Давдиев Амин. Ирча сурт х1инца а б1аьргашна хьалха…

ДавдиевДийцар

Вен кхел ян шиъ валий г1аларчу беша,
Адам схьагуллуш ду сакъераделла.
Нийсонах кху арахь цхьа а ца веша -
Хуьлучух гIушлакхехь малх а цецбаьлла.

Бехк хилар,цахилар хьеха а ца до,
Коьртаниг – къизаллих дог Iабор ду.
Адамийн яххьаш тIехь къинхетам ца го:
Уьш хIора цIий гаре сатесна ву.

Дерриге а дахарехь хуьлушдерг тIаьхье йоцуш а, лар ца юьсуш а, ша-шех хуьлуш дац – хIоранна ша лоьхург бен ца карадо. Ирс а хIоранан а шен-шен ду: цхьаболчеран – серлонехь, вукхеран – бодашлахь, кхечеран – яьржинчу Iоврийн уьшалшкахь, пхьидийн санна. Серлонехь ирс лоьхурш ялсамане йоьгIначийн кегий тобанаш хила тарло. Бодашлахь там лоьхучара дуьненах эхарт духку – беттаса кхеттачу буса уьш хьакхарчийн суьрта бовлу, вовшийн ца бовзийта а, эхь-ийманах цIанбала а. Ткъа бакъдолчу ирсан з1аьнарш малхо дуьненчу кхарстоза дукха шераш ду: вуьрх1итталг1ачу шарахь октябран бода беъчахьана…

… Хала дара царлахь да верг, нана ерг, йиша, ваша, зуда, нус вовшах къасто – церан лелар а, дахар а йилбазан хелхарх тера ду. Ткъа уьшалшкахь дуьненан марзо лоьху цхьана а хIуманна маьIне доцчу адамех терачу IиндагIаша, амма чохь са а долуш, синош сутара а долчу, дуьненна а, эхартана а юккъера башхалла ца йовззал хьекъална зIаьIап а болуш, дика-вонах а, вон-диканах къастон хьесап а доцчу, лачкъийначун а, хьарам лехначун бен чам а ца хууш, оьздаллех а, ийманах а, цIаналлех а бен кхардам а боцчу – къизаллин а, харцонан а кхерчахь бен наб ца кхеташ долу деса IиндагIаш ду уьш…
Юха а дерриге Iалам а кхолош, Iаьржа мох белира дуьненчу, ах б1е шо массазза долу болуш болу. Оцу мохо массо адам а вовшех эдира. Цара керла дин кхоьллира, моттаргIанах Дела а веш. Цара вовшийн даа а дууш, бакъо а, маршо а хестайора. Къизаллехь уггаре а лакхене кхаьчнарг, массарал а сийлахь лорура. Ца хаьара кху къоме доьссинарг хIун дин ду а, хIун гIиллакх, я хIун Iадат ду а. Селхана малх санна адамашна серло луш ваьхнарг, тахана цу къоман мостагIа лорура. Хьалха цханна гина а, буьйцуш хезна боцу нах кху махкахь динан а, рицкъанан а, хьолан а дай хилира. Цара боьха ву аьлларг нажжас вара, цара магийнарг малик а, бакъволу къонаха а, Делан бIаьхо а вара. Дайн гIиллакхаш: хьаша-да ларар, гIийлачун терго яр, воккхачуьнга ладогIар, жимачух къахетар, вовшашца маслаIате а, къинхетаме а хилар, божарий а, зударий а эвхьазлонах ларбалар, луларчу къаьмнашца машар лехар (мел дукха дара уьш оьздачу гIиллакхо кхиийнарш а, лардинарш а) – уьш дерриге а, гIан хилла, дIадайра. Хетарехь, уьш дIадайра кхин цкъа а цу къомана герга а ца дахка, хIунда аьлча цара дерриге а шайн къоман гIиллакхан а, доьналлин а, бусалба динан цIаналла а, лакхенаш а юьхкира мостагIаша шайна мехаза дитинчу герзах – Калашниковн автоматах. Герз карахь долчо воккханиг а чийхавора, гIорасизверг вохка а вухкура, нийсо кхайкхийначун корта а боккхура. Дин муха лело деза а герз лелочара дуьйцура, пачхьалкх муха кхолла еза а, рицкъа муха декъа деза цара дуьйцура…

Хьекъале хила вай, къинхетаме хила вай, адамаллин суьрта дерза вай аьллачунна цара «кIайн къиг» олий, хье тIе мухIар тухура. ТIаккха вовшашлахь къийса а къуьйсуш, шегий-шегий хьакхийта бохуш, арсаш а хьоькхуш, церан кортош дохура, урс хьокхуш куьг дегийначух бийла а буьйлуш, «хьажахьа, цкъа а уьстагIанна урс ца хьаькхна-те цо» бохуш.

***

КIуьра юккъехь дIаоьхура коьртан хьеш дассаделлачу нехан дахар. Цхьаннан а ницкъ кхочур бацара уьш цу юкъара сехьабаха. Мискачу нехан арзаш хезаш Iедал а дацара, Iедал мичахь ду хууш стаг а вацара. ЦIаро вагийча а, вийча а Iаьржачу кIуьро мисарболато санна юха а озавой шена тIевалавора милла а, кху къомах хьо хилчахьана. Кху махкана массанхьа а тIе кIурз биллинера: аренаш а, лаьмнийн даккъаш а, диттийн баххьаш а Iаьржачу дIаьвшан томгIанах дуьзнера. Йиттина, дIаоьллина бедар а, кхийолу хIума а цхьа ши сахьт далале кIарула Iаьржа хуьлура. Кхузахь вехаш волчу массо стеган кийра боьллачу кIуьро церан дегнашна т1ехь а кIурз лацабалийтира. Цундела денна адамашна юккъехь хьаьгIнаш дебаш лаьттара. ТIаккха массо а ярташкахь дIабуьйлабелира тайпанийн гуламаш. Церан го буьзча, некъийн гарашка делира гIуллакх. ТIаьххьара шийтта стагах лаьтташ йолу Баьпкан-некъе йисира. Уьш а цхьана малх кхеттачу дийнахь, Аьрзун гу тIехь гул а белла, Нохчийчоь ах шайн хила еза аьлла, дIасабевлира…

Сийсара са хиллалц конденсатан яй кхехкош наб яза волу Борза, ялгIучохь дакъийна жижиг кхорзуш воллу. Наггахь когаш тIехь Iа а ца лой, кIедачу дивана тIе охьалахло шена тIерачу мехкадаьттийн йоьккаша бехйинчу бедаршца. Цуьнан набаро хьаьшначу лере арара схьа аз деара: «Борза. Во Борза!» Араваьллачу Борзин бIаьрг кхийтира да воцчу жIаьлин санна дуьйлина мочхал а долуш, Iаьржачу кхакхийн охкаеллачу барголашна кIелхьара схьахьуьйсучу къаьрзинчу Iаббазан, даиманна а санна, мецачу шина бIаьргах.
– Ассалам Iалейкум! – делира Iаббазан багара, юха а цхьаъ ала воллучуха гIаьттинчохь йисира цуьнан дуса кегдинчу ахкаргах тера яьржина бат.
– ВаIалейкум салом! – мелла цец а волуш, салам схьа а эцна: – Са а тасале хьо лаа вуй? – хаьттира набаро гIелвинчу Борзас.
– Лаа ву, кхин ца хиллал лаа ву. Хьо Талор-гIала вогIий?
– Лаа воьдий вайша? Керла хIума-м ца хила цигахь?
– Тахана Iуьйранна диъ долуш хабар кхаьчна, Талор-гIаларчу нийсонан майданахь шина зудчунний, шина стаганий тоьпаш тухуш ю аьлла. Хьо вагIахь, валал чехка. Пхи минот тоьар юй хьуна т1е х1ума юха? Хьастах а хьо лелла а ца ваьлла, царна тоьпаш тоьхна евлчий а бен дIа ца кхечира вайша.
– ХIинцца кхерзина даьлла цхьа ялгIу жижиг ма дара пеша тIехь… селхана делкъал тIехьа бен кхачанах кхетна а ма вац со.
– Ас а ца тоьхна-кх вайша малх бузуш дIасакъаьстинчул тIаьхьа юучу хIуманах бат. ХIинца хIума кхоллуш хьелахь, юха а тешнабехк хир бу-кх вайшинна. Цул а, ваьшшинна тоьларг а дей, новкъа вала вайшиъ. Цигара ваьлча, митинге а вахана, цхьацца жижиган кад бассор бу-кх, – дехаре дийкира Iаббазан гIоргIа аз.
– Дика ду. Ахьа хьайн машен хьалалатае, ас сихха х1ума т1е а юьйхина, цIенна догIа туху…

Исс а далале Талор-гIаларчу тоьпаш тухучу нийсонан майдана дIакхечира ломара веана ши къонаха. ХIокху тайпанарчу меттигах дуьненан бахам а дIалун берш шийлачу Iуьйренах чIогIа самукъадаьлла хьуьйсура дуьнене. Цара хастам бора кху махкарчу хьолана а, и хьелаш де-дийно алсамдохуш къа хьоьгуш болчарна а. Церан ши пIелг биллал долу доца хьеш тешна дара кху мехкан бакъонах а, маршонах а, шайн кханенан зовкъечу ирсах а…
ХIинца а майдана схьабалоза бара тоьпаш тоха кечбинарш. Оцу майданан йий а маьIиг масийтталгIа го бина дIалаьцнера кхузахь хила кечдинчуьнга хьовса баьхкинчу наха. Массо а, бетах мотт а хьоькхуш, ирвелла лаьттара. ХIорш кхоьрург цхьаъ дара – тоьпаш тохар кханенга я кхечу дийне таттар. Нахана юкъахь, халла когаш тIехь лаьтташ, бIе шарал хьалабевлларш а бара. Цара шайн дагахь доIанаш дора, хIара сурт галлац мукъане а Деле шайн Iожалла юхатохар доьхуш…

Декабрь бутт чекхбала масех де бен ца дисинера. Латта, даьIахк санна, шелоно чIагIдинера. ГIалин геннарчу даккъашкахь наггахь лайн кIайдарг хааялар бен, цхьанхьа а сецна гуш ло дацара. Iуьйранна нилха кхийса доьлла лайн чимаш, хIинца дорцан кIуьре доьрзуш лаьттара, хьоькхучу мохо лаьттахь совца ца дуьтура уьш. ЦIеххьана мох дикка лах а луш, даккхийрачу чилланан хьесашка зерзира луьста ло. Тамашийна хIума дара Iаламо лелориг: йоццачу хена чохь масех бос хийцира цо. Наггахь Iаьржачу мархийн дорца юкъара гучу а эккхаш, малхах тера йолу цхьа серло дуьненчуьра къайлаяла хьаьддера, хетарехь, тахана кху майданахь хиндолчун теш хила а, цуьнга хьажа а сатесна яцара иза.
Малхбалехьарчу гIишлон кевнах а ваьккхина, тIехиттийна герзаш а долуш, гоьна юкъа бехира хIара адам тахана вовшахкхетарна бехкенаш. Гонахара адамийн могIарш, хьагделла хине хьаьдда жа санна, майданна юккъе лестира. ГIора алсам дерш, хьалхахь болу гIийланаш хьеша а хьоьшуш, шайн лерг-бIаьрг Iаборе герга гIертара тоьпаш тоха балочарна. Уьш тIулган пен санна дIачIагIбелира хьалхарчу гоьнехь. Биснарш когийн буьхьигашна тIе а хIуьттуш, къамкъаргаш ях а йина, гаттонехь кепа кхийтира…

Собарх а, къинхетамах а яссаелла яра гIалин майда. Шаьш Далла белхих даьхкича санна шовкъехь а, цхьане а хIуманна мало йоцуш а чекхдаьккхира мулкалмовтан гIоьнчаша шайн декхарш. Дукхахболчу могIарерачу хьовсархоша церан даржах а, церан корматаллих а хьаьгна, ганза я хазаза дисинарг лоьхуш, дIа баха ца луш, юх-юха а гоьнаш туьйсура…
МаьркIажа хан буьйсане йоьрзуш, арахь бода а Iаржлуш лаьттара. ХIинца а кхузара дIабахаза пхи-ялх жIуга яра латийначу цIерашна гонах а хевшина, кхузахь буьйса яккха севцина. Цара дийцарехь, уьш генара баьхкинера. Кхана юха а балор болуш бу тоьпаш тоха нах бохуш, суьйранна даьржинчу хабаро дIабаха даго а ца битина, шаьш кхана тIаьхьа а ца дуьсуш кхуза ца кхачахь а аьлла, тховса кху арахь буьйса яккха барт хиллера церан. Нахана тоьпаш тоьхначу тIулган пенна гергахьа летайора цара цIераш, хIунда аьлча хьоркане кхочуш тахана диллина ло цIарула цIен Iуьллура кхарна гергахь, шена тIера керлачу цIийн хьожа мохан тулгIено цхьа башха, хIорш бахош, кхеран мере а кхоьхьуш…

1999 ш.

Вайнах, №12, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх