Бечуркаев Iарби. Шо1ийн Чора.

Х1Х-чу б1ешеран чаккхенехь вина волчу цо, 1аламат дукха лайна, 1ийшина цу хенахь хиллачу хиламийн халонаш. Шен дахарехь иза Нохчийчоьнан а, паччахьан Россин а, Советан 1едалан а историн муьран теш хилла. Цул сов шен кхолламехь иза 1оттавелла дуьненахь а дика бевзачаьрца, ницкъболчех.

Чора вина 1880-чу шарахь, бошмийн дитташа хьулйича санна, лекхачу басахь лаьтташ йолчу жимчу юьртахь – Доча-Борзехь. Нохчашна юккъехь лелош йоцу Сирган ц1е лелош вара цуьнан да. Сирганан дукха бераш дара, царех ялх к1ант вара. Мехкадаьтта доккхучу иностранни концессешкахь дакъалоцуш вара Сирган (Сирган – иза французски Серж ц1еран вариант ю, компаньонаша елла хилла цунна иза). Шен бераша ша долийнарг д1акхоьхьург хиларе сатесна хилла иза. Массо а шен к1енташка дешийтина цо йоза-дешар карадерзош. Вежарех угара кхетаме а, пох1малла а долуш волу Чора, Сиргана Гуьржи махка вигна, цигарчу Гори-г1алин гимназе деша д1авелла.

Чорица цхьана партии т1ехь нисвелла кхечарах къаьсташ воцу гуьржийн к1ант.
Кестта шина к1ентан доттаг1алла тасаделла. Чорис атта 1амийра гуьржийн мотт. Дешар т1ехь шеца 1аш волчу Иосифна а г1о дора цо (И ц1е йолуш вара Чорин керла доттаг1). Иосифа кест-кеста хьошалг1а кхойкхура нохчийн к1ант, дукха хан ялале шен гергарчарна а вовзийтира цо иза. Чорин хьаша (уренг), т1аьхьо гучудаьлла ма-хиллара, Иосиф Джугашвили хилла – хинволу ЦК ВКП(б) Генеральни секретарь – «хенийн а къаьмнийн а баьчча».
Шен аьтто баьлча, к1ант волчу кхача г1уртура Сирган. Чорин хьешо сихйора Сирган схьакхочу хан, цуьнгара кхаъ схьаэцархьама. Кхаъ гуттара а цхьаъ бара – детин пхи сом.
Къечу доьзалерчу Иосифна иза хьерадаьлла ахча дара.

Гимнази чекхъяьккхинчул т1аьхьа доттаг1ий д1асакъаьстира. Иосиф Джугашвили духовни училище деша вахара, ткъа Чорас Соьлжа-г1ала юха а веана, реальни училищехь дешар д1адаьхьира.
Училище чекхъяьккхинчул т1аьхьа Чора Петарбухе деша вахара горни инженеран говзалла караерзо. Университет чекхъяккха аьтто ца хилира: д1аболабелира Оьрсийн-японийн т1ом, жима къонах фронте вахара. Иза ц1а веара б1аьхаллин совг1аташ а дахьаш, эпсаран чинехь.
Дукха хан ялале зуда ялийра. Масех шарахь бен дахцаделира церан 1ер-дахар – зудчун доьзалхо хуьлуш ца хиллера.
Чорас шолг1а зуда ялийра 1919 шарахь, махкахь а вевзаш хиллачу Крымски т1еман турпалхочун Ахмадов Тепсин йо1 Човка. Тепса массо а х1уманан бала кхочуш стаг вара. Гондахьара 1аламан хьал ц1ена латторна ч1ог1а тидам т1ебохуьйтура цо. Юьртахоша лорура иза, ткъа цхьацца берш кхоьрура: контузи лайна волучу цо оьг1аз вахча къиза та1зар дора.

Оццу шарахь хилира кхин цхьа а хилам. Шо1иповг1еран некъаша ч1ог1а лорура Нохчийчохь вевзаш волу 1елам стаг – устаз Байбатыров Юсуп-Хьаьжа. Сирганан ц1ахь кест-кеста хьошалг1ахь хуьлура иза. Оцу шарахь Нохчийчу кхечира Россин революционни хийцаман тулг1енаш. Революцига болу хьежам кхузахь тайп-тайпана бара. Юсуп-Хьаьжа Доча-Борзе веара, большевикийн 1едалх лаьцна юьртахошна кхетам баларан 1алашо йолуш. Устаз веанийла хиъча, юьрта баьхкира герзах боьттина, и лоруш, цунна т1аьхьах1иттинарш. Керлачу 1едална дуьхьало ца яр дийхира устазо: «…Х1ара къийсам нийса бац, уггара диканишший, бехкбоцурший х1аллакъхиларрий бен кхо х1умма а дахьар дац».
Дукха хан ялале Юсуп-Хьаьжа Турце д1авахара.
Толурвоцу цамгар кхетта ша волуш, устазо шен лаам бовзуьйтуш хабар даийтира иза бара цуьнан т1аьххьара лаам – Даймехкан лаьттахь д1аволлар: «Иза кхочушдан ницкъ кхочур бу Шоипов Чорин». Устазан к1антаца Мохьмадца (важа к1ант 1алавди шена деца Турце д1авахнера) Чорас кхочушдира Юсуп-Хьаьжин весет.

1958, мат
Ткъа цунна г1о динарг вара цуьнца Горехь гимназехь дешна, цхьана дешна волу гуьржийн к1ант, ткъа 1925 шарахь советски пачхьалкхан куьйгалхо Иосиф Виссарионович Сталин. Цуьнан дакъа схьадан бакъо яларал совнаха, Батуми кхаччалца леррина вагон елира цунна. Цул т1аьхьа паромца х1орда т1ехула д1абаьхьира некъ.
Турцин 1едалца цхьацца бакъонаш яха йийзира, иштта юридически процедурех чекхвала а.
Дуьйцу, юха бог1уш, таможенникаша – чекисташа дакъа чохь долчу яьшкин нег1ар схьаделлар т1едожийна, 1аьржачу вагон чохь жима нег1ар схьатеттича, цу чуьра цхьа серло кхийтира. Боьхна чекисташ юханехьа г1улчаш йохуш, ара лилхира. Оццу эшелонца Юсуп-хьаьжин дакъа Гуьмсе кхачийра. Хоьшкалда (Кошкельды) кхаччалца болу некъ (цигахь д1авоьллина иза) нах г1аш баьхкира. Х1етахь дуьйна цу эвлан зиярат цигахь ду.
Ткъолг1ачу б1ешеран чаккхенехь Шоиповг1ар доьзал кулакаш бу аьлла, махках бехира. Ткъа цаьргара схьаяккха дика х1ума яра: хьер, туька, дечкаш чекхйоху чарх, ц1а, латтанаш-юьртахь а, г1алахь а. Чора уггаре вочунна кечвеллера – ссылке.

Амма цкъа хьалха шен баккхийчеран хьал (кхел) яйян хьаьжира иза. Оцу 1алашонца шен деца Човка Шуьйта яхийтира цо – цигахь районан куьйгалхой бара. Оьрсийн мотт дика хууш йолчу Човкас начальникера бакъо йийхира шен мардай, марнаний ц1ахь дитар. Иза дуьххьарлера ссылка яра Чорин а, цуьнан гергарчеран а.
Амма иза т1аьххьара хало яцара шен дахарехь цо лан езачарах. Цу ц1ийнах а, махках бахарх доьзал ц1а бирзира. Ткъа 1935 шарахь Чорас кхин цкъа а лайра дахарехь шех 1оттаелла цхьа киртиг. «Халкъан мостаг1» аьлла ц1е а тиллина, лаца а лаьцна, Соьлжа-г1алин набахти чохь валлош вара иза.
Цкъа сатоссуш, шеца чохь воллуш хиллачу пхеа стагаца, набахтин уьйт1а а баьхна, цхьана орна дуьхьала д1ах1иттийра х1орш, тоьпаш тухучарна дуьхьала а берзийна. Кхеран б1аьргаш д1абехка буьйлабелира, лаьцначара дуьхьало йира. Т1аккха «халкъан мостаг1ий» баккъаш схьа а дерзийна д1ах1иттийра. Тоьпийн тата делира. Чора меттавеача цунна гира, шайх кхоъ вийна хилар, ткъа шай, кхин шиъий дийна висар. Ишттачух олура – «дийнаволлушехь виэр». И НКВД кхерабаран цхьа кеп яра. Камери чу веъча, Чора шаверг а къежвеллера.

Ссылке вохуьйтуш кхел йира цунна. Чора шен доьзалца репрессированни алимашний, хиллачу эпсаршний, иштта кхечу «халкъан мостаг1ашна» юккъехь нисвелира Майнкум ц1е йолчу меттехь (Юккъера Ази). Царех дукхох берш кхелхира. Чорина лагершкахь яккха итт шо хан а тоьхна, Магадане хьажийра. Ткъа Човка ша йисира шен доьзалца Азехь, г1о-накъосталла дан юххехь стаг а воцуш. Воккхах волу кхо к1ант к1елхьараваккхархьама, нанас йиш йоьхна сацам бо: уьш Нохчийчу д1абахийта. Иштта Мохьмаддий, Хьамиддий, Индарбеккий Озга ц1е йолчу хан яьллачу проводникца – нохчийчуьнца д1ахьажабо бехачу новкъа, муьлххачу а хенахь кхерам т1ех1уттун болчу.
Дуьххьалтасийша шайна, ворх1 шарера шийтта шаре кхаччалц волу кхо к1ант, г1аш Юккъерачу Азера Нохчийчу некъ беш волу. Дийнахь уьш лечкъара, йовхой, мацаллий ловш, ткъа буьйсанна ц1ерпоштан аьчканекъан йистехула некъ бора, шелонах а, кхерамах а иэга а беш. Эххар а уьш д1акхечира Нохчийчу. Кардон олучу меттехь – Йоккхачу Атаг1ий, Ч1ишканий юккъехь – кхаа вешех цхьаъ цхьана къеначу нохчочунна т1е а вахана бепиг дийхира. Цо цунна сискал а елла, цецваьлла, тидам бира: «Хьажахьа, ма дика а буьйцу цыгонаша нохчийн мотт». Вежарех воккхачунна шен ненахойн аг1орхьара и стаг гергара вуйла хиира. Цо шаьш цыгонаш цахилар, нохчий дуйла хаийтира, иштта Чорин, Човкийн бераш дуй хоуьйтуш. И стаг веха лаьттира цецваьлла, метта ца вог1уш. Доча-Борзехь гучубовлар берашна кхераме дара, цундела цу стага варданахь Ч1ишка бигира уьш шайн ненахой болчу. Ши шо даьллачул т1аьхьа Човка а еара ц1а шен кегийчу берашца. Нохчий 1944-чу шарахь ц1ера баххалца Ч1ишкахь 1ийра иза.

23 февралехь 1944-чу шарахь Човка 1ачу ц1а чу салтий баьхкича, яла а кийча яра иза, шен берашца юха а Даймахках цаялархьама.
Лакхарчунна т1е а яхана цо мохь туьйхира: «Со кхин цхьаннахьа а г1ур яц, тхуна массарна а тоьпаш тоха кхузахь!» Эпсаро кхетийра иза, нохчий берриш а бу ц1ера бохуш.
Оцу хенахь Чорина х1умма а ца хаьара шен гергарчарах лаьцна. Вала ца вала лол беттара цо лагершкахь, шен доьзална т1екхачархьама. Цигахь, лагершкахь, нисвелира цуьнца Йосиф Джугашвиллин шича, иза вевзина цкъа мацах цунна шен доттаг1 Йосиф волчу хьошолг1а ваханчохь.
Ткъа х1инца иза вара Чорин дакъазаллин ваша. И вовшахкхетар хиллачул т1аьхьа Чорас сацам бира: «гуьржийн доттаг1чуьнга» кхин цкъа а г1о ца деха.
Чора инзаре, тамашийна дийна висира. 1947-чу шарахь шен доьзал лаха вахара иза, х1етахь доьзалх д1акъаьстинера ши к1ант – Хисаббий, Майрбеккий. Уьш боцуш бара. Шен доьзал лоьхуш Чора Киргизе кхечира.
Токмакехь шена дуьххьара дуьхьалкхеттачу нохчийн жимачу стаге хаьттира цо: «Сергановг1еран доьзал мичахь 1аш бу хаий хьуна?» – аьлла. И фамилии Чорас еллера шен доьзална хьалхара ссылка д1аяьллачул т1аьхьа. Жимачу стага жоп делира, ша Серганов Мохьмад хилар, Шоипов Чорин к1ант хилар т1е а тухуш. Иштта, д1асакъаьстина дукха хан яьллачул т1аьхьа вовшахкхийтира дай, к1анттий.

1958-чу шарахь Чора шен доьзалца Даймахка ц1а веара. Цуьнан хиллачу ц1а чохь цунна ши чоь елира. Ц1ийнан вукху декъехь юьртан амбулатории яра. Чорин хилла туька пачхьалкха д1аяьккхинера. Вежарийн ц1енош чохь ишколан классаш яра.
Юьртахошца шен хаарш доькъура цо, маьхьза, ял йоцуш.
Цунна хаара дукха меттанаш французийн, туркойн, гуьржийн, оьрсийн.
Цуьнан уьйт1ахь кест-кестта гуллора юьртахой. Бай т1е охьа а ховший ладуг1ура Чорас доьшуш а, гочдеш а долчу газеташкий, журналашкий.
Баккхийчу наха тидаме ладуг1ура, баркалла аларца чекхъдолура и вовшахкхетарш.
Кхин цхьаъ къаьсттина башхалла а яра вайн турпалхочун – 1аламат ч1ог1а х1ума дагахьлаттар.
Цо дагахь корректировать дора геологашна церан картанаш, кест-кестта и волчохь хуьлуш болчу. Жима стаг волуш, г1аш Нохчийчоьнан къилбе а, лаьмнийн а, хотийн къайленаш толлуш, маь1данаш (ископаемые) лоьхуш, мехала дитташ долу меттигаш билгалйохуш, уьш 1амош.

Чора волчу бог1ура Грозненски мехкадаьттан институтан практиканташ.
Даздаран цхьаьнакхетарш д1адоьлхучу заманчохь пионераша «халкъан мостаг1на» коча ц1ен галстук йоьхкура, салют д1а а луш, партехь лаьцна байташ а йоьшура.
Стена ойла йора Чорас оцу миноташкахь..?
Шоипов Чора кхелхира 1965-чу шарахь. Д1авоьллира ша винчу юьртахь, лаамаза мосуьйттаза йита езначу.
Къинхетам боцу советски машинийн кхахьарийн а ницкъ ца тоьира иза охьата1о, к1елвита.
Суна дика дагавог1у Чора а, цуьнан х1усамнана Човка а. Сан ненаненан – Анун, шича яра иза.
Оьзда, къинхетаме, безамехь ши стаг дара и шиъ. Чора вевзаш хиллачарна дагахь иза вуьсур ву вуьззина къонах санна, сирла масал хилла.

Вайнах, №11, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх