Чехов Антон. Дипломат.

Дийцар

Титулярни советникан зуда Кувылдина Анна Львовна кхелхинера.
– Х1инца х1ун дича бакъахьа хир дара те? – кхеташо ян буьйлира гергарниш а, бевзарш а. – Майрачуьнга хаийта ма деза. Иза цуьнца 1аш ца хиллехь а, амма х1ара кхелхинарг дукхаезаш ма вара. Хьастаг1а иза йолчу веанера, голаш т1ехь цунна хьалха текхаш вара: «Анночка! Цхьана минотна сан ойла кхечунна т1еерзар ахь маца гечдийр ду суна?» – бохуш юх-юха а. Кхидерг а дерриге, шуна хаа лаахь, цу кеппара олура. Хаийта деза…
– Аристарх Иваныч! – т1ейирзира х1инцца йоьлхучуьра сецна зуда гергарчийн кхеташонехь дакъалоцуш волчу Пискаревна. – Хьо Михаил Петровичан доттаг1 ву. Цхьа х1ума дехьа, иза волчу урхалле а г1ой, х1ара бохам хилар цунна д1ахаийтахьа!.. Варийлахь, хьомсарниг, т1е ма-кхаччара д1а ма аьллахь, иза вохарх ларвелахь, хьанна хаьа, цунна а цхьаъ хуьлу. Пекъар. …Цкъа хьалха х1окху хиллачу бохамна жимма кечве, ткъа цул т1аьхьа…

Полковника Пискаревс хураьшка т1етиллира, т1аккха некъийн урхалле вахара, х1инцца зуда д1аяьлларг г1уллакхдеш волчу. Иза шен болх беш 1аш карийра цунна.
– Маршалла ду Михаил Петровиче! – д1адолийра цо, Кувалдинан стоьла юххе охьа а хууш, юьхьа т1ера хьацар д1а а хьоькхуш. – Маршалла, диканиг! Дала къина а ма ларийла, ма чан а ю-кх урамашкахь! Язде ахь, язде… Ас новкъарло йийр яц… Жимма хиъна а 1ийна, т1аккха д1аг1ур ву… Вог1уш ву со, кхетий хьо, кхузашхула т1ехваьлла, т1аккха дагадеа: кхузахь балхахь Миша ма ву! Чуваха веза! Вуьшта аьлча… к1езг-мезг г1уллакх а ду…
– Хаий 1е, Аристарх Петрович… Собарделахь… Сахьтан чийрик  д1адолуш вер ву, т1аккха къамел а дийр ду-кх…
– Язде ахь, язде… Со-м иштта д1а, кхарста араваьллачохь… Ши дош эр ду, т1аккха – д1а а!
Кувалдина къолам охьабиллира, т1аккха ладог1а кечвелира. Полковника шен к1есарк1аг к1амбира, юха кхид1а а дийца волавелира:

– Бурко х1оьттина шун кху чохь, ткъа урамехь еккъа ц1ена ялсамани ю… Малх, мох а бу, иштта… олхазарш… Б1аьсте! Бульвар т1ехула схьавог1у со, иштта цхьа ч1ог1а, кхетий хьо, дог-ойла дика ю!.. Со цхьаннех а возуш стаг вац, зуда елла висина… Сайна цхьанхьа ваха лиин – цига д1а а воьду… Лиин – портерни  чу г1ур ву, лиин – конки т1ехь хьала-охьа хахкалур ву, цхьа а вац со сацо бакъо йолуш, цхьа а вац сан ц1ахь суна т1аьхьа уг1уш… Дац, сан ваша, зуда йоцуш дууш дерг санна, дика дуьне… Парг1ат! Маьрша! Садо1уш ву хьо, айхьа садо1уш дуйла а хаалуш! Х1инцца сайн ц1а г1ур ву, кхин х1умма а дац. Цхьаммо а хоттур дац, мичхьахула лела аьлла… Со суо ву-кх сайн коьртан да… Дукхахболчара, сан ваша, доьзал болуш дуу дуьне хестадо, ткъа суна хетарехь, набахтехьчул а оьшуш хьал ду иштта дахар… Тайп-тайпана бедарш, хьошалг1а эхар… эладиташ, ц1ог1а… юкъакара бог1у хьеший… цхьаъ вукхунна т1аьхьа дуьнен т1е дуьйлу бераш… харжаш… Тпу!

– Со волу хьуна, – элира Кувалдина, къолам схьа а оьцуш. – Йоза чекх а даьккхина, цул т1аьхьа…
– Язде ахь, язде… Дика ду, нагахь ешапах тераниг ца нислахь, ткъа нагахь зударийн коч юьйхина иблис хилахь? Дийнахь сарралц екаш, ц1ийзаш ерг хилахь?.. Дерриге дуьненна а хезаш уг1учу хьоле х1оттор ву! Масала, хьох лаьцна аьлча… Зуда ялоза волчу хенахь адамах тера вара, ткъа х1инца ерг ма-ялийннехь, худавелла д1авели, гуттар а дог-ойла хьашаелла ву… Х1окху ерриге г1алахь нахала ваьккхи… х1усамера аракхоьсси… Х1ун ду ткъа кхузахь жоламениг? Ишттачу зудчух къахета а ца деза…

– Тхойша эг1арна бехке со ву, иза яц, – доккха садаьккхира Кувалдина.
– Сацал, цхьанделхьа! Иза-м йовзара суна. Оьг1азе, шен амалехь, мекара! Цуьнан х1ора а дош д1аьвше ю ю-кха, муьлхха а хьажар – ира урс. Ткъа цуьнгахь, кхелхинчуьнгахь, цхьана а адамах цаяшар мел ч1ог1а дара, и-м дийца а лур дац!
– Кхелхинчуьнгахь бохург х1ун ду? – ши б1аьрг горгбелира Кувалдинан.
– Иштта аьлла хир ма дац ас: кхелхинчуьнгахь? – юхаийцира ша аьлларг Пискаревс, ц1ий а луш. – И ас аллане а аьлла ма дац… Ахь х1ун до, Дала 1алашве хьо… Юьхь-бос а байна х1инца! Хье-хье… Лергашца ладог1а, гайца а ца доьг1уш!
– Хьо тахана Анюта йолчохь хиллий?

– 1уьйрана чувахара… 1уьллуш яра… Ялхошна т1е а чехаш… Д1ораниг иштта ца диний, кхидерггий… Цхьана а майрачуьнга лалур йоцуш зуда ю! Со ца кхета, иза хьуна х1унда еза, Далла хуур ду-кх цунах дерг… Делан г1оьнца, д1ахоьцур вацара-те хьо цо, ирсдоцург… Маршонехь вехар вар-кха хьо, са а къоьрур дара… кхиниг а ялор яра… Х1аъ, х1аъ, кхин ца дуьйцу! Оьг1аз ма эха! Ас-м иштта д1а бохура, баккхийчу нехан 1едалехь… Соьга хаьттича, хьайна ма хетта ваха… Лаьий – еза, лаьий – ма еза, ткъа ас иштта… диканиг лууш… Хьоьца 1аш яц, ахь х1ун леладо хаа ца лаьа… и х1ун зуда ю т1аккха? Хаза яц, эг1аза, амална дера… Цунах къахета х1умма а ма дац… 1ийр яр-кха шена…
– Ма атта дуьйцу-кх ахь, Аристарх Иваныч! – доккха садаьккхира Кувалдина. – Безам – чо бац, сихха бухбаккхалур бац и.

– Еза бахьанаш а ма ду! Хьайх цаяшар доцург, цуьнгара кхин х1ума хьуна гина а ма дац. Суна къинтера валалахь, воккхачу стагана, суна иза б1аьрга ган а ца езара… Иза гича а ца мегара! Цуьнан х1усамна т1ехволуш, сайн б1аьргаш д1ахьаббо ас, сайна иза цагайтархьама… Далла дика хуур ду цунах дерг! Эхарт дика хуьлда цуьнан, гуттаренна парг1ато а, амма… ца езара, и къинош долчу суна!
– Ладог1ахьа, Аристарх Иваныч… – юьхь т1ера бос байра Кувалдинан. – Х1инца ахь шозлаг1а а эли… Кхелхина ткъа иза?

– Мила кхелхина боху ахь? Цхьа а ца велла, амма сан безам бацар-кха цуьнгахь, кхелхинчуьнгахь… Тпу! Кхелхинчуьнгахь аьлча а, цуьнгахь… Хьан Аннушкехь…
– Елла ткъа иза? Аристарх Иваныч, ницкъ ма бехьа суна! Хьо цхьа тамашийна карзахваьлла ма ву, къамелах а вуху… зуда йоцуш дууш долу дуьне а хестадо… Еллий? Х1ан?
– Иштта, елла д1аяьлла! – бур-бур дира Пискаревс, йовхарш а тухуш. – Муха эли ахь, ваша, дерриге а цхьанаметта… Ткъа иза еллехь а! Дерриге а ду-кх вай лийрдолуш, т1аккха иза а ю-кх яла езаш… Хьо а лийр ву, со а…

Кувалдинан б1аьргаш ц1ийбелира, т1аккха б1аьрхих буьзира.
– Маса сахьт долуш? – тийна хаьттира цо.
– Цхьа а сахьт долуш а… Хьо-м ч1е1а ма ваьлла х1инца!
– Аристарх Иваныч, ас… ас доьху хьоьга. Сох къинхетам бай ма 1ехьа!
– Хьоьца-м, ваша, къамелдан а мегар дац, хьо жима бер долуш санна. Ас-м ма ца элира хьоьга, иза д1акхелхина? Ца элирий? Хьо воьхна стенна хьийза? Ваха а г1ой, б1аьрг тоха – дийна ю! Со чувахча, дейише багалееш яра… Цу чохь мозг1ар Матвей ву до1анаш доьшуш, ткъа иза ерриге х1усамаш 1адийна мохь хьоькхуш ю.
– Х1ун до1анаш? Уьш стенна деш ду?

– До1анашший? Иштта д1а… дакъа д1ахьарчорна оьшуш дерш санна. Аьлча а, до1анаш дан а дацара, иштта цхьа х1ума дар-кха… х1умма а дацара.
Аристарх Иваныч къамелах вуьйхира, хьала а г1еттина, корехьа д1а а вирзина, йовхарш етта вуьйлира.
– Йовхарш кхетта суна, ваша… Мичахь шелвелла а хаац.
Кувалдин а хьалаг1еттира, синтемах воьхна, стоьлана гонах хьаьвзира.
– Корта хьовзийна ахь сан, – элира цо, дегочу куьйгашца шен маж а хьееш. – Х1инца кхетта… дерригенах кхетта. Суна-м хаац, стенна оццул дахдина х1ара масла1атдар. Схьа ма-вогг1ура х1унда ца олу? Кхалха ма кхелхина иза?

– Кх-м… Муха эр дара и хьоьга? – белшаш хьала-охьа яхийтира Пискаревс. – Елла аьлча а, иштта д1а… Х1ан, х1инца хьо велха волавели. Дерриге а ма ду вай кхалха дезаш! И цхьаъ хилла ма ца 1а кхалхаезарг, дерриге д1аг1ур ду вай эхарта! Нахана а гуш воьлхучул, до1а дийр ду-кха! Куьйган ишарца ламаз мукъана а де!
Эха минотехь лаьттира Кувалдин аьрта хьажар Пискаревна т1е а доьг1на, т1аккха, цхьа ирча юьхь-бос а байна, г1анта т1е охьа а воьжна, белхар дан х1оьттира. Стоьлашна хьалхара хьалалилхира цуьнан белхан накъостий, цунна г1одан хьаьлхира. Пискаревс к1есарк1аг к1амбира, юьхь кхолийра.

– Беккъа ц1ена бала бу-кх иштта нах, вайн Делора, – г1ам-г1им дира цо, куьйгаш д1аса а тосуш. – Воьлху… ткъа мича бахьанина воьлху, хаттал? Миша, хьо кхетамах-м ца воьхна? Миша! – Кувалдин д1асаветта волавелира. – Цкъа х1инца а елла ма яц и! Иза елла, хьан аьлла хьоьга? Мелхо а, х1инца а дегайовхо ю, ма боху лоьраша. Миша! Х1ай Миша! Ас ма боху – ца елла. Хьуна лаьий, цхьаьна иза йолчу воьду вайшиъ? Д1аерзоран до1анаш чекхдовлале д1акхоч… аьлча а, ас х1ун до? До1анашка аьлча а, делкъана х1ума юучу хенахь., Мишенька! Сох тешахьа, х1инца а дийна ма ю иза! Дала та1зар дойла суна! Ши б1аьрг схьаэккхийла сан! Ца теша хьо? Х1ета иза йолчу воьду вайшиъ… Хьайна луъург эр ду-кх ахь суна, нагахь… И мичара дагадеъна кхунна, со-м ца кхета? Тахана хилла-кх со кхелхинарг йолчохь, кхелхинарг йолчохь аьлча а… тпу!

Полковника куьг ластийра, туй а кхоьссина, урхаллин г1ишлочуьра аравелира. Кхелхинчун х1усам чу а веана, диван т1е охьавуьйжира иза, шен месаш схьалецира шина а куьйга.
– Шаьш г1уо шу иза волчу! – элира цо г1аддайна. – Шаьш кечве аш иза оцу хаамна, ткъа со 1адвиталаш! Лаац суна! Ши дош бен ас цуьнга аьлла а дац… Цхьа к1еззиг д1а ма къаддийнехь, хьовсийша цкъа, цо лелошдерг! Леш воллу-кх! Кхетамчохь а вац! Х1окхул т1аьхьа-м ц1ен деши делча а… Шаьш г1уо шу!..

Оьрсийн маттара гочдинарг Хьалим БУРЧАЕВ

Вайнах, №6, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх