Бексултанов Муса. Мичахь, муха дицделла хууш… Дийцар.

– Ткъе кхойтта дешархо ву хьуна еллачу классан, – элира соьга завуча, ишколе со балха вахча, – царах цхьаъ отличница яра, иза цкъачунна оьхуш яц, кхин шийтта дика доьшучех а ву, Имани г1олехь а йолуш, – аьлла, – директоран йо1…

«…мичахь, муха дицделла хууш, х1ума дицдала йиш ма яц, – и дешнаш цо муха элир-кх, – дицдаларан юьхь яц, – аьлла, – мичахь, муха дицделла хууш, я х1ума диц а ца ло, – аьлла, – цкъа хилларг, б1аьргашна гуш: гар, хазар – цхьаъ ма дац…»

гуш ма къаьхьа хилла-кх иза, хезча санна, генахь а доцуш – кхена йо1 ност йоцуш гар…са лозу-кх, дерриг а са, пхенашца ц1ий а г1орош, верриг а къих вузу-кх хьо, хьайн дег1ах эхь а г1оттуш: шовдана т1е хьаьддачу некъан, геннара гучу б1аьстенийн, болар доцчу цу когийн, къоналлин марзо йоцчу – бер долуш ност яккхарх (хьалхарчу т1еман кемано), цкъа – голлец, юха – кхин а лакха, эххар а – хенан юххец, т1ум талха а йолалуш, ц1ий а телхаш, дилх а…

иштта гуш болу хийцамаш – д1адаьлларг дац а моьттуш, – я хеташ, доцуш санна (б1аьргашна кхин гушшехь), цхьаъ дуй-те, хийцамаш а боцуш: б1аьсте аьлча, заза х1унда го-кх, цкъа хиллачу б1аьстенан; гушдерг юха – маттаца – дешнашца карла муха долу, хьуна гинчух тера а долуш, дешнаша кхин кхуллуш санна: тера мел дерг изза дуй-те – цкъа гинарг, – тера а хеташ….

со муха, муха кхетар вар-кх со цунах, арахь – кевл арахь – нийсархойн аьзнаш а лозуш, боккхачу кхура к1елахь, лохачу г1анта (декъа ца хилийта, юткъуо миндар а йиллина, белшаш т1е тесна кортали а долуш) хиъна 1ачу я яйначу, йицъеллачу цу йо1ах…

суна дуьххьара, кевл чоьхьаваьлча, суна дуьххьара б1аьргаш гира, суна уьш х1инца а го, пхи-ялх шо сов даьлча а, уьш бен, б1аьргаш, кхин х1умма а доцуш санна, меллаша сайга схьахьаьжна долу, елаяла а тохалуш… са, дерриг а, б1аьргашца дара, массо а х1ума – х1ара дуьне а – шайна чохь горгдича санна…

суна иштта б1аьргаш кхин ца гира, иштта сирла, иштта дийна, схьагушдерг – гушдоцург а – шайна чохь кхехка сирла б1аьргаш…

памили евзара суна, журнала т1ехь гуш хилла йолу…

ас гуттар а хоттура иза…

бераша: «Яц!» – олура…

ас «н» х1оттадора; иштта массо а меттехь а дара, х1ора а предметана

октябрь бутт болабелча я юкъал т1ехбаьлча, иза цомгаш ю элира соьга, б1аьста дуьйна меттахь ю…

керт йоккха яра, чоьхьаваьлча, лоха, к1айн ц1а а хаалуш; уьйт1ахь сийна бай а къаьстара, юккъехь лаьтташ – къена кхор а… … кхура к1елахь гира суна йо1, т1ерг1ан пазатна т1ехула йовха пошмакх а туьйдина, гуш цхьаъ бен ност а йоцуш… б1аьргаш гира, шаршу санна, к1айчу юьхьт1ера, стигал санна, сийна б1аьргаш, цхьанаметта сецна, 1аьмнаш санна, лацаделла, к1ежйохуш, кхехкаш санна, алу хилла, догуш санна…………………………..б1аьранег1ар а ца кхетара…

«– хьо ишколе… со шун классан куьйгалхо, Мансур ву…»

«хьо ву иза, Мансур Салманович… зудабераша…», – иза елаяла г1оьртира, балдаш а хьовш: суна цергаш гира

со улло охьахиира, голаш т1е, ч1инч1ура……………………………..
… со вехха 1ийра, мотт а бицбелла, суо мила ву а ца хууш…

элира т1аккха: «Зингат, – аьлла, – д1огара зингат… ас бепиг теснера цунна… д1а ца дахлуш… къар а ца ло…»

со зингате охьахьаьжира, бецахаьлга т1е хьала доьдучу, шел а доккха бепиг а эцна…

бецахал сеттара, зингат чудужуш санна…

зингат хьаьвззе охьадуссура…

«– г1оле юй хьуна? – хаьттира ас, – г1оле хетий хьуна?»

хьашт доцу хаттар дара, ца оьшуш дара хаттар: суна кхин дош ца карийра…

« – мархаш, – элира цо, – цхьа адмаш санна хилла-кх, наггахь цхьаьна хуьлу, юха д1асакъаьста… цкъацкъа жа долуш санна а хета, бай т1ехь 1охку к1айн жа санна…»

со мархашка д1ахьаьжира

« – д1огарниг-м говрах тера ю», – элира ас, цуьнан б1аьргашна гойтуш, генна д1а п1елг а хьажийна: со воккхавера, дийца х1ума хилла

« – х1а – а, ишта-м массо а х1ума хуьлу… дитташ а хуьлу… суна сайн кхор а го цигахь, сайн г1ант а…наггахь со а хуьлу…», – цо церга т1ера балда хьадира, ша аьллачунна йоьлуш санна

юха д1атийра

« – зингат д1адаха, – охьахьаьжира бай т1е, – кхано юхадог1ур ду…»

«– хьуна девзий иза?» – ас хаьттира

«– девза… ши к1ира а ду ас цунна бепигаш туьйсу… шеца накъост а кхуьйллу цо…тахана ша деънера…», – цхьанаэшшара элира, садоь1у а ца хезаш; бага жимма г1аьттина гуора, х1аваъ чуьра арадолуш, дуьхьало ца хилийта санна

«пехаш а ду-кх кхуьнан цомгаш», – хийтира суна, цо чуьра схьа ара садоь1уш

«– де ч1ог1а деха хилла-кх, – элира юха, – цхьа доккха… суна хьалха ца хаьара…1аба ца ло-кх сарралца а … х1инца-м хаьа…, – б1аьргаш къиэгара, кхехкаш санна, – иштта цхьа де тергалдича…цхьа де а дац, сарралц, тоьаш санна хета-кх…»

со х1етахь, цу дийнахь, я, цул т1аьхьа, х1инца а, кхин кхета а ца кхийтира, адам иштта, цхьана дийнахь я сохьтехь, цхьана маь1аргона муха соцу-кх, дуьненах д1а а къаьхкаш, доцуш санна, д1а а тоттуш, ца хилча санна, хер а деш шех………………… …………………………………х1унда, 1ожалла х1унда езало-кх, къинхетаме хеташ санна, дуьненах эмгар а хеташ, 1ожаллин эмгар санна…

ас цул т1аьхьа сайн дагахь йоккхура цуьнан памили, берашна д1а а ца хозуьйтуш; ас кхин цкъа а «н» а ца х1оттийра: мог1а беса битира, балдаша цуьнан ц1е а йохуш…

не1 ц1евзича, йоккха стаг гира, карахь жима кад а болуш, кедахь гуш сакан 1айг – молханаш яра йо1ана йохьуш…

со хьалаг1аьттира, дедикадар хьалха а долуш: «Далла везийла, – элира соьга, – хьо а веъна… Асмаъ йолчу веъна хьо… х1ун деш ду… зудабераша вуьйцу кхунна хьо…»

йо1 йовхарша хьовзийра, чож санна етталуш, еса беснеш а хаалуш, деса чож санна, етталуш

цу дийнахь – иза еллачу – юрт хьалха санна ехаш яра, д1асалелаш нах а болуш; цхьаъ воьлуш а хезара, бераш а дара арахь ловзуш…

– ахь х1ун до, 1усман?
– эцца, Маккин йо1 кхелхинчу…
– мича Маккин?
– Хьасанах йиснарг…
– х1а-а! жима-йоккха – берашха стаг ю?
– ишколе лелаш, итт-пхийттара яьлла…
– тахана д1а-м ца юллу?
– х1ан-х1а, кхана…
– кхана гучувер со, х1ета, цкъачунна-м йиш яц, – цо элира, йиш йоцчо

со ишколан кертал чоьхьа вара иза хезча, арахь уьдуш бераш а долуш………………..
…….ас цигаьрка латийра, х1умма а хаа ца лора……….де кхоьлина къаьстара, т1едог1уш дерз а доцуш, цхьа т1уналла хаалуш санна………… мархаш яцара, алхха дохк дара, бой санна, т1екхозуш, стигал ца гуора, мархашца хуьлу стигал: суна кхор а ца гира т1аккха, кхура к1елахь г1ант а, я и йо1 а, г1антахь 1аш – мархаш яцара иза схьаган я стигал а яцара – уьш цуьнца д1аяхнера, цуьнан б1аьргашца, дуьне а эцна, къахетар т1аьхьа а дуьсуш…

къа хьанах хета техьа-кх? стаг велча хуьлу г1айг1а шех юй-те т1аьхьавуьсучун, веллачух йолуш санна а хеташ я цуьнан хьох юьсуш, х1инца а вала везачу – стаг велча бен боккъал а ваха волалуш а ца хилча………… ахь къаьсташ аьлла дешнаш, гуттар а иштта дуьсий-те, цхьанна 1одика йинначохь, я цо шеца д1ахьо-те, саламца кхана юхадерзо…

«Гур ду вай», – элир-кх ас, иза т1аьххьара сайна гуш……………………………………………………………………………………………………………………………

….д1адевлларш даха муха дуьсу, г1енашца терра дуьхьал оьхуш – суна сийсара гир-кх и йо1: «Со ю!» – аьлла, хьалаг1оттуш, класс чохь цкъа а гина а йоцу – сан б1аьргаша кхоьллир-кх иза, памилин элпаш гича…

1ожалла а, безам санна, цкъа гича я хааелча, гуттар а хьоьца еха-те, 1ожаллера – безамо дуьненчу яккхарца, безам санна, хьан сих хьарча, дерриг а зовкх шех а дозуш, ца бевзачу некъан зовкх…

«… суна цигахь самаяла лаьа, кхузарчу сайн набарх… иштта хир ду-кх иза, дуй? цхьа лазар д1атийча санна…»

хьоьга дуьхьал ца х1оттаделира цо аьллачу дешнийн хьажар: дешнаш цигахь б1аьрзе дара, цигара схьадаьхкина доцу, уьш кхузахь кхолладеллера, г1енаш а дара кхузара, хьан кхетамах терра кхоллалуш, гушдолчун 1индаг1 санна…

«…ц1еххьана хилча, хала хир ма дацара иза, дацарий? цхьа тешар вацар-кх стаг, иза х1ун ду а ца хууш… иштта, денна-денна дог1уш хилча, кхин хала а ма дац… ца кхеташ хир дац-кх, даций?» – элира цо, цу дашах уьдуш санна, «валар» боху дош а ца олуш

«– хир дац, – элира ас, – самаволуш санна хир ду-кх, кхечахьа самаволуш санна…»

«– иза ца хаьа-кх суна, кхечахьа иштта муха хир ду… набаран тар тесча, кхечахь ду моьтту-кх суна, юха, самаяьлча, хала ма хуьлу…»

хьуна хьайн ваша дагавеара, веллачулла т1аьхьа хьайна гина волу…

«– хьайн классера зудабераш х1ора денна х1унда ца кхойкху ахь, царна халахетар ма ду, – элира ас, – царна хьо дукха ма еза?»

«– суна уьш х1инца… х1инца хьалха санна ма дац… уьш суна ган ца го-кх, мел гича а… довза ца ло-кх суна уьш х1инца, хьалха санна, ган а гуш… генахь хуьлу-кх, мел гича а, цара дуьйцучух а ца кхеташ…»

«– цигахь хилларг ду-кх хьуна, дуьненчохь хилларг», – элира хьан вашас г1енах, ахь эхарт хаьттича

«– нах го-кх суна… дуккха а нах, массо а юрт – г1ишло а йоцуш, цхьанхьа иштта д1аоьхуш… юха хьо хуьлу…»

«– со мичахь… х1ун деш…»

«– цу нахаца волуш санна… цаьрца а воцуш, хьуо цхьаъ, дог1анехула… хьайн г1енашца волуш санна…»

цхьана дийнахь сарахьуо вахара хьо иза йолчу, чуйигаза хилахь, жимма цуьнца 1ер-кх хьуо, аьлла – нанна ч1ог1а хазахетара, ахь йо1аца ханйойуш: «Жимма тар тосу кхунна, хьо д1авахча, – олура цо, – ойланашна г1оле хуьлучух тера ду-кх кхунна», – олий

йо1 хиъна 1аш яра, гуттар а санна, кхура к1елахь, шен даккхий гучу б1аьргашца, диттийн баххьашка д1а а хьоьжуш, царна т1ехула, генна д1а…

«– малх а, бутт а цхьана аг1ор кхеташ хилла-кх, – элира цо, нана д1аяхча, – хьалха хаа а ца хаьара…», – куьйган п1елгаш меттаххьайра, некъ лоьху сагалматаш санна, хьуна уьш цхьа дийна хийтира, тхьевсинчуьра самаюьйлу ненан-куьйган к1орнеш санна

суо кхуза х1унда оьху суна хаа а ца лаьара– цкъа веъна дела оьху хир вар-кх, г1илкхана санна, г1иллакх лоьруш: со ца веъча ца 1алора – суна буса наб ца кхетара; кхуза ца веъча, арахь 1ара, дийнахь иза ма-1арра, буьйсанна суо, цуьнца 1аш санна

«– хьуна гирий сийсара, бутт г1оттуш гирий хьуна?» – элира, шега олуш санна; дикка 1аржъелла ялаза яра, батто буьйса кхолош… бутт х1орда чуьра г1отту моьттура, садукълучу хи бухара – бутт ц1ен бара, дато а боцуш

«– гира, – элира ас, – мархано шиъ бича санна, юккъехула ах а боккхуш…»

схьа а ца хьаьжира: «– гар бен, дицдалар дан а дац-кх!» – элира цо

«– муха «дицдалар»? – ас хаьттира

«– х1ума гина меттиг яц? мичахь, муха гина хууш: адам а, дитт а, урам а… иза иштта юьсу-кх, дуьххьара хьуна ма-гарра, дицдалар дан а доцуш… дицдаларан меттиг яц-кх, мичахь, муха дицделла хууш…, – иза саде1а елира сихха, хеззаш, дехха, – суна дуьххьара б1аьста гир-кх бутт, малхбалера г1оттий хууш, суо чохь йисинчу б1аьста, и суьйре го-кх суна, х1оразза а цхьа суьйре, х1инца а иза… тховса а, дуьххьара сайна ма-гарра…»

«– иштта хьуо хьайца ма йисал хьо…»

«– шеца цхьа а ма ца вуьсу…гуттар а нах хуьлу-кх хьоьца, хьо цхьаь хилча, гуш а боцуш, хьоьца хуьлу-кх, дагарадийца вовшахкхетта, хьох гуш йоцу меттиг а йой, дагарадийца меттиг…»

«– иза ала г1ерта-кх со а, хьуо хьайца ма хила, ала, хьайна безарш цхьаьна боцуш… бераллица хилал хьо, хьуо гуттар а жима йолуш…»

«– уьш шаьш схьа ма бог1у, суна бевзаш а боццушехь… сох шиъ хуьлу-кх: со а, уьзаш а… суо цаьргахула го-кх суна…кхин цхьаъ ю-кх соьца даим, соьга ша со ю а бохуш… цо дуьйцу-кх, ас цуьнга дуьйцуш санна…»

«– буса маха тухий хьуна, наб кхетийта?», – хаьттира ас: суна жоп дала ца хиира, цо дуьйцучунна жоп дала…

«– суна ца лаьа… йицъелла йиса ца лаьа суна…»

«– йицъялар ма дац иза, сада1а г1орта ма еза, жимма хьайна набкхетийта…»

«– стаг ша цхьаъ бен вац бохург бакъ ма дац, даций? хьуна хетий, хьайца кхин цхьаъ волуш санна, хьуна бен кхин гуш а воцуш…»

цунна уллохь – корталех а хьаьрчина 1ачу цунна уллохь – суо жима бер хетара суна, я цхьа жима ховха к1орни, цхьана кхераме, кхерамах кхоьруш, дедда деана жима бер санна

« – гур ду вай, – элира ас, маца гур ду ала виц а велла, – са ма гаттаделахь», – аьлла, иза чуйига нана схьаеъча, лакха т1ехула бутт а гуш

бутт генна лакхахь гуора, мархаш – д1асаяьржина к1айн мархаш – 1аьнан охана долуш санна а хеташ, лай к1елахь 1уьллу охана, стигал 1аьржа латта а долуш.
Цу буса, суо чувоьдуш, юха, чукхаьчча, д1авуьжуш а, оцу йо1ах сайн са хьарчар, со кхета а ца х1оьттира, иза еллачу 1уьйрана бен.
Юха, тезет д1айирзинчу доьалг1ачу дийнахь, 1уьйрана, цу буса иза г1енах гича: «Со ю!» – аьлла, хьалаг1оттуш, журнале хьаьжира со, шо хьалха церан хиллачу.
Цунна дерриш а пхеаннаш дара, наггахь шиъ а лаьтташ.
Масех пхиъ хуьлура, юха – доккха шиъ, дог 1абош х1оттийча санна, ерриг а меттиг д1алоцуш.
Шиънаш литературина дара. Иштта цхьанне а дацара, иштта дуккха а пхиънаш, юкъ-юкъехь шиъ долуш.
Иманина – директоран йо1ана – пхеаннашца деаннаш дара, сих-сиха кхоъ а хаалуш, шиъ цхьанхьа а дацара.

Юха х1инца, Иманина, итталг1ачу классан журнала т1ехь, дерриш а пхиънаш гуора, ас х1оттийна ши диъ доцург.
– Асмаъ мичахь 1аш яра, муьлхачу парти т1ехь? – хаьттира ас, пенах кхозу цуьнан сурт а гина, цкъа хиллачун, еллачун сурт.
Суна дуьхьларчу парти т1ера директоран йо1 хьалаг1аьттира, пена уллохь 1аш йолу, тетрадаш вовшах а детташ.
Цхьа а вист ца хилира.
Со кхийтира.
Шена уллора йо1 а г1аттийна, Имани – директоран йо1 – д1аяха йоьлча:
–Хаий 1е, хаий 1е! – элира ас, сайгара цхьаъ даьлча санна.
Иза ца 1ийра: «Елча а сан кочара!» – хазийра ша д1айоьдуш, т1ехьарчу парти т1е.
Юха сан б1аьра хьаьжира, т1ехьара схьа, еларца.
Ас урок хаьттича – кхечаьрга а, цуьнга санна: «Ца 1амийна!» – элира, корта аг1ор а боккхуш.
Со вуьйхира.

Шоллаг1чу дийнахь парта еса яра, суна дуьхьлара цуьнан хилла парта, Иманица 1ийна йо1 цуьнца т1ехьа 1аш а йолуш.

Суна 1уьйре дагаеара, иза елла хилла 1уьйре.
Цу 1уьйрана, бой санна, дохк кхозучу 1уьйрана (со кхаа дийнахь иза йолчу ца витира – цо аьлла бохура иштта, ша леш суна ма гайта, аьлла), ишколан кертахь лаьтташ (мархаш яцара цу дийнахь), иза елла, аьлла, суна хезначу 1уьйрана, со суо сайца вацара, цхьа кхин вара сан метта, суна шерра гуш а волуш: цу кертахь а – иза 1ийначу, – тезетахь а, кхузахь а волуш, цхьа масийтта волуш санна, юха цхьанна а меттехь а воцуш, ишколан кертахь лаьтташ…

……..стаг ша цхьаъ бен вац бохург бакъ ма дац, даций? хьуна хетий, хьайца кхин цхьаъ волуш санна, хьуна бен кхин гуш а воцуш………………………………….

Юха бутт баьлча, нийсса бутт, шоллаг1а т1ом болабелира, лаьттахь гуш салти а воцуш, стиглахь лела кеманаш бен.
Кеманаш шишша дог1ура схьа, уьш д1адахча, кхин шиъ дог1уш.
Малхбузера оьхура, х1иришкара, цигахьара.
Дерриг а ялх хуьлура.
Юьртан йистошка тухура хьалха, нах юьртахь гулбан санна.
Делкъахан хиллалц иштта кхуьссура.
Т1аккха сарахь, малхбузуш, юьрта чу етта йолайора.
Латта лиэстара, дуьне а цхьаьна, стигал эт1а моьттура.
Декъий буса лехьадора хьала, д1а а буьйсанна духкура.
Ерриг а юрт йодуш яра, барз бохийна зингат санна, гихь а, марахь а бераш а дохкуш, вуьс-вуьсучуьнга даьхни а кхуьллуш, х1усам а кхуьллуш, юрт а.
Ахьа а д1аваха сацам бира, хьайн къена нана а эцна.
Нана йоьлхура, ма йига, бохуш, ма яккха ша махках, бохуш, цкъа хьегначу махках.

«хьо д1а ма г1уохьа кхузара … кху юьртара д1а ма г1уохьа, юхаван ма веза хьан…», – хезира суна цу буьйсана, д1аваха х1умнаш а кечйина, суо вижначу буьйсана.
Со сецира, ц1е хьаьрчича, хьуьнхара уьду акхарой санна, акха д1асауьду адамаш а гуш.
Ерриг а юрт г1аьттина яра, маьхьарий дара, белхарш.
Юрт къора яра, хоте санна, кешнаш санна, чиркх а ца гуш, нах берриш а д1абахнера, х1ора а буьйса 1ожалла йолу къена къаной боцурш.
Кеманаша иштта т1ееттара, стигал а цхьаьна, латта а догуш.
Буса ж1аьлийн г1ара лаьттара, даьхни дара буса 1оьхуш.
Сан гуттар а са кхачийча, дуьне доьхча, иккхича, г1ан-г1енашца кхийс-кхийсалуш, г1ан-самой иэкегаделча, кхин цкъа а сайга, цуьнан озаца, цу йо1а сайга олуш санна: «д1а ма г1уохьа, – хезира суна, – к1иранде т1екхаччалц…»

Шинарин буьйса хетара иза, соьга г1енах саца аьлла буьйса.

Кхин ши де делира д1а, бераллера къанваллалц стеган оьмаралла деха ши де.

Еарин буьйса т1ех1оьттича – суна г1ан тида ца хиира, – ас д1аваха сацам бира, сахуьллуш новкъа вала.
Нана йист а ца хилира: «Кхин гур яц-кх суна Дег1аста… Дег1аста кхин гур яц-кх суна…», – элира ша д1аюьжуш, ша д1айижа дехьа чу йолуш.
Юха, 1уьйрана, сахилале, хьалхара н1аьна кхайкхича, нана хьаян х1оьттира со, не1 херъеш, ц1е а йохуш.
Мохь иккхира, орца санна – со вацара, цхьа кхин вара, – кхин вара сан ц1арца кхойкхуш: нана еллера, бер санна, ненан кийрахь 1уьллуш санна, бета буьхье голаш а яьхьна, куьйгаш т1е – корта а.
Каш буьйсана даьккхира ас, шоьтан буьйсанна, цхьаллехь.
К1иран буса йоьллира д1а, за1ам а я кадам а боцуш.
Юха дог1анехь, дог1анехула, кешнашкара – юрт а йитина – воьддушехь со д1акхаьчча, нахана т1аьхьа, уьш соьцучу, эзарнаш адмаш дара, т1екхочуш буьйса а йолуш.
Наха ц1ераш летийнера, ц1еран серлонца салтий а бара, дуьхьлара некъ бихкина лаьтташ.
Де делкъана к1адделира, т1ехула хьийза кеманаш а гуш.
Салташа герз долийра т1аккха, ха долчуьра нах къахкош.
Латта иккхира шозза-кхузза, кеманашна т1аьхьа к1ур бисира, лар туьлучу кеманашна т1аьхьа – г1ар яьржира, керчаш санна, бомбанийн лелха г1ар.
Декъий дара, меженаш, стиглан 1аьрше г1ийтта мохь, дан воцу орца, къематде, г1а лехна оьгу адамаш а.
Адамаш юха д1ахьаьлхира, салтишна т1е, ха долчохь.
Герз деттара, хаддаза герз, дехьа-сехьара т1е а уьдуш, когашна к1ела, коьрта т1ехула, т1еман техника дуьхьал а кхуьйсуш.
Юкъ-юкъара цхьацца вужура: «Йа-а Аллах1!» – мохь а болуш.
Воьжнарг иштта 1илла вуьсура, когашна к1ела, хотталахь.
Цхьа дакъа генна д1адахара, хьаьттаро хьо чалх санна, и дерриг ха а хьошуш, д1асауьду гуш салтий а болуш: «Т1етоха герз», – дека омра а.
Цу нахаца, нехан хьаьттарца, Дибир-юьрта* хьо д1акхаьчча, стигал т1еязлуш санна, т1еда дазлучу дерзаца, т1ейог1уш буьйса а йолуш, шен рожехь, раж эцна, дуьне охьадилличхьана ша йог1уш ма-хиллара – кхин х1ун дар-кх цуьнан дан, х1ун дийр дар-кх буьйсано: «Тхан кеманаш дац уьш, – бохуш, – бомбанаш оха ца тоьхна, Гуьржехара кеманаш ду», – Россин мохь хезачу буса, къорачу буса, къерачу, мел велларг кхойкхучу буса, мел вайнарг лозучу……………………………………………………………………………………………………………………

«– нах го-кх суна … дуккха а нах … цхьанхьа иштта д1аоьхуш … юха хьо а хуьлу … дог1анехула … хьайн г1енашца волуш санна…»

…сайн г1енашца, г1енаш… сан дахар мичхьа дар-кх, мичхьа ду-кх хьан хилар а…х1ара г1айг1а а, эзар г1айг1а… вайх йисина 1уьйре а… «диц ца ло-кх цхьа х1ума а, цхьа х1ума а диц ца ло-кх… мичахь, муха дицдина хууш, цкъа хилларг, б1аьргашна гуш…»

1997-2005 шш.

*Ст. Орджоникидзевски

Вайнах №3-4, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх