Алиева Зарина. «Беттан нур дитийша, беттан сих хьаьгначу дагна…»

Алиева Зарина22Иза къонах стаг яра, бохуш дуьйцу, дош лелаш, ша т1елаьцна г1уллакх кхочушдеш, диканехь-вонехь хьалхаяьлла, г1о-накъосталла оьшучохь гуттар кийчча, массеран а накъост, массеран а доттаг1. Иштта и евзачара дуьйцу. Бана иштта яцара ала ца г1ерта вай, амма зудчух къонах алар нийса, дог1уш ца хета. Иштта олушволчунна зуда, нана, йиша, йо1 – цу дешнийн доккха маь1на, церан сийлалла кхоччуш евза аьлла ца хета суна.

Бана нохчийн йо1 яра, йиша, нохчийн халкъан кхетамо кхоьллина йишин сийлахь васт шен амалшца долуш, къемата дийнахь вешин къинойн мохь шега д1аоьцуерг йиша хир ю аьлла ду. Ишттачарех яра Бана: «Со яла хьан къинна…» олучарех. Шен декхарш, йоь1ан, йишин декхарш къонахчун декхарел а лахара а ца хеташ, уьш кхочушдар шен дахаран некъ а лоруш, шен са а, дог а ца кхоош, и кхоо дезий ца хууш яьхнера Бана.
Нохчийн мотт буьйцуш верг милла а вара Банин гергара, цундела хир ду Банех дика дош олуш болу нах тайп-тайпана хилар, шайн-шайн амалшца, амма Бана массарна а цхьаъ хилла, шен йоккхучу цхьана ц1арца.
Зударийн, божарийн поэзи олий къестамаш нисло литературехь, церан тайп-тайпана хат1 хилар а къастош. Масала, зударийн поэзехь коьрта билгало безаман тема ю, «со» бохучун гондхьа хьийзар, чоьхьара дуьне, синхаамаш, сингаттамаш 1орабохуш. Божарийн поэзехь коьрта дуьне, дуьненан хьелаш, граждански тема, синхаамел хьалха ойла, иштта кхид1а а. Амма и къастам литературехь ч1аг1бина т1еэцна бац, х1унда аьлча цхьайолчу стихашкахь зудчун, стеган аз хезаш ца хуьлу дела, поэтан аз бен. Гена ца кхийдича а цхьана Марина Цветаевин стихаш ешча а тоьур ду тоьшаллина. Иштта Банин стихашкахь дуккхачара билгалйоккхуш граждански тема ю, доьналлин, къонахаллин тема, дуьненчохь стеган вахаран декхарш. Амма безаман лирика а ч1ог1а нуьцкъала ю Банин, цунах к1езиг дийцахь а. Цуьнан поэзехь безаман тема йоцуш санна хетало наггахь, х1унда аьлча Банин ц1е йоккхучохь гуттар Нохчийчоьнах, цуьнан декъазчу кхолламах йолу стихаш хьалхайоху дела.

Безаман лирикехь классически стихотворени лара мегар ду аьлла хета суна Банин «Со – аренца кхиъна акха зезаг». Оцу стихотворенин орамаш нохчийн фолькларан безаман лирикин эшаршкара ду аьлла хета. Масала, фольклорехь иштта ду:

Цу тоьпан чакхми т1е
Юрт юьллур вайшимма,
Цу уьрсан диттаца некъ
Боккхур вайшимма,
Хьан буора ши ч1аба
Г1ов хьерчор вайшимма,
1аьржачу латтанах
Атта мотт бер вайша,
Сийначу стигланах
Тхера тхов бер вайша…

Банас шен лирикин турпалхочун ц1арах иштта жоп ло:

Со – аренца кхиъна акха зезаг –
1ехалур дац цу хьан х1усамах,
Айсса къастор ас сайн дагна везарг,
Айсса бийр бу цуьнца маьлхан мах.
Сан верасаш хир ду лекха лаьмнаш,
Тешаш хоржур ду ас седарчий,
Ахь урдонна яхкахь суна б1аьвнаш;
Хьуна лур ду сайн мутт аренийн.
Тир яьккхина беттан чилла хьовзуш,
Мархех юрг1а охур ду ас хьуна,
Маьлхан г1енаш хьан г1евланга дохкуш,
Буьллур бу ас бацалахь мотт хьуна,
Со – аренца кхиъна акха зезаг,
Ма кхийдае соьга месийн г1овла.
Б1е шо ду-кх со кху дуьненчохь еха,
Хьан б1аьра хьажа кхоьруш лела…

Стихотворенин лирикин турпалхо майра ю шен синхаамашкахь, цо безам коьрта лору дуьненан хьелийл. Стихотворени ешча, гуш ду нохчийн фольклоран безаман лирикехь санна, везачуьнца цхьаьна хила, муьлхха хало а, дуьхьало а эшо кийча ю стихотворенин турпалхо.
Стихотворенехь коьрта исбаьхьаллин г1ирсаш бу поэтана карийна, дустарш, цо далийна шатайпа басарш: турпалхо 1аламах ийна ю, 1аламан хазалла дуьненан хьелашна дуьхь-дуьхьал х1иттайо поэта. Безамах елахь а стихотворени, нохчийн йо1ан безам хилар а, х1ора шен стихотворенехь санна нохчолла хьалхадоккху поэта х1окху стихотворенехь а, нохчийн сийлаллин символаш а ялош: «сан верасаш хир ду лекха лаьмнаш…», «ахь урдонна яхкахь суна б1аьвнаш…». Шен безам дуьненца къовсур болуш елахь а, везачунна хьалха г1орасиз ю лирикин турпалхо. Т1аьххьарчу шина мог1анехь нохчийн йоь1ан васт, цуьнан амал гучуйолу – экаме, эхь хеташ: «Б1е шо ду-кх со кху дуьненчохь еха, хьан б1аьра хьажа кхоьруш лела…». Банин дуккха а ю безамах стихотворенеш, уьш х1ора а талла а йог1ура. Амма вай лакхахь ялийначу цхьана стихотвореница а юьсур Бана йоь1ан шатайпа докккха, амма цуьнца цхьаьна экама дуьне гайта хаарца.
Банас ша-шех дуьйцург ду бакъ, цо ша хьенан, мила, мичара хилла, дуьйцург, иза дерриге а цо шен йозанашкахь дуьйцу, дуьхьал гуш, 1орадаьлла Банин са а долуш.

Банин стихаш а, цуьнан прозехь йолу ойланаш а, яздархо хила а г1ерташ, литературина аьлла кхоьллина ю ала хала ду, цуьнан йозанаш литературин бакъонашца нисдина, тодина, дош лоьхуш, дешнаш луьттуш яц. Банин х1ора мог1а – маьрша ойланаш ю, дневник тайпа, цо ша-шеца йина ойланаш шел т1аьхьа йитина, шена чохь боккха лазам а, ирсен м1аьргонаш а йолуш. Цо цкъа а ша стихаш язъеш ю ца олура боху, шен ойланаш д1аязъяр доцург. Д1а ца язйича, дагахь мел дерг мича хьур дара, хьанна делхор, к1айн кехато д1а ма худу дерриг а. Т1аккха иштта ца кхоллаелла, муха кхоллалуш хуьлу поэзи, аьлла хаттар дуьсу.
«Син цхьа мукъам хуьлу», аьлла Бексултанов Мусас. Иза иштта муха хуьлу, хила йиш юй, ойла кхоллало. Син хазхетарш, халахетарш, тайп-тайпана синхаамаш хийцалуш ма хуьлу, х1ора синх1оттаман шен-шен мукъам ца хуьлу? Беккъа цхьана синхаамца ваха йиш ма яц дуьненчохь. Хазахетар, лазам – оцу синх1оттамийн шен-шен мукъам хила ца бог1у т1аккха? Оцу хаттаршна жоп художникан кхоллараллехь карор ду. Шен сине ладуг1уш волчу художникан кхоллараллехь цхьа мукъам хуьлу. Муьлхха темина, муьлхха синхаам буьйцуш цо язъяхь а, мукъам цхьаъ хуьлу, дешнаш дуьйцург цхьаъ долуш, синна хаалуш болчу мукъамо шен маь1на а деш, цхьана произведенехь шиъ сюжет йолуш санна, шена чохь гушдерг а, гушдоцург а долуш, и гушдоцург Абдулаев Лечас ма аллара, синна хаалуш.
Банин син – лазаман мукъам бу. Бана дуьнен чу яьлла де 23-г1а февраль дара, вайн халкъан бохаме де. Ша дуьненчу ялар цу дийнахь нисделла хилар,цуьнан кхолламехь шатайпа символ лоруш хилла аьлла хетало цунна. Цуьнан кхолламо иза бакъ хилар тоьшалла а до. Вайн халкъан историн бохаме зама ю Банин кхолламах хьаьрчина, дуьненчу яьлча дуьйна схьа. Банас ша-шех дуьйцург ду бакъ, цо ша хьенан, мила, мичара хилла, дуьйцург, иза дерриге а цо шен йозанашкахь дуьйцу, дуьхьал гуш, 1орадаьлла Банин са а долуш.

«Со йинчу дийно
Дуьненчу а далаза
Хьийзинчу сан синан мохь
Сан лере кхоьхьу
Со йинчу дийнахь…
Той дицдой, миска са
Д1адоьду Г1ум-Азе делха
Со йинчу дийнахь…
Йина де-м сан дан а дац,
Амма ду дуьненчу далаза
Са дийна де…».

Банин дахарехула, кхоллараллехула чекхболу и лазаман мукъам.
Йоь1ан дог экама, жима ду, син 1аьткъинарг тарда кийра готта хилла, ара ца даьккхича даге лалург ца хилла лазамах буьзна синхаамаш. Цуьнан х1ора мог1а кхайкхам бу адамашка, вовшашна т1ех ма довла, вовшийн дог эца, адамаш вовшашна г1оьнна кхоьллина ма ду бохуш. Кханенга ма титта, кхана т1аьхьа хир ду, сихло тахана, х1инцца диканиг дан, вовшашна г1ортораш хила, бохуш. Иза ша ма-яххара, дахарехь ша ма-хиллара хила лаьара цунна нах а, иза х1оранна а дахаран маь1на долу дела, иштта хила деза дела:

«Ван нах, мича, стенга кхача г1ерта шу?
Ца го шуна сан долчу деган аматаш?
Шуна гайта кераюккъе иза эцна йог1у.
Шу т1ехлелха, бен ца хеташ, суна б1аьрзе хилла.
Кху сан дагал деза хилла-кх и шун г1уллакхаш?
Кхана-х дог1ур дай шу орцах, и лахьти чу дилла,
Бен а боцчу хенахь суна аш бен хастамаш».

И стихотворени таханенна язйина йолуш санна хета, т1аьхьадисинчу вайгара бехк боккхуш. И т1аьхьабуьсуш болу бехк, дагахьбаллам хала бу лан, дуьненчохь мел ву, са дууш адамца беха, д1а ца къаьсташ, цунах к1елхьаравала некъ ца карабо. Даха сихделлачу вай дуьненан г1уллакхаш хьалхадоху цакхиарна кхоьруш, адамийн вовшашца йолчу марзонаш т1аьхьа а туьттуш. Амма, г1уллакхаш д1а а дирзина даха а ца ховшу, вовшах а хеда, херло. Дуккха а т1аьхьа кхета «дегнел» деза цхьа «г1уллакх» ца хиллий лаьттахь, т1аьхьа… «Х1ей нах, д1а ма дийша не1арш къовлий». Вовшийн дегнийн не1арш д1а ма къовла, сема хила доьху Банас вайга.
Банин гондхьа дуккха а нах хуьлура бохуш дуьйцу, бен-бен болу нах, шайн баланаш бекъа иза йолчу оьхуш. Цо массо а т1е а лоцура, х1оранна а г1уллакх дан хьожуш. Д1а ца тоттура цхьа а. Бана къонах яра бохучаьрга ала лаьа, и вай лакхахь хьахийна йолу цуьнан амал зудчун амал ю. Х1ора йо1ехь, зудчуьнгахь, бераллера дуьйна схьа, цуьнан амалехь наналла деха, доладарца, шен са кхоа ца до цо, диллина лаьтта г1о оьшучунна. Стаг вон вара, дика вара ца хьоьжуш, цуьнгара девлла г1алаташ ца лоьруш, къинхетамах ца йолу иза. Банина милла а вара йиша а, ваша а, цо 1уналла а дора царна. Иза зудчун амал ю, къинхетаме амал. Къонахчун амал яц иза, къонахчо верриг а шех вусту, декхарех хьалха ца вуьту, цхьа бахьанаш ца лоьру. Къонахчуьнгахь товш а ю иштта амал, цуьнан некъ цхьаъ болу дела. Амма Банина дика хаьара къонах верг, «къонахийн амалех ловзург» къасто, нах дика бевзара цунна. Амма цо бехкаш ца дохура, иза кхоьрура «къонахийн амалех ловзарш» вайн махкахь баржарна, дебарна, дуьне дохарна. Бана кхийринарг хила а хилира. Вайн халкъо сатийсина долу дуьне, маьрша дин лело, вайн 1адаташна, г1иллакхашна, маттана, кхоллараллина, сатийсина долу дуьне дуьйхира. Юха а 1аьржа денош, лазамаш, баланаш… Кхолийра Нохчийчоь.

Мохк, нана, йо1, йиша ларъян, шайх дозалла дан юххехь къонахий ца хилча, зуда т1ам бойна олхазар санна юьсу. Цуьнан сийлалла, дозалла дан дуьненчохь х1ума ца дуьсу, иза цхьалха юьсу, шен орцан мохь йилбазмохье а боьрзий.
Х1инца а лерехь дека Банин орца, цуьнан йишйоьхна дехарш, кхайкхам, цо масла1ате кхоьссина йовлакх «…ц1ийлахь 1уьллу сан кортоли, соьга хьоьжу доьхна», – хьалаэца цхьа воцуш йисира Бана.
Дуккха а болчу поэташа, яздархоша Даймохк ненаца, йо1аца бусту. Нана санна къинхетаме, йо1 санна экама, ц1ена. Банас шен кхоллараллехь сийдолу зудчун вастехь даймехкан васт х1оттадо, шина вастах цхьаъ деш. Даймахко мел лайнарг шен сих чекхдаьлла хилар гойтуш:

«Хьан ц1ийнах яра-кха со, Нохчийчоь, хьан ц1ийнах яра.
Нахана д1айийца ворх1е а ден ц1е а хилла.
Хьан ц1арца яьхна со, Нохчийчоь, хьан ц1арца яьхна.
Хьешана х1оттадан комаьрша шун а сан хилла.
Хьан юьхь ас ларйина сайн эхь-бехк, сайн сий санна..».

«Дуьненчохь мел болчу зударел со маьрша къасто,
Бахьана цхьаъ хилла-кх – со ларъян къонахий хилла».

Жимчохь дуьйна, туьйранашкара, баккхийчеран дийцаршкара бакъо-харцо хилар 1амадо вайна. Жимчохь харцо гуттар эшна карайо, бакъо тоьлла а йолуш. Бакъо толо накъостий оьшу, хьо санна догц1ена, бакъонна шен са а д1алурдолуш. Банина иштта накъостий карабо. Иза йоккхае царах, церан ойланех. Жимчохь шена бабас дийцина туьйранаш бакъ хиллий кхета иза, оцу туьйранан турпалхошца бусту цо, дуьххьара «Пхьармате» еъча, шена бевзина хилла яздархой: «Пхьарматан куьйгалхо Ахмадов Муса вара. Мел къаьхьа делахь а, бакъдерг д1ааларца билгалваьлла вара и. «Ловзарш» х1ун ю а ца хаьара цунна. Кхоллараллин стаг иштта хила а везара. Суна Мусас 1амийра, т1еч1аг1бира сан дагчохь бабас шен дийцаршца кхоьллина лаьмнашка, б1аьвнашка безам. Мусас кхиа серлабаьккхира и.
Со йоккхайина а ца йолура. Сан дог дозаллех дуьзира х1ара дешнаш хезча:

Вежарий, дуьйлало, некъ бу вайн хьалха,
К1адъелла хир ага техкина нана,
Хан хилла вайн довла дайн, дедайн пхьалг1а,
Керлачу г1ирсашца шира б1ов ага!…

Цу дешнашца даг чу вижира г1айг1ане, хаза куц-кеп долуш волу Абдулаев Леча.
Нохчийчохь хаза мехкарел, к1айчу 1ахарел сов, оьзда, лекха къонахий а хилла хиларх тешийра со Бексултанов Мусас. Тешийра диканах, хазаллех, ц1еналлех. Мусас кура хила 1амайора нохчийн йо1, к1иллу к1ант вист ца хиллийттал кура!»
Иштта язйо «Пхьарматах» болчу шен дагалецамашкахь Гайтукаева Банас. Оцу яздархошна лерина эссе ю Банин «Илланча» ц1е йолуш. Вай лакхахь ц1е яьхначеран яздархойн кхолларалло г1о дора Банина жимчохьлера Бабин туьйранах тешам ч1аг1бан. Ша 1еха ца еллийла, туьйра бакъдеш ша яха езийлах тешна яра иза. Цуьнан д1аяхар а кху харц дуьненара иштта хилла аьлла теша лаьа. Бана яха юьсура вайн иэсехь нохчийн йо1, йиша санна, йо1ан, йишин деза декхар цо кхочушдина ша дуьненчохь мел еха, вайна масаллина яха а юьсуш.

Вайнах, №3, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх