Бексултанов Муса. Кехат

Дийцар

Цу аьхка, со итталгIачу классе хьалаваьллачу I97I-чу шеран аьхка – сан ялхийтта шо дара хIетахь, – июнь беттан цхьана буьйсана, тхайн классерчу зудаберашна нехан кертара черешнеш а лечкъийна, тхо дIасакъаьсташ, цхьа мерза хьиэгIам буьсура тхоьца, дуьххьара санна, хIорраза а, цхьа хIун ю ца хуу гIайгIа, цхьана ирсе-м сатийсар, тахна-тховса хила дезачу, гуш санна хеташ, хезаш санна, хIара ю ала яккха цIе а йоцуш, хила дезачу цхьана зовкхан, тхайн классера мел йолу йоI, хIора а тхуна еза а луш.

Цхьа доьзал санна дара-кх тхо, цхьаьна хьалакхиъна доьзал санна, массо а буса вовшах а кхеташ, баьллаш а юуш, дийла а дуьйлуш, дIасакъаста доьлча, къаста ца луш, юха-юха соьцуш, чуччахьийзаш, вовшашца цхьаъ-м дицлуш санна, вовшашка ала дезаш долу, ала ца луш, сецош долу, ца даьхьаш, къехкош долу, синхьегамца дехаш долу, метта буьххьехь кхобуш долу, цхьа хIун ю а ца хуу гIайгIа, цхьа хьегар, хьежар, дIаала воьлча, ала ца лууш, ницкъ ца тоьаш, дешнаш, хьайх кхоьруш, хьуо хьайх санна. Юха цу буса, оцу цхьана буса, зудаберашца баьллаш а йиъна, цIеран гонаха са а хьийзийна, шиъ доллуш со чувахча – тата ца дан, байн ког ловзуш, неI дукха еха, меллаша, кIажи тIера хьалаойуш, IиндагI санна, тIе а теттина, со дехьа чохь къайлаоьккхуш:
– Буса леларг! – кхайкхира дада. – Буса леларг, кхана лам чу даха кечдел хьайн дегI… стохка-м Iехийра ахь со, хьайх воккха молла хир ву, аьлла, Шинасуьйра – Юкъе деша а вахана…

«Лам» боху дош схьахезча, суо волччахь Iадийра со, кхин дIа ког а ца баккхалуш: «лам» бохург, хала хIума дара, вала вижжал хала дош. Лам суна чIогIа кIордийнера, суо бер долуш дуьйна схьа, хIора а аьхка жехь ваьллина, гурралц цIа а ца вохуьйтуш. Суна балл а, Iаж а, туьрк ца гуора, я паста а, хорбаз а, гуобаьккхина лаьмнаш доцург, дажо деза кIайн жа а. Ас уьш дукха дажийнера, беттанашкахь, шерашка, цкъа БIовлахь, ТIерийчохь, Хилдехьахь, Нашхахь а. ХIора а де лорура ас, хIора а сахьт а, суьйре, буса, вижича, гIенаш а гуш, тхайн класс а гуш, мехкарий а. Iуьйрана суо хьалахьавича – гIенах самавоккхуш, – суо лам чохь каравора суна, велххал аьлла, дог а духуш. Юха, халла хIума а йиъна, жана тIаьхьа хьалаволавелча, ма-хуьллу лакха волура со, лома буьххье, коьрта тIе. Цигара охьа ярташ гуора, машенаша йоху ченаш а. Итум-кхаьлла Пкъерара гуора, Никарара охьа – цхьа кхин юрт, Хола- Коьртара буса цIе гуора, Соьлжа-гIалин йисттера цIе. Цу ярташа са хьостура, ойла яржайора, дог а детталуш. Юха суьйренга сатосура, буса гундолчу гIенашка.

–––––––––––––

– Ахь, наха санна, стохка Къоръан а, мехьалш а Iамийна хиллехь… – элира дадас.
– Тхо цига дIа-м ца кхечира, цу мехьалшка…
– ХIинца кхаьчна-кх хьо цига, вало дIавижа, дукха Iуьйрре новкъавала веза, – дада дIатийра.
Со меллаша дIавижира, дехьа чу а вахана, кхин набаран суй а ца кхеташ. Суна Юсуп дагавеара, сайна хьоьхуш хилла молла, юха цуьнан кIант а, сан хеннара. Баттахь гергга хан яйича: «Деллахь, кIант, – элира соьга Юсупа, – ма хала дара-кх, хьох Iеламстаг а хилла, ахь сан цIе кху ДегIастанахь малхалаяккха… ламазан арканаш мукъна а Iамадехьа, хьан дех эхь ду-кх хIара, дIадуьйцучух ца кхеташ, хьо санна мутаIелим ца хилла-кх сан цкъа а», – аьлла. Цо дуьйцучух со боккъал а кхета а ца кхетара: «Лам къовла, лам хьалаоза, ламан тIе ла, – олура цо, – хIиэна кIела хIи», – олий. Суна лам бевзара, лам муха бу а хаьара суна, амма, бакъду, «лам» къовлий, «лам хьалаозий» бохучух, и Юсуп а, со а – тхойша ший а велла гараваларх – со кхета-м ца кхетара. «Васвасил ханнас, – олура Юсупа, – тIаьхьара ала, кIант!» – сан бIаьра а хьожий. «Васвасил-м цхьаъ хир дара, – хетара суна, – «ханнас», бохург хIун ду техь-кх!»

Юсупа дийцина долу ламазан арканаш Къоръанал хала хиллера: хIора Iуьйрана (сахиллалц дачанашкара нехан Iежаш а лечкъийна – цуьнан кIант а хуьлура соьца), нIаьна а екале, моллалла кхайкха дезара сан. Юха, массо а пха а бусийна а, мел чIогIа ас мохь тохарх, Юсуп реза а ца хуьлура, суна тIаьхьа ламаз дан.
– Мохь ма беттахьа, кIант, – олура цо, корта а ластабой, – дукхавахарг, ма беттахьа мохь! Кхайкха ма-веззара моллалла кхайкхахь суна: «Аллахьу Ойкабар» а ца бохуш: «АллахIу Акбар», – ду хьуна иза – «АллахIу Акбар!», – кхийтирий хьо хIинца?
– Кхийтира, – олура ас.
– Кхета-м дера ца кхетара хьо, – хьалагIоттура Юсуп, моллалла кхайкха а волалуш.
Ас тIаьхьара олура.

––––––––––––––––

Со цхьаьнцца а ца къаьстира, суо Iуьйрана лам чу воьдуш: суна хала дара цаьрца къаста – сайн классерачу берашца, юха цаьрца а, тхайн мехкаршца.
Со хьалавахара.

––––––––––––––––

– Эш-шай, – элира дадас, тIаьххьара лам тIе а баьккхина, тхойша охьанехьа чувирзича, хьацарна пхьош а хьокхуш, – хьо ваха, кIант, ирхе яккха санна хала-м охьанехьа вар а ма хилла хьуна… Биболт волчу жимма са а даьIна, хьала тIе вер ву вайша метта-метта1, хIара тов жимма лахъялийтина, – аьлла. Тхан жа дара цигахь, лам чохь, жехь воллуш ГIизлара цхьа суьйли а вара, Рашид бохуш цIе а йолуш. Дадас тешаме стаг ву олура цунна, цхьаьна накъост ца хилча а, жаца вита мегар долуш ву, олий. Цуьнан тешамах дерг-м ца хаьара суна, бакъду, жаца кIезиг бала болуш стаг-м вара иза, хIуманна цхьа а гIайгIа йоцуш, де дIа а даьлла, суьйре тIееъчхьана, кхин цхьа а сингаттам а ца бевзаш. Ас бала а хьоьгура цуьнца, иза цхьанна а хIуманна тIехь накъост ца хуьлуш, дуьххьалдIа хьоьца цхьаьна воккхах ву алар бен.

––––––––––––––

– ХIуйт, дейиса, Рукъихьат, хьан, хIара Хилдехьаройн лам ма дIатуху-кх ахь, – кхайкхира дада, бедана тIехь цхьаъ деш йоллучу йоккхачу стаге. Йоккха стаг хьалатаьIира, хьаж тIе куьг а лоцуш.
– Ваттай, сан Дела, кIант, хьо вац хIара! Дела дахка шу марша, – дуьхьал охьайолаелира иза, – сан болх-м хаац, хьо-м кIезга кхочу хьуна кхуза, – аьлла, бегаш барца, дадина мара а кхеташ.
Уьш кхуза стохка баьхкинера, со воцучу аьхка, шайн йолуш йолу уьстагI-бежана а ялош. Кхузахь Iа а даьккхинера цара, мангал а хьаькхна. Дадас дуьйцуш хезира суна: «ХIинца-м, сагатделча, чу-аравала Биболт а, Рукъихьат а дара цигахь, хьалха санна цхьа эрна-арахь а ца хета хьуо, буса церан богуш чиркх гича».

Дечиге ваханчуьра Биболт чу а веъна, хIума а йиъна, дадас цуьнга: «Хьун кхачо-м ца гIерта хьо, ва къонаха! СадаIа жимма, ладугIуш хила оцу дегIе, дуй, цхьа цIеххьана дуьхьал долуш Iедал ду хьуна цуьнан, вочу зудчун санна, шех бала беш къонахчунна», – аьлла, бегаш а бина, тхойша араволуш гира суна йоI, цхьанхьара, тилъеллачуьра схьакхаьчча санна, цхьа цеце, сема, акхачу хIуманна хьажар а долуш. Иза цхьа чIогIа тамашийна а дара, оццулла генахь, лам буьххьехь, суна иштта йоI гар, сел ойла йоьхна кхуза валийначу, сайн хеннара, жима а хеташ, юха цхьа хийра, генара а.
ЙоI шозза-кхузза хьаьжира соьга, дуьххьара гучу адаме цецдаьлла хьоьжу экха санна, корта жимма дIа а хилош белшашкара. Цо цхьа хIума лоьруш санна хийтира суна, я цхьа хIума толлуш санна.
Дада Биболтана мара а кхетта, схьаверзале, едда цIийна тIехьа иккхира иза, кога буьхьара, яйн, массехаза кхоссаелла – эхь хетачух тера дара цунна, маршалла хатта эхь хетачух.

–––––––––––

Рашидана чIогIа хазахийтира, тхойша метта-меттахь карийча:
– Дали Къоръанора, Сайд-Мохьамад, стаг гучавар волуш ма вацара шух, – элира цо, ма-варра тIекхетта, къовллуш дада мара а воьллина, – хIара кIанат Лема вуй? – рюкзак чуьра хIумнаш четар чохь дIанисъеш воллучу сан букътIехьашха вист а хилла.
– Вац. ХIара важа ву, – элира дадас, – молла ву хIара, – аьлла.
– А-а-ай, Джабраил ву хIара, сан доттагI! Хьо хIун даш вара оццалла… схьаволли, маракхетал цкъа сони!
Со маракхийтира, цадогIучу дагца.

Суна синкъерам бацара хIара, Рашидана санна, ехачу аьхккано гуш а, хезаш а стаг а воцуш, кхаа-беа баттахь жехь валла везар. Сан са дерриг а – ойла а цхьаьна – тхайн юьртахь, кIотарахь дара, тхайн классерчу берашца. Дадас Рашиде цхьана тайна2 урс хьакхийтина, кхаьрзина дог-пах а диъна, тхаьш дIадийша дIасакъаьстича (четара чохь дадий, сой – Рашид жа йистей), суо боккъал а лам чохь вуйла хиира суна, бегашийна а доцуш. Хиира, хIара берриг а пал юха а дIаболабеллийла: Iуьйрре гIиттар, Iаржъяллалц чу цавар, тIаккха хи дан дезар, юха жIаьлешна доьша дар, хIоразза а – дIавижале – кечъян еза юург а.

Со жимма Iиллира иштта, и декъаза ойланаш а еш. Суна и йоI дагатесира, едда къайлаиккхина йолу: «Цо мукъа а хIун леладо-те кхузахь, кху дуьненчу а еана, шена цхьанхьа маре а яхана, кIелхьара ца йолуш», – аьлла. Суна, цуьнан ойлаешшехь, наб кхийтира.
Суна гIенаш а ца гира, Iуьйрана суо меттахъхьевен Рашид воцург.
Доккха де даьлла хиллера, со вижина Iуьллушехь. Жа а дIадахнера метта-меттара. Дада а вацара. Иза юха охьавахнера. Ши жIаьла Iуьллура лакха йистте, четар долчу охьа а хьоьжуш, тхойшиннах цхьаъ хьалаволаваллалц, бохуш, сагатдеш. Со ги хаск3 а доьллина – цу чохь юург яра, – гIаж буйна а лаьцна, дIаволавелира, Рашида (тахана тIера мода-хIума а йоккхуш) чохь Iийр вара ша а, аьлла.
Суна Рашид кхин оьшуш а вацара, дохк деана де ца хилча, и лам чIогIа паргIат меттиг а яра жа дажо, цу балхана со дика а Iеминера хIокху масийтта шарахь.

Жа шайн муккъа лелийтар дара коьртаниг, уьш доьлхучу тIаьхьа дIа а оьхуш. Генна лакха хьала а ваьлла, дежаш доллу жа а гуш, цхьана гу тIехь охьавижира со, турмал схьа а яьккхина.
Суна хазахетара, турмала хьоьжуш – цо сингаттам байбора, лаьмнийн баххьаш, тархаш, хIора Iин улло тIе а далош. Юха, массо а метте хьежна ваьлча, лаха охьахьажийра ас турмал, БиболтагIеран кIотара: уьш хьалха, нах цIера бахале, юрт хиллачохь Iаш бара, тхан жа лакхахь а долуш, лам чекхболлучохь.
ЦIен коч а йолуш, зуда гира суна, шина ведарца хи тIе йоьдуш. Иза и йоI яра, селханлера акха йоI. «Кхо хIун леладо – хийтира суна, – кху Iовдало, лам буьххьехь, цIен коч а юьйхина».

––––––––––––––––––

ДоьалгIачу дийнахь, Iуьйранна:
– Даллахьи, Джабраил, Рукъихьате хьакхамаш дайта гIуохьа, хIара гордилаш4 яа ца ло-кха соги,– элира Рашида, – цигахь вай ши галай дама а ду хьони. Биболтан йоI хьайна яйчи… охI, цхьа ламанан масар ю-кха, цхьа акха гази, – аьлла.
Хьокхамаш чу дахка цIена гали а эцна (берхIитта – ткъа хьокхам гижа5 а тоьхна), сайн юха тIебаккха безачу ломан ойла а еш, гIийла охьалестира со, хIара бала иштта такха безаш бу-кх кху аьхка, гуьйре тIеяллалц, олуш, сайн дагахь, ойла а еш.

Биболтан уьйтIа кхаьчча, кхайкха дийзира, чу-араволуш стаг а ца гина. Лохачу гуранна охьа а таьIаш (даьхнашца Iачу нехан цIийнан неIарш лоха хуьлура), араелира селханлера йоI.
Со сацавелира, вист а ца хуьлуш.
Иза а лаьттара, боккха ши бIаьрг а биллина.
– Рашида… цхьа хьокхамаш… шун нене, – хазийра ас, воха а воьхна, соцунгIа дахделча.
– ХIа-а, хьокхамашший… чувола, нана хIинца… – йоI сехьаелира, суна некъ бита.
Со хьажар а доьхна, висира, сайна цкъа схьагина иза, ша ма-ярра ойланехь а соцуш.
«Муха… кхузахь иштта йоI… хIунда…»

– Хьо Лоьмин ваша ма ву… – лацаделира тхойшинна юкъахь.
– Ву…
– Хьан цIе Джабраил юй? – юха а.
– ХIаъ…
– Суна Лоьмас вийцинера хьо.
– Лоьмас … хIаъ… маца… хIа-а… – со цуьнга дIахьаьжира.
– Стохка…
Ас хIумма а ца элира. Цо юха а цхьаъ хаьттира. Суна ца хезира. Суна шозлагIа а, ойланехь, цкъа схьа ма-гарра дуьхьал хIоьттира иза ерриг а.
«ХIан-хIа… иштта муха хуьлу, кхузахь иштта йоI…»

–––––––––––––––––

Суна ца хаьа, цул тIаьхьа хIун хилира. Цуьнан нана схьа а еара. Хьокхамаш а дира. Цхьа хабарш а дийцира оха. Ас хIума а йиира. Юха со тхайн жа лаьттачохь вара, малх чубузуш.
Раиса боху цIе а яра соьца, цхьанхьа-м хезна я сих-сиха карлаюьйлуш.

––––––––––––––––––––

Суна дуккха а аттох хир дара цуьнан сурт дилла, вуьшта, дешнашца дуьйцучулла а. Иштта йоI суна ган а ца гинера тхайн юьртахь а, кхечахьа а.
Цхьа акха аьрхалла яра цуьнца, цхьа цеце аьрхалла, нехачух тера йоцу я суна хIинццалц ца гина йолу. Iаьржачу аматехь хетара иза, боккха гIуьржа ши бIаьрг а болуш, лекхачу дегIахь. Буткъа нийса мара бара, чекх са гуш санна, аьрха, цхьа детталуш меран тIемаш а долуш. Цуьнан ерриг юьхь а хетара юткъа, тIеяьлла, марий, ши бIаьрг, цIен севсина жима бат бен, кхин хIумма а ца къаьсташ. Ерриг хазалла, я инзаралла, я ойла цхьа Iадориг и буткъа, нийса мара хетара я меран сизаш, цхьа ша-шах къаьсташ долу, ша-шах кхолладелла, кураша6 куьман санна, жимма тIедаьлла меран дукъ а, юха деттало меран тIемаш, садеIар, дехьар, цара сецо карзахалла я карзахе кхайкхар.

ТIаккха бIаьргаш, гIуьржа, сирла, догIанах яссалуш, кхуззахь, эццахь сийначу стигалца соьцу мархийн к1айн дакъош санна, йоI-бIаьргана гонаха къега сийна-мокха буьртигаш я жовхIаран цинцаш. ЦIех етта, цIех юкъаелла, цIийца юьзна, кура, жима бат; балдийн дестар, дусадалар, балдаша кхуллу сонталла, цаяшар, цхьа омра оьхьу куралла а. Логах къеста – яьIна, дегIацара уьду накха, хенех къехка болар, боларца уьду йоргIа, цуьнан ерриг а ийялар, гIатта гIертар, хIора меже ша-ша йийлар – хIан-хIа, ас къоламца кехата тIехь дилла мегара цуьнан IиндагI, цу IиндагIан масех сиз, цхьана сизан аьрхалла, ткъа дийца воьлча, сайна кхолла я гинарг дешнашца ала – дош ца тоьа, вастаца дуста я васт гайта басарш а.
–––––––––––––

Ас кхо де даьккхира, иза ца гуш, ца кхеташ, хила даьлларг я хилларг, маца, хIун ду а ца хууш.
Суна хала дара. Суна иза ган лаьара. Суна хьежа лаьара цуьнга, дуккха а хьежа, нийсса дуьхьал охьа а хиъна, цкъа а тIера бIаьрг а ца боккхуш, сарралц иштта хьоьжуш Iан, юха хIора а дийнахь, юха массо а хенахь, юха гуттар а иштта хьежа. Суна денош дара, цхьаъ вукхунах тера долу, бохь сира лекха лаьмнаш а, дуьхьал дежа кIайн жа а, лила санна сийна стигал, цу стиглан уллохь хиларо лаьмнийн баххьаша кхулла цхьа еза-йоккха локхалла а, тIаккха деган деттадалар, синан цхьалла, ойланийн паналла а. Суна еза лаьара, хьега, ган лаьара, уллохь хила, дIа ца къаста, шабарш хаза, доху синош, деса къуьрдаш, бIаьргийн хьежар, къардалар, бIаьргийн цхьа гIийла кхайкхар.
Ас кхоалгIачу Iуьйрана, жана тIаьхьа дIавахале, Рашид дикка генаваьлча, богийна тIера тIулг хербира, чохь хьокхамаш долчу богин. Суна хаьара, жIаьло уьш дуур дуйла, я метта-меттахула, це а етташ, дIасакхусур дуйла, кхин эца пайда а боцуш.

Со юха а охьакхечира, гихь гали а долуш.
ЙоI яцара. ЙоI деца некъ тобан яхана хиллера, лахахула дIабоьдуш болу, хьалха хилла болу шира некъ. Со дуккха а Iийра, хьокхамаш девлча а. Суна дIаваха ца лаьара. Ас шолгIа а хIума йиира, езаш санна, ехха, ца волуш, ца вузуш, ца деззашехь, чай муьйлуш.
IиндагIаш охьалестира, дахделира IиндагIаш, IиндагIаш хьаладирзира дуьхьларчу ломах.
ЙоI хIета а ца кхечира. Ца оьшу бехк а хьахийна, шу хьийзадо а баьхна (Рукъихьата суна дов а дина), юха а хьоьжуш, дIавахара, хьостана тIе кхаччалц.

ТIаккха циггахь сецира, жимма садаIа, меттаван, цунах йолу ойла Iабо.
Иза гуттар а кхузахь гуора, турмал чу хьаьжча, хи тIе йогIий, хIумнаш юьттуш я иштта дIа, тIехйолуш. Саба Iуьллура тIулга тIехь, цо хIумнаш юьттуш долу, цхьа къорза бехчалг а, горгам санна, хьарчийна.
Юха хьалагIоттуш, хьалагIаьттича, дIавахале дIасахьаьжча, со хиъна Iачу лакхахь, букътIехьашха, ирах баханчу берда тIе: «Асалиева Раиса I970 шо. Август», – цо яздина, стохка, ша дуьххьара кхуза еъча.
«Асалиева Раиса… Асалиева», – ас куьг хьаькхира берда тIе, берд шийла бара, цхьа хаза шийла.
Суна а лиира тIаккха, иштта, цунна уллохь сайн цIе йита: «Эскиев Джабраил I97I шо».
Ца яздира. Эхь хийтира я дозалла. Иштта мегар дацара, цунна цхьаъ моьттур дара, иза кхарда там бара.

–––––––––––––––

Суьйре юлура. Суьйре сингаттаме яра. Суьйре дукха еха хуьлура.
Суна буса дика хетара.
Буьйса сан яра.
Со буса мукъа хуьлура, набкхетталц цуьнца хила, хабарш дийца, бIаьра хьежа, хIора амат карладаккха.
Юха буьйсано воьра, карзахвохура буьйсано, буьйса тамашийна инзара яра, бIаьрго ма-лоццу, таррашца ирделла, Iаьржачу лаьмнийн баххьаш а къаьсташ; цхьанхьа, генна бухахь, дуьне мел лаьтта, детталучу, лиэтачу, чахчарашца гIергIачу Органан йовхарш механ асано юкъ-кара лере а кхоьхьуш; ерриг а стигал – маха Iотта меттиг а йоцуш, – кеглуш, аталуш, тиэIаш, лиэпаш, довш, леш долчу седарчаша дийнна хIума санна, меттахъхьееш, охкуш, юуш, куьг кхочче тIеялош, юха, тоттий, генайоккхуш.
«Iу-Iу-Iахь», «пах-хах», – дарца, дуьзна, синош дохуш, нахаршца сагатдеш, беттан буьхьигаш лаьтта гIортийна, хIора а ша-ша санна, даьржжина Iохку дато жа.
Лахахьий – лакхахь я дехьий-сехьа, тIоьдаш тIе корта а биллина, цхьанхьа жий Iаьхча я нана лохуш Iахар, гIийлла корта хьалауьйуш, наггахь «гIалх-гIалх» деш, юха а иштта дIатуьйш, вовшашна ген-геннахь гIенашка дуьйлу ши жIаьла а.

ДIога бухахь, кIотарш йолчу лахахь, къуьда богучу жимачу чохь, тоххарехь набкхетта я хIинца а йижаза, йовхачу чохь, хьаьрччина, ша-шеца йижина Iуьллу цхьа цеце кура йоI: «Асалиева Раиса. I970 шо. Август». ХIунда? ХIунда хуьлу иштта хаза я стенна кхуллуш ю, юха ган а хIунда го, гуш хилча, хьан хIунда яц, хьо хIунда кхоьллина тIаккха! Са хIунда гатло гича, я ца гуш, хьеелча, хIунда езалуш ю оццул хала, хIунда еха хьоьца, са кхолочу бIаьргашца, де даьлча – денца, наб ца еш – буьйсанца. Юха еза а ас ала деза, цунна шена хаа ца мега, цо ала ца мега ша; иза схьаян ца мега кхуза, хьо воллучу улло, суна юххе охьахаа, настарш дIа кIел хьарчош, цхьана куьйгаца дIатаьIаш, лакхара охьа тIе хьоьжуш. Дерриг а иштта хIунда нисло, юхамаччахьара? ХIунда?

––––––––––

– Схьагайтал, Джабраил, хьайгар а турмал, – элира Рашида, суна юххе охьа а хууш, – дIавала, яра боккха синкъерам бу хьони, а йоI кхуза хилар, цунга хьоьжуш, де тIап олий, чекхдалу сан, – аьлла.
Суна чIогIа ца дийзира, цо Раиса иштта юьйцуш я иза цуьнга хьоьжуш а.
– Со акхарошка бIаьрг тухуш ву, – элира ас, – собардехьа, – аьлла.
– Дали Къоръанор, сохки ахкано Лоьмас хазахета цкъа а турмал кхачайтани ма яц соги, … хьайтал цкъа, – цо турмал дIаийцира, куьг кховдийна, сан карара дIа а йоккхуш.
– Iайт, да ма дала-кх хьо балхан далиI, хьийзаш-м далар ю, бедана тIе а яьлли, – Рашида турмалан пирг хьовзийра, сурт кхин а гергадало, – вахаш-м ца валлара хьони, куьйрано къора кхокха санна… хьан ханнара, дависарг, хьан ханнара а волуш…

– Рашид, Рашид, – элира ас, – схьагайтахь, схьагайтахь дIога… дIога хьуьна йисте… акха гезарий ю моьтту суна, схьагайтахь сихха…
– Мичахьа, хьуьна йисте, гази окху ханихь тархашца йижана хулу, ва кIант…
– ДIога хьажахь, дIога, гайтахь соьга, гайтахь, – цуьнга кхин дIа а ца хьожуш, цо сайгара санна, куьйгаца турмал схьаяьккхира ас, кIирвелла юха дIаса а хьоьжуш, наггахь Раисе а.
Суна чIогIа дастам хетара, къанвелла волу Рашид – цуьнан зудий, ши бер а дара – Раисе турмал хьоьжуш.

––––––––––––––

Аьхке чIогIа йовха еънера, кху шарлера аьхке. Йовха хилча, хала хуьлура, уьстагIашна нIаьний а деш. НIаьна бина уьстагI, дап-дип деш, ког лаьттах беттарца, масех гуо а тосий, ма-баддалу бодий, хьуьна юкъа чуоьккхура, генна лахахь йолчу хьуьн чу, хьо валарх, кара а ца беш. Товна хIоьттина лаьтта жа, ялх-ворхI бIе уьстагI, де шелделча, дажа дуьйлалора, лам мел бу дIа а даьржий, шаьш хиллачуьра гена а дуьйлуш. УьстагI юха кара ца бора, нагахь иза ша цу хьуьн чуьра ара ца баьлча. Сан масех уьстагI байра, цхьа ка ас бен а буьйш.

Куьмана тIулг кхетта хиллера, суна хаа а ца хууш, букъан бист кхачалуччохь, букъан тIехк а, дума а лоцуш. Цигахь юха нIаьний динера, сесий санна, сийсаш, кортош бен гуш а доцуш.
Дечигах буткъа зайл а бина, уьш схьадаха волавелча, ас нIаьна хьалабаьккхинчохь, урс тоьхча санна, цIий хьодура, вуьйш нIаьний ган а ца гуш. Берриг и болх бухура тIаккха. Шина дийнахь собар а дина, кхозлагIчу дийнахь керолин доьттира ас нIаьнешна тIе. Уьш дерриш а схьадевлира, йоккха кIорга чов а юьсуш.

Ас чевна тIе а доьттира тIаккха керолин, кхин а, кхин а тIе а дуьттуш, бухарниг худаделча, чов юха а хьала а юзуш.
ДоьалгIачу дийнахь белира ка, керолин кийра а даьлла, ерриг чоь а ягийна. И тайпа хIуманаш дукха Iитталора: йочанаш яхъелча, жа астагI дуьйлура, тов хIоьттича – нIаьний дуора.
Дика дежаш дохкучу жана юкъе хьо дIахьаьжча, музар боьлча санна, Iахар а, ка а, уьстагI а, гуотуьйсуш, кхиссабала боьлча, нIаьний динийла хаа дезара, оцу сохьтта ахь, тIекхетта, схьа ца лацахь, нийсса охьанехьа чу а хьодуш, хьун елахь – хьуьна чу, хьун яцахь – чIожаца охьа, тIуьна меттиг я IиндагI карадаллалц сацар а доцуш.

Иштта бедда болу уьстагI, буса тIе а буьсий, барзо боьра, тIергIан кIайн чоьш бен, кхин доь а ца карош. Оццул со жехь лелаш, цкъа а газана нIаьна бина ца гира суна, жIаьлинчул башха.
Ткъа гезарий – къаьхьа хиларш – мел сийдоцуш яра аьлча, хьан бIаьрг тIера а болийтий, йовдий, хьуьн чу лелхара, дитташ тIера гIаш даа, хьо тIаьхьа ведча, хьуна хьалхара дIа а уьдуш. Бакъду, кхано, шаьш юьзча, хьуьна чуьра ара-м йовлура уьш, амма жа гена даьлла хуьлура-кх, хьо юха а царна тIаьхьа ваха везаш, цу гезаршна.

Ши-кхо уьстагI, нIаьнеша са сов а даьккхина, иштта бедда бахана болу, Биболта Iалашбинера тхан, сарахьуо уьш, де шелделча, хьуьн чуьра арабаьлла а гина.
Юха и дерриг а жа лахенца охьа ца дигча, уьстагI жах ца кхетара: я гихь бан безара, оццул болу лам а боккхуш, я говр а лаьцна, нуьйрахь, бертал цу тIе а бихкина.

––––––––––

– Во-о, Рашид, Джабраил! – Биболтан мохь хезча, дог карзах тохалора сан, цунна уьстагI карийний а, сайна Раиса гур юй а хууш. Массийттаза хиллера иштта, тхойша дика довза а девзаш, – сой, Раисий. Тхойшиъ чIогIа гергара дара, вовшашна са а гатдеш.
Рашид БиболтгIаьрга хIума яа чувоьдура (жа охашимма охьа ма лохкурий), со уьстагI жах а тухий, хьостана тIе дIавоьдура, Раиса схьаяллалц, бохуш: «Чу а волий, юучух кхета», – Рукъихьата бетта мохь а хезаш. Кхин ванне а со чу ца веъча (со дIалечкъара), нанас Раиса йоуьйтура, бовха хьокхам, тIо а бохьуш. ТIаккха тхойшиъ цхьаьна Iара, Раисас цхьацца хIумнаш а хоьттуш. Цо гуттар а юрт хоьттура, да-нана а, йиша а хоьттуш. Ас цунна дерриг дIадуьйцура, тхайн класс а юьйцуш, ишкол а, тхайн цIа а, чоь а, сой, Лоьмий Органа тIе лийча эхар а, бIаьста оха лечкъош йолу баьллаш а тIехь.
Иза йоьлура.

Иза елаелча, хала хуьлура. Иза ша-шена санна елалора, шен ойланна йоьлуш санна, ши бIаьрг цхьана кхечахьа генна, кхузахь а боцуш. Суна лаг гуора, кIайн цергаш, беснеш тIера кIаьгнаш, дайн дегадо бIаьрацкъоцкъамаш а. Со цуьнга хьаьжжинчохь вуьсура тIаккха, иштта цуьнга хьаьжжинчохь, цхьана хIумнах-м – сайна хIинца а ца хуучух, – ца хуъушехь хьега а хьоьгуш. Суна цуьнга хьежа хала хуьлура, ца хьажа кхин а хала а долуш. Иза ерриг цхьа шера яра, цхьа хаза шера, ерриг цхьа горга а хеташ, хIора меже ша-ша горга: горга лаг а долуш, пхьаьрсаш а горга, горга голаш а, шуьран чопа санна, кIайн чкъор долу хаза настарш а, йоьттича санна. Цунах цхьа Iаь гIуьттура, цхьа йовха, кIеда, мерза Iаь, хIинццалц суна ца хезна йолу зезагийн тамехь Iаь. Иза ерриг а сурт санна яра, гIенакхоьлахь гина сурт санна, гушдолу сурт бакъ цадалла, цатешалла бакъ а долуш. Сан бIаьрса бIарзлора тIаккха, цуьнга хьоьжучу сан хьажаро цунах кхин васташ а кхуллуш, цкъа хинйолчу хенашкахь гуш санна юха карла а юьйлуш. Сан бIаьрсина гушйолу иза, йоцуш санна, гена йолура, иэсера дагалецаме йоьрзуш, цигара юха – бIаьрахьалхахь. Иза цIеххьана соцура, йоьлучуьра лаца а луш, бере санна, соьга схьа а хьожуш, даим шен дагахь долчу цхьана жимачу бере санна.

– Ма дика ду-кх, Джабраил, хьо кхузахь волуш, сан чIогIа сагатлур ма дара, – олура тIаккха, нийса сан бIаьра а хьожий.
Со цунна жима бер хетара, шен хеннара кIант а ца хеташ, иза уггар а хала а дара, со цунна жима бер хетар, бераца санна, ела а йоьлуш, ловза а ловзуш, сан кийрахь мел Iаь1нарг, мел кхехкарг ган а ца гуш.

––––––––––

Иштта йоьлий, ловзий, суна дуьне а, лам а бицбой, со гуттар а карзахваьлча, дIа а йоьдий, охьахуура, со волччохь Iадда а вуьтуш, марайоьхкинчу голаш тIе корта агIор а буьллий, узамна тIаьхьа техкаш санна, цхьанаэшшара дIаса а техкаш.
– Некъех къахетий хьуна, – хоттура соьга цхьа ханъяьлча, – некъаша са ма гаттадо, гаттадой, вогIуш цхьа а стаг а воцуш, даим а иштта цхьаьнга хьоьжуш…
Со цунах ца кхетара.

Суна цунах къахетара.
Суна сайх а хетара къа, цунна гIо дан йиш а йоцуш, иза сайна иштта езарна. «Еза» ала, хала хуьлура, хьуна боккъал а езаш хилча, орцахвала цхьа да а воцуш, хьо-хьуо хьайца иштта висича, цунах а, хьайх а – дуьненах а – дегабааме гIийлла къа а хеташ.

––––––––––

Суна гуттар а, цул тIаьхьа дуьйна, тхойша вовшах моссаза къаьста, сихха Iаржлойла лаьара, катоьхна жIаьлешна доьша а дина, хIума кхоллуш а, ца кхоллуш а, жана йистте дIавижа, нийсса аркъал, стигла а хьоьжуш. Соьца Раиса хуьлура тIаккха, сила долчу дуьненчохь. ХIара дуьне тхойшинна дара: сан, цуьнан – Раисин. Ас ца кхуллуш хIун дуьтура: цкъа иза елла хуьлура сан, йиллина хан тIе а кхачале, юха иза ша тIаьхьа юьсуш, сан чIир кхаба, суна елха. Со цхьанхьа мехкашкара, гIаланашкара цIа оьхура, догIу-догIучу кеманца, гIала а, мохк а, пачхьалкх а хуьйцуш.

Иза бухахь хьоьжуш гуора, трапа тIера охьаволучу геннара суна ган а гуш, нахаца а йоцуш, ша, аьчкан серийн кертал дехьа, догIанехь яша а йина, тIехь еха сийна палаш а йолуш, корта а Iуьйра, бIаьрхиш а лиэдаш. Юха кеманца хуьлура со, хIурдкеманца, палуба тIера иза лоьхуш. Суна берд тIера йовлакх го, кIайн йовлакх, сайга лестош, мохо цуьнан дIакхоьхьу месаш, байракх санна, уьду палаш, хIордан цинцаша тIадийна юьхь, тIеда бIаьрхиш, цкъоцкъамаш, елха ца елха, Iуьйшу балда а. «ХIинца схьагича, хIинца гича-м, – хIоразза а иштта, буьйсанашца, оьгIаз а оьхуш, чIагIо йора, цуьнга дIаала, цкъа вистхила, цуьнга «хьо суна еза», ала. ТIаккха схьагича, ца алалора, вицвелча санна, вуьсура, я вицвала лууш санна, юха-юха а кхана а бохуш, кхин цкъа а ган, массийттаза, тIаьххьара гарна кхоьруш санна.

–––––––––––

– Суна хьо кхаа дийнахь ган ма ца гира, хьо чуьра ара хIунда ца йолура? – хаьттира ас, дегабаамбича санна. Суна боккъал а хала хеттера, хIора дийнахь ларъеш, пхеа дийнахь иза лар а йина, ялхалгIачу дийнахь суо охьакхаьчча.
– Со чохь ма яцара, – элира цо, – дадица некъ тобеш яр-кх, лахахула болу шира некъ. Тхойша Iуьйрре дIадоьду, сарахь бен чу а ца догIуш.
– Иза хIунда тобеш бу, цигахула цхьа а ма ца лела, – элира ас, – лакхахула бен…

– Хьалха цигахула бара, боху, дадас некъ, нах цIера бахале. Мелана воллу ша, олу-кх цо, хьайбанех къахеташ, говраш юй, царех. Иза уггар а боца некъ ма бу, лахара некъ…
– Суна хьо цIахь ца хилча, муха хуур ду тIаккха… Хьо ца гича хуур ду-кх, дуй?
– Ас гоьзан буьххье ведар уллур ду хьуна, кIайн ведар. Ведар делахь – со цIахь хир ю, дацахь – дадица, – элира цо.
– Ас вайшинна кхин диъ гIулг а ма деъна, – киснара гIулгаш гайтира ас, сийсара, цIера юххехь, цIий а долуьйтуш, айса тодина долу.
– Иий, гайтахьа, ма хаза ду, – цо гIулгаш дIаийцира, буйнахь вовшех хьакхийна, «къарчI-къирчIинехь» кег а деш.
Тхойшинна шийтта гIулггий, цхьа тхьоз яра. Тхьоз шиъ хила езара – сан, цуьнан, – иштта шен-шен гIулгаш а долуш.

Тхьоз охашимма рогI-рогIана лелайора, кхосса доллу-долчо дIаса а оьцуш. Хьостана тIехь ловзура тхойша, со хьокхамаш а даттийтина, метта-метта ваха хьала араваьлча.
Рукъихьата хIумма а ца олура: «Хье ма лолахь», – алар бен. Цунна хуучех тера дара, Раисин сагатлойла.
Тхойша дуккха а ловзура, кIордадаллалц. ТIаккха гIулгаш циггахь, хьоста долчохь дIа а дохкий, хабарш дийца хуура тхойша. Цо дуьйцур-кх, ас ла а доьгIуш. Цо суна киншкаш а юьйцура, цхьацца хилла болу турпалхой а. Уггар цунна хазахета киншка «Овод» яра, Драйзеран «Дженни Герхардт» а йолуш. Ас уьш ца ешнера. Суна и ший а йоI – Дженни а, Джемма а – Раиса йолуш санна хетара, со Артур а, Лестар а волуш.

– Хьо деша хIунда ца яхана, Раиса? – хаьттира ас, цуьнан цIе яккха бахьана а даьлла. Суна гуттар а цуьнан цIе яха лаьара, айса Раиса моссаза олу, иза сайн йолуш санна а хеташ.
– Сой, – иза хьаьжира, цхьа елалуш, геннара, юха, ойлане йоьдуш санна, жимма саца а елла, – гIур ю-кх, – элира, – Ленинграде…
– Со а ма ву цига гIур волуш… со Лоьмас дIавуьгур ву ма аьлла, итт класс чекхъяьккхича, – кхаъ хезча санна, чукхоьхкира ас, сайга боккха кхаъ кхаьчча санна.
– Хьо а ву? ТIаккха вай… Ленинградехь… вай цхьаьна хир ду-кх… Соьца… соьца дика хир вуй хьо цигахь?
– Муха – дика… хьоьца…

– Иштта дика, суна хала а ца хоьтуьйтуш…
Суна хIун ала деза ца хиира – со вуьйхира.
– Хьо кхузахь, лам чу хIунда… – элира ас, сайн вохар хьулдан.
– Лам чохь хаза ма ду… суна лам чохь хаза хуьлийла ма ца хаьара хьалха, –Раисас куьг кховдийра, пхьарс генна дIа а бохуьйтуш, – хьажахь цу лаьмнашка, мел буьрса а хета, хетий? – олуш.
– Хьо Iай а кхузахь Iийр ю, цIа а ца йоьдуш, Iийр юй хьо?
Суна иза кIелхьараяккха лаьара, кху балех кIелхьараяккха, я цуьнца виса, цхьа адам а, нах а боцче, иза йоцург, кхин цхьа а.

– Кхузаххьий? Кхузахь Iен… август бутт юкъе баххалц Iийр ю-кх, тIаккха, – цо цкъоцкъамаш ирах довдийра, ши балда а дусош, – тIаккха… тIаккха… цIа а яхана, тIаккха… вай-й, хIокху сохьтта Ленинград юьйцуш дацара вайша, кхузара-а Ленинграде деша гIур ду-кх вайша цхьаьний! – элира цо, ша кеманна тIехь Iаш санна, ела а елла.
Дуьхьлара лам Раисе кхойкхуш бара, Рукъихьатан аз мохо цига дIа а даьхьна, юха цигара схьакхойкхуш: «Во-о, Раиса – иса – иса», – бохуш.

–––––––––––

– Цхьа хIиллай ду-кха, кIанат, ахь лелориг, хIара турмал ахь соги ялчи, Биболтан йоI ца го-кх сони цкъа а, – элира Рашида, шина-кхаа дийнахь турмал а текхийна, – хIахI, дIалаца, хьайна йиталахь яра хьайн турмал а, – олуш.
Оцу деношкахь гоьзанах кIайн ведар ца кхозура. Раиса чохь яцара тIаккха.

–––––––––––

Дуьхьларчу ломах, саьрмак санна, хIорд кедара Iенича санна, дохк ломан баххьашкара, хи санна, охьа чухьаьлхича, ойла хебара, дог а духуш, йочано гIелден дог. Дохк чIожаца охьадуьжура, тIаьхь-тIаьхьа лакхадуьйлуш, лаьмнаш дIа къайла а дохуш. Наг-наггахь бохь буьсура, хIурдалахь хинкема санна, наггахь болчу ломан бохь, мохо дохк охьакъехкош. Йочана таьIара тIаккха, даш санна, еза, буьйса санна, кIиранашкахь малх а ца гуш. ДегI, хатт санна, тIеда хуьлура, эткашна чохь ши ког а лелаш. Партенгаш буса якъайора, цкъа хьалха дикка Iовда а Iовдий, хьо вуьжуш, хьайна кIела, яхйой, охьа а йохкуш. Ши этка бертал хьалаюхура, чу гIожмаш а хIиттайой. Хаддаза зарз7 оьхура тIе, ахь вуьжуш тIетесначу вертана тIехь Iаьмнаш а соьцуш.

Жа а хуьлура даз а лой, соьцуш, цхьана сохьтана дажа кхевдича, сарралц юха нахарш а дохуш. Борз а летара чIогIа тIе, сахиллалц жIаьлеш а леташ. ХIора а буса бохург санна, цхьацца уьстагI а ца хуьлура. Жа астагI а дуьйлура чIогIа. Йочана лаьтташ, массийтта де а даьлла – цкъацкъа баттахь а, шина кIирнах а лаьттара дохк, – жимма-жимма екха йолаелча, дахкарна юккъехула маьлхан йовхо хаалора, кIайн бамба санна, дайделла дохк, акказин пух санна, чекх са гуш, сирла а хеташ. Малх цIеххьана Iаьткъара тIаккха, бIаьрасерло а кхолош, догIанах хебба меженаш, бедар йоццу-йоццуче маьлхан зIаьнарша яга а еш. Малхе иштта хьежа лаьара, бIаьргех хиш а туьйсуьйтуш, цуьнан ерриг а йовхо хьайн дегIах чекхъяккха санна. Хьо малхах ца Iебара, оцу йовхачу серлонех, оццул хаза хIара дуьне дахкарх кIелхьара даьлла, цатешалла воккха а веш.

Дохк хIинца хьоькхнашца гуора, кIайн эттIачу шаршонца, юккъе борз иккхича, дIасадаьржина жа санна, маьI-маьIIе дIасахьаьдда: ламанан даккъашца гуора, хьуьнан коьллашца, боьранашца а, иччархочун тоьпо къахкийна уьду акхарой санна, даккъашкара стигала гIуьйттуш, боьранашкахь туьлуш, йовхонах юьйлу Iаь санна, кIур хуьлий, серлонца довш.
Жа шаьш дол-доллучохь – IиндагIера малхе а дуьйлуш, – шаьш лаьттачохь охьалегара, догIано сенйинчу баца юкъехь кIайн лош санна. Маьлхан зIаьнарш таьш санна гуора, эзар хьаса ловзу дашо таьш стиглара охьахьаьлхича санна.
Хьуна денош ца карадора, йочано диъна денош, мичахь, маса ду а ца хууш: бархI, исс а, итт а карадора, цул тIаьхьа юха виц а луш.

–––––––––––––––

Де кхойтта даьлла хиллера, суна Раиса юха гича, июль бутт дIа а болуш, августан диъ де а цхьаьна. Суна диснарг цхьайтта де дара, иза цIа яха диснарг, кху аьхккалц шерашца текхна, хIинца цхьамзанца уьду денош.
– Хьо цхьайтта де даьлча, цIа гIур ю? – хаьттира ас, тIекхоччушехь, – гIур яций хьо, яций, ахI?
– Сой… цхьайтта… кхин ца дисна? – ша-шега санна элира, ша-шега хоьттуш санна.
– Ца дисна, – элира ас, – ахь пхийтталгIачу августехь… кIиранде хуьлу-кх иза…

– КIиранде а… ца хаьа, яха-м еза, и терахь тила а делла, бетта юкъара дан ца дахь… Иштта хуьлуш а ма ца хуьлу, хуьлий, хьуна оьшу де охьа а доьжна, цунна метта кхин де хIуттуш?
– Ца хуьлу, – элира ас, – иштта охьадожа йиш хилча, дика-м хир дара, – аьлла.
– Хьуна кхано халахетар ма ду и де охьадоьжча, кхано хьуо воккха хилча…
– Суна а… суна-м хетар дац хала, охьадожийтахь иза, цIа ма гIуохьа… суна… суна… хьоьца… хьо…
– Дика ду, хIета, пхийтталгIа август охьа а дожийтина, тIаккха дуккха а хабарш дуьйцур ду вайшимма цIахь, лам чохь а доцуш, мегар дуй, реза вуй хьо?
– Ву, – элира ас, айса хIун боху ца хуъушехь.
– Вайшиннан гIулгаш цIа далахь, диц а ца деш, сан гIулг бархI ду хьуна, – Раиса елаелира, цхьа кхин хIума ца ала санна, шена багадеънарг а олуш.

– ЦIа ма гIуохьа, – элира ас юха а, – сан да хьалаваллалц, тIаккха цхьаьний, гIулгаш а эцна…
– Хьо волччохь хир ю-кх со, Джабраил, кхин цкъа а дIа а ца йоьдуш… хьуна уллохь, – сан юьхь цо дIахьулйира, ерриг юьхь цхьана хьажарца, хан а, дуьне а сецча санна хеташ, массо а хIума сецча санна.
Сан бIаьрса бIарзделира, гуш синтIадам а боцуш, бIарлагIе ойла бен, со а, иза а дан а доцуш.
Цо цхьаъ-м хаьттира соьга, я дийцира, сан цIе а йохуш.
Суна хIумма а ца хезира, гIовгIа йоцург, деган гIовгIа, лергаяххашца, къамкъаргахь, садеIарца детталуш долчу.
СадеIар ца тоьара, накха жима бара, дукха готта, хIаваъ чу ца хоьура, некхан ваз лазадора, букъапIендарш лелха санна, дог чуьра хьала ара а гIерташ, пехаш а цхьаьна, кийра а.

––––––––––––

Цу буьйсана, ца хаьа суна, цкъацкъа велар а хьодуш, (сан лаамза хьоду велар), юха со велха хIунда тохалора, ший а ност а, дегI а кхийсалуш, хIора меже ша-ша санна, цхьана зовкхана эга а еш: ирс лан хала ма хиллера, ирс сецо, даг чохь къовла, сингаттам а, бала а санна, цхьа цIеххьана кхаьчна долу ирс. Со самах, гIенах а воцуш, гуш а, хезаш а, кхеташ а воцуш, со цу буса син са дара, син мIаьрго, заррат ойла, чуьркан тIоммал цхьа пардо, Iаьнаран Iаь, узаран ов.
Со кхоьрура, иза кхин ган, цу агIор цкъа охьахьажа: иза ца гарна кхоьрура со, дог эккхарна кхоьрура, даге ца ладаларна, иза схьагича, мотт сацарна, мотт биц а луш, къарваларна.

––––––––––––

Ас кхо де даьккхира – кхо буьйса а, кхо де а, – суо мичахь ву а ца хууш, суо виц а велла, ван а вайна, лам а, стигал а, хIара дуьне а – са а, бода а гуш а доцуш, Раисин амат бен, цуьнан юьхь бен, бIаьргаш. Суна мохь аьлла, вада лаьара, велха лаьара, юха – вела, цкъа хIара сайн кийра бассо, са цхьалха даккха, дог 1або.
Массо а хIума Раиса дара, сан бIаьргашна мел гушдерг, хIоранна а чохь са а долуш, тIулг а, бецахал а – бен дIа а доцуш, цуьнан маттаца соьга луьйш санна, цуьнан бIаьргашца соьга хьоьжуш. Со, бохург, дан а дацара, Раиса бен, иза бен, де а, буьйса а цуьнца дара, иза ца хилча, хир а доцуш, само а, гIан а вовшах а ийна, дерриг а цуьнца, дерриг а – иза.

Со суо сайца тилвеллера, хIара денош, денош бен, цул хьалха со хилла а воцуш, юрт а, ишкол а, да-нана а цкъа хила а ца хилча санна. Со Iуьйрре дIавоьдура, жа меттах а дохий, Рашидана дIакъайлавала, суо сайца виса, дIалачкъа. Рашида мел мохь беттарх, дуьхьал вист а ца хуьлура; жа а ца гуора, цхьа а хIума а, сарахь булу бода боцург. Юха оцу сохьтта дIавуьжура, жана йистте, горглуш, стигал хьежа, седарчашка, беттан экханца Раиса йийца. И бутт бара суна гушберг, тхойшинца юкъара хилла, Раисина гуш санна хеташ, цо а цуьнца, ас санна, дагахь дерг дуьйцуш санна, батте хьаьжча, цунна со а гуш, суна иза а баттехула: тхо кхоъ дара-кх дуьненчохь, бутт тхойшинна верас а волуш, тхан уггар а тешаме хьаша.

–––––––––––––––

Рашида сайга мел дехарх, хьокхамаш дайта а ца вахара со цул тIаьхьарчу деношкахь. Суна хаьара, Раиса гича, хала хир дуйла, со верриг а вогур вуйла, чим бен, кхин хIума ца дуьсуш: со цунах ечу ойланех хIинца а Iаьбба а ца ваьллера, иза стиглара лаьтта йоссош, сайна улло, сайца нийсса.
Суна иза дукха еза хетара, цуьнца дуста йиш йолуш, дуьненахь хIума а доцуш. Суна иза малик дара, стиглахь хуьлу бохуш, дуьйцуш долу тIома малик. Я малик а дацара, цул а лакхара, кхин хIума дара, сан дуста ницкъ боцург, цахуург, цадевзарг.

–––––––––––––

Метта-меттахь дада гича – хьалха оццул цуьнга хьежна волчу, – суна кхин бен а ца хийтира, мелхуо а, жимма новкъа деара, цо хIун деъна ца хууш: Iахарий 25-чу августехь бен ларга а ца долалора; мангал кху шарахь хьокхуш а бацара (стохкалера йол яра йисина), жа Iа даккха регIа охьадигна а хилла. Орца даллал хIума ца хилча, кхуза вогIуш воцу дада – со цунах цецваьллера, – итталгIачу августехь метта-меттахь хьийзаш вара-кх, цхьа бохам Iоттабелча санна, сел хьалхе лам чу а веъна.

Суна геннара гира иза, гуттар а санна, хьалххе, жа наждаре8 охьа а дерзийна, хи дан а, жIаьлешна доьша дан а чувогIучу.
– Суьйра дика… – со аьлла валале:

– О-о, Джабраил, дера веъна со хьуна хаза кхаъ бохьуш: вашас зуда ялийна хьан! – элира дадас, шеха-а, церга тIера балда дадош, шина бIаьргаца вела а велла.
– Ялийна… мила… маца, дада…
– Ши-кхо де ду-кх, шеца доьшуш йолу, Шелара цхьа йоI…ХIинца хьо цIахь ца хилча, и той дIадоьрзур дац боху-кх хьан вашас. Кхана цIа ваха веза-кх хьо, дукха Iуьйрре хьала а гIаьттина.
«ЦIа ваха веза» бохург ца тайра суна, зуда ялор тайнехь а. Оццул сан мостагIий долу хIара лаьмнаш, суна хIинца нана санна дара – Раиса яра кхузахь, кхузахь суна евзина, кху лаьмнашца. Сан цIа гIойла дацара иштта, Раиса сол тIаьхьа а юьсуш.

–––––––––––

Iуьйрана суо новкъаволуш (цу буса ас наб ца йира), шина-кхаа дийнахь юхавогIур ву со, элира ас дадига, шуна Iахарий лоргуш гIо дан.
– Вай-вай, хьо ма чIогIа… хIинццалца-м, лам хьахийча, хорш йогIуш ма вара хьо! Дера вола-кх, дукха сиха юха-м, со-м хьо цIахь вита дагахь…

– Цхьана кIирна Iийр ву-кх шуьца, – элира ас, пхийтталгIа август дагахь а долуш.
– Цкъа юхаволахьа, – велавелира дада, – тIаккха дуьйцур вай, хьо мел Iийр ву, – олуш.
Со новкъавелира, сийсара урс хьаькхначу уьстагIан цхьа гIоггIий, пIендарийн дакъа а эцна, дадас БиболтагIарна хьуо, аьлла. РукъихьатгIеран кIотарна герга мел гIоьрти, сан дог, тоххара санна лергаяххашца деттадала доладелира, тIаьххьара суна Раиса гинчу дийнахь санна. «Вухур вац-кх – ойлайора ас, – бIаьргаш чу хьожур ву-кх, иза сайн юйла хоуьйтуш, тIаккха со юхавогIу а аьлла, цхьа воккха кIант санна, меллаша дIа а волалуш, дIагIур ву-кх, са ма гаттаделахь а олуш».
Раиса сох бIаьрг кхетташехь – соьга йист а ца хуьлуш, – сихха араелира, хьажар сецна ши бIаьрг а гуш.
«Ас санна, хала буьйсанаш яьхьна-кх цо, суна шех санна, сох хIинца эхь а хеташ», – хьаьдира сан коьрте, айса лайнарг карла а долуш.

– ЦIа воьдуш ву хьо, Джабраил, вашас зуда ялийна хьан? – элира Рукъихьата, ас ца еза боххушехь, цхьацца схьаоьцуш, кад-пхьегIа суна хьалха а хIоттош.
– ХIаъ, – элира ас, – ялийна, Ленинградехь шеца доьшуш йолу йоI, – аьлла.
– Вашас зуда ялор, хьаха бу, Джабраил, боккха синкъерам, – Рукъихьата суна чай доьттира, – дера бу, дукха боккха синкъерам-м, Дала декъалйойла-кх иза, шен рицкъ ду-кх цо деънарг а, – олуш.
Ерриг къамкъарг а – Раиса ган сихваларна – кийра а багош, шина къурдаца чай дIа а мелла, сихха аравелира со, Рукъихьатан Iодика а йина.
Раиса гуш яцара.

Со цIийнехьа юхавирзича:
– Хи дан яхна хьуна иза, хьостана тIе, – йистхилира Рукъихьат, суна тIаьхьа араяьлла йолу.
Сайн рюкзак – белшашкара охьайоккхуш – буйна а лаьцна, воккха стаг санна хила гIерташ (Рукъихьатана гуш хиларна), меллаша ваха гIоьртира со, айвала дог доггIушехь.
Уггар а хала и мIаьрго яра суна, Раисина тIекхача йисина йолу мIаьрго – иза дукъал тIехьа хила езара, цхьана жимчу гуна тIехьа.
Со гуна тIе хьалавелира, циггахь юха саца а луш: суна Раиса гира, лакхара охьа чухьаьжча, тIулга тIе охьа а хиъна, тIеттIа хилийначу голаш тIе аркъал Iуьллучу шина куьйгаца шен йовлакх дIаса а уьйзуш, генна цхьанхьа дIа а хьоьжуш, IиндагI санна, сецна Iаш, ерриг а мас цхьана агIор, аьтту агIор охьа а хецна.

Со сихха охьа тIе ведира:
– Раиса… со… со… со хIинца цIа а вахана, ши де даьлча… лама юха, сан вашас Лоьмас… Лоьмас зуда ялийна… со юхавогIур ву хьуна… тIаккха ас… тIаккха вайша… ас итт класс чекхъяьккхича… со воккха…
Иза соьга хьалахьаьжира, бухара хьала, геннара. Суна цуьнан бIаьргаш гира, балдаш гира, кIайн лаг.
БIаьргех охьа хиш оьхура, лаг ийзалора, бухара балда кхийса а луш.
– Хьуна… Раиса… со кхана… со тахханехь… со охьа а гIур вац… ахь… со… хьуна…
Иза гIаьттира, буйнара йовлакх охьа а дужуш, цхьа меллаша гIаьттира, юха дIа а йоьрзуш, дIа а йолалуш, хьостана тIе дIа а йоьдуш.
Со Iадда лаьттара, сайн рюкзак охьа а хецна, декъа-деса къуьрдаш а деш. Сан рюкзак охьаюьйжира.
Раиса схьайирзира тIаккха, карахь кIайн хIума а йолуш; тIееара суна улло, схьахьаьжира, сецира тIаккха.

– Джабраил, – хезира суна, – Джабраил, со ца еша алахь цуьнга цу хIумнех, хIуьмалгех… хIара кехат… хIара дIалохьа… хьайн вешига… ас сайн дош… соьгара дош а даьккхина, соьга хан а йиллийтина… Со кура ю алахьа цуьнга, цунах ца яшшал кура… – цуьнан ший а куьг эгадора, бат а, балдаш а ийзалуш, б1аьргех схьа хиш а уьдуш, т1етт1а та1ийна йолу цергаш къарш-къарш деш ата а луш… – хьо суна чIогIа, Джабраил, чIогIа дукха ма веза, – элира юха цхьа хан яьлча, – хьо санна кIант, хьо санна цхьаъ… хьо санна, цхьаъ хилча… – схьахьаьжира, мела хиш а оьхуш, хиш канашца охьа а 1енаш, ела а г1ерташ, къаьхьа йоьлуш.

Со ведира, дукъах хьала, цу ламанца, ирах хьала, и кехат а, сан буйнахь, сан вешига, Раисас, и кехат буйнахь а долуш.
Ас куьйгашца, тулгIеш санна, ас хIаваъ этIадора, цхьа дуьхьало йохош санна, лам охкуш, бохош санна…
– Хьан рюкзак, Джабраил, – со юхахьаьжча, цуьнан буйнахь, цо схьаэцна, схьакхийдош…
Со юха чухьаьдира тIаккха, цхьа гIулч йина, ши гIулч, рюкзаках ка а тухуш, хьалхачул а сиха, кхин а сиха, ма-ваддалу вада а водуш.

Со дукъал тIехьа иккхира, ломал тIехьа, дуьненал. Со вуьйжира, ког а тасалуш, бертал дIа, аркъал.
Со вилхира, хIан-хIа, со велха ца вилхира, со верриг а хебира, эккха кечлуш, заррат санна, зарратал жимлуш, абадел горгавелла, хIара дуьне дохо санна. Хиш ша-шах охьауьдура, сан сацо ницкъ а боцуш, кийрара йовха алу а гIуьттуш, дегI а эгош, детта а луш.
Ас кехат лехира тIаккха, сайн буйнахь долу кехат, гуш доллушехь, ган а ца гуш, мел лехарх, кара а ца деш.

Ас эзар дакъа дира цунах, цхьа эзар, массийтта, берриг а бехк цуьнан болуш санна, дог Iаба а ца туьгуш, тIе т1улг а бетташ, когаш а бетташ, юха когаца латта дIа а кхуьйсуш.
Кхано юха, со меттавеъча, делкъал тIаьхьа, сарахьуо, сан кийрара Iовгаш дара, дилхинчу беран кийрара санна, дегабаамбинчу беран.
IиндагIаш охьалестинера, цхьа хаза шийла хIаваъ а хьодуш.
Со меллаша новкъавелира, цхьацца ког а боккхуш, меллаша, кхин цкъа а кхуза юха ца ван, кхин ца ган, ца хаза.

Р.S.
Раиса суна кхин ца гира, цул тIаьхьа кхин цкъа а – со Соьлжа-гIала деша вахара, итт класс чекхъяьккхича.
Суна кхин йоI а езаелира, юха кхин а, кхин а езалуш, гуттар а цхьаъ лоьхуш санна, даим цхьаъ, иза цхьаъ…
Иза хиллера массо а йоI, массо а суна мел езнарг, цул хаза кхин цхьа йо1 а йоцуш, хилла а йоцуш, хир а йоцуш, ша цхьаъ бен ца хилла йолу Асалиева Раиса, суна цул тIаьхьа ца гина йолу, цул тIаьхьа кхин цкъа а ца гина…

I989-2007шш.

1 Метта-мотт – жа цхьана ханна сецна меттиг (1а даккха я аьхке яккха).
2 Тайна, туо – шо кхаьчна куома 1ахар.
3 Хаск – уьстаг1ан я газанан ц1оканах бина т1оьрмиг.
4 Гордилаш – шийлачу хица, сода а тесна, бод а хьакхийна, куьйггал яккхий, горга хьолт1маш.
5 Гижа – гихь.
6 Кураша ка – ма1аш йолу ка.
7 Зарз – дерз.
8 Наждар – даьхнашца я жаца хан йоккхучу меттигера х1усам (бун, кхало).

Вайнах №2, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх