11.05.2015

Бексултанов Муса. Iаламат.

Бекс222Дийцар

Хьанна моьттура, хьанна, карахь бутт кхачаза йолу бер а йохьуш, цхьана палашан тIомах а хьаьрчина, йитина аьлла йоI схьаэккхор ю буса, цхьаьна стаг а воцуш?!  Кхуьнан йоI, кхуо массо а леш дисна, тIаьххьара кхиийна долу бер, Iаламат аьлла цIе а тиллина цунна.
Iаламат ду-кх хIинца хIара, цхьа ког коша левзинчу хенахь кхаьчна долу… Дера ду, дукха доккха Iаламат-м, цецвала а, тамаша бан а бакъо а йоцуш. ХIун, хьан бен ца йитина, хьан бен ца еъна! Дера еъна, йогIур а ма ю, эха а ма ихна…

Тидам а ма ца хилира хьалха, ойла а ма ца йира. Эцца, ишколе лела бохуш, дIаихира. Кху чохь а хуьлура, оцу зудчо а кхин хьекъал делира моьттуш а вац со… Шен хирг-м дора цо а, хIума йитта а, нех-хIума яккха а Iамайора-кх, шена эшнарг оьшур ду бохуш, дIа-м гIиртинера и зуда а. Ткъа хIинца…
– И архаш стенга кхийси ахь, ва зуда?
– Уьш хIун архаш ю?
– Вай, цхьа архаш бен ярий ас кху говраца лелош…

– ХIа-а, эцца Бикатос цхьа докъар-цинц хьур бара ша аьлла, дIаяьхьначохь йицъелла, ас хIинцца, кху сохьта…
Дерриг а дицделла-кх кхунна, мисканна, йоI цIа а еъна. Маржа Тайбат яI, ма моьттина хир дацара хьуна хьайн йоI йитина цIа йогIур ю. Хьо яхалла, хьо ледара зуда а йолуш-м дацара хьуна иза, я хьан хIу ледара долушший-м, иштта дIа хили-кх, могаш-маьрша лаьттина цIа, яьлла механ чинк а йоцуш, цIеххьана чукхетча санна.
Покаш, Покаш, сацалахь, дукха яха хьо, раз-пурх а ца хьийзаш…
Дика хьайба ду-кх говр, цхьа накъост санна, улохь стаг воцуш хьо висча…

– ХIорш ю хьуна, къонах, архаш, ахь хIун до хIинца, салаз а йоьжна… Хьо цигахула, хIун ду хьажа а…
– Мича цигахула! Сан йоI хIунда йитина алий гIо со, топ а эций! Чан цинц бан воьду, дIавоьду кху чуьра, сайн гIуллакхе…
– ГIохьа гIуллакхе а, – дIайоьрзу, реза йоцуш. Миска яI, ма къанъели-кх хьо, ший къандели-кх вайша тахна, хIокху цхьана дийнахь. Дера дели, къандели, букъ нисбан ницкъ а, я таро а йоцуш. Зама дIа ма яьлла, зама, вайша кхузахула тилделла, хьалхий-тIаьхьий даьлла хьийззашехь. Цхьана а гIуллакхе ца воьдий со-м, я ца хууш а ца воллу, дIа генавала гIерташ воллу-кх, вада гIерташ, цхьа далатохар я цхьа валар сайгара далале.
«Цхьа дагахь доццург Iоттаделча, ларвелаш ша, хьекъал тIедогIуш а, дIадоьдуш а хуьлу шуна, хьекъал адамашка дIасадекъна ду шуна», – аьлла бохур-кх цхьана дикчу къонахчо.

Ларван накъост а ма вац, и Дела воцург, дог Iехон, хьаста, хьоьца хаза охьа а хиъна, хьо теван.
Цкъа-м дага а, валлахI, деара, сийссарехь, говра а хиъна, цига ваха. Юха а… нехан кхардам бу-кх, нехан кхардам аьлла, дIа сахуьлунга велира-кх, я хIинца, сахилча, дан хIума а ма дац. Бакъо яц-кх цхьа а, я аьтто а.
Цхьа хаза Iуьллура хьуна со, гIан-набарша самаваьккхича, ламаз а эцна, масех аят а дешна, цхьацца сайн ойланашна юккъехула пешара цIе а тергалъеш. НеI кагъелла ю цу вайн пешан, цунах цIенкъахула цхьа хаза серлонаш ловзу, цкъа дахлуш, юха дацлуш, байтIе дуьххьара арадаьхна Iахарий санна. ЦIарал хаза хIума хир дац кху дуьненчохь, юха а и цIе яцахь. ЦIе тергалъеш хуьлу хаза, цуьнга хьоьжуш, цуьнца хьайн шерашка юхакхийдаш.

Вайн кица а ма ду: «ЦIа дагахь а – цIе тоьла, кха дагахь а – малх тоьла», – олуш.
Муртаза-м кхин а дIа дахдора иза: «БIекъалга елахь а – нана тоьла, жIаьрниг велахь а – да тоьла, пхора елахь а – йоI тоьла», – олий.
Цкъа цхьана кешнашна уллохула тIехволуш, Муртаз динара охьавоьссира тIекхоччушехь. Юха дикка дIа гена а ваьлла, дойшка хиъча, ас хаьтти, оцу кешнашна тIекхаьчча, динара воссар хIун дара хьан, ва Муртаз аьлла.
«Деллахь, хьенех, шарахь гергга вайн стунана лаьттина яра цу кешнашкахь йоллу Хадишат, цунах бехк хетта-а охьа ма вели хьуна ша-м, – элира Муртаза, иштта ойланашна юккъехула санна, – цхьа масех бутт охашимма цхьаьна баьккхинчул тIаьхьа, стелахаьштиг а кхетта, кхелхира Хадишатан йоI, шу марша», – аьлла.
Дика къонах вар-кх Муртаз, дика къонах, оьзда верг бен къонах хила йиш а ма яцара. Ца виси-кх цхьа а, массо а дIавели, хьоьца мел лелларг, хьан деган гергара нах. «Деллахь, хьенех, гайтал хьайн юьхь-кха, хьан юьхь-бIаьргаш гуш бен са ца къерало хьуна сан», – эр дара царах волчу стага, тIе мосазза кхечи, дера дара.

Юха хIета, оцу гIан-набарша цхьа вон Iадийна, тIаккха жимма меттавеъна Iуьллура-кхи со, адаман гIаларт кора уллохула тIех а даьлла, неIарх тасалуш.
Аз схьа ма хеззи-м кхийтира, гIан-набарша хьоьхург хIун хилла.
Цхьа каш дар-кхи суна гинарг, хьанна даьккхина ду а ца хууш. Буьйса а ю схьагушъерг, хIетте сирла а хета. Дуккха а кIайн бамба а Iуьллу уллохь. Юха и бамба бухара хьуьйш санна а хета суна. «Боккъал а дан хIун ду те хьо, гIенах-м дара хьо», – бохуш, со лаьтташ, зу ели цу бамби бухара схьа. «АлхьамдулиллахI, Дела, Хьуна бу-кх хастам», – аьлла, доIа дан ас куьйгаш хьалалоцучу барамехь сама а ваьлла, сайна хуучу хьесапехь и гIан а тидина (цхьа бохам хила-м ду хьуна хьо кху кертахь я безачарна), иштта цхьацца дагалецамашка, генарчу шерашка вирзина Iуьллуш ма вара со и йоI корехула тIехйолуш а, чоьхьаяьлча а.
Малака, мискано, туьдура гIан чIогIа, юх-юха а хоьттуш.

«Хьенех, цхьана-шина кIиранна къайлавалахь, диканна бац-кх и хаам», – элира цо хьоьга хIетахь, ткъе вуьрхIийтталгIачу шеран август баттахь, ахь шега Iуьйранна, сама ма велли дIа а вахна: «Дуккха а милцой ги-кх суна, Малак, оцу вайн керта хьийзаш», – аьлла, шега гIан дийцича.
КIирандийнахь хьо лаца а лецира.
«Мацца а ДегIастана юхакхочур ву и кIант, Сайра, Делан кхел хилла иштта», – аьлла хиллера Малака кхуьнан нене.
Цул тIаьхьа шо даьлча (ткъе берхIийтталгIачу шарахь) большевикаша тоьпаш а тоьхна вийнера Малак а, цуьнца кхин виъ Iеламстаг а.
Органна юххе, чIожа чу охьа а баьхна: «ДIадерза цу агIор», – олуш, шайга омра дича: «Вайн бакъо яц шуна, кIентий, Делан мостагIашна букъ берзон, дуьхьал дерзалаш», – аьлла, схьавирзинчу Малакна аьтту агIор хьаьн мIаьштиг а лоцуш кхетта бохура топ.
Большевикех шиъ нохчо а хиллера.

Эзар ойла, эзар хIума хьаьди корте и йоккха стаг, Тайбат, йоьIан бохам бийца схьачу яле.
Дерриг хууш-м дара, хIетте а – цо аьлча а, ца аьлча а – йоI йоьхнийла хаьар-кх, ца йоьхча буьйсан Iуьйккъехь, карахь бер а йолуш, лайлахула, цхьа пIелг санна, ша цхьаъ йогIур а ма яцара.
«ДIаяла, дуй, хIун дуьйцу цо, масане зуда юьту, дIаяло дIайижа», – олуш, дIачовхийра зуда.
Дера човхийра, цхьа хIумма а доцург, цхьа пайда боцу хIума долуш санна, шек ца хила а гIоьрташ. Виъ воI наха вуьйш, тIаьххьара висна пхоьалгIа верг а наха а вийна, тезет дIайирзина ши-кхо де а далале, цхьана шерачу арахь дин хьовзош воллучу ТоргIина тIекхаьчначу цхьана стага хаьттина бохура: «Ва ТоргIа, хьо хьера-м ца ваьлла, ахь хIун леладо, дин хьовзочохь ву хьо тахна?» – аьлла.

«Хьан ТоргIа ваха, ТоргIин кийрахь йоллу жоьжахатин алу схьаараяьлча, кху шерачу арахь бецахал-м бер бацара хьуна, хIун де боху ахь вайга!» – олуш, динна шед тоьхна бохура ТоргIас, хьовзочуьра дин а ца сацош.
Маржа зама а, къонахий а яI-кх, ма генара гIан-набарш хета-кх шу тахна, кху яккхийчу шахьаршкахь, мила волчу гIур вара те де-буьйса дайа аьлла, дIа ойла йича, ваха а, ван а стаг а воцуш, ойла хьаьвззина юха а хьан сингаттамах хьерчачу дийнахь.

Тр-р-р, собар делахь, Покаш, кху салаз тIе ас хьаьрдаш яхккалц, аннаш шийла хуьлу хьуна чIогIа. ХIаъ, иштта, хIай-хIай, шада кхуза дилла деза… ХIа-хIа-а, хIинца йолало хьо, салаз еза а яц хьуна вайшиннан, попан дечгах йина.
Шийла Iуьйре а ма ю хIара-м, хитIа лаьхкина даьхний гой хьуна, хеба а хебаш лаьтта. Къа ду-кх хьайбанийн а, Дала кхоьллинчу массо а хIуман а санна.
Хьажахь, сол хьалха цхьаъ-м дера вахна кху новкъахула, салаз а йоьжна. Буха эчиг лаьцна долчу гIон лоран бист, тай тоьхча санна, нийса хиларца къаьста-кх хьуна. Эчиго яз ма йо салаз мелла а, шаршарна кхин йоккха гIоли а ма яц хьуна цо еш, дуьххьал салаз яаяларна дуьхьало ю-кх иза дика.

ЭхI, маржа аренаш яI, аренаш ю-кх Iохкуш, аренаш, ерриш а лай кIел а яхна, наггахь цхьацца Iаьржа кол а, чIемарг а къаьсташ кIайчу лайлахь.
Лайн суьйренаш хуьлур-кх жимчохь хаза, вуззалц хьена хIума а йиъна, тIехь вовха а волуш, хьо цхьанхьа луларчу юьрта накъосташца хан яйа воьдуш. ДIакхачале берриш дуьхьал хIуьттура хьуна уьш, церан къамелаш а, забарш а цхьаьна. Къедар-миска ма хьийзавора, цуьнга жерочо даийтина хилла хабар а дуьйцуш.
Цхьа лазар а кхетта, церг-кхела дIа а яьлла, кхема лелош вара Къедар. ХIокхарал дикка воккха а вара ша, хIетте а кхаьрца бен ца Iара, ша хьийзошшехь.

Хьалха хецна йоьIан хIусаме дIа чу а воьдий, де-буьйса а доккхуш ма дуьйцура ламароша захало. Хьо шовзткъа шарера ваьлча мегаш дара иза, къона хилча-м ца мегара. Къоналла хала ма яра, сецон хала яр-кх, дагна духкуш (оьздангаллех дуьйцина) болатан гIараш ца хилча.
Юха иштта, жерочун вешех дага а ваьлла, вогIур ма вара ша оцу хьан йишица дош дийца олуш, вахначу кхунна, Къедарна, жеро реза ца хиллера.
ТIаккха цигахь буьйса а яьккхина (цара уьстагI буьйш, хьошалла а дина), Iуьйранна цIа веънера Къедар, дукха юьхьIаьржа хIоттарна юучух а ца кхеташ.
Кхано, хьешан цIа чуьра мотт-гIайба нисде ша аьлла, чу яхначу жерочунна гIайби кIелахь Къедаран кхема карийнера.

Юха цо, жерочо, хабар даийтина хиллера Къедаре: «Къоналла гIайби кIелахь а йицйина вахна хьо, хьаша, хьайн къоналла дIаяхьа вола», – аьлла.
ХIетахь ца иккхина дог цкъа а оьккхур ма дац шен, олура Къедара: «Хьо биса хьайн да велла, да велла биса хьо, дуй!» – олий, хIоразза а кхема багара схьаоьккхуьйтуш, ласта а бой.
Хаза нах бара чIогIа, хаза нах, бегаш а хаьара… Цхьа эвлаяаш бар-кх, цхьа эвлаяаш!
Хьажахь, цхьогал, делла ма дала хьо, хьайн са дадийна лела-кх хьо а кху лайлахула. Цхьамма къахкийна хьуна иза, сел Iуьйрре човхош. Миска яI, миска, адамах кхоьру-кх шу а, хIара дерриг дуьне а. Боккха болх а бу-кх адамийн болх, адамо ца юьйш хIума яц-кх, адам а тIаьхьа.
Тоьар дар-кх кху дуьненчу ойла ян хьекъал а, иштта хIара Iалам тергалдан бIаьрса а делла, Дала хьо схьакхоьллича-м, кхийолу меженаш ца елча а.

Хьалха шайн деган синкъерамна ма оьхура нах талла, пхеа шарера баллалц хьах а ца буьйра, дахаран марзонаш евзина ца хилча, къа ду цуьнан олий. Гурахь, бог хьайначу хенахь талла вахнарг лай лоруш а дара хьуна. ХIара кега-мерса хIумнаш хьа а ма ца йора, бIаьрг хьаста юьтур-кх дуьненчохь, иштта цхьа геннара тергалъян. Цхьаннал сов экха а ца дуьйра цкъа араваьлча, цунах а (тIе кхаьч-кхаьчначунна дIасадоькъуш) пхьор далла хIума бен шен хIусаме а ца кхачайора – осалалла лорур-кх цул совнаха дерг шен хIусаме дар. Акхарой Делан даьхни ма дара, Дела воцург Iу воцуш.

Ламанаш: «Кху дуьненан паналлехь догIанаша дашош, малхо дакъош, цхьа а эца пайда боцуш ирахь латтон хIунда кхоьлли ахь шаьш?» – аьлла, шена дилхича: «Шун бацах дуза, шун хих Iаба, шун тархашца дийша акхарой кхуллур ма ду ша», – аьлла, акхарой кхоьллина боху Дала. ТIаккха акхарой дилхина боху: «ХIай Везахинволу Дела, бацах дузар, хих Iабар, тархашца дийшар бен, кхин Iалашо йоцуш тхо ма кхоьллина делар-кх», – олуш. «Шуна дуьне дезийта, шайн синош шуна марздан, шуна тIаьхьакхуьуш волу иччархо кхуллур ма ву ша», – аьлла, ша уггар а кхетам луш дуьненчу даьккхинчу адамах иччархо вина боху тIаккха Дала. Адам ца дилхина Далла, Цо шена деллачу декъана. Адам доьлхур а ма дацара. Адам Iебарг ца хиллера-кх цхьана а хIумнах, вонах а цхьаьна, дера ца хиллера.

И шун доьзалхо вайн хIусаме веъна аьлла, маьркIажал тIаьхьо цхьа стаг кхаьчча, кхин цец а ма ца велира со, дахаран гIиллакхаш ду-кх, хьенех, дахаран гIиллакхаш, цхьа а баккхал лелон пурба дац шуна, ши туьмий пхи соммий, я эцца беза-бевзачарна пхьор дан цхьа ка а балабайта вайна олуш, дIавахийтир-кх.
Вонаш гинчу стага хьелаш ма ца хоьржу. Со вонаш гина а ма вара шортта, кху дахарх чекх са галла, Iеха ца валлал кхунах.
Тоьар дар-кх, ткъе вуьрхIийтталгIачу шеран аьхкенан тIаьххьарчу баттахь, сарралц мангалахь а ваьллина, мангало тIам бойна лекъ а карахь (цунна лоьралла дер-кх аьлла), Iаржлу-уш шайн юьртан хьостане хьо охьакхочуш: «Истой!» – аьлла, чакхмаш дIасатоьхна, мокхачу салташа хьуна тIе тоьпаш лаьцча, лекъ буйнара дIа а иккхина, эпсаро (хьо тIом бан воллу-кх моттаделла я иштта дIа, синкъерамна) аьтту белшах топ а тоьхна, юха ши куьг бахтарца къовллуш тIехьа а дихкина, стагана вуьгу ца вуьгу а ца хоуьйтуш, сих-сиха коьртах тоьпан бух а, букъ тIе – хьалакхийса а луш – деттина айра долчу мачин мийра а тухуш, оцу цхьана буса ахь Итон-Кхаьлла набахте беъна некъ-м, кхин хIумма а ца хилча а.

ТIаккха цу чохь, йоьхна белш а йолуш, хин тIадам а ца луш, хьуо бандит ву ала, герз ду ала хьайн бохуш, рогI-рогIана оьрсичой, шен нана яхкоро – цхьана нохчочой шина кIирнахь ницкъ а бина, Соьлжа-ГIала охьавалийча, цигахь хилларг-м тоьар дара кху дахаран хьелаш ца хержа, дера дара.
Тоьар дара, цхьана йоккхачу кулубе, Сталинан цIарах хиллачу (набахтеш юьзна хиларна), шу кхо эзар стаг шайн наьIармачашца, кхакханан куйнашца, кетаршца, товнна датта а луш, мезаша дууш, буса ши-кхо сахьт даьллачу хенахь итт-пхийтта стаг дIа а вуьгуш, отуш, нуьцкъах вовшашна тIе а кхайкхош, юха сахуьллуш схьа чу а кхоьхьуш, лестош, декъий санна, бертал а, аркъал а оцу кулуба чу тIекIел деттар-м.
Эзар стаг а ца висира дийна, массо а вийра, дакъа доцуш вайра, каш доцуш дIакхаьллира советан Iедало, буо санна, сагIа доьхуш, хьо тешийна баьрчче даьлла охьа а хиъна.

Цхьа бала, я цхьа боккха бохам тIебеъначу халкъан «дай» кхечу къомах хуьлуш хиллера гуттар а, къаьсттина и халкъ шеца дика хиллачу къомах.
Соьлжа-ГIаларчу набахтехь а дара иштта, коьрта хьаькимаш суьйлий, гуьржий, оьрсий а болуш.
Оьрсий дукхох бара.
ХIара даим цхьана суьйличо левора, нохчийн мотт а буьйцуш – зуда хиллера цуьнан нохчо.
«Майра нохчо бу баху ахь хьуо?» – олура цо хIоразза а, хьо чу мосазза виги. Юха, харцахьа, гIаш юккъе мийра тухура, тIаккха, хьо вужуш – бетах, чоже.

Хьо гуттар а гор кхетара хьалха, цул тIаьхьа – бертал.
Ши куьг дихкина дара.
«ХьалагIатта, лата сох, къонах дац хьо!» – тIехIуттура, хаьнтIе ши куьг а хIоттадой, бIаьргашца-м цхьаъ доькхуш я кхардамца воккхавеш.
Ахь узар ца бора. Узар ца бар дара хьан доьналлех тIаьхьадиснарг, хьаькимо иза хала а ловра, ша хIотталц хьуна гIаж а, мийра а беттий. Хьаьким гIеллора. Хьо такхийна чуьра аравоккхуш а гIийла хуьлура хьаьким, хьо шена къар ца валарна, къурд ца аларна, хьо даим шен бIаьра хьежарна.
И дерриг а пхьола цо хьуна тIехь деш, неIар уллохь, кийчча лаьтташ эпсарш а хуьлура, герзаца.
Хьо цара цкъа этира, багара цергаш а, куьг а, масех пIенда а кагбеш.

Дуьххьара леван вигча, суьйличо нохчийн маттахь тайпа а, тукхум а, ден цIе а хаьттина, лерга юххе тIара туьйхира хьуна, пел а оьккхуьйтуш. Хьо дукха воьхна, цецваьлла тIекхийтира, хIума тоха ца кхуьуш, къамкъарг а лаьцна.
Юха шолгIачу сарахь, кулубехь меттавеъча, хьо цхьана соннехь аркъал Iуьллура, кIел тесна кетар а йолуш.
Цул тIаьхьа дуьйна, леван вуьгуш, ши куьг дIадоьхкура.

Зусашха волу Дуй Iума паччахьан Iедало ирхъуллуш, цуьнан когаш бухара гIант (массо шай-шай доккхур дац олуш, дуьхьал ваьлча) суьйличо даьккхина бохуш хезнера хьуна.
ТIаккха, и хууш волчу хьуна, аттуо хуьлура хьаькиман «майралла» лан.
Хьуна кхин хIумнаш а догIура дага.
Цара чIогIа гIо а дора.

Цул тIаьхьа шу, биъ бутт баьлча, эзар гергга стаг (вуьйш байинера Соьлжа-ГIалахь) цIерпошта тIехь дIавигира буса, лайн есачу аренашкахула, наггахь бен бIаьрг боцчу вагонийн корашкахула чу дарц а хьийзош.
ЦIерпошт саца а йина, шу охьадаьхча, оцу меттиган цIе «Котлас» хиллера.
Шу лайла дIахIиттийра, когахь хIума а йоцуш (хулчеш дIаевллера), ахдерзина догIмаш а гуш.
БукътIехьашха салтий а бара.
Цхьа йоккха машен ялийра схьа.

ТIехь кIайн, еха кетар йолу хьаьким велира тIаккха цу машен тIе хьала, каранаш дохкучу буйнахь дуккха а кехаташ а долуш.
«Хьенехов Минех?» – мохь тухура хьаькимо.
«Я!» – ала дезара шен памили яьккхинчо.
«Пятнадцать лет. Пятьдесят восьмая статья», – мохь тухура хьаькимо.
«Есть пятнадцать лет, пятьдесят восьмая статья», – дуьхьал кхойкхура Хьенехов Минех.
«Сенехов Хьенех!» – мохь тухура хьаькимо.
«Я!» – кхойкхура Сенехов Хьенех.

«Десять лет. Пятьдесят восьмая статья!» – мохь тухура хьаькимо.
«Есть десять лет, пятьдесят восьмая статья», – дуьхьал кхойкхура Сенехов Хьенех.
Кхарна хенаш иштта туьйхира, лай юккъехь, дIаса мохь а бетташ.
Цхьана эрначу хотехь, хьун хьокхуш, Рокоссовскийх кхийтира хIара, тIемалочух. Иза дегIана лекхо, векъана стаг вара, забар ша еш а, шеца йича мегаш а.
Иза лагерера арахьарчу балха а ца вохуьйтура цкъа а. ТIом бер бу олура цо кест-кеста, тIаккха ша дIа а вуьгур ву, шай, Жуков – шиъ бен ца висна тIеман хьал хууш волчарах, олий.
Лецна нах буьйлура, цо ша дIавуьгур ву аьлча, ца тешаш.
Юха, тIом болабелча, шенна бригада а елла, уллохь ха а доцуш, хьун хьакха араваьккхира иза а.
ХIара лагерерчу хьаькимера дац, олура цо, Маскохара схьа ду, хIилла ду хIара, кIентий, хIилла, со воду я ца воду хьажа гIерташ елла маршо ю, олий.

Цунна дуккха а хIумнаш хаьара кху Iедалх лаьцна. Цхьадерш дийца а дуьйцура.
Кхуо шен ткъе пхийтталгIачу шарахь лаьцна волу ши деваша хаьттира цуьнга, церан доь дар а дуьйцуш. Цо уьш дийна хила беза элира, цхьа а адам доцчу пана махка дIабигна, царах керла, иэс доцу советан къам кхолла къайлабаьхна бу уьш кху Iедало аьлла.
Каро йиш юй-те уьш лехча, хаьттира кхуо.

Дуьненан кийрахь карор бац, элира цо, я царах хилларг а хуур дац Маскох Iачу шина-кхаа стагана бен, аьлла.
ХIара хIетахь ца тийшира.
ТIом баьлча, боккъал а Рокоссовский дIавигира, ерриг а лагерь тIаьхьа а йоьлхуш. Цо дуккха а нах а бигира шеца, дукхахъерш урканаш а йолуш.
Кхуьнга хьалххе динбекъа а Iамаяйтинера цо шена, тIамтIе йига. И динбекъа а йигира дIа, цхьана йоккхачу машен тIе а яьккхина.
ХIорш тIаьхьа бисира, лагерехь. ХIорш ца бахийтира тIамтIе.
Кхеран статья тIом бан а мегаш ца хиллера.
ХIорш къайллаха хила безаш хиллера адамашна, цхьана а маьршачу дегIана (мостагIчунна а цхьаьна) тIекхача йиш а йоцуш.

Шовзткъе кхойтталгIачу шарахь велира хIара мукъа, стигланийн а, лаьттан а, маьлхан а, беттан а – дерриг а дуьненан «да» волу советан Iедалан коьрта воI велча.
Кхуьнан цIийнан нах Алма-Атахь хиллера, дIабохийна – лагеран хьаькимо бира кхуьнга и хаам, араволучу дийнахь.
Зудий, ши кIант ца карийра. Нана новкъахь кхелхинера, цхьана станцехь. Циггахь охьадаьккхинера цуьнан дакъа а.

Наха тIаьхьо схьадийцира зудий, жимахволу кIанттий мацалла далар. Важа, воккхахверг, ИсмаьIал, детдоме дIавигна элира шовзткъе пхоьалгIачу шарахь. «Лелон стаг вацара, мацалла яра, тхаьшна дан хIума дацара тхан, тхо а дукха ца дисна», – элира массара а. Массо а кIелхьара велира цхьабосса.
Шовзткъе пхийтталгIачу шарахь карийра хьуна ИсмаьIал, аьлча а иза вийна меттиг, Джамбулера кIора боккху шахта.
Дейтта шо хиллера цуьнан, шовзткъе ворхIалгIачу шарахь урканаша, бандит ву аьлла, кIора дIасакхоьхьучу вагонна кIел а кхоьссина, ши пхьарс а, ност а йоккхуш, нохчийн маттахь мохь-цIогIа тохарх орцахвала да воцуш, шен са долучу готтачу дийнахь.

Хьо а дукха тIаьхьа кхечира, бархI Iай-бIаьстей хийца а делла, иссалгIачу Iано латта къевлича.
ИсмаьIалх хилларг а хиъна, делха а, дека а, хьаста а, човхо а хIума а доцуш, гуттар са «паргIатдаьлла», хьаьттахь зударшца кIа а ловсуш, уьрсаца маж яша деган кхардамах ца хIуттуш, тукарца чо а лоргуш, цхьа «мерзачу» денойн чам бууш хьо лелаш, Тайбата сарахьуо (цхьацца кIен буьртиг бага а кхуссуш, хьаьттара хьо охьаволавелча) тIаьхьа а кхиъна, сацийра хьо.
«Хьенех, и ког баккхар ма дайделла-кх хьан, нахана а хьехахь и дарба», – элира цо, бIаьрнегIарш а дегош.
«Дахаро цхьацца «хьаштйоцу» новкъарлонаш дIаса а яьхна, аттачу даьхна-кх вай, Тайбат… Озабезамаш бу-кх, озабезамаш», – велаваларан сурт дан гIоьртира хьо, лакхара балда жимма меттахъхьадарца.
«Элдарха, цхьана хIусаме доьрзуш хила дезара вайша. Цхьацца иэ-кегабелла нах бу кхузахь вовшахкхетта, хьан-хьанна а бод хьекхо а ца лаьара», – хазийра Тайбата, цхьаъ хатта-м сецначуха, йолаелла гена а йолуш.
«Вай хьалха хилларш дац хьуна, Тайбат, чов ца евза дархо экаме хуьлу-кх лелон». – элира ахь цунна тIаьхьа, дешнашца кхин вах а ца луш.

«Шовда лаьттинчохь уьшал ца эшна, – олур-кх, Элдарха, вайн дайша. Массо а меже йоьхкур ю-кх чевнийн, цIий лаккъалц», – юха а ца хьожуш, дIаяхара, цхьана хIуманна-м сихъелча санна, я дерриг а кхачош.
Тайбат хьол хIума жима йоцуш, хенало йоI яра, хьоьца цхьана юьртахь кхиъна а йолуш. Да а, нана а, шортта вежарий а хиларна, цхьаццадолу захалонаш юхатоьтту-уш, генахьуо ойла кхийдош хIара Iашшехь, къам цIера схьа а дохийна, кхин марехь а ца нислуш, йиснера Тайбат.
Я кхузахь а ца яхнера, курра деттаделлачу дагна мукIарло ца дан, я ша-шена къар ца яла.
И къамел хилла бутт баьлча, хIара шиъ цхьаьнакхийтира, цхьа а цец а ца долуш, я тамаша а ца беш вовшех.
Дерриг а иштта дIа хилир-кх, цхьа язбеллачу кхолламах, я йочанна тIаьххье йогIучу йоькханах терра, хилаза ца долург а хилла.

Ахь цхьана кIирандийнахь, хьаьккхина чу а вахна, Тайбатан воккхах волчу вешига дIаэлира юьхь-дуьххьал, шуьца гергарло ма оьшура вайна, Хьуьнарк, вай вовшех даьшча аьлла.
Хьуьнарк шен йишин амалехь, дог лаьттачохь бIаьрг сацор дезаш стаг хиллера, дагна дезаделларг долахь хилар а лууш.
«И йовсар хьайна товш елахь, дола дехьа цуьнан, хьенех, цуьнга и раз йоргIа а ца кхоьхьуьйтуш, кху дийне ели-кх иза буржал тоха да ца волуш, – Хьуьнарка доцца хадийра, – хьайн шад кечбелахь, йоI, ахьа, хьуо марчоне хьоьжуш яцахь», – аьлла, забаре даккхарца, чIогIа мохь а тоьхна.
Моллин деха нигаташ чекх а девлла, хIара шиъ цхьана тхов кIел нисделча, Тайбат кхуьнан коча еара, шен сих лата санна, са буйна а къевлина, дерриг а дахьаш кхунна цхьанна Iеттош:

«Элдарха, – тIейирзира иза кхунна, – со вайн къам – къам хеташ яц хьуна тахана, я вайн боьрша нах къонахий хеташ а. Цхьана къонахчо цхьа топ а ца кхуссуш, неро хьокху нехаш санна, дийнна къам цIера доккхучу дийнахь хиъна суна кху дуьненчохь суо хьеннан а долахь юйла, со хьаъа а яхкор юйла а, шен лаам боллучо. Ас сайн вежарий массо а цу дийнахь белла хуьлуьйтур бара, Элдарха, гIело ца лайначу вежарийн йиша йогIу, некъ биталаш цунна, сайна бахийта.

Генара-уллора, къайлах-гучух соьга бистхила оцу вайн юьртах кхолха гуо тийсинчу нохчийн курчу кIенташа (вай дохочу доккхачу дийнахь), мотт бастаза долчу нускало мардех лечкъо юьхь санна, со яьл-яьллачуьра шайн догIмаш идош сайна гича, цхьа тамашийна куралла йоьссина, Элдарха, сан дагтIе, дийнна къам гора хIоттош, мостагIашка суо эша ца елча санна. Цундела къомах суо цхьаъ йисна лору ас лайн мухIар тохаза.
Вай делла хила ма дезара, ва Элдарха, цу дийнахь, цу цхьаъ бен доцчу доккхачу дийнахь, зуда а, боьрша а – цхьа а стаг тIаьхьа а ца вуьсуш. Цкъа даьлла са шолгIа дала йиш ма яцара, и де а догIур ма дацара кхин. Вай дехар ма дара тIаккха, хIара дуьне мел деха, къар ца деллачу къоман мохк бу хIара бохуш, аб-абаде яллалц хIара дуьне цец а дуьйлуш.

Ткъа хIинца… хIинца куралла дIа ма яьлла, Элдарха, сонталла хьаша ма хьаьши, ойла ясса ма ели, баьккхина бIаьрг санна, – Тайбат, бертал а йоьдуш, йилхира, кIезашна угIучу зуд-барзах терра, тIаьхь-тIаьхьа гIуьрашка а юьйлуш. – Хьо цу дийнахь цаьрца хиллехь, бохийначаьрца хьо схьавеънехь, хьоьга а мила йогIура, хьо а хьанна оьшура, хьох а мила ешара. «Иза лийриг хир вар-кх цу дийнахь, иза вогIур вацара-кх иштта», – бохуш, хьох са Iехош, ойла тешош, кхин цхьа а ца висарна кхечин со-м хьоьга, ахIи-ахIи-ахIи», – Тайбат дуккха а йилхира, хIора буса, хIора дийнахь, хIора кIирнахь йоьлхуш.
Хьо цуьнга хIумма а ала а ца хIоьттира. Хьан хьайн бара баланаш, хьайн а бара мостагIий, Дала итт эзар са луш кхоьллина хилча, и итт эзар са дуьхьал даххал дукха.

Хьуна хIинца дага а-м ца догIу айхьа цуьнца цхьалхавала дуьххьара тIера бедар дIа масалгIачу баттахь яьккхира, я иза муха хилира а.
«Суна кIентий безар бу хьуна, Элдарха, ворхI, исс, шийтта. Суна бекхам беза сайн гIелонна, – элира Тайбата, – зудаберех вайшимма дан хIума дац хьуна», – аьлла.
КIант цхьа а ца кхиира.
Пхеа а велира, кога вахча, ворхIара ваьлча, шийтта шо кхочуш, меркIело Iаржъялале, тIаьххьара верг – ткъе пхиъ шо кхаьчча, зуда ялон бутт бисначу хенахь.

ЦIераш Тайбата ша техкинера, Муьстарг, Варий, Чегий, Зайт, Жаьммирзий бохуш.
МуьстаргагIар шолгIа кхуьуш ца хиллера.
ХIара церан зама ца хиллера.
ХIара кхин зама хиллера, кхечу цIерийн зама, кхечу къонахийн, хенаш дукха еха йолчу, меттахь бен кхалхар доцчу, шайх дагалеца хIума ца дуьсучу, иэс десачу IуьтIийн зама.
ТIаккха тхойша ший а гор дахара, тIаьххьара кIант кхелхича.
Дерриг а даьттIа охьадоьдуш, карахь кхаба кагъелча санна йисира Тайбат, кхин лийса налха а, я бод хьакхо шар а доцуш.

Хьан кхузткъалгIа шо дара, Жаьммирзин барма ойуш.
Гуттар а «кIуд-кIуд» бохуш, юсаелла, кIорнешна гонах хьийза нана-котам санна, кертах а, цIийнах а дIалетта, сесанах идда йолу Тайбат, букъ а кагбелла, сецира, ший куьг охьа а хаьдда, кертара нитт а, я чуьра нех а ца хьаеш.
Чоь хьоьгахь йисира, кертара беш а цхьаьна.
Тайбат цхьа ша-шега лен яьллера, ша къаьхьа де дийр ду шуна, ша кортош легор ду шун бохуш, Соьлжа-ГIала охьа бIаьрг а бетташ, сих-сиха кеч а луш, Маскох йоьду ша я Петарбухе олий, цхьаццанхьа яха а тохалуш.
Хьуна иза цхьана юкъана хьераяьлла моьттинера.

ТIаьххьар а дIа меттаеара, узамашка а яьлла, нахаца уьйр а хаьдда, хIумма а дага а ца догIуш.
«Делан кхелана реза хила езара, Тайбат, вай цхьа мисканаш ма ду, Дала цхьацца хенаш а тоьхна, кху харц дуьнентIе зен дахкийтина, вайга хIун лалур ду а, хIун лалур дац а хьажа. Шена везачунна дуьненахь лур бу ша бала, эхартахь паргIат вита, аьлла а боху Дала а», – олуш, хьо шега хьаставелча:
«Со Далла реза ю, Элдарха, Дала ша схьаделларг дIаэцар бен, хIума ца дина суна, – тоххара, Казахстанехь, хьан хIусаме ша кхаьчначу буса санна тIейирзира хьуна Тайбат. – Со хьуна яц реза, сайна яц, айса оцу Далла дуьхьал хьочу дуьненан гIелонна яций со-м реза! Ас хIун эр ду Цуьнга, хIун хоттур ду я хIун доьхур ду!
«Хьуо оьшур вуйла ца хаьара хьуна, паччахь нуьцкъала вуйла ца хаьара, хьо хIунда летара?» – аьлла (кара а валийна, хьалаолла кечвеш, когах буржалш а тоьхна лаьттачу шега), инарлас хаьттича, Дуй Iумас аьлла бохур-кх, ва Элдарха: «Хаьара шена ша оьшур вуйла, паччахь нуьцкъала вуйла а. Кхана догIудолчу Къематдийнахь, оцу тIерачу Дала:

«Хьан дайн, вежарийн кортош дохош, хьайн наной, йижарий синкъерамна хьийзош, хьан махках цIе туьйсуш, хьан ярташ ягош, мостагIчо мохк боккхучу дийнахь хьо хIун деш вара, ва Iума?» – аьлла, шега хаьттича, оцу АллахI цIе йолчунна: «ХIара деш ма вара ша», – аьлла, дуьхьал дахьа дош дезаш леттера ша, оьшур вуйла ца хууш ца леттера», – аьлла.
Суна дуьхьал дахьа хIума дезара, Элдарха, оцу Далла. Суна гIелонца яха ма ца лаьара Цунна дуьхьал. Ас бахон ма ца бинера и кIентий. Ас балийта ма бинера уьш, мостагIчуьнца балийта, сайн гIело цIа ян!» – Тайбат сецира.
Хьо кхин ала хIума а доцуш висира тIаккха, Элдарха, цу дийнахь, дера висира. Хьо гIелвира оцу дешнаша, чоьхьарчу стеган тешнабехко санна.
Хьан дог цу дийнахь дуткъделира.

Юха, цул тIаьхьа, Делах а, нахах а эхь хетташехь, зама дIаяьллийла хуъушехь (Тайбатан дехаршца, цуьнан доIанашца), кхин цкъа а гIоьртира гIелонна дуьхьало яккха, нехан кара ца даха, хир ву а, вац а ца хуучу доьзалхочунна (вахийтархьама, къонахийн цIераш ца хьаеш) боьхачу хIуманан цIе тиллича мукъна а вехар вацара-те аьлла (мотт бетташ, нах бойуш, ша лечу сохьтехь а Далла тапча кхуьйсуш веллачу), цхьана Делан мостагIчун цIе, Къалзам аьлла, юхамаччахьара яьккхина а туьллуш.
ГIуллакх ца хилира цунах а – йоI хилира схьайинарг. Вайн Делан дуьненахь йоIана цIе ца туьллуш, Тайбат дуьхьалъяьлча, ахь дикка ойла а йина, Iаламат аьлла, цIе тиллира цунна. Дан а ма дара Iаламат, къанделлачу хенахь тхойшиннах бина къинхетам бар-кх, воI а кхиъна, паргIатдер доцийла хууш, дезарш дан зудабер а делла.

Ткъа хIинца тхойшиннан хIун бехк бара, иштта хиларе мила хьежнера, хьанна моьттинера, хьан воккхавер цхьамма хьан коша тIехь хьошур ду, тIехволучуьнга мел кхайкхабайта кошан чурт а ца дуьтуш.
Дуьне яI, дуьне…
Ванах, схьа ма кхечи со-м, тилвелла стаг санна, суо мича воьду а ца хууш.
Чан рагI-м лаьтташ ю, цхьамма а хьа а яза. Иштта латта а йина, стаге кхин чан цинц а ца бохьуьйтуш, стохка, бIаьсте йоллуш, ягийра хIокху совхозо цхьа ши рагI а.
Нах ца бузарх мегаш дар-кх хIара Iедал, ворхI велла Iиллахь а.
Хорбазашна хIун дира, тIаккха хохашна а…

Ерриш хорбазаш дIа а лахьийна, палан дIаелча, йиснарш (нахе пайда ца эцийта), тракторшна тIаьхьа мекханаш а тесна, хьаьшна дIаехира. Лай кIел бахна хохаш а байра иштта, белашца латта а охкуш, хохаш гулбеш бохку нах Iедалан ницкъаца тIера дIа а баьхна, латта дерриг а аьхна, тIекIел а кхуссуш.
Цкъа Казахстанехь, эхI, деллахь, ма боккха белам бар-кх хIара Iедал, вийлина а, цецвийлина а, кхаьрдина а ца валлал! Хаза Iедал дара чIогIа, хаза Iедал…
Юха цигахь, Казахстанехь, пхьуьйра хенахь цхьа вон неI туьйхи чIогIа, кху Iедало ма тоххара. ХIара дуйла-м «открой» боху омра хезча хиира.
Тхойша цхьа ши де хьалха дуьххьара хилла кIант, Муьстарг, дIа а воьллина, догдоьхна Iуьллуш дара, вовшашка дIаса а кхойкхуш, те а деш вовшийн, вовшийн догъэца а гIерташ.
Ахь неI схьайиллича, панарик сецира хьан юьхь тIехь, «шхарт-шхирт» деш, цхьа ши хIума охьакхоьссира лаьтта.
Арахь машенан гIовгIа а яра.

«Во дворе автомобиль «Победа», а тут два ковра. Ковры быстро повесишь, автомобиль не трогай. И распишись тут», – цIенкъахь лаьттачу гIанта тIе цхьа кехат диллира, панарик а хьажош.
Ахь куьг таIийра.
«Смотри, если кто спросит, все это твое. Понял?»
«Понял», – элира ахь.
Хромовой этгаш яра когахь, тIехь – кожанкаш, хаьнтIехь тапчанаш а йохкура.
Юха, уьш дIабахча, дукха Iийра, Iадийча санна, хьала а ца гIатталуш, дегIа чуьра са дIа а даьлла.
Кхано, цхьа ши сахьт зама а яьлла, хьала а гIеттина, неI а йоьллуш дIа араваьлча, «Победа» лаьттара.
ТIеваха а ца ваьхьаш, чувахара.

ТIаккха кузаш дIаохка алар дага а деъна, оцу сохьта хьостамий а лехна, дIатуьйхира пенах.
Кхин вовшашца тIекаре дала ца хIуттуш, ца кхеташ, генна тIаьхьа набаран тар озийра, ша хила доьгIнарг дIа хир-кх, яздинчух ваций вер аьлла.
Юха а неI йолийра, хьалха санна, анаюх серлайолуш.
Схьа чулилхира. ДIахьажийра панарик. Кузаш гира пенах дохку. Хьостамех бIаьрг кхийтира.
«Ух ты, чмо, как ковры-то повесил, дикарь!» – муьшка ластийра бетах тоха. Схьа ца кхийтира.
ДIабахара.

Iаьмеркера цхьаъ-м хилла хиллера цигахула вогIуш, нах муха беха хьожуш. Иза Iехон еъна хиллера и хIумнаш, цунна уьш нехан долахь ю моттийта. Юха, мухха а Iаьмеркан хьаша кхечухьахула а хьаьвзина, иза дIакхачале аьлла дIайовдийнера и хIумнаш цига, бухахь хилийта.
Дела, хьуна бу-кх хастам, ма минот ца елир-кх, Элдарха, оцу кузашна тIехула хьо кхин цкъа а лагере кхача.
ХIора дийнахь тIекхуьйлуш, чехош, Iедалан хIуьттаренна кузаш дохийна, хьостамаш а тоьхна, «саботаж» ю, Iедалан мостагI ву бохуш, хьалха чохь ваьллина болу бух а хьалаайина, иза мера кIел бетташ… Дала ваьккхир-кх, Дала, шен боккхачу ницкъаца.
Нисделла Iедал дара, нисделла, ша нахана йийриг бен, кхин нийсо шена ма хиларг, я тахана а цуьрриг хийцаделла а дац ша хьалха хиллачул, тебна-а Iаш ду, кIел хиъна, тIехулара бедар а хийцина, четахь шен тешнабехк а боллуш.

Шех тешарг лолда шен, шех тешарг!
Боккъал а, ма Iовдал хила везар-кх шен доьзал бехаш хилча, ша вехаш вуйла ца хууш волу да, нагахь иза иштта хилча.
Амма иза иштта дацара. Iовдал хилар дацара иза, ша харц вуйла шена хаар дара, нехан долахь мел дерг шен кара а дерзийна, вала ца валлал бен хIума дIа а ца хоьцуш, бен-бен къаьмнаш, мехкаш цкъа хьалха хIилланца, тешнабехкаца, тIаьххьар а тIамца чIагIлуш, дIа а лаьцна, юха церан «да» хIоттар дара дерриг а.
Ши етт берг а ца вуьтура кхуо-м, тIехаа дин берг а – тухий воьра, халкъан мостагI ву олуш, цIе а туьллий.
Шен цIе туьллура нахана, ша дара халкъан мостагI, шен дех ша хьегарг.
ТIеюха хеча йоцург дукхавезара кхунна чIогIа, цо йолуш волчунна мотт тухура, хьенехан ши хеча ю хьуна олий.

Царах бора хьаькимаш а. Халкъана юккъера хоржий, уггар а ледара нах, цхьамма а ца лорурш (вийца да а, нана а, тайпа а, тукхум а доцурш) хIиттабора коьрте, цу къоман ка йохо, къам даржийта, яхкало хIума санна, делла, доьхна, Iу воцчу даьхнех и къам дIасадаккха.
ТIаккха оцу хьаькимаша а къам духкура, бага туьйсура вовшийн, вовшашка хIаллакбойтура.
Цхьа а къам шен махкахь ша ца дуьтура даха, шен къоман нах балабора Iедало хьан махка, бухарчу къомал аьлла дукха. ТIаккха царах хьан мехкан дай хуьлура, хьан мехкан Iедал а хуьлура уьш, цара бохабора барт а, шух цхьа пен ца хуьлуьйтуш, цхьа берд, цхьа мокхаза лам. Шух кесгаш хуьлура, дакъош, хIумма а йоцурш.
ХIусамда волчу хьох хьаша хуьлура, ткъа царах – хIусамдай. Цара елларг хуьлура маршо а, цара винарг – «къонах» а.

Тр-р-р, Покаш, кхуззахь сацалахь, хIинца схьакхечи вайша… Вайшинна кIеззиг чан цинц а эцна, хаза меллаша, сих а ца луш дIагIур ду вайша юха. ТIаккха, вайша дIакхачале, де а дIа юьстах дер ду, сингаттамна гIоли а хир ма ю. Цхьаъ деш хилча, гIайгIа а йиц ма ло, ца хилча санна. Вайша кхин хIуманна а деъна а ма дац кхуза, я ча оьшуш ма ца лела, чохь ца Iен лелаш ду-кх, аьлча а чохь ца Iалуш.
Чохь Iен хала ма ду, Покаш, тахана, упханийн тхов тIе а кхетта, латта дазделча, хIинций-хIинций бохуш, ветталуш, сатуьйсуш, хьалатаIа гIерта хьо, тIаьххьара тухий, нийсса аркъал а вожош.
Воьжча, дерриг а тIаьхьа ма хуьлу, Покаш, байттамал ма хуьлу, байттамал, кхин догдохийла ма ца хуьлу, къарвалар бен. Къарвелча, дIа ма долу дуьне, дуьне доха ма духу тIаккха.
Собар, Покаш, собар, бухара доккхур ду вайшимма ча, лакхара а ца доккхуш. Лакхара даьккхича, бухарниг дахкалур ма ду, тIе догIа а ихна. ХIуманна кхачо хила ма еза, хIорд санна дукха хиларх тесна а ца дуьтуш, дера еза.

Дуьйцуш ца хезна хьуна цхьана элана хилларг? ЛадогIал ахь, гондIа а ца хьоьжуш.
Новкъахь карийна ялтех хIума, кисна а юьллий: «Делан беркат ду-кх хьо», – олуш, гуттар а цIа хьош хилла боху элано. Цо иштта куралла йоцуш, охьабоьжна кIен буьртиг а, сискалан цуьргаш а ца юьтуш, Ша деллачу рицкъан пусар дарна, Дала хьолана вукъвина, бIаьста дийначу синтаро гурахь стом луш, шо кхачаза болу Iахар шала бехкаш, ваха хаийна боху и эла.
Цкъа и эла новкъахь хьаьжкIийн буьртигаш лехьош воллуш, воккха стаг а хилла, тIехIоьттинчу шайтIано аьлла боху цуьнга: «Хьо эла а вара, боккха бахам а бара хьан, хIара ахь лелон кIезгаллаш бахьна долуш, наха чIогIа сутара, пис вуьйцу-кх хьо, хьайн сий лардан дезара ахь, новкъахь йоьжна-йисна хIумнаш тхо мискачу нахана а йитина», – аьлла.

ТIаккха ойла а йина (со боккъал а эла а ма ву, новкъахь «важар» вон сакхат а ма ду), ша лахьийна хьаьжкIийн буьртигаш дIа а кхийсина, цIа вахна боху эла, кхин и хIума ца лелон дагца чIагIо а еш.
Юха, дикка зама яьлча, цхьа ун кхетта дерриг даьхни а делла, йокъа хIоьттина ялтин буьртиг а ца кхуьуш, доьзало маьI-маьIIера кайиттина, шен долчух а ваьлла, сагIадоьхург а хилла дIавахна боху иза тIаккха.
ШолгIа а воккха стаг а хилла дуьхьал даьллачу шайтIано хаьттинера боху: «Хьо мила ву, мичара вогIу, хIун леладо?» – аьлла.

Ша ишта а, вуьшта а вара, хIинца сагIадоьхург а ву ша, аьлла боху элано.
«Со дара хьуна хьох сагIадоьхург винарг, – дистхилла боху шайтIа. – ХIумнан хама беш хьо хиларна, Дала дика динера хьуна, хьал-бахам а белла, бертахь доьзал а нисбина. Хьо Далла дукхавийзира. Иза ца ладеллачу ас (суна Далла везарг ца веза) цхьана дийнахь зийра хьо, Iехон дагахь, воккхачу стагах дистхилла, и хIуьмалгаш лехьорна бехк а боккхуш, хьайн сий ма дайа, хьо эла ма ву аьлла. Хьо боккъал а тийшира хьуо эла хиларх. Хьо Iехавелира, эла цхьаъ бен цахилар диц а дина. Сох тийшира хьо. Цу дийнахь дуьйна къийлуш, вухуш, ваьржаш, тIаьххьар а сагIадоьхург хили хьох. Я кхин метта а вогIур вац хьо цкъа а.
Сонталла соьгара юйла хаалахь, къинхетам Делера бу хьуна. Лап-тIарш», – аьлла, кхос-кхоссаделла, дIадайна боху шайтIа.

Иштта ду-кх, Покаш, дуьненан хIума, шен цхьа да волуш. Хи а хьайна оьшучул совнаха ма Iенаде аьлла ма ду жайнахь. Хинан а ву хьуна шен да, вайшиннан а ву. Массо хIумнан а ву-кх да, массо а хIума цуьнан а ду.
Кхийтирий хьо, Покаш?
Цхьа гIовгIа-м ю хьуна хезаш, миччахь елахь а, цхьа тата ду-кх.
Ванах, говрахь стаг вац иза…
– ХIей, мила ву хьо воллург?
Къуръанор, цхьаъ-м вогIу кхуза а, да вийначунна тIаьхьаваьлча санна.
Кхуо хIун леладо, оцу гIорийначу оханна тIехула говр хоьхкуш.
– Накъост, хьуна хIара Iедал доьхна-м ца моьтту, я хьан долахь ду хIара ча? Со мила ву хаьий хьуна? Со…
Хаьара дера суна хьо мила ву-м…

– …Со хехо ву хьуна, пачхьалкхо алапа а луш, хIара ча лардан хIоттийна. Охьаяссае хьайн салаз, хIокху Делан сохьта охьаяссае, ас хьайна акт а хIоттийна, теттина гIуда тохале…
Иза-м хьоьга далур, хьо ваха, ду, иза ма бу шун болх.
Покаш, Покаш, сацалахь, тр-р-р, гIуллакх хили хьуна вайшинна, къа а ца хьаьрчаш. Шхарт-шхирт, шхарт.
– Хатта мегаш дац, хатта, ча хьур ма дара ас, хьенех, ахь бакъо елча, мегар дарий аьлла. Лачкъийнарг бен хIума мегаш дац шу, цундела наха Казахстанехула бIаьрзе гуо бехир-кх шу бахьна долуш. ЦIен партизан а хилла вара хьуна сан да, хIара Iедал доккхуш лета а летта, колхозаш яхка гIерташ, хьаьддий-веддий лелла. ДIавохийра-кх иза а, оццул дукха – накха буьззина – орделш, мидалш а йоллушехь, шу санна болчара хIара гIуллакхаш ца дуьтуш, пуф-ф, – еха муштакх йолу цигаьрка латийра хехочо, говрара охьа ца волуш, аьтту ког нуьйрал сехьа а кхоьссина.

– ХIан, хIинца ча а дIанисди ша хиллачохь, Iедал а ца дуьйхи. ЦIен партизан хиллачу хьан ден а, хьан а Дала хан яхйойла…
– Дала хан массеран а яхйойла, накъост, пачхьалкхан хIума лачкъа ца дайтарх дегабаамаш бан ца оьшу. Сох теша а дина, суна алапа а луш, пирсидатал ков-берте а веъна, со ву кхузахь пачхьалкхо ха дан хIоттийна.
ОстопируллахI, ма кIордий-кх суна хьо а, хьан пачхьалкх а.
– Нийса ду. Ас хIума ма ца боху, эцца сингаттамна, говр а йолайолуьйтуш…
– Дера дуй, дукха нийса-м! Яздайта хьайна ча, конторе а гIой, хьуо пачхьалкхан белхало велахь. Нагахь вацахь: «Я пенционер такой-то, поршу оказат материално-синажную помош», – алий, заявлени луо хьаькиман цIарах. Хьаькимаш шайга аьлча хууш бу хьуна, хатта деза хIума…

– Дика ду, Дела реза хуьлда, кхийти со. Iодика йойла… ХIей, йолалолахь, Покаш!
– ХIинца хIун до ахь, тIе кхаьч-кхаьчначуьнга, хьенехан кIанта ча ца даийти соьга бохуш, со вийца хIуттур ма вуй хьо-м, хIара ча сан долахь хилча санна. ТIедотта жимма ча, тхайга хаьттича…
– Деллахь, со хьо вийца а хIуттур ма вац, суна хьан а, я хьан ден цIе а ма ца хаьа…
– Со Лечин кIант Хьоза ву-кх хьуна…

Хьо Лечин Iалха воцийла-м суна а дера хаьара, хьох бIаьрг ма кхийтти.
– …Сайга хаьттича гIуллакх дийр долуш а ву, бакъду, сайх тешийна долу пачхьалкхан хIума дуй, накъос…
– Дела реза хуьлда хьуна, иштта хила а веза, со-м докъар доцуш ца веънера, хан яйа…
– Хьуо хIинца, ча хьуо, гIовгIа а ца еш. Тхоьга хатта деза я хаийта хьалххехь, хьенех…
– ХIан-хIа, хьаштдац, гIоза даадойла. ЧухI, Покаш!
– Ма гIолахь! Ча хьуо. Я лачкъа ца дича ца мега хьуна! Шуна мегар ма дац… Пачхьалкхан… алапа а луш… сайх тешийна… ЦIен партизан а волуш… накха буьззина мидалш… Шу къуй… Казахстан… бур-бур…

ЭхI, Дела, белахь Хьайн къинхетам, кхаьрца хIун дуьйцур ду я хIун доккхур ду кхаьргара. ХIорш бу-кх берриш а, дерриг къам а – хIара.
«Ча хьуо, тов, хьайна, со вийца воллу хьо». Ас хьаьнга вийца хьо, ша хьайга ца вийцахь, массо а хьо ма ву хIинца, хьо – массо а! Цхьана дена эзар нанас бина цхьа хье болу доьзал ма бу шу.
Ча дахьийта-м воллура соьга Лечин кIант Хьоза, дера воллура!
Цхьа ши паччахь вовшах летча, эшийнарг тоьллачо ор чу кхоьссинера боху, Iуьйранна цуьнан корта баккха. Кхано, буьйса генна кIаргъелла, ха тхьевсича, эшначун ялхо хIоьттинера бохуш дуьйцу ор йисте, карахь муш а болуш.

Муьшан юьхьиг шен паччахье дIа а лацийтина, ялхо вистхиллера боху: «Ша хьалавоккху хьо, ахь хьайн йоI шега маре яийтахь», – аьлла.
«Йоуьйтур ю ша», – резахилла боху паччахь.
«Хьайн бахамах ах бахам а ло шена!» – вистхиллера ялхо шолгIа а.
«Лур бу ша», – паччахь шолгIа а резахиллера.
«Хьайн берриг мехкан а, хьолан а да веш, хьайн когаметта хIоттаве ша!» – кхозлагIа аьллера ялхочо.
Шен буйнара муьшан юьхьиг ор чуьра хьала а кхуссуш, вистхиллера боху тIаккха паччахь: «Хьо лайне кху чуьра хьала а ваккхийтина, хIара дуьне ца дууш, со санна волчу паччахьера Iожалла тIеоьцур ма яра ас кхана», – аьлла.

Кхеран хIума хьанна эшнера, я мила вохкавеллера кхарна, мила ваьшнера! ХIинца хIорш хили-кх берриш а: дай а, Iедал а, «къонахий» а. Кхаьрга бахна зударий а, кхара бита а бити, буьйсаIуьйккъехь, лайлахула, чуьра ара а бохуш.
Хийла дас шен йоI-йиша къан ма йира, кхаьрга ца йохуьйтуш, лаьхьти чу ма нисйира, кхарах ца яхкийта.
Нехан-м вежарий а, вешин къоьнгаш а, шен кIентий хуьлура шаьш дIабевлча тIаьхьабиса. Хьан ца хили-кх цхьа а. Цундела дIа Iадда ма Iийра, йоI мичча яхча а мегаш, цхьана бусалбачу стеган долахь хилчхьана аьлла, хьайн къаналлин ойла а йина.
Яхь йийр яц моьттинера цуьнца, иза буо хиларна. Тхойша боцчу некъахь ма дара, тахана-кхана аьлла, шиннан а декъаза шераш а долуш. Тхойша чIирна а ма ца кхачадора нохчийн Iедало, я гIурбанна дакъалаца а ма ца дезара. Тхуна схьа чу ма дохьура наха гIурбин сагIа а, мархийн сахь а. Хьан керт байн керт ма яра, Элдарха, хьо доккхахдолу буо а долуш.

ЙоI кхио-м гIиртинера тхайн ма-хуьллу, хIара дуьне цунна довзийта, тхаьшна ма довззара, тхаьшна ца мегнарг ца магийта, мегнарг – Iамо.
Тхуна Iеминарг, тхуна мегнарг нийса хилла ца хилла-кх кху дахарехь, тхо генара хилла-кх чIогIа, зама тхайх ца кхеттал генара.
«Боьрша стаг боьрша хила веза хьуна, – баьхнера охашимма цу йоIе, – боьршачу стагца доьналла ма къийсалахь. Хьуо дIаяхначу цIийнан сий ларделахь, хьайн денцIенна эшам бай а, иза ду хьуна хIинца хьан коьртан а, хьан некъийн а да, хьох долу жоп а цуьнгахь ду хьуна, иза ларалахь жоьпан да, хIара цIа доцуш санна, хIара кхин дац хьуна.

Де деха а, доца а хуьлу хьуна зудчун. Де дахдан Iамалахь, Iуьйранна цIийлучу анайистаца кетIа юьйлуш. Цкъа дахдича гуттар а деха лаьтта хьуна де, дацдан дага а ца догIуш.
Несах йоI ца хилла хьуна, марненах – нана а. Хьуо нус хилар ма дицделахь, неслара яла а ма гIерталахь. ЙоIах йийлина нус нанна йилхина олуш ду хьуна.
Йижар несачух тера делахь, гIаттар – невцачух.
ХIуманна да хIотта ма гIерталахь, айхьа охьабинчу хьайн доьзалан а хьуо хехо юйла хаалахь, деца шун доькъуш йолу.
Чаьмза даар чоме делахь схьадала хаарца, чам болчух моз делахь, тоъал бен ца кечдеш.
Хьайн мардех эла велахь, марненах – элан сту. Марйишин гIарбаш хIотталахь, марвешин – йиша», – ма дукха дийцинера, ма дукха баьхнера, иза кога дахаза бер долуша цунна хьалхахь бедар ца хуьйцуш, иза кхиа а йоьлла дIайолаелча, цунна гучохь охьа ца вуьжуш…

Хьо-м Тайбатца а варий иштта, тахана а иза нускал долуш санна, ламаз оьцуш цунах хьайн ерзина ност лечкъош, лога юххера вета къуьйлуш, хьешан гIиллакхашца шун дерзош, осалчу дашах ларлуш, цкъа а иза нускалара ца ялийта гурахь латтош, хьуо мел веха цунна тIехьийза кIант а хилла, хаз-хазчу дашца геннара догъоьцуш, къайллах бIаьрг кхерстош, уьттазза, бIозза, эзарзза бехк лелош айхьа, иза гIиллакхах юца, эвхьах ягийта, нускалан цIоьлла цуьнан юхь тIехь даим сецон гIерташ.
Юсуп-Хьаьжас а аьлла бохур-кх, советан Iедал тIедеъча, кхуьнан «гIиллакхаш» лан а ца делла, Туркойн махка дIавоьдучу шена тIаьхьабевллачу нехан Iодика а йина, ша дIаволавелча: «Ва Юсуп-Хьаьжа, хIокху хьайн хIусамненан ца йо ахь Iодика», – олуш, юха оцу наха ша сацийча: «Шена йовза-м ца евза иза, муьлханиг ю, гайтийша шена иза», – аьлла.

«Хьайн зуда муха ца евза хьуна, цхьаьна къанделла дацара шуьшиъ?» – олуш, и нах цецбевлча:
«Цхьаьна къан-м ма деллера тхойша, делахь а юккъера эхь дIадоккхуш, дуьхь-дуьхьал дирзина, цкъа а вовшийн бIаьра хьаьжна дацар-кх тхойша», – аьлла.
Маржа яI, маржа, халкъан доцу гIиллакхаш хилла те цу наха схьакхехьнарш, я халкъан йоцу амал латтийна те болатах яхчош, собарца юттуш, хIара дуьне кхоьлличхьана кху махкахь шаьш дехаш, коьртан сий бен кхин Iалашо ца лоруш, мехкан маршо бен кхин декхар ца хеташ, тIерачу Далла бен суждане ца боьлхуш, дуьненчохь шаьш яьккхинчу кIеззигчу ханна дуьне мел лаьтта шайх дийца дош дуьтуш дIаихначу къонахаша хьанна бохуш дитина те шайн сийх, йохьах доьттина долу и кортош кура ламанаш, мила лелийта дехкина те шайн гIиллакхашца дуьне дузуш, шордина хилла маьрша некъаш, мила кхион дитина те: «Цхьана къонахчун меха дуьне а ца кхочу», – боху, шайн мах шаьш хадийна долу хала весет!

ХIун хили те кху заманах, хIун сардам я хIун наьIалт даха те кху чкъурах, мича декхарна дIаийци техьа Дала хIокху къоман доьналла, я стенах доьхки те кху адамаша шайн кортойн сий, дуьне а цецдаьхначу дешан мах хьан лахби те дуьххьара кху Нана-ДегIастанахь, мила ву те…

Воккха стаг, Элдарха, шен говр саца а сецна, иза дIачовхо аьлла хьалахьаьжча кхийтира ша цIа кхаьчна хиларх: говр къевлинчу кевна хьалхахь лаьттара.
Воккхачу стагана шен керт гира, шен цIа, цу цIийнан тхов а.
Воккха стаг гIеххьа вуьйхира, шен йоI Iаламат а, цуьнан бер а шена гург хилар дагадеъча. Цундела ца дийзира воккхачу стагана ша иштта сиха цIа кхачар, хIара цIено гар, ша йоIах ен ойла а.
Воккхачу стеган хIумма а дацара йоIе ала, дерриг а шена диснера, бахам а, хьал а, хIара «воккхавер» а цхьаьна.
Говр цхьа ехха дIахийцира Элдархас, гIомат а, архаш а – массо а хIума нисъеш, шен-шен метта хьалауллуш.
Юха, кхин чу ца воьдуш, говр хитIа эцна вахара.

ХитIара чувеъча, цунна хIоъ а луш, тIе куьг хьокхуш, сийн-сийначуьра йол къестош, хан ялийтира дуккха а.
ТIаккха а цхьацца лоьхуш, кетIахь хьевелча, йоккха стаг кхайкхира:
– Ламазан хан йоьду хьан, чу ца вогIу хьо, ва къонах! – аьлла.
Чувахара.
Iаламат ца гира. Iаламат сийсара дуьйна а ца гинера кхунна.
ЙоI къехкара дех, да – йоIах а.
Жимма юучух а кхетта, ламазан кхачо ян хIоьттира.

Ламаз дахдира чIогIа, маьждигехь моллас санна, дина а, дерзийна а, мел белла а ца волуш.
Юха оцу сохьта дIавижира, наб кхетча санна дIатуьйш, ша меттах ца ваккхийта.
Шина-кхаа сохьтехь Iиллира, маьркIаже сатуьйсуш, пенехьа дIа а вирзина.
Йоккха стаг еара чу, чIепалгаш а, жимчу кедахь маша даьттий, шура тоьхна чай а дохьуш.
Охьахиира дIанехьуо. ГIеххьа Iийра хьекхалуш.
– БIаьсте хала ян мега, шинар духкуш ву боху Изновр а, – геннара долийра, гондIа а хьоьжуш, – хьо ма хьевели…
Воккха стаг вист ца хилира, я ца хеза сурт дира, чайнах боккха къурд а беш.
– Кху йоьIан марда вара веъна, хьо чохь а ца хилла, хIара йоI дIа а ца йоьдуш…

– Тайбат! – воккха стаг дIахьаьжира.
– …Эцца вехна а волуш, накъосташца йохье а ваьлла, дошдоцурш ду бохура, – сихха дагардира, кхиа гIерташ.
– Тайбат, хIун ду ахь дуьйцург, хьайн доцу къамелаш хIунда текхадо ахь! Со ца вевза хьуна!
– Вевза, къонах, хьо а вевза, суо а евза, хIара дуьне а девза! Кхин дан хIума ма дац, хIун дан гIерта хьо, Мадин Жаьммирза ван-м ца гIерта хьо нахах? – йоккха стаг хьалагIеттира, голаш тIе ши куьг а гIортош.
– Ца гIерта, Тайбат, ца гIерта… Делаца мах шозза ца бо цхьана боьршачу хIуманца, цхьа зуда шозза ца йоьду цхьана куйнан бакъоне… Сан йоI кхахьпа дац, цунна мерка ца оьшу, буса цIа лоьллуш, Iуьйранна дIакхуьйлуш, хьийзо. Сан йоI…

– ХIей? – кхайкхира цхьаъ сени чохь, «гарт-гирт» деш, ло дIадаккха когаш охьа а тоьхна.
– Чувола, чувола. Нах беха хьуна кху чохь! – мохь туьйхира Элдархас, шен юьхьан бос хуьйцуш, воккха велавелла, хьешана дуьхьал а воьдуш.
Хьаша Гилани хиллера, кхуьнан йоьIан марда, аьлча а хилларг.
Хьал-де а хаьттина, шаьш охьахиъча, Элдархас чIепалгаш хастийра: «ДIаэцал, даал, Гилани, кхин карор бац хьуна хIара тайпа кхача», – аьлла, текх хьешана хьалха а тоттуш.
– Тайбатан даар дика хуьлучух тера ду, – цхьаъ-м ала гIоьртира Гилани а, воккхачу стеган «сакъерадаларх» ца кхета-аш гондIа а хьаьжна.
Гилани кхаьрга хIинца шозлагIа бен ца веънера, воккхачу стагана гуш. Хьалха захало хилча веънера, хIинца (хетарехь) йоIана тIаьхьа а.

Цхьаъ-м дагадеъча санна: «ХIума яалахь, со хIинцца чувогIу хьуна, говре а хьаьжна», – олуш, сихха аравелира воккха стаг, шеца (уьшар йина) Тайбат а эцна.
Юха халла, доцчу денца, урс хьаькхна болу уьстагI сени чу а беъна, тIера цIока яккха хIоьттира, Тайбате дIа а лоцуьйтуш. Нийсса ах уьстагI оьллира дIа, важа ах циггахь, сени чохь, кхаза а буьтуш.
– Даьхни дика долчух тера ду хьан, Элдарха, ялтех хIума юй? – хаьттира Гиланис, хIара чуван хье а велла, кхунна тIаьхьа араволуш, тилон хьалаоьллина уьстагI а гина.
– Ялта а ду, вон дац даьхни-м, – жоп делира Элдархас, хьешан къамелах кхеташ а, ца кхеташ а.
Хьаша кхин вист а ца хилира.

Пхьуьйра ламазаш а дина, вирд даьккхича, Гилани иштта цхьа бен а доцуш, цхьамма салам луш юкъадаьккхина къамел санна, дийца хIоьттира ша деънарг, тIаьхьа ян езаш машен а ю, хье а ло ша аьлла.
– Жижигах ца кхеташ ваха йиш яц, йоккхачу стага галнаш а йийр ю вайшинна, – вистхилира Элдарха, юха а хьешах кхеташ а, ца кхеташ а, ша кхунна аьлла бийна уьстагI а хилча, кхуо хIун дуьйцу юккъехула, олуш шен дагахь.
– Дала дIаваккхаро, оцу кIанта и цхьа гIовгIа а йина схьавеънера со, Iаламат дIа а йига… Юха хьо чохь а ца хилла, зударшна цхьацца ма хетий, цхьа доккха хIума, дуй. Берийн кхин хьекъал а ма ца хуьлу, шайна дагадеънарг бен… Маларан тIадамах а кхетта: «Ас йити хьо», – аьлла цо, хIара яьлла схьаеъна, цо дуьйцург цхьа дош а хетта. Дош ма дац иза, зуда юьту иштта! Хьо кхетар ву-кх аьлла, кхин стаг а ца валош, схьавеа-кх… Во-о, Тайбат, и йоI схьакечъел, машен схьакхачале, – кхайкхира Гилани, – кхин хIума дуй кхузахь, Элдарха? – олуш, воккхачу стаге схьа а хьаьжна.

Воккхачу стагана ца хаьара, ша кхуьнца хIун дуьйцур ду я хIун эр ду а.
Воккхачу стагана хаьара, оьздачу стага зуда иштта ца юьтий, цхьа эхь-иман а, доьналлех цхьа зирх а шен дегIаца болчу боьршачу стага-м хIетте а. ЙоI оцу хьолахь чуьра ара а яьккхина (улохь ваша а, я шича а, къона да-наний а доцу), къаналла тIаьххьара шо долчу дена хьалха йоуьйтуш волу къонах зудчух вахка мегар дуй а хаьара воккхачу стагана. Уьш дукха ма бара, зударех бахка хьакъболу боьрша нах, зударшкахь марехь хила безаш, церан хIумнаш а юьттуш, юург а кечъеш, маха-хIума а йоккхуш царна.
Къонах – къонах хила ма везара, ткъа зуда – зуда.

Кхуьнан дешичас, Сулаймана, зуда йитича, етт-эсий эцна вахийтира хIара цкъа, жима бер долуш. Бер хуьлуш яцара иза. ТIаккха, Сулаймана зуда ялийча, мел дехарх ца Iаш дIаяхара, шен цIе а тасийтина.
Цунна хиллачу бохамна дигийтира и етт-эсий а. Сулаймана-м дукха баккхал а яхьийтира цунна тIаьхьа, шаьш цхьаьна яьккхинчу ханна вовшах мел тоьхнарг. Оцу зудчо юха а яийтира и хIумнаш, хьо шеца ца хилча, ша хIун дан йоллу кхарах аьлла, хабар а тухуш.
Дика зуда ю олура цунах наха.
Синкъераме стаг яра иза, елар а дара цуьнан хаза.
Цул тIаьхьа цхьаьнга-шинга а яхна, массанхьара а цIа а еъна, цхьаъ бен воцу ваша а велла (вешин воI ца хиллера), ша цхьаъ йисча, Сулаймане хабар даийтина бохура цо, ша елча шен тезетан да хIоталахь аьлла.
Воккхачу стеган дуккха а дара дийца, амма дош-м дацара цхьа а, дийцича а, я ца дийцича а. ТIекхета хIума дацара, мелхуо а хьо эшар бен. ХIума дийца а, чIагIдан а, юьхьдуьхьал дIаала а хьайца нийсса стаг оьшура, хьан дашна дуьхьал даккха дош а, чIагIонна дуьхьал чIагIо а, хьан доьналлица къовса доьналла а долуш, хьан некъаш девзаш волу стаг.

Ткъа кхузахь хьаьнца хIун дуьйцур дара, мила вийр вара бехке, мичахь вара къонахийн бустамаш бевзаш волу къонах?
Цхьана шацца астагI а йолуш яра Пхьарин йоI ХIайкал. Дукха нах лаьттара Пхьарин хIусамехь, ерриг Нохчийчуьра а цхьаьна, и йоI йоьхуш.
ЙоI реза хиллачунна реза ву ша, бакъду, юьгучуьнгара шийтта етт урдона-м боккху ша, шен йоI астагI ю бохуш, яйн ца ларийта, аьллера Пхьарас.
Цхьана мартанхочо, Ахьмада, дIа а йигира ХIайкал, шийтта етт а лаьллина, ламчу, Пхьара вехачу юьрта дIа а вахна.

«Вайн десар, Элдарха, и ХIайкал цхьана хIуманна сихъелла дIахьаьдча, цхьацца метар астагI ма лелха хьуна иза!» – олура Ахьмада, вела а лой.
Пхьарин йоI хаза йолуш ца къуьйсура наха, я иза ца хилча ца мегаш а, цуьнан ден Пхьарин дуьхьа къуьйсура, иза къонах хиларна, цуьнца гергарло, агIо, цуьнан чIагIо езаш.
– Хьо кхин вист а ма ца хили, Элдарха. Зуда юьтуш а, ялош а хуьлу, дуй, стаг гIалат а волу. Зударий бац-кхи берриш а дика а…
– Оцу вайн йоIера хIун даьллера-те, Гилани, тIейисина бежана санна, уллохь стаг а воцуш, буса чуьра ара а яьккхина, лайлахула схьаэккхо? Оцу цхьана хаттарна кхоччуш жоп лохьа суна, со теша а веш, – меллаша вистхилира Элдарха, Гиланин юьхь тIера бIаьрг а ца боккхуш. – Зуд-маккхал динера-те цо, дена-нанна аьллера, шун цIа ца лардинера, боьха хиллера чохь? Цуьнгара даьллачун цIе яккхахь, Гилани, нохчийн маттахь цIе йолуш и хIума делахь.

– Вай-й, хьанна хаьа, дуй, хIун ду! Масане хуьлу кегийчеран лер-аларш, жимчу стага къаьркъа молуш а хуьлу, мелча вехаш а хуьлу… Зуда шега аьлларг а деш хила еза-кх, цо молу къаьркъа а ца дуьйцуш… Накъостий а ма хуьлу цхьаьна. Со суо вара чIогIа къаьркъа молуш а, узуш а… Зударийн оццул чIогIа къелла а ма яц вайна, хьалха санна, дуй. Суна-м ца хаьа, бахьнаш дукха ма хуьлу, даккхий а, кегий а…
– Гилани, – юха а юкъахваьккхира воккхачу стага хьаша, – деллахь, Гилани, ца хаьа суна-м, айса мича юьххьера долон деза, я мича масалшца дийца деза а. И вайн доьзалхо шуьгахь хила ца везаран бахьна-м дуьйцур дара ас хьуна шийтта, юха, шайгахь иза нисвелла хилча, хьан кIанта цу тайпана иза схьаэккхон ца везаран бахьна ткъе берхIийтта а дуьйцур дара. Сан дийца дуйла а, со хьенан мила ву а хьуна а, оцу тIерачу Далла а хаа а хаьа.
Цхьа некъахо, говрара охьа а ца волуш, шена уллохула тIехволуш гича, малхехь даьIахкаш йохъеш Iачу Мурдалан Асхьаба аьлла бохура: «Воккхачу стагана тIекхаьчча говрара охьа ца валар лайн гIиллакх ду хьуна, кIант, иза диц ма делахь», – аьлла.

«Ша лай ву ала-м ца гIерта хьо?!» – олуш, некъахочо шена яппарш йича: «Хьо лай хиларан ворхI бахьна хаьара шена, тахана бархIалгIа дерг тIе а кхийти. Царах уггар а дай долчу кхааннан цIе а йоккхур ю-кх ша хьуна, – аьлла, кхо бахьна дагардинера, Гилани, Мурдалан Асхьаба. – Царах цхьаъ дара хьуна, кIант, – аьллера цо, – хьан цIартIехь йолу зуда, хьуна уллора хьала а гIеттина, буса яьлла маре яхар. ШозлагIа дерг дара хьуна, айхьа лачкъа а бина, биъначу коьмана ахь биъна болу къера дуй. КхозлагIа дерг – хьайн маре яхна зуда юхаядон а гIоьртина, ахь хьайна тIера яккхийтина хеча. Уьш гIийлачех дара хьуна, диснарш ша хьуна дагардан а ца оьшуш, хьуна хьайна а ма хаьий», – аьлла.

Дукха ваха, Гилани, хьо, дийца доцуш-м вай а дацара, хьуна ма хаъара, делахь а дош дац-кх, хIуъа дийцича а. Хьо а, хьан цIа а ца девзаш ма ца Iийнера со и йоI цига еъча, сайн зама дIаяларна, суо къена а хетта, лерг таIIийна дIасецир-кх: «Хьенехан гергарло цаьрца тасаделлий-ц», – бохуш, суо нахала валар а ца дезна. Махкара доцчу эро цхьогал ца лаьцна, олуш кица ду вайн дайн, Гилани. Бехк хьан а, я хьан кIентан а бац. Сан бу бехк, сан, дерриг а хуъушехь (дIалечкъича къайлаволу а моьттина), и сайн доьзалхо хIаллаквинчу.
– Ахь дуьйцурш хIун ду хууш вац со, цхьаъ доцуш цхьа а вац… Уьш дIадевлла дукха хан ю… Вайна кхин зама ю хIинца, нах парггIат бехаш… Сан кIант зуда йоцуш а вуьсур вац, зударий шорта а бу, со-м иштта схьавеънера… Iодика йойла, хьан йоI а гIоза ехийла, – олуш, Гилани кхохкийча, Элдарха дохковелира ша сарралц гулдина собар (дистинчу хиэ хьо тIай санна) цIеххьана шен хецадаларна, – Тайбат, хьан а Iодика йойла.

Воккха стаг ша Iаччохь висира, кхин цкъа а дохко а ваьлла. Кхуо хIумма а ала дезаш ма ца хиллера цуьнга: «ДIавала, дIагIуо, йитина зуда йитина хила еза, къахьегна ахь», – алар бен. ШайтIа туьйли-кх, гаур, шайтIа.
– Ва къонах, хьо эгIийна я тилийна, ахь хIун леладо! – чоьхьа йоллушехь тIейирзира Тайбат. – Тахана мича кхача гIерта хьо, тахана…
– Хьайн со лолда хьан, Тайбат, виталахь со, хье а ца веш. Сан ерриг а меже даш санна ю хьуна, корта эккха боллу хьуна сан, де дац хьуна цхьа а дийца а… Тховса сацалахь, хьайн да ваха, сацалахь тховса, – воккхачу стага куьг ластийра, бIаьрнегIарш тIе а дохкуш.

Йоккха стаг гIеххьа лаьттира, цергашца балда а лаьцна, ега а еш, Элдархина тIе а йогIаелла.
– Дехьа чу ялахь, Тайбат, витахь со тховса, – дийхира воккхачу стага кхин цкъа а, цхьа геннара гIийлла вистхуьлуш.
Йоккхачу стага букъ берзийра. ДIайолаелира. ДIаяхара. Йилхира, дехьа чу а яьлла, «ухI-ухI» деш, паднара йисте дIа а тасаелла.
Элдарха меллаша аравелира, цхьана вонах генавала санна.
Говр терсира, цIийнан неI тухуш а хезна.
Говро «хур-р» дира, хIара божал чу ваьлча, корта схьа а берзош…
Воккхачу стеган дог тохаделира тIаккха, говран тарсар хезча, адам шега дистхилча санна.
Дагна цхьаъ хиллера, доьхнера я дуткъделлера чIогIа.
Алан, Iаьнаран хьожанехь гIеххьа лаьттича, божлан цхьа бIаьрг болу кор гира, хьацаро жимма кхолийна, беттан серлоно эзар дакъа еш, аьтта.

ТIевахара кора улло. Кетаран пхьош хьаькхира.
ДIахьаьжира ара. Юха стигла.
Седарчий цIенна къегара, масийтта кIохцал долу баI санна. Баттана гуонах кIайн-можа серло яра, иза шелонах ларбан хьаьвзина.
Дуккха а лаьттира, ойланийн юьхь а тилъелла, шена хIун хилла я хIара хIун ду а ца хууш.
Юха цIеххьана эхь хийтира цу буьйсанах, дуьненах, оцу Делан сибтех.
Дерриг а Делан дара: хIара дуьне а, буйса а, ло а, шело а.
Хи делира бIаьргех.
БIаьргаш тIунделира.

«ХIай АллахI цIе ерг, массо а хиламан а, хIоттаман а Да, тхан Везахинволу Дела! – куьйгаш хьалауьйхьира, – къинтIера валалахь, бIаьрхи даллал бахьна доцуш (кхул даккхий дерш а лайна), Хьайна хьалхахь тахана юьхьIаьржа хIоттарна, гIийбаташ доцуш ван гIерта-кх Хьуна дуьхьал. Ахь делларг деза ду-кх, цхьа зIе йоцуш, цхьа некъ боцуш, ша-шах делла цахиларна. Ахь айхьа а аьлла боху-кх: «Де а,гIора а эшийна, къоналла карара а йоккхуш, хан ца кхачарна зама такха айса къанбинчу баккхийчу нахах бехк хета суна цу лаьттахь», – аьлла. Цунах бехк ма белахь, Дела, тахана а, Хьайн кхел жимма халонга яьлла, дуткъделла дог къардаларна», – дийхира воккхачу стага, бIаьргех дайн куьйгаш хьаькхна, божлин неI йоьллуш уьйтIе ваьлла, шен хIу хаьддачу цIенгахьа меллаша дIа а волалуш.
Сахуьлуш (дарц тий-кх моттаделлачу хенахь) цIеххьана лецира воккха стаг шен некхах бIо хиллачу къеначу даго.
Дог кхин ца Iийра.

Дог тохаделира кхечу Iаьршашка, кхечу маршоне, я ша хьегначу лакхене кхача.
Дог юккъехула декъаделира, иккхира (къаналлий, марзой цхьаьна ца еъча, тIулгах кхета ле аьрзу санна), дегIан чарх гур боцийла хаийта цкъа лоьмах дIасакхоссаделла, хIордах керчина, пийлигах хьовзийна воккха стаг тIаьххьар а неIаран сагIи тIе гор-бертал а вохуьйтуш.

Делкъал тIаьхьа, больницехь, Элдархина тIейитина Тайбат, букътухучу гIанта боьрша стаг санна охьахиира, настаран голаш тIе пхьаьрсаш а гIортийна, генна схьа чу а кагъелла, вала са уьйзучу шен цIийндега йокъа хIоьттинчу бIаьргашца геннара (шовзткъа я шовзткъе итт шарера), дукха генара схьа а хьоьжуш.
Элдархин багахь хьала цхьа чIижаргIа йоллура, буьххьехь резинкин тIоьрмиг а болуш.
ТIоьрмиг цкъа худалуш, юха шорлуш, тIаккха цIеххьана соцуш, хи доцу чIара санна бетталора, тIаьхь-тIаьхьа туьйш, гIеллуш, наггахь юха тоха а луш.

ПIендаршна юккъера дIа кхин цхьа аса а йоьдура воккхачу стеган, цIенкъахь лаьттачу банки чу цIийца Iийдалуш.
Маьнгин гIевлех дIабихкинчу пхьаьрсан пхена чу а шершара цхьацца цIийн тIадам, лакхуо чIагIдинчу шишан чуьра охьадогIучу кIайчу цIузамах.
Уллохь, аьтту агIор, лохачу гIанта а хиъна, наггахь воккхачу стеган берзинчу когех куьг а Iуттуш, юккъе ваьлла Йасин доьшуш больницера цхьа дархо а Iара, сих-сиха Тайбатехьа (иза ларъян) схьа а хьожий, тIаккха юха а воккхачу стеган ког а лохуш.
Йасин доьшург Тайбатах кхоьрура, цуьнан мохь-цIогIанах. Тийналлех ца тешара йасин доьшург, йоккхачу стеган иманах.

Йоккха стаг-м ткъа ю-яц а ца хаьара, ша охьа ма хаъара (буххIанал жимъелла), бIаьрнегIар а ца тухуш, къаьрззина цхьанхьа-м дIахьоьжуш Iара, елхар хIун ду а, я иза кхузахь стенна оьшу а дицделла.

Йоккхачу стагана лекха-сийна ламанаш гуора, церан малхехь къега кIайн баххьаш, наггахь цхьаццанхьара гучудолу тIам шуьйра аьрзу, цо цхьанаэшшара туьйсу даккхий гонаш.
Цхьа аьрха терса дой гуора йоккхачу стагана, царна тIехь белшаш дIасакхуьйсу нохчийн оьзда кIентий, юха ша а кхиа гIоьртина, цIестачу кIудалца хьостанан коьрте хIуьтту, кегийчу нехан кура-сонта забарш, царна юккъехь Элдарха, горгачу белшаш тIехь кIудал а лоьцуш шен охьайолаялар: «Ког тасалурий хьан, йоI, ларлолахь!» – церан тIаьхьа кхайкхар, къона деттало дог, цхьа ша-шах дайн болар, тIома гIуьтту са…
Дахар иза ма дара, ткъа хIара – гIан. ГIенах хилла-кх мел лайнарг а, гинарг а. Цхьа а вон хIума хила а ма ца хилла: кIентий а ца белла, дIа а ца дохийна, я гIелонаш а ца лайна… Иштта цхьа гIан хилла-кх, бIешарал дахделла, цкъа чекх а ца долуш, дахарх цхьа чIогIа, чIогIа тера а хеташ.

Дахар-м ца хилла, дера ца хилла, дахар хIинца хир ма ду, хIинца дIадолалур ду-кх дуьненан юьххьера, анайистах гIоттуш, бIаьстенца хазделла, сийна-сийначу лаьмнашца, аьрха дой а терсаш, кIентий а буьйлуш, тIулга тIера тIулга тIе шовданан тулгIеш а уьдуш, цхьа хаза, цхьа мерза дахар дай баьхначу махкахь, дай леллачу некъашкахь, дай сецначу уьйрашца… цхьа къона, цхьа ховха дахар, Элдарха, хьоьца, вайшинна цхьаьна. ХIаъ, цхьаьна…

1992 ш.

Вайнах №7, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх