Бечуркаев 1арби. Перпиньянехь. Дийцар.

Бечуркаев АрбиСан доттаг1 Хьусаейн кест-кестта, аьлча а, х1ора аьхка воьдура шен доьзалца Перпиньяне. И г1ала ю Испанин дозанна гена йоцуш. Атлантически океан бу цигахь. Оцу меттиган хазалла к1орда ца деш юьйцура доттаг1чо. Иштта 2010-чу шеран августан юьххьехь со а вахара сада1а Хьусайнаца.
Ас вог1ур ву а, я вог1ур вац аьлла, дош ца луш, дикка хан елира. Цуьнан бахьана могашалла дика ца хилар а, 900 б1е километр некъ бан б1о ца болар дара сан. Аьрру аг1ор болчу жим чохь ши т1улг гучубаьллера УЗИ яьккхича, иштта сканеро а гайтинера 8 миллиметр, 9,5 миллиметр ши т1улг.

Ши шо хьалха аьтто жим чуьра т1улг лазер ц1е йолчу методца цхьа а хало а йоцуш 10 минотехь йинчу операцино г1ум йина д1абаьккхинера сан. Бакъду, цул хьалха массийтта шарахь ан ду бохуш леллера, амма шозза приступ а хилла Монтфег1ми г1алахь йолчу госпиталехь лазар д1адоккхура капельницаш а х1иттайой. Ялх-ворх1 сахьт даккха дезаш хуьлура цигахь. Амма, таллам бича х1умма а ца карадора лоьрашна. Кхозлаг1а приступ а хилла цу госпитале кхаьчча, лазар д1а айдина, цхьацца анализаш д1алуш, цара шаьш дийнахь бинчу белхан жам1 деш д1адолура де. Т1аьххьара цхьа зудий, стаггий дара жаннашна УЗИ йоккхуш. Цара деш долчу къамеле ла а доьг1уш, компьюторан экран т1е а хьоьжуш 1уьллуш вара со. И зудий, майрий ший а лор хиллера. Иза т1аьхьа хиира суна. Зудчо эли майрачуьнга шайн французийн маттахь: «Г1егаг1де, г1егаг1де, калькуль!» И бохург: «Хьажахьа, хьажахьа, т1улг». Т1аккха соьга схьа а хьаьжна: «Гой хьуна?»

Цул т1аьхьа лоьраша эли соьга: «Цхьа ши де даьлча кху госпитале вола, оха клиникера говзанча кхойкхура ву и хьан т1улг д1абаккха». Цара ма-баххара, веара со цига. Рандеву кхайкхина вара 1арбийн къомах волу лор-говзанча. Цхьана пхийтта минотехь къамел хилира тхойшиннан. Со цо французийн маттахь дуьйцучух дерригенах а кхийтира. Цо схьадийцарехь цхьа а суна сингаттам а боцуш т1улг д1абоккхур бу лазерца, операции д1аг1ур ю 10 минотехь. Со сайн 25 шо кхаьчначу к1антаца лоьро билгалдинчу дийнахь вахара цо болх бечу клинике. Ма баххара чекхъелира операции. УЗИ-но гайтира т1улг, ата а белла, г1ум а хилла арабалар.
Цхьа хан яьлча изза хьал х1оьттира суна аьрру аг1ор болчу жимна: 8 мм болу т1улг гучубелира. Сайн доьзалан лоьре элира аса: «Дика уролог вуй кхузахь?» Цо жоп делира: «Аджадж бохуш кхузахь дика ц1е йоккхуш цхьаъ ву».
Воккха хабарча хиллера иза. Сихха, хьалха кхечу лоьро санна лазерца кхочушдан дезаш долу х1ума, дахдеш, масийттаза анализаш д1айолуьйтуш, цхьана кхаа к1иране даьккхира цо и г1уллакх.
Ас лазерца баккхахьара и т1улг д1а алар тергал а ца деш цо элира: «Т1улг уьлтразвукан методца д1абоккхур бу». Кхунна дика хуур ду-кх дика лор хиларе терра, аьлла со 1ад1ийра.
Операцин де билгалдаьккхира. Ша хир ву цигахь элира цо. Клинике д1акхаьчча суна бухахь сайн лор-уролог хир ву моьттура, амма иза аьттехьа а ца хилира.

Цхьацца кехаташ яздеш, куьйгаш те1адойтуш дикка хан яьллачул т1аьхьа, анастезиологна т1е ваха дийзира. Соьга аьллера 30 минутехь бен яхлур яц операци, цу ханна лур ю наркоз.
Палати чуьра йиъ ч1ург т1ехь йиначу носилкаш т1е а виллина д1авигира со. Сан йо1, Макка, палати чохь йисира, профессиональни лицей чекхъяьккхина хиларе терра, французийн мотт ч1ог1а дика хаьара цунна. Суо ца кхетачунна гочдан йигнера ас иза сайца. Лаьтташ цхьа йоккха установка яра цхьана чохь, к1айн халаташ а дуьйхина лаьтташ масех лор а вара. Со цу установки т1е охьа а виллина, аьрро аг1ор жим болчу метте цхьа х1ума а хьаькхна, наркоз а елла, д1аболийра лоьраша шайн болх. Д1аели 30 минот – операции чекхъялаза ю. Наркоз д1аялча со ч1ог1а лазаво. Кхин ткъа минот а д1аели. Г1ишлош еш, сваяш чуетташ дуьйлучу татанех тера хьал ду чохь х1оьттинарг. «Мусье, тхе малад!» – бохуш мохь хьоькху ас, со лазавойла д1ахоуьйтуш. «Патьептег1!» – олий вист хуьлу лоьрех цхьаъ. «Сатоха» бохург хиллера иза. Сан лазар т1етт1а алсамдуьйлура, ас мохь беттара, амма со тергалвеш цхьа а вацара. Оцу т1ера охьа а воьссина, водучу хьола т1е ваьллера со. Д1аелира 120 минот, варзап етташ санна долу тата д1аделира. Чохь тийналла х1оьттира. Эххар а цхьана лоьро элира: «Фини». Ас хаттар дира цуьнга: «Мусье, калькуль касе?» Амма лоьро суна жоп ца делира. Т1аккха со кхийтира т1улг бохийна цахиларх.
1аламат ч1ог1а, са ца тохалуш, лазар х1оьттира аьрро аг1ор жим болчу меттехь. Цхьа 16 кийла гийра оьллича санна, язъелира и аг1о.

Х1усамнанна цкъа мацах букъ лазабаьлча язйина хилла «парацетомол» таблетка елира суна. И д1амелла цхьа пхи минот яьлча, лазар д1аделира. Телефон туьйхира лоьре. Иза суна операции йинчу «Вивьен» ц1е йолчу клиникехь хиллера. Кхо сахьт даьлча Лани ц1е йолчу, ша болх бечу метте вола элира цо соьга. Кхо сахьт даьлча, йо11ий, сой цуьнан кабинета чохь дара. Цо бинчу балхана реза ца хилар д1ахаийтира ас, дийцира сайна ц1ий иэхарх лаьцна а. Цо и шадерг а иштта хила дезаш ду элира. Цхьана баттахь хи а мийлий суна т1е вола, т1улгах г1ум хир ю, т1аккха и проблема д1аер ю аьлла, тешийра со шех.

Юххехь йолчу центре телефон туьйхира цо: «Сихха сканер яккха, ас цхьа стаг воуьйту шуна т1е».
Сканер яьккхира, цхьана сохьтехь и яллалц хьоьжуш 1ен дийзира. Даьккхинчу суьрташца юххехь кехат дара йоккхачу конверта чу диллина. Жимах долчу хьолах лаьцна яздина дара цу кехат т1ехь. Т1аьххьара алам бийшира ас, ч1ог1а къаьсташ язбина болу: «Аьрру аг1орчу жимах боллуш 8 мм, 8,5 мм т1улгаш ду».
Лоьрана оьг1азвахаран доза дацара. Цо суна бинарг тешнабехк бара. Операци ша йийр ю, ткъе итт минотехь бен ях а лур яц, лаза а вийр вац, масане дара уьш. Амма царах цхьа а кхочуш ца хилира. Ультразвукан метод дика ца хиллера. Интернет чохь дукха ду цунах лаьцна яздина. Уггар дикох метод лазерца сингаттам д1абаккхар магийна дара, иштта халкъо шерашкахь бецашца лелош дерг а дикачу аг1ор хьахадора.
Бутт д1абелира операци йинчул т1аьхьа. Лоьро сайга бохург а деш, ц1ахь 1ийра со. Йиллинчу хенахь йо1аца цунна т1евахара. Т1улг д1а ца баьллийла суна хаьара, х1унда аьлча хаалуш бара иза, цхьанаэшшара жим лазош сагатдарца. Лоьро сканер а яккхий х1инццехь т1евола шена элира. Сканер а яьккхина т1евахара со. Ас хьалххехь дешнера жам1: т1улг ша ма-барра, бохаза бара. Т1аккха кхин иэхь а ца хеташ цо соьга боху: «Шозлаг1а операци ян еза, оццу методца».

Ас йо1е боху: «Ала цуьнга, аш опыташ ян со кролик а яц, шаьш яхь лазерца е, ца яхь – 1одика йойла шун».
Йо1а цхьаъ дийци цуьнга, амма ас ма-аллара д1а ца аьллий суна хиира – цара аьлларг Дала аьлча санна ду цунна.
Дерригенех а кхетча, кхин г1уллакх хир доцийла а хууш лоьре, сайна хуучу французийн «итт» дашах пайда а оьцуш, эли: «Мусье, же па лапан, же па идио, пуг1 ке ву расе эксперимо». «Со пхьагал а яц, я 1овдал а вац сайна т1ехь шуьга эксперименташ яйта».
Йо1а сецаво со: «Дада, 1ад1ехьа, ма хилахьа сел к1оршаме, х1уьттаренна ма ца дина цара иза».
Ас боху йо1е: «Хьажахьа, суна шайна санна и мотт бийца ца хиича, шуна ма 1овдал хета со. И к1ант балхахь ца хиллехь ас хьо кхуза сайца ялор а яцара. Оцу суна операци йинчу установки т1ехь болх беш масех стаг ву. Французаша ца йойту оцу методца шайна операци. Ткъа со санна берш царна атта бу, уьш хьовсабо, ле а бой, оцу установки т1ехь болчарна болх хилийтархьама…» Иштта, оцу дика вуьйцуш хиллачу лоьре сайна хуучу маттаца со реза цахилар хоуьйтуш, яппарш а йина д1авахара со.
Цул т1аьхьа сайна и магийначу лоьрана а лийра со. Т1улг д1абоккху бохуш, сан жим х1аллак бина аш бохуш.
Парижехь вуьйцуш цхьа дика лор-урологна рандаву ийцира ас цул т1ехь. Бакъду, цхьана баттахь сов хьежа везаш-м вара цуьнга.

Иштта х1оьттина хьал а долуш, сан хьоме ешархо, новкъа вели со х1орда т1е сада1а Перпиньян ц1е йолчу г1ала. Хьалха и г1ала испанцийн хилла ю боху.
Тоькапошт (электричка) д1айолаели делкъал т1аьхьа цхьа сахьт ткъа минот яьлча. Тхойшиъ – соьца цхьана сан накъост Хьусайн, берх1итталг1ачу вагон чу нисвели. Т1анкьаьлла йоьттина ю вагон, дукха пассажираш го лаьтташ, охьаховша меттигаш йоцуш. Уьш бу схьагарехь, сада1аран сезон д1аялале, х1орда т1е сада1а боьлхуш.
Корехула арахьаьжча го: хьаькхначу к1ен аренашкахь дежаш долу к1айн-1аьржа бос болу бежанаш, лаьтташ долу хи, фермийн г1ишлош. И шадерг а б1аьргашна ган самукъане а, хаза а, куьцехь а ду. Цхьа а х1ума ца го адаман куьг т1екхачаза: куьцехь дина ц1енош, нийса некъаш, лергина дитташ. Тесна дитина х1умма а ца го кхузахь. Т1аккха ойланаш кхоллало: «Х1унда дац сан къам иштта т1алам болуш, шен мехкан доладеш, вовшийн х1орш санна г1иллакхе, к1еда-мерза?»
Корах арахьоьжучохь висна сой, Хьусайнний. Цкъа а тхойшинна ганза хазна ю схьагуш ерг: лохачу кемсийн, туьркийн, кхечу стоьмийн дитташ, шайна т1ехь бохкуш стоьмаш а болуш. Перпиньяне схьакхача цхьа сахьт диссинчу хенахь сеци тоькапошт. Иштта тхо лаьтташ цхьа сахьт хан ели. Радиочухула цхьа хаамаш бо. Амма дуьйцуш долчунах кхеташ цхьа а вац. Хьусайна соьга хоту: «Х1ун боху цара?» «Французаш а ца кхеташ хилча, со муха кхета цо дуьйцучух, ва Хьусайн?» – олу ас.

Хилларг схьа ца олуш, оцу довхачу дийнахь пхеа сохьтехь лаьтта тоькапошт. Х1ора вагонан не1арх чоьхьа йохуш, охьайохку цхьа коробкаш, юьхьанца цу чохь ерг х1ун ю ца хаьа цхьанна а. Эххар а цхьана французо олу: «Х1окху коробкаш чохь вайна яийтина яах1ума ю, шаьш бехке болу дела, шайна оьшучул схьаиэца!»
Со, ши пакет схьа а оьций, сайн накъост волчу воьду. Пакет схьайиллина чухьаьжча, цу чохь ду жимчу шишан чохь хи, б1арийн т1амарш, бакъийначу стоьмийн аьхкаш, 1айг, урс, худар, шоколад. Иштта д1а кхин а.
Ас олу: «Хьусайн, х1окху чохь йоцуш-м х1ума яц, ша оцу Б1аьчин-юьртарчу Къуддусан яйна ши буг1а йоцург».
«Шайгара яьллачу ледарлонна пассажирашна луш презент ю х1ара, делахь кхунах к1елхьара бевр бу моьттуш вац со х1орш», – олу Хьусайна.
Цул т1аьхьа тхойшинна хиира тхо латтаран бахьана: вехна бомж француз тоькапоштана к1ела а вахна, валар хиллера. И хаам бира суна ас французийн маттахь юххехь сайна 1аш йолчу негритянке, «кескес спас?» аьлла хаттар динчул т1аьхьа.
Цул т1аьхьа цхьана сохьтехь некъ бича, д1акхечи тхойшиъ Перпиньяне. Тхойшинна дуьхьал веана хиллера вевзаш волчу парг1ат кепара охьатохарх латархочун, Тунгаев Бекьханан, жимах волу к1ант. Барсик олура цунах массара а. Цуьнан бакъйолу ц1е, цигахь итт де доккхуш суна хаа а ца хиира. Шен да санна лекхачу дег1ахь, воьттина вича санна вара к1ант.

Буьйсанна сахьт даьлча тхаьшна хьалххе лаьцначу квартире д1акхечира тхойшиъ. Не1 схьайиллина, дог1анаш схьа а делла, шен телефонан номер д1а а язъяйтина д1авахара к1ант: «Оьшучунна со мичча хенахь а кийча ву шуна», – аьлла.
Керлачу х1усамехь буьйса д1аелира. Малх схьакхетале хьала а г1аьттина, 1уьйра ламазаш а дина, юха а охьавижира тхойшиъ. Делкъана ши сахьт даьлча, х1орда т1е ваха новкъа велира. Арагон ц1е йолчу майданара йоьдура цига автобус. Ах сохьтехь некъ бан безаш хиллера автобус т1ехь х1ордана т1е д1акхача.
Куьцехь дина ц1енош дара, некъан аьтто а, аьрро а аг1ор гуш. Дукха хьолахь ши г1ат долуш дара ц1енош.
Эххар а д1акхечира х1орда йисте. Б1аьрго ма-лоццу хин йистерчу г1амарш т1ехь 1охкуш адамаш дара. Цхьаберш луьйчуш, вуьйш пляжни волейболах ловзуш гора.

Кхузткъе пхийтта километр хиллера пляжан йохалла. Садо1уш болчарна юккъехь тайп-тайпанчу къаьмнех нах бара: немцой, полякаш, оьрсий, украинцаш, голландцаш, 1арбой, иштта кхиберш а.
Хьусайна, д1акхоччушехь доккха зонт г1амарх д1а а доьллина, т1ера х1ума д1а а яьккхина цу к1ела охьавижира, ткъа со сайна т1ера х1умнаш сихха охьа а кхиссина, ведда х1орда чу кхийтира. Дуьххьара шийла хетара хи, амма пхи минот д1аяьллачул т1аьхьа дег1 дола а доьлла, шело ца хаалора. Цхьана ткъа минотехь лийчинчул т1аьхьа, хьала а ваьлла, дег1 дага ца дайта, цхьа мазь хьаькхира ас дег1а т1е.
Делккъалц х1орда йистехь, делкъал т1аьхьа тхайн хьешаца, Бекьханца, хан йоккхура оха, доьдучу хин йистехь ч1ерий лоьцуш. Бекьхан говза ч1аралацархо хиллера. Ши-кхо хьаьжк1а м1еран буьххье а юьллий цхьа м1ара хи чу кхуссура, кускусах бинчу бедах кегий, горга цуьргаш а йохий, м1еран буьххье и цуьрг а латайой важа а гена боццуш чу кхуссура, ткъа кхозлаг1ниг буьххье н1аьна а буьллий генна д1акхуссура, д1абоьг1начу шина м1ерана юккъе. Даккхий ч1ерий лоьцура, пхи кила хиллал долу.

Бекьхан ч1ог1а самукъане стаг хиллера. «Кхузткъа шо кхаьчна сан, сол воккха цхьа а стаг вац кху Перпиньянехь 1аш болчу нохчийн ткъе барх1 доьзална юккъехь. Массо а белхаш беш бу, цу т1ехь аьтто хилла тхан. Воккханиг хиларе терра, сайна т1ехь жоьпалла хета суна диканехь а, вонехь а г1о-накъосталла дарна а, куьйгалла дарна а т1ехь. Барт а бу тхан. Бакъду, х1инцца дукха хан йоццуш цхьа 1аббаз веара кхуза шен гергарчу нахана т1е. Нах вовшахкхеттачохь къамел дора цо: Аса-м бийр бац х1окхарна 1аьржа болх, малхе а воттуьйтуш дийнахь сарралца 80-100 еврона. Ладуг1уш болчара олура цуьнга: «Далла хастам бу х1ара болх кхузахь болуш, рицкъа даккха аьтто болуш. Кхечу меттигашкахь яц кхузахь санна 1ен а, сом даккха а меттиг». Цул т1аьхьа йоккха хан ялале йохк-иэцар лело волавелира и къонах, кхузарчу бакъонийн норманаш к1оршаме талха а еш. Иштта луларчу жимчу пачхьалкхера, Андорера, сигаьркаш кхехьа волавелира иза. Кхузахь кхо-биъ мах сов лора царах. Цул т1аьхьа кира кхоьхьу машен а эцна и кхехьа волавелира. Цхьаннах а вешаш вацара, кура къамелаш дора вайнах гулбелчохь.
Воккха хиларе терра Бекхана олуш хилла цуьнга: «Хьаштдоцург ма леладахьара ахь, цхьа сингаттам баккха карзахваьлла ву хьо. Кхузахь 1ачеран а, хьайн а г1уллакх талхор ду ахь, нагахь и харц некъ ца битахь».
Иштта эцна водительски праваш гучаяьлла хиллера цуьнан кхузахь.

«Х1оькхуьнан уьш гучуяларан бахьана долуш, нохчийн бакъйолу праваш а бакъ ца еш, дуьхьал елира полици», – бохуш дуьйцу Бекхана: «Сан а, хийца д1аелла праваш схьа а ца луш сацийна кхара. Иштта вай вийца ваьккхина 1аббаз хилла шен накъостаца Андорера машен юьззина сигаьркаш яхьаш вог1уш. Эххар а шайн т1аьхьа полицейски «ц1ога» хааделла кхарна. Машен цхьана заправкехь сацийна. Дукха хан ялале полицейски машенаша го лаьцна. Машен йоьттина яхьаш йолу сигаьркаш схьаяьхна. Доккха г1уда тоьхна хилла. Иза д1атекхначул т1аьхьа чуволла хьийзош а ву иза. И зуламе стаг бахьана долуш кхузахь болчу нохчех ца теша кхузара 1едал. Мичча метта нисвелча а, цхьа харц 1аббаз нисло-кх гуттара а», – дуьйцу Бекьхана.
«Хьуна ма-гарра, дуьненчохь 1аш боллушехь ялсаманехь санна 1аш бу х1орш. Бусулба бацахь а кхаьргахь ду г1иллакх, ю комаьршалла, адамалла. Вай а дац вон 1аш. Дукхах берш ша долу хьелаш чохь а долуш ши г1ат йолчу х1усамашкахь 1аш бу, мотт хууш берш белхаш беш бу, боцурш пособиш оьцуш бу. Берашна луш ахча ду, садикаш ю вайн ц1ахь санна рог1ехь латта а ца дезаш, деша аьтто бу. Кегий нах белхаш беш а, университеташкахь доьшуш бу, х1ораннан шен долахь машен ю. Делахь а вайн мохк бац х1ара, ойла гуттар а Нохчийчоь дагаоьхуьйтуш ю, гергарчарна сагатдо. Сайн доьзал бахьана долуш веана со, иштта шуь шиъ вуйла а хаьа суна», – аьлла соцунг1а хилира Бекхан.
Цул т1аьхьа юха а къамел д1адолийра.
«Деллахь, ма ца оьшур-кх вайна х1ара Франци, кхузахь мел дика делахь а. Т1амо д1асакхийси вайн халкъ. Вай-м вешан махкахь дика 1аш ма дара. Делан а, халкъан а мостаг1аша кхачийна-кх вай кхуза. Делахь а т1ех1оьттинарг д1а ца кхехьча а ца долу. Цхьана х1уманна сингаттаме ву массо а, вай дерриш а: нохчийн мотт, вайнехан г1иллакхаш ца хаьа берашна. Г1айг1ане т1аьхье хир ю царах: я нохчий а, я французаш а хир бац царах…»

Хьусайн а велира къамеле (историк ву иза, ишколехь 30 шарахь сов болх бина цо): «Шен «плюсаш» а ду кхуза вай нисдаларан. Дукха кегийрхой бу лоьрийн, инженерийн, г1ишлошъярхочуьнан, меттанаш 1аморан говзаллаш кераерзош. Уьш дешна бевлча царах дика говзанчаш хир бу. – Хьусайнан воккхах волу к1ант юристан болх беш ву, жимах волу Изновр летни училищехь кхиамца доьшуш ву. – Жима а, я воккха а цхьа а вац ц1а вахаран ойла ца еш. Диканна г1аьттина хила еза массеран а ойла. Ледара хила мегар дац. Дала декъалдойла нохчийн къам а, Нохчийчоь а!»

Цхьанна а х1уманах самукъа ца долура сан, жим чохь т1улгаш хиларо сингаттам латтабора. Иштта тхойшиъ ц1а веана масех бутт д1абелира. Халкъан методашца дарбанийн бецех пайдаэца хьаьжира со. Амма г1уллакх ца хуьлура суна цу лелочу дарбанех.
Цкъа Хьусайна телефон туьйхи соьга: «Хьенех, Морозова фамили а йолуш, цхьа йоккха стаг ю хьуна Парижехь лоьран болх беш, цунна т1е а вахана хьайн проблема цуьнга д1айийца, нохчашна ч1ог1а г1о деш ю хьуна иза».
Сайн кехаташ а эцна Морозова йолчу вахара со. Ас дуьйцучуьнга тидаме ла а доьг1на, соьгара кехаташ схьа а эцна, цхьана 20 минотехь цхьа кехат а яздина и кехат конверт чу а диллина, Парижски урологически центре хьажийра цо со цхьана г1араваьллачу профессорна т1е. Профессор 1арбийн къомах хиллера, массара а оцу центрехь болчу лоьраша а, лазархоша кест-кеста йоккхура цуьнан ц1е – профессор Гани.

Профессора дика т1еийцира со. Со 1арбийн къомах ву моьттуш, шайн маттахь вистхилира иза. Ас французийн маттахь жоп делира: «Жемапель 1арби, же сви чечен». (Сан ц1е 1арби ю, со нохчо ву.)
Парижехь операци йира суна ультразвуковой методца. Наркоз луш хиллачу лоьро лере а веана хаам бира – машено т1улг лахар а хаийтира, 25 минотехь йина чакхъялла операции а. Со вистхилла валале лоьро элира соьга: «Калькуль касе!» (Т1улг аьтта д1абаьккхина). Сан самукъадаларан доза дацара.
Х1ара дийцар яздаран бахьана цхьаъ ду: «Ойла а ца еш динарг, бала а боцуш, ца доьрзу».
Оцунна т1е тидам бахийтинарг дохко вер вац.
Муьлхха а цхьа х1ума дале, я цхьана х1уманан сацам бале, дика ойла яр доьху аса сайн махкахошка.

Вайнах, №9, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх