Давлетукаев Анзор. Арван

Дийцар

«Филармония» социйле кхаьчча трамвайни аьчкан некъ а хадош, сехьа тротуара тIе елира иза. Цуьнца жима бер дара куьг лаьцна. Цо иза сих-сиха хьостура, хIетахь цуьнан юьхь цхьа тамехь елалора, цIен бос лепачу беснеш тIехь горга юьхь кхулуш башха кIаьгнаш хIуьттура. Беран дог эцна ма-еллинехь, шуьйрачу хьаж тIера хьаьрса месаш дIасатоттура йоIа. Латтар, йолаялар, дIасахьажар, беран догъэцар – шадерриг дара цуьнгахь башха. Вахин дог къовзийра йоIа.

ХIара ю-кх хIинццалца эзарнашлахь аса сатийсинарг, лехнарг, дуьххьара ма-гиннехь даго къобалйинарг, хьегнарг, стиглара чубоьжначу седанца хазалла къуьйсу нуьре амат дерг, кхехкара кийрахь ойла. Вахина и йоI бен гуш хIумма а дацара. Иза хьалаяьллачу №3 йолчу трамвай тIе хьала а ваьлла, микрорайон йолчухьа дIавахара иза. Уггар садуург, йоIа ша тергал ца вар дара, оцу минотехь и кийча вара муьлхха а хьуьнар гайта, доккхачу дуьненан йисте ваха и резаярхьама. Цунна цкъа а хилла дацара иштта йоIа синтем бохор. Халонца иза доьшуш йолчу педучилишан юкъарIойлин адрес даьккхира ас. ЙоьIан цIе Арван юйла хиира.
Цул тIаьхьа Ваха кIиранах шозза-кхузза воьдура тIехьийза йоI Iачу студентийн юкъараIойле. Араяла хьеелча дагалелхачу бес-бесарчу ойланаша холчухIиттош шеконаша огура кийра.

Цхьаьнакхетча, коьртачу декъана, хьалде, дешарх къамел дара дийриг.  Сих-сиха варо Арван шен доггах болчу безамах кхеташ хиларх тешна вара, воккха а вора оцу хьолах. Шега деллачу хаттарна жоп даларна бен кхин хабарна тIера яцара Арван. И цкъа а юьхьадуьхьал ца хьожура, цундела Вахина атта хуьлура йоьIан боьмаша бIаьргаш тергал дан, хазалле дог Iаббалц хьежа, цуьнан юьхь тIехь комаьршо, догцIеналла, муьтIахьалла а еша. Арван яра цуьнан дагна езаш еза паччахь, сатийсам, и хиларх дагна хьаам хилла, сатийса а, гуттар ган а лаар – и шадерриге ийна, цхьа тамашийна хIора цхьаьнакхетар синхьаам, синтем бохьуш догIура.
Ваха цкъацкъа холчухIуттура, лаамаза оцу цIеххьана еанчу марзонах хаьдда, дуьнен чохь дог Iабо йиш йоцуш, къобал хила амал доцуш висарна.
«Со селхана охьаягIаш», – олий, ламанхойн мотт буьйцура цо. И буьйцуш и ша санна тамашийна хетара, цуьнгахь тан а товра и таза мотт. Цо наггахь доккху доккха са а шатайпа дара кIантана.

Арван хаза яра, ас-со бохучу кIанте къайлах синош дохуьйтур долуш хаза. Цундела, дIо деган кIоргенехь иза боккъал а вогура шех чекхсагарна, чамбаларна, иза кхечо Iехорна. Дукха кегийнах бара шайн машенашкахь «либарцIак» бевлла лелаш. Хьоло Iеха ма во. Дика ваха, зовкх хьега хIоранна а лаьа, нехан цIен тIе йоьдучу йоIана муххале а. Адамашна, дукхахьолахь, хьалдолчаьрца деза гергарло. Ткъа иштта ду-кха дуьненан къиза гIиллакхаш…

Цкъачунна  дешна валлалц йолчу юкъана, цуьнга шега йола ала йиш цахиларо дагна ницкъ бора. Мел хьесап дарх, бахьанаш лехарх, синтем я гечо ца карадора. Цкъа Вахина ларамаза дагадеара: «ХIун дийр ду, къонах вацахь а цIубдина цIазам санна къегинчу машенахь схьахIоьттинчу кIанта Арванан корта хьовзабахь? Ма къематде ду и, – йоьхна ойла хьийзара коьрте. – Боккъал а, бакъ ду-те, зудчун хьекъал пхьидан цIоганал бен дац, бохург?» – ойла кхехкара коьртехь. Делахь а, «ГIала йиллинчун яц, яьккхичун ю», – олуш ду, ша-шен сатедора. Эзар хаттар, эзар ойла кхоллалора. Доьхнарг, шадерриге Арванан карахь хилар дара, цо ларамаза бIокъажийчхьана тхьамаран гIаланах хаьрцар йолуш яра дIо деган къайленехь йоьттина безаман гIала.

Иза муха тешор ю дуьнен чохь шена санна иза езаш адам хила йиш цахиларх. Нохчийн ледара лоруш ма-ду, юьхьдуьхьал хIоьттина кхечу къаьмнийн санна безаман берриг синхаамаш бийцар. Мичхьа ду и цуьнан деган къайленан догIа? – хаттар дора ша-шега, дуьхе цакхиаро бIарзвора. Тахана безамца къежахь а, Iийр юй-те шина шарахь дешна валлалц соьга хьоьжуш? Ма дукха хан ю-кх иза, лула а хиъна вовшех хьоьгуш ларъян. ЙоI юкъара ю, цуьнан дог догий-те сайниг санна, синтем байна, безаман цIарах сийсаш, сийначу цIарах? И хилар, цунах воккхавер доцург кхин керахь хIумма а дацара. И дара доьхнарг. Бакъду, кхуьнан ирс я дуьне дохар Арванан карахь дара. Цхьа а шеко яцара Вахина оцу муьрехь безамал доккха хIума дуьнен чохь хеташ цахиларх, цо стигаллий, латтий латтош хиларх а, безамца доцург цхьа а дош доцуш хиларх а.

Цунна чIогIа лаьара Арване сурт деха, амма эхь хетара. Делахь а, иэхьал лаам а тоьлла, цхьана суьйранна ницкъ кхечира сурт деха. Суьртах воккхавеш, инзаре доккха дика шена хилча санна Ваха студентийн юкъараIойле кхечира. Чуьра ши накъост араваларе сатесна лаьттира дикка, уьш арабевлча кисана куьг даьхьира хьомечу амате юх-юха а ца кIордош хьежархьама. Чухларчу кисанахь сурт дацара. Иза инзарвелира. Куртка тIера схьа а яьккхина, массо а кисана хьаьжира, чета куьйгаш хьийкхира, сурт мел лехарх доцуш дара. Я раббана Везан Дела, цхьа гIуда ду-те хIара?! Ма тамашийна хIума ду хIара! – элира цо ша-шега.

Иза маса арахьаьдира ша гIаш цIавеана некъ таллархьама. Хьала-охьа некъаш деш, хIора метр некъ зуьйш, хIара лелаш арахь бода къовлабелира. ШолгIачу дийнахь занятешка ца воьдуш, юха а лийхира сурт, амма цуьнан доь дайнера. Вехха Iийра догъэтIаш, холчу а хIоьттина, наб ца кхеташ… «Арванан сурт хаза долун дела цхьамма схьаэцна дIадаьхьна-те?» – дагадеара, амма оцу ойлано гIоли ца йора. Хиллачо бIарзвора, холчухIиттавора. «Деллахь, цхьана дийнахь иштта хи чохь бIаьргаш биллича санна вуьсурий-те со? – дагадеара. – Цхьа цаторручун билгало ю-те хIара, беш хаам бу-те?» – духе кхиа гIертара кхарзлучу кийро хьийзош, амма дерриге хи чу кхоьссина тIулг санна лораза дайна дара.

Сурт дайна ши бутт бара, амма Арване хьахадойла а дацара. Амма цхьана дийнахь Арван йолче юкъараIойле вахча, иза кхайкхича ара ца елира, дуьхьалъеанчу йоIа кхин схьа ма гIерта, шен кхин некъ бу лелош хьоьга, дIагIо боху, аьлла, хабар даийтира. Кхо-диъ де далийтина юха а вахара – жоп изза дара. Вахин дегIах цIе летира, иза даима кхийринарг тIехIоьттинера. Сурт дар, цхьа дагахь а доцуш, хиндолчуьнан горгали-хаам хиллий-те, дагадеара. Кийра бузош чу хIаваъ ийзош иза ша-шен теван гIертара, хIавао гIоли ца йора бIарзбеллачу кхетамна. Дала хьала-охьа кхоьллина, дан хIумма а дацара, иза гIорасиз вара шена дагахь а доцуш тIебеанчу хьовзамна, тешнабехкана. Цунна зен-зулам атта хир дара лан, оцу тешнабехкал. Иза духе кхиа гIертарх ца кхиара, и муха даделла хьомечу Арване, цуьнан мотт муха керчина, хIун кIилло ю и Iехийнарг? – ийгIинчу кхетамо, тIе ца кхуьучу хиламо холчухIиттавора.

БIарзбелла корта ша зоьпаршца санна къийлара йоьхначу ойланаша, болчунна тIе а бала базбеш. Иза къера вара, юкъаметтиг ях мел ели а иза къовса езарх и шек вацара цкъа а. Амма, лан хала дара хIинцалц ойла хьистина хьоме амат иэсера даиманна дIадаккха деза бохург. Къизаллашна юкъахь а къиза эшам бара. Цунна, Арван къевсина летта валар г1оли хетар дара, хIинца, оццул юьхьйоцуш яьккхинчу йистал. ХIокху дийне кхаччалц лаамийн, сатийсамийн паччахь хилла лаьттинарг стешха хиларх кхета хала дара.
Цхьана буса лаамера баьллачу хьагамо Ваха вигира Арванан кора кIел, вехха дитта тIехьа лечкъина Iийча, езаран хьоме гIаларт хIоьттира коре, хIуьттаренна санна, шех юха-юха хьего санна иза къайлаелира сихха, хIетал-метал хилла. Цунна девзира бойна тIехьа можачу серлоно хьоьсту, шена дукхадезначу йоьIан амат. Вахина шайна юккъехь хилларг, лелларг дицделлера. Цуьнан кегаелла ойланаш бен доцуш кхерстара даьссачу Соьлжа-ГIалин урамашкахула.

ЦIеххьана саца а сецна, Арван ехачу юкъараIойле бIаьрг туьйхира, цуьнан кор кхерчан овкъарех тарделира. Арвана чиркх дIабайъинера, Вахин даг чуьра ша кхачо йоллуш дIаяйа санна. Амма и эрна дара, жимхан дог ца Iалора дагна хьомечу васте кхийдаш бен. Баьгначу безаман кхерчахь ян ца туьгуш жим-жимма леташ, йоккха хилла, марсаяьлла цIе лата санна сийсаш Iара даг чуьра алу. Эххар, гIорасиз хиллачу ойланаша дIавуьгура Ваха хьалхахьа, шена дагахь цхьанненна ца оьшуче, неI тоха йиш йоцче, цхьа а хьоьжуш воцче, б1аьрзечу синтеме. Некъ бина хIоьттина сецира, бIогIамах а тевжина, сихдинна са а доьIуш. Оцу буса, лаамаза шена ницкъ а беш, Арван йицъян сацам бира, ша-шена чIагIо йира кхин шен дехаршца езар ца кхардо, мел шена хала делахь а. Йоккха яра дагна йина чов, цунна шен дуьнен чохь цкъа а ца хилла я хир а доцу ирс хетара дайнарг, цкъа гуча а даьлла, хьега а вина, цIеххьана ткъесах доь доцуш дайна.

Хан-зама дIайоьдура. Шо гергга ханъелира кхин и шиъ ларамаза вовшийн ца гуш.
ШолгIачу шарахь ВахагIеран курс АрвангIеран юьрта фольклорни практике яхийтира кхунна дагахь а доцуш. ХIетахь ша гездина урамаш гича дерриге карладелира. Ченех ийначу овкъарех юха а безаман цIе летира даг чохь. Даго хьоьхура, лаьара, доггах лаьара Арван цкъамукъана а ган. Цхьана дийнахь эвлаюккъера бепиг духкучу туьканна хьалха зударийн рагI гира кхунна. Де а дагахь доцуш, зударшна юккъехь лаьтташ Арван яйра. Ваха меллаша мисарболато санна тIевигира цунна: «Де дика дойла хьан, Арван! Муха ду гIуллакхаш?» – хаьтира цо.Х1етахь карлабаьллачу безамо хьераяьлла вота йоьттуйтура кийрахь даге. И цунна хаалора, кийрахь х1оьттинарг къаьхьа де хиларна.
– Дика ду, – тийна жоп делира йоIа. Х1етахь и больницан ехачу халатах хьаьрчина, эхьхеташ аг1ор б1аьрса доьг1на 1ара. Цундела цунна атта дара къорзачу халатах хьаьрчина лаьттачу Арванан ша дукха сатийсинчу юьхьсибатах 1аба.
– Хьо цIахь ю? – ша х1ун олу ца хууш рог1ера хаттар дира.

– ХIан-хIа, больницехь ю.
– Кхузаххьий?
– ХIаъ.
– Муьлхачу отделенехь?
– Терапевтически.
Вахина-м дийно сарралц латта лаара, амма эхь-бехко къастаран дешнаш дагадахкийтира.
– Дала маршала дойла. Даламукъалахь гур ду вайша, хьо хьеярна бехк ма-билла.
И шиъ д1асакъаьстира.

Оцу суьйранна накъосташа: «Хьо хIун язъеш ву сел лерина?» – Iиттарш еш йиъ агIо кехат яздира Арване. Вахас шена дага а догIуш, оццул доггах кехат цкъа а ца яздинера. Кехат тIе могIанаш шаьш дуьйшура, мацах-мацах карзах хьийзинчу ойланаша хьоьхура яздан дезарш, ойланаш ян оьшуш а дацара, уьш иэсехь чIагIделла дара ингалсан буьртиг болу болат санна. Цу тIехь бара сатийсамо лайна бала, хьежар, догдахар, дегайовхо, сатийсам, дерриге тIехтиллачу хенахь Iеткъаш, даг чу дижнарг. Цхьана дашца аьлча – боллу безам.

ШолгIачу дийнахь медйишига Арване дIалахьара аьлла, кехат чу а дахьийтина, Ваха жоьпе ладоьгIна сецира терапевтически декъан неIсагIехь.
Дукха ца Iаш, кIайн халат йоьхна йоI еара карахь шалха тоьхна кехат а долуш. Иза Вахе схьа а делла, чуяхара иза.
Кехат схьадиллича: «Со кхана I2 сахьт долуш хьо лаьттачехь хир ю», – дара хазчу хотIехь яздина.

Арван ша аьллачу хенахь еара йиллинчу метте. Шо хьалха санна хьал-де, гIуллакхаш хаьттина дIасакъаьстира. Арван гаро Вахин кийра кIегаш тIе “хIуп” аьлча санна марсайолуш цIе латийра. Больницера шуьйра оллаелла къорза халат а цунна тIехь товш хетара, цунна юкъахьаьрчина йолу Арван а вуно куьцехь яра.
Нийсса шарахь тIехьийзира Ваха. Кхеран курс стройотрядехь йолуш хелхаршкахь дов делира Иркутскера баьхкинчу мехкаршна тIехула. Сихха генавала везара я гIуллакх дIадерзо шортта ахча, цIахь болчарна хьалха юьхьIаьржа хIотта везара. Ларамаза оцу аьхка Ваха Ленинграде дIавахара целевой направлени а яькхина.

ДIакхаьчначу дийнахь юкъараIойлехь хелхарш дара дIадоьлхуш, тIелетта джинсаш йоьхна башха мехкарий сеттара зала чохь. Лоькхучу музыко олург ца хозуьйтура. Дагахь доцуш цхьана хьаьрсачу йоIа Ваха хелхавала кхайкхира куьг а лаьцна.  ШолгIачу дийнахь, занятешкара цIавеъча, неIарх ба-й пIелг туьйхира. НеI схьайиллича селханлера Таня яра неIарехь лаьтташ.
– Хьаша тIе оьций ахь? – кIайн цергаш гуча а йохуш къежира йоI.
– Дера оьцу, тхуна хьеший дукхабеза… Чоьхьаяла.
Оцу буса кино дахара ший а.

Кор, неI я уьйтIе ларъян а ца езара, синкъерамехь, муха долу ца хууш Ленинградехь дIаделира кхо шо. Цхьана дийнахь юкъараIойлин коменданта тетя Валяс: «Вакуев, ахьа мотт схьабеллий? Хьо хIун деш лелаш ву юкъараIойлахь?» – шега аллалц Вахина дага ца деара дIаваха дезар. Аьхкенан юьххьехь сесси дIа а елла, студенташ дIа а бахана, яссаелира юкъараIойла. Исс гIат долчу юкъараIойлин гIишлонна хьалха охьа а хиъна Вахас ларамаза ойла йира, тетя Валяс мел дехарх хIинццалц шен цIа санна хиллачу юкъараIойли чу ша вуьтур вац-кх, аьлла. Цуьнан кисанахь диплом дара, студентийн хазачу дахаран чаккхе лан Iаламат хала дара, амма цIа ваха дезара, кхин Питерехь хIара тIелоцур волуш хIусам яцара. И дага мел деа а холчухIуьттуш цIа ван новкъавелира.
ЦIерпоштан чкъургаша хаддаза цхьанаэшшара вота етташ Ваха Нохчийчу валийра аьхкенан хазачу дийнахь.

Иза оцу аьхка балха хIоьттира, амма цунна цхьа хIума ца тоьара. Иза Арван яра, цхьана хенахь дог къовзийна, кхунна сил дукха езна, амма Питеран самукънечу дахарх Iехавеллачу хIокхо йицйина башха Арван. Цо и лехира. Цуьнан юьртахочо вокзале боьдучу некъахь туькнахь ю элира и болх беш. Ваха гIаш мосуьйттаза хIора туькан чухула чекхвелира, амма Арван яцара цхьана туькан чохь. Юха Ленинан проспектерчу хIора туькан чохь лийхира шена цкъа а дицлун доцу амат, амма Арван яцара. Юха «баьццарчу» базарахь мел йолчу туьканашкахула хьийжира, амма эрна хилира. Дийнан сарралц гIаш некъ а беш, Соьлжа-ГIалахь мел йолчу туьканашкахула чекхвелира Арван лоьхуш, хоьттуш, хIора йохкархочо ца хаьа я юьйцуш ца хезна, олий жоп лора. Арван, тоххара маре а яхана, майрчуьнца Иваново-гIалахь ехаш ю, шен доьзал а болуш, иштта жоп деара эххар.

Де дийно хуьйцуш, Iаьно аьхке хуьйцуш дIаихира денош, беттанаш, шераш. Вахин гиччош къежделира, юха месаш нилхайовла а юьйлира. Иза цхьана вара. Бакъду, цуьнан хIусам, тоьлларг машен, гIалахь квартира, дика болх бара. Амма Iуьйранна, суьйранна догъэца, самалха дала тохара корехь сатийсина гIаларт дацара, кхийолчу йоIа кхин цуьнан дог а ца къовзийра.
Ваха цIавирзина нийсса ткъа шо дара. Кхуьнга Арванан юьртахочо цхьана дийнахь: «Ахь дукха йийцина Арван цIаеана, аэропорте боьдучу урамехь №I28 цIа чохь Iаш ю хьуна»,– элира.

ШолгIачу дийнахь дуьйна, балхара ма-веллинехь, хIора дийнахь Арван ларъян воьдура Ваха. Цуьнан дагахь цхьа а вониг дацара, деккъа и ган лаар доцург, хиллачарна меттиг яцара ойланехь, хьесап дарехь. Цунна шена ца хаьара ша и хIунда леладо, цхьа чоьхьарчу ша тIаьхьа ца кхуьучу ницкъо вуьгура иза Арван ехачу ураме, цуьнан кетIа. Дуьнен чохь уггар шен хазачу хенахь дог хьаьстина, дог тешийна, сатийсина, сатедина амат, васт Арван хиларна лераман дуьхьа воьдуш лорура цо ша. ХIунда аьлча, цунна муьтIахьаллина уллохь хьакхаелла шеко хиларна хьегIаш.

Ца йиъна, ца мелла, еттинчу кибарчигийн цIенонна улло дIахIоттайора цо машен. ХIуьттаренна санна, Арван ца гора оццул сатийсарх. Цо дуьхьалхIиттадора цуьнан амат. Муха ю-те Арван йоккха хилча? Иза тешна вара и цкъа а эрча ериг цахиларх, ишттаниг, безаман шерашка ма ца эшало.
Бутт хан яра Ваха цхьанаметта дIахIуттий Арванан кетIе ларъеш волу. Цхьана сарахь цхьа зуда араяьлла, кетIахь лаьттара. Ваха сихха машен чуьра охьавоьссина, гIашнекъа зуда йолчухьа хьаьдира. ХIетахь цунна шена хаалора арадала санна деттало дог. Ваха герга кхаьчча, кхунна уллохь лаьттара I7–I8 шо хир долуш йоI. Цуьнан хьаьрса месаш яра, жимма ирхкхетта мара, къежначу юьхьа тIехь горга ши кIаг, боьмаша басахь бIаьргаш… Ваха, Iадийна, цкъа сецира йоIана уллохь, юха ша лелочух кхетта, кхеравелча санна, дIахьаьдира хьалхахьа. Генна дIавахана хьуьхьвоьлла сецира.

Иза кхийтира: цунна гинарг ткъа шо хьалхалера Арван яра, башха, исбаьхьа, цхьаннах тера йоцу, Iуьйранна гIаьттинчу дашочу малхаца, буьзначу даточу баттаца хазалла къийсина хьоме Арван. Ваха кхийтира, шен бIаьрахьалха хIоьттинарг Арвана сих даьлла са дуй, ткъа иза шен нана санна Маьлха-Аьзнех тера ца хилча ца йолий. Иза дехьа новкъа а ваьлла шен машен тIе вахана, цу чу а хиъна, газ тIеелла, гена велира Арван ехачу цIенонна, урамна. Ца кхоош тIеелира машенан масаллин газ, кхин кетIа, ураме цавархьама, цунна генавала, цуьнан башха амат шен даг чоь хьул а дина, жимчохьлера Арванан хаза амат кхаба ша дуьнен чохь мел веха. 20 шо хьалха санна даима а и къона, шен дог къовзочу хенахь ма-хиллара йолу Арван даг чохь латто.

Вайнах №7-8, 2015

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх