27.10.2016

Бексултанов Муса. Хьаьркаш

Цхьалха некъахой

Дийнахь сел ул-уллохь лаьттина хилла ц1енош, буьйсана мел гена дуьйлу-кх, г1енашца юха цхьаьна хила санна…
Буса, батто мархашца цхьаллехь нека къевсича: «Х1инц-х1инца чубужу-кх иза!» – са орцанна х1унда хьоду-кх, г1енах самаоьккхуш санна…
Олхазарна дитт гой-те, я диттана – олхазар; мича басахь хир дар-кх царна гуш долу г1енаш…
Некъаш ма цхьалха дуьсу-кх, ха харца а йиш йоцуш, церан к1амлучу баккъашна гушдерш вай-м дац те, шаьш санна иштта девлла лела геннара цхьалха некъахой, г1ан-самой вовшах а ийна, уьш вовшех къастталц бохуш…
Маца гур ду-кх я мичахь, ган йиш йолуш х1умма а дуй-кх…

Дагалецам

Аьхке. Тов. Цана. Мангал.
Йол юттуш дай, йоIIий хьуна уллохь, гена доццуш.
ЙоьIан дукха ховха хилар, дукха къона, дукха жима…
Кхо-диъ шо воккха хьо а. Хьакхалой ткъа мангал! Мангал хьакха ма ца ло: йоIа ца вуьту, цо ца вуьту, ала буьххьехь ловзарш деш, ела къежаш, йол Iенош.
«И йол дIанисъе, йоI, охьа чу а ца кхуьйсуш!» – дас бухара деш долу дов.
ЙоI, цецъяьлча санна, соцу.
Юха соьга хьожу.
Со велало.
ЙоIа белаш саттайо тIаккха, шен бехк бац, бохуш санна.
Йол кхин цкъа а йогIу чу, ца кхуьуш санна, ца ларош.
ЙоIа «оьгIаза» яхна «ухI» до, ши ког а тухуш ала тIе охьа.
Ши балда а дусадо.
Дас йол хьала мосазза кхуссу, мохо коч човхайо йоьIан.
Коч йоца хуьлу, дукха йоца.
Хьаьрса стомма чIаба ловзу; бIаьргашка кхочуш хадийна кIуж а.
Дас юха а бур-бур до.
ЙоI йоьлуш, шалха йоьду.
– Мангал хьакха ца ло, кIант? – йоьIан да суна реза вац.
– Аьрта бу-кх хIара, – олу ас, аьлха хьакха а волалуш.
– Мангал-м, хьо ваха, бац, мангалхо ву-кх аьрта, – шаданца йол гулъян вулу.
ДIогарчу йоIа мотт боккху суна я ша-шена: «ХIинца хьуна а!» – бохуш санна.
Ас цергашца балда лоцу, вела ца вала, дIа ца гайта.
Мангалан кес ца даккхало.
Хьакха ца ло мангал.
Со охьахуу баца юккъе.
Ойла ерриг а дIасаяьржа, ойла хила а ца хуьлу.
__________

ЙоI дIайоьду ворданахь, тIехьа йистте охьахиъна, шен ши ког а ловзабеш.
Гена ялале дега хьожу йоI, иза гуш ву-вац хаа.
ТIаккха суна шен чIаба ластайо, некха хьалхара схьа а лоций.
Ас буй гойту, дов деш санна.
Суна дика хуьлу, цхьа хала.
ЙоI дIайов, дIайоьду иштта, цхьа атта йоьду, дукха атта.
ТIаккха сарахь дада кхочу: «Эхь дац иза, эхь! Дийнахь сарралц элан литта а ца доккхуш… Хьо дан хIун деш вара кхузахь, ва гаур?»
«ЭхI, дада, дада! ХIун мангал буьйцу-кх ахь, хIун йол… ма ца хаьа-кх хьуна, дада, ма ца кхета-кх хьо, кхета-м! И жима йоI, цуьнан ловзар, юха иштта атта дIаяхар, сан ерриг гIайгIа а эцна, сан ерриг гIайгIа а…»
__________

ХIинца мичахь ю техь-кх хьо, мила «Iехош» йоьлу те…
Ма дукха шераш ихи-кх дIа, ма дукха ги-кх мехкарий а: йол, аьхке, хьан ловзар; вайшинна дина девнаш цара, цхьа бен а доцу, башха а доцу, до ца до а ца хиъна долу – цхьа хьашт доцу девнаш…

2001 шо, 5 февраль

И х1оттам

И тайпа хIоттам: сингIайгIа я дагалецам – ца ваьхначу дахарх болу, сино ша лоьхуш санна – цIарца уллохь хуьлу гуттар а, хьо хьуо хьайца цхьаь висча, йоккха йогучу цIарна уллохь, тийналлий, буьйсий бен, кхайкха хазе кхин стаг а воцуш…
…юха сарахь а, малх бузуш, суьйре генна лацаелча, гуьйренан еха суьйре (гIаш а, зезагаш а, охьа а эгна), анайистаца цIеран асанаш хин тачанашца юткъа яхъелча: лакхахь бода, Iаьржа мархаш, куьг кхочче йистина стигал, – ткъа дехьа – анайистал – цхьа сирла къоьжа гене а гуш…
…хIорд а бу-кх иштта сингIайгIане, зIе ца хеда лаьмнаш а лекха, дIога тIехъяьлла дIайоьдучу зудчун цкъа сецна хьажар а…
…дуьххьара дерг – тIаьххьара санна, хIоразза а керла хуьлуш: хIорд, сийна цIе, лаьмнаш а лекха, анайист оьхьу хьажар а цхьа…

2007 шо

ХIетахь, бераллехь

Дуккха а дукха шераш хьалха, жима волуш, «нана яла хьан», – бохуш, нанас хьистинчу генарчу бераллехь, ас сих-сиха дегабаам бора цхьацца хIуманна, со сих-сиха оьгIаз воьдура хьайбана я адамна, суо гаьн тIера чукхеттачу къеначу кхурана, ког тасалуш вожийначу некъа тIерачу тIулгана а.
Суна хаьара, цара иза сан хIуьттаренна лелош дуйла, сан ловзарна новкъарло ян.
ТIаккха ас буьйсанна, дIавуьжуш, Деле дIалора уьш: цунна иза хилийталахь, Дела; вуккхунна – кхин; га кагдалийталахь, тIулг бердах а бохуьйтуш.
Самаваьлча, Iуьйранна, га жимма кагделча санна хетара суна, цхьанхьара-м иккхича санна – суна иштта гуора; тIулг карош а ца хуьлура; тхан эсана кур тоьхна старгIа, багах мазаш а оьхуш, олла а елла, лаьтташ карайора.
Суна иза чIогIа хазахетара.
Со боккъал а тешара царна иза иштта хилла хиларх – сан Дела сан хеннара вара, суна халахетча, хала а хеташ.
Юха хIинца – Дала схьа мел кхоьллина хIума юха дIаоьцуш хилар хиъначул тIаьхьа, – сайн шераш генна дIалестича, – со воккхаве, хIетахь, бераллехь, Дала сайн дехаршна жоп луш ца хилла, дуьххьалдIа моттуьйтуш хилла я суна сайна кхоллалуш хилла и тайпа суьрташ; со воккхаве, Дела адам хилла цахиларна: къинхетам а, комаьршо а, собар а – дерриг а Цуьнгахь Цхьаьнгахь хилла; со воккхаве, Иза бен кхин деха воцуш, Иза Цхьаъ бен – дала а.

1999 шо, 4 май, буьйса

Гуьйренаш

Цхьа т1аьхьа-т1аьхьа, шо-шерашца, денош дац мел ло сайн, гуьйренаш язло-кх суна, сина 1аьткъаш, есташ, маццахлера шира чов санна, дуьххьара лаза юьйлалуш, цхьа кхерам бохьуш санна хеташ, цхьа т1аьххьара кхерам, мажделла г1а иэга доладелча, де дацделча, суьйре а – суьйренах тера йоцуш – ехха яхъяла йолаелча, маьрк1аже а, йицъелча санна, анайистаца лацаелча, са дег1ах къаьста-кх сан, кхерамо 1ададой, каш лаьхьтера мохь-орца санна, кху лаьттара дада хьодуш, са сирлачу сийналле, 1арш лекхачу пана, цигара д1а а, кхин а гене, хан йоцчохь, зама а.
Ма язло-кх гуьйре суна, цуьнан сецар, латтар цуьнан, иза хьоьжуш санна хеташ, цо сайга д1акхойкхуш санна: «Некъ беха бу-кх вайшиннан ч1ог1а, кечамашна кечлохьа», – бохуш санна хеташ цо, геннара д1акхойкхуш санна.
Гурахь вала хала дуй-те? Гуьйре сайн хета-кх суна – суо гурахь лийр волуш санна, гуьйренцанна иштта д1авоьрзуш, гуьйре ма-ерззара, б1аьстенга тийса кхин са а доцуш, б1аь-стиэга я жималле, ч1инг иккхинчу бералле а…

2004 шо, октябрь

Со санна, цкъа жима бер…

Кху чуьрчу цхьана к1ентан х1умане (диъ, пхи шо хир долчу) куьйгашна хи доттуьйтуш 1а со, лохачу г1анта а хиъна. Саба хьоькху ас, юха охьдуьллу, хи лоху ас, кара ца до, цкъацкъа куьйгашна т1е а 1ена.
– Х1ай, к1ант, х1ай! И хи цхьанаметта сацадехьа, сан куьйгашна т1аьхьа а ца кхоьхьуш. Хьажал, иштта, ас куьйгаш т1ехьура ду хьуна, – олу ас цуьнга.
Цо г1умаг1 кхин меттах ца йоккху, хи цхьанаметта охьа1ена.
– Гой хьуна, иштта! – олу ас, вела а лой.
К1ант а велало.
– 1амика-а,1амика-а! – мохь бетта цо шен воккхохволчу вешига, – хи муха дутту хаьий хьуна, хи муха дутту…
Гуттар а суо жима волуш, кху беран хеннара, тхайн ц1енна геннахь, москалшка хьоьжуш лаьттара со, т1еваха а ца ваьхьаш.
Со цаьрга хьоьжу дикка хан а яра, «къулд-къулд-къулд» деш, юсаеллачу йоккхачу москале.
Уллохула боккха некъ бара, машенаш а, нах а лелаш.
Наггахь цхьацца велалора, геннара соьга схьа а хьожий.
Цхьа воккха стаг волавелла т1евеара, к1айчу можах куьг а хьоькхуш, белабелла ши б1аьрг а болуш.
Шен киснара йовлакх доккхуш, нийса дуьхьал охьа а хиъна, йовлакхца сан мара а лаьцна: «Хинт1 алал!» – элира цо.
Сан марш генна охьаяьхкинера, мерак1ело а шелъеш.
Ас «хинт1» элира.
– Кхин а ч1ог1а!
Ас кхин цкъа а элира.
– Гой хьуна, – элира цо, вела а велла – бухарниш д1аяьхча, ц1енаниш т1ейог1у хьуна! – аьлла.
Хьан дира-те суна х1етахь и хьехар, буйннал долчу жимчу берана, х1инца дага-м ца дог1у, цхьана дикачу стага дина хир ду-кх, со санна цкъа бер хиллачу, со санна, цкъа жима бер…

2004 шо

Вайнах №7-8, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх