03.03.2016

Дакаев Са1идбек. Къонахчух дош

Дакаев Са1идбек222                Поэма

Халонаш, харцонаш дуьхьалах1иттарх, стогаллех, доьналлех цавухуш, халкъо, махко «къонах»   аьлла тиллина сийлахь ц1е лелош шен дахарх чекхваьллачу, нохчийн г1араваьллачу поэтана, яздархочунна –
Мамакаев Мохьмадана лерина язйо ас x1apa поэма.

И данне дацара
Набаран г1енахь –
Сурта т1ехь ма-вара
Юьхь-дуьхьал гора,
Куьг кхоччехь варийи-м,
Вацара генахь
Соьгахьа вирзина
Букъ тоьхна корах.

Велахь а, вацахь а
«И…» – ву-кха, аьлла,
Со цуьнга хьаьжжинчохь
Висира воьхна.
Со веха лаьттира
Не1арехь сецна,
Вист хила ца х1уттуш
Лаьтта б1аьрг боьг1на.

Поп санна, онда дег1
Г1антара г1аттош,
Цуо соьга вист хуьлуш
Кхайкхира герга.
– Дийцалахь ц1е муха
Лелайо? – хоттуш,
Ц1андина куьзганаш
Доьхкира б1аьргех…

Соьгахьа б1аьрг тесна,
Ц1е йоккхуш т1аккха.
«Мичара, мила ву?» –
Хаьттира соьга.
Цаваьлла кийрара
Масех дош доккхуш,
Жоп дала дийзира
Эхь хетта вогуш.

И вар-кха ас вовза
Сатуьйсуш хилларг,
Куьг кхоччехь, Теболтан
Лам санна, лаьтташ.
Харцонех дазделла
Дукъ белшт1ехь 1илларх,
Ницкъ тоьънарг, цавужуш
Доьналлехь латта.

Цуо хьалха яржийна
Йийшира т1аккха,
Ас вовшах тийсина
Эг1аза байташ.
Церан мах хадийра
Цабог1уш, боккха,
Ойланаш хьаийна,
Даге къурд байта.

Ца г1ерта дош екха,
Сайн байташ йийца
Къонахех тарвина
Суо цаьрца вийца.
Ас боху, дошала
Вацахь а говза,
Дуьненан ирс дар-кха
Къонахий бовзар…

И вар-кха къонахийн
Maг1ape х1иттош,
Ц1е йоккхуш вийцинарг,
Вуьйцуш верг наха.
Даима нахалахь
Юьхь к1айчу х1уьттуш,
Лела дош дитинарг
Шел т1аьхьа даха.

Куьг делла: «Сан жима
Доттаг1а, – аьлла, –
Со а ву сайн ц1арах
Довха дош хезнарг…»
И сунна дицделла
Гена цадаьлла,
Леладо ас иза
Дагах д1атесна.

Къонахчо деллачу
Куьйгера яьлла,
Йовхо ю х1инца а
Сан куьйгах юьйлуш.
Дуьненан мах болу
Ирсан кхаж баьлла,
Со 1ийна воккхавеш,
Дог кура дуьйлуш.

Халкъана, махкана
Сагатдеш лезна,
Довха дог г1иттадеш
Турпалчу кийрахь
Генара мохь тоьхна,
Аьлла дош хезна,
Лаьмнаш а цецдевлла,
Ладоьг1уш 1ийра.

Шелоно шакарца
Кадетта шийла,
Tlexдоцчу къиношна
Базбелла бала,
Генарчу Даймахке
Сатуьйсуш хийла,
Лайна цуо, цатуьгуш
Кочара бала.

Цул т1аьхьа д1адевлларш
К1ажошца хьоьшуш,
Хан-зама д1айоьду
Берг тесна, гена
Т1улгаш т1е хьаьрк тесна
Йозанаш доьшуш,
Кхета уьш цахилар
Дицдаллал къена.

Ехачу ирхенийн
Белшех катуьйсуш,
Халонех дуьйцина
Некъаш ду деха.
Ца къарлуш, 1ожаллин
Кхийсаршца къуьйсуш,
Даьккхина доьналла
Даима деха.

Органо къонахийн
Ойланаш луьттуш,
Буьрсачу тулг1енийн
К1айн чопеш кхуьйсу.
Куьйсачу кхерашт1е
Йозанаш х1уьттуш,
Т1улгаша шайн маттахь
Къонахий буьйцу…

Генарчу заманан
Йохалла муьйлуш,
Т1улгаш т1е лар тесна
Язделла хьаьркаш
Гулдина т1улгашца
Къамеле вуьйлуш,
Цунна вайн дайн амалш
Карийна цаьрца.

Хьаннашка, даккъашка
Буьрса г1ов тесна,
И чуьйна йоккха-топ
Ца хеза юьйлуш.
Махкана, къомана
Сагатдеш лезна,
Къонахчуьн кийрара
Дилха дог къуьйлуш.

Юкъех ка шаьлтане
Ца кхийда дада,
И пенах кхозуш ю
Меттах ца йолуш ,
Леста-яц и дег1ан
Меженаш кхада,
Кхин цуьнга цхьаммо а
«Стаг ве», – цаолу…

Генара деана
Сан корах летта,
Мас-1аьржа ч1ег1ардиг,
Цхьаъ дуьйцуш, дека.
Бос-хаза олхазар
Тоьар ду, кхетта,
Хууш ду безамо
Цабойтий бегаш.

Ч1ег1ардиг, ма-дара
Ахь дийцахьара,
И вовза аьтту хьан
Мичара баьлла?
Кост эцна, хьо хьажош
Даймехкан ара,
Х1ун дара, хьоьга цуо
Таьххьара аьлларг ?..

Накъостий, г1овтталаш,
Ма 1елаш ховший!
Къонахийн сийлара,
Когашт1е х1итта!
Вай бертахь дехийла,
Дезийла вовшийн,
Ког тийса, харцонаш
Дуьхьал ца х1уьттуш.

Даймахко хьакъвина
Геланча хилла,
Къонахчо деана
Даймехкан косташ
Мегар дац, – боху цуо
Лар некъах тилла,
Дог доккуш, адамийн
Даг т1ера восса.

Даймахко хьакъвина
Цуо вайга боху.
Биц ма бе ненан мотт,
Г1иллакхаш къоман,
Юьхь1аьржа х1иттавеш,
Уьш хьеша вог1ург,
Лаьтта т1ехь цаьрга хан
Яккхийта чомахь.

Серлонан садогуш,
Седанах летта
Юьхь цагуш деха ду
Къонахийн дахар –
Царех дош гулдина
Вай т1ек1ел детташ,
Дийцаро кхачадац
Мел гена даларх.

Вайгара схьаэцна,
Т1аьхьено кхана,
Замане дуьйцур ду
Къонахех лаьцна.
Къонахий кхачабахь
Дуьне ду цхьана,
Дола дан, да воцуш,
Духу хан кхаьчна…

Доттаг1ий, накъостий,
Ма 1елаш ховший!
Дег1 нисдеш г1овтталаш
Къонах т1евог1уш!
Вай даъал, сил дукха
Дезийла вовшийн,
Юккъешха безаман
Херо ца йолуш…
Вайнах №1-2, 2016.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх