Дакаев Са1идбек

Со волчохь гуллур ду вай…

Доттаг1ий, накъостий, тховса
Со волччохь гуллур ду вай.
Сан вуоне, дикане хьовза
Шу хилар-м синхьаам бай.

Кхачош бу, жимбелла бийца,
Вайн хенан хенара нах.
Мел дукха хир ду вайн дийца,
Марзонийн хадабеш мах…

Д1о рег1ах дашо ц1е туьйсуш,
Д1абуза, чубуьйли малх.
Замано вайн денош 1уьйшуш,
Текхайо дахаран чалх.

Ойланийн сатийсам муьйлуш,
Садетта сингаттамо. –
Къасторан херонаш юьйлуш,
Гатлуш бу вайн чкъурган гуо…

Доттаг1ий, накъостий, тховса
Со волччохь гуллур ду вай.
Сан вуоне, дикане хьовза
Шу хилар-м сан марзо яй!

***

Дуьне хоьхкуш,
Шераш лоьхкуш,
Зама уьдур ю.
Вайца кхиънарш,
Вайна лиънарш
Хьега дуьсур ду…

Вайн сакхачош,
Вай д1акхачош,
Некъаш хедар ду.
Вай д1ахьулдеш,
Баьрзнаш гулдеш,
Латта 1ебар ду.

Дахар дулу
Мерзаш хаьдда,
Мукъам лекъар бу.
Ког ма-боллу
Едда, хьаьдда,
Зама-м кхерстар ю.

Со лаьмнийн хьошалг1а воьду…

Жималлехь ладег1ар дезна,
Сирла аз т1евоьхуш хезна,
Бераллин некъан лар тоьдуш,
Со лаьмнийн хьошалг1а воьду.

Салаьцна синмаршо яьтт1а,
Ойланийн сингаттам хаьдда,
Ца 1ебаш 1аламан чомах,
Де-буьйса доккхур ду ломахь.

Со цигахь гу-лекхчу ваьлла,
Кхерстина б1аьрг серлабаьлла,
Лаьттар ву лаьмнашка хьоьжуш,
1аламан йозанаш доьшуш.

Г1оттур ду беттаса куьйса,
Ломах шен дато берг туьйсуш.
Жовхарийн серлонаш йогу
Седарчий хьуьйсур ду соьга.

Малхо шен з1аьнарех туьйсуш,
Лалийна, кхачор ю буьйса.
1уьйре шен де арадаккха,
Кечъелла г1отур ю т1аккха.

Лег1инчу тог1ешка ваьлла,
Б1аьрг кхарстош самалхадаьлла,
Лелар ву г1а-бецах буьйлу
Х1аваан мерза чам муьйлуш.

Шовдано детешца 1енош,
Дуьйцур ду сан мерза г1енаш. –
Дуьйцур ду безамах лезна
Дог муха детталуш хезна.

Хьаннашка, даккъашка вуьйлуш,
1аламан хазалла муьйлуш,
Букъ сетта ирхонаш тоьдуш,
Со лаьмнийн хьошалг1а воьду.

***

Кху кешнийн йийсаре
Кхин цкъа а
Барз бижи лаьттан:
Сан хенан нийсарой
Кхачийна,
Д1абовлуш лаьтта.

Ас т1е-к1ел йоьттина,
Ойланийн
Лаамех йоьг1на,
Сан дашо г1аланаш-м
Херцаш ю,
Сатийсам боьхна…

Молла-м ву, аз-г1ийла,
За1аман
Йозанаш доьшуш.
Сан раг1 а, цкъа шийла
Катоха
Сан б1аьра хьоьжу…

Язъелла ойланаш…

Шелоно лоькхучу дарцо
Саийзош, шен узам бора.
Де эшна йисинчу барзо
Ойланийн к1ур кегабора:

Къоналлаин хьогалло мелла,
Хуьйдина дег1ера г1ора.
Хуттургийн т1ум кхачаелла,
Текхалац язъелла голаш.

Катоха, кирчина б1аьргаш
1ийдалуш, хье-к1орге эгна. –
Кхолламан йозанийн хьаьркаш
Тилийна, замано аьгна.

Матта к1ел лаца дац рицкъа:
Кийрара мацалла къекъа.
Ижуна кхарста бац ницкъ а:
Хирцина де доцу некъаш.

Хир тоьдуш, хардангех ег1на,
К1омсарийн ираллаш иэгна.
Йиш йоцчохь бекхамо лехна,
Д1адоьху къиношлахь хьегнарш.

Юьйлина 1алашо хьежарх,
Герзашка ца лецаелларг,
Къурд аьлла, къарбелла иэшам,
Лаьтташ ю дег1 лацаделла.

Буьйсанан боданах туьйсуш,
Арено шийла мох лоькху. –
Цуо берзан ойлане кхуьйсуш,
Са1уьйду сингаттам боькъу.

Т1аьххьара гу лекхчу яьлла,
Шийлачу дорцах пебетташ,
Къахьделла лаамийн аьлларг,
Цуо гонах г1ийла б1аьрг бетта…

Т1егуллол, вежарий

Т1егуллол, вежарий,
Шорбе вай марзонан гуо,
Буьйсанчохь яхьара
К1ентий, вай цадезначо.

Илланча, озийна,
Пондаран мерз булуш ву. –
Цхьа башха мукъамаш
Цуо вайна хозуьйтур бу.

Дуй санна ч1аг1дина,
Х1оранна дагах латош,
Аз озош, г1оттур ду
Къонахийн болатан дош.

Дуьйцур ду цо вайна
Муха дов, 1алашдо сий.
Даймехкан маршонах
Синош луш, 1енийна ц1ий.

Дуьйцур ду, даш хилла
Язъелча безаман чов,
Даго и цадаьлла,
Садетташ, мел хала лов.

Иэхь муха тиллина
Коьртана, божийча куй.
К1арлаг1ийн борза т1е
Тийсина не1алтан туй.

Хьовсийша, лаьмнаш ду
Иллешка сатесна 1аш.
Човхабай, къахкабе
Ял йоцу сингаттамаш.

Вайна ма девзийла
Вовшашна къахьделла вуо.
Илланча, ахь тхуна
Ладог1а мукъамаш луо.

Т1ехилал, вежарий,
Шорбай вай марзонан гуо. –
Буьйсанчохь яхьара,
К1ентий, вай цадезначо…

Генахь ца болу т1ом…

Лерехь г1ов ца къекъарх,
Т1еман хьу еттало гена:
Чекхтуьлий сан некхах,
Чевнаш йо цуо деган пенах.

Дийшина зуламаш
Меттара г1овттадой, лоькхуш,
Цуо дуьне 1ададой,
Серлонан садагош, хоьхку.

Чехадеш, кхерадо
Цуо берийн набаран г1енаш.
Ийзадеш, хедадо
Дахаран ц1ий лела пхенаш.

Нур къага ца буьтуш
Хьулбина, малх лоьцу чета.
Бехказа ца буьтуш,
Садаларг мисканех лета.

Д1овш кхетта, цхьа 1аьржа
Талу ду гулдинарг кийра.
Б1аьрг боьллуш, садаьржа
1уьйренаш ю цунна хийра.

1аламан куц кхобу,
Юьхь-сибат керчадеш ц1ийла,
Елхаеш, цуо кходу
Б1аьстенан хазалла сийна.

Цуо дагах кадетташ,
Са-меда дахар ду 1уьйшург.
Моз ма дац – алх етта,
Талу ду багара кхуьйсург.

Саготта хьовзадой,
Кийрара мохь-орца 1анош,
Балина товжайой,
Елхайо цуо г1ийла нана.

Т1екхочехь бац олий,
Т1ом суна-м ца баьлла гена:
Сан некхах чекхболий,
Чевнаш йо цо деган пенах.

Х1ора цуо даьхьна са
Ойланийн корашка х1уьттуш,
Тезетан белхарца
Ас т1еман эрчонаш луьтту…

Х1орда йисттехь…

Айавелла, гена б1аьрса кхуьйсуш,
Со кху х1ордан берда йисттехь лаьтта,
Лахахь, к1айчу
шурин чопеш туьйсуш,
Сийна дуьне кхехка, собар хаьдда.

Дийнахь сарралц тийна,
хьаьъна 1ийна,
Х1ордан аре марсаюьйлуш, терса.
1алам 1адош, ирча г1ов дадийна,
Тулг1еш, леташ, вовшийн марахьерча.

Т1улгийн пенах
шуьйра накхош бетташ,
Уьш, ма-хуьллу, берд чухарцо г1ерта.
Берд, садетташ, бог1абелла лаьттах,
Къонах санна, собар сецош, лаьтта.

Ма ала…

Ма ала, дозалла до –
Дозалла – Даймохк бу сан.
Кура ву, ма ала со,
Куралла – лаьмнаш ду сан.

Ма ала, къе-миска ву, –
Ас цунна са ца гатдо.
Дайх дисна г1иллакхаш ду, –
Цара сох хьолада во…

Ма ала, йиш-ваша дац. –
Тешаме накъостий бу.
Ма ала, бийца бух бац,
Со нохчийн орамах ву…

***

Сан лерехь, аз доцу
Цхьа мукъам лекхало
Генара. –
Де-буьйса харц доцуш,
Иза-м бу ханна сан
Хенара.
Шерийн юкъ йиллинарш
Гулдина, г1енашка
Кхалхадой,
Цуо лерехь биллина
Сауьйзу сингаттам
Балхабо.
Цуо шеца д1акхоьхьуш,
Даьгначу туьйранех
Хьегавеш,
Оланех кхийзалуш,
Хьагъелла марзонаш
Кегайо…

Сий ца карадо…

Базарашкахь
Йохка-эцарш лелош,
Адамаша-м
Цхьацца мехаш бо.
Амма цигахь,
Дийнахь сарралц лехарх,
Духкуш, оьцуш,
Сий ца карадо.

Д1а ца духкуш
Кху дуьненан мехах,
Долчо иза
Шена кхоадо.
Х1у т1е тасарх,
Сий ца долу хесахь
Иза сица,
Ц1ийца кхиадо…

Хьешан декхар…

Вай хьаша т1елоцу
Вазвина, сий лакхадоккхий,
Ца хилча йиш йоцург
Тарлой, и баьрчехьа воккху.

Х1оттабо, ца къийзош,
Комаьрша кечбина кхача.
Юкъ йоьхкий, са кхийда
Хьеша-ден ламе кхача.

Амма, цхьа декхар ду
Хьешан а, ларам бан дезаш:
Ша баьрче ваьккхича,
Коьшкала вала-м ца веза.

Шовкъ йоьхна…

Дазделла сан хелхар, –
Дац х1инца тохара санна.
Шовкъ йоьхна кху белхан. –
Хьо хир ду, моттара хьанна?..

Когаша, т1едоьг1на
Тишделла дег1 лоьцу халла,
Хено шен катоьхна,
Лазийна хелхаран бал а. –

Ловзаран гуонехь цкъа
Ткъес санна, каде ког лелла,
Воккха стаг тийна 1а,
Ойланийн сингаттам мелла.

Уьш х1инца, замано
Хан хьаьшна, гучара девлла,
Ког-каде хелхар цуо
Шен берийн берашка делла…

1уьйре самаяьлча…

Анайисташ белшах туьйсуш,
Маьлхан ц1аро з1аьнарш йотту.
Текхна яьлла тийна буьйса,
Самаяьлла, 1уьйре г1отту.

Х1аваъ бецан цинцаш муьйлуш,
Зезагашца ловзадуьйлу.
Олхазарша т1емаш туьйсуш,
Стиглан сийна аре луьйсу.

Шена-шена лакхе къуьйсуш,
Лаьмнийн баххьаш гуонах хьуьйсу.
Серладолий, шовда керчаш,
Шабарш кхуьйсуш, т1улгех хьерча.

Шуьйра яржош, т1амарш хецна,
Дуьне мел ду б1аьрса тесна,
Маьлхан 1уьйре долаяьлла,
1алам кхарста арадаьлла!

Юхахьоьжу…

Замано
«Схьавола» – бохуш,
Лергах луьста
Мехий дохуш,
1ехавелла,
Тилавелла,
Дала лур ду
Моттаделла,
Ас бералла
Къоналлийца,
Ас къоналла
Къоьжаллийца
Къийсинера, –
Хийцинера. –
Кханенаша
Туьйсинера. –
Хилларг х1инца
Хилла даьлла, –
Суна боьг1на
Кхаж бу баьлларг. –
Эрна ду сан
Кхийсавалар,
Юхаверза тийсавалар…
Сатийсамийн
Хьагам хилла,
Даг т1е хьоьрсуш
Шийла чилла.
Хено хьаьшна,
Ойла къоьжа.
Г1ийла гена
Юхахьоьжу…

Ойланийн сингаттам…

Г1айг1ано ойланех туьйсуш,
Сан коча сингаттам кхуьйсу:
Дезалац аьхкенан йовхо,
Йис хьаьхна, гуьйрено човхош.

Лар лаца, кхийзалуш, текха
Кхолламо дийцина некъаш. –
Лаамийн орамаш хедош,
Маьрк1ажехь кхачало денош. –

Я1зарийн хуттургаш лоьцуш,
Кадетташ, цхьацца схьаоьцуш,
Цхьа цуьрриг кхоам ца хеташ,
Дахаро кхуьйсу уьш чета.

Дахар-м дай 1емина говза,
Туьйранийн таронех ловза.
Куьг хьокхий, дог курадоккхий,
Хийла дег1 цуо хьерадоккху…

Дай иза-м цамоттал говза,
Сих юлу сиркхонаш йовза,
Шалхонца шен б1аьрахьежахь,
Кийчча 1аш хотталахь хьеша…

***

Хьаьстина, куьг хьакхарх,
Шен сонта амал ца хуьйцуш,
Лергаша мох лоьцуш
К1амдина, са акха кхуьйсуш,
Шех олург ца тайна,
Севсинчу мерах шок етташ,
Мохь-ц1ог1а 1ахийна,
Вир йоьду къухашла, едда. –
Шен долаяьллачу
Ц1арна и цахиларх реза,
Вирах, вир ца аьлла,
Кхин муха, – х1ун ала деза?..
Бакъ ду-кха, ца хаьа,
И мила, мичара хилла-м,
Цхьаъ ваьлла хир ву-кха,
Говзанча, ц1е йог1ург тилла…

***

Ладуг1уш ву хьоьга,
Дийца ахь,
Ма-луъу дийца.
Ца воллу марзбелла
Акха мотт
Хьоьгара баккха. –
Хьажахьа,
Цхьажимма хийца. –
Даима цхьа мукъам
К1ордабо
Сс хьерадаккхал…
Дийцахьа, ладег1ар
Ду суна
Хьекъале хетарг,
Мотт эрна лебина,
Ца къуьйсуш,
Са-аьрта кхетам…

1енира…

Безаман балхамца
Дехаре х1иттавеш,
Ловзаван,
Ял йоцу лай вина.
Луурийн кхиэла к1ел
Хьовзаван,
Безаман бу – аьлла,
Ахь суна къаьхьа кад
Боьттира.–
Суна бен хуур дац,
Къурд бича сан даге
Х1оьттинарг…

Дакъаза ма даларг. –
Суна-м и моз хир ду
Моьттара.
Д1овш хилла кечдина,
Ахь дагна чам баккха
Доьттинарг.
Безамах тешийна,
Ахь соьга къурд байта
Лерина.
Кад боьхна, аталуш,
Дагт1ера хаьрцина,
1енира…

Вайнах №7, электронная версия.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх