Алиева Зарина. Бексултанов Мусан дахаран хин бердаш.

(Яздархочун 60 шо кхачарна)

Бексултанов Муса Эльмурзаевич (фамили а, ден ц1е а шениг яц, «Муса» боху ц1е йоцург: бакъйолу фамили Адамов ю, ден ц1е Мози а йолуш) вина 1954-чу шеран август беттан т1аьххьарчу к1ирнахь (кехаташ т1ехь – 1-чу июлехь), Кустанай олучу казахийн махкахь, нохчийн къам ц1ерадаьккхина итт шо даьлча. Церан доьзал, массо а бохург санна, 1957-чу шарахь бирзина Нохчийчу ц1а, баха ховшар Олхазар-к1отарахь а долуш: ламарой шайн хиллачу ярташка – лам чу хьала ца бохуьйту, уьш 1едалан харцонна – обаргаш а хилла – дуьхьалбовларна кхоьруш. Олхазар-к1отарара юккъера ишкол 1972-чу шарахь чекхйоккху Мусас, оццу шарахь Нохч-Г1алг1айн Пачхьалкхан университете филологин факультетан къоман отделени деша а воьду.

Университет чекхъяккхар 1977-чу шарахь хуьлу. Яздан ойла жимчохь дуьйна кхоллало, пхийтта-ялхитта шераш долуш. Прозехь язйинчу еа киншкин автор ву: «Мархийн к1айн г1арг1улеш» (1985); «Юха кхана а, селхана санна» (1988); «Наггахь, сайн сагатделча» (2004); «Я хьан тухур буьйсанна хьан не1» (2004); «Сан вешин т1ехьийза йо1» (2011). Немцойн маттахь шиъ киншка араяьлла Швейцарехь. Россин яздархойн союзан декъашхо а, Нохчийн халкъан яздархо а ву Муса, иштта Россин журналистийн Союзан а, Дуьненаюкъарчу яздархойн ассоциацин – Оьрсийн Пен-центран декъашхо а волуш.
1ер-вахар Соьлжа-г1алахь а, Олхазар-к1отарахь а ду. Зудий, виъ доьзалхо а ву цуьнан: цхьа йо1, кхо к1ант. Яздар нохчийн маттахь ду. Х1ун яздар коьрта а ца лору, муха яздар бен.
Болх бар (1987-чу шарахь дуьйна схьа кху хене валлалц) «Стела1ад» ц1е йолчу берийн журналехь ду.
Балхал ч1ог1а ца дезаш – сискална хан яйар – дуьненчохь х1ума а дац, хьаьнгара елахь а – харцо йоцург.
Шен ц1арах мостаг1 а вац, къоман юкъара воцург: моттбетта нах. Дозанал арахь хилла, Швейцарехь, набахте а ца кхаьчна, кхечу къоман мотт а ца хаьа, г1азкхийн маттах кхетар бен. Ша яздархо а ца лору – шех хила лиъна яздархо: Бунин а, Пруст а, Фолкнер а санна.
Сатийсам…

– Сатийсам цхьаъ бу-кх: нохчех цкъа къам а хилла, вайх х1ора а цу къоман хьакъволу векал хилар, – шеца хиллачу къамелехь дерзош цо аьлла дешнаш.
Яздархочун-художникан дахаран некъ дуьненчохь цо яьккхинчу хенашца буьстина бац, вайна ган 1еминчу вахаран, валаран шина терахьо чулоцучу. Художникан дахар ойланашца ду, хан а, доза а, юьхь а, чаккхе йоцчу ойланашца. Кхолларалла – иза ду художникан бакъдолу дахар, шерашца юсталур йоцу ойланийн оьмар. Кхолларалла – художникан син сибат ду, цуьнан синлехамийн, синхаамийн маршо.
Яздархочух а, яздархочун кхоллараллах а дийца ницкъ берг яздархочун дош ду, ткъа вайна, дешархошна, ладег1ар ду, ойла сема латтор.

Шен кхоллараллехь «Дахар» ц1е йолу цхьа дийцар яздан сатийсам болчу яздархочун Бексултанов Мусан и сатийсам кхочушхиларан тоьшалла ду цуьнан повесташ, дийцарш, хьаьркаш, эссеш а. Бексултанов Мусан ерриг кхолларалла цхьа дийцар ду: «шена чохь со а, шу а, х1ара дуьне а – б1ешеран цхьа м1аьрго, м1аьргона чохь б1ешо а» долуш.

Нохчийн прозехь дийцаран керла кеп юкъаялорца, жанрийн башхаллашца, шен хат1ца къаьсташ ю Мусан проза. Цо язъешйолу жанр проза аьлла билгалъяккхахь а, амма иза ша «прозаични» бохучунна ч1ог1а генара ву шен дахаре болчу хьежамашца а. Цунна т1етоьвжина, искусствехь уггар лакхара т1ег1а музыка а, поэзи а ша лоруш хиларна, Мусас шен проза исбаьхьаллица, яздаран шатайпаналлица, поэтикица, дешан мукъам ларбарца гергаялийна поэзина. Цуьнан муьлхха а дийцар, доккха, жима бен а доцуш, я повесть мукъам болуш ю. Исбаьхьаллин произведени ца йийцича а, публицистикехь цо язъеш йолу статьяшкахь а, интервьюшкахь а, дешан хазалла хаало. Амма и хазалла – хазалла лоьхуш, хаза ала г1ертарца, хаза дешнаш лоьхуш кхоллалуш яц цуьнан. Х1ора дош шен-шен меттахь долуш, х1ора дош сюжет йолуш хиларна ша-шаха кхоллалуш йолу хазалла ю – дешан ч1аг1аллица, цу дашо дохьучу бакъдолчуьнца. Кхузахь аргентинийн яздархочо Борхеса Кортасаран дийцарех аьлларг дало лаьа: «Кортасаран дийцарийн сюжет юхайийца йишйоцуш ю, х1унда аьлча цуьнан х1ора дош шен-шен меттахь, коьрта ду, цхьа дош дицделла юкъарадалахь а, хьо кхета, уггар коьртаниг хьан алаза диснийла». Иштта Мусан произведенешкахь а коьрта х1ора а дош ду, цу дешнаша кхуллуш болу т1е1аткъаме ницкъ а. Нохчийн исбаьхьаллин дашна х1оллам бу Мусан проза.

«Дикачу яздархочун произведенехь са а, къинхетам а, абаде а цхьаьна хуьлу, оцу цхьана произведенехь гайтина, цу кхаа х1уманца нийсса гойтуш синх1оттам а болуш».
Муса гуттар лехамехь ву, карийнчух тоам ца хуьлуш, керла, керла йозанан некъаш лоьхуш, меттан таронаш шоръеш, дош дашца луьттуш, лаца йиш йоцу исбаьхьаллин м1аьрго шен йозанашкахь сацаеш. Мусан произведенеш тайп-тайпанчу хот1ехь язйина ю – психологин, фантасмагорин, лирикин а.
Бексултанов Муса кхоллараллин лакхе – иза хазалла ю, цуьнан 1алашо хазаллин къайле ястар, дешархо хазаллина герга вигар, юха гергакхаьчча, даима «хазалло кхуллучу г1айг1анехь» йийсарехь висар. Мукъаме дирзинчу исбаьхьаллин дашо кхуллуш йолу хазалла хаало цуьнан кхоллараллехь, дош маь1не, к1орге йолуш хиларна. Стаг ша-шега верзо, шен сине ладог1а, ша мила ву, х1унда веана кху дуьненчу, ша-шех кхета 1амаво Мусан произведенеша. Х1ан-х1а, 1ама ца во, хьехарш ца до, Мусас, амма даима хьоьца даха дуьсу-кх цуьнан х1ора дош, хьо адам дуйла, са а, дог а долуш, хьуна хьуо виц ца волуьйтуш.

Бексултанов Мусан кхоллараллин хьоста – иза Нохчийчоь ю, цуьнан баланаш, лазамаш, эшамаш, толамаш а. Мусана Нохчийчоь, цуьнан истори йовзар ширчу тептаршкара дац. Бексултанов Мусана Нохчийчоь – ша схьаваьлла доьзал бу, цуьнан да, денда, ворх1е да, муьлххачу доьналлин нохчочун санна, церан нисбелла декъаза кхолламаш а. Мусан «Дахаран хин генара бердаш» повесть, х1ора нохчочунна дахаран 1амат хила йог1у, нохчалла бохург х1ун ду, дуьненчохь сий долуш чекх муха вала веза, дуьненчохь муьлхачу декхаршца ваха веза, х1ун 1алашонаш х1итто еза шена хьалха: « И Хьенех дика къонаха ву шуна, – олура цо тхоьга кхано, – иза ларалаш, цу юьртахула шаьш нисделча, чу х1отталаш иза волчу: дика къонаххий, дика динний баьлла меттиг лийрина шуна вайн дайша, – олий. – Ден ц1е яьккхина ца 1аш, мехкан ц1е а йолу шуна дика къонаха кхиъча: Зусойн Дуйн 1ума, Эвтархойн Ахьмад, Харачойн Зеламха, Мартанхойн Исмайлин Дуда, Шелахойн Т1елхаг… И меттигаш лара а еза шуна, и къонахий дийна болуш санна. Нехан сий дар – шен сий дар ду шуна, нехан ц1е ларар –г1иллакхан хьукма а долуш. И нах дийна а болуш, ша царна гуш санна ваха веза шуна къонаха, дерриг а х1ума цаьрца дуьстина, церан когийн лар а гуш. Яхь цигара схьа хила еза, цара дитинчу г1иллакхашца. Шен махкахь бен къонаха а ца кхуьу шуна». («Дахаран хин генара бердаш» повесть)

Бераллехь дуьйна ден масалш т1ехь, цуьнан хьехарш т1ехь кхиина волчу Бексултанов Мусан кхоллараллин турпалхой бу шатайпа, доьналлин амалшца къаьсташ болу нах. Церан 1алашо дуьненчохь шен ц1е йита езар ду, стаг ша велча а, дийна юьсур йолу ц1е: «Нехан-м дашо раьг1наш хилахьара, къонах боху дош дуьсийла-кх сох даха». Шайн белшаш т1ехь дуьне латтийна болу къонахий биц ца болуьйту Мусас шен произведенешкахь. Церан турпаллаллин васташ кхуллуш, церан доьналлин некъаш карладохуш, даима вайн иэсехь баха буьсу уьш: Торг1а, Б1ахо, 1аьзим, Овтархан Юсуп, Элдарха, Керим, кхин дуккха а.

«Къолам буьххье къам а, мохк а тарбина» воллучу Бексултанов Мусана дика го шен къоман синкхетамехь хийцалушйолу мехаллаш. Цуьнан кхоллараллехь коьрта тема хилла лаьтташ ю, халкъ шен бух т1ера даьлла, эзар шерашкахь кхиийначу амалшна т1ера хердалар. Шен произведенешкахь церан бахьанаш дуьйцу цо. Генна историн хиламашка дуьгий, т1аккха таханлерачу заманан васташца, вайн къоман юккъехь муьлххачу заманахь хилларг, лар йоцуш довш доций гойту Мусас. Уггар коьрта бахьана къам шен бух т1ера далар – иза дешан мах лахбаларна, дешан бакъо хьаьнг-хьаьнга а ерзарна, дош ловзадаккхарна т1ера долалуш хилар дуьйцу Мусас.

«Маржа я1, маржа, халкъан доцу г1иллакхаш хилла те цу наха схьакхехьнарш, я халкъан йоцу амал латтийна-те болатах яхчош, собарца юттуш, х1ара дуьне кхоьлличхьана кху махкахь шаьш дехаш, коьртан сий бен кхин 1алашо ца лоруш, мехкан маршо бен кхин декхар ца хеташ, т1ерачу Далла бен суждане ца боьлхуш, дуьненчохь шаьш яьккхинчу к1еззигчу ханна дуьне мел лаьтта шайх дийца дош дуьтуш д1аихначу къонахаша хьанна бохуш дитина те шайн сийх, йохьах доьттина долу и кортош кура ламанаш, мила лелийта дехкина те шайн г1иллакхашца дуьне дузуш, шордина хилла маьрша некъаш, мила кхион дитина те: «Цхьана къонахчун меха дуьне а ца кхочу», – боху, шайн мах шаьш хадийна долу хала весет!..»

Муьлххачу заманахь а, мел къизачу юкъараллин системехь, оцу юкъараллин гураш, дозанаш дохош б1еннах цхьаъ волу, эзарнах къаьсташ шен «юьхь», ойла, хьежам хиларца, дахарна к1ел ца вуьсуш, шен амалх ца вухуш, дахаран ерриг трагизм ша-шеца ловш чекхволу иза. Г1ело шен амалх ца юлуьйту цо, шена т1ехь цуьнга толам ца боккхуьйту, мелхо а, г1елоно ницкъ ло къийса, толам гуш бацахь а, бекхам бан. Толам коьрта ца лору оцу турпалхочо я толаме са а ца туьйсу; коьрта ша мила ву хаар, шен са хаадалар, ша-шех тешар, гондахьа д1аса а ца хьоьжуш, орцане ла а ца доьг1уш, цхьана амалца чекхвалар, иза бен кхин толам ца хеташ. Бексултанов Мусан дешнашца аьлча, шен «эхьан эла хилла висар» бу цу турпалхочун толам.

Вайн къоман ментальни, культурогенни амал гучуйоккху автора шен турпалхойн васташкахь. Яздархочун 1алашонех коьртачех хета заманан а, цу заман адамийн а сурт дитар, дуьненчохь адамаш мел деха, гуттар а диллина лаьттар ду хаттар: «Со мила ву?» Цу хаттарна жоп луш ю Мусан произведенеш.
Ширачу заманахь дуьйна, т1ебог1учу ницкъана дуьхьало еш, гуттар къийсамехь даха дезаш хилла вайн къам, шен ницкъана, доьналлина т1етийжаш, гондхьара г1о а ца лоьхуш. Доьналла зуьйш, доьналлица хьалхе яккхар сийлахь долуш, доьналлин шатайпа культ кхоьллина хилла къаьсттина кавказхойн къаьмнаша, цунна масал ду халкъан фольклор, иллийн эпос. «Лечу сохьтахь цхьа узар бан а бакъо ца лучу г1иллакхо», – боху амал а цигара ю, доьналло кхиинчу г1иллакхера. Цхьа леткъам боцуш, узар, карзахалла. Т1ебеанчу баланаша, вонаша амал зуьйш хилла, къийсам латто чахчош. Цхьана заманчохь къоман дин хилла лаьттинчу оцу г1иллакхаша кхоьллина и шатайпа доьналлин амалш.

Бексултанов Мусана и амалш герга хилар гучудолу цуьнан ерриг кхоллараллехь. Шен турпалхойх лаьцна иштта яздо Мусас: «И турпалхой сан ойлано кхоьллина бац, уьш шайн тайпа а долуш, хилла болу нах бу. Торг1а а, Овтархан Юсуп а сан дас вийцина суна. Керимах дерг Моьсаган Бисанас нахе дийцинчуьра хезна ду. Шайн эхьан хаттарна – кханенаш а ца йоьхкуш, – хаттар х1оьттинчу м1аьргона жоп луш хилла болу нах бу ас буьйцурш. Уьш дукха а ца хуьлу. Цара йоккхуьйту къоман ц1е, уьш бахьанехь девзаш а хуьлу къам гонахарчу мехкашкахь. Церан дахаран масалш б1ешерашца деха, Адин Сурхон а, Мадин Жаьммирзин а, Таймин Бийболтан а, Харачойн Зелимхин, Ахьматхан Ичин а, З1окин Хазин а, Т1уьшан Воварган а, Дерказан Джокъалан а санна. 1ожаллин букъа т1е ког лийзина нах бу уьш, шайн эхь шайх ца кхардийта».
Тахана вайна масалш оьшу, тхо а хилла ала к1езиг ду, тхо а ду ала бух беза вайна. И бух вайн хилар тоьшалла ду Мусан произведенеш.

Х1ора заманахь ваьлла цхьаъ, вер ву, цу цхьаннах дусту вайн дийнна къам а, халкъан иэсехь вуьсучух къоман ц1е а йолуш. Цу цхьаннах, къомах къам дечух ю Бексултанов Мусан ерриг аьлча санна кхолларалла.
Йоккхачу повесть т1ера масех мог1анех лаьтташ йолчу хьаьркашна т1е кхаччалц дерриг ду яздархочун кхоллараллехь: дуьне а, абаде а; гушдерг а, гушдоцург а; зама а, къам а; къоман бакъйолу амалш а, къонахийн васташ а, – и дерриге а цхьаьна ца хилча хила йиш йоцу мохк а.

Вайнах, №7, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх