Бечуркаев Iарби. «…Со-м дац хьуна, гIазкхи!»

ТкъолгIачу б1ешеран 30-чу шерашкахь Украинеххьий, Белоруссеххьий шина шарахь йокьа х1оьттира.

Цигахь мацалла яра, адамаша шаьш дина-1ийна меттигаш а юьтуш д1аэха дуьйладелира.
Новкъахь шайна бег1ийла йол-йолучу меттигашкахь совцуш, керла ярташ йохкуш, баха хевшира уьш.
Царах лаьцна хира ду сан къамел, хьоме дешархо, х1унда аьлча цхьанхьа а цу хиламех, цу къаьмнашна т1ех1оьттинчу халонех лаьцна вайнехан прозехь айса дешна цахиларна.
1968-г1а шо. ГДР (Германски Демократически Республика).
Х1етахь Советски армехь г1уллакх деш вара со дозанал арахьа. Цомгуш а хилла лазаретехь 1иллар нисделира сан. Лазарет яра хьалха шолгIа дуьнена юкъара т1ом болчу хенахь кхозлаг1а немецки танкови дивизи «Эс-Эс Викинг» лаьттинчу г1ишло чохь д1анисйина.
Суна дарбанаш лелош вара майор-кореец Ан Ен Хвар. Баттахь 1иллира со цигахь. Лазаретехь салтий боцурш, армехь г1уллакх диначул т1аьхьа бисина салтий а, эпсарш а бара 1охкуш.

Иштта цхьана дийнахь делкъана х1ума а йиъна, сой, соьца цхьана стоьла т1ехь хIума юуш волу кхо оьрсий фойе чохь сецира цхьацца къамелаш деш. Со нохчо вуйла хаийтира ас царна, царах цхьаммо муьлхачу къомах ву хьо аьлла сайга хаьттича.
Г1еметтах1оьттина беларус ц1еначу нохчийн маттахь къамел дан волавелира соьца. Со ч1ог1а цецвелира цхьа а акцент йоцуш, шера нохчийн мотт цо бийцарх.
Ас цуьнга элира: «Наггахь волчу нохчийчо а ма ца буьйцу иштта ц1ена нохчийн мотт», – аьлла.
Цо дийцира ша жима бер долчу хенахь, 1930-чу шерашкахь, гергарчаьрца Нохчийчохь хан яккха дезна шен, аьлла.
Цигахь нохчийн берашца ловзуш 1емина шена шун мотт, биц а ца белла, аьлла.
Дуккха а къамелаш дира ас цуьнца, цуьнан палати чу а вахана.

Цхьана воккхачу стеган ара хьучу г1умаг1ана чу, оха, кегийчу бераша, бурч а тесна, цо ч1ог1а вагийна, хьаштагIа чуьра 1одара кхоьссича санна иза араэккхарх лаьцна дуьйцуш, ч1ог1а вийлира тхойшиъ, воккхачу стагана и бегаш жима-т1ама х1ума ца хиллехь а.
Ткъа ас лакхахь, сайн къамел долош хьаха ма-дарра, Украинехь мацалла х1оттина а йолуш, тхан юьрта кхаьчнера кхиъна яьлла йо1 Тамара. Украинера яра иза.
Молла Беччаркъас йоь1ан лаамца бусалба дин т1еоьцуьйтуш тоба дайтира цуьнга.
Тхан юьртхочуьнгахь Баматгириев Мута1еламехь марехь яра иза.
Казахстанехь Осиновая Гора ц1е йолчу юьртахь цхьана 1ийна тхо. Мута1еламана дина к1антIий, йо1ий дара цуьнан.
Гилани ц1е йолуш волу воккханиг соьца доьшуш, сан хеннара вара.
Тамара ялаеш Мута1еламан дуьххьара ялийначу зудчо вина к1ант вара Ваха ц1е йолуш. Х1етахь ялхийтта шо хира дара цуьнан.
Ша Мута1елам йовхарийн цамгар йолуш вара. Ц1ийнан дукъ Вахина т1ехь дара: дечиг даккхар, докъар кечдар, иза ц1адар, берашка хьажар, мукъачу хенахь мачаш тояр.
Тамарас нохчийн мотт цхьа шатайпана буьцура: т1, ч1, х1 аьзнаш ца алалора цуьнга.
Шен хенарчу берашца ловзар наггахь бен ца нислора Вахин.
И ц1аван хьевелча Тамарас мохь тухура: «Во, Ваха, ц1а дола! Юха лала а дина, юха доьттича а, стаг хир дацара хох!» – олий.

И мохь шена хезначул т1аьхьа Ваха дукха маса водий ц1ехьа хьодура.
Бусалба дин ч1ог1а леладора Тамарас: ламаз шен-шен хенахь дора, х1ора шарахь мархийн бутт кхобура, п1ерасканан буьйсанна лулахошна саг1ийна х1ума кховдайора.
Ша деш долу муьхха а г1уллакх ц1ена, хаза, б1аьрг т1ехь соцучу аг1ор дора.
Казахстанера кхойтта шо хан а яькхна нах ц1а баьхкира.
Цуьнан воккхах волу к1ант Гилани сайца доьшуш хиларе терра, церан чувахар кест-кеста нислора сан.
Чохь а, кертахь а мотт хьаькхича санна ц1ена хуьлура цаьргахь.
Гурахь наха шаьш хьаькхна йол ц1а яхьара.
Тамарас бина элан такхор ч1ог1а хаза, куьцехь хуьлура.
Иштта шеца бусалбалла, нохчалла долуш, цхьана адамца девне йоцуш, нахана дукхаезаш, д1аяхара иза кху дуьнен чуьра.
Доча-Борзехь вай ц1ера арадахале юьртда хилла Ямаза 1абдат олуш цхьа йо1. Божарийн духар а лелош, говрахь лелаш хилла иза. Ша куьцехь, безамехь зуда а хилла.
Цу юьрта, ша 1едалан белхало хиларе терра, кест-кеста вар нислуш хилла цхьана оьрсийн эпсаран.
Эпсарана ч1ог1а езаелла хилла 1абдат.

Цуьнга шен кхоллабеллачу безамах лаьцна д1ахаийта х1уттуш ца хилла иза.
Эххар а 1абдатна хаийтина цо шен цуьнга кхоллаеллачу сирлачу ойланех лаьцна. Йо1а юххе дуьтуш ца хилла и захало.
Амма эпсар шечунна т1ера волуш ца хилла. Иштта дикка хан-зама яьлла.
Т1аьхьара а йо1а аьлла цуьнга:
«Нагахь санна шен да х1окху захалонна реза хилахь, йог1ур ю ша хьоьга», – аьлла.
Эпсаро ч1ог1а дехна дега йо1 шега яийтар.
Жимачу юьртахь 1аш болчу нахана массарна а хууш хилла оьрсийн эпсаран йо1е болчу безамах лаьцна.
Йо1ан дас аьлла цуьнга: «Нагахь санна ахь бусулба дин т1еэцахь йоуьйтур ю ша», – аьлла.
Эпсар резахилла. Цо бусулба дин т1еэцна. Шен фамили а, ц1е а хийцина цо – 1абдулла. Доча-Борзехь 1аш хилла и шиъ, бертахь д1адоьдуш церан дахар хилла. К1ант-доьзалхо а хилла церан х1етахь.
Боьдуш шолг1а дуненаюкъара т1ом хилла. 23-чу февралехь эзар исс б1е шовзткъе доьалг1ачу шарахь Доча-Борзе ерриг Нохчийчохь санна ирча де деана: ж1аьлеш леташ, бежанаш 1оьхуш, бераш доьлхуш.
1амарка пачхьалкхо оьрсийн пачхьалкхана еллачу «Студобеккер» ц1е йолчу машинашна т1е хийжош хилла адамаш.

Де шийла хилла дог1уш ло а долуш.
1абдулла шен доьзалца «Студобеккеран» кузов т1ехь хилла. Цуьнан дай-наний, йижарий-вежарий Соьлжа-Г1алахь 1аш хилла. Уьш машинахь юьрта баьхкина шайн стаг д1авигархьама.
Дай, вежарий бистхилла цуьнга: «Ты что, с ума сошел?! Ведь ты русский, ты знаешь куда тебя повезут, и что тебя там ждет? Слезай с машины сейчас же, сумасшедший!»
1абдулла вистхилла шен гергарчаьрга нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь: «Со-м дац шуна г1азкхи! Шу ду г1азкхий! Я не руский! Это вы русские!»
Мел дукха шега цара дехарш дарх, уьш тергал а ца беш, нохчашца Сибреха вахна 1абдулла.
Цига д1абуьгуш новкъахь а, д1акхаьчначул т1аьхьа а, шелоной, мацаллой дукха адам х1аллак хилла.
Дешна хиларе терра, Iабдуллина кхачанан сурсаташ долучу складехь дика болх нисбелла.
Дукха вайнах къелхьарабаьхна цо мацалла лечуьра.
Иштта вуьззина къонах вара 1абдулла.

Вайнах,№2, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх