Болтукаева Зараъ. Ирсе ю со. Стихаш

Ирсе ю со
1уьйранна мерзачу набарха йоккхуш
Цу маьлхан з1аьанарша  юхь-сибат хьоьстуш

Бес-бесар т1едарчий  сан юхь т1е дехкина

Хьаьстина, хазйина тарйи со шех.

Сийначу стигалан басах тардина
Сан б1аьргийн хьежар а шатайпа ду.
Везачу вай Дала Нохчийчохь кхиийна
Со Нохчо хиларна, со ирсе ю.

1илманан къайленаш йовза йиш хиларна

Уьш йовза г1о деш  сан хьехархой хиларна

Ирсе ю мохь туххуш  ала йиш хиларна

Сан Нана, Нохчийчоь, со хьан йо1 ю!

 Нохчийн мотт

Бекалахь нохчийн мотт
Сан къоман аз хилий,
Сингаттам беъначохь
Пондаран мерз хилий!
Сатесча Даймахке
Шовданан ч1уг хилий,
Самукъа даьллачохь
Мехкарийн йиш хилий!

Ламанийн лакхаллехь,
Аренийн сеналлехь,
Нохчийн мотт бекалахь
Зарзаран мукъамехь!

Бусулба дин долчохь
Иманан нур хилий,
Барт боьхна доьзалехь
Машаран т1ай хилий!
Накъосталла эшначохь
Къонахчун дош хилий,
Тешнабехк биначохь
Болатан суй хилий!

Ненан къинхетамехь,
Дас лучу хьехамехь
Бекалахь нохчийн мотт,
Даимна бекалахь!

Нана
Хеназа кхелхинчу
сай нанна, Асетна лерина
Йолахьа г1енаха, сан хьоме Нана,

Хьастахьа эсалчу б1аьргашца со.
Ас хьоьга балхор бара киийрара бала,
Хьайх хьега со юьтуш, д1аяха хьо.

Мел хьоме хета-кха  дагчохь хьан амат,

Ма мерза хила-кха ахь олу дош,
Ма йоца хилла-кха ахь ехна зама,
Т1екхаьчча xlyъа а хилла-кха ловш.

Ахь цкъа а ца дора вониг дан хьехар
Нийсачу новкъа т1е х1иттадеш тхо.
Ахь кхий тхан дагчохь дахаре безам,
Хьох йолу ойланаш кхача ца ло.

Ахь хийла халонаш эшаеш, Нана
Когаш т1е х1иттий тхо къар а ца луш.
Жимачохь хеди-кха хьан дахар, Нана
Ехар ю тхан дагчохь къан а цалуш.

Лазарца дуьненчохь текхначу ханна
До1анца ас Деле хьо йоьхуш ю:
Я Аллах1, елахь ахь ялсманан хьаша
Хьан дикнех тхо даим тешна ма ду!

Вайнах, №11, 2014

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх