29.08.2015

Бексултанов Муса. Дийцарш

OLYMPUS DIGITAL CAMERAЦхьана генарчу геналлера

Цхьана генарчу геналлера, сайн шерийн деношкара, гIенакхоьлахь гича санна хеташ я мукъам хезча санна сайна, цхьа сурт ду-кх суна дуьхьал, цкъа а дуьхьлара дIа а ца долуш.
Сан хIетахь кхойтта шо ду, БIовла, ламчохь, со жаца волуш. Заза даьккхина, хан а ю иза, хьайба бацах дуза хан, ломан лакхарчу даккъашкара сенделла гуш дитташ а долуш.

Жа Хилдехьа дуьгуш ду, БIовлахь Iа а даьккхина, Хилдехьахь ахка* даккха. Дас дуьйцу суна (иза говрашца ву, тIехь маьхьий долчу говрашца), жа Индихула, Чхьаьх* а хадош, тIаккха Гурах*, юха Сиза-Дукъ*, цигахула дIа Тонга* а юьтуш, ЦIийллана дуьхьларчу дукъах охьадахкаделахь, ша ЦIиллахойн-Юххе буьйса яккха меттиг а тоеш, соцур ву хьуна говрашца, олий. Со малх дикка лахбелча, диъ-пхи сахьт доллуш, Тонгарчу дукъа йисте кхочу, жа дерриг а хьуьнчохь а долуш.

Жа хьуьнчуьра хьала а даьхьна (кхин цхьа сахьт а долу дIа), хьацаро, хи санна, дегI а, корта а тIадийна, дукъа тIе со хьалаваьлча (жа суна нийсса бухахь ду, ЦIийллехьа охьа чу дежаш) суна дерриш а лаьмнаш го, тIехула – сийна стигал; дато, алла, лила басахь, гIаргIулийн жут санна, стигалхула шерша мархаш а.

Дукъ бухьера ира ду, гIаш вогIу некъахо бен, говр яхалур а йоцуш. Цхьа дакх а лаьтта цу дукъа тIехь, шура-чопа санна, кIайн гIад а долуш, сийна даьржинчу тIемашца. Цу дакх кIелахь ага хаало, цхьа метар хиллал шуьйра, гIеххьа хьалатоьхна буц а ю, бецан орамашца къаж а гуш. ЧIожара хьала мох а хьоькху.
Со жIарах, – ког-куьг генна дIа а кхуссуш, – охьавуьжу цу дитта кIелахь, нийсса ирах, стигал а хьоьжуш.
Диттан сийначу патаршна юккъехула сийна стигал го суна; сийна, алла, лила басахь (чукIело датон а хеташ), цхьанаэшшара, могIа бина, нахаран оханна санна, къилбехьа шерша яйн мархаш а.

Механ тIулгIешца, «шарр-р» деш, патарша ден шога шабарш а. ЮьхьтIехула шийла хIаваъ, бацо дикка шелбина букъ, дакъалуш лаьтта довха хьацар а.
ДIаоьхурш мархаш а йоцуш – хIан-хIа, – лам болуш санна хета-кх суна, со аркъал тIехь Iуьллу лам, хIордан тулгIе ма-яххара, сан са а эцна, ойла а, мархаш генна дуьхьал а уьдуш, генна цхьанхьа дегI а дитина, сайн са хьаьдда доьдуш санна, цхьана панахула, паналле, аб-абаде, Iаьршашка…
Сих-сиха го-кх суна и сурт, ялсамани хилча санна иза, цкъа маццах сайна гина йолу, кIайчу мархашца, диттан гIашца, хIаваах логах а хьерчаш, бIаьргашна гуш стигал бен, цхьа а дуьне а доцуш кхин.

Суна хаьа, цкъа хиллийла иза, ялсамани гинийла сайна; лила Iанийна стигал, сийна мархийн кIайн гезгамаша, гIа-патарийн хин шабарш, механ Iаьнаран мукъамаша а, са Iаьршашка, абаде…
Со дас сайн самаваьккхича, цу гIенашца – гIенашкара ялсамани махьарца отуш, – цхьа бер санна, жима бер санна, бобер санна тилвелла Iуьллуш, я вицвелла, вицвалаза, са дIадахна, ойла а…цхьа са бен дацар-кх со, цхьа ойла бен, мIаьрго.

Аьхкенан дог1а

Дог1ан к1уьрлахь т1адмаш детташ – байчу, к1айчу дог1ан к1уьрлахь, – дитташ иэт1аш, патарш лелхаш, коран б1аьргах т1адам хьаьдча, т1адамна т1е т1адам кхеташ, т1адам бужуш, кхин т1ехьодуш, дог1ан к1уьрлахь к1айн 1аь яьлча, малх а кхетча, голт1е баьлча, шен т1ам бакъо цаьпцалг санна, бесни къагош, куьзга хьаьжча, – аьнгалин б1аьрг – коран куьзга, – беран бесних тера хета-кх, цкъа дилхинчу – нанас хьостуш, – ши томмаг1а т1аьхьа дуьсуш, деладелла нене хьоьжуш: малх а хьоьжу, куьзга доьлу, цаьпцалг т1ома яьлла йоьду.

Цхьалха некъахой

Дийнахь сел ул-уллохь лаьттина хилла ц1енош, буьйсана мел гена дуьйлу-кх, г1енашца юха цхьаьна хила санна…
Буса, батто мархашца цхьаллехь нека къевсича: «Х1инц-х1инца чубужу-кх иза!» – са орцанна х1унда хьоду-кх, г1енах самаоьккхуш санна…
Олхазарна дитт гой-те, я диттана – олхазар; мича басахь хир дар-кх царна гуш долу г1енаш…
Некъаш ма цхьалха дуьсу-кх, ха харца а йиш йоцуш, церан к1амлучу баккъашна гушдерш вай-м дац те, шаьш санна иштта девлла лела геннара цхьалха некъахой, г1ан-самой вовшах а ийна, уьш вовшех къастталц бохуш…
Маца гур ду-кх я мичахь, ган йиш йолуш х1умма а дуй-кх…

…Цхьаьнакхета д1асакъастар бен

Цхьа цIеххьана цхьаьнга мохь баьлча, машенан чIургаш а цIевзаш, я цхьанна цхьаъ хуьлуш гича: куогах кIохцал гIойла цунна, ангали тIе ког болийла – бен а доцуш, хьуна гушдерг – и бохам хуьлу меже цхьана кхечун лазош гича, изза меже тохало-кх хьан, ког белахь – ког а тецаш1, гуола хьаьшна гича – пхьаьрс а кхоссалуш………………………………………….. ………………… цкъа лам чохь, со бер долуш, лахенцара ламанца хьала ахка даккха буьгу пачхьалкхан бажа кIотархула чекхболуш, жима ши эса дитира тхоьгахь, цхьа масех де хьалха, новкъахь дина хилла долу, бутт буззалц леладахьара, некъ балур бац кхаьрга, аьлла.
Ши эса чIогIа хаза дара, тхан даьхнех тера а доцуш, кхера кIега санна, цIен, яккхийчу меженашца.

ХIатис, сан денанас, чIогIа Iалаш а дуора и шиъ, маьрза шура а мийлош, юха, жимма кхиадоладелча, кхехкийначу жоржах бина мело муж а латтош.
И ши эса дIа ца оьра тхан даьхнашца, кхечаьрца а, – гуттар а цхьаьна хуьлура, вовшашна ул-уллохь, цкъа а Iахар а, кхайкхар а доцуш, вуьш эсий ма-хьийззара, цIенна гонах а ца хьийзаш. Сарахь чу а ца догIура, тIаьхьа стаг а вахна, ца далийча; ков чохь а иштта юьстахъхиэбара, вукху даьхнашка, геннара, цхьа кIирделла дIа а хьоьжуш.
Балха тIехь шен мукъа хан яьлча – гIалара цхьа стаг вар-кх иза, тхан ден гергара а хуьлуш, – цхьа накъост кхечир-кх тхоьга, белшах тесна цхьалго топ а йолуш:
«ХIара лаьмнаш, шовданаш яI-кх, ма хаза бу-кх Даймохк!» – бохуш, луьйчуьра бат ваьшта ца юьллуш, охьахаар а я тер а доцуш.

Де даллалц аьлла, наб а йина, тIаьхьуо ша хьалагIаьттича, шен топ а эцна, волавелира, диттана я тIулгана сих-сиха Iалажо2 а лоцуш. Дикка лакхахь топ иккхича, тата тулгIешца дIасадахара, хи тIехула, шера тIулг санна, ген-генахь кхийса а луш.
Стаг, мох санна, охьакхечира: «Урс схьада, урс… хьакха ю моьттуш… йорхалахь ган а ца гуш… эсана топ кхетта сан…»
Тхойша хьалакхаьчча, эса деллера.
Важа а дара уллохь лаьтташ.
__________________

Стаг Iуьйранна цIа вахара, жимма воьхна хила а гIерташ, цигара вада сих а велла.
К1ира далаза дара моьтту суна – пхи де олуш хезир-кх суна – важа эса делла карийча.
Эса Iуьйранна дIа а доьдура, сарахь цхьамма чу а даладора, «хьо ду-кх» аьлла, кхин хаалуш, цхьа хIума а дацара, наггахь Iаьхаш хазар бен, дукха чIогIа а ца Iаьхаш, ша-шега санна, меллаша.
Иза циггахь карийра схьа, важа дийнначохь, цу йорхала, охьадижина Iуьллуш санна, корта дегIа тIе а товжийна.

Чекхделира… ца делира, дерриг а акха кегаделира, сан – хIетахь – беран кхетамехь, юха хIинца а, шераш девлча…
Масане хезна-кх суна, цхьанхьа цIера шен воша велча (шала винчу вешех цхьаъ) кхечахьара воша кхелхина бохуш, хезна-хиъна хIумма а доцуш.
«Стаг-м – стаг вара, – ойла йо-кх ас, – цхьа са а, дог а, кхетам а болуш, хьайбанца дерг хIун ду техьа-кх, я хIун са, хIун къайле?»
Iожалла яц-кх – хета-кх суна, нахана моьтту Iожалла, – цхьаьнакхета дIасакъастар бен, цкъа мацца а цхьаьна хилла вай, юха а иштта цхьаьна деттадала…

Самавалале самавалар…

Суьйренашца я буьйсана, дийнан г1ар къаръелла, хьайн ойланашца цхьаь вуьсуш, хьо хьуо хьайца хьежаваьлча, айхьа лелорг а, х1ара дуьне а, х1ара адамаш а, зама а ма эрна г1овг1а хета-кх хьуна, ма х1умма а доцу х1ума, цкъа маццах, беран хенахь, дицделлачу г1енах терра, меттахъхьоь цхьа сарташ, цхьа моттарш, 1индаг1аш, дагалеца дагалецам а боцуш, пана кирчинчу есаллехь…

… цкъа 1аьршашка, азалле, аб-абаде хьаьдда ойла-ненах тилла к1орни санна, орцанца  орца доьххушехь шен орцанца ма-диссара, – ойла хьаьвззий юхакхочий-ц, хьуна улле охьалахлуш, хьоьцанна хьан г1айг1а хьеша…
… ойла товжо г1овла яц-кх, ойла йижо, 1ехо, гушдерг бен гуш х1ума доцчу сел готтачу дуьненахь…

… заманаш ма д1аихна-кх, ма 1енна-кх хиш, х1ордаш а, умматаш а делла-кх иштта, иэс а, хилар а я лар а йоцуш, буйннал йоцчу лаьттан цинцо цхьанаметтахь гуо а хьийзош…
… хьан юрт а иштта лаьттар-кх цкъа, лакхара арц а, сийна бай а, хьан когаша г1иттийна чан азаллехь ца а юьжуш…
…х1ара дерриг а цкъа чекх а даьлла, хьан г1енан тай хаьдча, самавалар муха хир техь-кх, мича махкахь, хьаьнца лулахь… хаттарна жоп хир дуй-те, х1ун хоьттур-кх, ахь х1ун аьр-кх…

… кхана а иштта х1ара г1овг1а юха, туьтм1аьжгаш, х1илланаш, моттарг1ийна куц-кепаш, шалхаллаш ц1ер-хазамна: хьал-де, болх, могашалла а, да-нана а деца ирахь…
… юха а хьо хьуо хьайца иштта, хьайн цхьаллийца цхьаь висча (суьйренашца я буьйсанна, дийнан г1ар лахлуш), айхьа лелорг а, х1ара дуьне а, х1ара адамаш а, зама а цхьа моттарг1а гур юй-ц хьуна, цхьа х1умма а йоцу х1ума, айхьа-хьайна дала цхьа жоп а доцуш, цхьа хьесап а я хаттар а…

… хьайн ойланца вуьсур-кх хьо, хьайн цхьаллийца, хьуо-хьайца, ойла товжо г1овла лоьхуш, ойла ялхо, 1ехо, мацца а г1ан чекхдаьр-кх, хьоьжуш, чекхдаларна кхоьрушшехь, юха а цу х1иллана ваца, цу шалхонна, моттарг1ийна, гушдерг бен гуш х1ума доцчу кху десачу дуьненахь…
…самавалар лолда-кх хьуна, – самавалале самавалар, – г1ан а, дуьне а цхьаъ дуй а хиъна, хьуо а г1енан сибат дуй а, самахчу хьуна цкъацкъа гуш хета хьан г1енан дайна сибат…

1Tецаш – дилх хьашар.
2Iалажо – герз тухуш, бIаьргаца лоцу меттиг.

Вайнах №7-8, 2015

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх