Бечуркаева Милана. Вехийла хьо г1оза…

Бечуркаева М222Бечуркаева Милана йина Соьлжа-Г1алахь. Жима йолуш шен деца-ненаца Франци 1ен д1айоьду Милана. Цигахь цо чекхйоккху профессиональни лицей (модин стилист корматалла). Дешна яьллачул т1аьхьа болх бо Парижехь зударийн духарш духкуш йолчу йоккхачу туьканехь. Стихаш а жима йоьлуш дуьна язъян йолаелла и. Дуьххьарлера зорбане ялар «Орга» журналехь хилла 2014 шарахь.

Ас сайн ойланех г1ала юттур ю,
Цу чохь дешица хьан ц1е язьйир ю.
Дато седарчех х1усам кечйина,
Хьаша вина хьо, цу чу кхойкхур ву.

Ас сатийсамех урам кхуллур бу,
Стиглан сийналла цига яржор ю.
Хазчу зезагех хьан некь кечбина,
Ирсе дахаре ас хьо кхойкхур ву.

Ас сайн дахарах туьйра яздийр ду,
Эла вина хьо, цу чохь вуьйцур ву.
Далла хастам беш, сайна валарна,
Даим иллешкахь ас хьо хестор ву.

Ас сайн г1енашкахь хьан сурт дуьллур ду,
Стиглан тийналлехь цуьнга хьоьжур ю.
Маьлхан з1аьнаршца дуьне кьагийна,
Ас хьан дахар жовх1арх тардийр ду.

Ас сайн безамах х1усам юзур ю,
Орган йисте ас и д1ах1оттор ю.
Хазчу дахарна вайшиь декъалдеш,
Стиглара седарчий лаьтта дуьссур ду.
***

Маржа-я1, йиш елара, т1ам тоьхна стигла сан яла,
Хазачу иллица дагчуьра дешнаш д1аала!
Дикачу адмашца сайн уьйраш карла а яха,
Сирлачу ойланца уьш хестош чим хилла яга!

Тешаме сан доттаг1, хьо хесто кьордор дац суна,
Хьан ларам, хьан г1иллакх цу Дала делла ду хьуна.
Дуьненчохь мел веха, тешаме ваша ву тхуна,
Ахь олу даима: «Сайн дог ас д1алура ду шуна!»

Вехийла хьо г1оза, нийсонна хилла хьо г1ортор,
Бакь лоь хьо даима, харцонна ву-кха хьо мостаг1.
Хьан сий деш, тешалахь, нохчийн к1ант, яха ю реза,
Дикалла, вошалла хьан оза оьшуш дац терза.

Оьзда к1ант даима бух болчу ц1ент1ера хуьлу,
Шайн дайшкахь яккха а ворх1е а хаза ц1е хуьлу.
Яхь йолу, дика к1ант юьртана пайде ву олу,
Цу к1антах баккхийбеш, самукьа массеран долу.

Вайнах, №4, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх