Бурчаев Хьалим

burchaev222Нохчийн литературехь дика евза Бурчаев Хьалиман ц1е. Литература талламхо, критик, поэт, прозаик хиларе терра, цо кхиамца къахьегна тайп-тайпанчу жанрашкахь. 60 шо кхачарца иза даггара декъал а веш, «Вайнах» журналан редакцино дешархойн кхиэле юьллу цо язйина керлачу байтийн цикл.

Сатийсам

Ас хьуна доггаха даьхна
Сан иллеш г1орасиз ду.
Даг чохь ас экама кхаьбна
Сатийсам тем байна бу.

Хьоьгара хабар ца кхочуш
Йоьду хан ма къиза ю!
Дог гуттар кхийда хьо йолчу,
Сагатдеш, цо хьийзаво.

Паналлехь кхерста сан ойла,
Ц1а ерзо ницкъ соьгахь бац.
Маржа-я1, йиш хилча гойла!
Амма вай т1екхочехь дац…

Мацца а вай цхьаьнакхетта
Де даг1ахь, эр дара ас:
«Малх бу хьо сан дагна кхетта!
Хьоьца бен сан ирс хир дац!»

Ца хаьа вай гур ду ала,
Хууш дац х1ун эр ду ахь.
Х1етте а, безаман г1ала
Б1арлаг1ех сайн ютту ас.

Дехар

Нагахь сан бертаза
даьллехь сох г1алат,
Хьо суна оьг1аз ма г1охьа.
Хьоьгара бехк хаза ду суна хала,
Бехказа вала некъ лохьа.

Декъаза куралла суна ю хийра,
Ца лело г1иртина шалхо.
Цундела ду хала дош хаза шийла,
Сан бехк ахь суна схьабалхо.

Суна ца лиънера вайн безам човхо,
Шеконе йойла ахь ойла.
Дагахь ца хиллера хьан дегайовхо,
Сан цхьана дашо шел йойла.

Ас доьху: бертаза даьллехь сох г1алат,
Къинт1ера яккха дош лохьа.
Сан г1алат гечдаза цхьа де а суна
Дахлур ду эзар шарал а.

Цхьана накъосте

Хаалахь: ас цкъа ца бина тамаш
Ахь кура дийцинчух сайга.
Бакъду и – ахь парг1ат
йоккху хьайн зама,
Хиларе терра хьайн шайнаш.

Хестабеш хьайн бахам,
ахь кура дуьйцу,
Хьо ваха хууш ву бохуш.
Хьаналчу дахарца хедда хьан некъаш,
Хьан уггар гергарниг – бохча.

Цкъа мацах къоналлин
сан доттаг1 хилларг,
Сан деган х1ора мерз бевзарг.
Хьан санна дуьненан
дац-кха сан х1илла,
Хьан некъе бац-кха сан безам.

Эвлаяъ со а вац сайн къинош доцуш –
Галвийлла дахаран шовкъехь.
Амма ас къонахчун куьг доггах лоцу.
Воьлу со адамийн зовкхехь.

Ас цкъа а ца лайна стаг стага 1ехор,
Хьаькмашна хьеста ца велла.
Сан дахарх цхьанне а ца хилла 1еха,
Ницкъ болчух кхоьруш ца лелла.

Ткъа зама д1ауьду…
Сирло вайн гиччош…
Хьажал хьо – чаккхе ю кестта.
1ожаллах т1ехвала карош дац гечо.
Кхиавац шен къинош литта.

Шен седа керчича, дуьненахь х1ора а
Вуьгуш ду т1аьххьарчу новкъа.
Кху лаьттан уггар а доккхачу хьолах
Дуьсудерг – марчоно къовлар.

Я ахь а д1ахьур бац лахьти чу бахам,
Цу чохь ахь юг1ур яц г1ала…
Ткъа суна-м тоьар ду, нагахь сох наха:
«Дика стаг вара и…» – алахь.

Маршалла ду хьоьга

Дика мел дерг! Маршалла ду хьоьга!..
Кхузахь-м денош лаьтта йочане.
Хьан корера диттан ирсах хьоьгуш,
К1айн акхтарг ду даим г1айг1ане.

Шарал яхлой йог1у цунна буьйса.
Беттан серло хьулйо мархаша,
Мохо лоькху цуьнан гаьннаш куьйса,
Можа г1аш схьахьоькхуш когашка.

Гена новкъа хьо д1аяхчахьана.
Хала лов цо бала къастаран.
Цхьаьнакхетар дохьуш йог1у кхане
Цо сатуьйсу сихха кхачаре.

Цкъаццкъа, г1еллой
сатийсамца къуьйсий,
Набаран семачу йийсарехь,
Г1енах кхочий, хьан
ц1енна го туьйсий,
Юхадоьрзу синтем бохарехь.

Тхойшингара маршалла ду хьоьга!
Ма хуьлийла де хьан йочане!
Хьан корера диттан ирсах хьоьгуш,
Со акхтаргца лаьтта г1айг1ане…

Сайн даге

Хьо ма осал хилла гучудели-кх, дог,
Ахь-м со хилла воккхур волуш нахала.
Х1унда ахь сан ойла юьгу къоналле?
Нехан йо1 ахь х1унда
кхардайо-те сох.

Цхьанхьа хеза аьхна мукъам пондаран,
Цо хьо дуьгу ойъий кхерста паналлехь.
Дог, ахь собардехьа,
хьо дац кхойкхург цо –
Цу йо1а ирс делла декъалхилларг ву.

Вайша-м дара сонта, езаш куралла…
Х1инца мичахь ю-те мацах езнаерг?
Г1ийла хета х1етахь безна мукъамаш…
Со хьох воьлу тахна, кура лелла дог.

Ахь ма б1арзво-кх, дог сан,
гурахь доьлхуш дерз,
Х1унда хуьлу х1инца ойла йочане..?
Г1арг1улийн жут йоьду
синтем д1ахьош сан.
Мажделла г1аш оьгу,
даг т1е хьоьрсуш йис.

Шераша йорт эцна, вуьгуш къоьжалле.
Дог, ахь со ма гатво-кх,
кхойкхуш къоналле…
Дукха хан ю ас вайн шовда хьастаза.
Цигахь безам бисна ас дог эцаза…

Хьо ма холча х1уьтту,
дог сан, т1аьхь-т1аьха,
Х1инццал-ц вай эгийна
къинош дазделла.
Х1етахь кура хилла,
х1инца – декъаза…
Эх1, ма стешха хилла гучудели-кх!

Вайнах №7-8, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх