Ахматукаев Адам. ТӀаьхьенна дуьсур ду

(Сатуев Хьусайнах дагалецамаш)

Иза тхайна хьеха волалучу хенахь лакхарчу классашкарчу дешархошкара цунах лаьцна цхьа «къайле» хезнера тхуна. Шаьш урок ца Ӏамийча, вайн историх муьлхха а цхьа хӀума хоттуш хилла цара нохчийн мотт, литературий хьоьхуш волчу Сатуев Хьусайне. Шен предметаш йовзарал совнах, истори а дукхаезаш волчу хьехархочо, дешархой шайн орамашна «тӀекхиа» гӀерташ хиларх самукъа а долий, дехха дуьйцуш хилла. Амма иза дукха «чуьраволий», урок дӀайолуш хилла, цӀахьъелларг ца Ӏамийна дешархой шианнаш дахарх кӀелхьара а бовлуш.
И хезна болчу сан накъосташа соьга а дийхи-кх цкъа, шаьш Ӏамоза даьхкича, хӀуъа хаттий а, цхьаъ хаттахьа Хьусайне, аьлла. ХӀетахь-м со стихаш язъян волавелла а вац, цунах юкъарлонна бахьана хетадала, делахь а сох цхьа дегайовхо хиллачух тера дара церан. Дага кхин гӀолехь хӀума а ца деана, сайца пионерийн лагерехь садоӀуш хиллачу теркйистерчу шина гӀалгӀазкхичух хаьтти ас, цӀенна нохчийн мотт буьйцуш бара-кх уьш, оьрсий а хиллий техьа, я нохчех хилла оьрсий бу техьа уьш, аьлла. Оцу «кӀорггерчу» хаттарна жоп луш, геннара схьа дийца долийна, урок чекхъер ю моьттура суна а. «Иза-м цецвала хӀума дац, – элира Хьусайна. – Нохчийн берашца цхьаьна хьалакхиъна хир бу, цундела вайн мотт Ӏемина хир бу. Уьш-м вайн юьртахь а бу, нохчийн мотт хуу оьрсий», – аьлла, масална цхьа-ши цӀе а яьккхина, цӀахь Ӏамо елларг хатта волавелира хьехархо. Оха шена дан хьовзийнчу хӀилланах Хьусайн кхетта хир ву-вац бохучунна тӀаьхьакхиъал кхетам а бацара тхан.

Хьусайн ша суна вовзар-м дикка хьалха хиллера. Аьлча а, дуьххьара школе деша со дӀалучу деношкахь вовшашка дистхилар нисделлера тхан. 1968-чу шеран август чекхболуш хилла хуьлу-кх и – тхан девешин зудчо Тоитас сой, шен йоӀ Бирланттий Ӏалхан-Юьртарчу бархӀшеран школе перекличке дигна де. КӀайн кир тоьхна цӀинйинчу школин уьйтӀахь, тхойшиъ довзуьйтуш, Тоитас къамел динарг цуьнан дехойх нислуш волу къона хьехархо а, поэт а Сатуев Хьусайн хиллера. Оццул йоккхачу – тхайна гергахь – школе кхачарх самукъадалар а, жимма ийзадалар а эделла долчу тхойшиннан догхьостуш, эсала иза вистхилар дуьхьал лаьтта суна, цигара цӀадогӀуш йиъначу исс кепек йоккхуш хиллачу морожнин чам санна. Цу хенахьлера а, цул тӀаьхьа хилла а хийла хӀума коьртера дайнехь а.

Сох яздархо хаавала волавалар а Сатуевн гӀоьнца нисделла, школехь доьшуш волчу хенахь: Хьалха-Мартанан районехь цо куьйгалла деш хиллачу къоначу литераторийн цхьаьнакхетараллина юкъавахар а, цигарчу «Ленински правда» (хӀинцалера «Маршо») газетехь дуьххьара зорбане валар а, циггахь библиотекехь баккхийчу яздархошца цхьаьна дуьххьара книгашъешархошна хьалха хӀоттар а. Школера ваьлча, республикан тӀегӀане некъ а цо гайтина суна: «Ленинан некъ» (хӀинцалера «Даймохк») газете а, «Орга» альманахе а, телевидене а. Ткъа 1980-чу шарахь (я 81-чохь дара-те?), Хьусайна хаам а бина, Ставрополехь доьшуш волчуьра цхьана-шина денна цӀавеара со – къоначу яздархойн кхеташонехь дакъалаца. ХӀетахь дуьххьара гира суна алссам цхьаьна гулбелла вайн къена а, къона а яздархой. Кегийнарш юххера цабовзарна а, Хьусайн витина, юьстахвала гӀиллакхехь цахиларна а, цуьнца болчаьрца вахара со – жимхалла эцна – делкъеян. Цаьрца хиллачех цхьа Айдамиров Абузар дагавогӀу суна. Арсанукаев Шайхий, Шайхиев Ӏалвадий, Чахкиев СаьӀиддий а вара моьтту, кхечарах билггала ала хаац.

Керла юкъаметтигаш йозаялар ца хьехийча, оцу кхеташонах соьга кхаьчна маьӀна цигахь дуьххьара хезна долчу Л.Озеровн хӀокху дешнашца ду: «Талантам надо помогать, бездарности пробьются сами». Оцу «гӀо дан» хьакъ болчарна юкъахь хила лаарой, Хьусайна цундела суо цига кхайкхина хир ву аьлла хетарой битина Ӏаткъам хила а мега и. Шен заманан васт хӀоттош, Л.Озеровс аьлларг-м таханлерчу хьолана а догӀу, хӀунда аьлча, поэзиний, стихашний юкъахь башхалла ца гун йозанчаш алссам баьржина дела. Вай долчохь хилла ца Ӏаш, Москвахь арадуьйлучу цӀеяхханчу журналашкахь а го и. Мух-мухха а язйинчу стихашна зорбане йовла маршо хьалха а хилла, хӀинца санна алсам ца хиллехь а. Оцу галдаьллачу хьолах лаьцна дуьххьара Хьусайнера хезна суна – сан хьалхарчу стихашкахь поэзи цахилар цо гайтинчул тӀаьхьа. Ша яздархошна юкъахь дина къамелаш а довзуьйтура цо, цхьацца критически йозанаш а гойтура – зорбане даьхна а, дахаза а – поэзина генара йолчу стихех а, церан авторех а лаьцна. Цхьаболчаьрга юьхьдуьхьал а баьхна и Сатуевс. Бакъдолчунна тӀегӀерта амал-м цуьнан стихашкахь а гуш ю, хьалхарчу гуларшкара дуьйна схьа. Амма цуьнгара и бакъдерш ца товш берш а хилла. Оцу бахьанина хила тарло Хьусайнан кхоллараллах лаьцна иза дийна волуш яздина дукха хӀума цахилар, 80-чу шерашкахь М.Завриевссий, М.Сулаевссий, 90-чу шерашкахь М.Кибиевссий яздинарг ца лерича.

Воккхачух озавалар а, ларвалар а алсам дара хьалха. Буьрса ву бохуш вуьйцуш ца хезнехь а, Хьусайнца йолу юкъаметтиг а воккхачуьнца хила ма-еззара яра сан а, сан нийсархойн а. Иза – хьехархо, тхо – дешархой дара. Баккхийчарна юххехьийза воьлча, цаьргахь хьалха ца гина хӀуманаш ган доладелча, цецвалар хьалхадолу, тӀаккха и воккханиг керлачу кепара вовза волало. Юккъера «херо» мал а луш, тхо дуьххьара гергадалийнарг, хетарехь, 1976-чу шеран аьхка лаьмнашка хилла экскурси яра. Новкъахь Органца масех буьйса а йоккхуш, Доьра кхаччалц хьаладахара тхо Сатуев Хьусайнций, тхайн классан куьйгалхочуьнца Мовтаев Лечиций. Иттех шо хьалха араяьлла шен книга а ийцира Хьусайна Шуьйтарчу туьканахь, иза цигахь караярх кхаъ а хилла. Хетарехь, 1967-чу шарахьлера «Лаьмнийн бер» хилла хир ю и, хӀунда аьлча, «иттех шо» бохург Хьусайна аьлла дара. Цул сов, оцу юьртахь Окуев Шима а нисвелира тхуна тӀе. Тхуна-м иза мила ву а ца хаьара, амма хӀетахь массеран а чохь-арахь хезаш хилла долу Чорин дийцарш яздинарг ву аьлла, Хьусайна вовзийтина хиларехь тӀаьхьо кхийтира-кх, иза Шима хилла хиларх. Оцу дийнахь хьаьрчина, сайна тӀехь бисна бехк а карлабели суна хӀара могӀанаш яздеш. Тхоьца къамеле ваьллачу цхьана жимачу стага, тхо цӀера стенгара ду хиъча, шеца дешначу Сатуев Мусага маршала дӀадалар тӀедиллинера суна. Амма суо хаал хилчхьана цу дийнахь дуьххьара накхармозано ю а тоьхна, коган кераюкъ лозуш хьийзачу ас и тӀедиллар дика схьалаьцна ца хилла – хӀинца а дӀадалаза ду и маршала, Дела къинтӀера вериг хир ву, Муса ваккха-м хьожур вара со (Муса кхалхале и маршала дӀадала кхиира со. – А.А., 2019).

Оцу экскурсехь Хьусайн бахьанехь дуккха а керла хӀума ган а гира, довза а девзира тхуна: лаьмнаш, хиш, бӀаьвнаш, дитташ, бацаш, дийнаташ, ур-атталла, тхаьш буьйцучух къаьсташ мотт буьйцу адамаш а. Яа-мала а тхаьш кечъеш яра тхан, кад-Ӏайг а хӀорамма шена цӀера деъна дара. Хьусайнан кад тхан массеранчул жима бара, тӀобоккхучу машенна кӀел хӀотториг санна. Оха цуьнан тидам бича, забар йира Хьусайна, ша кхузарчу Ӏаламах вузу, юург дукха ца оьшуш, цундела беана ша и жима кад, аьлла.
Дукхахьолахь, ойла цхьанхьа дӀаяхча санна хеташ хилла волу Хьусайн наггахь забарна а тӀера хуьлуш хилар кхин а хааделла суна. Масала, 70-гӀа шераш чекхдовлуш Хьалха-МартантӀехь къоначеран литцхьаьнакхетаралле лелаш Бисултанов Аптий, цуьнан юьртахо Оспанов Къосуммий вара. Цхьана дийнахь, тхайн болх а бина, дӀасадаха арадевлла, райкоман гӀишлонна хьалха лаьтташ дара тхо. Цу шингехь Хьусайнан керла киншка яра, «Йист йоцу аре» бохург. Хьусайна автографан цӀарах Къосумна яздира, моьтту суна, «Лаца ма лаца ден маж, лаьцча, дӀа ма хеца» боху кица, тхо делош, цхьа хаза забар а йина.

Тхан стихех, дийцарех гӀолехь нисъелла хӀуманаш районерчу газети тӀетоха къастайора. Цкъа Хьусайна магийначаьрца цхьа йоцца стихотворени яра сан, «къонахчунна хӀумма а ца оьшу, мокхаз санна, суйнаш лелха дог бен» боху дешнаш долуш. Кехатна лакхахь иза магоран билгало а йина, лахахь – суна гайта – къоламца дина йоза дара, «Бепиг а оьшу», аьлла. Цхьана агӀор, забарна санна яздина дара и, вукху агӀор – суна хьехар а дара, цул тӀаьхьа цо хийлазза карладаьхна долу: «Къонах бохучу дашца ларам хила беза. Иза дицдан а мегар дац, ца догӀучохь эрна хьехош, эвхьаздаха а мегар дац».
Яздархошца цхьаьнакхетарш кест-кеста хуьлура ас дешначу школехь. Массо а агӀор аьтто хиллера тхан: Хьусайн а тхан вара – уьш кхайкха, школан директор Султан Джунидович а цуьнан ваша вара – уьш тӀелаца, ткъа библиотекарь Асет (Арафат Саидовна) оцу балхана чусадиллина а яра. Цхьаьнакхетар долош, дешархошна хьеший бовзуьйтуш, оьрсийн маттахь вистхила волалора директор. Ша бохург дешархошна ца хазийта гӀерташ а, хьешех бехк лоьцуш а, балдашна юккъехула даккха хьийзош, Хьусайна вешига олура: «Нохчийн маттахь… нохчийн маттахь…», – олий. ТӀаккха нохчийн матте а доьрзий, дӀадоьдура цхьаьнакхетар: дукхе-дукха долчу къаьмнийн литературашна юкъахь нохчийн литературо лелочу маьӀнах Мусаев Мохьмада дуьйцуш; зуда-ламанхочун васт кхуллуш, ша язйина стихаш Ахматова Раисас йоьшуш; «Сайн кучахь гӀур ву со муьлххачу тойне» бохурш Шайхиев Ӏалвадис йоьшуш; Л.Толстойн «Анна Каренина» романера кийсик Боков Ахьмада йоьшуш (ша гӀалгӀайн маттахь язйечарах вай дика кхетар доцу дела)… Иштта дӀа кхечара а.

Ур-атталла, тхо школа яьккхина довлуш а, тхуна совгӀатна тӀаьххьарчу суьйрене Арсанукаев Шайхи валийра Хьусайна. «Кхийти со» боху стихаш йийшира Шайхис. Керлачу дахаран ринжане кхаьчначу тхуна и стихаш цо цхьана билггалчу маьӀница хаьржина йоьшуш санна хийтира. Дахаро цӀенна мел гена дахарх, тхаьш мичара-муьлш ду оха дицдан цадезар хьоьхуш санна дийкира Шайхин могӀанаш.
Лаьттаца уьйр яра Хьусайнан. Шен кертахь юьйш-ерзош а вара. Хесахь я бешахь воллуш каравора иза, де сирла долуш и волчу вахча. Дешаран шо чекхдаьлча, баккхийчу дешархошка совхозан арахь асарш дойтуш, практика боху хӀума дара цхьана хенахь школашна тӀедожийна. Ткъа лахарчу классашкарчаьрга школин уьйтӀахь а, кабинеташ чохь а цхьацца кега-мерса белхаш бойтура: стол-гӀант чу-ара доккхуш, йоьхнарг тоеш, кертара нех-хӀума дӀайоккхуш. 4-5 классехь долу тхо оцу «балхара» довлаза а долуш де делкъенга даьлча, асара бахана баккхийнарш цӀабалош схьакхочу машенаш тергалйора оха. Царна тӀера дешархой а, цаьрца масех хьехархо а охьавуссуш, Хьусайн къаьсттина билгала хуьлура: хьаьжкӀийн могӀаршна юккъера даьккхинчу сугӀанах я, уьш нилхайохуш, гулдинчу сийначу гӀодмех бина цӀов хуьлура цо цӀерачу хьайбанна хьалхабилла бохьуш. Цуьнгахь бен ца гора иштта цӀов.
Хьусайн кхечарах къастош кхин хӀуманаш а дара. Масала, «кхетий шу?» аларан метта, «кхетадой аш?» олуш Ӏедал дара цуьнан. Шен цӀарца а билгала вара и: тхо долчу агӀор Хьусайн ца олу, Хьуьсен я Хьусейн олу, цуьнан дуьххьарлерчу «Лаьмнийн бер» гуларна тӀехь ма-яздарра. Хетарехь, Нажин-Юьртан районехь ша болх беш, цигахь ма-хаззара а, кхин а цхьацца ламанан ярташкахь йоккхуш ма-хиллара а язйича, бегӀийла хетта хир ю цунна шен цӀе.

Институт яьккхина а ваьлла, со цӀавирзича, йоццачу ханна школехь балхахь а цхьаьна нисвелла тхойшиъ. Хьусайн Яздархойн союзе дехьавалале йолу хан ю и – 80-гӀа шераш, Брежнев лечу шарахь дуьйна. Иза дӀаваьлча хаьржинчу Андроповс, белхан низам чӀагӀдан аьлла, цхьацца бахьанаш лелийра. Церан цӀарах цхьа гулам тхан юьртахь а вовшахтуьйхира, балхахь берш Культуран цӀа чу дӀа а кхайкхина. Докладаш ян а, бистхила а къастийначу нахана юкъа Хьусайн а язвина хиллера. Ӏедало тӀедиллинарг кхочушдар вайн декхар ду бохучу хоршахь дӀадоьлхучу къамелашна юккъехула Ӏалам лардарх лаьцна «цадогӀу» къамел дира Сатуевс – юьрта юккъехула охьадогӀучу Мартанан тогӀи чохь а, цуьнан бердашца а доллург далхош. «Аш дуьйцурш-м корта ца лозу хӀуманаш дара» бохуш санна, шена гург а, шен сагатдийриг а дара вистхила аьтто баьллачуьра Хьусайна юьртахошка ойлаяйта юкъадаьккхинарг. Ма-дарра аьлча, хӀетахь дийцинчух, и цуьнан къамел бен дагахь а ца дисна. Оцу муьрехь – школехь хьоьхучу хенахь – переменашкахь учительски чу веъча, корехьа теӀаш, арахьежар алсам долуш, ойланаша дӀалаьцна хуьлура Хьусайн. Тхуна хуучу а, цахуучу а сингаттамаша иза хьийзош хилар гуш дара. Корта а кест-кеста аркъал сетто воьллера иза, вортане «къарш» дойтуш санна. 1995-чу шеран 3-чу февралехь хила дезачун билгалонаш хиллера уьш…

ХӀара йозанаш долош, сан дагахь хилларг Сатуев Хьусайнан кхолларалла йийцар ца хиллехь а, билгалдаккха лаьа, иза – кхолларалла – толлучарна бан дуккха а болх хилар. Сатуевс кхоьллинчу васташлахь Даймехкан, къонахчун, ненан, безаман васташ хилла ца Ӏаш, ур-атталла, вайн литературехь цуьнан бен дуй-техьа аьлла, хӀордан, хӀордахочун васт а ду. Оцу массо а васташна юкъахь бӀаьрладуьйлуш, аьрдабӀогӀам санна, авторан васт а ду.
Мацах цкъа, шен 50 шо кхачар билгалдаккха юьрта баьхкинчу хьешашна хьалха Культуран цӀа чохь оьзда вистхилира Хьусайн, ша хӀинццалц динарг шен цхьаннан дуьхьа лелийна хӀума дац, иза тӀаьхьенна дуьсур долуш ду, аьлла. Ша йозанан балхана иркарахӀоттийнарг Сулаев Мохьмад вара, ткъа литературехь шен хиндолчух дог а диллина, хӀетталц язйинарг яго воьлча, шега и ца дайтинарг Ошаев Халид вара, аьлла, тоьшалла а дира Хьусайна. Цуьнга терра, уггаре а суна оьшучу хенахь тӀекхача а, суна гӀортор хила а юххехь Сатуев Хьусайн ца нисвеллехь, литературехь когаваха гӀерташ, ас яьхна эгӀаза гӀулчаш боларе ерзар дахдала тарлора. Таханналц айс-сайх зийнарг гуш, и тоьшалла дан йиш хиларна юьхькӀайн ву со.

Вайнах №2. 2019. печ. версия. №6. 2019. эл. версия

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх