29.05.2015

Дакаев Са1идбек. Юьхь цагучу геналлера… Поэма.

Дакаев СаидбекБ1аьра хьожий
Хотту соьга хийла:
«Маса шо ду,–
Хьан мел хан ю?» – олий
Са ца 1ебаш
Шерийн къурдаш мийларх,
Зама-м йоьду
Ког ма-боллу, йолий.

Суна хаац
Сан мел хан ю ала.
Дукха хан-м ю
Кху дуьнент1е ваьлла.
Х1етахь дуьйна,
Шерийн хьесап лара,
Юьхь ца гойтуш,
Сан некъ генабаьлла.

Теш вац дийна,
Хаьий? – аьлла хатта,
Стигла кхийда
Лекха лаьмнаш дацахь.–
Царна-м хуур
Дара иза атта,
Хетарш доцуш,
Ша ма-дарра дийца.

Сан хетарехь
Дато х1ур т1ебуьллуш,
Коьртан чкъурах
Боьлла хьаса, х1ора,
Сан дахаран
Шерийн метта буьллуш,
Замано сан
Хенан хьесап лору…

Хаац, маца
Дуьйна йог1аелла,
Сан некъан лар
Кхузахь муха сецна-м.
Х1окху махке
Марзо лацаелла,
Со ву кхузахь
Синан орам теснарг.

Т1ехь ц1е язлуш
«Нохчо ву хьо» – аьлла,
Аг1о хорцуш,
Делладелла тептар.
Хьаам хилла,
Ойла парг1атъяьла,
Синан маршо
Кхузахь дагах кхетта.

Хи ма-х1утту,
Куьйган канахь эцна,
Ломан ц1онгех
Дуьйлу шовда мелла,
Х1аваъ лоькху
Аьзнаш лерехь сецна,
Ойла хьаош,
Сан садекъаделла.

Ас мукъамца,
Ломан белшах туьйсуш,
Маьрша аьрзу
Кхузахь хелхадаьхна.
1а ма йоллу,
Матта т1ера кхуьйсуш,
Нохчийн маттахь,
«Нохчо ву со!» – баьхна.

Саб1арздина,
Акха уг1арш лоьцуш,
Мохо идош,
Суна герга кхехьна.
«Х1ун бах?» – ала,
Кхойкху хезе йоцуш,
Ломан хьехах
Воьлла зама яьхьна.

Куьйса къожах,
Баржош, бинчу меттахь,
Вуьжуш, г1оттуш,
Ас буьйсанаш яьхна. –
Бода башош,
Маьлхан чиркхо летта,
Сан беснеш т1ехь
З1аьнарш серла яьхна.

Ломан некхах
Когийн айраш туьйсуш,
Гора-бертал
Еха ирхеш яьхна.
Халонашна
Дуьхьал т1амарш кхуьйсуш,
Со кху мехкан
Верас хилла ваьхна.

Хене вала
Акха хьаннаш толлуш,
Акхарошца
Къуьйсуш ижу лехна.
Г1айракх-т1улган
Ч1аг1о гуонах юьллуш.
Ас дуьххьара
Кхузахь 1ойла йоьг1на.

Дехьа-сехьа
Вийла гечо доккхуш,
Тача дижош,
Лела некъаш даьхна
Лаьттах летта,
Куллан боьлак йоккхуш,
Хьаннаш юккъехь
Аха ирзош даьхна.

Орам тоьдуш
Лаьттан, чкъурах боккхуш,
Алхаш йийшош,
Ба1ал берталтоьхна
Луьйдиг  тилош,
Кенах ч1анабоккхуш,
Кхоам бина,
Ялтин буьртиг боьг1на.

Даь1нех даьжна,
Куьйган кховраш цоьстуш,
Мокхаз-т1улгех
Боккхуш, суй къадийна.
Попан хиэнаш
Товхин бага тоьттуш,
Кхерчаш бага
Алунаш латийна.

Куьйго карчош
Можа сацкъар хьийна
Ц1ергахь йоттуш
Йина кхийра пхьег1аш.
Ас дийг1ина
Бошмийн дитташ кхиъна,
Хьано муьйлуш
Х1окху лаьттан дег1ах.

З1аьнарш туьйсуш,
Лаьмнийн баххьаш лоьцуш,
Кхузахь маьлхан
Беснеш сирла летта.
Стиглан корех,
Седарчашка хьоьжуш,
Дег1 дижийна
1ийна бецан меттахь.

Ницкъ ца кхоош
Маьлхан к1уьрехь ваьцна,
Букъ башийна,
Дег1ан хьацарш даьхна.
Хьаставелла,
Куьйгийн канаш лаьцна,
Ас до1ийца
Делан дика дехна.

Х1окху мехкан,
Доьналлийца йог1у,
Айпе йоцу
Амалш дагчу эгна.
Ас Органан
Бердийн чхараш огуш,
Т1аьхьалонна
Билгалонаш тегна.

Гена, герга
Махкал аракхоьхьуш,
Уьйрех туьйсуш,
Гергарлонаш лехна.
Дег1ан, синан
Оьздангалла оьхьуш,
Юкъ ца йостуш,
Къовлавелла ваьхна.

Лула-кулахь
Дош дашера даьлла,
Собар, тоьттуш,
Ца тийсина юьстах.
Б1аьргийн сирла
Хьежар б1анг1ардаьлла,
Даго ойла
Ца 1ийшина муьста.

Сан х1усамехь
Не1арш еллаелла,
Дог ца кхоош
Хьешан лерам баьхна.
Даа, мала
Хьанал рицкъа делла,
Цуьнан некъан
Хьашташ хьалхадаьхна.

Ойланашна
Коча лаам туьйсуш,
Са ца диъна
Воцург вала г1ерташ.
Ч1аг1аллийна,
Шалха бердаш дуцуш,
Къийлина ас
Дайн г1иллакхийн керташ.

Ненан шурин
Чомах санна воьлла,
Х1окху лаьттан
Хьена накха биъна.
Къахьлур йоцу
Марзо дагах йоьлла,
Со кху махкахь
Онда ваьлла, кхиъна.

Сутардаьлла,
Ара б1аьрг ца кхийдаш,
Гатте йоцуш
Со кху махка хоьъна.
Шерет дина,
Доккха дуьне доькъуш,
Доладаьлларг,
Кхачо хилла тоьъна.

Теркан йистойн
Ареш сенъеш долу,
Х1ора бецан
Хелиг кхоам хетта.
Кхузахь 1алам
Куьцехь серладолий,
Дуьне доьллуш,
Деган пенах летта.

Сирчу динахь,
Мохо верта луьйсуш,
Ас идийна
Лаьмнаш, шера ареш.
Б1аьстено кху
Мехкан духар хуьйцуш,
Тергалдина
Бецан сийна дареш.

Замано со
Оццул генавоккхуш,
Харцо хьажарх,
Берзош букъ ца тоьхна…
Ямарт хилла,
Безам херабоккхуш,
Адам-дена
Тешнабехк ца оьхьна.

Дуьне, 1алам
Тоьшаллина лоцуш,
Ч1аг1о йина ас:
«Нохчо ву», – аьлла.
Дуьне духуш
Доха таро йоцуш,
Иза аьлла,
Къовладелла даьлла.

Мокхаз хилла
Амал яхчаелла,
Ас лаьмнашца
Эзар-бала лайна.
Синош кхуллуш,
Доьг1на, Дала делларг
Къобалдина,
Магош 1ийна сайна.

Доттаг1аллин
Уьйрех марзо эцна,
Лацаелла,
Дагна мекха йоцуш.
Дагчу доьжна
Къовладелла, сецна
Делах тешар,
Доха амал доцуш.

Т1е-к1ел йохуш,
Чучча-дашах юцуш,
Г1алин г1ишлош
Ца х1иттийна маттах.
Озавелла,
Юхавалар доцуш,
Кийча хилла
Орца кхойкхехь г1атта.

Синтем байна,
Г1уьтту ойла луьйсуш,
Безамах дог
Даьгна тийна, таь1на.
Т1улгех туьйсу,
Шабарш лере кхуьйсуш,
З1аьнарш лийчош,
Сирла шовда хьаьъна.

Шерийн борзан
Когашкара дуьйна,
Х1окху дийнан
Баьрче кхачо г1ерташ,
Со юьхь лаьцна,
Замано идийна,
Цкъацкъа хьоьстуш,
Цкъацкъа дера терсаш.

Сан нохчалла
Дуьнен т1ера яйа,
Со цавезнарш
Лаам хьаьгна лелла.
Ц1ийнан, мехкан
Бакъо йоцу лай а,
Чорхе тийсарх,
Сох ца тегавелла.

Юхатеттарх,
Легаш лаца кхийдаш,
Ас, цаваьлла,
Коча лецна девнаш.
Мукъам боьхна
Айпе «ах1» – ца 1уьйдуш,
Текхаелла
Кегий яккхий чевнаш.

Сан майралла,
К1иллочуьнца къийса
Б1о ца булуш,
Девнах юха яьлла.
Кхоам боцуш,
Эрна юьстахкхийса,
Дош ца лелла
Матта боьххье даьлла.

Сан мокхазан
Суйнах яьлла мажар,
Мостаг1чунна
Дега юккъе кхетта.
Пхьалг1ахь динчу
Г1орда-туьран к1ажа,
Аг1о боьллуш,
Дег1ан дилхах летта.

Ас къонахий
Кхиийна кху лаьттахь,
Ц1ераш тохкуш,
Дуьне мел ду бовза. –
Мокхаз хилла
Дуьхьалонаш х1иттарх,
Синош делла,
Мехкан маршо къовса.

Суо да волчу
Х1окху лаьмнийн мехкан
Сий ца дожош,
Со эзарза велла:
Дагах йоьлла,
Кхуьнан марзо кхехкаш,
Со х1оразза
Юха ден а велла.

Доцурш дуьйцуш,
Сан сий ц1армат даккха,
Шалха меттийн
Аларш, бахарш лелла.
Деган чкъуьйриг
Екъаелла эккхал,
Т1ехь цадог1урш
Коча охкаделла.

Ц1ий д1амала
Аьрта з1акарш туьйсуш,
Ямартлонаш
Лелла гона хевлла.
Х1ара лаьттан
Коржам соьца къуьйсуш,
Екха синош
Хьаам байна лелла.

Б1аьрса мелла
Дуьне хьулдан лоьцуш,
1аьржа кирхьа
Б1аьргаш дуьхьал иэхьна.
Цергах 1оттал
Карахь рицкъа доцуш,
Тоьттуш 1уьттуш
Пана махка кхехьна.

Лахьтин кийра
Берзо таро йоцуш,
Сан ц1ийх бара
Эрна арахь эгнарш.
Дорцан ткъевнехь
Т1ехь я когахь доцуш,
Ас сайн къоман
Ирча вуонаш хьегна.

Гена, герга
Кхийдаш талла воьлча,
Дукха ду уьш
Еха раьг1наш йоттал.
Х1инцца, масех
Мог1а буьзна баьлча
Къовлур ду сайн
Дийцар чаккхе х1оттош.

Хьан мел хан ю? –
Аьлла хаьттинчунна
Жоп ду х1ара дийцар
Кхачо хиллал.
Орамера
Нохчо велахь, цунна
Шех ца вогуш
Дега юккъе диллал.

Хьанна хаьа,
Х1оккхул, оццул – аьлла
Ас листинчу
Шерийн хьесап лара.
Йист цагучу
Геналлера ваьлла,
Кхаьчна-м ву со
Кху дахаран ара…

Вайнах №1-2, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх