Алиева Асет. Стихаш.

Алиева Асет22Алиева Асет йина 1986 шарахь. Дешна Теркйистерчу к1оштан Ч1уьлга-юртара юккъарчу ишколехь. 2011 шарахь Краснодарехь чекхъяьккхина Кубански пачхьалкхан политихнически университет. Ишколахь дуьйна стихаш язйеш ю нохчийн а, оьрсийн а маттахь.

Дехар

Хьажахь, сан б1аьргашчохь ирс!
Дийцийтахь даггара соьга.
Алахьа, х1ун оьшу кхин,
Хилча хьо дуьненан меха?

Хьан даг т1е боьду некъ аьхна,
Буьллур бу безамца сайн.
Со хьуна ирс дохьуш еъна,
Т1е лацахь – безаман лай.

Малх г1аттале г1отту сан дог,
Ас сайна хьо Деле воьхуш.
Боьху ас вайшинан барт,
Хир бац техь вайн кхоллам, бохуш.

Сан кийрахь кхиъна безам,
Тоьар бу вайшинна бекъа.
Ма яккха ахь хьайха со,
Хьайна со жима а эшахь.

Везарна ас даггара олу:
Дахар сан хьайчуьнца ийна!
Алахьа хьо х1ун да волу
Деттало дог сан сацийна?

Безаман 1ожалла

Х1ора х1уманан шен хан ю, аьлла.
Кхечи вайн безаман 1ожалла, аьлла…
Къаьхьа кхаъ баьккхина сан дог ахь аьтта,
Цунах со цец ялла ёсуо йолчехь лаьтта.

Хьо воьду безамна букъ тухуш шийла,
Хьайна т1ехь хьажначохь со юьтуш г1ийла.
Д1а г1о, ас «маьрша некъ…» хуьлийла аьлла,
Елахь а сан хьога оьг1азло мелла.

Х1ун дийр ду, ца хилла соь бахна безам,
Хьан дагчу боьссина массо а ханна.
Замано байбер бу кийрара бала,
Мега со мацца цкъа к1инт1ера яла.

Къастар

Мелла а дицлур ду хьан амат суна –
Уьдучу деноша д1ахьур ду шайца.
Г1ийла ас йина ойланаш хьуна,
Безаман мукъамца юьссур ю соьца.

Ма холча х1оьтти со хьох къаста езна,
Дац сунна дуьненчохь хьо воцуш дахар.
Оццул вай хилча вовшашна дезна
Х1унда ца карий-те безамна дарба?

Диси вай вовшашна т1е дина некъаш.
Мерзачу безамца вайн даьгна дегнаш…
Луш болчу хьехамех, кегийчарна дийца
Туьйра бен ца дуьссуш д1адели х1инца.

Вайнах, №3, 2014.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх