Алиев Мохьмад. Диц ца делла дика.

Дийцар

1994 шарахь баьллачу т1амах мохк меттабеъна а балале, юха а чу т1ом беъна бала хьаьрчина б1аьрзе дара адам. Цхьаъ шен к1антана, важ йо1ана, вуьйш доьзалшна белха дезаш нислора церан. Амма, х1ара дуьне кхоьлличхьана халонаш лан 1емина долу нохчийн къам, кхиндолчу къаьмнашна ша доьхна ца гойтуш, доьналлех ца духуш, и баланаш кийрахь а къуьйлуш, хене долуш дара. Ишттачех яра Зайнап а, цуьнан доьзал а.
Т1амах вадийна ша д1авахийтинчу к1антана сагатлуш, б1аьргех оьгу хиш наггахь йовлакхан т1ам хьокхий д1а а дохуш, уьйт1ахь нуй хьокхучу Зайнапана: «Нана, нана, г1о дехьа!» – бохуш, оьрсийн маттахь цхьаъ кхойкхуш хийтира. Юха а: «Нана, со кхузахь ву, г1о дехьа суна». Аз шена хезначу юха а д1ахьоьжуш лаьттачу Зайнапана гира, шайн хьаьжк1аш чуюхкучу дона к1еллахь воьжна, вериге ц1ийх вуьзна оьрсийн салти.
Т1еяха ца яхьаш ехха лаьттира Зайнап. «Нана, г1о дехьа!» – олуш, кхетамчуьра велира саьлти. Эххар а едда т1еяхна д1асатуьйхира и Зайнапа. Садоь1уш хезара, амма кхетамчохь вацара – ч1ог1а лазийна волчух тера дара. Д1акарчийна аркъал карчийра и Зайнапа – г1ийла узам беш хезара. Г1айг1ане елира зуда: «Йо сан Дела, х1окхунна х1ун дан деза-те оха, оьрсий болчу дахна х1ара кхузахь ву алахь, стенна а тхо бехке дан сахьт дац, мичара вели-те хьо тхан декъазчу кортошна, хьуна х1ун дан деза оха?». Ц1еххьана шен шийтта шо кхаьчна волчу к1антах, Исламах, б1аьрг кхетта:
– Т1еда горгам яхьа, Ислам! – аьлла мохь туьйхира Зайнапа.

Салтичун юьхь ц1анйира к1анта. Цул т1аьхьа шаьшшинна хьалха х1оьттинчу суьртах цецъяьлла сецира Зайнап. «Хьо-м бер ма ду, юьхь т1е чо а балаза. Дала х1аллак бойла, наношна юххера а дохуш, шу кхуза схьахьежориш!» – ойлане яьлла салтичунна юххе охьалахъелира Зайнап. Жимма хиъна 1ийра иза. «Дера со иштта 1арх г1уллакх хир ду моьттуш ма яц со», – аьлла, шен к1анте г1о а дойтуш, салти такхийна чувигира цаьршиммо.
Кхоно, шаьшиъ парг1атдаьлча, Ислама хаьттира:
– Нана, чу х1унда валийна вайшиммо х1ара? Вайна дика болх хир буй-те х1ара бахьанехь?!
– Вай, Ислам, салти велахь а, адам ма ду х1ара, лазийна а ву. Берх1ийтта шо делахь кхин хан хир йоцуш, бер ду-кх. Вайшиммо к1елхьара ваккха веза х1ара.

Кхин нене хеттарш дан ца х1оьттира к1ант. Чевнаш ц1ан а йина, кисанца д1айихкира Зайнапа. Ша и болх бина яьлча ойлане яьлла охьахиира иза. Ойлане яьккхинарг ц1а веъча ц1ийнадас х1ун эр ду цахаар дара.
Суьйранна, уьйт1ахь цхьацца деш йоллуш х1ара а йолуш, ц1а кхечира кхуьнан х1усамда Зайнди.
Зайнди даима г1ийла, миска, хьанал сискал йиъна стаг вара. Колхозехь трактор т1ехь къахьегна вара иза ша ишкол чекхъяьккхичхьана. Дика болх беш ву бохуш ц1е йоккхуш хилла а вара. Ша ваханчохь дика гайтарна, т1аьхьа ладег1а ца оьшуш къахьегарна, хийла совг1аташ дина а вара 1едало. Иштта масийтта трактор а хийцинера цо, дика болх барна. Т1аьххьара трактор колхоз йоьхначул т1аьхьа, кхечара санна, цкъачунна аьлла, ц1а ялийра цо. Амма т1ом болабелча зачисткаш еш баьхкинчу оьрсийн т1емалоша ц1е тесна ягийра. Лулахой дика ца хьаьвзинехь х1усамаш а ягор йолуш яара.
Цхьаъ ала лууш санна д1асахьийзаш шен зуда а гина:
– Х1умма-м ца хилла, хьо ма йоьхна ю? – хаьттира Зайндис.
– Стаг, цхьана минотана охьахаий ладог1ахьа соьга!

– Зуда, ахь х1ун леладо, хьуна х1ун хилла, Ибрех1имах х1умма-м дац? – аьлла, шен Воронежехь волчу к1антах цхьаъ ду моьттуш вуьйхира Зайнди.
– Цуьнах х1ума дац, – аьлла, шена салти карор, и чохь хилар хаийтира Зайнапа. К1антах сингаттам болуш х1ума доций хиъча, дехьа ваьлла шен тракторах йогуш дисинчу аьчкашна т1е охьахиира Зайнди. Т1аккха, жимма ойла а йина элира:
– Х1ун дийр ду, Дала кхоьллина адам ду-кха иза, г1о ца дича дер дуй цунна. Амма и х1окху чохь вуй хаийта мегар дац цхьанна а, Ислам а ч1аг1ве, – аьлла, салти волчу чу вахара Зайнди. Цо шена дов дарна кхоьруш йолу Зайнап парг1атъелира.
Шина дийнахь метта ца вог1уш наб йира салтичо. Цхьана дийнахь уьйт1ахь цхьаъ деш йоллучу нене, чуйолахь, аьлла кхайкхира Ислам – метта а веъна, хала дахь а, къамел деш вара салти.
– Тхойшиъ-м къамелаш деш 1аш ву, х1ара-м генара а ца хилла, – элира Ислама. Оьрси Ростов-г1алара хиллера, ши бутт хьалха салтичун декхарш кхочушдан валийна.
– Хьуна х1ун хиллера, хьо мичахь лазийна? – хеттарш дан елира Зайнап.
– Тхо машен т1ехь шун эвла йистехь йолчу базара дахнера, хьаькамех левчкъина. Тхан шофер со санна жима стаг вара. Цхьацца х1ума а эцна вухавог1уш, некъо голатухучохь иза гал а ваьлла, машен бердах яхара. Со меттавеъча Сергей велла вара… цхьаьна валийна вара тхойшиъ армех.

– Ткъа хьо цигара д1а х1унда вахара, хьо лоьхуш хир ма ву хьан накъосташа?
– Хаьа сунна… шун наха верна кхерара со, шу ч1ог1а боьха къам ду бохуш дуьйцуш хезнера суна, со ц1ахь волуш.
– Нана, и машен чу яханчу дийнахь дукха эскар дар-кха цигахь, нехан керташкахула а лелаш бар-кх уьш, х1ара лоьхуш хилла-кх цара, – аьлла, цаьршимма дечу къамелана юкъаиккхира Ислам.
– Муха ду тхо, бакъ дуй хьуна хезнарг?
– Цунах-м со цкъа ца тешара, дерриге къам бехке хуьлийла ма дац.
– Ц1е х1ун ю хьан?
– Сан ц1е Алексей ю, Нестеров фамили а ю сан, со Ростов-г1алара ву.
– Нана, вайн Ибрех1иман хеннара хир ву-кха х1ара!

– Дера ву Ислам, цуьнан хеннара ву-кх! – аьлла, Зайнапан б1аьргаш т1унделира.
– Хьан б1аьргаш чу хиш ма х1иттина, хьуна х1ун хилла? – цхьаъ хилла моьттуш воьхна хаьттира Алексейс.
– Хьан хеннара к1ант ву сан а. Воронежехь 1аш йиша ю сан, ткъа шо ду и цигахь шен доьзалца 1аш йолу. Т1амах к1елхьара ваьккхина, цига д1а вахийтина ас иза.
– Ткъа ц1ийнада мичахь ву хьан?
– Ден ваша ву цуьнан цомгуш, цуьнгара хьал хаа вахна иза, хьоьга хьожуш верг иза ву, Ислама г1о до цунна.
– К1ант Воронежехула д1а х1унда вахийтина? Ц1ахь вита ца мегара?
– Мел хан ю бахара, Алексей, ахь хьой Нохчийчохь волу?
– Ши бутт.
– Т1аккха хьуна х1умма хуьийла дац.

– Х1ун хаа дезара суна?
– Хьайна хуур ду хьуна т1аьхьуо, – аьлла, жимма ойла а йина, Зайнапа хаьттира:
– Зачисткаш йо олуш хезний хьуна?
– Хезна, делахь а, х1инца а цу юкъахь хилла-м вац со.
– Зачистка йо аьлла эскар чу даьржира тхан юьрта. Кегий нах д1алахьийра цара. Цаьрца сайниг а вигира д1а. Д1абигна кхо де даьлча, буьйсанна итт сахьт долуш не1 туьйхира. Аса не1 йиллича, суна гинарг ма гойла-кха цхьана а нанна – не1арехь лаьтташ сан к1ант вара, к1ант аьлча а, цхьа са дар-кх: йиттина, верриг 1аржвина. Шаьш мичахь хилла а, хьан хьийзина а ца хаара цунна. Оцу кхаа дийнахь я кхалла х1ума, я мала хи а, ца делла бохура шайна.
– Ткъа ц1а муха веънера иза? – хаьттира Алексейс, Зайнапа дуьйцучух цецваьлла.
– Машенаш т1ехь, буса цхьанхьа дигна, охьадехкина бохура шаьш, коьртах х1умнаш а йоьхкина; машенийн, адамийн г1овг1анаш севцача, коьртара х1умнаш д1аяьхча, кху юьрта йистехь хиллера уьш. Иштта ц1а веанера сан к1ант. Уьшша-м ирс долуш хилла, дукха бу цара д1а а буьгий т1епаза бойуш берш. Т1аккха кхераделла Воронеже д1авахийтира оха иза.
Ойлане ваьлла 1ара салти. Дикка вист ца хуьлуш а 1ийна, элира цо: «Х1унда лела-те дуьненахь иштта харцо?»
– Дера хаац, Алексей, суна-м, тхан къомана т1ехь сих-сиха лелайо х1ара харцонаш.

Зайнапа дийцира нохчийн къам 1944-чу шарахь дохийна дигарх а, цара хьегначух а. Т1аккха ц1еххьана хьалаиккхина:
– Алексей, ахь сада1а, арахь суьйре ю, сан даьхни ду чудерзо дезаш, – аьлла, Зайнап ара елира.

Цхьана суьйранна шен г1уллакхаш дина а яьлла, чуеъначу Зайнапана ойлане ваьлла карийра Алексей – ши к1ира дара Зайнапаг1ар иза кхобуш волу.
– Ас йовхха, х1инцца яьккхина шура еъна хьуна мала. Дег1ана ницкъ лур бу хьуна х1окхо, д1амалал х1ара. Т1аккха хьайна хилларг а дуьйцур ду ахь.
Вела а къежна, шура д1амелира к1анта.
– Х1ун хилла хьуна, дийцал х1инца?
– Нана, со д1аваха веза, со кху чохь вуй хаахь, шуна дика болх хир бац.
– Хьо х1инца а г1оле ваьлла ма вац, цхьа ши де даьлча вуьгур ву хьо!
– Х1ан-х1а, шун г1уллакх галдаккха ца лаьа суна, иштта а со бахьанехь боккхачу кхерам к1еллахь 1ийна шу. Д1аваха веза со!
– Дика ду делахь, оха хьо д1авуьгур ву, амма цхьа дехар ду сан хьоьга – хьо мичахь хилла, хьаьнгахь хилла ма дийцахьара ахь!
– Вай, шуна доккха баркалла эр ма ду сан хьаькамаша!

– Ца оьшу, дика болх хир бац цунах, сан жима к1ант ву, ц1ийнада ву, кхоьру со.
– Дика ду делахь, дуьйцур дац ас, – дош делира салтичо. Оцу буса Зайндис д1авигира иза. «Хьо мичахь вара?» – бохуш, шега мел ч1ог1а хеттарх, цо ца йийцира ша хилла меттиг. «Машен бердах яханчул т1аьхьа, сайх хилларг ца хууш, тилкхаз ваьлла хьуьнчухула лелла, суна со мичахула лелла а ца хаьа»,– иштта дара Алексейн жоп.

Цул т1аьхьа пхи шо даьлча цомгуш а хилла, Зайнап кхечира Ростов-г1аларчу больнице. Цига йигале Нохчийчохь дукха ядийна лелийра и Зайндис. Дохийна некъаш, ярташ, г1аланаш, аьтта мохк, йохийна яра дукхох йолу больницаш а, болх беш йолчохь а дарбанаш дацара, ткъа лоьраш банне а бацара, жимма кхеташ берш кхечу г1аланашка д1а а бахна, болх беш, шайн доьзалшца д1атарбеллера.
Зайнапана оьшуш долу дарбанаш доцуш дара Ростовера больницехь болчу лоьрийн а, карийча а дукха мах бара церан. Г1ийлачу ойланца, мел хан йисна-те сан, бохуш 1ара Зайнап. «Духалург даьккхина а, иштта ца нислахь, ц1енош доьхкина а, суна хьо ерзон дуьне-даьхни карор ду», – аьлла ц1а вахна Зайнди а хьевеллера.
Зайнапан лулахо яра юххерчу маьнги т1ехь, Лидия Васильевна ц1е йолуш цхьа оьрсийн зуда. Цо дуьйцура: «Сан к1ант 1ийна Нохчийчохь, яккхийн харцонаш ю бохура цо шун къомана т1ехь лелориш!» Оцу къамеле ла а доьг1уш, не1аре хьоьжуш 1аш Зайнап а йолуш: «Де дика дойла шун!» – аьлла, чувелира лекхачу дег1ахь волу тайна жима стаг.

– Мама, хьо муха ю, г1олехь юй хьо? – бохуш, бер санна т1е куьг а хьоькхуш, шен нана хьоьстура оцу къонахчо.
– Хьо а муха ю, г1олехь юй хьо? – аьлла, Зайнапе хьаьжча, т1е вог1авеллачохь висира к1ант. Зайнап эхь хетта д1айирзира. Сих-сиха юха а Зайнапе хьожура иза. Цхьа хан яьлча, хьалаг1аьттина, Зайнапана т1е а х1оьттина, сецира к1ант. Цецъяьлла шен к1анта лелочух ца кхеташ 1ара Лидия Васильевна а. Ц1еххьана гора а вужуш: «Нана, хьо яц х1ара, хьуна х1ун хилла, хьо ма г1ийла ю?» – аьлла, Зайнап мара а йоьллина вилхира жима стаг. Зайнап цецъяьлла 1ара цо лелочух.
– Нана, со ца вевза хьуна? – вуьйхира к1ант.
– Алексей… – аьлла, коьртах куьг а хьаькхна, мела ладарш хилла охьахьаьвдира Зайнапан б1аьргех хиш – йоьлхура нохчийн нана а, оьрсийн к1ант а. Цаьршиммо лелочух кхетта, йоьлхура Лидия Васильевна а.
– Мама, со к1елхьара ваьккхина сан нохчийн нана х1ара ма ю! – элира Алексейс.
Хьала а г1аьттина, Зайнапана хьалха гора а южуш, шен к1ант к1елхьара ваккхарна баркалла олуш корта та1ийра Лидия Васильевнас, шайн 1адатехь дог1уш ма-хиллара.
– Аш х1ун леладо… Лидия Васильевна, мегар ма дац иштта, – бохуш йоьхна хьийзара Зайнап. Дукха къамелаш деш 1ийра уьш. Алексейс дийцира ша Зайнапаг1ар лоьхуш дукха кехаташ яздар, амма цхьана тайпанара жоп доцуш ша виссар а. Зайнапа шайга цхьа а кехат ца деанийла хаийтира.

Т1аккха Зайнапа дийцира:
– Сан майра сих-сиха хьо гур вац-те олий, воьдура шу 1ийначу, амма хьох хилларг ца хууш дисира тхо, хьох дерг хатта а ца даьхьара.
– Шуна сох хилларг хуьийла а дацара, аш д1а ма виггинехь, со Хан-Кала охьавигира, кхид1а йолу хан цигахь чекхъелира сан.
Зайнапана хиира, шен йоккха фирма а йолуш, дозанал арахьа йохка-эцарца лелош юкъаметтигаш а йолуш, наха лара а лоруш Алексейх къонаха хилла хилар.
– Ас миччара даийтина а хьуна дарба дойтур ду, шек ма яла хьо сан шолг1а нана! – бохуш, тешаллаш дора оьрсийн к1анта.
– Ца оьшу сан к1ант, сан дукха хан ца йисна, – аьлла, йилхира Зайнап.
– Хьо елха ма елха, со хье ца луш схьавог1у хьуна.

Цхьа-ши сахьт даьлча, массо а тайпана даарш, ткъа иштта зезагаш дохьуш вухавеара иза. Жимма луьйш-олуш 1ийна: «Со х1инца сиха ву балхана, кхана вухавог1ур ву со», – аьлла, д1авахара Алексей.
Дукха хан ялале чувеъначу лоьро хаийтира: «Оьшу дарбанаш схьакхача дезаш ду, долу меттиг карийна, шек ма яла, хелха а юьйлуш д1аг1ур ю хьо».
– Гой хьуна, Зайнап, дика нах х1инца а болуш бу, хьо догдиллина 1аш яра! – элира Лидия Васильевнас.
– И дика стаг мила ву-м хаьара суна, дукха ахча делла хир ма ду Алексейс.

– Х1умма а дац, ахь шена дина г1уллакх диц ца дина цо! Вон дера дара хьо шена ца евзаш санна иза 1ад1ийнахьара. Ткъа суна и т1аьхьо хиъча стаг хетар вацара, цул т1аьхьа хьалхалера к1ант а хир вацара цуьнах суна. Цхьаъ бен воцуш, т1ехь да а воцуш, иштта хир вацар-те бохуш, хала кхиийра ас иза, со тахна йоккхаюьйш ю иштта и волуш, суна тахна хии айса дика к1ант кхиийнийла. Нанас шен доьзалхо хестош товш-м дацара, массо х1уманна хьо теш йолу дела боху ас, бехк ма биллалахь суна Зайнап.
– Бехк-м хьаха ца буьллура ас хьуна, со йоккхаюьй шуьшиннех, сайниш а хир бац-те иштта дика к1ентий.
Дарбанаш схьа а кхаьчна, уьш лелийча тоелира Зайнап. Больницера араяьлча, т1аьхьавеъна Ислам, Ибрех1им, ц1ийнада Зайнди – уьш ша волчу д1абигна, к1ирнах ц1а ца бохуьйтуш хьошалла лелийра Алексейс.
Амма дог Нохчийчу ц1а г1ертара Зайнапан. «Сих-сиха дог1ур ду, гергарло а лелор ду», – аьлла, дош даьккхира Алексейс цаьргара.

Ц1а бог1у некъ бахбеллера Зайнапана. Вагонан коре а х1оьттина, ойланаш еш йог1учу цунна ша цомгуш хилчахьана, шен коьрте хьийзина ойланаш карлаевлира. «Хастам бу-кх хьуна, Везан Дела, дог диллинера-кх ас сайха, г1оди-кха Ахь, тесна ца йити-кх Ахь со!», – бохуш, ша тояларх йоккхаюьйш, охьайижа аларх охьа ца юьжуш, Зайнап лаьтта коран серло т1аьхь-т1аьхьа г1еллуш, ц1ерпошто гена йоккхуш, Нохчийчу бог1учу новкъахь д1аяйра.

Вайнах, №12, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх