Дакаев Са1идбек

Дакаев Са1идбек222Диц ма делахь

Дагахь а дацар-кха

Дагахь а дацар-кха,
Оццул сатуьйсур ду аьлла,
Чам кхетта валале,
Сихъелла яханчу хене.
Кхоьллинчу г1енашка
Йирзина, гучуьра яьлла,
Йиси-кха цунах цхьа
Яханчу заманан гене.
Дехаре ваьлла, ас,
Хьесталуш, дийцина аьлла,
Б1аьцашца т1екхайкхарх,
Яг1ац и жимма а герга.
Эрна дерг – эрна ду,
И генахь гучуьра яьлла.
Цуо, т1аьхьа мохь беттарх,
Ца уьху дуьхьиг а лерган..

Д1акхачаво…

Лозуш берг цхьа п1елган
Буьхьиг бен бацахь а,
Дерриге куьйгана
Цуо тоам бо.
Кхоссалуш, лач теснарг
Цхьа г1улч бен яцахь а,
Цуо дег1ан боларан
Шовкъ талхайо.
Дуьненахь йоккху хан
Мел еха елахь а,
Замано, д1акхоллий,
И качайо.
Болатан лам таттал
Ницкъ болуш велахь а,
Цуо, марахьарчавой,
Д1акхачаво…

Доттаг1чуьнга

Сан доттаг1а,
Даго дош ца къуьйлуш,
Тешам ч1аг1бели,
Биъна вайша дуй.
Даг чу боьжна,
Хьуна серлабуьйлуш,
Марсабуьйлу
Доттаг1аллин суй.
Дукхавезна,
Доза доцуш хаьдда,
Хьан марзонехь
Зовкхе яхьна хан.
Вог1уш вайча,
Воьлуш, дуьхьалхьаьдда,
Лиъна, ваьржаш,
Марахьарча хьан.
Хьох пебетташ,
Деган боьра хиъна,
Шалха къайле
Ца хьулъелла сан.
Хьан сингаттам,
Къаьхьа 1уьйшуш, биъна,
Мерза диъна
Хазахетар хьан.
Хьаьдда йоьду
Зама, ойла 1адош.
Тешам байна,
Цуьнга хьуьйсу вай.
Де мел дели,
Цхьацца хьаса хадош,
Ийзадо цо
Дахар тегна тай…
Вайн жималла,
Дагагх барташ дохуш,
Гергакхийдаш,
Дуьхьалъеттало.
Сатийсамийн
Г1енаш карладохуш,
Вог1у бохуш,
Хийла ларво хьо.

Де д1адели

Де д1адели,
Сирник санна, даьгна,
Серло ешна,
Кхийдош маьрк1аже.
Ойла охкуш,
Даг т1е х1уьтту к1аьгнаш:
Де д1адели,
Б1аьрса кхачош шен.
Долайоккхуш
Ирсах йоьг1на г1ала,
Цхьаъ т1еийци
Хазахетаро.
Важа – пекъар –
Ц1ийнах-ц1арах вала
Араваьккхи
Къацахетаро.
Цхьаъ дуьнен т1е
Вели цхьаннан метта.
Важа – х1инца
Вара… Х1инца вац.
Велавелла,
Вовшийн маракхетта,
Шимма яьсти
Дегнийн г1ура – вас.
Де д1адели,
Маьлхан серло ешна,
Бода керчош,
Къайладели и,
Хазахетарш,
Халахетарш лезна,
Лаьтта юхадоьрзур
Доцуш кхин…

Диц ма делахь…

Некъан юкъ юста йиш йоцуш,
Стиглара седа бу генахь.
Седане 1алашо лоьцуш,
Мел дог1у де кхачаделахь.
Тарлуш дац т1екхача алий,
Шеконех тешна, ма 1елахь.
Дег1 малдеш, партал а валий,
Хан-зама эрна ма елахь.
Хьан дайнарг, ахь хьегнарг лоруш,
Седане кхочур ву т1аккха,
Паналлин г1ушлакхе волуш,
Кураллех дог херадаккха.
Ницкъ кхаьчна, 1аьршашка ваьлча,
Лахенаш ма хета атта.
Хьайн цигахь самалхадаьлча,
Йиц ма е хазалла лаьттан.
Диц ма де: ца хиъча лела,
Лакхара, ког шерший, вужу.
Т1ебазлой дуьненан белам,
Сий, доьлхуш, доркъана дужу…

Яхъяла т1ег1ерта буьйса…

Хууш ду, хала буй
Цамгаро базбина бала:
Г1елделла б1аьргийн нур
Т1елаца ма дац-кха атта
Садетташ къийлинарш
Йолана лорийла Дала,
Де шарал деха ду
Шен дег1е ладег1а меттахь.

Аз дайна шийла «ах1»,
Ов дуг1ий, дагах чекхдуьйлуш,
Ладоьг1у, ницкъ боцуш,
Кхолламан лаамал тола.
Дависарг, йиш хилча-м,
Г1о доцу лазарш т1еэцна,
Д1ахаьрцар вар-кха со
Цу метта, т1ам-меже хецна.

Корех чукхийдачу
Маьлхан нур беснеш т1ехь лоьцуш,
Атта дац зазашлахь
Йолучу б1аьстенах хьега;
Сатийсарх, дуьненан
Марзонах бала чам боцуш,
Дахаран серлонах
Ойланийн йоманаш тега.

Сан долахь делар-кха
Туьйранехь дийцина дарба,
Метта мел доьжна дег1
Дуьненан серлоне даккха;
Цамгаро де хьаьшна,
Саттийна сингаттам къарбеш,
Мел г1уьтту сатийсам
Дахаран г1овг1ане баккха.

Юха а, меллаша
Ладоьг1уш, т1ешерша герга,
Набаран тем боцуш,
Яхъяла йоьссина буьйса.
Дитт хьаькхна тур санна,
Ирйина багара цергаш,
Сахиллалц, ца 1ебаш,
Эг1азчу меженех тийса.

***

Тховса, б1аьрга п1елгаш 1уьттуш,
Синтем хьийза, карзахбаьлла.
Сан г1енашна дуьхьалх1уьттуш,
Наб а яйна, ц1ераяьлла.

Малхбалера серло хедош,
Басах боьхна бода уьду.
Анайистехь сирник летош,
Бага г1ерта маьлхан къуьда.

Буьйсанан шеен 1одика еш,
Къилбаседа къайлабели.
Сан ойланийн пусар ца деш,
Байташ тховса дуьхьалъевли.

Хьешан декхар…

Вай хьаша т1елоцу
Вазвина, сий лакхадоккхий,
Ца хилча йиш йоцург
Тарлой, и баьрчехьа воккху.

Х1оттабо, ца къийзош,
Комаьрша кечбина кхача.
Юкъ йоьхкий, са кхийда
Хьеша-ден лааме кхача.

Амма, цхьа декхар ду
Хьешан а, ларамбан дезаш:
Ша баьрче ваьккхича,
Коьшкала вала-м ца веза.

Аьрзунан дозалла

Аьрзуно, 1аьршашка яьлла,
Кхерстабо хелхаран т1ам.
Х1аваэхь самалхадаьлла,
Мазбелла дахаран чам.

Даймехкан машаран мерзаш
Лекхалуш, сакъерало.
Кхерамо, маьхьарца терсаш,
Олхазарш ца къехкадо.

Марш баьтт1а маршо ю царна,
Мацалла, хьогалла яц
Марцаран хьожанца ц1арна
Г1уьтту к1ур х1аваэхь бац.

Малх боьлу дахарна летта,
Серлонах б1аьрг 1ийдалуш.
Х1аваан сийналлех лета
Кхоьлина марха яц гуш.

Ладег1а шеконаш йоцуш,
Мал дог1у де хийцало
Х1аваан тулг1енаш лоьцуш,
Аьрзуно т1ам кхерстабо…

Шовкъ йоьхна…

Дазделла сан хелхар, –
Дац х1инца тохара санна.
Шовкъ йоьхна кху белхан. –
Хьо хир ду моттара хьанна?..

Когаша т1едоьг1на
Тишделла дег1 лоьцу халла,
Хено шеен катоьхна,
Лазийна хелхаран бал а. –

Ловзаран гуонехь цкъа,
Ткъес санна, каде ког лелла,
Воккха стаг тийна 1а,
Ойланийн сингаттам мела.

Уьш х1инца, замано
Хан хьаьшна, гучуьра девлла,
Ког-каде хелхар цуо
Шен берийн берашка делла…

***

Хаттар до вай:
«Мичара ву,
Хьенан ву?
Тайпа-тукхам
Муьлха хилла?
Ваьлла бух?»
Жоп ду цунна:

Адам делахь,
Адам ду.
Адам дацахь,
Акха кхиъна
Экха ду…

Вайнах №4 печатная версия, №12 электронная версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх