Болатаева Разета, Ш.А. Джамбековю. МАХМАЕВ ЖАМАЛДИ – БЕРИЙН ЯЗДАРХО

Махмаев Жамалди нохчийн берийн яздархо а, хьехархо а санна, вевзаш

ву вайн республикехь. Оцу шиннах хьехархочун дарж 50 шарахь сов, лаккха айдина, дIадаьхьна ву иза. Муьлххачу а юкъараллехь уггар лакхарчех, маьIне цIе а ю и, хIунда аьлча, тIекхуьу тIаьхье кхетош-кхиоран болх Iаламат жоьпалле хиларна. Ишттачарех тешийна ду вайн халкъо дерриг а: шайн гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш, меттан, историн, культурин хиндерг. Эзарнаш шерашкахь кхоллабелла, тIеттIа кхуьуш, схьабогIучу муьлхха а меттан тIех сема Iу ву бакъволу хьехархо, маттаца бен ма ца ларло дIадахнарг а, гIиллакхаш а, ламасташ а. Уьш дерриг а шайн сих, къаьсттина цIийх доьлларш бу къам лардеш берш, цуьнан дIадахнарг а, долушдерг а кхана хиндолчух дузуш, церан бIешерашкара охьайогIу зIе ца хадуьйтурш.

Шен хьехархой боцу къам доьза дов, шел тIаьхьа цхьа цIе бен ца юьсуш, я цIе а шеца дIахьош.

Хьехархой а хуьлу тайп-тайпана, шайн хааршка а, амалшка а хьаьжжина. Цхьаволчо, деккъа-цIена шега хьеха аьлла, билгалдаьккхинарг – дIахьоьху, ткъа кхечунна ца тоьу шена гайтина некъ а, методика а. Цо керла кепаш лоьху хьехарехь, ша хьоьхучу берийн амалашка, церан кхетаме хьаьжжина, царах пайда а оьцу. Ишттачух – кхоллараллин хьехархо олу.

Иза даимма а лехамехь хуьлу, шен хаарш тIедузуш, шел хьалха я шен заманахь хьехаран корматаллехь лакхенаш яьхначех Iемаш.

«Хьехархо гуттар а шена Iамош хуьлу, ша-шен Iамочуьра сецча, хьехархо хуьлчара дIаволу иза», – аьлла цхьана хьекъалчас.

Оцу тайпана кхоллараллин хьехархо хилла Махмаев Жамалди. Вайн республикехь дика вевзаш хилла иза, къаьсттина хьехархойн а, яздархойн гонашкахь. Нохчийн маттахь дешаран а, яздаран а методикин Iаматаш, программаш, гIоьналлин гIирсаш хIиттош дакъалаьцна ца Iаш, хьехархочун болх бина Жамалдис. Юьртахоша а, дешархоша а лерамца, баркаллица йоккху цуьнан цIе тахана а.

Махмаев Жамалдинпроизведенийн коьрта турпалхойбераш ду. Шен дерриг дахар а церан хьехархо хилла дIадаьхьна волчу цунна дика девзара берийн дуьне, церан дог-ойла, амалш. Цуьнан Маликат цIе йолу турпалхо а, кхиберш а берашна массарна а гергара бу, хIунда аьлча, уьш санна, ишколехь доьшуш, ловзуш, дика гIиллакхаш Iамош, кхуьуш уьш хиларна.

1986-чу шарахь араелира Махмаев Жамалдин «Сан кегий доттагIий» цIе йолу забаре дийцарийн гулар. Цу юкъадаханчу дийцарийн турпалхой а ду бераш. Цара дуьйцуш долу ира аларш баккхийчарна дага а догIур дацара. Берийн дуьнене болу хьежамаш цхьана а кепара шалхонаш, йилбазаллаш доцуш, даггара бу, муьлхха а хиламех лаьцна шайн кепара кхетам а бу церан. Берашна Iаламат дика го баккхийчийн амалш, гIиллакхаш, церан дар-леларехь шалхонаш а, аьшпаш а лазамца тIе а оьцу цара. Вовшашца дов даьлла меттиг хилча а, уьш вовшашна къинтIера довла кийча хуьлу, баккхийчеран санна, мекха я вас ца лаьтта церан кегийчу дегнаш чохь.

Бераша, дагахь доццу хаттарш хIиттош, цкъацкъа царна дала жоп доцуш дуьсу вай. Вай-м, кхин ала дош доцуш дисча, «хаац», я «ма кIордийна-кх хьо, дитал хьайн хаттарш» олий, дIа а хададо бераца къамел.

Амма вайна хаа деза, и хIинцца шен кхетам кхиаболабелла жима адам хIокху дуьненах мел цецдуьйлу. Психологаша билгалдакххарехь, ши-кхо шо кхаьчна бер цхьана дийнахь мел лахара а, эзарза цецдолу шена гучух а, хезачух а. Цунна дерриг хIума а керла ма ду, ткъа баккхийнаш, хIокху дуьненан гIайгIанаш, дезарш бахьанехь, Iаламан хазаллах, башхаллах«цецбийла» а ма ца ларабо.

Кхетош-кхиоран балха тIехь хьехархошна гIоьнна арахецна ю Махмаев Жамалдинан «Некъан абат» ц1е йолу киншка. Машенаш дIасалелачу новкъахь берийн кхерамзаллина лерина ю и. Алфавитан рогIаллехь хIора элпаца дIадолалуш дерриг могIанаш а долуш, стихотворенин кепехь хьехамаш бо автора берашна

2008-чу шарахь Махмаев Жамалдинанзорбанера араяьлла ши кинишка. Царах цхьаъ «Аьттан бер» цIе йолуш ю. Берашна леринчу стихотворенийн жима гулар ю иза.

Дийнаташца къинхетаме хила, Iалам лардан, цуьнца къинхетамехила Iамадо оцу самукъанечу могIанаша:

«Нохчийн берийн ловзарш» цIе йолу киншка къаьсттина мехала ю нохчийн халкъан ширачу заманашкара а, хIинцалера а берийн ловзарш довзуьйтуш хиларна.

Цунна дешхьалхе язйинчу Серганова ТIауса боху: «Хууш ма-хиллара, берана дуьне девза кхаа декъаца: ловзарца, дешарца, гIуллакхдарца. Жималлехь царалахь ловзар ду коьртаниг. Цундела чIогIа мехала хир ю хьехархошна а, берийн дай-наношна а хIара гулар».

Дуккха а хьалха дIаяханчу заманахь дуьйна хилла нохчийн берийн гибарех (галеш хехкар), гал-гIожмех, хьостамех, гIулгех ловзар, иштта кхидерш а.

Бераш бIаьрг сирла, ког маса, лерг сема, куьг онда хила Iамадо оцу ловзарша.

Махмаев Жамалдин исбаьхьаллин кхолларалла Нохчийчоьнан ишколан программи юкъаяхана, дешархоша Iамош а, царна езаш а ю.

Кегийчу дешархоша шайн самукъадаларца юх-юха йоьшур йолуш, дика язйина ю Махмаев Жамалдинан байташ а, исбаьхьа проза а,
кхечу къаьмнийн маттара гочдарш а.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх