Антон Чехов. Оратор. Дийцар.

Цхьана исбаьхьчу 1уьйрана кешнашка д1аволла хьош вара коллежски асессор Кирилл Иванович Вавилонов, вайн махкахь уггаре а ч1ог1а яьржинчу шина цамгарх веллаволу: дерачу зудчуххий, маларххий. Иза т1аьххьарчу новкъа ваккха арабевлларш килсчуьра кешнаш долчухьа д1абуьйлабелча, кхелхинчун белхан накъостех цхьаъ, Поплавский фамили йолу цхьа хьенех, конка а лаьцна, шен доттаг1 Григорий Петрович Запойкин, къона, амма х1инцале а тоъал г1араваьлла стаг, вехачухьа д1ахахкавелира. Запойкин, вайх дукхахболчарна хууш ма-хиллара, наггахь бен нислушдоцу пох1ма долуш ву, ловзаршкахь, юбилейш язъяршкахь, тезетахь а, шега д1а ма-аьлланехь говза къамелдан хаарца. Муьлххачу хенахь а дийцало цуьнга: самаваларций, 1уьйрана х1ума яанзий, кхетамчуьра ваьллал вехна волушший, дагар деана ша хилча а. Цуьнан къамел шера д1адоьду, дог1анан бирг1анаш чухула хи санна, цхьатерра а, шортта а; цуьнан къамелдаран лексиконехь адамийн дегнаш к1аддеш дешнаш дуккха а сов ду, муьлхха а трактирехь къийзоргел а. Цо къамел гуттар а т1ех хаза, деха а до, цундела цкъацкъа, къаьсттина совдегарийн ловзаршкахь, иза д1асацорхьама, полице орца даккха дезаш меттигаш а нисло.
– Ткъа со, ваша, хьо волчу вог1у-кх! – д1адолийра Поплавскийс, иза ц1ахь а карийна. – Катоххий бедарш т1еюхал, воьду вайша. Тхайчех цхьаъ велла, х1инца иза эхарта д1ахьажош ду тхо, цундела, ваша, цуьнан 1одика еш муьлхха а цхьа г1урт бу бийца безаш… Ерриге дегайовхо хьоьца ю. Кхин башха кхечарех къаьсташ а воцушверг веллахьара-м, хьо хьайн г1уллакхаш юкъара воккхур а вацара оха, ткъа х1ара-м секретарь вай… кхечу кепара шех аьлча, канцелярин аьрда-б1ог1ам. Бег1ийла ма дац иштта волу бохь къамел а ца деш коша чу виллар.
– Х1а-а, секретарь! – набарна бага а г1аттош элира Запойнина. – И маларчий?
– Х1аъ, маларча. Г1аймакхаш хир ду, т1екхоллург… некъана сом-ком лур ю хьуна. Воьду вайша, догдиканиг. Цигахь, коша т1ехь, Цицероначух цхьа к1ар-к1ар екаехьа, ткъа баркалла мел доккханиг эр ду!
Запойкин резахилира. Цо шен месаш совсийра, шен юьхь т1е г1айг1ане марха а йоссийна, Поплавскийца ураме велира.
– Вевза суна шун секретарь, – элира цо, конки т1е а хууш. – Х1илланча а, къу а ву-кх, ша саннарг кхин атта карор а воцуш, Дала декъалвойла иза.
– Ишттам дара и, делахь а товш дац, Гриша, кхелхинчарна лиэр.
– Иза, баккъал а аьлча, нийса-м ду, «кхелхинчух лаьцна я диканиг ала, я х1умма а ма ала», амма вай х1уъу бахахь а, къу-м ву иза.
Ши доттаг1 дакъа эцна боьлхучарна т1аьхьакхиира, царех д1акхийтира и шиъ. Стуннаний, зудий, стунйиший, ламастна къера хилла, дуккха йилхира. Дакъа коша чу кховдочу хенахь зудчун мохь белира: «Иза волччу яхийтийша со а!», амма шен майрачунна т1аьхьа коша чу ца иккхира, билггал, шена х1отто долу пенси дага а деана. Ерриге г1овг1анаш д1асовццалц собар а дина, Запойкин цхьа-ши г1улч хьалхавелира, т1аккха д1адолийра:
– Теша деза те вай вешан б1аьргех а, лерсих а? Ирча г1ан ду те х1ара каш, х1ара б1аьрхиш 1ено адамаш, узарш, тийжарш? Маржа-я1, х1ара г1ан дац, б1аьрсино 1ехош а дац вай! Х1инц-х1инцца вайна иштта каде, къона стаг санна, унах ц1ена, сирла гуш хилла, х1инцца дукха хан йоцуш вайн б1аьргашна хьалха, к1адбалар х1ун ду ца хуучу накхармозано санна, ша даьккхина моз пачхьалкхан хьал-бахам кхиоран юкъарчу никх чу дуьллуш, иза, х1инца… х1ара верг, дакъа хилла, б1алг1ане д1аваха. Къинхетам х1ун ю ца хуучу 1ожалло шен шийла куьг т1екховдий цунна, иза, ша ханна дуккха воккха велахь а, шен ницкъаша заза доккхуш, сирлачу дегайовхонех вуьзна волчу хенахь. Ма боккха иэшам бу-кх х1ара! Мила хир ву вайна и саннарг? Дика чиновникаш-м дуккха а бара вайн, амма Порфирий Осиныч цхьаъ бен ма вацара. Иза шен син к1оргенехь дуьйна ша д1авелла вара ц1еначу 1алашонашна, шен ницкъаш ца кхоабора, буса вуьжуш а вацара, нехан х1уманна т1екхевдар волуш вацара, вацара ахчанах эцалуш а… Ма ца вашар-кха иза, вайн юкъарчу г1уллакхашна зулам а деш, ша эца г1ертачарех, х1окху харц дуьненан х1уманех 1ехийна, шен декхарна ямартло шега яйта г1ертачарех!
Х1аъ, вайн б1аьргашна гина ду-кх и: Прокопий Осипыча шен башха доккха доцу алапа д1адоькъура шен къечу доттаг1ашна, х1инцца шуна хезир-кха цо саг1ина х1ума луш хенебовлуш хилчу жоьра-зударийн а, буоберийн а маьхьарий. Шен белхан декхаршна а, дикачу г1уллакхашна а тешаме хиллачу цунна ца хаьара дуьненан самукъа муха хуьлу, цуьнан дуьхьа шена ирс кхолла доьзал а ца болийра цо; шуна ма хаьий, ша велла д1аваллалц цо зуда ца ялийний! Иза санна дика доттаг1 кхин мила хир ву вайна ткъа? Суна дуьхьал лаьтта цуьнан ц1ена д1аяьшна, догц1енчу велаваларца вайна т1еерзийна юьхь, суна х1инца а хезаш ду цуьнан к1еда, аьхна-мерза аз. Марша 1ойла хьо, Прокофий Осипыч! 1илла хьо, хьанала, оьзда къинхьегамхо!
Запойкина кхид1а а дуьйцура, ткъа ладог1архой вовшашка шабаршдан буьйлабелира. Къамел массарна а тайнера, масех стеган б1аьргех хи а делира, амма цу къамелехь дуккха а х1уманаш дара тамашийна хеташ. Цкъа-делахь, кхеташ дацара, къамелдечо кхелхинчух Прокофий Осипыч х1унда олу, цуьнан ц1е Кирилл Петрович аьлла йоккхуш хиллашехь. Шолг1а-делахь, массарна а хууш дара, кхелхинарг ша велла д1аваллалц законца дог1уш ша ялийначу зудчуьнца т1ом беш ваьхна хилар, т1аккха иза зуда ца ялош ваьхнарг ма ца хуьлу; кхоалг1а-делахь, цуьнан юькъа хьаьрса маж а яра, ша дуьнент1е ваьлчахьана маж-мекх даьшна а вацара, цундела ца кхетара, къамелдечо цуьнан юьхь яьшна ю аларх. Ладог1архой цу дерригенна т1аьхьа ца кхуьура, вовшашка а хьовсий, хьала-охьа белшаш саттайора.
– Прокофий Осипыч! – кхид1а а дуьйцура къамелхочо, синайамехь коша чу а хьоьжуш. – Хьан юьхь-сибат куьцехь дацара, ирча ду ала а мегара, хьо т1ехьаьжна кхоьлина, оьг1азе гора, амма тхуна массарна а хууш ма дара, оцу гушдолчу пардо к1ел детталуш ц1ена, адамашка болчу безамах дуьззина дог дуйла!
Дукха хан ялале ладог1архошна цхьацца тамашийна х1уманаш билгалдуйла дуьйлира къамелхочуьнгахь шегахь а. Иза цхьана метте б1аьргбоьг1на 1ара, синтемах воьхна д1асахьаьвзира, т1аккха ша а белшаш хьала-охьа сетто волавелира. Цо ц1еххьана къамел сацийра, бага цецваьллачохь г1аьттира, т1аккха Поплавскийна т1евирзира.
– Ладог1ахьа, иза-м дийна ма ву! – элира цо, 1адийна д1аса а хьоьжуш.
– Мила ву дийна?
– Х1ара Прокофий Осипыч! Д1огахь чурта юххехь лаьтташ ву-кх!
– Иза велла а ма вац. Велларг Кирилл Иваныч ву!
– Ткъа ахь айхьа ма элира, велларг шун секретарь ву!
– Кирилл Иваныч ван а вара секретарь. Ткъа хьо, дунда, ца кхетта. Прокофий Осипыч, бакъду, хьалха вара тхо долчохь секретарь, амма иза ши шо хьалха кхечу балха дехьа ма ваьккхина.
– Шайт1а а кхетар дац-кх аш лелочух!
– Хьо д1а х1унда сецна? Хьайн къамел кхид1а а де ахь, товш ма дац!
Запойкин юха а коша т1е д1авирзира, т1аккха хьалхалерачу шовкъехь юкъадаьлла къамелдан волавелира. Чурта юххехь, баккъал а, Прокофий Осипыч лаьттара, маж-мекх ц1ена д1адаьшна къена чиновник. Иза къамелхочуьнга хьоьжура, оьг1азаллица юьхь а кхолийна.
– И муха нисделира хьан! – буьйлира чиновникаш, Запойкинца цхьаьна шаьш тезетара юхадог1уш. – Дийна воллушехь стаг коша чу д1авоьлли-кх.
– Дика дац и, жима къонах! – г1ам-г1им дора Прокофий Осипыча. – Хьан къамел кхелхинчунна дог1уш хила а тарло, амма дийнаволчух лаьцна делахь – сийсазвар бен, кхин х1умма а дац. Ладог1ахьа, х1ун бохура ахь? Хьанал, вохкалур воцуш, къаьънаш ца оьцуш ву! Дийна волчу стагах ишттаниг беламна бен дуьйцур ма дац. Цу т1е а, аддам а ма дацара хьоьга сан юьхь-сибат дийца бохуш. Хаза вац, маьттаза ву, и иштта хилийтахьа, амма стенна оьшу халкъана хьалха сан бат 1итта? Дегабаам бина-кх ас!

Гочдина БУРЧАЕВ Хьаьлим

Вайнах, №6, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх