Бухадиев Муса. Стихотворени

Паччахь, во1, да, доттаг1

Кадыров Рамзанна,
винчу денна лерина

Тайпа, тукхум нохчийн долуш,
Ворх1ий да хьайн нохчо волуш,
Нохчийчоь хьайн Даймохк болуш,
Ненан мотт синкхача болуш,
Даллий бен хьайн сужуд доцу,
Нохчийн къоман нохчийн паччахь,
Винчу денца, массо хенахь
Дала виэ хьо декъал, сийлахь!
Хьаьжийн-ц1а хьайн къилба долуш,
Бакъ Пайхамар бакъвеш волуш,
Иман, 1илма, Калам долуш,
Вайн устазаш лоьруш волуш,
Даллий бен хьайн сужуд доцу,
Орамера нохчийн къонах,
Тешаме гуо болуш гуонах,
Хьо ларвойла массо вуонах!
Г1иллакх-г1уллакх хьайгахь долуш,
Цу хьайн дешан да а волуш,
Эхь-бехк сица, ц1ийца долуш,
Нохчалла хьайн бахам болуш,
Даллий бен хьайн сужуд доцу,
Нохчийн къоман майра паччахь,
Ахь беш болчу ц1енчу новкъахь,
Хьо вазвойла Дала даржехь!
Комаьршалла хьайгахь йолуш,
Г1ийлачунна накъост волуш,
Собар, тешам хьайца болуш,
Сов къинхетаме а волуш,
Даллий бен хьайн сужуд доцу,
Жимчу къоман турпал къонах,
Турпал къам ду хьуна гуонах,
Вай лардойла Дала вуонах!
Во1, да, ваша, доттаг1 волуш,
Делан дуьхьа деш дерг долуш,
Адам, 1алам лардеш волуш,
Деллачунна хастам болуш,
Даллий бен хьайн сужуд доцу,
Орамера нохчийн паччахь,
Г1енахь, самах, буса, дийнахь,
Дала виэ хьо декъал, сийлахь!
Маьрша сица, ц1енчу ц1ийца,
Эвлаяан мотт берг бийца,
Дала толаве хьо вийца,
Аллах1 воцург вац хьо хийца!
Даллий бен хьайн сужуд доцу,
Оьзда, майра, турпал къонах!
Турпал къам ду хьуна гонах,
Делан совг1ат ду хьо, къонах!

Вайнах, №10, 2014

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх