Анзор Давлетукаев. 29 маршрут.

Дийцар

1ийса автобусийн социйле кхаьчча еха, можачу басахь автобус лаьттара, х1инца къена пил санна лаьтта охьаюжур ю-кх х1ара аьлла, хеталур долуш. Иза салон чу ваьлча, дерзано дашийначу корийн ангалех 1аь тоьхна йолуш чекх х1умма а гуш дацара. Ах сов йоьттина яра автобус. Пассажираш шелонна хебна 1ара, г1ар-тата доцуш. Х1окхо тидам бира: «Арахь кхоьлина хилча, адам а хуьлу-кх кхоьлина». Оцунна тоьшаллина санна хьалхахь хиъна 1ен йо1, пхьуьйшаца ангали ц1ан а дина, ойлане а яхна, дог1анна язъеллачу мархашка а хьоьжуш 1ара. Салон чохь тийналла яхъеллера. Мел х1уъа дийцича а, шофер автобус йотталц д1аг1ур воцийла хаьара х1оранна а. Дикка 1ийча, цхьа шуьйра зуда хьалаелира, автобус хаалуш д1асатахкош, чуьра х1ора а меттахъхьавира цо шен йозаллица. Шена уллорчу г1анта и охьахаарна, 1ийсан хьажар ларамаза т1ехь сецира цу зудчунна. Цуьнан хиъна 1арца, горгачу юьхь-маршца хаалора жималлехь и тайна йо1 хилла хилар, хаалора оьздалла – ларам бойту амат дара схьагуш дерг. Мацах цкъа хиллачу хазаллин лар янза яра. Хиъна 1ар а дара шех б1обулучу адамах тера, мел ч1ог1а хала де т1е х1оьттича а нахе орца доьхур доцуш. Автобус йола ца луш даьккхинчу сахьт герга хенахь шена гонах д1аса ца хьаьажира иза. Наггахь хьаьж а хабадой, цхьа цкъоцкъам ирх дохуьйти доккха са докхура. Цунна т1ера юьйцинчу жигетко, еха-1аьржачу кучо т1еч1аг1дора цуьнан тайна куц.

Эххар автобус д1асатехкош, карахь-марахь якхий ларчанаш йолуш зударий бевлира хьала. Царна т1аьххье:
– Вай Дела! Амал-г1ад дайъина-кх шу зударша х1ара ларчанаш эцна, хьала вала, охьа вала йиш яц-кх шу бахьнехь… Т1анк-аьлла юззалц х1ара шопар вац д1айохуьйтур йолуш, ма докха х1ума ду хьо! – луьйчура ца соцура керла чоьхьаяьлларг. Цхьана жимчу стага хьала а г1аьттина шен метта охьахаийтира иза. Х1ара шена еллачу метта д1атаръеллачул т1аьхьа:
– Схьаерзал, – элира цуьнга дехьо хиъна 1ачу зудчо, – тхо хаза хеташ лелаш дац хьуна, х1окху ц1емзачу дийнахь! Дакхийдеш ц1ахь 1ийр долуш дара, тхо доцург чу рицкъа дан стаг велахьара. Тхо хазахета лелаш ма дац са мере кхаьчна!
– Шух-м къа ца хетара суна… Шу-м шайн дуьхьа лелара базара, шайн бен бала ма бац шуна. Цундела, деза ма-дийцахь зуда. Соъ ма ю х1окху дуьнен чохь ехаш. Ша санна шийлачу 1ай митингехь лаьттина могаш а йоцуш.
– Х1ай зуда! И х1ун ду ахьа дуьйцург, дан мукъне!? Вай массо митингехь лаьттича вай хьан кхобур ду? Хьан х1ун хьаладаьлла цигахь лаьттина? Везан Дела, хьо а, я цхьа а латтаза делира шу цигахь! Йоллу завод, фабрика сецна, боьршачу нахана балха баха меттиг яц, хьуна ма-дарра дезахь, чу-ара вала маьрша доцчу даьлла хьал. Айхьа дуьйцучун ойла е!
– Шу санна доьзалш болуш, шуна санна рицкъа а дезаш ма ю со а. Со а ма ю чохь са долуш. Эхь хьаха ца хета хьуна и дийца. Шуьца базара т1уьхкаш, т1елхагаш йохка д1ах1оттий со а? Зударий шайн ц1ахь 1ан безар-кх… И-м хаьара суна. Вайн ворх1е да а ца лелла базаршкахула. Дала т1е ма доуьйтийла шух д1акхетар. «Йоь1ан ирс чохь 1ер ду, к1ентан ирс леларехь ду», – лаа аьлла ма дац дайша. Шун г1улди-булди-м хаац суна!

Зуда ша аьллачух, хетарехь, там хилла, ша йолччохь д1атарлуш д1аса а техкина, д1атийра.
И къамел ца тайра т1ехьа 1ачу зудчунна т1е а еана цунна мерак1ел т1аь1ира иза.
– Тхо-м хьаха дара тхешан ц1ахь 1аш, шу а, шух терра боьрша бу бохурш 1ад1ийнехь. Етт бохкий, куз бохкий, автомат эца бохуш, аш д1акхойкхуш цадитир-кх тхо. Тхан ц1ийндай, яхь мел ерг аш д1акхойкхуш ма-вара митинге, т1ам т1е. Г1оза шу ма хиларш! Соьлжа-г1ала, х1ара Нана Нохчийчоь х1аллакьяйти-кх аш и даккхий хабарш дуьйцуш! Пенси, пособи сацадайти! Х1ун дан деза къаноша, къона-къанбаллалц къа а хьегна даьккхинчу пенсех бевлча къа дац церан!? Адам шух тешна цхьана дикана сатесна ма-делира ара, ткъа аш 1ехий-кх доллу халкъ. Шу ду-кх Нохчийчоьнах базар йинарш, советан 1едало кхоьллина туька, склад, фабрика, ц1ерпоштан некъ шу лачкъийна девлла, адам хене ца даьлча долий х1уъа дина а?!
Шен кийра а бассийна, шен метта охьахиира и зуда.
– Бусалба пачхьалкх йилла атта дац, массо базара х1оьттича ж1аьлина бун йийр яц-кхи. Дуьнен чохь уггаре 1есачу 1едало йина заводаш фабрикаш, электростанцеш ма йийца тхоьга, х1ара г1ала яц цхьана дийнахь йиллина… Шуна т1ехтохам бан бен ца хаьа. Багахь дина х1оаш даа мегаш дац.

– Зуда, – юха а йистхиллачун мерак1ел еара тохарлера зуда, – пхи шо ду и туьйранаш дуьйцу. Котаман бун янза болчу наха пачхьалкх йийр яц, цара дика лачкъор ю. Хьо дакъаза ма-яларг, хьо б1аьрзе а яцара, ши б1аьрг д1а а беллий, гонах д1асахьажа. Малхехь, мохехь, дог1анехь, лайлахь, арахь, базарахь сискал яккха г1ертачу тхоьгара бехк бакха ма г1ерта, и тхуна т1е а летар бацара. Тхо арадаьхначуьнгара баккхахьа иза, хьо тоьлаш доьрзур ду хьуна. Цкъа а ца кхеташ ма ца хуьлу адам.
Х1еттахь чуьраелира дуьххьара йистхилларг:
– Дала х1аллаквойла вайна чу х1ара т1ом беънарг! Делан кхиэлах ма бовлийла уьш!
– Войла и Дала х1аллак! Дала мукъалахь, шаьш лелочух хайр, има-беркат хир ма дац шуна, иштта 1аьржа дегнаш кийрахь мел ду,- дуьхьал йирзира дов долийнарг.

Чохь г1овг1анаш евлира, салон чуьра зударий шина декъе бекъабелира. Чуьрабевлла хьоькхучу маьхьаршна вовшашка дуьйцург кхеташ а дацара, х1ора а шечунна дола дан г1ертара.
Дагахь а доцуш, х1инццалц тап-аьлла 1ийна 1аьржа духар доьхна йолу зоьртала зуда дег1 нисдеш хьалаг1аьттира.
– Х1ай зударий! – аьлла, чуьрчу зударшка хьаьжира иза, юха ц1енкъа б1аьра а хьаьжна, кхин аз а ца ойъуш: – Ма холчх1иттайо аш со, ма-хьаштдоцуш баганаш етта-кх аш, – цо доккха са даьккхира. Х1етахь чохь цецбевллачу зударийн г1овг1анаш д1атийра.
– Со, шуна ма- гарра, онда стаг ю т1ехьажна, цу Делан вазлора могуш ма яц шуна со, соьгахь ондда бала ма бу шуна. Шуьга и дуьйцуш там бацахь а боху ас… – Юха а жимма соцунг1а а хилла: – Т1ам т1ехь кхо к1ант велла нана ю со. Иштта ц1ийнда вийна сан х1окху т1амехь. Аш г1овг1а еш лалац-кх соьга, боккъалла а дегабаам ца беш, ас дехар до шуьга, ма х1иттаейша со холчу.
Зуда шен метта охьа хиира. Чохь тап-аьлла тийналла х1оьттира. Хиллачу ницкъана уг1учу моторан йоцург г1овг1а яцара салон чохь.
– Вай схьакхечи, т1аьххьара социйла ю, ахча схьа а луш охьадуьссур-кх шу, – тийналла йохийра шоферо.

1ийса чохь мел верг охьавоссийтина, массарал т1аьхьа охьавелира. Цо тидам бира, цхьаьна болу и зударий ура-атталла вовшака а бист ца хуьлуш охьабисаран. Зоьрталчу зудчун лерам беш царах цхьаъ цул хьалха ца г1оьртира. Ша охьайоссале, Дела реза хуьлда шуна, элира цо некъан накъосташка. Зударша тап-аьлла тийна т1еийцира цуьнан и дешнаш.
Арахь х1инца а дерз сацаза дара. Гонах т1амо аьтта, йохийначу г1ишлойн къина санна, хаддаза йоьлхуш яра стигал. 1ийса курткан кач ира а х1оттийна, ши куьг кисна а диллина Толаман проспектехула д1аволавелира. Ларамаза юха хьаьжча, зоьрталчу зудчух б1аьрг кхийтира, ах доьхначу пхоьазза т1ек1ел динчу ц1ено чу йоьдуш яра иза. Стенна делахь, и сацавелира зуда чуяханчу ц1ийне а хьоьжуш. 1анадаханчу ц1енон дийна йисина цхьа ах х1усамдай т1еоьцуш яра.
1ийсан юьхь яшийнера. Юха куьйгаца юьхьа т1ера хи д1а а даьккхина, духьал деттало дерз тергал а ца деш, ша юьхьарлаьцначу некъахула д1авахара, кхин д1аса а ца хьоьжуш.

Вайнах, №11, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх