Альбика Батаева. Зама.

Зама

Йиц ма лолахь, зама, йиц ма лолахь,
Со ца гича сагатлундерш бацахь,
Гал ца йоккхуш, сан ойланех иэ.
Со 1ехаяй, сох белам ма белахь.
Со йиц а яй генна д1а ма г1олахь,
Соьра болуш жимма а пайда бацахь,
Ас болийнчу некъан йисте 1е.
Эрна латта хьешар, ахь ма лолахь.

Со ца кхиънарг, даза диснарг делахь,
Цахиндолчун ойла соь ма яйта, –
Дахарехь ас йина ойла елахь,
Мархалделла зезаг ден ца ло.
Готта хилла некъаш, ахь шорделахь,
Самах ца гург, г1енах ахь ма гайта,
Сан г1алатийн хьесап ахь ма делахь.
Таханлерчух тоам соьга байта.

Нохчийн мотт

Маржа я1, нохчийн мотт,
ма сий дан дезара хьан,
Эвлаяийн ц1ераш хьайн
маттахь хилча.
Бусалба динан бух хьоьца ч1аг1белча,
Махках ваьллачо хьоь орца дехча.

«Яхь» боху онда дош
хьоьца доьзна хилча,
Хьан меттан хазалло
лам башош хилча.
«Къонахий» боху ц1е
хьан маттахь хилча,
Шайх ала дош дуьтуш
дай белла хилча.

Юьртан сий бен кхин
1алашо ца лоруш,
Мехкан маршо бен кхин
декхар ца хеташ,
Т1ерачу Далла бен
суждане ца боьлхуш,
Шайн меттан сий деш,
д1аихна уьш хилча.

Тезетахь до1а до шен ненан маттахь,
Ловзаргахь дош олу
шен ненан маттахь.
Нохчочо шен амал болатах яхчош,
Хьо буьйцу даима,
г1иллакхах ца вухуш.

Т1аьххьара горгали

Дайх дисна оьзда дош, сий караэций,
Баланаш, г1айг1анаш
вовшашца екъий,
Хьарамчу рицкъанна
хьанал букъ тохий,
Чолхечу дахарх,
чекхдовла хьовсалаш.

Халкъана, махкана тешаме хилалаш,
Харц новкъа ваьллачун
юххе ма х1итталаш,
Безаман, тешаман
уьйр цхьаьнатохалаш,
Г1ийлачун, мискачун
г1о лоцуш хилалаш.

Мел яккхий халонаш
шайна т1ех1иттарх,
Оьздаллин дог1а аш даима ларделаш,
«Нохчалла» боху дош
шайн дагахь кхабалаш,
Дуьненчохь шайх ала
дика дош диталаш.

Вайнах, №6, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх