27.04.2016

Бугаев Ваха. Стихаш

Баьллаш

Хьажахь, баьллаш хилла,
Дуьххьара хьо воцуш.
Маржа я1, хьо х1илла,
Къиза ду-кх зил боцуш!

Туьтеш санна горга,
Ал-з1ен хеташ, 1аьржа.
Мерза йоцуш аьрга,
1аьвшича мутт даьржа.

Иштта туьркаш можа,
Маьлхан з1аьнарх юьзна,
Кийчча охьайожа,
Генаш охьаоьзна.

Арахь аьхкенан тов,
Къегина малх кхетта.
Дитта т1ехь хьозийн дов
Даьлла, вовшах летта.

Хьуна езна баьллаш,
Ахь доггаха йиъна,
Хилла, шортта кхиъна.
Дуьзна диттан гаьннаш.

Гуьйре

Цкъа «т1ох» деш б1ар дужу,
Т1аккха: «ц1ак» – г1а дужу.
Можа кераюккъал,
Бертал кхеташ баккъал.

«Къа-къ» деш къийго йог1ий,
Б1ар хьо, т1ома йолий.
З1акар юккъе лоций,
Пхьор дан дагалоций.

Ткъа акаци сийна,
Лаьтта х1инца тийна.
Ца хуьйцуш шен духар,
Кхийдаш стигла буьхьар.

Г1аш оьгу

Б1ар т1ера г1аш оьгу,
Т1унделла, мажделла.
Арахь мох ца хьоькху.
Стиглахь екхаелла.

Оьгу хаддаза г1аш,
Даккхий кераюккъал.
Ледош санна б1аьрхиш,
Тарлуш адмах баккъал.

Лаьтта дуьйшуш кузах,
Диттан к1ело хазъеш.
Орам ларбан шелах,
Г1уорабарх и ларбеш.

Шайн генех д1ахедаш г1аш,
Х1аваэхь пелдуьйлуш.
Шайн генаш т1ехь ца 1аш,
Оьгу яхье дуьйлуш.

Дерриг ч1анадаьлла,
Т1аьххьара г1а дожжалц.
Г1аларт ду-кха аьлла,
Диттан сурт д1ах1отталц.

Т1аккха махо лоькхуш,
Стигла хьоьжуш лаьтта.
Генаш вовшах хьоькхуш,
Долчух шайн цхьаъ хатта.

Гуш цхьа мерза г1енаш,
Хаза б1аьсте яьлла.
Маьлхан з1аьнарш 1енаш,
Генаш т1ехь г1а даьлла.

Лакхе

Хьо ма лакхаваьлла,
Малх ма къевзина бу.
Хье кхехкочу баьлла,
Лакхахь мехаш а ду.

Сахьт дац охьакхета,
Лакхе кхераме ю –
Ч1ог1а аьрха хета,
Тешам боцуш и ю.

Дала 1алашвойла,
Суна-м вац хьо вевзаш.
Кхид1а аьтто бойла,
Цхьа бохам ца бевзаш.

Стиглан лакхахула,
Цхьа майранаш лела…

Полла

Амма полла… полла боьжна!
Сила дуьне т1едоьжна.

Т1емаш–кузаш д1адаржийна,
Полла 1уьллу баьржина

Бай т1ехула хьодур бац кхин,
Водур вац со лаца и.

Можа полла… можа б1агор,
Эх1, сан коьрте хьаьдда дагар!

Некъайистехь полла 1уьллу,
Сеначу бай т1ехь, хьуьлла.

Х1етахь санна зевне

Х1етахь санна зевне б1аьсте ю-кх,
Басарех, эшарех юьзна.
Х1етахь санна, аьрха бераш ду-кх,
Ловзуш, урамаш а дуьзна.

Сан дог хуьлу, шераш а дицлой,
Мацах санна берех ловза.
Т1аккха лаьтта со хьоьжуш, вицлой,
Сайх тераниг лаьий вовза.

Къаьрззина хьет1абаьлла малх бу,
Йовхо, серло лаьтта 1енош.
Гуттар санна дуьне товш ду,
Чкъургах керчаш, уьдуш денош.

Туьркаш

Туьркан дитта т1ера лаьтта,
Маьлхан овголш оьгу.
«Т1ох» деш лелха уьш цхьа атта,
Лаьттахь х1утту можа оьла.

Можа туьркаш оьгу лаьтта,
Малх а биъна, малхах юьзна.
К1ело яьккхина лаьтта,
Бераш а, уьш йиъна, дуьзна.

«Эх1, хьо беркат я1!» – цкъа олий,
Нана юха чуйоьду.
Боги чохь уьш гульян йолий,
Царех аьхкаш ян ц1а йоьду.

Нигат

Къа-бала ловчу къанойн,
Цкъа дегнаш хьаста лиъна.
Пусарза луьрчу денойн,
Хан яккха охьахиъна.

Эшаре ладоьг1на 1аш,
Цхьамма хьо хьевелча.
Талор дина, ца 1ебаш.
Тешшийтина мостаг1чо.

Вай вовшех къастийра,
Баккъал холчу х1иттош.
Хийла дегнаш делхийра,
Кийрахь оьг1азло г1иттош.

Х1етте мостаг1 эшийра,
Майралла, яхь д1а цалуш.
Ахьмадах халкъ тийшира,
Цуо хьехна некъ нийса гуш.

Шен дена муьт1ахь хилла,
К1анта д1абаьхьи ден некъ.
Ден нигат пачхьалкх йилла,
Хьаьрк ца эшош, даьккхи чекх.

***

Лам т1ехь ло диллина,
Хит1ехь ша ма бина,
Байт1ехь йис йиллина,
Хено со къежвина.

Де, цхьа доца дацлой,
Хийла дуьсу, вицлой,
Буьйса еха яхлой,
Г1енах вулу дицлой.

Генна вухавоьдий,
Со-ма 1а 1ехалой.
Дег1ан са д1адоьдий,
Бакъ долчух векхалой.

Сайн аьхкене кхочий,
Комарш юуш лела.
Бералло куьг лоций,
Сан-м догдог1у вела.

Арахь малх схьакхетий,
1аьмнаш т1ехь шаш къиэга.
Юьхь т1е з1аьнарш кхетий,
Сан г1ан д1адов, хьиэга.

Вайнах №3-4, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх