Дакаев Са1идбек

Дакаев СаидбекШа-шена х1оттош ду чурт…

Де кхаьчнарг, кховдавой,
Лахьтичу д1аверзаво,
Са нисбеш товжабой,
Кошан т1ехь лаьттан барз бо.

Коьртехьа х1оттабой,
Г1айракхан т1улг буг1у вай. –
И пхьеро аьгна т1улг-м
Еккъа цхьа билгало яй.

Дахаро д1ахьажош,
Малийча т1аьххьара къурд,
Ша-шена х1оттош ду
Хила ма-деззара чурт…

***

Дахаро шен муьрехь
Ойланаш йойту:
Цадевзарш довзуьйту,
Цагинарш гойту,
Цалезнарш лозуьйту,
Даге ов детташ,
Ца хезнарш, хозуьйту,
Лере мохь бетташ.
Ма-луъу, ма-хетта
Ловзавой, т1аккха,
Эххара, к1ордавой,
Гучуьра воккху…

Ши марг1ал

Сенделла ши марг1ал
Г1а лестош, дег1а т1елетта,
Куьйса дитт лаьттара,
Боккхачу некъана юьстах. –
Эсала хьоьстура
Х1авао, ховха 1аь етташ.
Диттана гуо бина,
Баьццара бай бара луьста.

Хьаьжна б1аьрг т1ебоьжна,
Со цунна вахара герга.
Куьг кхоччехь, цхьа аг1о
Гуш бара к1урз тесна, баьгна.
Цуо эрчо лайнера
Т1ом марсабуьйлучу ц1ергахь:
Дег1 дара герзаша
Кадетташ, моьнашца аьгна.

Хаац-кха, цуьнгара
Цатайнарг даьллера хьанна,
Оццул т1екховдийна
Къизалла кхолламе йилла.
Лаьттина дарий и-м
Х1оккхузахь массо а ханна,
Воьдучуьн, вог1учуьн
Тешаме тховк1ело хилла.

И соьца лаьттара
Турпала дег1 ч1анадаьлла.–
Лаьттара тийналлехь
Мотт боцу дагара дуьйцуш.
Со-м 1ийра, диттах дай
Куьг хьоькхуш, дог лазадаьлла,
Моьнаша тийсалуш,
Яьржина кераюкъ лоьцуш.

Диттан г1ад лаьттара,
Дендала дахаре кхийдаш,
Лаьттара садоь1уш,
Боккхачу некъана юьстах,
Шена т1ехь лестадеш
Сенделла ши марг1ал буьйда,
Гуо бина баьржина,
Баьццара бай бара луьста.

Буьйса, хьо чекхъялахьара…

Яхъелла буьйса хьо
Цкъа сихха чекхъялахьара.–
Схьадаллал саб1арзло
Шен мехкан ков-кертал арахь.

Ас х1ун дан дезара
Ц1а верза ц1а дацахьара,
Кху лаьттан хесара
Дайх бисна мохк бацахьара.

Дог хьаош, вистхила
Сайн маттахь дош дацахьара,
Ас х1ун дан дезара
Сайн яккха ц1е яцахьара…

Сатоссуш г1аьттина,
Вер вар-кха
Ц1акхача ара,
Некъ лаца х1оьттина
Буьйса, хьо чекхъялахьара…

Яхъяла т1ег1ерта буьйса…

Хууш ду, хала буй
Цамгаро базбина бала:
Г1елделла б1аьргийн нур
Т1елеца ма дац-кха атта
Садетташ къийлинарш
Йолана лорийла Дала,
Де шарал деха ду
Шен дег1е ладег1а меттахь.

Аз дайна шийла «ах1»
Ов дуг1ий, дагах чекхдуьйлуш,
Ладоьг1у, ницкъ боцуш,
Кхолламан лаамал тола.
Дависарг, йиш хилча-м
Г1о доцу лазарш т1еэцна,
Д1ахаьрцар вар-кха со
Цу метта,т1ам-меже хецна.

Корех чукхийдачу
Маьлхан нур беснешт1ехь лоьцуш,
Атта дац, зазашлахь
Йолучу б1аьстенах хьега;
Сатийсарх, дуьненан
Марзонах бала чам боцуш,
Дахаран серлонах
Ойланийн йоманаш тега.

Сан долахь делар-кха
Туьйранехь дийцина дарба,
Метта мел доьжна дег1
Дуьненан серлоне даккха;
Цамгаро де хьаьшна,
Саттийна сингаттам къарбеш,
Мел г1уьтту сатийсам
Дахаран г1овг1ане баккха.

Юха а меллаша,
Ладоьг1уш, т1ешерша герга,
Набаран тем боцуш,
Яхъяла йоьссина буьйса.
Дитт хьаькхна тур санна,
Ирйина багара цергаш,
Сахиллалц, ца 1ебаш,
Эг1азчу меженех тийса.

Х1илланах хилларг

Буьйса юкъал т1ехтиллинчу хенахь,
Ойла ловзайора цхьогало.
Йогуш серло хаалора генахь
Юьрта б1аьргаш кхерстабора цуо.

Меттахдолу г1аларт къаьстар доцуш,
Тийна буьйса хьаьшна бодано.
Лерган хезехь г1ара, г1овг1а йоцуш,
Юрт яхийна 1уьллу набаро.

Юхур йоцуш, ойла яьлла сецна:
Юм ян еза юьрта йистте, д1о.
Тховса, кхалла бабин котам лаьцна,
Юзо еза екха къекъа чуо.–

Юьрта йистте кхаьчна, доладелла,
К1ара билгалйира цхьогало.
Кхерам лаца лергаш дог1аделла,
К1арин берте дег1 такхийра цуо.

Дагахь доцуш, ка т1екхочехь летта,
Самадаьлча ж1аьлин г1орг1а г1алх,
Горгам хилла к1арин пенах летта,
Егайора гуолаш, дег1ан чарх:

Лалур дац-кха х1оккхул ирча г1ан а,
Сих ца къаьсташ дерзахьара хьо.
Х1инца-м, «тас ду, берталкхеташ, 1аьннарг»
Дадарх дала некъан лар ца го.

Меттахдоккхуш долу-доцу х1илла,
Хьаста беза х1ара ж1аьлин палс.–
Собар дайна, лаьттан кийра дилларг,
Муха 1ехор дара-техьа ас?

– Со-пекъарна доцург коча кхохка,
Дукхадахарг, сих ма лолахь цкъа.
Бехке доцуш дег1ах цергаш йохкахь,
Хьаьрчар ду хьох даккхийчарех къа.–

Месалниг, цкъа ладог1алахь – аьлла,
Хьастаделла, дистхилира и.
Хьаннаш, ареш толлуш
леларх, даьлла,
Дагах кхета накъост ца карий.

Араэккхал, готта кийра боьллуш,
Тховса ч1ог1а б1арзделлера са,
Сатеснера, деган кирхьа доьллуш,
Дуьйцуш, олуш хьоьца жимма 1ан.

Шийла кхерам туьйсу, синтем хьаьъна,
Маьрша дац-кха цхьа а буьйса, де.
Ла ца делла, синан балехь 1аь1нарш,
Кхечира со-м тховса хьуна т1е.

Лан ма-торру, лаьтта соьгах бала:
Саб1арздина барзо хьийзадо.
Сайн доьхначу денна орца ала
Хьох б1обоьлла, деанера со.

– Багахь дуьйцург
шалхо йоцуш хилча,
К1арехьа юх х1унда текхайо? –
Б1аьрган нег1ар тоххалц тешам боцу
Гергарлонаш ас ца леладо.

Кхин ма дийца, мекарлонах кхетта,
Х1инца-м кхоччуш гатлур ду хьан са.–
Аьлла, ж1аьло цхьогална, т1екхетта,
Синпха лоцуш, дуьйг1ира шен ка.

Чохь хьулдина х1илла кхаьбна ц1ока
Ч1анадоккхуш, дилхах къаьстира. –
Кертан хьокхех кхозаделла д1огахь,
Мохан шело лоьцуш, лестира.

Некъ ца тайна, буьйса мерахъяьлла,
Ц1ока хилла, х1илла дуьйхира.
Цхьогало-м кхин хьастаделла, аьлла.
Ж1аьле орца-г1о ца дийхира…

 

Д1аяхьа-м еза…

Гу боцуш, к1аг боцуш,
Шера ца нисло-кха некъаш. –
Уьш бердех тийсалуш,
1аннашка, ирхешка текха.

Цкъа лерехь саийзош,
Б1аьрхишца йочана тиэкъа,
Хелхаран гуо хьийзош,
Цул т1аьхьа, маьлхан де диэкха.

Кхолламан лай хуьлий,
1алашо лаца д1авоьдуш,
Шеконийн тхов туьлий.
Кханено синхьаам тоьду.

Некъана ги тоьхна
Ларча, ца текхаеш еса,
Язъяларх сатоьхна,
Д1акхаччалц д1аяхьа-м еза…

***

Г1елделла дег1 тийжош
Г1овлане,
Тийналло ладоьг1у
Ойлане.
Диллинчу сан коран
Херонах,
Батто нур кхерстадо
Серлонан.

Б1аьргашна тар туьйсуш
Набаро,
Г1енашца кегийра
Забарш йо.
Ойланийн са мере
Кхачадой,
Эххара шен
Марахьарчаво.

***

Аш сан амалш
Товш, ца товш,
Дагна дезнарш,
Лезнарш ловш,
Сан мукъаме
Дирзина,
Ойланашца
Хирцина.

Дешан чаккхе
Лацалуш,
Садагийна
Кхачалуш,
Сан ойланийн
Йозанаш,
Хедар ду шун
Дозанаш…

***

Матто шен эшарехь
Керчадеш говза,
Кийрара хецалой,
Дош долу ловза. –
Иза-м цхьа г1овг1а яй
Лаца т1ам бацахь,
Ойлано литтина,
Ц1андина дацахь…

***

Куьг ца кхочче
Даржехь лакхаваларх,
Х1ара доккха
Дуьне доладаларх,
Б1аьрга эккхал
Ирсан 1аьциг боцу,
Цхьа декъаза
Лай ву Даймохк боцург.

***

Ас кертахь самонна,
Пхьаьрчий ца дихкина,
Къовламна, кевнашна
Г1ораш ца доьхкина,
Бекхамна, ч1ир еха
Мостаг1ий ца баьхна,
Шийлачу шеконех
Садогуш, ца ваьхна.

Сан уьйраш ца хедаш.
Марзонех хьирчина,
Безамах ца 1ебаш,
Ойланаш хирцина.
Сан сих шен са х1уьттуш,
Кхолламан ирс дина,
Со юьстах ца тоьттуш,
Даймахко хьистина!

***

Цхьацца юьстах туьйсуш,
Хенан коча кхуьйсуш,
Цкъацкъа делхош, делош,
Дагардо вай денош.

Г1енах гина доцурш.
Самах дуьхьал лоьцуш.
Ког ма-боллу едда,
Зама-м йоьду хьаьдда.

Хаац, хахкаелла,
Собар кхачаделла,
Эмалк санна, терсаш,
Стенга кхача г1ерта-м…

***

Харцоно цхьаьнге а
Бакъо ца хоьтту. –
Цунна ша даима
Бакълуьйш ю моьтту.
Шегара даьллачух
Харцо ца кхетча-м,
Валар а парза ду,
Харцонах летта…

***

… Иза-м х1умма
Доцург дара,– олий,
Юьстахтоттий,
Цхьадерг дуьту вай.
Цамоьттучохь,
Г1оттий, дуьхьалдолу,
Доккха х1ума-м
Жимчух хуьлуш дай.

***

Марг1ал кхиац
Лаьттах 1иттарх,
Гуо башийна
Хиш т1елиттарх,
Дог1аделла
Лаьтто лаца,
Тасабала
Орам бацахь…

Ас ца боху…

Ас ца боху
Ирс сох къехкаш лелла,
Хьадарх, вадарх
Ца кхачалуш т1е.
Сан кхолламо
Мерза хеташ мелла,
Б1аьргаш боьллу
Х1ора керла де.

Сан юьхьдуьхьал
Маьлхан куьзга хьежна,
Шен некхера
Юьйлу йовхо луш.
Ойланашка
Кхолладелла дешнаш,
Делан 1алам
Деладелла гуш.

Араваьлла,
Некъаш идарх гена,
Ца карийна
Сайчул хаза мохк.
Даладалар хилла
Самах, г1енах,
Даго хьегна
Цуьнан мерза зовкх.

Хазахетарш,
Халахетарш, дагах
Хьекхаделларш –
Сан ирсана ду.
Церан амалш
Цалаелча, стага
Ирсах дезар
Муха оьцур ду?..

Патар даьтт1а.
Дахар доладаьлла,
Кху дуьненахь
Хан яьккхинарг вац.
Кху дуьненах
Наггахь цатам баьлча,
«Ирсах хаьдда» –
Ала мегар дац.

Со бехке ма велаш…

Со бехке ма велаш,
Сан дешнаш г1айг1ане,
Г1ийла ду, алий.
Мел хьестарх,
Тахана цаьргара ца йолу
Къоналлин алу.

Уьш х1инца, дагчу цхьа
Ша санна, шелбина
Сатийсам кхуьйсуш,
Яханчух хьегавеш,
Сихъелла йоьдучу
Сан хене хьуьйсу.

Самукъне шайн амалш
Тахана ца йовззал,
Хийцина цара. –
Хораман къурдашца
Уьш къерла еза-те
Дагна цатарах?..

Дуьсур ду цкъа-м…

Вай вовшех ца къестош,
Х1оранна малх боьлу вайна. –
Х1оранна шен некхах
Яьккхина йовхо ло цуо.
И лаьтта ца хьоьжу,
Вайн амалш, вайн леларш тайна.–
Таро-м ю цуьнгахь, вай
Чим бина, ц1арах даго.

Адамаш, вай ду-кха
Дуьненан шоралла къуьйсуш,
Мел мерза, мел хьена
И даарх ца кхеташ чам.
Ю санна, ирбина
Вовшашна тешнабехк кхуьйсуш,–
Къовлалуш б1аьрг ч1аьг1на,
Дерриге дуьсур ду цкъа-м…

***

Кхолламо куьг лаьцна
Идаварх гена,
Набаран г1енаша-м
Шен махка кхоьхьу;
Доьналлех х1иттина
Лаьмнийн лакхенаш,
Кешнашкахь г1иттина
Дайн чарташ лоьху…

Х1ара-м цхьа дуьне дай…

Х1ара-м цхьа дуьне дай,
Ца 1ебаш, вай муьйлуш дерг.
Гайтийша, каравай,
Г1алатийн къурд база верг.

Чу хьаьжча бух ца гуш,
К1орга ду дахаран 1ин…
Йиъ г1ортор йоллушехь,
Нацкъара кхоссало дин…

Ойлано 1ехавой,
Долуьйту наггахь цатерг.
Х1ара-м цхьа дуьне дай,
Вайна шен чам марзбеш дерг.

Хууш я ца хууш,
Г1алат а дожаза 1ац.
Адамаш стиглара
Диссина маликаш дац.

Ша-шегахь лечкъадарх,
Гучуьра-м ца дуьйлу уьш,
Дог огуш, леткъаме,
Садуу цара ца туьйш.

Муо боцуш, кегъелла
Меженаш хитталуш яц.
Дилхалахь к1аргъяларх,
Уьш сина ца хьег1аш 1ац…

Шен хеннахь ца човхохь,
Вайн синойх, амалех уьйш,
Г1алаташ-м лелар ду,
Адамийн сиркхонаш зуьйш…

Дац техьа хьааме…

Даима ас кхера 1емина,
Лерг дуьллий, ладоьг1у леррина:
Дац те-хьа цхьажимма хьааме,
Дуьйцурш деш г1ирсаша хаамийн?..

Кхи мичахь, г1аьттинчу бохамо
Дахаран таронаш йохайо;
Мичахь, малх хьулбина мархаша
Стигланаш елхайо б1аьрхишца?

Герзаша 1аьржа д1овш доьттина,
Дуьненан шоралла гатйина.
Жа санна лаьхкина, лелхадеш,
Адамаш кхи мичахь делхадо?

Кхи мичахь, мехкаша бегабеш,
Масачу мехаша кегаеш,
Г1аланаш, х1усамаш херцайо,
Чим бина, шайн марахьерчайо?

Кхи мичахь, къизалло кхоьссина,
Лаьттат1е доьхна де доьссина?
Цхьажимма, сан деган лааме
Хьовсийша, керланаш хаамийн…

Шелоно 1аь етта…

Сан лерехь сагатдеш,
Шийла шок ц1ийзаеш,
Мох кхерста х1аваэхь,
К1айн бамбеш ловзадеш.

Суьйрено дацделла
Де маракъевлина,
Маьрк1ажехь, мацъелла
Д1акхалла, кхоьлина.

Аренаш яьржина,
Сада1а йийшина.
Басешка хирцина,
Лайн алхаш тийжина.

Шелоно 1аь етташ,
Дорцан къахь кегайо.
Даръелла, кадетташ,
Ши бесни ягайо.

Суьйренан серлонаш
Корашка латийна,
Адамийн г1овг1анаш,
Г1ар яйна, чутийна.

Вайнах №10 электронная версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх