Бексултанов Муса. Сан вешин т1ехьийза йо1

Дийцар

– Хизир, нана яла хьан, и йо1 ма ца го суна… зудаберашца… иза… иза стенга яхана, 1арбин т1ехьийза йо1… – схьа а ца хьожуш хотту, цхьаьнга луьйш санна а ша-шега.
Нана ц1ийнан маь11ехь лаьтта, ши б1аьрг а бу горгбина, генна новкъа д1а а хьоьжуш, зудаберийн аьзнашна т1аьхьа я цхьанхьа – анайисте.
Ненан куьйгаш демах дуьзна го, йовлакх а ду т1ехьа дихкина, хьаьжт1ехула, чухта санна.
Со ишколера вог1у, белшах т1оьрмиг а оьллина.
Суна нана геннара го, суо цунна а гале.

– Бод хьакхош 1ачуьра… аьзнаш а хезна… иза яц-те аьлла, – нана дитташка хьалахьожу. – Заза дала г1ерта-кх вайна… б1аьсте, – д1айоьрзу, д1айолало.
– Иза…– иза д1аяхна, нана, кху юьртара… деша яхна .. иза кхузахь яц, – олу ас. Сихха олу.
– Яц боху ахь… д1аяхна, – нанас корта схьаберзабо.
Т1аьхьахьожу зудаберашна, ишколера дог1учу.
Дуккха а хьоьжу, ехха. Ши б1аьрг цхьанаметта соцу.
– Х1аъ, д1аяхна… яло, чу доьду вайша, – со нанна уллохула т1ехволу, шек а воцуш санна.
Ас суо ца кхета кеп лелайо, сайна цхьа бен а доцуш санна, Кемса гича а, ца гича а.

Зудабераш дуьйлу, соьцу, д1адуьйлало.
Кучамаш тайп-тайпана, фартукаш, ч1абанаш. К1айн-к1айн пазаташ.
Юха а соьцу д1огахь, боккхачу хьоча к1елахь. Заза лехьадо, охьаэгна хьечийн заза, настарийн голаш цхьана аг1ор а ерзош, охьа а таь1ий.
Хьаьж т1ера месаш т1ехьа кхуьйсу, корта ласторца.

Цергаш го, к1айн яххьаш; дийлало т1аккха, бокъех терса, аьзнаш хиэда, атало аьзнаш, полларчий ловзуш санна, дуккха а цхьаьна полларчий.
– Нана яла хьан, хьан Даймохк ма генахь хилла хилла-кх… хьан Даймохк, – нанас боху. Хьаьнга?
Чу еъча боху, бод хьакхо охьахууш.
– Нана, хьо хьаьнга,.. – со вистхила вуллушехь соцу, кхид1а вист а ца хилалуш. Айса пенах д1алатийна б1аьстенан де го суна, 1арби ц1ера д1авахна де.
Со водий, араволу чуьра.
Со раг1у т1ехьа волу.
Б1аьсте, заза, урамера к1айн ц1енош, к1айн дуьне, цхьа 1аьржа а… Ваша арме… кху дийнахь… баьшна корта, хурашка, белшах кхозу т1оьрмиг…
«1аби, 1аби, соьга кехат… яздийр дуй ахь… суна сурт, хьайн сурт доуьйтур… 1аби, дуй ахь, т1ехь хорма а йолуш, мидалшца, ах1?»
«Дера дуй, х1аъ, велха ма велха, хьо х1унда воьлху…»
«Со-м вац воьлхуш…»

«Иза х1инца кхузахула х1унда ца оьху, х1унда ца оьху кхузахула, кху новкъахула, шен новкъа», – деттало ц1ийца, ов деттарца, дегабаамца даг чу дуьжуш, лазамца сан легашкахь, ца хецалуш, 1аь1аш, эккха г1ертарца, эккхаш.
Иза хецало. Хецало, деса къурдашца сацадо.
Мархаш а яц стиглахь гуш, кху стиглара мархаш стенга… стигал ц1ена, оццул ц1ена, иштта ц1ена х1унда ю-кх стигал…

Буьйса. Беттаса. Кора хьалхахь 1ожан га.
Тхойша цхьаьна чохь – сой, 1абий, ул-уллехь вижина 1уьллуш. Иза кора хьалхахь, кора хьалхарчу маьнги т1ехь. Со – аьтту аг1ор, цуьнга леррина д1а а хьоьжуш.
Цо доь1у са, синош, кхана арме д1авоьдуш…
Корехь гун беттаса, 1абин метта т1ехула, ц1енкъа юккъе охьакхеташ; 1ожан га а иштта сирла, заза дато долуш санна.
Вист а ца хуьлу, соьга вист а.

Цо дуьйцур ма ду соьга, со иштта жима воллушехь… цунна хаа ма хаьа, суна дерриг а хаьийла… Суна и шиъ ган ма гира, цкъа а ма гира, кхузза а… Иза х1инца кхана, сахилча, иза арме воьдуш ма ву…
– Хизир, наб-м ца кхетта хьуна… са ма гатделахь, дика дуй?
– Ах1? Ца кхетта суна-м… дац… гатдийр дац аса-м, – со сихха метта хьалахуу, т1ера юрг1а д1а а кхуссуш.
Со цуьнгахьа д1ахьожу, цо бохург т1екхетта, шинна а куьйга схьалаца санна, х1ора а дош, х1ора а…
Иза вист а ца хуьлу.

Суна цуьнан б1аьргаш го, беттасин серлонехь нийсса ирах хьежош болу. Ши куьг коьрта к1елахь ду, г1одаюккъец – юрг1а.
«Кхин х1умма а х1унда… х1унда ца олу… иза х1унда ца… Кемса, уьссалг1ачу классера Кемса…»
– Хизир…
– Х1а-а!
Соцунг1а.
Сан са лоцу. Со хьоьжу. Сан ши б1аьрг лацало. Къурд бо беса, цкъа а, шозза а, дукхазза а.
– Цигахула хьажалахь, дика дуй?
– Х1аъ, ду, дика ду! Со хьожур… 1аби, со хьожур ву хьуна,.. – соьга ц1е ца яккхало, суна эхь хета цуьнан ц1е яккха, соьга Кемса ца алало… цо Кемса ма юьйцу, ша цуьнан ц1е а ца йоккхуш.
– Цунна хьо вевза хьуна… ас цуьнга хьо вийцина хьуна…
– Дика ду! Ас цуьнга цхьа а, 1аби, цхьа а вистхуьлуьйтур вац хьуна ас…
– Х1ан-х1а, иштта ца оьшу, х1умма а ма дац вистхилча… вуьшта, наггахь хьажал хьо. Хьуна хазахетий иза, Хизир?
– Ах1?

– Хьуна хазахетий иза?
– Суний,.. – со вист ца хилало, суна эхь хета иза ала. Иза ишколехь уггар а хаза ма ю. Иза массарна а еза ма еза, массо а берана, сан классерчарна а т1ехь, пхоьалг1ачу классехь бен доццушехь.
Цуьнан цхьа баьццара юбка ма ю, г1одаюккъехь доьхка а долуш. Иштта коч а ю, цу басахь, иштта доьхка а долуш. Иза гуттар а йоьлуш ма хуьлу, урокера арадевлча.
Юха елаелча, ши б1аьрг жим ма ло, хиш къегаш санна. Т1аккха к1аьгнаш ма х1уьтту беснеш т1е. Уьш тамашийна ма хуьлу, и к1аьгнаш, цхьа горга а долуш, ал гуо а къаьсташ. Цуьнан х1умнаш а ма хуьлу хаза, тайп-тайпана х1умнаш, ерриш а цхьа яйн а йолуш: к1айн, сийний, баьццарий…
Суна 1ин чохь ма гира 1абий, изий, ишколера ц1а вог1уш. И шиъ хина дехьий-сехьий лаьттара.
Хи юккъехула охьадог1ура.

Хино к1айн заза кхоьхьура, акказийн к1айн заза.
Акказеш ма ю 1ин чохь, хин бердашца лаьтташ.
Церан заза хи чу оьгу. Сийна бай а го д1ахьаьжча.
Кемсас т1оьрмиг шина куьйга схьалаьцнера, ши ност къайлайоккхуш санна. Кемса д1асалестара, 1абига а хьоьжуш. Иза йоьлура, йист а ца хуьлуш.
Йовлакхан т1ам т1оьрмиг чуьра гуш бара.
Кемса хи чу хьоьжура.
Хино заза кхоьхьура.
Хи чохь кегий ч1ерий дара; Кемсас, цхьа куьг мукъа а доккхий, хи чу п1елг а хьажабора.
Юха т1оьрмиг схьалоцура. Кемса сих-сиха 1абига хьожура. 1аби гуттар а хьоьжура цуьнга.
Со 1абина д1агира.

Кемсина а гира со.
Со ведда д1авахара.
– Хаза ца хета хьуна иза, ва Хизир? – 1аби схьавоьрзу. Суна иза воьлуш го, иштта цхьа шена воьлуш, со хьийзо г1ерташ санна.
– Вист х1унда ца хуьлу хьо?
–Х1аъ…
– Х1ун «х1аъ»?
– Х1аъ, хета…
1аби юха а велало. Дуккха а воьлу.
– Дика дешалахь, – олу т1аккха, – хьо актер хила везаш ма ву, вуй?
–Ву…

– Нанина г1о делахь, дуьхьал а ца луьйш. Хи а далахь… Нанна хи дарах эхь дац хьуна, чохь горгам а хьакхалахь…
– Дика ду… ас дерриг а, 1аби, массо а х1ума дийр ду хьуна… Ахь соьга кехат яздийр дуй…
– Х1аъ, яздийр ду.
– …ахь цуьнга а, 1аби, цуьнга а дуй ахь…
– Ду, цуьнга а яздийр ду… д1авижа х1инца, д1авижа хьайна, – иза юха а, тохара санна, куьйгаш коьрта к1ел а дохкуш, тхевне хьоьжу, нийсса ирах.
Беттаса х1инца пена т1ехь ду, ц1енкъара хьала лакха а даьлла.
Беттаса кора юккъехь ду, т1ехь 1аш хета к1ант а гуш. Суна иза жима к1ант хета, суо санна, жима а волуш, стигалхула иштта лелаш, седарчашца, мархашца, юха, цул т1аьхьа, сахилча, цхьанхьа вижа д1а а воьдуш, т1аккха кхано, буьйсанна, баттаца схьа сама а вуьйлуш.

Со нанас меттахъхьавира. Ц1енкъа юккъехь т1оьрмиг бара, хиъна 1аш 1аби а волуш. Со 1абина т1екхийтира.
– Вадал, юьхь-куьг а дилий, схьавоьл, цхьаьна х1ума юу вайшимма…
Охашимма цхьаьна х1ума йиира, дуьхь-дуьхьал охьа а хиъна.
1аби суна велалора.
Нана йист а ца хуьлура.

Иза цхьанхьа д1ахьоьжура, д1ахьаьжжинчохь йиц а луш. Юха доккха садоккхура.
– Делий, Делан Элчий, устаз – кхоъ накьост ву-кх хьоьца, – элира нанас, тхо арадовлуш.
– Къобалвеш схьаийци, – 1абис со маравоьллира. Со вилхира.
Юха 1аби ахтобус т1е хууш а вилхира со.
Цигахь дуккха а нах бара, шайн бераш новкъа дохуш. Эвлаюккъехь дара иза, ишкол а гуш, туька а.
Суна Кемса гира.
1абига хьаьжча гира суна иза, цуьнан хьажарца д1авирзича.
Иза кертал чоьхьа яра, ишколан кертал чоьхьа, дуккха а зудабераш а долуш.

Суна цул т1аьхьа сих-сиха г1енах гуора ахтобус, 1аби д1авоьдуш а воцуш, тхойша цхьаьна цигахь лаьтташ.
Ахтобус еса хуьлура, чохь шопар а ца гуш; т1ехууш стаг а вацара я т1ера охьаволуш а.
1адда лаьттар-кх ахтобус, нахана гуш йоцуш санна.
Т1аккха 1аби т1ехуура, соьга геннара схьа а хьожий.
Со вист а ца хилалора.
Ахтобус д1айоьдура, хьаьвзаш гуш чкъург а йоцуш, цхьа лаьтташ санна хеташ, цхьа айелла йоьдуш санна. Чохь шопар а ца хуьлура.

Суна Кемса гуора ишколехь.
Кемса суна елалора.
Суна урок сихха чекх а яьлла, Кемсига хьежа лаьара.
Со даим а цуьнга хьоьжура.
Зудабераш дийлалора т1аккха, Кемсига: «Хьажахьа?!» – со волчухьа п1елг а хьежош.
«Витал к1ант!» – олура Кемсас.
Кемса суна елалора. Со водий, къайлаволура, урок юха чекхъяллалц.
Ас нене д1адуьйцура.
Нана йоьлура: «Стаг ву-кх хьо, стаг!» – олий, со мара а вуллуш.

Дуьххьара кехат цхьа бутт баьлча деара 1абигара, Узбекистанехь ду шаьш, аьлла.
– Ма йовха меттиг ю-кх иза, – элира нанас, – ма хала а хир ду-кх цунна.
Шолг1а деъна кехат т1ехь адрес доцуш дара, цхьа дуккха а терахьаш бен; т1едиттина мух1арш-м дара, «полевая почта» аьлла, ши дош а долуш яздина.
Ас доьшучу кехат т1ехь, «Афганистан» дош хезча, нана ц1еххьана кхоссаелира, б1аьргех охьа хиш а хьолхуш.
Буйнара сурт а дуьйжира охьа, танки т1ехь даьккхина долу.
1абин коьртахь шляпа яра, к1адех йича санна а йолуш.
Цуьнца дуккха а салтий а бара.
Суна сурт хазахетара.
Со сурт а эцна, ведира, массаьрга а д1агайта – йоккха танк яра цу т1ехь, буьххьехь 1аш 1аби а волуш. Куьпара бераш цецдуьйлура: «Схьагайтахьа, гайтахьа!» – бохуш.
Суна суо цхьа воккха хетара, 1аби санна, воккха.
Со ч1ог1а кура а вара, сайн вешех кура.

Аьхке чекх а яьлла, гурахь ишколе д1адахча, со ялхалг1ачу классехь вара.
К1айн коч яра суна т1ехь, 1аьржа хеча а йолуш.
Суна Кемса ца евзира.

Кемса ч1ог1а йоккха хиллера.
Кемса хаза яра, велххал хаза, цуьнга д1ахьажа эхь хеттал.
Со цуьнан б1аьра ца хьажалора, цхьа догучу, къегачу, геннахь сирла лепачу сийна–1аьржачу ц1оцкъамашлахь, стиглан басахь долчу б1аьргашка.
Со вухура, иза гича.
Со ц1ийлора, латта вуьсура.
Суна цунах къахетара, 1аби а воцуш, ша йисинчу.
– Схьавоьл кхуза, схьавоьл, – Кемсас куьг схьакховдийра, куьйган п1елгаш а лестош, – хьох ма хаза к1ант хилла!
Со меттах а ца велира.

Т1аккха иза ша т1ееара.
Сан кучан кач нисбира, коьртара мас а тоеш.
Сан балдаш детталора, дог детталора сан балдашца, сан хьажар кхоьлинера, ши б1аьрг а кхулуш, дуьне а.
– Суьрташ… суьрташ дуй хьан?
– Ах1?
– Хьажал! – букъ т1ехьара аьтту куьг, цу куьйгахь – 1абин суьрташ.
Уьш кхоъ дара, сайчух дерг а, сан доцчех кхин шиъ долуш, т1ехьа яздина:
«К…, хьуна. 1арби. 1983 шо. Афганистан».
– Ду, – элира ас, сайн доццушехь элира.
Горгали бийкира.
– Вада х1инца, т1аьхьа ма висалахь урокана…

Ас цу буса 1абига кехат яздира, Кемса а юьйцуш, суьрташ а. Сайна а даийта элира ас, цуьнан санна долу ши сурт. «Кемса хаза ю, – яздира ас, – хьо ц1а маца вог1ур ву, ц1а волахьа, 1аби, сихха, Кемса йоккха ма хилла…»
Со цуьнца воьдура ц1а, иза яллалц собар а дой.
Тхан новкъахула лелара иза, тхан кертан уллохула. Зудабераш а хуьлура цуьнца, шайн классера зудабераш.
Ас т1оьрмиг схьабоьхура, сайга бахьийтахьа, олуш.
Сайниг цо д1аоьцура.
Зудабераш дийлалора: «Хизир, хьо воккха хилча, со юьгур юй ахь хьайна, ах1? Юй ахь?» – х1орамма а хетта а хоьттуш.
– Ма хьийзавел иза! – Кемса суна т1ех1уттура, цхьа боккъал а долуш санна, цкъа а ела а ца луш.
Ас нене д1адуьйцура.

Нана хьожура корехула, тхойша цхьаьна хьожура цуьнга корехула, иза т1ехйолуш.
– Эца-кх хьо Дала д1а аьлча! Ши ност ма хаза а ю, тпу-тпу, – нанас туй кхуссура, нана йоьлура, йиц а луш, йицъелча санна, саца а луш. Б1аьргаш чу хиш х1уьттура, деладеллачу б1аьргаш чу: «Биъ бутт-м д1абаьллера… Сан к1ант ц1аваллац… йитахьара… наха юьтур ма яц атта… Хаза ма ю, б1аьргхиллал…»
– Д1аяздел, Хизир – иза хаза йо1 ма хилла ч1ог1а, – д1аяздел хьайн вешига кехат… наха юьтур-м хьаха яц… Ц1а вола боху алал ас, и йо1 дешна яьллачу буса ц1ахь хила боху алал цуьнга… Оьшшу кехат доуьйтур ду ала, со елла аьлла даьккхина а…
Охашимма кехат яздира т1аккха, нанас аьл-аьлларг д1а а яздеш, цхьа доккха, деха кехат, тетрадан йиъ аг1о.
Яздина ваьлча, дийшира ас, сайгара а х1умнаш а дуьйцуш.
Нанас кхин а дийцира, керл-керла дош а карош.

Кемсина б1араш кхоьхьура ас, хьуьнб1араш.
Хьуьнб1араш мерза хуьлура.
Юха гурахь, г1а дужуш, ц1абалгаш а девлира схьа. Тхан юьртан малхбалехьа, Хилдехьаройн-к1отар олучохь дара уьш, шаьш лардеш хехо а волуш.
Дитташ даккхий дара церан ч1ог1а, нийсса ирах, ткъа а, ткъе итт а метр лекха хир долуш. Лакха буьххьехь, ц1абалгаш кхуьучохь бен, т1евала цхьа а га а дацара. Дитт шера дара, стомма а долуш, ког таса шад а, куьйга схьалаца х1ума а доцуш.
Дитта т1е цхьа а ца валалора.

Оха, бераша, бухара хьала г1ожмаш кхуьссура, ц1абалгаш эго г1ерташ.
Ба1 бужура, горга ба1, юккъехь гуш до1ахан басахь шера ц1абалг а хаалуш. Уьш цхьанна чохь пхи-ялх дара.
Оха пазаташ кхоьхьура цига, зударийн тен пазаташ; пазат чохь ведар гергга ц1абалгаш а гуллора.
Уьш кхехко а мегара, зайли чохь датта а.
Ас буьйсанна, сайца накъост а оьций – суо ваха ца ваьхьара, – Кемсаг1еран кертал чоьхьа кхуссура пазат.
Кемсас, кхехка а дой, ишколе кхоьхьура уьш 1уьйранна, ас деъна шена бохуш, массаьрга а дозалла а деш.

Хехо ч1ог1а сийдоцуш вара, гихь кхозуш топ а йолуш.
Цо т1аьхьа говр хохкура.
Тхо жа санна д1ахьовдура, цхьа-цхьацца а волий.
Иза цхьанна т1аьхьа волура т1аккха.
Важа водура, хехо шена т1аьхьакхиа воьлча, пазат охьа а кхуссий.
Оха цунна юха дакъа дора, массеран а ц1абалгаш цхьатерра хир долуш. Юьртара ара а довлале барт бора оха, вада муьлха водур ву хьалххехь къаста а вой.
Уггар а чехка Салахь водура.
Хехо тхуна т1аьхьа ваьлча, Салахь жимма соцура, иза шена т1аьхьа вадийта. Т1аккха цо иза хьуьна юккъе д1авуьгура, тхан юьртана аьтттехьа а йоцчу, Ч1ишка аг1ор йолчу хьуьнха.

Делкъал т1аьхьа (ишколера девлча), малхбузучу хенахь кхочура тхо цига д1а.
Таь1начу чохь д1алевчкъара, шишша-кхоккха цхьаьна а волий.
Хехо, цкъа хьалха говраца гуо а боккхий, моллалла кхайкха х1уттура: «Аллах1у акбар, Ал-ла-х1у акбар», – олуш.
Юха соцура, ла а доьг1уш, тата хезий хьоьжуш санна.
Тхуна шозза иштта тешнабехк бинера цо, тхо ц1абалгашна т1ехьовддушехь, ламаз а дуьтуш, т1аьхьа а ваьлла.
Цул т1аьхьа дуьйна, цо некхе куьйгаш дахккалц 1адда1ара тхо, гучу ца довлуш.
Т1аккха г1ожмаш йолайора, цхьацца дитт схьа а лоций – кхо–йиъ минот хан хуьлура.
Хехочо ж1аьла далийра.
Ж1аьла доккха дара, уьстаг1 санна, кочахь доьхка а долуш.
Цо «Моряк» олура цунах. Морякна кхаа дийнахь, де юкъа ца дулуьйтуш, киснашкахь д1а а даьхьна, т1улгаш диттира оха, ворх1амма вовшах а кхетта, цу балхана д1а а оьхуш.

Ж1аьла тхо гича додура, дена юххера схьа а ца долуш. Хехочо шад еттара, шен ж1аьлина къа а доьхуш.
Ж1аьла т1епаза довра т1аккха, «цкъув-цкъув» деш, ц1ога когаш юккъе а лоций.
Эххар а шеца к1ант кхийлла велира и хехо.
К1ант воккха вара, армера ц1а а веъна.
Цо тхуна еттара, цхьацца схьа а лоцуш.
Иза т1аьхьаваьлча, цхьаьний довда 1емира тхо, цхьа-цхьацца а ца водуш.
Тхо вовшах летара т1аккха, тхо ворхх1е а цу цхьаннах.
Иза х1етте а тхол тулура.
Цхьана дийнахь, к1ант а воцуш, ша веанчу хехочунна хьалхалера х1илла а дина – ламазан х1илла, – дийла а дуьйлуш, ц1а дог1уш дара тхо, кочахь кхозуш пазаташ а йолуш, и к1ант тхуна т1е1оттавелча.
Иза сецира, вист а ца хуьлуш, со волчухьа схьа а хьаьжна. Цуьнан ши б1аьрг ц1ийбелла бара.
Тхо а севцира, лата дагахь.

– Хизир, – элира цо, – Хизир, – бат эго а йолалуш.
– Х1ун боху ахь? – элира ас, шина б1аьрга г1аж а лоьхуш. – Хьайна дуьсур ду моьтту хьуна… 1аби ц1а ваийта ахь цкъа… цо хьан бат-м, хьан муц1ар…
– Хизир… хьо… хьо суна… суна… – ша лаьттачохь охьахиира, шина а куьйга юьхь а хьулйина, цхьа велха а волалуш.
Тхо девдира.
– Дада… дада гирий шуна? Дада варий цигахь? – кхайкхира иза.
– Далла т1екхаьчна хьалавоьдуш хир ву хьуна, – элира оха, – ламазаш деш.
– 1абих кхера ма велла иза, – ас «х1иъ-х1иъ» дира, – гирий шуна, воьлхуш? – аьлла. Бераш а дийладелира.
Ас 1аби вийцира т1аккха, 1абис турник т1ехь «солнце» а йора, уггар дукха штанга а ойура цо, б1е кийла а ойура бохуш, дукха г1озваьлла, пуьташ а буьттуш.
Тхо юьртахь д1асакъаьстира, кхана юхадаха барт а бина.
Тхан ков доккха диллина дара, милици а йолуш.
Нах а бара дукха.

Ши салти а гира суна, нахана цхьаъ дуьйцуш лаьтташ.
Наха цу шинна гуо бинера.
Цара нохчийн мотт буьйцура, цу шинна а салтичо, т1ехьа дехкина куьйгаш а долуш, б1аьргаш лаьтта охьа а доьг1на: «Х1аъ, дара… цхьаьна дара тхо. Танкист вара 1арби… Танк иккхича, ц1е а яьлла, чим бен, х1ума ца дуьсуш…»
Нана соьга йист а ца хилира.
Нана 1адда лаьтташ яра, б1ог1ам санна, 1адда лаьтташ, пен санна, к1айн, ло санна, хи санна, сецна ши б1аьрг а болуш.
– Иван Алексеевич! – элира цхьамма, милцочо.
Со д1ахьаьжча, г1азкхи вара, т1ехь сийна хорма а йолуш, погонашца, хурашка а.
Хурашка т1ам санна яра, бохь ирах а бахна.
Вукхо:

– Иза мила…
– Вайн кхузара… районера военком… Езжайте, мы подежурим, – милцочо элира, – до утра будем…
– Мои соболезнования, мать, ваш сын … погиб, как мужчина, как настоящий чеченец, защищая свою Родину, геройски погиб.
Ненан карара цхьа х1ума охьаюьйжира.
Цхьана зудчо схьаийцира.
Мидал яра. Цхьа г1утакх а.
Со кхийтира.
Соьга мохь белира.
Суна х1умма а ца гира кхин.

Суна 1уьйранна яьшка гира, к1айчу аьчган к1айн яьшка, юккъехула пурх дихкина ц1ен цастар а долуш.
Цу т1ехь цхьа йоза а дара, цхьа терахьаш, шераш а.
Нах бара, дуккха а кхин нах а болуш, кху юьртара боцу нах.
Г1азкхий а бара, нохчий а. Г1азкхий т1еман хормица бара, уьш дукха бара, дуккха а милици а йолуш цхьаьна.
– Нет, нельзя! Таков приказ, нельзя открывать… – г1азкхичо куьг ластийра, т1ехь плащ йолчу г1азкхичо.
Цуьнан коьртахь шляпа а яра.
Наха цуьнга цхьаъ дуьйцура, дуккха а т1е а гулбелла.
Г1азкхичо корта лестабора:
– Нет, нет… только в ящике… Москва, не я решаю, – бохуш.
Цул т1аьхьа яьшка д1аийцира, веамма белшаш т1е а юьллуш.
Нах берриш а т1аьхьах1иттира, цхьа зуькар а долош.
Мохь г1аьттира кертара схьа, зударийн мохь, ц1ог1анаш.
Нана яцара, гуш а яцара.
Кхаа дийнахь а яцара нана.
Гуш а, хезаш а яцара иза, йистхуьлуш а, йоьлхуш а.
Цуьнан бат т1елетта яра, ши б1аьрг а бара сецна лаьтташ.

Суна меттахь гира иза юха, уллохь ши зуда а гуш.
Кора дуьхьал х1умнаш а яра, чохь, к1ора санна, 1аьржа а йолуш.
Наг-наггахь стаг а вог1ура: «Ма, ма хьае, Халист ма хьае… ялсаманин хьаша войла-кх цунах, дика к1ант вар-кх 1арби», – олуш.

Лулахочо беттара етт.
Цо хьокхамаш а доттура.

Кехат деара пхи де даьлча, 1абис тхоьга яздина кехат.
Нанас схьа ца дастийтира, – иштта дисира, схьа а дастаза.

Со гарингаш т1ехь 1ара, ламин гарингаш т1ехь, и цхьа стаг вистхилча.
Иза говрахь веара схьа, цхьа доккха гали а дохьуш.
Хехо вара, оха хьийзийна, ц1абалгийн хехо.
– Ас хьуна ц1абалгаш ма деъна, Хизир… ц1абалгаш ма деъна ас… хьо ван ма ца вог1у… – суна юххе охьахиира.
Маравоьллира.
Вилхира юха.
Со цуьнга вист а ца хилира:
Суна х1ун ду а ца хаьара, сайна хилларг х1ун ду а – со вистхила вицвеллера.

– Во-о, Хизир!.. – чуьра аз дара, ненан аз, геннара схьа, халла хезаш.
Со улло д1авахара, нанна улло, маьнги т1е.
– Ишколе г1уохьа… ши к1ира а ма даьлла… нанна виса хьо…
Берашна со ган а ца гора.
Уьш цхьаьна дара, шаьш-шайца.

Бераш суна т1ехдуьйлура, со д1агича, шабарш а деш.
Кемса цкъа т1ееара, сан белш т1е куьг а дуьллуш.
Ц1е яьккхира: «Хизир»,– олуш.
Юха кхин цкъа а яьккхира ц1е.
Д1аяхара, д1а а йирзина, цкъа меллаша, юха сиха, яда г1ерташ, йодуш санна.
Сан иза бен цхьа а вацара.
Суна иза бен цхьа а ца гора.
Цо наггахь корта та1абора. Ела г1уртура, балдаш а соцуш. Урамехула т1ех а йолура, тхан урамехь, корера гуш.

Ло диллира, доккха ло.
Ло к1айн дара, бамба санна, к1айн.
Тхо ц1а а хецна, керлачу шарахь, ишколе юхадаьхкича, суна к1ант гира, актер санна, актер санна хаза к1ант, сийна ши б1аьрг а, месаш а йолуш, белшаш т1е х1уьтту 1аьржа месаш.
Иза лекха вара, ч1ог1а лекха, воккха а вара, маж а йошуш.
Уьтталг1ачу классехь вара, Кемсаг1еран классехь, г1алара кхуза деша веъна.
Боксер ву бохура иза.

Суна цкъа иза леташ а гира, юьртарчу цхьана воккхачу к1антах, кулубна т1ехьа а ваьлла.
Тхо дерриш а хьовса дахара, ишколехь мел долу бер.
Цо йиттина бохуш дуьйцура, шен классерчу цхьана к1антана.
Вукхо ваша валийнера.
Цунах уьш кхоъ летира, цхьанна цо буй тоьхча.
Буй кхеттачо урс даьккхира.
Бераш д1адевдира т1аккха, хьехархошка маьхьарий а детташ.
Хьехархоша къа доьхура: «Нах ма яц шу, нах, кху берана урс а даьккхина,..»
Юха цара иза д1авигира, хьехархоша, схьа а лаьцна, цо, латийта боххушехь ша, шеца цхьацца схьа а воккхуш.

Массара а иза вуьйцура, кино чохь волуш санна, цо цунна а, вукхунна а – оцу 1аьржачу лаьттора, – цо еттар ма яра бохуш, массара а дуйнаш а бууш.
Массо йо1 а хуьлура цуьнца, шайн классера массо а йо1, уьш массо а, Кемса йоцург, сан, тхан, 1абин йо1…
Кемса цхьаьнцца а ца хуьлура, я шайн зудаберашца а.
Иза ша яра, цаьрца а йоцуш, урокера арадевлча а.
Кемсица зудабераш хилча, и к1ант цаьрца ца хуьлура, я уьш цхьаьна вовшахкхетча, Кемса а ца хаалора цаьрца.
Кемса ша гора, даим а ша, цхьанхьа ша д1а а х1уттий, букь диттах а тоьхна, лаьтташ.
Суна иза т1аккха дика хетара, Кемса цхьаьнцца а ца хуьлуш.

Иза буьрканах а ца ловзура физкультуран урокехь, сетки т1ехула кхуьйсучу буьрканах.
Физкультура арахь хуьлура, б1аьсте яьлча.
Апрель бутт бара.
Наг-нагахь цаьрца йолу йо1-м хаалора суна Кемсица, гуттар а цуьнга цхьацца дуьйцуш, шен тобанах схьакъаьсташ, юха царна д1а т1е а оьхуш.
Юха т1аьххьар а, цхьа хан яьлча, и шиъ цхьаьна лела елира, гуттар а цхьаьна, даим а, т1аккха и к1ант а, и лекха к1ант а (массара а вуьйцуш волу) хуьлура цаьрца – Кемсица а, цу йо1аца а, ша цаьрца а воцуш санна, вист а ца хуьлуш, цу шинца лелаш.
Уьш даим а цхьаьна хуьлура, цкъа а вовшах а ца къаьсташ.
И к1ант цу йо1аца вара, Кемсица хуьлучу йо1аца, гуттар а цуьнга цхьаъ дуьйцуш,
Кемса шайца а йоцуш санна.

Кемса цхьа ч1ог1а хийцаеллера, цхьа х1ума а ца гуш санна.
Иза, со гича, т1ехйолура, со воцуш санна, сох чекх а хьоьжуш.
Цуьнца йолу йо1 а хуьлура иштта, со шена ган ца гуш санна.
Кемса, со гича, д1айоьрзура.
Иза йодура, со гича.
Со гича, иза къайлайолура.
Ц1а а кхечу новкъа оьхура иза, тхо долчухула а ца оьхуш, ша цигахь 1аш йоллушехь, тхан новкъахула д1авахча.
Суна муьлха 6у а ца хаьара, иза х1инца д1асалелаш болу некъ.

Май бутт бара, май баттахь дар-кх, тхо д1ахеца к1ира дисча, со берашца арахь лаьтташ – ишколан кертахь, – и йо1 суна т1ейог1уш, Кемсица цхьаьна хуьлуш йолу йо1.
– Схьавадал, – элира цо. Аса:
– Сой? – аьлла, хаьттича: «Х1аъ, хьо!» – элира юха. Со д1а т1е волавелира.
– Х1ах1, д1алаца… х1орш, – цо т1ехьара, букът1ехьара куьг кховдийра, цхьа кехаташ.
Со схьалаца ца кхиира.

Кехаташ охьаигира.
Д1асадаьржира, дуккха а д1аса, диъ-пхи сурт а дужуш охьа: 1аби вара, 1абин суьрташ,.. т1ехь яздина «Кемса» а долуш… Юха кехаташ а, кехаташ, 1абис цуьнга, Кемсига…
– Х1орш хьоьга… Кемсига… – со хьалахьаьжча, йо1 яцара: д1аяхнера, яйнера.
Горгали бийкира ч1огг1а, бераш ишкола чу а доьлхуш.

Со иштта суо латта висира, массо а ведда д1а а вахна.
Со юха т1аккха… ас юха т1аккха не1 туьйхира, классан не1, ишкола чохь, ламеш т1ехула шолг1ачу г1ат т1е хьала а ваьлла, уьтталг1ачу «А» классан, Кемса чохь йолчу классан не1, цуьнга кехаташ д1адала.
Не1 йиллира.
– Кем..,
– Вам кого?
– Кем… са…
– Зулкарниева! – хьехархо д1айирзира, цхьана куьйга лаьцна не1 а йолуш.
Цхьа г1овг1анаш евлира чохь: «Ее нет, Надежда Васильевна… ей плохо стало… она ушла…»
– Как ушла! Я ей устрою на экзаменах, голубке этой! – цхьа дов дира, схьа а ца йоьрзуш:
– Ушла она, мальчик, иди, – не1 сихха т1екхийтира.

Со висира, не1 т1е а кхетта, карахь и кехаташ а долуш, х1ун дан деза а ца хууш айса.
Со меллаша охьаволавелира ламеш т1ехула, сайн кехаташ а, суьрташ а эцна.
Уьш сан карахь дара, цхьа дийна, чохь са долуш санна.
Суна сайн нана дагаеара, юха 1аби, тхайн керт.
Суна дерриг а цхьаьна гора: суо а, нана а, 1аби а, и кехаташ а, Кемса а, тхо дерриш а цхьаьна долуш санна, вовшашна гуш, хьоьжуш.
Машено сигнал тоьхча, со 1ина йисттехь вара, дуьхьал йог1уш машен а йолуш, 1ин чуьра хьала, суна дуьхьал.
Со кхуза муха кхаьчнера?
Ц1а воьдуш хилла-кх со, я, виц а велла, иштта д1авоьдуш, ойланашна т1аьхьа, 1инчухула, нах лелачу новкъа а воцуш.
– Ши б1аьрг бац хьан! – шопаро.
– Ах1?

– …хьо мера1уьрг! – к1айн машен, заза санна к1айн.
Машено бехдина хи.
«1инчухула ц1а г1ур ву-кх. Хин йистаца хьала а вахна, лакхахула д1а дехьа а ваьлла… Цигахь т1ай а ма ду… Ч1ерий… ц1аза п1елггал бен дац-кх, цхьа баьццара, кегий… хи а ду-кх иштта баьццара, чохь дитташ а уьдуш… Нанина хазахетар ма ду… т1аккха цо важа кехат а… схьа а даьстина… Уьш муьлш… х1унда лаьтта хина дехьий, сехьий… и к1ант… иза… х1унда воьлу… Кем-са… Кемса ма ю… иза… цуьнца… цу к1антаца… шайн классерчу… еха месаш йолчу…» – со сецира, латта висира; суна Кемса гира, кехаташ, – со кехаташка охьахьаьжира, юха цига д1а, – цаьрга.
К1ант воьлура.
К1ант сецира.

К1ант соьгахьа охьахьаьжира.
Т1аккха юха,.. Кемса… Кемса сихха д1айирзира, букъ а берзош, д1ахьаьдира, самаелира, цхьаъ олуш, цу к1анте куьг а ластош.
Д1аяхара генна хьалха. К1ант меллаша воьдура, хечин кисанашкахь ши куьг а долуш.
Суна хаьара… ца хаьара, суна цхьаъ-м дуйла хаьара… суна х1ун ду ца хаьара, –х1ара х1ун ду …………………………………… муха ду…
Сан легаш къуьйлура, хиш оьхура, некъ ца гора.
Суна нана гира, сайн нана, лулахочуьнца, Хедица лаьтташ.
– Нана-а, – элира ас, – ва-а нана-а, нана-а! – со сайн нанна т1екхийтира, цунна т1е д1а буйнаш а детташ, мохь а хьоькхуш, велха а воьлхуш. – Иза к1антаца ма ю, нана… нехан к1антаца ма ю иза… Иза кхузахула ма ца лела… вайн новкъахула ма ца йог1у… Иза 1абин йо1 яц хьуна… иза вон йо1 ю хьуна, нана… ас 1абига, сайна гича… сайна г1енах гича… – со ч1инч1ура охьавахара, са хада санна, мохь а хьоькхуш; хьалаиккхира, д1аведира, сан кехаташ охьаийгира.
– Ма… Хеда… лацалахь… ма вахийталахь…

Со ведира, д1аведира, кертахула д1а, кха т1ехула, со божал чу иккхира, кара ца вайта, ца лацийта.
– Нана яла хьан, – хезира суна, цхьа хан яьлча, дуьне доьхча, – х1ума ма дац, нана яла хьан… Иштта хуьлуш ма ду иза… хьайн т1оьрмиг байина ахь… маре яха ма еза цуьнан… Хьо воккха хилча, иза бен… и йо1 бен хьан дог хьаста… Хьалаг1аттал, нана яла цуьнан… ма дукха кехаташ деъна ахь… хаза суьрташ а хьайн вешин…
Сан марахь б1ог1ам бара.
Ас б1ог1ам ца хоьцура.
Сан кийрара 1овгаш дара, «х1иъ-х1иъ» дара, хиш а доцуш.
Хиш дацара, кхачаделлера, цхьа х1ума а дацара кхин: со а вацара я дуьне а… цхьа Кемса яра, Кемса, 1абин Кемса нехан к1антаца…

1986–2005 шш. Февраль

Вайнах №11-12, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх