзна,  б1ов  йолчу  аг1ор  дуьйг1ира  б1аьрса.  Х1ора 1уьйранна ша хьоьжуш, ша ларвеш санна хетара б1оьвно. 1уьйккъана схьакхеттачу маьлхан з1аьнаршна ца къарлуш мархаш яра ломах хьерчаш. Лерина кура лаьттачу б1овга хьажа г1оьртича, цхьа к1айн б1арлаг1а бен гуш х1ума а дацара. Ши б1аьрг хьакхийна,  беш  чекхйолучу  аг1ор  хьаьжча,  б1ов  лаьттинчохь,  малхехь  «лап» аьлла, къегина лепаш японийн трактор яра. Гилани мел б1аьрса ирдина хьежарх, б1ов гуш яцара. И цкъа а цигахь ца лаьттича санна, т1епаза яйнера. Эххара, и к1айдарг меттах хьайра, т1ехула 1аьржа к1ур а тосуш, цхьа мор т1улгаш 1ин чу а харцош.

–Остопируллах1, остопируллах1! Во Мадда, во Удди! –шегара 1а ма-йоллу, мохь туьйхира накъосташка.
–Ахьа х1ун до, гай яьт1ча санна, мохь хьоькхуш? –реза боцуш, хьалха Мадда волуш, араикхира ши накъост.
Макхвелла, б1ов йолчахьа куьг хьажийна, 1адийна Гилани вайча:
–Ой, ой, б1ов, остопируллах1! – Йоха ца йина цара и?! – олуш, лаьттах ши куьг г1ортош ша волчу охьахиира Мадда.

–Б1ов йохо бакъо ма-яцара церан некъ бахьанехь, историн х1оллам ма бара иза,  законехь  зулам  ма-ду  иза, – элира  шен  рог1ехь  Уддис.  Маддин  шалго  топ санна т1ебог1абелла ши б1аьрг байча кхин вист ца хилира иза.
Гилани накъосташка ца хьоьжуш балха вара. Х1ара чоьхьа ваьлча, Са1дулла даим санна центральни газеташ доьшуш вара.
–Хьуьхьвоьлла ма ву хьо, накъосташа экхийна-м ца валийна хьо? –куьзганаш т1ехула сийна ши б1аьрг къарзийра коьртачу редакторо.

– Са1дулла,  х1окху  т1е  куьг  та1адехьа,  – хьалха  д1ахьедар  охьадиллира Гиланис.
–Сихвеллий-те хьо? –леррина деша дешна, Гиланига хьаьжира иза.
–Сан ондда бахьана ду, тахханехь д1а ца вахча ца волу со.
–Гилани, деллахь…
–Аса боккъал а боху, цаторруш хьал х1оьттина суна. Ахьа куьг яздахь а, ца яздахь а, д1а ца вахча цаволу со, – юкъах ваьккхира и Гиланис.
–Ой, х1ун дийр ду хьуна, дика д1аволавелла ма-вара хьо, цхьа бахьана хирг хир  ду-кх  хьан, – д1ахьедарна  т1е  куьг  яздина,  леррина  Гиланига  хьаьжира Са1дулла.

–Дела реза хуьлда, 1одика йойла, Дала диканехь вовшех деттийла вай, –аьлла, Гилани аравелира.
Лам чуьра Соьлжа-Г1ала кхаччалц г1ентан г1овли т1ера корта хьала ца айбира цо, шоферо белш т1е куьг тоьхна: «Накъост, вай схьакхаьчна», –аьлла, ша меттах ваккхалц.
Автостанцин  майданахь  шортта  адам  дара,  цхьаберш  ларчанаш  йовдийна хьийзара,  жима  зуда  оцу  г1овг1анехь  бер  тедан  г1ертара,  цхьаъ:  «Хьажахь, т1аьхьа висна-кх со автобусна», –бохуш, холча х1оьттина вара.

«Д1айоьду автобус Бердк1ел», –кхайкхийра диспетчеро.
Дехьо  ваьлча,  майда  1адийна  звукозапись  чохь  хелхаран  йиш  екара.  Цхьа г1еметта х1оьттина стаг ша шена хелха сеттара, дикка кеп йолуш. Т1ехволчарех цхьаццаволчо: «Вой, гора меттиг я1-кх, ма д1акхоьхьу вай!» –олий, мохь тухура.
Цунах ч1ог1а самукъадаьлла еха муштукх буьххьехь сигаьрка а йолуш, ян а йоцу ши церг гажийна воккхастаг 1ара, самукъадаьлла, г1ад а вахана, наггахь холхазан куй а нисбеш.
Гилани г1аш г1алин юкъе д1аволавелира. Х1етахь цунна ша стенга воьду а ца хаьара.

Вайнах, №11, 2014

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх