Бечуркаев Iарби

Бакъболу къонахий

1

Дуьненчохь х1ора а халкъан
Бевлла хир турпалхой хийла.
Киртиг т1ех1оьттича хала,
Мисканиг ца вуьтуш г1ийла,
Мехкан дукъ шайна т1елаца,
Даима уьш кийча хилла.

Даймахкана шайн дахар
д1аделла цара
Турпалла, доьналла шайгара гойтуш.
Царах цхьаъ хьахор
вай-шатайпа турпал
Схьавалар шен бенойн
тайпанах долуш.

Не1, пен, кор шен дацахь –
Хуьлуш дац ц1а.
Куьг, ког, б1аьрг баьккхиншехь, –
Хьо-м хилла къонах.

Йийсарехь ирх уллуш,
Кхерамна цкъа а цо
Б1аьргнег1ар тоьхна дац,
Салт лаьтташ гонах!

Муьша к1ел ша висча
Лам-механ к1ант.
Корта а оллийна
Хьайн во1 ма гиннехь,
Чалтачо харцоле
Когаш к1ел г1ант,
Бойсаг1ара аьллариг
Ду ч1ог1а гимнал:

«Хьо-х берзан к1еза ду
Айа ши б1аьрг!
К1езано чекхдоккху
Долийнарг барзо.
Ойла а йиний ахь
Наха х1ун аьр –
Къонах вац шен халкъан
Д1аяьлларг марзо!»

2

Нохчийчохь бодане, ирча хьал дара,
Нийса некъ д1акхехьа да воцуш дисна.
Иблисийн тобано лелийча харцо,
Ахьмад-Хьаьжа г1аьттира
букъ церан кагбеш.

Т1ехь доцург цунна т1ехь кхуллуш,
Аьшнашвеш, х1аллакван иза,
К1елонаш еш, харцо лелош,
Г1оьртира цо деш дерг дайа.

Зуламан орамаш ша къиза хедош,
Иблисаш махкара лаьхкина д1а,
Нийса некъ халкъана
муьлхарг бу дуьйцуш,
Машарна г1аьттира хьо,
Ахьмад-Хьажа.

Цахиларх хьо тахна
дуьнен чохь вехаш,
Нохчашна хан яларх виц лур вац хьо,
Къонахчуьн хьан амалш
тхоьца ю ехаш,
Доьналлех хьох 1емаш даим ду тхо.

Дерачу герзашца мостаг1ех летта
Рамзана кхочушди дас дина весет
Ислам-дин ч1аг1дарца махкахь
Шалхончаш, мостаг1ий бехи цо 1ора.

Г1аланаш, ярташ а ахь меттах1иттийра
Меттан сий-ларам
бар тхуна т1едожийра
Дайх дисна г1иллакхаш
ахь карладехира
Толаман байракх ахь лаккха айира.

Г1ийлачун, мискачун ахь терго ярна,
Тховк1ело йоцчарна х1усам
луш г1о дарна,
Массо а х1уманна ахь само ярна,
Хьо ирсехь вехийла, сий долу Рамзан!

Вайнах №3, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх