Арсанукаев Муса. «Хьан гергарчу стеган гергара стаг ву со»

Сценка

Дакъалоцурш:

КАТУХАЕВ – хьаьким, к1оштанан администацин
куьйгалхочун заместитель, 35-40 шо
ДЕЗАЕВ – дехархо, 45-50 шо

ДЕЗАЕВ: Собардехьа, дукхаяхарг, сан кху чохь доккха гIуллакх а дацара, со хIинцца араволу хьуна… (тIехьа хьоьжуш, лен а луьйш, чоьхьаволу Дезаев. Кабинета чохь стоьла хьалха Iаш Баштар Даштарович Катухаев ву). Де дика хуьлда хьан, Баштар Даштарович!
КАТУХАЕВ: Диканца вехийла! Хьо лаа варий? Сан нах тIеоьцу хан чекхъяьлла.
ДЕЗАЕВ: ВаллахI, пхи сахьт хан ма ю со, хьуна тIекхача гIерташ, оцу учахь Iаш волу!
КАТУХАЕВ: Ойн, ахь хIун дуьйцу? Оццул веха хьо хIунда Iаш вара? Кхана хьалххе юхавогIур вара-кх…
ДЕЗАЕВ: Со тахана дуьххьара веана ма вац. Хьалха со веача, шун оперативни совешшани яра, цул хьалха веача специални совешшани яра, цул хьалха веача хьо лакхарчу хьаькамаша дIакхайкхинера – иштта, хьуна тIекхачар ца нислора сан. Бехк ма биллалахь суна, ас хьан дукха хан а йойъур яц.
КАТУХАЕВ: Дика ду, схьадийцал хьайн гIуллакх сихонца, сан хан янне а яц хьуна.
ДЕЗАЕВ: Деллахьа, оцу компенсацина кехаташ дара вай чуделла. ХIинца иза схьадала долийна бохуш, нахана юкъахь цхьацца хабарш хезнера суна. Массара а хьоьга аьлча, гIуллакх хир ду бохура. Оцу тIехь накъосталла дан аьтто хир бацара те хьан аьлла, веанера со. Хьо вайн районерчу баккхийчу хьакамех цхьаъ а вара…(Катухаев шеконца хьоьжу Дезаевга).
КАТУХАЕВ: Хьан аьлла хьоьга суна тIе вола?
ДЕЗАЕВ: Деллахьа, иза-м шун гергара а волуш ву.
КАТУХАЕВ: Тхан гергара нах дуккха а бу, хIинцца къаьсттина алсам а бевлла уьш. ЦIе хIун ю цуьнан?
ДЕЗАЕВ: Чомбаев Бакар, Дагарш а олу-кх цунах.
КАТУХАЕВ: И цIе йолуш сан-м вац цхьа а гергара стаг.
ДЕЗАЕВ: Ойн, муха вац? Хьо шен ненан шичин кIант ву ма бохура цо.
КАТУХАЕВ: ХIинца ахь вуьйцург суна дага-м ца вогIу.
ДЕЗАЕВ: Шегара ву аьлча, ахь гIуллакх дийр ду бохура цо.
КАТУХАЕВ: Суна ца вевза и стаг. Кхин хьан ала хIумма а дацахь…
ДЕЗАЕВ: Ойн, собардехьа Даштар Баштарович…
КАТУХАЕВ: Сан цIе Баштар Даштарович ю. ХIинца хьо паргIат хила мегар ду, дIавало, болх бан новкъарло ма е!
ДЕЗАЕВ: Делан дуьхьа ма билла бехк Даштар… аьлча а, Баштар … Сихвеллачохь цIе нийса ца яьккхира ас. Доьху, цхьа-ши дош сайга алийтар. Гой хьуна, и хьан гергара стаг билггал хьан гергара ву. Шун ненан шичин Чомбин Iусманан кIант ву иза. Чомбин Iусман дагавогIу хир ма ву хьуна, Даштар … бехк ма биллалахь, Баштар Даштарович? Хьо жима волчу хенахь ша карахь лелийна бохура цо.
КАТУХАЕВ: Ца вогIу суна дага я Чомбин Iусман, я цуьнан ворххIе да а! Битахь суна ца бевза нах. Ахь баха мукъане а хIун боху?
ДЕЗАЕВ: Юха а доьху хьоьга бехк ца биллар! Гой хьуна, оцу… (озалуш, Катухаевга хьожу) Чомбин Iусманан кIант Бакар сан маьхча ларалуш ву, ткъа иза хьан маьхча а хуьлу. Иштта, хьан гергара стаг сан гергара хилча, вайшиъ а ма хуьлу гергара. Ткъа юкъахь гергарло хилча, вовшийн гIуллакхе хьовса ма деза вай. Вай-м вовшийн гIортораш яй!
КАТУХАЕВ: Хьажал, доттагIа, гIортораш-м яра вай, оьшуш меттиг хилча тIетовжа ца хилахь а. ХIинца айхьа деана гIуллакх дийцал суна кхин цкъа а, со дика кхета а веш, ЧомбагIар а ца буьйцуш.
ДЕЗАЕВ: Ойн, дера дуьйцур дара-кх, ахь ладугIуш жимма собар дича-м. ТIеман заманахь гIишлош йохийна аьлла, компенсцина чуделла кехаташ ду вайн – сан, сан вешин, йишин, шичойн, маьхчойн, доцца аьлча, 18 стаг ву-кх тхо оцу списки тIехь. Тхо ДезаевгIар ду. ХIинца и ахча схьалуш, оцу юкъара тхо ма дахахьара аьлла, дехар дан веанера-кх со.
КАТУХАЕВ: Ахь хIун дуьйцу? БерхIитта стаг? Шун ураме чукхеттарг хIун герз дара? Билггал дохийна дуй шун цIенош?
ДЕЗАЕВ: Ду, дера, цхьаццанхьа … кор, неI, тхевнаш а дохийна… вуьшта, комиссино акташ хIиттийна тхуна.
КАТУХАЕВ: ХIа-а, дика ду. Кхийти со дерригенах а. И акташ муха хIиттадо а хаа вайна. Гой хьуна, доттагIа, иза чолхе гIуллакх ду. Хьалха хиллачу комиссино болх сихаллехь дика ца бина, дукха кхачамбацарш ду цу балха тIехь. ХIинца оха вовшахтоьхна керла комисси ю. Нагахь цо хIиттийна акташ мегаш хилахь, цхьана-шина,я, гергарчу хьесапехь аьлча, кхаа-деа шарахь дог даха йиш хир ю-кх шун.
ДЕЗАЕВ: Муха керла комисси? Кхин цхьаъий? Ойн, хIинца цара хIун боху а хьовса деза тхо? Хьалха хиллачаьрца-м, дIатоьхна-схьатоьхна, халла барт бинера оха. Даштар … бехк ма биллалахь, Баштар Даштарович, кхин дан хIумма а дац? Тхан акташ, теллина, чекх а ма девллера…
КАТУХАЕВ: Чекхдевлла боху ахь? Дера, ойла ян ма еза цу белхан. Гой хьуна, сан цхьацца накъостех (цо луларчу кабинете пIелг хьажабо) дагавала деза. Нагахь цара хьалха хIиттийна акташ магадахь, вай ницкъ кхочург дийр ду.
ДЕЗАЕВ: Дела резахуьлда хьуна, Баштар Даштарович! Тхо декхарийлахь дуьсур дац хьуна.
КАТУХАЕВ: Вот-вот, декхарх лаьцна жимма хьахо дезар ду. Вай муха ду хьуна аьлча, цхьа хIума дийца а дуьйций, гIуллакх декхар схьадаларна тIедаьлча, къайладовлуш Iедал ду вайн. Хьо-м вац оцарах?
ДЕЗАЕВ: Мичара хьуна! Вац дера. Ас Делах дуй буу хьуна, ахь тхан гIуллакх дахь, хьуна йогIу парцент оха дIалур ю аьлла.
КАТУХАЕВ: Сайна-м дукха хIума йоьхур яцара ас, сол лакхахь берш а ма бу вай хIун до хьоьжуш Iаш. Хьо кхетий ас дуьйцучух?
ДЕЗАЕВ: ЧIогIа дика кхета, Баштар Даштарович!
КАТУХАЕВ: Кхетахь дика ду. Вай дийцинчух гIуллакх хилахь, шуьгара хIорангара 50 процентов йогIур ю.
ДЕЗАЕВ: Муха 50 парцент? Тхоьга-м 20 парцент ма аьллера.
КАТУХАЕВ: Дика ду хIета, хьайга иза аьллачуьнга хьайн гIуллакх де ала. Вайшиннан къамел а ца хилла, суна хьо ган а ца гина хьуна. ХIинца дIавало кху чуьра!
ДЕЗАЕВ: Собардехьа, Даштар …ойн, Баштар Даштарович, сих ма лохьа. Сан иштта дIаваха йиш ма яц, соьга хьоьжуш кхин 17 стаг ма ву.
КАТУХАЕВ: Кхин сан хьоьга ала хIумма а дац: я 50 процентов, я… (цо неIарехьа пIелг хьажабо).
ДЕЗАЕВ: ХIан, дика ду, 30 парцент тхоьгара…
КАТУХАЕВ: Я 50, я… (юха а неIарехьа пIелг хьажабо)!
ДЕЗАЕВ: Ойн, тхуна хIун хир ю цу бухайисинчу шайнех? Къинхетам бехьа, Баштар… хьо наха цхьа дикачу агIор вуьйцуш хезнера суна. Цул сов, вай гергара а ма ду. Хьан маьхча волу Чомбин Iусманан Дагарш…
КАТУХАЕВ: Ма вийца суна и Чомбин Iусман! Ас хьоьга ца аьлла, суна уьш ца бевза? Хьада, аравала кху чуьра!
ДЕЗАЕВ: ОьгIаз ма эхахьа, Даштар…аьлча а, Баштар Даштарович. Сих ма ло
вай. Дика ду, 40 парцент дIаяла резахир ду тхо.
КАТУХАЕВ: Яхийтта кху чуьра! Ас хIинцца, охрана схьа а кхайкхина, вохьуьйту хьо, докъан полла бина! ХIара хIун базар ю ахь суна хIоттийнарг?
ДЕЗАЕВ: Хьайн Делан дуьхьа де собар! Хьо чIогIа оьгIазвахана. Цхьажимма соьга ладогIахь. Дика ду, 50 парцент а лур ю оха.
КАТУХАЕВ: Это другой разговор. ХIета, ас шун гIуллакх сайн ма-хуьллу сиха чекхдоккхур ду, ткъа аша шай-кай схьаэцарцаний шайгара йогIург схьалур ю. Банкехь шуна юххехь сан стаг хир ву, дерриг а цуьнгахула хила деза. Кхийтин хьо?
ДЕЗАЕВ: Кхийти дера, ца кхета хIун ду кхузахь? Тхуна гIалди-булди, шуна – кай, божжий хуьлу-кх цунах.
КАТУХАЕВ: Ахь хIун кай, божжий юьйцу? Хьо реза воцуш хIумма-м дац кхузахь? Вацахь, къамел доца хир ду! Хьо саннарш сан мел дукха бу хаий хьуна? Только свистни, сраза прибегут. Шен-шен гIуллакх дахьара бохуш, са даIа ма ца вуьту со цара.
ДЕЗАЕВ: Ойн, аса-м хIумма а ца боху, тхо реза ду.
КАТУХАЕВ: Делахь, дика ду. Вайшиннан къамел шалха ма далийталахь, иначе горга кепек а хир яц хьуна. Шайн гергарчу нехан список схьало, гIуллакх ма-хилли ас хаам бийр бу хьоьга. Кхийтин хьо?
ДЕЗАЕВ: ЧIогIа кхийти, дика кхийти. Дела резахуьлда хьуна! ХIан, хIара тхан списка ю хьуна. Деллахь тхан гIуллакх ледара ма диталахь, Даштар … ойн, велла вала со, Баштар Даштарович! Iодика йойла хьан.
КАТУХАЕВ: Марша гIойла, ладугIуш хIума де.

Дезаев араволу. Катухаевн мобильни телефон ека.

ЛадугIуш ву. ВаIалайкум-салам! Шамиль Шапаевич, хьо ву иза? Спискаш? Кийча ю дукха хенахь дуьйна. Москвара комисси еана? ЦIехала хьо белхан, хIорш мукъана хIун дан баьхкина? Со хIинцца дIавогIу хьуна, спискаш а яхьаш. (Ша-шега) Деллахь, ма йиш яцара шу ца даьхкинехь. ХIинца аш маса процент йоьхур ю те?

Кирхьа

2013 шо.

Вайнах №3-4, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх