Бексултанов Муса. Ас собар дийр ду

Дийцар

– Зудабераш!– т1ох-т1ох-т1ох! – со не1 туоха ца кхуьура:
– Дац бепиг! – комната чуьра шийла мохь сан лере кхочуш.
Массехазза хуьлура иштта оцу цхьана буса:
– Маса сахьт даьлла хаьий хьуна!? Сахьт доллуш доллу хьуна буьйсана! – барт бича санна, массара а, буьйсана даьлла сахьт а дуьйцуш.
Ч1аг1онаш мел йинера х1оразза а, х1ора буса еш, кхана-м, Дала мукълахь, 1уьйрре эца а эцна, булка бепиг д1а-м юьллур ю хьуна ас занятешка вахале, олуш, суо сайна оьг1аз а оьхуш.
Сахилча юха дицлора-кх, юкъарчу1ойлин столови чохь, ткъе пхийтта кепеках – дависа, ма хан а хиллера! – цхьа котлет, картолан пюрей, ши цастар бепиг, какаон стакий хьайн дег1ах д1а а тоьхна, поп а бухабоккхур бар-кх ас х1инца, аьлла, хиэташ, хьо г1антара хьалаг1аьттича.
Кхин синкъерам университетехь а ма бацара – дешарца боху ас, вуьштта, зудабераш -м шортта дарий-ц, Париже подиуме даха кечделча санна, цхьаъ кхечух ешаш а йоцуш, со ца гучуьн ши б1аьрг болийла , аьлча санна, сетташ хьийзаш.
Тхан групперчу ткъе пхиъ стагах, 1аьнан сесси д1аяьлча – факультет филологически яра тхан, – ворх1 стаг д1аваьккхира, пхи йо1, ши к1ант, цхьа Дела орца тоьлла, со виса а вуьсуш.

Оьрсийн меттан х1ора а урокехь, хьехархочо Опришко Анна Семеновнас:
– Адамов, ты дальше первой сессии учиться не будешь,– «кхаъ» боккхура соьга, соьга санна кхечаьрга а; цуьнан буйнахь оха ши де хьалха язйина диктанташ хуьлура, ц1ечу шекъанца къарзийна гуш.
– Хорошо, Анна Семеновна, спасибо вам, что не забываете меня предупреждать, – олура ас, вела а лой, кийрахь зу ехкаш санна, лазар а хьодуш.
Сан-м велча а бехк бацара, лазар хьаьдда а ца 1аш – соьга хьоьжуш жа дара лам чохь, тхан дас 1едална къайлаха лелош болу ялх-ворх1 б1е уьстаг1, пхеалг1ачу классе хьалаваьлча дуьйна схьа х1ора а аьхка ас дажош хилла жа, бал а, туьрк а, комар а я ц1азам а ца гуш цу ехачу аьхкано.
Х1аъ, жа дара соьга хьоьжуш, мостаг1 санна, к1елахевшина, Сирратан т1ай хилла дуьхьал баьлла и г1азкхийн мотт а болуш.
Оха барх1- исс стага – арифметика тетрадан йиъ аг1о йолчу кехата т1ехь ткъе пхиъ-ткье иттанна т1ера кхузткъе итт, девзткъа а г1алат доккхура диктантана.
Сан уггар а дукха г1алаташ ткъе исс дара, дуьххьара язйинчу диктантана, цул т1аьхьа юха, сесси т1екхочуш, зачетана язйинчу диктантана ялх г1алат бен а доцуш.
Со суо сайх цецвелира, сайна хезначух ца тешаш.

Анна Семеновнас, урокана чоьхьайоллушехь, буйнахь тхан зачетни диктанташ а лестош, гуттар а санна:
– Адамов, – аьлла, сайн памили ма-яьккхи:
– Хорошо, понял… все, дальше не учусь, – элира ас, айса даима еш хилла забаръян а ца х1уттуш – сан б1аьрса кхоьлинера.
– Нет- нет, Адамов, ты получаешь механический зачет, у тебя всего шесть ошибок, это успех, – елаелира хьехархо, – я тебя поздравляю, – олуш.
Со ца тийшира.
Со 1адийча санна висира, вела веза я велха веза а ца хууш: кхетам бен, дег1 дан а дацара сан оцу м1аьргонна – суна жа т1аьххьара гира цу дийнахь, цул т1аьхьа кхин цкъа а ца ган.

Жимма юхавоьрзуш аьлча, г1азкхийн меттан мел йолу правила – цкъа тасавалар а доцуш, – ерриш а дагахь д1аюьйцира ас, цара бохучу эха-эханах цхьа а тайпа кхетам а боцуш, диктантана г1алаташ – хьалхачул дукха ца хилахь, кхин к1езга а ца нислуш: суна мотт ца хаьара, г1азкхийн мотт.
Т1аккха, дог а даьтт1а, и правилаш д1а а тесина, накъосташа язъечунна т1ехьежа х1оьттира со, г1алаташ кхин а алссам а довлуш.
Юха со киншкаш еша волавелира, романаш, жимчохь дуьйна яздархо хила ойла йолуш хилла волу, цкъа хьалха спортсмен а хилла, – чемпион СССР по вольной борьбе, «Ленинан некъ» газета т1ехь «парг1ата охьатохарх латар» олура цу спортах.
Ас шина дийнахь мел йоккха а роман чекхйоккхура йоьший, ворх1-барх1 б1е аг1о йолу – сан ц1а ваха йиш яцара, д1а а ваьккхина.
Ц1ахь да вара, борз санна 1аш, уьстаг1ана ка туоха кечъелла борз санна, со лам чу хьалавадо.
Суна Бальзак тайра ч1ог1а, айса боьшучех, цунна т1аьххье Мопассан а везалуш, юха – Флобер а, къаьсттина цуьнан «Синхаамаш кхиор» ц1е йолу роман.
Бакъдерг аьлча, ишколехь дуьйна со цецваьккхинарг – ч1ог1алла хилла а ца 1аш, авторан жималла а – «Вайн заманан турпалхо» роман яра, Лермонтов бохучу цу беро язйина йолу, Мэрига сан безам а боьдуш.
И роман ас ерриг а – буьйсанашкахь, студенташ д1абийшича, – юкъара1ойлин «Красный уголок» олучу комната чохь сайн куьйга юхаязйира, правилех г1уллакх ца хилча, б1аьрсица мукъна а г1азкхийн меттан и дешнаш сайн иэсехь сацо г1ерташ.

Цу дийнахь, зачетана диктант йолаеллачу дийнахь, массо а водуш йолчу хьалхарчу парти т1е, Анна Семеновнина дуьххьала охьахиира со, цо олу х1ора а дош схьалаца дагахь, сацо, уьссаза сайн кхетамехь литта, «Во что бы то ни стало» боху ялх дош дагахь а доьшуш, д1аяханчу диктантана шиъ х1оттор бахьана и дешнаш хилла дела – ас царех кхо дош динера, ялх хила дезачохь.
Суна зачет механически кхайкхийра ши де даьлча, ялх бен г1алат а доцуш.
Иза бакъ а дара, ца тешшала харц а долуш: сан сица маршонан мукъам бийкира цу дийнахь – Хилдехьарчу, Т1ерлойн, Б1овларчу, Нашхойн лаьмнийн 1одика еш, 1уьнан г1аж д1а а кхоьссина.

Амма, маржа, цу лаьмнаша, цу жаша, цу 1уьнан г1ожо, ас айса-сайца кхехьначу цу цхьалхачу аьхкенаша, со дас жехь валларо а делла хилла хиллера-кх дерриг а суна, я тахханалц диснарг а соьца – со суо сайх тера висар, сайн амалца, ойланца а.

Хастам-кх хьуна сан да, суна да хилла ца 1аш, сан мостаг1 а, доттаг1 а хилла!

Со х1етахь кхийтира, муьлхха а цхьамма дина х1ума – шех тешшала лаам а болуш, кхин стаг д1аг1оьртича, – хьаьнгга а иштта далур дуйла.

Со яздан волавелира, спорт карла а яьккхина, ишколехь волуш дуьйна схьа, къуьнан къола санна, айса къайлахь лечкъийнарг гучудоккхуш, сайна безачу яздархошца къовсавала болчу лаамца – толам баккхар ца хилахь, церан мог1аре х1отта мукъна а.
Со нехан романаш т1ехь воьлхура, д1айоьдучу нанна т1аьхьа доьлху бер санна, дуьххьара санна уьш кхин цкъа а эшалург цахиларх йолчу г1айг1анна воьлхуш, церан инзаречу говзаллина – ирс шозза хуьлуш ца хиллера, цхьана меттахь цкъа хилла ирс, циггахь кхин шозлаг1а – цкъа а!
Со иштта – карийна а далале – ирсах туьлуш къежвелира, Хемингуэйца, Бунинца, Айтматовца, Хименесца, Кнут Гамсунца, Мачадоца къаьсташ, кхиниш лоьхуш, вуьйш кегош, Дэвид Селинджеран «Над пропастью во ржи» повестах воккхавеш, Трумэн Капотен «Завтрак у Тиффани» а.

Со хийлазза аравоккхура лекцешкара, киншка йоьшуш гучу а волий, цкъа цхьана экзаменехь – история философии – Юрий Казаковца зовкх хьоьгучохь, хьехархочо шиъ а х1оттош.

Юха кхозлаг1чу курсехь, б1аьста, охьатохарх латарехь Республикин чемпион а х1оьттина – газета т1ехь дара сан сурт, – лекцина т1аьхьа вуьсуш – чуван мегий? – не1 а тоьхна, со чоьхьаваьлча:
– А кто посмеет вас не пустить, вы же у нас чемпион! – лектора аьлча, цецъяьлла сайга хьаьжначу йоь1ан боккха ши б1аьрг лезира-кх сан, пурх ши-кхо сиз хьаьддачу цуьнан логах са а хьаьгаш…
Ми, хьол деза х1ума дацар-кх сан, къинт1ераялахь суна, хьайца массо а къинт1ера йоккхуш, сан лезнарш, безнарш сан, 1одика йоцуш биснарш а сох – х1ара дуьне эшо г1аьттинчу суна цхьа х1ума ма ца гуора, яздархошца йолу яхь бен, сайн цаьрца болу къовсам а…

Со ийшира, дуьне сол туола а тулуш, шу а дайра сан шерашкахь – сох гений а ца хилира, Лермонтов а, Китс а я Рембо а санна – шайн шерашца уьш санна, – со царел къанвелира, ткъе итт шарал т1ех а волуш.

Амма ас яз-м йора х1етте а, цкъа мацца а, мацца а бохуш, сайн сих дог ца кхарддал, дош дашах летош, дош делхош, чехош, сибрехула ваьлла лелачу цу барх1-исс шарахь, наха ахча гулочохь, киншкаш бен, кхин ирс а доцуш, уьш ийеш, гулъеш, посылкашца ц1а туьйсуш, цаьрца бен синкъерам я воккхавер а ца хаалуш.

– Нана яла хьан, – олура нанас, со 1ай ц1авеъча – посылка еъна, аьлла, почте а яхана, даш санна еза яшка а йохьуш, чуеъча, ма вон дог хуьлур-кх сан… воккха маца хир ву-те хьо! – олий.

Суна сайн г1аланаш дагаоьхура, и библиотекаш а, и туьканаш а, «Книги» аьлла, лакха яздина хилла йолу.
Новосибирск, маржа, ма гуьйре юлур-кх цигахь, к1айн декхнаш ц1арах догуш, ц1еран вай даьлча санна, ц1еран заза к1айчу декхнех…
Кызылехь, г1ала хадош, дезза кирчина Енисей; Барнаул а, хийлаза летта. Хакасин мехаш а шийла…
Йочана санна, таь1на Рубцовск, юха Новокузнецк а, и мотель а цигахь хилла, милицех летар а сайн, т1аккха цигарчу 1едалх ведда, кхойтта сахьтехь электричкица цаевзачу г1ала кхачар а…

Ма дукха дара-кх, дукхе-дукха, ас ийдина и некъаш, дуьне довза, адамаш ган, сайн амал зен хьаьдда, и г1аланаш а сан букъат1ехьа, кеманаш а сан, ц1ерпоштанаш а, даима а соьца хилла киншкаш а, кемана чохь а, лаьттахь а цхьаьна, хьеша ц1а чохь а, новкъахь а, ши эзар ца кхочуш ас гулъеш, 1алашйина, г1азкхин салтичо, ц1е тосуш, ягийна хилла, сан ц1енош бухадохуш, лелхийтина, дохийна, арахула д1асакхийсина дог1анехь ешна киншкаш сан, чим бисина йозанаш… деган мукъам а г1ийла г1айг1ане, сайн аьттачу х1усаме кхаьчча, ягийна 1охку киншкаш а гуш, – хиларо 1ехорах, къастарна доьлхучу деган, шен докъа т1ехь доьлхуш санна…
Соьлжа-г1алахь ваха сецначу пхийтта шарахь – ши эзар шо дузале, – кхо х1усам йохийра-кх сан г1азкхиша, Россин пачхьалкхан «доблестни» салтиша…

Ма ца еза-кх суна харцо, т1амо йохьу къизалла а, 1овдалчуьн сонталла санна, хьарамчу рицкъан 1есалла а.

Шерашкахь – бакъду-кх иза! – шолг1а т1ом д1абаьлча а и сайн ц1а г1енах гуш, кабинет а, кресло а сайн, пен д1алаьцна хилла киншкаш а… со дахарх г1ан хеташ – гучу г1енах – дахар, – самаоьккхура-кх, ц1а доьхна ца хилла-кх сан, г1ан хилла-кх гинарг, моьттуш, ши б1аьрг схьабелларцанна бакъдолчо 1ада а веш…
Абаде ма ца елла Дала стагана, пхийтта шера чохь кхаа ц1ийнах вала, цхьана ц1ийнах ца хотталуш а ма воьрзу стаг лаьттара коша… художникана даймохк шен биъ пен ма бу – ша ойлайо меттиг, шен стол, г1ант, къолам а шен, ц1ийнан кор а, цу корах гушдолу сурт даймехкан сибат а долуш.

Суна ваха бен ца лиънера, яздархьама ваха бен…

Сан не1алт массарна а, сан махка ц1ий 1анийначарна, сан махка харцо йохьуш, со харцонца г1елвинчарна не1алт сан!

Доьхначу ц1енна хьалха йисинчу аххаьрцинчу кухни чохь, къовлуш не1, т1еч1аг1деш ков а доцуш, корах киленка а тоьхна – вехь, вер бен, кхин х1умма а хир дуй! – стоьла т1е ч1урам х1оттош, со яздан охьахиъча деара-кх сан дег1ачу са, ша дерриг а дуьне цу буса сан даг чу схьа, сан доьхна ц1а а соьца цу буса, сан киншкаш а, кресло а мокха….

Ма ирс дара-кх, дуьне кхин цалерар, хьо хьуо хьайн дуьне хилар, хьан къолам-кехат хьоьца, шерашкахь байна синтем – дайна к1еза санна, къийлалуш, эхьхеташ, ийзалуш, – меллаша юха ц1аберзар а, хьан сица уьйш, дагца товш…

Я к1езиг- дукха ас язъечу кху шовзткъа шеран заманахь, айсса сайн дог тедалла говзанча ца хилира-кх сох, сайна хила лиъна, сатийсина, т1ом хьебина яздархо: д1ахилал, Хьенех, олуш, Толстойна я Фолкнерана улло д1ах1отталла, Чеховца забарш а еш, цуьнан «Баьллийн беш» юьйцуш, Бунинца – «Натали» а.

Х1етте а цхьа сатийсам, цхьа къайллаха кхобу ойла, маржа, цхьаъ, цхьаъ мукъна а, цхьа дийцар хилла а: «Во сне ты горько плакал» Казаковн, «Уроки французского» Распутинан, «Снега Килиманджаро» Хэмингуэйн – цаьрца нийсса цхьа дийцар дац-те сан шовзткъа шарахь ас хьекхначу къоламех, боху, сатийсам биснехь хьоьца, оццул йолчу заманахь – шовзткъа шарахь къахьегча а – хьайх тешам хьоьца биснехь, жимма сатийса йиш ю-кх хьан: «Со а хилла-кх», – ала хьайга цкъа, Стокгольме курра д1а а хьаьжна.
Амма, делахь а, Габриэль Гарсиа Маркеса – Колумбин яздархочо,– ша кхалхале шераш хьалха, Нобелан комитета шен преми номенант вала кхо шо дисича бен ца ло, аьлла, яздинера – яздархочуьн кхузткъе вуьрх1итта шо кхаччалц, дезткъе шо кхаьчча, лауреат велла а хуьлу, олуш.
Ас собар дийр ду – сан кхузткъе кхоъ бен дац, кхин дейтта шо ду сан т1аьхьа…

15.01.2017 шо

Вайнах №1-2, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх