Давлетукаев Анзор. Мовла

Дийцар

Зорбана цIийнан бехачу лами тIехула хьала а ваьлла, вестибюль чохь лекхачу стоьлана дехьа хиъна Iачу хадечуьнга эсала вистхилира иза:
– «Вайнах» журналан редакце хьала вала мегар дарий со? – аьлла.
– Цхьамма кхайкхина-м вац хьо? – аьрга хаьттира цо.
– Кхайкхина-м вац со, вуьшта, сих-сиха хуьлуш ву со нохчийн редакцешкахь.

– Хьо хиларх пайда буй, хьо цхьамма а кхойкхуш ца хилча, ахьа новкъарло йой-те редакцешкахь, хIа-а, вокхстаг? Нохчийн редакцеш олуш суна-м ца хезна цхьамма а.
– ДIа чугIо, суна бIозза гина ву иза кхузахь, – вистхилира хадечунна дехьо хиъна Iен герзах воьттина жимстаг.
Юха-юха баркаллаш а бохуш, гена йоцучу лифтан неIаре дIахIоьттира Мовла. Хье ца луш готтачу коридор чохь вара иза. Аьтто аг1ор г1еххьа д1авахча, куьйгаца лаба а йина, леррина не1арна т1ера йоза а дешна, цо «Зама» газетин коьрта редакторан неIарх бай-й пIелг туьйхира.
– Чувола! – гIоргIа аз деара цуьнан лере. Не1 херйича, коьрта редактор сийна кIур экхийтина телевизоре хьоьжуш гира.
– ХIа-а, хьо ву иза юха а? Хьуна-м кIорда а ца до кхузехула лела, къанвелла воллушехь, – олуш, куьзганиш охьа а тетина, Мовле хьаьжира иза, бIаьргара хIума яккха санна леррина. – ХIа-х1, хIокху ахьа беанчу гIурта тIехь болх бан хан яц сан, хьайна язъян Iамаде, я аса оцу тускар чу кхуссу хIара хьан кхаьлли, Музаев Нурдина дайна, – тIе туьйхира цо.
Боккха кIур а баьккхина, телевизорехьа вирзира коьрта редактор. Мовла, кIоршамечу дешнаша мелла а вохийна, шен сийна ши бIаьрг лаьтта а боьгIна, соцунгIа хилира.
– Хьайна лаахь, кхечу редакце хьо и кехаташ, сан хан яц уьш ловзо, я хIара ликбез а яц, – элира цо схьа а ца воьрзуш, Iуьргара оьпа яккха гIерташ санна, гонаха сийначу кIуьран мархаш а дебош.
– Дика ду, бехк ма биллалахь, – тата даларна кхоьруш, яйн неI чIаьгIна, аравелира Мовла.
Коьрта редактор меттах а ца хьайра шен ден хеннара воккхастаг ара волуш.

Цхьаъ-м дагадеана, неI ца тухуш, юха чу хьаьжна: «Газеташ дахьа мегар дуй аса?» – хаьттира цо мелла а кIеда-мерза.
– Мегар ду, дIахьо хьайга ма даххьало, – шен мера кIеллара кIур куьйгаца дIаса а лоллуш, мохь туххуш жоп делира вукхо.
НеI тIечIаьгIча Мовлин лере кхечира редакторан даима а везавеш долу аз: «Валахьа кочара». Юха ши-кхоъ неI дехьа чу а вахана, мор буззуш «Зама» газеташ а эцна, аравелира воккхастаг.
Шен карара кIадин тIоьрмиг схьа а биллина, газеташ цу чу а нисдина, «Вайнах» журналан коьрта редактор волчу чоьхьа велира иза бай пIелг а тоьхна, чукхайкхаре а ца хьоьжуш.
Коьрта редактор Ахьмад мелла а кIеда-мерза вуйла хаара цунна. Бакъду, хьалде хаьттинчул тIаьхьа журналаш тохарлеррачохь ду хьуна, хьайна дезачул схьаэца, олура цо. Мовлина хаара кхин цуьнан кабинет чохь Iен ца везий. Цкъеллиг цкъа хьан текстехь хIоккхула гIалаташ дара, я хIара нийса ца яздинера ахь, аьлла, Мовлин догдохийна вацара Ахьмад. Цо мелхо а дог оьцура, ахь нохчийн маттахь яздар сийлахь ду, къар ма лолахь, олий. Хьан шераш цхьа а хьесап дац хьуна, олу, моссазза вогIу а, и цхьа а хьесап дац хьуна, жима-вокха хиларх хуьлуш дац похIма. Коьртаниг къахьегар ду, чIагIдора цо хIоразза а.

«Вайнах» нохчийн, оьрсийн меттанашкахь арадолура, делахь а «Орга» нохчийн литература когаяхийтина журнал лорура цо, и дукха а дезара, уггара хьалха, Мамакаев Мохьмад, Дикаев Мохьмад, Саидов Билал, доцца аьлча, гоьваьлла волу х1ора нохчийн яздархо зорбане вийлина журнал и хиларна. И иштта делахь а, кхуьнан гергарло Ахьмадца тасаделлера. Цхьа Ахьмад вар-кха Мовлега, дог ца дуьллуйтуш, хIора делан денна йозанехь къахьоьгуьйтург. Бакъду, «СтелаIад» журналан редакцехь вуно кIеда-мерза тIеоьцура иза, чай мала, хьо генара веана ма ву, кIадвелла, мацвелла а хир ву, олий, чурабовлий хьаьвзара коьрта редакторан гIоьнча Забу, кхин болу редакцин белхалой а. Мовла даима ша сов валарна, кIордаварна кхоьрура, шега цхьаъ шога вистхилча сийна ши бIаьрг, пекъар болий, лаьтта бог1алора цуьнан. ТIаьхьарчу шерашкахь бIаьрса а, лергана хазар а мелла гIелделлера вокхастеган. Цхьаберш, цкъа-шозза аьлча кхунна ца хезча, безабоьра, къаьсттина «Оргин» коьрта редактор. Цундела, шех бала бой-те ша гондIаболчарна, бохучу ойланаша хорам бора цунна. Цкъа а, сел дукха редакцешка леларх, иза цхьаьнге а чIогIа вистхилла меттиг тусаелла яцара цхьанне а.

Къаьсттина бокха кхаъ хилира Мовлина шен Сибарех лайна бала, къизалла юьйцуш язйина статья Ахьмада журналана тIе тоьхча. Цунна дуненчохь хила кхин доккха хазахетар дацара. Лаххара эзарза ешна хир яра цо и статья. Доггаха лаьара цIерадахарх а, ша теш волуш хиллачу шина тIамах а лаьцна язъян. Шайн юьртахь и цхьаъ вара накъосташца къовса а къевсина дажал Сталин дийна волчу хенахь ц1а веанарг. Шен статья т1ехь г1еххьа хьаха а динера цо и. Коьртачу декъана хьаьрса, сийна б1аьргаш хиларна, оьрсийчух тера хиларна вокзалашкахь, урамашкахь милици коча ца г1ерташ д1аса вахар нисделлера цуьнан. Ларт1ехь хууш оьрсийн мотт бацара, я некъана ахча дацара я хила меттиг муххале а. Поезд чохь схьавог1уш киргизаш т1егулбелла паста яа х1иттинера. Мацалла чоь 1ийжаш лаьттачу Мовлас т1е а кхевдина баьпган цастар, пастин дакъа схьаэцна д1а а кхаьллина: «Корошо, короши», элира. Киргизаш реза боцуш берриш кхуьнга хьаьвсира, шайн маттахь цхьа г1ам-г1им а деш. Мовла кхеттарг цхьа дош дара – «чачан». Шайн юьрта кхаьчча, цхьа а коча ца г1ерташ, керта вахана хиллера Мовла. Уьйт1ахь г1еметта х1оьттина стаг вара кхунна цахуучу маттахь чу мохь бетташ, цхьаъ дуьйцуш. Мовлас мерк1ел вахана: «Чо делиш изздес?» – элира.¬
¬– Это мой дом, че тибе нада? – шена хуучу оьрсийн маттахь жоп делира цо.
¬¬– Я исказал, чо тибе издес делит? – ши б1аьрг къарзийра Мовлас, сихдина са а доь1уш.
– Я у себя дома, чо тибе нада?

– Какой наци?
– Я даргинец, я тебе не мешает, зачем пришел мой дом, кирчиш!
– А, твой дом? Гиде твой дом? – т1аьххьара киргизийн, г1азкхийн бераша олуш хезна вон дош т1е а тухуш, элира Мовлас, шена цуьнан маь1на а ца хуъушехь. – Я чечен! Это мой дом! Твой дом там! – Дагестанехьа п1елг хьажийра цо.
Кхаьршиннан дов гинчу зудчо мохь-ц1ог1а элира.
– Тувой дом там! – бохуш, мохь а хьоькхуш, кех тилира Мовла.
Урамехула ваха а ца х1оьттина, эвлайистехула, ахк хадош, хьуьн чу а воьлла, буса некъ беш Устрада-Эвла кхечира иза. Цигара д1а товарнякаш т1ехь, некъа машенашца, г1аш некъаш деш, цхьана баттахь Киргизе ц1а кхечира иза.

Дай, наний ч1ог1а сагатдеш хиллера. Х1ара чоьхьа ваьлча кхаъ хилла хьалаиккхира и шиъ. Мовлас, ша вистхилале, четара жима т1оьрмиг биллира дена хьалха, вайн кертара латта деа-кх ас хьуна, аьлла. Дас т1оьрмиг каралаьцча, цуьнан ши куьг дегош дара, нана т1оьрмиг схьа а эцна, цунна барт баьккхина, мохь туххуш елха х1оьттира. И сурт ца лайна Мовла, кех ваьлла, генна эвлайисте а вахана, вехха воьлхуш 1ийра.
Гучаваьллехь, цхьа а кхиэл-таллам боцуш, 25 шо хан тухур яра Мовлина.
…Тахана зорбане яккха аьтто бацахь а, язйинарг йовр яц.
– Яздинарг дагаро а ца хадайо, олуш хезний хьуна? – элира цуьнга Ахьмада.
Ахьмадна Мовлехь товш дерг цуьнан иман дара, ша воккха велахь а, шега бохучуьнга лерина ладугIура цо, цхьаьна х1уманна бехкала вахча санна. Ахьмадна хаьара и воккха вуйла, йозанца болх бан цунна вуно хала дуйла, тIехула тIе, цуьнан компьютер эца аьтто боцийла а, я хилча а и цунах атта 1емар воцийла а. Вуьшта, иза Мовлех воьллера, кегийчарех вацара цхьа а и санна язъян лууш, цхьа хьагаме, бIаьрзе кхоллараллина тIаьхьаваьлла. Цо язйора, амма дукха гIалаташ дора. Ахьмадна и хьесап ца хетара, цо коьртаниг лорура автор ала гIертарг, цуьнан чулацаме йолу ойла. Ахьмадна гуттар а мехала хуьлий хаьара ша лайнарг, теш хилларг яздар. И дагах кхетара, ешархоша езаш тIе а оьцура. БIаьрзе кхоьллина сурт, дукхахьолахь, нагахь яздархо инзаре похIма долуш вацахь, тIехула, шеконе хуьлура.

Мовла кхузткъе итт шаре ваьлча волавеллера язъян. Хьо оццул тIаьхьа хIунда веана йозане ала меттан буьххьехь а долуш, цунна хала хетарна кхоьруш, цкъа а ца дора Ахьмада и хаттар.
Мовлина вуно чIогIа язъян лаьара. Амма цуьнан цIахь цхьа а аьтто ца хилар гуш дара бIаьрзе воцчунна – цуьнан духарца, хьаьвзинчу эг1аза дег1аца. Ахьмадна хаалора цуьнгахь комаьршалла, къонахалла, тешаме хилар, къа хетара цунах. Делахь а, даррехь долчунна кхин дан хIума дацара, доглазар доцург.
Иштта кхоллараллина муьтIахь, кIадо йоцуш адамаш яздархошна юкъахь кIезиг хаалора Ахьмадна. Цундела шен ницкъ кхочург цунна дан гIертара иза, дан а дора.
Цхьана дийнахь, целлофанан пакета чохь шоколадаш а йохьуш веара Мовла.
– Ахьмад, тахана пIераскана де а дара, аса сайн Делан дуьхьа, йокха хIума яцахь а, чай мала хIара марзалгаш еа-кх хьуна, – пакет стоьла тIе охьайиллира Мовлас.
– Мовла, дала и Жебаран сагIа санна къобалйойла хьан хIорш, вуьшта, хьан башха доккха пенси а дац, сан тоъал алапа ма ду, кхин ма ялахь суна иштта хIума, хьуна хала ца хетийта схьаоьцу хьуна ас хIорш. Хьо дика стаг а, комаьрша адам а дуй хаьа суна, хьайн аьтто хилча ахьа адамна шортта диканаш дийр дарий хаьа, бокъалла, хала а ца хеташ, кхин ма елахь иштта харж, вайша эгIар ву хьуна, – элира Ахьмада, мелла а цуьнан дог кхоо а гIерташ.
– Дика ду, Ахьмад, йокха харж-м дера яцара хIара, аша чай сих-сиха молуш сайна го дела еанера хIорш. Дика ду, Ахьмад, со кхетта хьуна. 1одика йойла, Дала яздина делахь, гур ду вай.
Мовла аравелира. Ахьмадна гуш дара цуьнан тIаьхьарчу хенахь эшна хилар. Кресло чуьра гIаьттина неIаре вахана: «Некъ дика хуьлда хьан!» – чIогIуо т1аьхьа мохь туьйхира цо воккхастагана.

Мовла айъа ма-ллу журналех, «Даймохк» газетах буьзна тIоьрмиг ги а тухий, социйле воьдура.
ТIаьххьара пхи шо дара Мовлас хIара некъ дIалело. Журналаш, газеташ духкуш меттиг, иза вехачу юьртахь хьовха, ерриге районехь а яцара, я тIом чекхбаьллачул тIаьхьа журнал эца гIерташ адам а ца гора цунна. Массийтта шарахь, йохийна, т1еман к1уьрлахь 1иллинчу Нохчийчоьнан кхин мехала декхарш дара. Тахана а, хIокху тIаьххьарчу пхеа шарахь даиман санна, шена хьалха тIоьрмигца охьахаа паргIат меттиг а лаьцна, доккха са а даькхина, д1анисвелира иза.
Микроавтобус, жим-жима юзу-уш, тIанк-аьлла юьзира. ЧIогIа сиха вара ша бохучунна охьахаа жима гIант а карийра. Эххар а, микроавтобус хаъала охьа а таIош, чоьхьяьллачу хьийкъинчу зудчо каде схьалахьийра хIорангара а пхиппа туьманаш. Цхьаболчарна «Газель» д1айолаелла ялале наб кхеттера, цхьаберш къамеле бевллера, шайн куьпахь болуш санна.
Микроавтобус, Устрада-Г1алин трасси тIе яьлча, маса райцентре хьаьдира, 1одара яьлча санна. Адам паргIат даьлла аьлла хеттачу хенахь Мовлас схьабиллира шен беза мохь. ТIоьрмиг чуьра масех «Вайнах», «Орга» журналаш схьа а даьхна:
– Хьовсал, зударий, кегийнах, цIахь доьшур ду аша, дукха исбаьхьчу нохчийн маттахь яздина дийцарш, чулацаме статьяш а ю шуна кхарна тIехь, пайда эца башха произведенеш ю шуна, дIаэца, – элира цо.– Вайн ворх1е а дас бийцинчу сийлахьчу нохчийн маттахь ду шуна х1орш. «Дешаро бен адам серлоне ца кхачадо», – олура вайн бакхийчара.
– Вай Дела, воккхастаг, хIорш еша хан хьенан ю, эцца тилвизар латийчахьана схьадуьйцуш ду-кх хIокху дуьненчохь мел дерг. Харц а, бакъ а, – елаелира зуда.– Схьалохьа, мах боцуш луш хилча, – аьлла, дуьхал Iачу зудчех цхьаммо схьаийцира журнал. – Вай Дела, хIара нохчийн маттахь ма ду, хIара деша суна-м хуур дац. ГIазкхийн маттахь хIумма а яц хьан? – журнал схьа а кховдош, ши бIаьрг тIе буьйгIира зудчо.

– ХIан, дIо тIехьарчаьрга дIакховдадел хIорш, – цхьа мор журналаш дIакховдийра Мовлас.
– Нохчийн маттахь еша ца хаьа бохург хIун ду, нохчо яц хьо? Иштта ала мегар дац, Дала вайна дина дика ма ду хIара. Вай ца Iамийча нохчийн мотт хьан Iамор бу хIокху доккхачу дуьненчохь? ГIазкхаша шайн мотт шен хеннахь ца Iамийнехь, ахьа дуьйцург а дуьйцуш уьш 1ийнехь, церан иштта Iилма, нуьцкъала пачхьалкх хир ма яцара. Шен меттан сий ца дечо мехкан, халкъан а сий дийр дац.
Мовла дIатийра, чохь болчара тIе муха ийци шен вистхилар зуьйш. ХIетахь Мовлин марахь мор буьззина журналаш дара. ТIехьарчу гIеметта хIоьтинчу стага а юхадаийтира журнал, нохчийн маттахь еша ца хаьа шена, аьлла. Дог даьтт1ачу Мовлас: «Хьо-м цхьанна а маттахь еша хуучух тера ца хета суна!» – элира, шен сийна ши бIаьрг оьгIазе тIе а боьг1на.
– Нохчийн мотт суна хууш бу, и хIумнаш ца ешча со Iало, цундела суна хьан журналаш оьшуш дац, ша мозий дайъа ца эцахь.
Ша аьллачух дукха воккхавеш, салон Iадийна вела велира иза.
Мовлас шена юххехь Iачуьнгахьа вирзина:

– Яьсса хIума чIогIа ека бохург ду хьуна и! – элира.
Цул тIаьхьа, юххехь Iаш волчо леррина Мовлигахьа а вирзина, дикка цуьнга хьажа а хьаьжна, цуьнан карарчу журналашна юккъера озийна ши журнал схьа а даьккхина, царах топ йина кара лецира, кхин вист а ца хуьлуш. Журналаш хазахеташ схьаоьцурш а бара пассажирашна юкъахь.
Жима автобус шайн юьрта юккъе кхаьчча, «ахI» деш, охьа а воьссина, шен хIусамехьа юм йира Мовлас. ЦIа кхаьчча, гира мохь жимчу рагIу кIел охьа а биллина, чувахана, садаIа тевжира иза.
ГIеххьа садаьIначул тIаьхьа, бун чу а вахана кхо хIоа деана, уьш кхаьрзина, делкъе а йина, эвлайистерчу кешнашкахьа волавелира.
ГIала вахар, цIа вар, делкъе йой кешнашка вахар – и некъ цо бо пхи шо дара. Лула-кулахь болчарна массарна а хууш дара и.
Цхьаьна буса, кIарул Iаьржа бода къарбеш, мохь туьйхира Мовлас:
– Сайпудди, Ширвани, Дени! Ма дика стом латийна-кх вайна хIокху шарахь, хьовсийша хIокху нисделлачу калакойн Iежашка, Iаьлбиган кхоран чам бакхийша! Делан къинхетам бу-кх хIара рицкъа вайна луш волчу, гора меттиг яI-кх!
Цуьнан къора аз бодашлахь тIепаза дайра, цо юх-юха а йохура и цIераш. Юха рагIу кIелхьарчу дечиган маьнги тIе аркъала охьавижира.
– Во Мовла! – аьлла, кхойкхуш хезира цунна.

– Во вай! Со ву Мовла! – каде хьалаиккхира иза.
– Хьо кхойкхуш хезна хIокху зудчо, ладогIахь оцу керта, аьлла, схьагIоьртинера со-м, хьуна сагатделла. ХIун деш ву, муха волу хьо, лулахо?
– ХIа-а, хьо ву и, 1абдул-Керим. Сагатделла воллу хьуна со, наб ца кхеташ, мел кхетийта гIертарх. Суна къинтIера валалахь, шуна а сайх бала бина-кх ас.
– Ца бина, хьан бIаьрга дайначу КъорIанора! Мовла, шек дIа ма ваьллахь, вайна хIоранна а тIехь лелаш ерг, лелан ерг Делан кхиэл ю хьуна, вай Дала динчунна реза ду-кх, ца хила йиш а яц. Кхетий хьо?
– Ма бакъ лоь хьо, 1абдул-Керим, ма бакъ лоь хьо. 1абдул-Керим, сан кIентий цхьана а х1умана бехке бацара хьуна, оха хIокху доккхачу дуьненчохь цхьаьнна а дена дина вуо дац, хьуна ма хаъара. Сан да, сан ворхIе да шайна ала хIума дитина бахана бац хIокху доккхачу дуьненчуьра. Тхо гIийла сискал йиъна делахь а, нахаца тарделла, мерза Iийна нах ду. Сан деда х1ара юрт йоккхуш 1919 шарахь г1азотехь вийна. Иштта амал ю-кх тхан – махкана, орца даьккхича, юкъ йоьхкий арадовлуш. Аса чIогIа дийцарна бехк ма биллалахь суна, цкъацкъа хIара харцо вуно ч1ог1а Iаьткъа сан дагна.

Цуьнан жима дегI хьаьвзина гора, Iад санна, сийначу бIаьргаш чуьра ца хедаш Iийдалора хиш. Уьш ца гайта гIерташ Мовлас сихдина куьйгаш хьоькхура юьхьах, доIа деш санна.
ГIеххьа тийналла хIоьттира, цхьа а вист ца хуьлуш. Т1аьххье а тийналла йохийра лулахочо:
– Мовла, Дала даздина даийтинчу КъорIанор, хьайчул ийман долуш доьзал ма бацара хIокху юьртахь, со даим хьега ма хьегна оцу хьан берех, оцу дикачу берийн да хьо хиларна хьох а. Стиглара Дела теш ву хьуна, сан дагчохь долчун. ХIинца садаIийтал хьайн дегIе, буьйса Дала садаIа елла ма ю вайна. Балано, ахь баз мел би а, кийра огу, хIаллакво стаг. Вай массо а, цхьа Дела воцург, вала кхоьллина ву. Хьоьгахь долу хьал со хууш ву, хьайна Деле собар деха, хьан къина Дала цхьа дика доцуш вуьтур вац хьуна хьо дуьненахь, эхартахь-м муххале а. Ахьа кхиийнарш къонахий бара, собаре хила, Дала ша сатоьхначуьнгахьа ву бах. Веза-Сийлахь волчу Дала хьан доIийна жоп лойло хазачу кхоаца. Со чу воьду, ма Iе хьо а, хьан буьйса декъал хуьлда.
1абдул-Керим, кевнан к1ажошкара «къаз» а доккхуш, ураме велира. Дукха ца Iаш Мовла а цхьана ойланийн йийсарехь воллучохь набаро лецира.
ДIаоьхура денош. Мовла тIаьхьарчу хенахь кIирнах цкъа бен ца воьдура гIала. ХIуттура, вуно кIадлора, цунна шена хаалора ницкъо ша дIатасар. Делахь а, ша кешнашка зиярат дан вахаваларна Далла хастам бора цо. Уггаре цуьнан боккха сатийсам яздар бара. Сибрех а, т1аьххьара т1емаш болуш а лайна бала т1екхуьучарна бовзийта лаьара. БIаьрса гIелделлера, буьйсанна чиркхан можачу серлонехь куьзганаш хилча а ца язлора, дукха хиъна Iийча дегI лацалора.
Аькенан тIаьххьара денош дара арахь.

– Ванах, – элира Ахьмада редакце веанчу Мовлин юьртахочуьнга, – и шун юьртахо Мовла цIеххьана саца ма сецна кхуза вогIучуьра, хIора денна бохург санна тхо долчохь хуьлуш ма вара иза. Бакъдерг хIунда ца олу, суна-м хаза хетара хьуна и вогIуш.
– Ой, хьуна хууш дац и, Мовла ши-кхо бутт хьалха вала ма велла. Мовла воцуш ву, хьо марша!
– И хIун ду ахь дуьйцург?! – Ахьмад ша волчуьра хьалаиккхира. – ОстопируллахI, Дала гечдойла цунна, Дала декъалвойла иза! Ма хала хийти суна и велла. Делан кхел ю-кха вайна массарна тIехь лелаш ерг, – олуш, охьахиира Ахьмад.
Делкъала тIаьхьа шайн гIат тIера хIора редакцера вогIург вовшах а тоьхна, Мовлина кадам бан новкъа бевлира редакцин белхалой шина машенахь.
Мовла юьртахь вевзаш, юьртахоша лоруш а стаг хиллера. Эвла юккъехь шега и мичахь Iаш вара хаьттича, суна т1аьххье схьаяийтал машенаш, аьлла, юьрта юккъе бигира уьш. Олимпиадан символика тIехь а йолуш,баьццара бос болчу кевнна хьалха севцира машенаш.
Кхин соьгара накъосталла оьший шуна аьлла, юьртахо дIавахара.
Гуш дара кевнан, уьйтIенан, кегийчу цIенойн а дола данза хан яьлла хилар. Ахьмад хьалха а волуш, накъостий уьйтIа бевлира.
Кертахь тийна дара. ЦIенойн неI йиллина а гина, хIорш чоьхьа бевлча, чохь долу хIума даьржина дара. Пенах тоьхна кхаа кIентан, зудчун суьрташ доцург, хIумма а дацара. Чохь вуно дукха «Орга», «Вайнах» журналаш, «Даймохк» газеташ дара тIекIел доьттина. Ахьмадн хиира, ша цуьнан статья тIетоьхначу журналан лоьмарш шаьш къастийна коран уьнтIехь тIекIелдоьттина хилар. Лаьттахь Iоьхкура цо куьйга яздина йозанаш тIехь вуно дукха кехаташ. Ахьмада схьа а эцна бийшира цхьа могIа, цунна девзира Мовлин яздаран хатI. Хала дара уьш вовшах а тоьхна цхьа юьхь а, чаккхе а каро, Ахьмада стоьла тIе охьа дехкира лаьттахь 1охку кехаташ.
– ДоIа дийр ду вай. Алхьамдулиллах1… – куьйгаш лецира Ахьмада.
Цхьа а вист ца хуьлуш, дика хан елира.
– Арадовла вай…

Ахьмад хьалха а волуш, накъостий арабевлира.
ХIетахь, хетарехь, кетIахь машенаш гина, уьйтIа веара, лергина йоца к1айн маж а йолуш, зоьрталчу дегIахь воккхастаг.
– Ассаламу Iалайкум, – салам делира цо. – Шу а Мовлина орцах девлла даьхкина хир ду-кх.
– Ду, х1ара вевзаш вара тхуна, тхан чIогIа доттагIа вара хIара, доIа дехьа, хьан цIе-м ца хаьа тхуна, вай долчу редакцехь дукха хуьлуш вара Мовла, – элира Ахьмада.
– АлхьамдулиллахI!.. – лаккха куьйгаш айбира воккхастага.
– Сан цIе Iабдул-Керим ю, со кхуьнан верас, лулахо а ву, – элира цо до1а дерзийначул т1аьхьа. – ХIа-а, хIинца кхийти со, ма дукха дуьйцура цо шу, ма шу дукха дезаш вара хIара. Ахьмад-м вац шуна юкъахь? – хаьттира воккхастага.
– Ву, со ву Ахьмад.

– Схьавоьл, жима къонах, мараэкхийтал хьайна, хьо дукха вийцина суна Мовлас, чIогIа дукха везара цунна хьо. Дела ва хьо могуш –маьрша. Дала сий дойла хьан, оцу мискан дог-х эцний ахьа, тIаккха хьо дика стаг вуйла хаьа суна. Гой шуна, вайна дуьххьара тIом баьлча, цхьана наха хьо вац стаг тхоьца тIамтIе ван, аьлча, дера ву, со хIунда вац къонаха, аьлла, тIамтIе ваханчу дуьхьарлерачу дийнахь вийна цIа валийра кхуьнан вокхах волу кIант Шарпудди. Шен ваша а вейтина, цIахь Iийр вац ша, аьлла, тIамтIе ваханчохь шолгIа кIант вийра кхуьнан, Сайпудди яра цуьнан це. Ши ваша вер ца лайна, хIокху рагIун тIайх муш тесна, ирхоллавелла, пхийтта шо долу кхозлагIа кIант Дени а велира Мовлин. Ирх оллавелла кIант вайча, дог икхинана нана елира оцу берийн, Мовлин хIусамнана Умист. Дала гечдойла царна, деши санна цIена доьзал бара Мовлин, шел дика нана, хIусамнана хир йоцуш стаг яра Умист а. ХIун дийр ду, валар ду-кх вайна массарна а тIехь, вайга хоьттуш х1умма а дац… ХIан, маIел, шу генара даьхкина ду, чу а дахана, чай молуш хIума дийр ду вай, – неIарехьа волавелира вокхстаг.
-ХIан-хIа, Дела реза хуьлда хьуна, тхо дIагIур ду. ВаллахI, хаза неха санна доккха халахетаран дакъа ду тхоьгахь, Дала ялсманин хьаша бойла-кх хIара доьзал.
– Делахь, хIун дийр ду шу Iеш ца хилча, Дала меле биллийла аша баькхина ког.
БежогIара новкъа бевлира. Зорбанан цIийне схьакхаччалц машен чохь цхьа а вист ца хилиира, моторан уг1ар бен, г1овг1а яцара лере кхочуш.

Вайнах №8, электронная версия.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх