Антон Чехов. Хирурги.

ChehovaК1оштан больница. Зуда яло воьду аьлла, вахана лор балхахь цахиларна, цомгашниш т1еоьцуш ву фельдшер Курятин, шовзткъа шо хенара, дикка т1ехь лелийна стоммачу дарин коч а, хьекхийна гатанан хеча а т1еюьйхина стаг. Цуьнан юьхь т1ехь гуш бу шен белхан жоьпалла хааран а, догдикаллин а синхаам. Аьрру куьйган хьажо а, юккъерчу а шина п1елга юкъалаьцна – гондхьа боьха хьожа д1асаяржо сигара.
Уча волу мозг1ар Вонмигласов, лекха, буточу дег1ахь, мокха оба йоьхна, шуьйра т1аьрсиган доьхка дихкина воккха стаг. Аьтту б1аьрга т1ехь к1ай ду, и ах д1ахьаббелла бу, мера т1ехь, геннара хьаьжча боккха моза хеталуш, чинт ю. Цхьана секундехь соцунг1а йо мозг1ара, б1аьргашца икона лоьхуш, ишттаниг кхин шена ца карийча, коча дарба чохь долчу шишанна т1е а воьрзий, куьйган ишарца ламаз до, т1аккха, ц1ечу йовлакх юкъара к1айн бепиг схьа а достий, суждане воьдуш, и фельдшерна хьалха охьадуьллу.

– А-а-а… сан лерам хьуна! – бага г1иттайо фельдшера. – Х1ун г1уллакх дохьуш веана?
– 1иса-Пайхамар вуссур волчу денца, Сергей Кузьмич… Къинхетамечу хьуна т1е… Бакъдолуш а, нийса а аьлла ду Забурехь, бехк ма биллалахь: «Айса д1амолуш дерг белхарца иэдина». Хьастаха йоккхачу стагца чай мала охьахии со, амма – Делан ц1е яккхарх, цхьа т1адам, цхьа къурд а, хьо вала д1акарчарх а… К1еззиг д1амелин – берриге а ницкъ д1аболу-кх! Ткъа цул сов, еккъа цхьана церга чохь хилла ца 1а, х1ара аг1о мел ю… Иштта лазар детта-кх, иштта лазар! Лерга чу а кхочу, бехк ма биллалахь, цу чохь хьостам я кхин х1ума йоллуш санна: иштта ов детта-кх, иштта ов детта-кх! Сан къиношна ду-кха и, Сергей Кузьмич, сан къиношна! Дадас иерейс до1анаш ас дешначул т1аьхьа, бехкаш доху: «Мотт тийсабала боьлла хьан, Ефим, г1ам-г1им дан а воьлла. Мукъамехь ала г1ерта хьо, амма ахь дуьйцучух кхета-м цакхета». Ткъа кхузахь, къинт1ера валалахь, х1ун мукъам балур бу, бага схьаелла йиш ца хилча, ерриге а йистина ю, бехк ма биллалахь, буса сахиллалц наб цайина…
– Х1аъа… Охьахаал… Бага г1аттаел!
Вомнигласов охьахуу, бага г1аттайо.
Курятина кхоьлина юьхь йо, бага хьоьжу, т1аккха замано а, томкано а мажйинчу цергашна юкъахь хара хиларца къаьсташ цхьа церг го.

– Дада диакона ч1аь1а тоьхна къаьркъа т1едилла аьллера – г1о цахилира. Гликерия Анисимовнас, Дала могашалла лойла цунна, Афонан лам т1ера тай делира куьйга т1ехь лело, мела шура бага кхарза а элира, ткъа ас, ма-дарра дийцича, тай-м д1адихкира, ткъа шурица дерг кхочуш ца дира: Делах кхоьру, мархийн бутт…
– Эрна хабарш… (соцунг1а). Д1аяккха еза и, Ефим Михеич!
– Хьуна дика хуур ду-кх, Сергей Кузьмич. Цунна 1амийна маду шу, х1окху г1уллакхах ша ма-дарра кхета, х1ун д1аяккха еза, ткъа молханашца я кхечуьнца х1ун а… Цунна аьлла, къинхетамениш, д1ах1иттийна а маду шу, Дала шуна могашалла лойла, оха дийнахь-буса а шуна до1анаш.., тхан хьомсарниш… тхаьш коша чу дийшшалц…
– К1адбоцурш… – иэхьхеташ боху фельдшера, ишкапна т1е а воьдуш, г1ирсаш а кегош. – Хирурги-м к1ад боцург дара… Кху т1ехь оьшург – балхах воьлла хилар, куьг онда хилар а… Туй кхоссар санна… Хьастаха, иштта хьо санна, больнице вог1у-кх хьолада Александр Иваныч Египетский… Иза а веанера церг йохьуш… Дешна стаг ву, дерригенах а лаьцна хоьтту, мел долчун а бала бу, муха я мича кепара бохуш. Сан куьг схьалоцу, ц1арца цхьаьна ден ц1е а йоккху… Петарбухехь ворх1 шарахь ваьхна, берриге профессорш а бевза… Дикка 1ийра тхойша кху чохь… Христос-Делан ц1арах доьху: д1аяккхахьа сан х1ара, Сергей Кузьмич! Д1а стенна ца йоккхуш ю ткъа? Д1аяккха мегар ду… Амма кхузахь кхеташ хила веза, кхеташ вацахь – мегар дац… Цергаш тайп-тайпана ма хуьлу. Цхьаъ морзахца д1айоккху, важа – аьчкан когаца, кхоалг1аниг – дог1анца… Х1ора а шен-шен кепара.

Фельдшера аьчкан ког схьаоьцу, хаттарца цунна т1евог1авелла 1а минотехь, т1аккха и охьабуьллу, морзах схьаоьцу.
– Х1а-х1ане, бага шуьйрра д1аеллал… – боху цо, морзах буйнахь мозг1арна т1е а вог1уш. – Вай цунна х1инцца… иштта… Туй кхуссучу юкъана… Доьла хадийчахьана… тракци йичахьана лакхара охьанехьа… т1аккха чекхдолу… (доьла хададо), т1аккха чекхдолу…
– Тхох къинхетам бийриш ду-кх шу… Тхуна-м, 1овдалшна, хууш х1умма а ма даций, ткъа шуна кхетам белла-кх Дала…
– Хьайн бага г1аттийна а йолуш къамелаш ма де… Х1ара-м атта схьаяккхалур яра, деккъа ц1ена орамаш бен ца диснарш а хуьлу… Х1ара-м – туй кхуссучу юкъана… (морзах т1ехьо). Собарде, ветта ма ло… (доьла хададо). Коьртаниг, буххера схьалацар ду (озайо)… т1ехулара каг цаярхьама…
– Вай, дада… Сийлахь-еза нана… Ввв…

– И ма де… и ма де… муха дара и? Куьйгашца ка ма етта! Д1ахеца ши куьг! (озайо). Х1инцца… Иштта, иштта… Атта болх ма бац х1ара…
– Сан дада… къинхетамениш… (мохь болу). Маликийн орца! Ох1о-х1о… Озаяй валахьа, озаяй! Шарал стенна вахвелла?
– Х1ара г1уллакх-м… хирурги… Д1а катоьхна мегар ма дац… Иштта, иштта…
Вонмигласовс шен когийн голаш куьйгийн голашна т1екхаччалц хьала ойу, п1елгаш меттахъхьедо, ши б1аьрг хье т1е боккху, хедош садоь1у… Цуьнан да1 санна ц1ийеллачу юьхьа т1е хьацар туху, б1аьргаш чу хиш х1уьтту. Курятина мара ийзабо, дьякана хьалха д1асахьийза, церг озайо… Балане ахминот йолу – т1аккха морзах церга т1ера хецало. Дьяк хьалаоьккху, т1аккха шен бага п1елгаш дохуьйту. Ша хьалха хиллачохь карайо церг.
– Оза-м йира! – боху цо доьлхучу, цуьнца цхьана цавашаречу а озаца. – Эхартахь иштта д1аозавойла хьо! Хьуна муьт1ахь хиларца баркалла! Хьайна д1аяккха хууш цахилча, т1е а х1унда лоцу! Х1ара маьлхан дуьне а цаго-кх суна…
– Ткъа ахь куьйгашца ка стенна етта? – оьг1азъоьху фельдшер. – Со ийзош воллу, ткъа ахь сан куьг д1атоьтту, цхьацца сонта дешнаш а… 1овдал!

– 1овдал хьову хьуна!
– Хьуна, муьжги, церг д1аяьккха атта ду моьтту? Хьо хьуо хьажал х1ета! Килса т1е хьала а ваьлла, горгалешца вота тохар санна ма дац х1ара! (1иттарш йо). «Ца хаьа хьуна, ца хаьа хьуна!» Хьажахьа, ма нисвелла хьехамча а ву. Ма ван а ву… Господин Египетскийн, Александр Иванычан, а д1аяьккхина, ткъа цо а х1умма ца бах, цхьа дош а… Хьол а уьнах ц1ена стаг ву, куьйгашца ка-м ца еттара… Охьахаа! Охьахаа, ма боху ас!
– Б1аьргийн нур дайна… Саметта ваийтахьа… Ох1! (охьахуу). Т1ех вах а цалуш, сихха д1аяккхахьа. Ийза ма ехьа, д1аяккхахьа… Цкъа катохий!
– Хуучунна ма хьехал ахь! Сан Дела, иштта кхетам боцуш халкъ ду-кх х1ара! Ишттачарна юкъахь дуьне даа а деза… корта тилкхаз-м боккхур бу! Г1аттае бага (морзах т1ехьо). Хирурги, ваша, забар ма яц… Килсехь хьехамаш бар ма дац х1ара… (доьла хададо). Ветта ма ло… Церг, схьагарехь, ширъелла ю, орамаш к1орга охьахецна… (озайо). Меттах ма хье… Иштта… иштта… Меттах ма хье… х1ай-х1ай, х1ай-х1анн… (къарш деш хеза). Суна хаа-м хаьара!
Вонмигласов минотехь 1а меттах ца хьовш, кхетамчуьра ваьлча санна. Иза воьхна-1адийна ву… Цуьнан аьрта хьажар цхьанхьа-м т1едог1аделла 1а, босбаьхьначу юьхьа т1ехь хьацар ду.

– Аьчкан когаца озо езаш хиллера ас… – бур-бур до фельдшера. – Ма дагахьдоцург а хили!
Кхетамчу веанчу дьяка бага п1елгаш дохуьйту, лозуш хиллачу церган меттана хьалаг1оьртина ши юьхк хаало.
– Чамбоцу шайт1а… – хазадо цо. – Шу, пир1унаш, тхуна бале довла ховшийна-кх кху чу.
– Багалеян х1отта хьо х1инца кху чохь… – г1ам-г1им до фельдшера, морзах ишкап чу а буьллуш. – Дунда… Килсехь г1уллакхдан 1амочу хенахь ц1улла-серий к1езиг диттина хьуна… Господин Египетский, Александр Иваныч, ворх1 шарахь Петарбухехь ваьхна… 1илма хууш… цхьана костоман мах итт туьма бу… иза а вацар-кха дов деш… Ткъа хьо х1ун ялсаманин олхазар ду! Х1умма а хир дац хьуна, хьайн садаларна-м ца кхоьру!
Дьяка стоьла т1ера шен к1айн бепиг схьаоьцу, куьйга бесни а лоций, чуьра аратасало…

Оьрсийн маттера гочдинарг БурчаевХьаьлим.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх