Давдиев Амин

Ахьмад-Хьаьжех лаьцна

Сий хуьлда турпалхойн

Масане хала де деара вайна,
Балано 1ийжадеш декъаза дегнаш.
Ткъа хьанна моьттура девр ду и лайна,
Доьрзур ду дахаран
муо гома к1аьгнаш?!
Халонаш т1еэца доьналла оьшу,
Ткъа иза ца хуьлу къонахчехь бен.
Къийсамехь къонаха толаме кхочу,
Дика к1ант волу-кха дикачу ден.
Тхьамдалла нохчашка
дукха ца кхаьчна,
Хьакъвоцчу паччахьна
ма тайла г1ант.
Махкана са дала вели ши баьчча:
Кадыров Ахьмад а, Ахьмадан к1ант!
Бакъболу къонахий беркате хили,
Моттарг1аш лелийнарш т1епаза байн.
Ахьмадах, Рамзанах турпала илли
Нохчийчохь декар ду, мел деха вай!
Мостаг1чух Ахьмад цкъа оза ца лора,
Халкъаца тешаме, догц1ена вара;
Хинйолчу кханенан ойла цо йора,
Массо а х1уман т1ехь собар а дара.
Машарца боцуриг толам ца гора,
Динаца йоцуриг яцара марзо…
Бакъ новкъа воьдуче дуссура г1ора,
Букъа т1е кхевддинчохь отура харцо…
Къонахчехь ямартло цкъа а ца тайна,
Эзарнаш шераша гайтина и.
Дай боцу тхамданаш ца оьшу вайна,
Халкъана цара цхьа пайда ца бин.
Юьхь1аьржа ца х1оттор
ша Деле доьхуш,
Махкана д1аделла турпала дог,
Кхин сийлахь лакхалла,
бахам ца лоьхуш,
Ахьмада баьккхина х1ора а ког.
Дерриге шеен дахар халкъана делла,
Ленйоцчу сийлалле кхачавеш ша,
Дуьнено «эшалун воцуриг» аьлла,
Декъала ма хили Ахьмад-Хьаьжа!
Жима а, воккха а къеста ца вора,
Тайпанаш, тукхамаш ца дуьйцура;
Тешаме къонаха геннара гора,
Милла а хьаша цо т1еоьцура.
Цу Делан 1илманца кхетам кхиийна,
Элчанаш, устазаш лийрина цо.
Халкъана хьалхара са ца кхоийна,
Замано йойур яц Ахьмадан ц1е.
Хинйолчу т1аьхьенна седанал сирла
Хьалхахьа д1адаха схьабилли некъ!
Нуре деш х1ора а дог1у де керла,
Рамзана схьаийци дех дисна дукъ!
Х1ун хир ду дуьненахь
турпалхойл сийлахь?!
Муьлхачу диканца бустур бу уьш?
Бакъ ма ду: вайн махкахь
къонахий кхиахь,
Зударийн б1аьргеха 1енар дац хиш.
Сий хуьлда
Кадыров Ахьмадан ц1енна!
Сий хуьлда и винчу турпалчу ненан!
Бакъволчу нохчичун Ахьмадан ден а!
Массо а заманахь сий хуьлда церан!
Ехийла Нохчийчоь къонахойн сийнна
Нийсонах, ийманах ца йолуш гал!
Диканна г1иттадеш адамаш денна,
Машаро екхийна сийна стигал!

Къонахчун беркат

Эххара Нохчийчохь кхийти-кха малх,
Махкана пебетта бахьана гац.
Къахьега карабо хьанала болх,
Мискалло г1елвина цхьа да а вац.

Г1енаха ца гина ирс карий вайна,
Д1ах1оьтти вайн Даймохк
туьйранахь санна.
Дахаран ерриге аг1о ю тайна,
Ехийла хьо токхе массо а ханна!

Берриге вайн Даймохк ирсаха кхели –
И беркат Кадыров Ахьмадах дели!
Адамаш, белаш кху ни1матан хама,
Халкъалахь барт –
машар хилийтархьама!

Вайнах №5-6, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх