Айдамиров Абузар. КIант веллачу дийнахь

Abuzar333Дийцар

ХIун дийр дара-те адамаша, кхана шайх хиндерг хиъча?
И ца хаарна, шаьш абаде кхаччалц дехар долуш санна, гуттар тIаьхьало лоьхуш, детталуш, хьаьлхина лела-кх. Иттех де дац-кх тIехь мархин Iаьцик йоцуш санна, дог аьлча а, хIара къена жIормак, паргIат еттаелла. Иттех де хьалха ду-кх ножан хьокхий тухуш, пхонан серашца кхолха берд хьош, кож тухуш, ас хIара керт йина. ХIара йина а ваьлла, гуттар резахилла кхунна туйнаш а тийсина со чу воьдучу суьйрана, хьанна моьттура, кхана Iуьйрана, наха уггар дикачуьра хIара йоха а еш, бугIанийн ворда яллал ков доккхур ду? Хьанна моттара, оцу дийнахь сан йоккхастага юьхьар йоьлла тIехь асар даьккхина и саьрмсекхийн хас, хьешна, датийна, цIенкъа санна, шардийр ду?

ХIаъа, оцу дийнахь а декхна дара сан дог, тIехь цуьрриг марха йоцуш. Къеналла ца хьехийча. Бакъду, сих-сиха цо-м хоуьйту ша соьца юйла, кханенан мукъ шен буйнахь буйла. Куьзгана хьажа-м, дера, ца ваьхьа. Корта ма бу, детица варкъ даьккхича санна, къегина. Мацах цкъа, сой, сан йоккхастаг хIинцачул цхьа шовзткъе итт шо къона долчу хенахь, хийла йоьIан хьежар шайна тIехь сецийна сан жугIура бIаьргаш кхоьлина. Гуттар таьIна деана тогIи чу доьжна гуьйренан дохк санна. Царна тIехула лаба еш куьг лоций бен ца хьажало дуьхьал хIоьттинчуьнга. Юьхьан бос а бац цуьрриг а да воккхавевеш. Хан мел ели хебаш, яхлуш, ирлуш ю иза а. Цуьнан дерташ-м юькъа, сирачу можо дIахьулдора. Амма сан дахаран хIора де ду-кх, цхьа хьаьрк гал доцуш, кху сан лекхачу хьаьжа тIехь дIаяздина. Иза ду-кх гуттар лерина кечдеш яздинчу гIайракхан чуртах тера.

Гена яц Iожалла. Дерриге а хIор денна теш хIуьтту цунна. Амма ас иза цкъа а аьттехьа ца дуьту. Кханенга, ламенга хьовх, иттех шаре дIатоьттура. Сайн къеналла а хеназа еана лорура. Къежвала, къанвала а, вала а бахьанаш сайн дукха хилла дела. Ва-Дела аьлла, со хаъал хилчахьана дуьйна цхьаъ вукхунна тIе боьлхуш, баланаш бара суна тIе Iенаш.
ХIара вайн Советан Iедал доккхучу шерашкахь, Цоцин-юьртахь Деникинан эскарх леташ цхьана дийнахь вийра сан дай, ваший.
КIеззиг хIума дац цхьана дийнахь да а, цхьаъ бен воцу ваша а велла, гIаж санна, цхьалха висар? Вуьшта, метта охьа а вижина, Делан уьнах кхалхар ма ду ша. Ткъа и шиъ а-х вийнерий. Поп санна, зоьрталчу шина стеган декъий бугIанийн вордана а дехкина цигара суо цIагIиртина де цкъа а дицлур дац моьттура. Амма хенал воккха лор вац, ду олуш. Ша йина чевнаш хено ша ерзош ца хилча, адам хьердер ма дара. Цхьаццаерг ерзайо цо иза, йицъеш дикане а кхачавой, цхьаццаерг – кхин а кIорга кхин чов а йой, хьалхарчух гIан деш.

Суна хилларг а иза дара. ТIаьхь-тIаьхьа хуьлучу бохамийн бозаллаша кийрара дIашарбора хьалхарнаш. Кхузткъе пхийтта шаро хIун гойтур дац? Царех пхиъ дара пхийтта эзарнал деха. Балане. Гитлар боху и чагIалкх вайн махкана тIелетча тIаме вахана ший а кIант вийра сан. Цхьаъ Идалан йистехь, Талинграда уллохь, шолгIаниг – Япох леташ, дIога, гена малхбалехь, мацах, паччахьан заманахь сан ден-ваша вийначу ГIарбал ю, Харбар ю хаац суна, и цхьа цIе йолчу шахьарна уллохь.
ХIаъ, тIехIотта барз бац цаьршиннан. Шиннан а сурташ ду, белшаш тIехь эпсарийн погонаш а, хьалха ордалш, мидалш йолуш. Воккханиг вийча церан командирера деана кехат хIинца а ду. Яьллачу хено маждина шалхадиттинчухула эттIа. Шун кIант, Iалханов Iелаха, Даймохк ларбеш леташ турпала вуьйжи, аьлла.

ШолгIачух лаьцна дац ишта кехат. Хьанна хаьа, цуьнан накъосташа я командиро хIетахь ишта кехат хьажийна хила а мега. Амма тхоьга ца кхечира иза.
Оцу пхеа шарачохь кхелхира сан ши йоI а. Цхьаъ цIера араяьллий, важа – ялазий. Церан даьIахкаш а йохку генарчу лаьттахь. ГIиргIазойн лекхачу лаьмнех.
ГIаж санна, цхьа волчу цхьана кIантаца дисира сой, йоккхастаг.
КIезиг вара. «Шиъ волчун цхьаъ висина, цхьаъ хиллачун цхьа а вац», – олуш ду вайнехан. Амма охашиммо, иза тхаьшшинна витинчу Далла хастам бора. Важа виъ ваьхьначу цуьнан ницкъ ма бара цунах тхойша даккха.
ХIаъа, хан а ма ца Iай шениг дитина. КIез-кIезиг ерзош цо ерзийна тхойшиннан дегнашна хилла чевнаш. Бакъду, жимма хьакхавелча а, цхьа лазаме ов тухуш, тидаме моьнаш а дуьтуш. Масех шарахь дикка бала баьхьира йоккхастага, къайллах мелчу бIаьрхишца йоьлхуш. ТIаккха, тIаьхь-тIаьхьа нилхаделира иза а. Дийна висинчунна, хан мел ели, кIезиг дагавогIу велларг. ХIор Делан догIучу дено, уьш вовшашна гена тоттуш, цхьацца зайл туху царна юккъе. Амма. Вукху агIор дIаоьхучу оццу деноша, дийна бисинарш буьг-буьгуш хьалхарчарна тIаьхьа буьгу.

Дийна висинчо дийрриг дира ас а. ЦIа вирзича уггар хьалха ден а, вешин а кешнийн баьрзнаш тодира, раздевлла чарташ нисдира, богIучу керла хIолла хIоттийра. Юьртан кешнашка кхачале, некъан йистте, деа беран безамна чарташ а дуьйгIира. Ас сайн куьйга, цемантах доьттира, ткъа Iумхас йоза яздира царна тIехь.
Иштачу чартийн беха могIа бу цигахь. Новкъа тIехбуьйлучу наха, хуучара, уллохь совций, доIа до, ца хуучара дала гечдойла, олу. Бакъду, шо-шаре мел дели лагIлуш кIезиг хуьлу царна доIанаш дийриш а. Важа кхо дош эриш а. Валаран а, веллачун а ойла кIезга йо тIаьхь-тIаьхьа. Кху дуьненан цIога лаца гIерташ хьаьддий-веддий лела массо а. ХIинца хIара дуьйцуш воллу со уггар хьалха а волуш. Суо хаъал хилчахьана гуттар ца мацвала, ца шелвала, дуьххьал дIа аьлча, ца вала гIерташ схьаоьху со. Вала ца лаьа цкъа а, цхьа де а ваха бахьана лоьху. Цкъа сатийсира ас кIант воккха а хилла, цунна зуда а ялийна, йовш лаьтта сайн тIаьхье стамъелла де гаре. ТIаккха – винчу а вирзина, бераллехь левзинчу меттигашка, дайн кешнашка цкъа бIаьрг тоьхначул тIаьхьа велча а дацара-кх хIумма а, бохуш. Дела дика ма ву, сан Iосалле ца хьоьжу иза. Ас са мел тийсинарг хилийтира цо, амма суна хIетте а вала ца лаара. Воккхахволчу воIана зуда а ялийна, цуьнан ловзаре хьажжалц, цуьнан бер хьастталц виса лаара.

Иштта ю-кх адаман амал. Ша мел вон хьегахь а, вала ца лаьа, цхьа де а ваха деза. Дера лаьа, ша вала охьавижина велахь а, ца вала кадетта, мотт сецца велахь а, бIаьргашца орца кхойкху. Амма цхьаммо а, уггар хьалха ас тIехь, ойла ца йо, ванах, ас сайна тIе йоьхучу оцу хено суна хIун дохьур -те, хIун гойтур-те, воккхавевер-те со я велхор-те, олий. ТIаккха, оцу деноша ша гатте хьовзийча, дохковуьйлу, хIара де гале велла кху дуьненара дIавеливелира-кх ша, бохуш. Цхьа масех дийнахь. Жимма Iийча и чов йоьрзу, юха а дуьнене марзо гIотту, юха а дуьненна тIаьхьа хьоду.

Мел вонаш гинехь а, резавара со сайн дахарна. Сан дагна чевнаш-м дера йина цо. Цкъацкъа суна Iаламат тера хетара суо генаш тедда, ирахь дакъалучу попан зоьрталчу гIодах. Генаш хедийнчохь мортдоьлла шеддаш долуш. Цхьа долчу цхьана гено чу ницкъ уьйзуш лаьтташ. Суна ницкъ лун и га – Iумха вара. Ткъа Iумхин пхи кIант, цхьа йоI оцу попан орамаша хьалатийсинчу керлачу маргIалех тера хетара. Сайл тIаьхьа вуьсуш ялх боьрша стаг хиларо гIехьчул дог курадоккхура. «КIант а, пхи воI а! Оцу пхеа воIан тIаьхье кхуьур ю! Iалха-м хьаха вовр вац, кIур боцуш!» – дог доккхадеш хьоьжура со цаьрга. Амма цкъачунна ерриге а дегайовхо Iумха яра. Кху къеначу дуьнене тIаьххьара хьаьжна сан бIаьрса дIадовш, цо тIехьабдийр ду сан бIаьргийн негIарш. Сан къена дакъа лийчош цо дуттур ду сирла хи, цо хьарчор ду кисин кIайн марчо. ТIаьххьарчу новкъа воккхуш цо лоцур бу барма, вуьллур ву со готтачу лахьти чу. Цо дугIур ду сан гIевланга гIайракхан чурт, иза лаьттар ву тийна, хIора пIераскандийнахь иза вогIур ву сан коша тIе хIотта, суна тIе богIу некъ баI бала буьтур бац цо.
ТIаккха, мацца а цкъа, цхьана дийнахь, шен кIенташа иза а вохьур ву сан лула.
ХIаъ, массо а ву оцу боцачу, амма юха ца бохьучу новкъа айба везаш.
Цхьа а вуьсур вац. Цхьа а.
Дерриг дика дара, со цец а вуьйлуш.

Дала рицкъа а деллера шортта. ХIокху адамийн сутараллин цхьа доза хилча, тоийта, кхин ца оьшу а эр долуш. Амма, кху къеначу лаьтта тIехь хIинццалц схьа ког баьккхинчу адамех муьлхачо аьлла и дош? Я хьан эр ду? Дикано вузийча, хIинца суна тоьар ду аьлла велларг вац. Хьалха сан галдийллачу гIуллакхашца дуьстича элан бахам бара сан, Iумхас ши цIено дина. Суний, йоккхастаганий, гIутакхаш санна, хаза кегийнаш, шена – даккхийнаш. Кертахь масех бежана, иттех уьстагI. Ялт духкургачуьра масийтта гали ялта ца хеда цкъа а. Дийнахь кхузза хуьйцуш, цкъа дуьйхинарг кIирнах юха ца духуш, лело бес-бесара духарш.
Дуьненан ялсамане ю-кх, оццул тоделла-кх адамийн дахар!

Амма деккъа цхьа хьал, дуьненан даьхний ма ца тоьу адам ирсе дан. Цхьана ханна Iеха-м во цо. Вуза а во, кху дуьненахь ша бен хIумма а дуй-те олий хоьттуьйтуш, кура а воккху. Тахана – кхиъна доьзалш а, йиш-ваша а меттахь ду хьан. Хьал а ду. Токх ву хьо. Ирс ду хьан кертахь кога-буьхьар хьийзаш. Оцу дерригенах Iехавеллачу хьуна гац хьайн лулара да-нана делла байлахь бисина доьзал я доьзал лаьттах боьллина, каш санна, шийлачу, маьждиг санна, есачу хIусамехь йисина жоьра зуда а, ахь санна, дуьнено Iехийна цхьа мур баьхьна, амма Iожалло кадетташ да-нана, йижарий-вежарий дIа а баьхьна, IаддаргIа санна, букъ хьаьвзина висина воккхастаг а. Ва амма латтац-кх и де даима цхьаьнгахь. Иштта, рогI-рогIана нехан керта хIуьттуш лела-кх. Тахана вийлинарг, кхана велхош. Оцу дийнан ойла ян лаац-кх, уггар хьалха суна а.
ХIара таханлера де сайна гур ду ца моьттура суна.

Доллучул со воккхавевийриг Iумхин гIиллакхаш дара. Дена-нанна, доьзална цуьнан муьтIахьалла. Ас хьаькхначу сизал тIех ца ваьллера иза цкъа а. Кура вацара, коча вацара. Дена-нанна дика кIант а, доьзална дика да а вара. Ша пхийттара ваьлчахьана ламаз-марха ца дитинера. Хьарам рицкъех дезар ца иэцнера. Iуьйрана хьалххе гIоттий, шен ламаз дой, гатана юкъа хох-сискал а хьарчадой, тарахьтар тIе балха воьдуш, маьркIажан бода булучу хенахь цIа а вогIуш даьккхира цо хIара тIаьххьара ткъех шо. Юьхьанца гIаш лийлира. ТIаккха – вилспедахь. Пхи шо хьалха матцикл ийцира, уггар тоьлларг. ХьаргIа санна, Iаьржа. Гуттар беза дин санна, хьоме лелайора цо иза. Ша мел тIаьхьа, мел кIадвелла цIа варах, иза юьлий, массо маьIIе екъа горгам хьаькхна бен чу ца вогIура. Iуьйрана ламаз динчул тIаьхьа, юха а цунна гонах хьоьвзара, винташ къуьйлуш, даьтта детташ.
Итт де хьалха тIаьххьара а хиира иза цунна тIе.
Дийно сарралц хIара керт еш хьийзина, кIадвелла со, йоккхастаге и асар дитий, пхьор кечде а аьлла, тилла доьду малхбузан ламаз дан чу вахара. Даима санна, перзан а, сунт а ламазаш дина, сайн бIе суьлхьа кара а лаьцна, маьнги тIе охьахиира со. Йоккхастаг, сихха шен ламаз дина, арахь, пеша хьалха юург кечъян юьйлира.
Дагара ца йолу и суьйре.

Дийнахь тийна лаьттина юрт кIезг-кIезиг самаяла юьйлира. Хезара сарахь цIа оьхучу бежнийн Iехар. Лохха Iаьхна, кетIа хIоьттира тхан тайша етт. РагIун тхов тIехь гай яьтIча санна, мохь хьоькхура цициго. Схьахетарехь, цунна оьгIазъоьхуш, циггахь летара, бераша дукха хан йоццуш цхьанхьара-м далийна кIайн-къорза жима кIеза. Цхьадика, хIетта эсий далош цIа кхаьчначу воIа, цициг иэккхийна кех а даьккхина, дIатедира и дов.
Шовзткъе итт суьлхьа а даккхале наб гIоьртира суна. Иза мелла а тIетеIайора диллинчу корехула хьоькхучу бIаьстенан суьйренан тамехьчу хIоно а, шур-шур деш корехь дегочу бIаран гIаша а. ГIенах долуш санна, хезара, арахь йоккхастага далланашна кечбеш уьн тIехь уьрсаца хохаш отуш а, цаца техкош а.
Наб озийначу оцу масех минотехь гIенах суна дуьхьал ца хIуттуш сурт ца дисира. Амма уьш цхьа а вовшашца зIе йолуш дацара. Цкъа гира суна, Делан цхьана таIзарна санна, сайн багахь йисина цхьа кхэла дIаяьлла. Кхин хилларг хIума а доцуш, туйнаца кхоссаелла охьаюьйжира иза. ХIун дара а хаац, и кхэла мел гинчун мохь болура. Йоьлхура йоккхастаг а, нус а, маьхьарий хьоькхура кIентан бераша а. Уьш теба гIертара со. Цкъа вулий хьостуш, цунах гIуллакх ца хилча, чехош. Новкъаелахь бен хIуманна а кхин пайденна йоцу и кхэла багара охьайожарх шуна хIун хуьлу, бохуш барт беттара ас. КIез-кIезиг гуллуш, адамаш гулделира. Тезет ала тезет доцуш, ловзар олийла а доцуш, цхьа иэелла IалагIожа яра тхоьгахь.

ХIун дара а хаац, оцу IалагIожанна юккъехь Iумха ца гора суна. ДIалехчи а, схьалехчи а вацара. Эххар а, марчо тIекъовлале наха вита а ца витина, чу ваханчу суна, цу юккъехь Iуьллуш Iумха гира. Стенна делахь а, кагбина корта, юьхьа тIехь детта цIий, къаьрззина соьга хьоьжуш, ангали санна, хIиттина сийна бIаьргаш…
– Iумха! – мохь аьлла, цунна тIе хьаьддачохь самаваьлла со, ши куьг тIехьа а тухуш, вагийча санна, хьалаиккхира. Чохь бодаш бара сан гIийлачу бIаьрсине хIумма а ца къасталуш. Сайна гинарш гIан-набарш хиларна паргIатваьлла со, доккха садаIа гIоьртира. Амма ас чуоьзна са юккъе кхаьчча, цIеххьана деган Iайга кIел иккхинчу лазаро, Iад санна, вуьйлира со. КIеззиг мукъана а садаIа гIерташ некха тIе куьг диллина, хе юьстах тесначу чIеро санна, бага а гIаттийна, хьалхахьа кхевдина «хьиъ-хьиъ» деш висира со цхьана ханна. ТIаккха, кIез-кIезиг маллуш, лазар дIа а даьлла, садаIа меттиг белира, сецча санна хетаделла къена дог, хаа а луш, тохаделира. Амма, стенна делахь а, бала бара-кх сан кийра хьийзаш, иштта, ведда цхьана агIор гIур вара-кх аьлла хоьтуьйтуш.

Араваьлча мукъана а жимма маслаIат хир дацар-те аьлла, ши кIарх туьйдина, пен лоцуш, неIаре а вахана, нуьйда таIийна, чиркх а латийна, уча велира со.
КIентан жимахдолу бер охьа а хаийна, далланаш йохош йоллура йоккхастаг. Царна тIехула тховх кхозучу сирла богучу чиркхана гонах хьийзара боккха полла а, кегийн мозий а. Шена хIума тасаре догдохуш, неIсагIи тIе муцIар йиллина, бага гIаттийна, беха цIен мотт ара а баьккхина, цIога а лестош Iуьллура Вахин жима кIеза а.
– Хьо схьавогIу я юург чу йохьу хьуна? – хаьттира йоккхастага со гучуваьлча.
Со жоп дала ца кхиира. Тата доцуш еана тхан кетIахь сецначу сийначу «Волги» чуьра охьавоьссина гIопан неIарх чоьхьавелира тхан юьртахь соьга гIоьртташ воккхастаг Билал а, цуьнца кхин цхьаъ а.

– Ассалам Iалайкум, Делан къинхетам ма хедийла шун хIусамера, – салам луш, суна хьалха сецира Билал. – Шун гIоза юург хуьлда, Хелипат.
– Ва Iалайкум салам, марша догIуьйла шу а, Билал, – учара чувосса тохавелира со. – Дела реза хуьлда шуна. Ма дика болх бу шуьшиъ веана. Цхьа нисъелла далланаш йина йоккхастага!
– Охьа ма воссалахь, Iалха! – сацийра со Билала. – Юуш Iен йиш яц. ЧугIур ду вай. ТIаккха, Хелипат, хьо муха йоллу? Цамгарш ца лехьош Iай? Кертара бераш дуй могуш?
– Далла бу хастам, дика йоллу со-м. Бераш а ду могуш. Шу а деца дика? Зерент хIун деш ю?
– Дала дика кхобу. ХIан, Хелипат, тхо чудовлий цкъа?

– ЧугIойша, ас юург дIайохьу шуна.
«Диканиг дохьуш-м ца баьхкина хьуна хIорш», – бохура айса-сайга, хIинцца сайна гина гIан а, тIаьххье схьакхаьчча хIара шиъ а деза ца делла. Сан шеко кхин а чIагIъелира даима хабаре волу Билал, и мотт логехь бисча санна, тховса, ва Дела аьлла, къамел ца долалуш, хьийза воьлча.
– Iалха, тхойшиннан Iен йиш яц, – къорра вистхилира Билал, тIаккха, жимма ойла а йина, тIетуьйхира: – Кхечунна хьекъал лун стаг цул тIех хьекъале хила веза. Кхиверг собаре воьхург, лам санна, ша собаре хила веза. Тхуначул дукха дуьне гинчу, мерза а, къаьхьа а Iийшинчу, дикано ца вохийнчу, даим тхо ира-кара хIиттош кху хене ваьллачу хьуна маслаIаташ дан тхо дукха кIезиг нах ду…
«Делхьа хIара долор а ма тера дац-кх аш диканиг деанчух. ХIун ду-те хилларг, дан мукъане а…» – ойлайора ас.
– Iумха жимма лазийна. Дуьхьал йогIу машина кхетта цунна тIе. Районерчу больницехь ву иза. Хаза Iаш ву. ИншааллахI, Дала мукълахь цхьана кIирнах хаза гIолий а хилла, аравер ву. Наха хIара тайпа хIума дукха дестадой дохьу дела, ма-дарра дийца хьалххе хьо волчу веана тхойша. ХIинца, Хелипате, хилларг дукха хIума доций а хаийте, тхойшинца дIаван кечлохьа. ХIокху Хьамидан машинца гIой, цунна тIехIоттий вола вайша.

КIант лазийна боху дош хезчахьана можа бIагор хьаьвзира сан бIаьргашна. Билала кхи дIа дечу къамелах цхьа дош ца хезара суна. ДуьхьалхIуьттура цхьа ткъех минот хьалха сайна гина гIан. Охьайоьжна тIаьххьара кхэла. Кертахь IалагIожа. Йоьлху йоккхастаг, нус. Маьхьарий хьоькху бераш. Корта кагбина, цIеша вуьзна марчо юккъехь Iуьллу Iумха…
«ХIан-хIа, аша хIуъу дийцахь а, Iумха дийна вац, – къурдаш деш, логан шад мосаззе а хьала-охьа теттира ас, – дийна вац иза»…
– Лазор ву, лийр ву, – аладелира соьга, айса муха олу а ца хууш. – Массарна а тIехIотта езаш киртиг ю-кх иза. Рожехь. Цхьа а вер вац цунах кIелхьара. Амма со дIаваххалц виси велира иза. ХIара ца хилча а, кхул хьалха ас лайнарш тоьар ма дара. Далла дика хаьа хир ду-кх…
– Иштта дац и, иштта дац, Iалха, – бохура Билала, ши бIаьрг цIенкъа а боьгIна. – Ас ма боху хьоьга, хIинцца цкъа Iумха хаза Iаш ву. Цхьа а тайпа кхераме хIума дац. ХIара Хьамид хIинцца ма веана цигара. Сингаттам болуш хьал хилча, ас лечкъор ма дацара. ХIун дийр ду ткъа, вонаш ган а, баланаш Iийша а кхоьллина-кх вай. ХIорангехь бу шеначулла бала. Цхьаьнгахь кIезиг, вукхуьнгахь дукха…

Билал луьйчохь витина, сайна тIе бедарш юха вуьйлира со.
Уггар хьалха, Iаьржачу тIаьрсиган кIеда маьхьсеш кога а оьзна, барчерчу пенах тоьхначу къорзачу истанга тIехула, тIе кIайн шаршу хьарчийна кхозу Iаьржачу исхарин чоий, кIайчу лаьстиган гIовталлий тIе а юьйхина, детица кхелина доьхкий, шаьлтий юкъах а дихкина, чухула бIаьрг туьйхира ас. Сийна сир хьаькхначу аьчкан маьнги тIехь ирахIоттийнчу гIайби тIехь харцхьа баьккхина Iуьллура, цхьа бутт хьалха Iумхас суна байтина IаьнтIакан холхазан куй.
Схьаэцна иза бакъахьа а баьккхина, чу ши куьг доьллина дIаса а тоьхна, дашо бос бетталучу кIедачу холхазана тIехула дайн куьг хьоькхуш, коьрта ца туьллуш, вехха хьийжира со цуьнга. Со цхьана ойланийн кIорге ваханийла хуу важа шиъ вист ца хуьлура.

«Соьга-м баьккхира хIара шийла кхаъ, – ойла йора ас, – амма йоккхастаге муха хаийта деза. Цуьна-х дац, чуоьзча, дIахеца са а. Миска, иза-х, бохамаша хуьйдина кхачийна…»
Йоккхастаг чу а ялийна, хIара шиъ волччохь цуьнга вистхила дагахь, ара мохь тоьхна, цуьнга кхайкхира со. Юха а ойла хийцаелира сан: «Шена и кхаъ хезча кхераялаза, мохь хьакхаза Iийр ма яц иза. ТIаккха, хIара нехан ши стаг а волуш, цунна маслаIаташ деш, и хьостийла а хир дац. ТIехула тIе, оцу дашца тоьхна цуьнан дагна чов а йина, иза кху чохь цхьа а йитина ваьлла гIойла а ма дац. Цул, ара а ваьлла, цуьнга шегга дайн къадор ас»…
– Зуда, матцикло Iумха жимма лазийна аьлла ма веана и шиъ, – элира ас, ма-хуьллу паргIат, бен доцуш ала а гIерташ. – Ност ехкийта, больнице хьалавигна боху иза…

Амма хала ду ненан дог Iехо. Иза-х гушдоцчу пхенашца дозаделла ду шен берийн дегнех. Берана хилла лазам ненан дагах ма кхета, иза мел генахь делахь а. Цхьаммо ца хаийтинехь а, хаало-кх и цуьнан дагна.
Йоккхастеган кийрара мохь ца белира я бIаьргех хи а ца хьаьдира. ЦIеххьана кийра цIе хьаьвзича, цо дакъа ма до бIаьрхиш.
– Ма шера… хаьара-кх суна… цхьаъ хиллий, – элира цо дегочу озаца, – хьоьга ала… ца яьхьаш… Iийра-кх…
Хьалха схьакхевдина цуьнан ира чIениг, хорш хьаьдча санна, «каррехь» егайора. ТIепаза яйра балдаш тIера цIелла а. ХIума юучуьра сецна ши бер а, кхераделла къаьрззина соьга а хьаьжна, дисира.
– Цунна хилларг-м кхераме хIума дацара, – маслаIат дан гIертара со. – Хьо йоха ма йохал хьо. Хеде а хаийтий, шина а кертахь цIано елаш. И цIа веъча, хьовса нах гIертаза Iийр бац. Ледара ма хила. Цунна хилларг-м хIумма а дац, хIуъу тIедеъча а, доха йиш ю вайшиннан?

***

ХIаъа, дерриге дика дара оцу дийнналц.
Оцу суьйрана кхузара цIа чу воьдуш суна дагахь а дацара, дуьненахь айса яккха йисинчу хенахь (дукха елахь а, иттех шо хир яра-кх иза) сайн дагна кхин а цхьа чов хир ю бохург. И буьйса шина декъе екъаеллачу хенахь дIакхелхира Iумха. Маларо хьераваьккхинчу цхьана шопаро тIе машен а тоьхна, аьрташха лазийна…

***

Гора Iожалла яI! Цо дитац-кх шениг. Ша тоьхначу минотехь йогIий тIекхетий, куьйрано кIорни санна, оьций стаг дIахьо-кх цо. Хьоле хиларх а, къен хиларх а, миска хиларх а ца вуьту. Тайпа-тукхум доккха хиларх а, цхьалха хиларх а ца вуьту. ДегIехь турпал ницкъ берг а, я гIорасизниг а ца вуьту. СагIадоьхург а, я дуьненан паччахьаш а ца буьту. Ца хьоьжу иза ша тIеэца стеган аьтто хиларе а, ца хиларе а. Ехарх тIе а ца йогIу, цаиэшарх йогIий а кхочу.
Тхан цIийнан тхевнан гIортор хилла лаьтташ бIогIам бара Iумха.

ХIинца тIекхийти-кх иза. ТIаьххьара а, лен чов хили-кх суна. ХIинца а дIалеIаза ю бIаьрг мосазза кхийти дерриге а карладохуш, сан дог огу тезетана тойина хIара меттиг. Амма и чов бIозза кIаргйинарг, бIозза язйинарг, суна маслаIатана ойла йолуш кхуза гулделла адам дара. Керла божал дан дагахь Iумхас даьхна тIеш цуьнан тезетахь нахана тIе охьаховша дехкина. КIел гоьргаш йохкуш, тIехула алан чкъор дуьллуш, ахгуо беш, кадам бан богIучу нахана цхьа агIо хецна а юьтуш. Дуьхьал долчу дукъош тIе хевшина баккхий нах, вукху шина агIонца охьадехкинчарна тIехь – баккхий хила гIертарш.
Тезетана тIе кхаччале, цхьа бIе гIулч генахь совцура машенаш, мотоциклаш, говраш.
Цигахь охьа а буьссий, атталгIа, тIаьхьависинарг тIе кхиаре а ца хьуьйсуш, беха могIа бой, схьахьолхура адамаш: боьрша нах – кхуза, зударий – Iумхин керта.
Итт де хьалха, суна тIаьххьара а екхна еанчу оцу суьйрана, кIажар еш санна, хаза юцуш ас йинчу кертах доккха даьккхинчу оцу кевнах чоьхьа а буьйлуш, йоккхачу стеган саьрамсекхийн хас а хьоьшуш, схьа тIе оьхура нах.

Цхьана хенахь-м, кадам бан баьхкинчу нахана хьалхаваьлла стаг цхьаъ велахь а, шиъ велахь а – уьш, кадам беш дIаоьцучунна хьалха хIуьттий доIа а дой, кадам беш дара гIиллакх. Цунна уллохьа могIара дIахIуьттий лаьтташ хуьлура веллачун вежарий, кIентий, ден вежарий, шичой, доцца аьлча, гергара йиша-ваша. Тхьамдига хьалха а беш, цаьрга массаьрга а кадам беш, чекхбовлура нах. ТIаккха виса везарг вуьсура, вуьйш, шайн декхар чекхдаьллачул тIаьхьа, нагахь велларг дIавоьллина гIуллакх чекхдаьллехь, цигара дIабовлура. Иштта дара цхьана хенахь гIиллакх. ХIинца кхин ду. Даима лаьтташ цхьа хIума ма дац, деккъа ша цхьа вониг бен. ХIара гIуллакхаш а йолучу хенаца къанло, зарзло, мортло, тIаккха, даьржий, дов.

ДIогахь лаьттара, ловзаргахь пондарчина санна, суна хIоттийна жIай-гIант. Охьахаа хан а, аьтто а хьенан бара. Хилча а, дог хьенан догIура. Сайн доцчу гIорица ирахь текхира ас юьззина и цхьа кIира хан. Оцу кевнехула чоьхьайолура нехан тоба. Царна хьекъале ву аьлла хьалха ваьккхина воккхастаг, шена тIаьхьара и тоба а оьций, вогIий гонна юккъехь, къеначу нахана хьалха соцу.
– Ассалам Iалайкум! ДоIа делаш.
Массара куьйгаш хьалалоцу. Моллас я воккхачо доIа до. Юкъ-юкъара хеза:
– Амин!
– АллахIу амин!
– Гечделахь, Дела!
– ПатIихьа!

ДоIийна лецна куьйгаш юьхьах а хьокхий, дIасахьожу тхьамда. Кадам дIаоьцург лоьху цо бIаьргашца. Цхьамма-шимма Iасанаш хьажайо:
– ДIогарниг ву шуна!
Кхечо дIакхойкху:
– Схьанехьа дуьйла!
Вевзачарна-м билгал варий со. Амма кадаме богIура сан гергарнаш а, гергарчийн гергарнаш а, керташкарчу зударийн гергарнаш а, Iумхина бевза-безарш, церан гергарнаш а. Царна хьалхаваьллачунна ма ца девза тхо. Наха Iасанаш, пIелгаш тIе хьийсош гойтучу суна хьалха хIуьттура уьш:
– Дала гечдойла цунна…
– Дала декъал волда иза…
– Вайга хоьттуш дац-кх Iожалца дерг…
– Ша схьавелларг дIа а вуьгу-кх Цо…
– Иштта цхьацца бахьанашца Iожалла нислуш ваьш кхачадаллалц дIаоьхур ду-кх вай…
– Массо цхьана дийнахь дала ца кхоьллина-кх вай.

– Декъазниг тIаьхьавуьсу-кх, хIара къахьонан кад мала…
Цул тIаьхьа хIутту кхузахь хьавр-зIавр. ДоIа а, кадам а чекхбаьлча, хьалагIуьтту хевшина Iийраш. ТIебаьхкинчаьрга маршалла хатта. Ткъа хIара тIебаьхкинарш, шайн тхьамда хьалха а волуш, цхьана маьIIера дуьйна дIа, цаьрга маршалла хетта буьйлало. Куьйгаш лецна а Iай ткъа. Вовшийн маралелха, накха некхах тухуш, беснеш тIеттIа теIош, аьтту а, аьрру а агIор буьйлуш.
– Марша, могуш хуьлда!
– Дела маршалла а, могуш а хуьлда!
– ОхI! Хьамзат, хьо вац хIара?
– Делора ву!
– Ассалам Iалайкум!
– Ва Iалайкум салам!
– ДоIа весет ду хьоьга.

– Юкъара ду вайшинне!
– Ва, дела ва хьо марша!..
– Хьал-де?
– Шу а деца могуш?
– Дала дика кхобу!
– ХаьнкIашгIар муха бохку?
– Къосам ма вац шуьца?
– Хьо-м хIинцца пхийттараваьлча санна ма ву!
– ВаллахI, Делора ву хьо-м тIаьхь-тIаьхьа къонлуш!
– ХIан, схьадуьйла, охьаховшал!
– ХIан-хIа, хевшина Iийр дац тхо,

– Дукха дуьтур дац, жимма ял ел!
– Жунид, хьо кхуза хаа!
– Дера, хуур вац! Iазим хаийта!
– ХIан-хIа, хьо хаа!
Базарахь санна, лаьтта и гIовгIанаш, эххар а дIатоь. Куьйгаш лецна, маршалла а хиттина, бевлча шайна вевз-вевзачунна улло дIасатарло баккхийнаш, ткъа кегийрхой юьстахбовлий дIахIуьттий, бист ца хуьлуш совцу. Кадам бинчул тIаьхьа со-м гуш а ма вац. Я соьца гIуллакх дац цхьаьннан а. Iадда дIа вовшашна тIе а тийжаш, кара суьлхьанаш лецна, Iасанийн юьхьигаш лаьттах а Iуьттуш, юкъ-юкъа биэларш а лелхаш, цхьацца къамелаш дан буьйлало. Ца дуьйцуш а, ца хьахош а хIун дуьсу! Мацах цкъа, къона долуш шаьш лелийна синкъерамаш а, дина къоланаш а. Кхузахь дийцаре до юьртан юкъараллин гIуллакхаш а: бежан рагI, сагIанаш дахар, зударий балор, там баккхар, тIеш-некъаш тодар, цхьацца нехан гIиллакхаш а. ТIаккха цхьацца вирдашна лен хIуьтту. Эххар а, оцу тIехула вовшашца довдолу. КIант велла Iечу суна ца оьшу гIуллакхаш ду хьехораш дерриш а. Амма массарначул дукха кегийрхошна лоь. Кегийчу нехан никIапаш, гаттий когаш болу хечеш, мехкарийн йоций кучамаш. Коьртара месаш. Цара юьхьах хьоькху басарш а. Доцца аьлча, цаьрца гIиллакхан чо бац, боху.

– ГIиллакхах доьхна тIе кхуьу чкъор, – кортош хьийзадо баккхийчара. – Коьртта Iуьйра, хIоккхул яккхий кхесаш йитина, пхьуьйшаш доцу кучамаш юьйхина, деш ламаз а, кхобуш марха а доцуш лела кегийнаш. Цигаьрка, малар дац воккхачух лачкъош.
– Ткъа зудабераш? – юкъаволу кхин. – Дерзана пхьаьрсаш, настарш оьхьуш, коьрта тIехь, хола санна, к1уж бой, цунна гонах цхьа бехчалг хьарчайой! ГIодаюкъ хьулъеш тIеюьйхина коч а ю, цаца санна. Чекх хьаьжча дерзана дегI гуш.
– Эхара зама тIекхочуш лаьтта-кх.

И сов хабарш ца дийцийта гIерташ, цхьа хьекъалехь волчо олу:
– Нах, хIара гIовгIанаш совцаяй, цул, цхьацца бIе къулха а, салот деший, вайн веллачунна мел кхайкхабе вай?
Амма цхьа масех минот яьлча юха а хьалхалерра хьал хIутту. Нах схьаоьху, дIаоьху. СхьабогIуш а маршаллаш хоьтту, дIабоьлхуш а маршаллаш хоьтту. Куьйгаш лоьцуш, мар-мара а лелхаш. Ловзаргахь а гIиллакхе доцурш леладо-кх. Кегийрхошна бехк билла бакъо ю ткъа хIокху нехан? ХIинца кху юьртара, уггар бу бохурш, ша-ша эвлаяъ вац аьлча летар а болуш, кхузткъа-дезткъа шераш долуш нах бу тезета гуллурш. Амма тIе хьаьжча царех шовзткъе итт шо дерг а вовшех къасталац. Къена стаг ша къена вуйла а хууш, шен хенаца йогIу бедар а, арахьара куц а лелош хила ца веза? Массо а мажош, логан кIелош а яьшна, мекхаш лергина. ТIеюьйхина, макентошаш, когахь туфлеш. Коьрта техкина шляпанаш, тюбетейкаш, къорзий песаш.

Со жима волуш кхин бара баккхий нах. ХIай даьдисарг яI, ма кIентий бара уьш! Пепнаш санна, зоьртала, гIаргIанаш санна, нийса догIмаш долуш, ло санна, кIайн накха дIалаьцна шуьйра, еха мажош йолуш, хаза хьийзина, бIоржамаш санна, мекхаш а, Iежаш санна, беснаш а долуш. Шийтта ветанца къовлуш тIе юьйхина гIовталш даточу бустамашца машин чоэш, тIехула дихкина кхелина шаьлтий, доьхкий, бIаьштига тIе таIIош техкина чолан куйнаш. Церан оьзда къамел хезча, ванах, хIорш санна, со воккха маца хир ву-те олий, сатосура жимастага.
Соьга санна, вон деанчохь стеган дог лаха хаара царна. Лаьмнаш санна, сира, собаре уьш тезетахь гича дагна маслаIат хуьлура. Зуда ялийначохь, ловзаргахь, юкъ-юкъа шаьш хелха а бовлуш, хьенех ваккха, цуьнца минех яккха бохуш, вовшашка маьхьарий детташ, юьстах я божалийн тхевнаш тIехь Iаш малар мала а, гIиллакх доцург далийта а дага ца догIура кегийрхошна.

ХIокху хIинца лелочух кхеташ вац-кх со. Ловзарна аьттехьа воьдуш вац цхьа а воккхастаг. Цига вахча къа хуьлу бохуш. Маж-мекх дитар а къилахь ду боху. Хьалха, хIара бусалба дин вайна юккъехь гуттар чIагIделла мIаькдаьллачу хенахь. Маккахь а, Меданахь а, Уьстмалахь а цIе йоккхуш вайнехан молланаш болчу хенахь ца хилла къа, хIинца мичара даьлла? Оцу сурто сайгара бала а бицбина, кийра цIе яьлла, настарш егош, цхьана маьIIехь хIоьттина лаьттара со.
Де делкъанга долуш тIевеанчу Билала, марчо тIекъовлале, Iумхе хьажа чувола элира соьга.

Ницкъ ма-кхоччу дIаса ца хьажа гIерташ, цунна тIаьххье кевнехьа дIавоьдура со. Ас сайна бохуш латтийна кетIара комарийн къена дитт дIадаьллера хIинца. Цунах даьхна уппагIнаш дара буха дечиг йиллина, нийса хьажош охьадехкина. Церан можачу дилхана юккъера цIен дог, доьлхуш санна, Iийдалучу хиш лепара малхехь. Царна уллохьа Iаьрба йозанца тIе цIераш, терахь диллина Iуьллура цхьанхьара-м лехна беана, чуртана кечбина шога тIулг. ЦIеххьана, дагахь доцуш хIара де тIехIоттахь а аьлла, чарташ дечу пхьерашка сайний, йоккхастаганий хьалххе ши чурт дайтинера ас. Миска, хIетахь охашиммо и гIуллакх хьахийча, цаьрца шена а тIулг кечбайта лиъна хьаьвзира Iумха. КIант ишта хьалхе ца валийта ойла йолчу охашиммо, хьеха а ца дайтира. ХIинца, цунна кхаьчнарг и цхьа а кеп йоцу шога тIулг бара-кх.
Iумхин бешахь, доккхачу бIара кIел церан етт бийна, моггIара жижигийн кегийра дакъош охьа а дехкина бохкура цхьаберш. Дакъа кертара арадаккхале и сагIин дакъош юьртарчу хIора доьзалан керта дIакхачо дезара. Велларг кешнашка дIакхачале сагIа бухахь карадайта. Важа дисина шинара а дуьйр ду тIедогIучу пIераскан дийнахь. Баккхий нах чу а кхайкхина, цаьрга суьлханаш а хьовзадойтуш, сагIа даккха.

ХIун дара а хаац, Iумха велла, иза кхин гур вац бохучух дог ца тешара сан Билалина тIаьхьа, Iумхин керта вулуш а. ХIара тезет а, хIара зударийн белхарш а дерриш хIорш цхьа гIенах долуш санна хетара. Ой, муха мага деза ткъа, къеначу тхойшиннан тIаьххьара гIортор кагъелла, къанделла дакъаделла, мортдоьллачу сан дегIа тIехь дисина и цхьалха га хаьдда, охьадоьжна бохург? Теша ца туьгура дог. Хетара, со неIарх чоьхьаваьлча, даима санна, «Схьавоьллахь, дада!» – аьлла, иза хьала а гIаьттина, дуьхе вер волуш. Юха а бакъдерг схьахIуттура. Сийсара, Iожалло къиза кадетташ и хьийзош, дакъаделла лилхинчу цуьнан балдех, шийлачу хица тIадош, бамба хьекхнарг со ма ву. Ас сайн пIелгашца тIе ма къевлина цуьнан бIаьрнегIарш, сайн йовлакхца ма йихкина ас цуьнан чIениг.
Велла иза машенахь цIа валош, тIе цIийн хьоькхнаш йийлла, кIайчу хин кисица дIахьерчийна цуьнан корта сайн кара а биллина веанарг со ма ву. Сийсара, хадийна поп санна, баьрчерчу аннийн маьнги тIе вахвина охьавиллинчу цунна цхьацца агIор хиъна, хезаш аз ца долуш, кийрахь мохь хьоькхуш, доьлхуш и еха буьйса текхнарг сой, йоккхастаг ма ду.
Бакъ ду хIара. Бакъ ду.
Кертан аре юьзна охьахевшина зударий бара. Къена а, къона а. Корталийн тIаьмгаш охьахецна а, йовлакхаш чIенгаш кIел дихкина а. Хевшана а, ирахь а лаьтташ а. Вовшашка лохха къамелаш деш. Цара хIун дуьйцу-м суна дика хаьара. ЦIераш кхин хилар бен, массанхьа дуьйцург хIара цхьаъ ду-кх:
– Мисканийн, тIера да велла, кхораш санна, кегий дисинчу берийн къа ду-кх…
– Цул, Хеда алийша. Уггар цIийнда веззачу хенахь йисина…
– И бераш цо муха кхобур-те…

– Денда а, нана а къена ду. Ден вежарий а бац…
– Дера, хили цаьршинна а боккха бохам. Къанделлачу меттехь, кIелдиссинчу меттехь, кхетта тIаьххьара кIант велла…
– Ма мегаш стаг вара-кх Iумха. Эвлаяъ санна… – тIаккха, цо шайна а, нахана а дина гIуллакхаш а, цуьнан гIиллакхаш а, тIаьххьара шайна гина гIенаш а дуьйцу. Уьш дийцина бевлча, эладитанаш тIе бовлу. Маре яханарг а, жеро яьлла цIа еанарг а буххенца йийцаре йо. Кхузахь хаьа массо доьзалан а, лулахойн а юкъаметтигаш, хьенан маса котам ю а, цара маса хIоа до а, хIораннан атто мел шура ло а, цунах мел даьтта долу а, тIаьххьарчу базарахь хIуманийн хIун мехаш бара а. Йийцаре йо зударийн бедарш а, цIа чуьра йийбар а.

Со кертал арахь гучуваьлча, дIатийра зударша лохха ден къамелаш. Массеран а бIаьргаш, суна тIе а къаьрзина, севцира. Юкъ-юкъа белхарш лилхира. Ткъа, Iумхин йоI, «Дада!» – аьлла, шийла мохь а хьаькхна еана маракхетча, гуобаьккхина белхар делира.
Миска Маьлхаш яI! Оцу цхьана буса хьаьвзина, худаелла, хелаг хиллера цунах. ТIепаза дайнера цуьнан самукъане, зевнен аз. Йишхаьлла мохь хьоькхура цо. Амма бIаьргех хи ца долура. Iийдаделла кхачийнера бIаьрхиш. Цуьнан Iадийна юьхь, гIо лоьху Iаьржа бIаьргаш гича дог хебира сан. Важа божабераш-м цул даккхий а, кегий а дара. ХIетте а, хIокхунах къахетара-кх. Божаберашка-м шайна некъ баккхалора. Зудабер ю декъаза хIума. Йиша-вешина са ма до цо.

Корашка кирхьанаш ийзина, ахбодаш бинчу чохь сийсара охьавиллинчу маьнги тIехь, цIенчу кисица корта а бихкина, чIенги кIел хIотталц тIе юргIа а оьзна, набарна тар тесча санна, Iуьллура Iумха. Беснеш тIехь цIен бос богура. Корталин тIемаг чIенги кIел таIийна, ши гола мере а оьзна, кIентан юьхьа тIе ши бIаьрг а боьгIна сийсаралеррачохь хиъна Iара йоккхастаг а. Худаделла хьела даханчу бIаьргех шен бертаза Iийдалу хиш корталин тIемагца дIа а хьоькхуш. Цкъа кIанте, тIаккха цуьнга хьоьжура со.
Гора, Хелипат яI, тахана а ца дилхина вайша маца делха деза-те! Нохчийн боьрша стаг вилхича иэхь ду. Иза-м велха а ца воьлху, мел боккха бохам, бала тIебарах. Мацах цкъа кху буьрсачу лаьмнаша, бIешерийн баланаша бахчийнчу къонахошка, вайн дайшка тохаделла сатоха-м къонаха вацара со! ХIетте а, ас-м са ма детта. Ткъа хьо? Хьо-х ярий ткъа зуда. ХIусамда, доьзалхо веллачу дийнахь хьо йилхича, ледара стаг хили иза, хьуна мукъана а хIунда олу? Суна гуш м ю хьо, йолчу тIе а букар а хьаьвзина. Худаелла, горгам хилла горгъелла…

Хьайн цIийх кхоллавелла, айхьа исс баттахь дага кIел кийрахь лелийна, цунна там лоьхуш хийла буьйсанаш наб йоцуш сема яйина, доьзал болуш воккха хилча а, аганахь лоьруш чу са а диллина лелийна тIаьххьара доьзалхо кхелхинчу дийнахь ца йилхина хьо маца елха еза…
Къеналло кIелвитина, сайн тIаьхьара денош дагардеш Iаш, тIаьххьара кIант велла, орца ала стаг воцуш, цхьалха висинчу дийнахь ца вилхина, со маца велха веза?
ХIун дийр ду ткъа. ХIара адам шайн-шайн цIа доьрзур ду. Шайн берашна тIе. НеI чIаьгIча арахь дуьсург лало. Вайша цхьаьна дуьсур ду ваьшшиннан шийлачу хIусамехь. ТIаккха доьлхур вайша, дегнашна маршо елла.
ТIаьххьара а.
ТIаккха, вайшинна боьлхура. Дегаза. Доггаха велха вайшиннан висина а вац.

***

Кешнашка дахьа кIентан дакъа арадаккха нах Iумхин керта боьлхуш, цаьрца дIаволавелла сан болар, цхьаммо сецош вухаийзош санна, дIа мел боккхучу когаца гIеллора. Эххара а, кетIа кхачале саца а сецна, лаьттан бIаьра а вогIавелла, цхьана юкъана хIоьттина а лаьттина, вухавирзира со.
Цкъадолчунна, цуьнан лазийна корта айса а лаьцна, айбина араваккха лаара суна иза. Амма, къеначу, беран лортIе даханчу дагна, зарзбеллачу кийран ницкъ кхочур буй-техьа тIаьххьарчу зиэрийх чекхвала, олий хетара.

Баьсса барма а карахь сихвелла суна уллехула тIехвелира ши жимстаг. Дукха ца Iаш, тIе къорза истанг а тесна, кIайн назбар биллина кечбинчу оцу барман бархI га а лаьцна, иза учига нисса дIа а лаьцна, дIахIуттур ву бархI жимстаг. Дерриг адам цига дIагулделла. Зударий а, божарий а. Когаш хьалха арадаьккхина дакъа барма ма диллинехь, зударийн белхар дер ду. Хаза олуш а, чехош а уьш дIа а тебина, Билала хаттарш дийр ду:
– ХIара Iумха муха стаг вара, нах?
– Дера вара дика стаг, – жоп лур ду массара а.
– ХIара дика стаг хиларна тоьшалла дой аша массара а?
– Дера до, Дала мукъалахь!
– Нагахь хIокхуьнгара халахетар хилларг велахь, къинтIеравалалаш.
– Дера ца дина цо-м цхьанна а халахетар!
– Дерриш къинтIерадевли-кх тхо, Дала мукъалахь.

Барма дIаайбича хIутту хьал ду, нехан кертахь хилча а суна Iаткъам бийриг. Маьхьарий хьоькхуш, новкъа тIаьхьа гIерта зударий, уьш бухачехош нах. Ша-шена етташ, я дог малделла зударша айбина веллачун йиша, йоI гуш бIаьрхиш совцо, тIулг санна, чIогIа дог я доккха доьналла оьшу боьршачу стагана. Тийжаш белха йижарий, ден йижарий бацара Iумхин. Амма, оцунна тIаьхьа доьлху бераш, къаьсттина жима Маьлхаш гича собар кхачийна суо велхарна кхоьрура со.
И тIаьххьара миноташ сайн ца гайта, ца хазийта цигара вуха а вирзина, кешнашка боьдучу новкъа хьалаволавелла со, сайн ницкъ ма-кхоччу чехка дIагIертарх къеначу когашка гена ца ваккхавелира. Хезара Билала ден хеттарш а, сан дог доруш даьлла зударийн белхар а, Iумхин берийн Iадийна маьхьарий а. Ткъа царна юккъера хезчу Маьлхашан йишхаьллачу маьхьаро тIаьххьара тIадам тIебожийна тIехбеана сан кийрара бала, ира шад хилла легашка хьала а гIоьртина, садукъдеш сецира. Ца велха гIерташ къийсира ас. Къурдаш деш, и шад юханехьа кийра тоьттура, бIаьрнегIарш тIе къуьйлуш, бIаьрхиш сецо гIертара. Стаг шозза воьлху боху: беран хенахь а, къанвелча а. Оцу шина а хенахь цуьнан ницкъ бац бIаьрхишца къийса. Ванах, велха-м воллура со, амма хIокху хьолехь цхьанна а гур вуй-те со, аьлла дIасахьаьжира со. Амма горий ткъа хIумма а. Вуьшта а бIаьрса дайна кхоьлинчу бIаьргашна дуьхьал Iаьржа мархаш хIиттийнера бIаьрхиша.

ХIай Везан Дела, мичахула доладелла-те и зударий кадаме оьхуш белхар хIиттор! Чоь а, аре а юзий охьа а ховший, и маьхьарий хьоькхуш цара йо IалагIожа. Цара лелочух маслаIат-м муххале а ца хуьлура, мелхо а уьш тийжаш маьхьарий хьекха боьлча, долчу тIе а дог духу-кх. Веллачун а, висанчун а бала кхаьчча лелаш а белара ткъа. Ша-ша ца яхча гIиллакхехь дац бохуш, богIу-кх уьш кхуза. Юх-юха а оьхуш. Уьш цига богIуш цаьрга хьаьжначунна, церан къамеле ладоьгIначунна дага а догIур дац-кх стаг веллачу кадаме уьш боьлху аьлла. Шайн эладиташ а дуьйцуш, яхар-яр хьехош биэла а боьлуш богIу, ткъа кетIа кхочуш, корталеш, йовлакхаш бIаьргаш тIе а узий, тIаьмгаш мера кIел таIайой, боьлху сурт хIоттош, дегаза-доггах а «хIиъ-хIиъ-хIиъ» деш, чубоьлху.

Кадамехь-м, цабевллачу денна совцало уьш хабар тIе ца доккхуш. Амма цигахь шаьш дийцинарг нисса юханехьа дуьйцу цIа боьлхуш новкъахь я цIа кхаьчча, цхьанхьа вовшахкхетча:
– Берий-м цуьрриг къа дацара. Уьш-м, хIинцца даккхий хилла, дуьненах самукъа а даьлла, дIа лелар дара…
– Дера ю хьенех а, цхьа шо а далале, маре яха тохалур…
– Веллачун ду-кх къа…
– Хьенех хаза ехаш ю, олура массара а…
– Эс…

– Церан чохь-м дацара, хIара ду ала, хIума…
– Пенах тоьхна цхьа жима куз…
– Чуьра пеш яра, гIабарчакхаш йийлла…
– Пенаш ткъа? КIуьро Iарждина!
– Цул, тховх кхозу гезган машош алахьа!
– ДIахьош тIетесна юргIа ма дара! Лаьстиган!
– ГIайба ткъа? Чкъуьйриг модаша а юьзна!
ТIаккха шайна дуьхьалбоцчийх гIийбаташ даха хIуьтту.
Цхьа хьекъал долчара-м, шаьш белча, зударий керта а оьхуш, белхар ма хIоттадайта, олий, весет бакъ до-кхи. Дала мукъалахь, сайн весетан кехата тIе ас дуьллур ду-кх иза. Барма айбина богIу нах цIенна генабевлча, дIатийра зударийн маьхьарий. ЦIеххьана хIоьттинчу оцу тийналлехь тIаьхь-тIаьхьа герга гIертара вист ца хуьлуш вогIучу ши бIе сов стеган когийн къора татанаш.
Амма и гIайгIане тийналла йохийра пондарца чехкаяьккхина хелхаран эшар а лоькхуш, вота, тIара а детташ, самукъане маьхьарий хьоькхуш, тIехь йоьттина адамаш долуш, лакхахула охьа юьрта йоьллачу машено.

Яьллачу тоьпан декъа тата делира лаха чохь а.
Тамашийна кхоьллина-кх хIара дуьне.
Кхузахула хьала дакъа а айбина цхьаберш богIу, ткъа дехьа новкъа охьа хьерабевлла ловзар дадийна вуьш богIу. Таханлера де суна доьхна деана, ткъа кхечарана – уггар ирсе, самукъане доьлу. Сан дог, балано Iуьйдуш, эккха доллу, ткъа церан дегнаш, ирсо дохийна, хелхадуьйлу. ХIокху бIаьстенан хазчу Iаламо а уьш хьоьсту, и дашо малх а царна боьлу. Ткъа сан даг чохь шийла Iа ду. Хьеран тIулга кIел висча санна, безчу балано таIийна, ведвина со а вицвина, охьа чохь топ кхуьссуш воллу цхьаъ. Хаац-те царна, оцу ловзаро сан дог дорийла, цхьанхьа хьажийна кхоьссинчу оцу тоьпан дIаьндарг сан дог морцуш, сох чекхъяьллийла?
Вайнехан уггар дикачу гIиллакхех цхьаъ ду веллачун сийдар. Оцу гIиллакхо нахана доьхкура, стаг веллачу юкъана юьртахь ловзар дар, синкъерам вовшахтохар, герзаш кхиссар, веллачун доьзал бехачу кетIахула говрахь дIасавалар. Бохам хиллачу доьзалан ницкъ ма-кхоччу дог иэцар, цуьнгара бала байбан гIертар нахана тIедуьллура цо.

ГIиллакхо цхьаъ доьхкура, важа тIедуьллура аьлча-м нийса а дера дац. ГIиллакх массарна а лело тIедожош, цхьана а паччахьо, цхьана а Iедало кхайкхийна закон ма дац. ГIиллакхаш Iедало, паччахьо арахоьцуш дац. Дика гIиллакхаш халкъо ша кхуллу. ТIаьхь-тIаьхьарчу тIаьхьенаша дIаоьцуш эзарнаш шерашкахь деха уьш. Царел диканаш халкъо кхоллалц я цхьана йоьхначу тIаьхьено дицдина дIатиссалц. Ткъа хIинца йоккха йоцчу юьртахь цхьана маьIIехь тезет, вукху маьIIехь – ловзар! Делхьа, ма товш хIума дац иза шайга аьлча, кIоршаме жоп ло:
– Цхьаъ веллера бохуш, массо доркъана воьжна дIахIотта-м ца веза? – олий.
Ас дера ца боху, цхьаъ велча, цуьнан чIир кхобу бохуш, кортош, мажош, мIараш йитий, акха адамаш санна, лела. Амма шена санна, доьзал а, йиша-ваша а, Iалам а, къинхьегам а, доцца аьлча, хIара дуьне а дезаш дIакхелхинчун цхьа кIеззиг ханна мукъана а хьурмат дича, дийна бисинчу доьзалан чевнаш Iовжорах, уьш кIаргъярх лардала мегар дацар-те, олий хета-кх. И ловзар, и синкъерам цхьа иттех денна тIаьхьатеттича галдала хIума дац. Веллачун хьурмат дар, цуьнан доьзалан деган чевнашна дарба лахар, цунна хиллачу бохаман дакъа кхачар адамийн адамалла, оьздангалла ма ю.

ХIинца гой хьуна, тIаьххьара кIант велла висина со а, тIера да велла дисина бераш а хIокху бохамо кийра цIе йиллина хьийза, ткъа и нах ловзар деш, ченан кIур гIаттийна, юьрта баьхки. Кхузахь хIоьттина хьал шайна хиъча, уьш-м иштта ца бахка а мегара. Оцу гIалатах ларбалархьама бовларий вайн дай-м хьалха говрашкара охьа а буьссий, церан урх лоций, гIаш буьйлалой нехан юьртахула чекх.
Мегар дацара ткъа, и хIинца бахана кхечу юьртара нах, шайн ловзар а, хьоькху маьхьарий а совцийна, нехан юьрта юккъехула тийна чекхбевлла баха? Ткъа хIара суна тIаьхьа кхаьчна богIу нах а, цунна даьккхинчу коша улло сан кIентан дакъа охьа а диллина, кешнашкахула кхерста буьйлалур бу. Шайн беллачийн кешнаш тIе хIуьттуш. Царна доIанаш деш. Оццул шайна уьш дагахь лаьтташ хилча, тахханналц хIун деш Iара хIорш кхуза ца богIуш? Я цхьацца берш, кешнашкара бухабирзича, я тезетара дIабевлча къаьркъа мала боьлху. ХIинцца соьга кадам бина, соьгарчу бохаман шега а дакъа кхаьчна бохуш, къамел дина сан кертара дIавахана стаг цхьа сахьт даьлча ши бIаьрг мустбина, халла ирахь лаьтташ хир ву.
Сийсара тIаьххьара а дIадирзина кхуза тезета листалу адам. Сийсара, суьлхьанаш хьовзош, сагIа а доккхуш, диъна IумхагIеран божалахь тIаьххьара дисина шинара а.

Хаа Далла дика хуур ду иза, амма со резавоцуш хIума ду, тIера да велла бисинчу доьзалан кертара даьхний, сагIадоккху бохуш, дойуш даар.
Оцу тIаьххьарчу шинарин жижиг шаьш дууш, наха ойла а ца йора, кертахь кхин йиъ берг яьттIа бежана а доцуш, кхораш санна, кегийчу ялх бераца юьсучу Хедин. Мел хала хир ду цунна шиъ хьовха, уьш цхьаъ юхаметтахIотто. ХIинца цхьа етт иэца гIерташ, масех шарахь доьзалан рицкъа хедо деза-кх цо.
Цхьаьннан кIантана зуда ялийча ловзар до. Цига боьлху вайнах безчу механ даккхий совгIаташ оьций. Арахьара йиша-ваша а, бевза-безарш а богIу. Массара шайн декхар лору керла даха хуучу шина адамана гIоьнна пхи сом, туьма далар. Ца делча, иэхь ду, олу. Хаза гIиллакх ду иза. Ткъа цхьаммо гIо ца лаьцча а дахарехь шайна некъ баккха ницкъ болчу оцу къоначу шина адаманачул иштта гIо мел чIогIа оьшу, тахана сан кIентаниг санна, кхетта тIера да а велла бисинчу доьзална, я со а, йоккхастаг а санна, кIант велла гIорасиз дисинчу дена-нанна. Амма ишта бисинчу доьзална кIезиг кховдайо сом-ком.
Зударий – боьлхий, божарий – доIанаш а дой, шайн-шайн хIусамашка дIабоьрзу. Сан кIант-м вицвелла царна, иза дIа а воьллина, кешнашкара ара ма-бевлли. ХIаъ, неI чIаьгIча арахь дуьсург вон дац.
Ма нийса аьлла-кх вайн дайша и дешнаш!

Мескита. 1970 шо

Вайнах №2, 2017

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх