Асет Халикова. Дашочу г1енашлахь шен ирсах 1аба ца кхиънарг…

***

Тидам бан ца кхуьуш,
Гуьйре т1екхечира.
Исс ц1арца со юьтуш,
Синтем д1абелира.
Ша цкъа а ер хиллехь
И меттахъелира,
Суна схьахетарехь,
Заманаш евлира…

Ша санна шийла,
И даг т1е юьйжира,
Ц1е санна йовха,
И юьхь т1ехь егира.

Когаш к1ел, туьтех,
Лазамаш 1енира,
Деган йиш цу т1ехь
Меллаша хедира.
И гуьйре цхьаъ ала,
Цхьаъ къадо г1ертара,
Цуьнан дагахьбаллам
Ца бов сан кертара…

***

Шийла мохк битина,
Д1аоьху г1арг1улех
Кхета со г1иртина,
Богу мохк битина,
Д1аоьху нохчех
Суо кхетталц.

***

Стигланах, латтанах, 1аламах хаалуш,
Б1аьргана хьо схьагуш хилча,
Б1аьрса а дагадал, т1е а ца хьажалуш,
Хьо хаза хир дара, г1иллакх!

***

Хазахетар декъа, уллохь цхьа стаг хилча,
Хазахетар декъа…
Ас х1ун де-те б1арзъелла со хилча,
Ас х1ун де-те?
Х1окху цхьалло дог ма карзахдоху,
Синош дохуш.
Ас адмашлахь дийна адам лоьху –
Йовхо лоьху.
Со ца кхеташ хилла кху дуьненах,
Хаац стенна…
Даг чохь мела г1айг1а 1ена…

Г1айг1ане ойла

Цкъа-цкъа д1аоьху со гена, гена,
Суо мича йоьду а ца хууш…
Ткъа юха, со юхахьаьжча,
Ши х1ума карадо духуш:
Аса схьабина эрна некъ а,
Сан г1айг1ане ойла а.
Эрна бинчу некъана
Сан ойлано маь1на ло.
Амма и ца хуьлу декъала,
Сан г1айг1ане ойла а къар ца ло…

***

Ц1е а д1а йицлур ю, кхин ц1ераш евллча,
Хьан ирсе шеран г1а маждала доьлча…
Жималла д1аг1ур ю, ела а къежна,
Хьан доггах веларехь шех хьагар дитна.

Б1аьсте а йог1ур ю, шен духар доьхна,
Кхечунна ирс хьоьрсуш, хьуна букъ тоьхна.
Хьан доьзал – баркалла долуш я доцуш,
Д1аг1ур бу, ирс лоьхуш, я хьан а боцуш.

Хьан шераш – г1арг1улеш, хьо цхьалха витна,
Лелар ду багийна сатийсам лоьхуш.
Кхолламо шен архаш хьоьгахь ца йитна,
Хьегор ву синтемах, декхарх ца вохуш…

Ткъа тешам – дахаро аьгна хьан тешам,
Бехар бу, хьан деган кхерчан ц1е хилла…

Вайнах, №11, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх