04.06.2015

Ахмадов Муса. Заза даьккхинчу бешахь к1айн ц1а. БархI суьртехь драма.

Дакъалоцурш:

Ахьмдукъа         – да, 50 шо
Совдат        – цуьнан зуда
Адам        – церан кIант
Падам         – церан йоI
Салахь        – жимахволу кIант
Мовла        – юьртсоветан пирсдатал
Корреспондент
Сапарбек
Шофер

Хилам дIабоьду XX-чу бIешеран 80-чу шерашкахь, юьртахь.

Кирхьа хьалаайале хеза йиш:

Вай некъ беш дIаэхарх
Дуьненан маьIIе,
Довзарх а мел долчун
КIоргера маьIна,
Буьйсанна гIиттадеш,
Хьийзадеш са,
Кхетамехь деха вайн
Бераллин цIа.

I сурт

Чохь Совдат, Падам.

СОВДАТ. ДIаяла, йоI, и дага а ма даийталахь…
ПАДАМ. Стенна, мама, неханаш ма боьлху цига.
СОВДАТ. Неханаш бита, сий хилла ца лела хьуна.
ПАДАМ. Стенна?
СОВДАТ. Иштта а.
ПАДАМ. Суна а лаьа, нехачарна санна…
СОВДАТ. ХIун лаьа?
ПАДАМ. Ишколе яха а, вечере яха а…
СОВДАТ. Ишколе наггахь яхча а тоьар ду… ЦIенош деш ду вай… И важа хьеха а ма елахь.
ПАДАМ. Делахь ас кехат яздийр ду.

СОВДАТ. ХIун кехат яздан йоллу хьо?
ПАДАМ. Газете… Со вечере а ца йохуьйту, ара а ца йолуьйту, Iаьржачу Iадатийн боданехь латтайо аьлла.
СОВДАТ. ХIун бода бу ахь буьйцург? ХIун ю цо юьйцург? И дIахазахь, хьайн дас юьйр ю хьо.
ПАДАМ (Ирх кхоссалуш). Юьйр ю, юьйр ю!.. Со йодур ю-кх.
СОВДАТ. Мича яда йоллу хьо?
ПАДАМ. Кху цIера едда дIагIур ю-кх.
СОВДАТ. И хIун ду ахь дуьйцург… И… ХIун ду? Ва-а, сан корта…

Корта а лоций, ша йолччохь охьайоьду.

ПАДАМ. Мама! Ахь хIун до? Собар делахь. Ас хIинцца… Ас хIинцца молханаш дохьу хьуна… ХIан, малахьа, хи малахьа.
СОВДАТ. Ой, схьаба и гIайба…

ДIа а тевжий Iа.

ПАДАМ. Мама, хIинца гIоли хилин хьуна?..
СОВДАТ. ХIаъ, хили…
ПАДАМ. Хьан мерах цIий ду оьхуш…
СОВДАТ. ХIумма а дац, эхийтахьа, сингаттам лахбалар бен, хIумма а хир дац хьуна…
ПАДАМ. Мегар ма дац.
СОВДАТ. ХIумма а хир дац…
ПАДАМ. Ас тIадийна киса дуьллу хьан коьрта тIе.

Чуволу Салахь. НеIарехь хIоьттина лаьтта, нене а хьоьжуш.

САЛАХЬ. Юха а халахетийтина-кх ахь цунна…
ПАДАМ. Хьуна сагатдеш хилла-кх.

Цхьацца дезарш деш хьийза.

СОВДАТ. КIант, хьо мичахь вара?
САЛАХЬ. Со ишколехь вара, буьрканех ловзуш…
СОВДАТ. Цигаьркан хьожа ма йогIу хьох…
САЛАХЬ. Узучарна юххехь Iийна со.
СОВДАТ. Хьан йиш ма яц волавелла лела. ЦIенош деш ма ду вай.
САЛАХЬ. ЦIенош!.. Гуттара а – цIенош!.. Суна кIордийна уьш…
СОВДАТ. Уьш-х шуна деш ма ду, хьуна а, Адамна а. Шу нахах тера хилахьара аьлла…
САЛАХЬ. Тхуна хIара тишанаш а тоьар дара…
СОВДАТ. Шун дена дика хаьа. Цуьнга ладогIа ахь.

САЛАХЬ. ДогIахь а, дукха-м дугIур дац.
СОВДАТ. И хIун ду ахь дуьйцург?.. ДIавала… ЭхI, сан корта…
ПАДАМ (Салахье). Ма лехьа цуьнга, халахетийтича, давлени хьалайолу цуьнан.
САЛАХЬ. Со-м вац луьйш. Мама, ас ахь боххург дийр ду, ахь боххург.
СОВДАТ. Схьавола суна юххе, нана яларг. Схьайола хьо а суна юххе. Иштта охьахаа. Кхуьур ду шу шайна луъург лелон а. Жимма собарде. ДIадаьлча бен дага ца догIу шуна да а, нана а. Массо хенахь шайн ойла ма е. Цу шайн вешин ойла е. Армехь волчу. Маржа Адам! ХIун лелош лела-те хьо? Кехат а ма хьедели цуьнан. Табарике а ца деъна техьа? Яло, йоI, оцу пеша тIера чIепалгаш хьуо лулахошна. СагIано ларво олур-кха стаг бохамах. Салахь, ахьа а яа хьайна хIума…

ЧоггIа неI етта.

АХЬМДУКЪИН АЗ. Арадовла цу чуьра! Арадовла!
СОВДАТ. ХIан, схьакхечи шуна. Дуьло, арадовла. ТIулг бан вахнера иза.
САЛАХЬ. ТIулг. Цкъа а беъна бер болуш-м бац иза…

Араволу. Цунна тIаьхьа – Падам а.

СОВДАТ. Со, жимма гIоли хилча, арар ю ала цуьнга.

II сурт

Арахь ботта болийна бух.

АХЬМДУКЪА. ТIевала, кIант, охьабассабе тIулг.
САЛАХЬ. Самосвал йига ца мегара ахь?
АХЬМДУКЪА. ГIовгIа ма е, гIовгIа. Самосвалаш дIахIиттийна лаьтташ ю-м ца моьтту хьуна. Схьало, йоI, ахь раствор, тIулг схьакховдабе соьга. Мичахь ю шун нана?
ПАДАМ. Иза корта лозуш ю.
АХЬМДУКЪА. Ца оьшшучу хенахь лозу цуьнан корта а.

ВогIий, тIехIутту Мовла.

МОВЛА. Хьо хIун деш ву?! Хьуна Iедал дIадаьлла-м ца моьтту?
АХЬМДУКЪА. Хьуна ца го, со хIун деш ву? ЦIенош деш ву-кх.
МОВЛА. Оцу Орган чуьра массо а тIулг дIалахьийна волуш ма воллу хьо.
АХЬМДУКЪА. Уой, кхин хьан дех дисна-м дац и Орга?! Шена луъучо дIалахьо йиш йолуш бац и тIулг?!
МОВЛА. Бац! Аш иштта тIулгаш дIакхехьахь, Iаламна зен хир ду. Экологи йохайо аш!
АХЬМДУКЪА. Iаламна пайда беш ву хьо, исправкех пхиппа сом а доккхуш.
МОВЛА. Хьайна ца гинарг ма дийца. Харц цIе кхолла гIертар законехь таIзар деш ду! Кхин цигара тIулг ма балахь!

ДIавоьду.

АХЬМДУКЪА. Эхь ду хьуна, соьга и баийтахь! Сан воьалгIачу дас Товболата йиллина хьуна хIара юрт. Ткъа хьан деда Махьма кху юьртахь беже веъначохь висна ву. Наха, къа а хетта, астагIа СегIират а яхийтина. Хезин хьуна!
САЛАХЬ. Ца хеза хьуна. Генаваьлла иза.
АХЬМДУКЪА. Ца хазахь, охьабассабай вала тIулг, катоххий. Хезий шуна цо дуьйцург? Лаа ма ца лаьа цунна вай нахах тарлойла. Вайн ворхIе да а ма ца хилла цхьаннал а оьшуш.

САЛАХЬ. ВорхIе да мухха хилча а, хIун бен ду?
АХЬМДУКЪА. Ас хоуьйтур ду хьуна, хIун бен ду! Вала лелий! ТIулг схьаба, йоI. Хьо, гIорийча санна, лаьтташ ма ю.

Ков детта.

Яло, хьажа мила ву, кхара болх бан вуьтур а вац.
ПАДАМ (ДIа а йоьдий, сихха юха а йогIуш). Адамера кехат деъна. Ас деший?

Тийналла.

АХЬМДУКЪА. Чу а дахна, шун нанна а хозуьйтуш, доьшур ахь. КIант, хьо, сихха чекх а валий, чувола.
САЛАХЬ. Дика ду.

Чубоьлху.

III сурт

Чоь. Падам кехат доьшуш ю.

ПАДАМ. «…Кхузахь хала хIума а дац. Хьайл лакхарчунна честь делчхьана. Са ма гатде».
СОВДАТ. ИйтI, нана яла хьан. Хала хилча а, хоуьйтур долуш а ма вац.
ПАДАМ (КхидIа а доьшу). «…Наха цхьацца хабарш дуьйцу хир ду, кхузахь хаддаза тIом бу, кхузахь бандиташа тешнабехкаца салтий бойу бохуш. Цаьрга ладоьгIуш, суна са ма гатделаш. Кхузахь хала хIумма а дац. Дада, хьан могашалла муха ю? ЦIенош долийна бохуш яздо аш. Дукха шайна ницкъ ма белаш, со цIа веъчхьана, дийр ду вай…»
АХЬМДУКЪА. Ницкъ бийр болуш бац хьуна хIорш-м. Ахь ца аьлча а…

ПАДАМ. «Мама, хьо муха Iа? Корта-м ца лозу хьан? Гуттар а корта лозуш хуьлур-кха хьо. Со цIа веъчхьана, Москох лоьрашна тIе а йигна, ас цхьа дарба лохур ду хьуна…»
СОВДАТ. Нана яла хьан, нана яла хьан! Хьо цIа веъна де гур дуй-техьа.
САЛАХЬ. ХIинца елха ма йолалолахь. Корта лаза бер бу хьан.
ПАДАМ. «…Ашшимма дика дешалаш, баккхийчара бохучуьнга ла а догIа».
САЛАХЬ. Дика муха доьшу, ишколе вохуьйтуш а ца хилча?
ПАДАМ. «…Маршалла ло со хаьттинчаьрга массаьрга а. Со кестта цIа вогIур ву».

Тийналла хIутту.

АХЬМДУКЪА (Эххар а, цхьа хан яьлча). Мел хан йисна и цIа ван?
СОВДАТ. Тахна хIун де ду?
ПАДАМ. УьтталгIа октябрь.
СОВДАТ. УьтталгIа делахь, цхьа буттий, итт дей дисна-кх и дIавахна ши шо кхача.
САЛАХЬ. Цхьаверг хье а ло.
ПАДАМ. Цхьаверг хьалхе а воуьйту цIа. ХIан, собарделаш. Кхин цхьа жима кехат а кхоьссина кху чу.
АХЬМДУКЪА. ХIун ду цу тIехь?

ПАДАМ (Кехат тIе а хьоьжуш). «…Ас дIавоьдуш дIадоьгIна Iежийн синтарш даккхий хиллий? Падам, уьш бежнашка даа ма даийталахь».
САЛАХЬ. Уьш-м тоххарехь дIадаьхнера.
АХЬМДУКЪА. ЦIенош деш хилча, дIа ца даха йиш ма яцара уьш. Керланаш дугIур ду-кх. ХIан, дуьло. Болх бан беза.
СОВДАТ. Тховсенна битахьа и болх.
АХЬМДУКЪА. Стенна?

СОВДАТ. Садайна вайна, йоI хитIа яха а еза. Дечиг а ду даккха дезаш.
АХЬМДУКЪА. Со цIа валлац хIун деш Iийна шу?
СОВДАТ. Цхьацца деш Iийна хьуна. Яло, йоI, хитIа гIо, сагIийна лулахошна и чIепалгаш а хьош. Ткъа ахь, кIант, дечиг даккха.

Падам, Салахь арадолу.

АХЬМДУКЪА. Хьан корта стенна лазабаьлла?
СОВДАТ. Хаац. И ши бер дукха тIетеIон мегар дац оцу балхана…
АХЬМДУКЪА. ХIан, хIинца дIайолаели хьуна. Со сайн дуьхьа лелаш ма вац, зуда. Иза хьуна а хаьа.
СОВДАТ. Делахь а оцу берашна хало хуьлу-кх…
АХЬМДУКЪА. ХIун хало? Дага ца догIу хьуна, вай кегий долуш… Наха дIакхийсинчу нехаш юккъехь цуьргаш лехьош лелла?..
СОВДАТ (Корта лоцуш). ОхI-хI, ма дийцахьа.

АХЬМДУКЪА. Ткъа вайшимма, вовшахкхеттачу шина шарахь хьегна къа дага ца догIу?.. Тхан шичин керта а хиъна…
СОВДАТ. ДогIу дера, суна я поппар хьаха а ца хууш, я межарг бан а ца хууш. Ахьар хьакхийча, вошахлетарий ткъа… Туй тоьхча а.
АХЬМДУКЪА. Цундела цаьрга и халонаш ца лелаяйта гIерташ ма воллу со… Адам а ву, катоьхна зуда а ялийна, охьахао везаш. Ши пIелг санна, шиъ бен вац. Хьалххе доьзалхо хилча, накъост хир вара царна…
СОВДАТ. Хуьлда-кх церан уьш дуккха а, цхьалха висна, ша кху дуьненчохь лелачул, валар гIоли ю…

АХЬМДУКЪА. Ша билгалъяьккхина йоI юй кхуьнан?
СОВДАТ. Ю, цо кехаташ кхоьхьуьйтуш, Билалин йоI Табарик ю.
АХЬМДУКЪА. Нана дукха сеттина стаг ю-кх цуьнан, да а ву шен зудчуьн бага хьаьжжина.
СОВДАТ. Мегар ю хьуна. Нехан юьртара, мила ю а, хIун ю а ца хуург ялийна лелачул.
АХЬМДУКЪА. Шен юьртара тоьлу… ХIан, со араволу, Iаржъялале цхьа тIулг дIабиллар а ду гIуллакх.
СОВДАТ. ТIулг беа ахь?
АХЬМДУКЪА. Беа. Дика гIулакх до цу кIанта, Илеса… Веза велахь а. ХIинца цемант а, гIум а цо еънехьара…

Араволу.

IV сурт

Цхьа бутт дIабаьлла. Гуьйренан тIаьххьара бутт. Болх бу беш.

АХЬМДУКЪА. Схьакховдабе тIулг. Схьая раствор. Ма латта, кIант.
САЛАХЬ. Ва-а, Дела, цкъа а боьттина бер буй те хIара бух?!
АХЬМДУКЪА. ХIун ю цо юьйцург? Лелий вала.
СОВДАТ. СадаьIча хIун дара-теша?
АХЬМДУКЪА. Собарде, хIара цхьа тIулгийн могIа чекхбалийта.

Оцу хенахь, схьавогIий, зIара йисте дIахIутту Адам, тIехь салтийн хорма а йолуш. Массо а шайн болх беш ву, иза ган а ца гуш.

АХЬМДУКЪА. Схьая раствор, схьакховдабе тIулг, лелий ва…

Эццахь, Адам а гой, ша волччохь тасало. Массо а дIахьожу. Салахь, Падам, шайн карара гIирс охьа а тосий, тIехьодий, мара кхета.

АДАМ. Падам, Салахь, шуьшиъ-м доккха хилла.
АХЬМДУКЪА (Йовхарш а тухуш). Схьанехьа вала, кIант.
АДАМ (Верриг къажа а къежна). Де дика дойла хьан, дада.
АХЬМДУКЪА. Схьа сехьавала, кIант.

Адам тIеволало дений-нанний. Иза астагIа ву.

СОВДАТ. Нана яла хьан, Адам. ХIун дина хьан когана?
АДАМ. ХIумма а. Жимма лазийна.
СОВДАТ (Йоьлхуш). Нана яла хьан. Даго хьоьхур-кха суна…
АХЬМДУКЪА. ДIаяла, зуда, кху кертахь тезет а ца хIоттош. КIант могаш а ву, маьрша а ву. Хийла кхул доьхнарш кхаьчна нахана тIе… ТIаккха, кIант, хIун лелий ахь?
АДАМ. Лелла, схьавеа-кх…

АХЬМДУКЪА. Ледара-м ца хили хьо?
АДАМ. Ца хили.
АХЬМДУКЪА. Иза дика ду.
АДАМ. ХIара бух ма боккха болийна аш.
АХЬМДУКЪА. ЦIийнан уггаре а коьртаниг бух ма бу. Бух онда хилча, цIенош дика хир ду. Хьажал хьо, хIокху агIор йиъ чоь, кху агIор йиъ – бархI чоь а йолуш, юккъехь учи а йолуш, гIишло хир ю…
АДАМ. И сан ши Iаж…
АХЬМДУКЪА. И шиъ дIабаккха дийзи, гIишлонна новкъа бара уьш… ЦIийна тIехьа бугIур ахь.
АДАМ. Новкъа бара, хIаъ… Дика ду…

СОВДАТ. СадаIийтахьа кIанте, тIаьхьа юьйцур ахь хIара гIишло.
АХЬМДУКЪА. ХIан, вало, чоьхьадовлу вай.
СОВДАТ (Кех арахьаьдда йоьдучу Падаме). Ахь хIун до, йоI?
ПАДАМ. Кхаъ баккха йоьду со.

Чубоьлху.

V сурт

Кхин масех бутт баьлла. Чохь Совдат а, Адам а.

СОВДАТ. Доккха хIума ду-кх цу кIанта сан дуу са… Мича вахна техьа, хIун леладо техьа? Хьажа ца хьаьжира хьо?
АДАМ. Хьаьжира. Цхьанххьа а ца вахна, схьавогIур ву хьуна.
СОВДАТ. И гина стаг вац-теша? ШолгIа буьйса а ма ю…
АДАМ. Стомара гина. Лакха юккъерчу Ахьъядан, Бакъин шина кIантаца…
СОВДАТ. Кхуьнан хIун гIуллакх ду цаьрца? Церан хенара ма вац хIара. Деш-дуьтуш доцуш, буьйлабелла лелачаьрца…

Оцу хенахь, неI а йоьллий, чуволу Салахь. Къежа а къежаш,
неIарехь лаьтта.

СОВДАТ. Хьо мичахула лелаш ву, нана яларг?

Салахь, вист а ца хуьлуш, къежаш лаьтта.

АДАМ. Хьо мичахь вара? Мотт сецна хьан? Мичахь вара хьо?
САЛАХЬ. Арахь.
АДАМ. Мичахь?
САЛАХЬ. Арахь. С кентами… Хаза-м бу вайн Даймохк. Буй?

Воьлу, гIад а оьхуш.

СОВДАТ. ОстопируллахI, остопируллахI! Хьераваьлла шуна, хьераваьлла! Вай, нана яла хьан, хIара дара хьуна суна тIекхачаза диснарг.
АДАМ. Суна хаьа хьуна, кхунна хIун хилла-м.

ТIе а воьдий, хIума туху. Кхин а, кхин а.

СОВДАТ (Юкъа а эккхаш). ДIавала, хIун дан гIерта хьо? Вуьй ахь иза. ДIавала.
АДАМ. Боьха хIума. Суна дукха гина хьуна хIара тайпа хIумнаш… (Юха а етташ). КIомал оьзна, жIаьла…
СОВДАТ. ДIавала, дIавала. ЭхI, сан корта…

Охьайоьду.

АДАМ (Цунна паднар тIе дIаяха гIо а деш). Хьайн корта ма хьийзабехьа хIара боьха хIума бахьанехь. Иштта дIатовжахьа.
СОВДАТ. ЭхI, эхI, кхин ма тохалахь цунна. Хьан дас а йиттина, хьо цIа валлац. Толуш хIума а дац, ша гал ца далахь. ЭхI…
АДАМ. СадаIа ахь. ХIан, хIара молханаш ду хьуна. Кхузза, сехьа чу а ялий, дIатовжахьа. Сан кхуьнца къамел ду.
СОВДАТ. Адам, хьо дика а вуй, кхин ма тохалахь цунна.

Дехьа чу йолу. Тийналла хIутту. Соне а хебна, Iаш волу Салахь велха волало. ГIеххьа и воьлхуьйтуш а Iай, Адам вистхуьлу.

АДАМ. Тоьар ду хьуна. Сацийта! Маца дуьйна волавелла хьо? ХIан?
САЛАХЬ. Шо кхоччуш доллу.
АДАМ. Айхьа лелориг хIун ду хаьий хьуна? Хьо саца ца сацахь, хьуна оцу хьаьжа юккъе топ ца тохахь, дан хIума а дац хьуна.
САЛАХЬ (Велха а волалуш). Топ тохахьа суна, тохахьа!
АДАМ. Сацийта! Зудабер! Стаг хила гIорта. Стаг. Вайша шиъ бен ма вац. Вайшиннах стаг хилахьара бохуш, са бага а кхаьчна, хьийзаш ма ву вайн да а. Ткъа хьо…

САЛАХЬ. Адам, Адам… Иштта чIогIа дов ма дехьа… Хьалха мел дика дара, Адам. ДагадогIий хьуна? Вай кегий долуш. Дадас вайна жижиг доькъуш хилла, Падам тIехьа а ерзийна. «ХIара хьенан ду?» – олуш… ДагадогIий хьуна, Адам?
АДАМ. ДагадогIу… ДаьIахк тIе пIелг а хьажийна, хаьттича, Падама хьан цIе а яьккхина, хьо вилхина а.
САЛАХЬ (БIаьрхишна юккъехула вела а къежаш). ХIаъ, хIаъ… Со велха а воьлхуш. Мел хаза дара хIетахь. ХIинца хIунда дац?.. Вайша гуттар цхьаьна вуьжура… Ахь суна туьйранаш дуьйцура…

Воьлху.

АДАМ. Велхарх, хIумма а толур дац… И хьан марздина хьуна?
САЛАХЬ. Цхьана дийнахь… эвлайистехь Iара со… Дадас етта а йиттина, лечкъина кино вахна аьлла… воьлхуш. ХIетахь цо элира… массо хIума дицдеш, самукъа дер ду хьан… оза…
АДАМ. Самукъаделирий хьан?
САЛАХЬ. Корта хьийзира, Iетта а вира… ТIаьхьа дIавуьлийра…
АДАМ. Ткъа хIинца хIун дан дагахь ву хьо?

Тийналла.

САЛАХЬ. Юьтур ю ас.
АДАМ. Йита, кхийтирий хьо? Тахана дуьйна, ахь кхин и озахь, мегар дац хьуна. Хьайн ден сий, хьайн ворхIе ден сий дайа ма гIерта. ХIун ду дас йиттича? Хьо ца везаш ца йиттина хьуна. Хьо кхаба гIерташ, хьо нахах тарван гIерташ лелаш ма ву иза… Кхийтирий хьо? Хьуна хала хир ду хьуна и йита. ХIумма а дац. Атта суна а дацара хьуна, накъостий буха а бовлийтина, тIом беш а сецна, настарх чов а хилла, текхаш, малхо еттинчу арахула, хьогаллина бага вовшах а летта, текхаш вогIуш. ХIетте а со цIа веъна… Гой хьуна? Цу арахь а ца вуьсуш… Хьо а цIа вола, мел хала делахь а. Вай цIахь ма оьшу, вайн дайшна, наношна, юьртана а… Кхийтирий хьо? Кхийтирий хьо?
САЛАХЬ. ХIаъ, кхетта, кхетта.

Воьлху.

АДАМ. Цу арахула со, текхаш, схьавогIуш, кхетамчуьра мосазза волу… суна дуьхьал хIуьттура и ахь дийцинарг. Вай кегий долуш, дадас вайна жижиг декъар… Сан мел чIогIа сагатделлера шу ган. ХIара вайн цIа а гора суна кест-кеста гIенах. Заза даьккхинчу беша юккъехь жима цIа.
САЛАХЬ. ХIинца хир дац иза… Вай тIулгех цIа деш ду. Беш а ах дIаяьккхина.
АДАМ. ХIумма а дац. Беш керланиг югIур ю. Вайшиннах стаг хилчхьана, массо хIума а хир ду. Кхийтирий хьо?
САЛАХЬ. Кхетта. Кхетта.

VI сурт

Чохь Совдаттий, Ахьмдукъий.

СОВДАТ. ОхI, охI, сан корта! Эккхаш боллу хьуна, эккхаш. ХIун леладо теша оцу кIанта, хIун? Ши буьйса дIаяьлла-кх, ши буьйса.
АХЬМДУКЪА. КIант… КIант хуьлу цунах? Суна ца хаьа, и иштта стенна ву. ХIун оьшу? Даа а ду, мала а ду. ТIедуха а ду… Къонахчун хIума дац цуьнан цхьа а.
СОВДАТ. Нана яла цуьнан, нана… Жима ма ву иза, кхетар ву хьуна, кхетар ву, воккха хилчхьана.
АХЬМДУКЪА. Кхетар вац, зуда, кхетар вац. Цхьа юьхьIаьржо тIеян воллу. Дала ца бича, хуьлуш ца хиллера аьтто а. Дера ца хиллера.

Чуволу Адам. Иза, вист а ца хуьлуш, лаьтта.

СОВДАТ. Адам, хьо вист а ма ца хуьлу? Карийн хьуна, нана яларг?
АДАМ. Карий.
СОВДАТ. Ткъа цIа стенна ца валийна ахь? ХIан? ХIун хилла цунна? ХIун хилла?
АДАМ. ХIумма а ца хилла… Милицехь ву.
СОВДАТ. Милицехь… ХIун дина цо, нана яларо?.. Летта хир ву.
АДАМ. Ца летта. ГIалахь цхьана нехан квартири чу ваьлла хилла.
СОВДАТ (Йоьлхуш). Вай, нана яла хьан! ХIун ца тоьаш вахна хьо? ХIун ца тоьаш?
АХЬМДУКЪА. ГIовгIа ма е, зуда… Ша цхьаъ хилла иза?

АДАМ. ХIан-хIа. Шен ши доттагIа а хилла. Ахьъядан, Бакъин шина кIантаца.
СОВДАТ. ХIаъ, цу шимма талхий и кIант. Нана яла хьан, хIинца хIун лелон воллу хIара?
АХЬМДУКЪА. Къамел деш гин хьуна иза?
АДАМ. Гира. Шена хIумма а дага ца догIу боху. КIомал оьзначух тера ду…
АХЬМДУКЪА. Делахь, гуттар а таделла хьуна вайн гIуллакх.

НеI етта.

Хьажа, аравалий.

Адам араволу. Ахьмдукъа корах арахьожу.

АХЬМДУКЪА. ХIокхо хIун леладо? ХIара вара хьуна кхузахь оьшург.
СОВДАТ. Мила ву иза, стаг?
АХЬМДУКЪА. Мовла ву-кх. Юьртда. Шеца цхьа зуда а йолуш. И кIант лаьцна аьлла хезна вогIу хьуна.
МОВЛА. Дика мел дерш кху чу!
АХЬМДУКЪА. Диканца дукха вехийла! Шу лаа лелий?
МОВЛА. Жимма гIуллакх хилла.

АХЬМДУКЪА. Охьаховша, охьаховша. ХIара ма ца евза суна, Мовла…
МОВЛА. ХIара гIалара еъна корреспондент ю.
КОРРЕСПОНДЕНТ. Тамбиева Падам шун йоI юй?
АХЬМДУКЪА. Ю. ХIунда бохура ахь?
КОРРЕСПОНДЕНТ. Иза а оьшур ю вайна, къамел деш.
АХЬМДУКЪА. И стенна оьшу?
КОРРЕСПОНДЕНТ. ТIаьхьа хуур ду шуна, схьакхайкха аш.
МОВЛА. Схьаялае, схьаялае.
СОВДАТ. Эцца арахь хир ю хьуна иза, кIант.

Адам, ара в олий, Падам а ялош, чувогIу.

КОРРЕСПОНДЕНТ. ХIара кехат ахь яздиний?
ПАДАМ (Йоьхна). Яздина.
СОВДАТ. Ва-а, Дела! Хьо юьхьIаьржо!
АХЬМДУКЪА. Ма е, зуда, гIовгIа!
КОРРЕСПОНДЕНТ. Кху кехат тIехь шун йоIа Падама яздо, ша аш ишколе а ца йохуьйту, дискотеке а ца йохуьйту бохуш. Етта а етта бохуш… Бакъдуй иза?
СОВДАТ. Хьан дижа хьайн дакъа! ЮьхьIаьржа хIоттий-кха цо со.
КОРРЕСПОНДЕНТ. Бакъдуй иза?

ПАДАМ. Бакъду хьуна! ХIорш со Iаьржачу Iадатийн боданехь латто лууш бу. Ткъа суна серло еза, нехачарна санна. Цкъа дискотекехь хелха яьлла аьлла, суна йиттира хьуна.
СОВДАТ. Хелха яла оьзда. Мар-мара бахна деш дерг ду хелхар?.. Зудабер эвхье ма ду… Хьо юьхьIаьржо, юьхьIаьржо.
КОРРЕСПОНДЕНТ. Э-э-э, хIусамнана, иштта мегар дац, иштта… Хьо кху заманан гIиллакхашна дуьхьалъяла гIерташ ю.
ПАДАМ. Ю хьуна, ю хьуна, кху заманна дуьхьал. Делахь а со-м Iийр яц кху боданехь. ТIам тоха, зуда-ламанхо!.. Суна а лаьа тIам тоха. Ширчу Iадаташца къийса! Уьш, аьтта, дIадаха!

АХЬМДУКЪА (Хьала а эккхаш). Адам-йилбаз, ас дуьйр ду хьо!
ПАДАМ (Хьешана тIехьа а лечкъаш). Хьажал хьо, хьажал… Иштта сох лета хьуна иза.
АХЬМДУКЪА. Адам-йилбаз! Везандела, хIара хIун ду-техьа? Дуьне духуш ду-техьа вайна? Хьан хьайн доьзалхочух адам-йилбаз хилча, доьхна дац хIара?
КОРРЕСПОНДЕНТ. Э-э, хIусамда, хьо нийса вац. Падамах цIеяххана артистка хир ю. Вайн махкана а, юкъараллина а пайдехь а йолуш. Эсамбаев Махьмуд санна… Кхуо шен кехат тIе яздо, шена арстистка хила лаьа бохуш. Ас кхуза ян новкъа ялале дийцина Падаман гIуллакх культурно-серлонан училищен директорца. ХIинца оха хIара дIаюьгур ю.
АХЬМДУКЪА. И хIун къамел ду?! Хьайниг йига ахь, хьайна луъучу.
КОРРЕСПОНДЕНТ. Сайниг а юьгур ю, йига езахь. ХIара а юьгур ю.
АХЬМДУКЪА. Сан доьзалхо соьгара ваккха гIерта шу?!

МОВЛА. Ахьмдукъа. ГIовгIа ма ехьа! Хьан йоI деша юьгуш ю, деша! Хьо дуьхьалвалахь а, Iедало, хама а ца беш, юьгур а ю. Эшахь, хьо а вуьгур ву, со а вуьгур ву, массо а вуьгур ву. Кхийтирий хьо?
АХЬМДУКЪА. Со кхето ма гIертахьа, Мовла, сан доьзална юкъа а ма гIертахьа…
МОВЛА. Хьаштдоцург дуьйцу ахь, Ахьмдукъа. Хьо санна болчара иштта хьаштдоцург а дуьйций, махкана а, халкъана а зулам до… Вай цIера а дахийтира…
АХЬМДУКЪА. И зулам со санначара шайн доьзалийн дола дарх хуьлуш дац хьуна, Мовла. Иза хьо тайпачара а, хьол лакхарчара а дан ма деззара шайн куьйгалла цадар ду хьуна.
КОРРЕСПОНДЕНТ. Накъостий, шун йоI цхьанххьа а харцахьа юьгуш яц, деша юьгуш ю. Яло, вовшахтоха хьайн хIумнаш.

АХЬМДУКЪА (Сонехь лаьтта топ схьа а оьцуш). Яхийта кху чуьра. Ас топ еттар ю шуна! Адам-йилбазаш!
МОВЛА. Ахь хIун до? Вухаверза!
АХЬМДУКЪА. Яхийта, боьха хIумнаш!

Корреспонденттий, Мовлий араэккха. Царна тIаьхьа арахьоду Ахьмдукъа а. Адама етта Падамна. Иза тIаьххьара а, карара а йолий, йоду.

VII сурт

Чохь Совдаттий, Ахьмдукъий.

СОВДАТ. Хьо тIаьххьарчу хенахь чIогIа вочаваьлла. Оцу балха тIехь чIогIа ницкъ бо ахь.
АХЬМДУКЪА. Ца бо хьуна ас иза, оцу балхаца кхин бала а болуш-м. Сагатлуш дIаволлу-кх. Балхо вицво, хIотталц бича.
СОВДАТ. Стенна сагатдо оццул? Нахана тIекхачаза дерг ца кхаьчна вайна тIе а. КIант чувоьллина ву, йоI доьшуш… Цул доьхнарш масане ду уьш?
АХЬМДУКЪА. Уьш дерриш а вайна тIекхача аьлла а ма дац.
СОВДАТ. Уггаре доьхнарг хIокху воккхачо лелориг ду. Маларх ветталуш… Билалин йоI а яха, кхуьнца дийцина дош доллушехьа…

АХЬМДУКЪА. Шен даватIа цуьнан, цунна тIехь кхачалуш-м бац и зударий?..
СОВДАТ. ЧIогIа ма дийца. Дехьачохь вижна ву иза.
АХЬМДУКЪА (Аз а лахдеш). ХIан-хIа. Адам иштта ледара вац. Ас къамел дийр ду цуьнца. Иза кхетар ву сох. Тахханехь дийр ду ас цуьнца къамел.

Араволу. Жимма тийналла лаьтта. ТIаккха дехьачуьра схьавогIу Адам. Корта а оллийна, аравала дIаволало.

СОВДАТ. КIант!
АДАМ. ХIун боху ахь?
СОВДАТ. Схьавола. Охьахаал сунна улло.

Адам, воьдий, охьахуу.

Айхьа лелориг дош хетий хьуна?
АДАМ. Ца хета.
СОВДАТ. Оцу хьайн дех къахетахьа, ерриге а дегайовхо хьоьца ма ю цуьнан. И гIам маре дахар сел халахета оьший ткъа?
АДАМ. Иза-м, халахеттехь а, дицделлера суна тоххарехь, нана.
СОВДАТ. Дицделлехь, селхана мича вахнера хьо? Ткъа стомара, урс а даьккхина, цхьанна чугIерташ ву ма бохура хьо, кхаанга а ца сецалуш?..
АДАМ. Цо суна тIехтохам бира, нана.

СОВДАТ. ХIун тIехтохам? Хьенан, хIун дара вайна ала?
АДАМ. Сан йиша тIехтуьйхира-кх. Хьуо иштта къонах велахь, гIалахула яьлла лела хьайн йиша сацае аьлла. Селхана, и сацон дагахь, гIала вахнера со. Цигахь и суна кара а ца йи… Мича яхна хууш стаг а вац.
СОВДАТ (Кхераелла). И хIун ду? Мича яхна иза?
АДАМ. Хаац. Цхьамма Москох гина боху, вукхо – Одессехь, кхозлагIчо – Ленинградехь.

Тийналла.

СОВДАТ. Яьлла лелаш…
АДАМ. ХIаъ, нахана тIехула яьлла лелаш…
СОВДАТ. Ва-а, Дела, Хьо орцах валалахь! Ва-а, сан корта, сан корта!

ДIахаьрца.

АДАМ. Нана, нана, ахь хIун до? ХIан, хи малахьа…

Нана кхетамехь яц. Дерригенах а кхетий, Адаме мохь болу.

Ас йий-кх хьо, нана, ас йий-кх хьо…

Велха а воьлхуш, арахьоду.

VIII сурт

Цхьа шо гергга зама дIаяьлла. Ахьмдукъин кетIа а хIоьттина,
мохь бетташ лаьтта Сапарбек.

САПАРБЕК. Ахьмдукъа, во-о Ахьмдукъа!
АХЬМДУКЪА (Ара а волуш). ХIун боху ахь?
САПАРБЕК. Де дика дойла хьан!
АХЬМДУКЪА. Далла везийла! Хьо ву иза, Сапарбек! Оцу бIаьргана хIун дина хьуна?
САПАРБЕК. ХIара лазийна-м ши шо а ду. Тюменски ресторанехь дов даьлча, урс кхетта… Чам боцуш белахь а, баьлла бац хьуна хIара. 30 процентана са гуш бу хьуна.
АХЬМДУКЪА. ОстопируллахI, схьа чоьхьавала…
САПАРБЕК. Чувеъна ца Iа со, Ахьмдукъа. Хьоьга дIало аьлла, Адама делла хIара цхьа ахча…

АХЬМДУКЪА. Мичахь ву иза?
САПАРБЕК. ХIинца мичахь ву-м ца хаьа суна. И суна бутт хьалха Барнаулехь вокзалехь гира. Хьоьга дIало аьлла, хIара ши бIе туьма даийтира цо. Дагардел.
АХЬМДУКЪА (Ахча дIа а оьцуш). ЦIа маца вогIур ву бохура кхуо?
САПАРБЕК. IаьнтIехь я бIаьста вогIур ву бохура. Дагарде ахь.
АХЬМДУКЪА. Дагардан ца оьшура хIара-м. Хьо гуттаренна а веъний цIа?
САПАРБЕК. ХIан-хIа, кхин жимма аре талла еза. Делахь Iодика йойла.
АХЬМДУКЪА. Сапарбек, ша билггал цIа маца вогIур ву ца элир-кха цо?
САПАРБЕК. ХIан-хIа, IаьнтIехь я бIаьста ван мега элира.

ДIавоьду.

АХЬМДУКЪА. Ван мега, ван мега… Маржа, Адам яI! Хьо ма яра сан ерриге дегайовхо. Со кхузахь охьа а кхоьссина, лела воллу-те хьо? Ас хIун до кху ахчанах, ас хIун до?

Оццу хенахь машен соцу керта уллохь.

ШОФЕР (Охьа а вуссуш). Де дика дойла, Ахьмдукъа!
АХЬМДУКЪА. Далла везийла!
ШОФЕР. Муха Iа? Могаш дуй?
АХЬМДУКЪА. Могаш Iа.
ШОФЕР. Со ца вевза хьуна? Со хьуна цемант, гIум, тIулг кхехьнарг ма ву.
АХЬМДУКЪА. Хьо ву и, Илес?
ШОФЕР. Ахча кIеззиг дац хьоьгахь. Хьоьгахь и дуйла а хууш, хьуна цемант яхьаш веъна-кх со.
АХЬМДУКЪА. Цемант ца оьцу ас.

ШОФЕР. Муха ца оьцу? ЦIенош чекхдаха дезаш вац хьо?
АХЬМДУКЪА. Ца оьшу суна.
ШОФЕР. Ца оьшу? Ахь хIун дуьйцу?.. Хьалха-м, со гучуваларх а ца тешаш, дIаса ма хьаьвзара хьо.
АХЬМДУКЪА. Ца оьшу суна… ЦIенош деш цемант, гIум, тIулг оьшуш а ца хиллера.
ШОФЕР. И ду хаза! Ткъа хIун оьшу уьш деш?
АХЬМДУКЪА. Ца хаьа суна-м.
ШОФЕР. Ахь схьадийцарехь, хабарх деш ду-кх цIенош. Делахь дIаIе. ХIара цемант дIаэца нах-м дукха бу хьуна хIокху юьртахь, багош а гIаттийна Iаш… Дера бу!

Машен хохкий, дIавоьду. Ахьмдукъа, учи хьалха а хуий, лаьтта бIаьра а вогIалой, Iа. ТIаккха ша-шеца къамеле волу.

АХЬМДУКЪА. Хьалха, шаьш керла гIала я бIов йоттале, кураш ка а боьй, я сту а боьй, сагIа доккхуш хилла. ТIаккха чIогIа, тIулг болу латта лохий, цу тIе шура юттуш хилла. Шура дIа ца худуш йисахь, дIаболош хилла болх. Бух чIогIа хилийта, лохуш хилла и тайпа меттиг. Цхьа шо дуьхьал кхочуш, йоьттина йолуш хилла бIов. Шо кхочучу дийнахь бIаьвна буьххье буьллуш хилла кхера. Оцу дийнахь, сту а буьйш, сагIанаш дохуш хилла. И бIов хьешана комаьрша кхерч хилла, дорцах, йочанах и ларвеш, мостагIчунна – буьрса дуьхьало а хилла…
Шо дIадели-кх ас хIара цIа долийна а. Бух боьттина а ца вели, цхьа жинийн базар хилла, дIадели-кх дерриг а.

Ванах, хIара хIун дара? Хьалха иштта ма дацара. Хьалха атта а, оьзда а дара. Да вара доьзалехь, паччахь санна, цунна луъ-луург дора массара а, хаза а хеташ. И чохь волуш охьа а ца ховшура, хIума а ца юура. Иштта лорура нана а.
Тхов тIе чIогIа ког баьккхина а, дай, наний огIаздахийтинарг жоьжахатин цIаро вагор ву олура баккхийчара. Везандела, суна ца лаьа хьуна ахь царна и Iазап лойла. Иштта а шайн синна декъаза хIумнаш ю хьуна уьш, къинхетам белахь царах.

Хьалха адамаш цхьанххьа а, акхадевлла, дIа ца гIертара. Сий, оьздангалла, яхь бара церан бахам. Воккха ма хилли, керла цIа а дой, оцу Органан тIулгах бух а буттуш, массара а бертахь зуда а ялайой, охьахаавора кIант. ТIаккха цо шен доьзал кхиабора, ялта а, даьхний а лелош, доцчуьнга са а ца туьйсуш. ЙоI а шен хеннахь нехан цIентIе йоьдура, шена а, шен тайпанна а олучу дашах, цIарах санна, ларлуш. Иштта гонаш туьйсуш дIадоьдура дахар. Цхьа а цхьанххьа а кхача гIерташ, шен а, уллорчеран а са дууш, саьхьарваьлла хьийзаш а вацара, хIинца хIара нах санна.
Сийлахьчу Далла хастам а беш, доггах, ларамца цхьацца тIулг буьллуш, хIорамма а юттура шен-шен гIала.
Ткъа хIинца стагга а вац гIаланаш юттуш, цхьа шайтIанийн хIуоно хьовзийна лелош ву массо а. Шайна хIун оьшу а ца хууш, цхьанхьа дIауьдуш, долчух, Дала деллачух тоам ца беш…

ТIаьхь-тIаьхьа гIеллуш, гIеллой, дIатуьй Ахьмдукъин шабарш. МаьркIажан бода булу. Эххар а Ахьмдукъа дIауьй оцу боданах. Хеза илли:

КIайн заза даьккхинчу
Бешара кIайн цIа,
Хьо дIадай малх кхетча
Дешначу лайца.
ХIун къинош дара те
Хьирчинарш хьох,
Хьан кертахь сел хьовззал
И йилбазмох?

И марзо, и ирс а –
Цкъа хьан чохь хилларш,
Ца карош цхьанххьа а,
Со лийли тилла…
Хьан къина велхар ду
Дисинарг сан.
КIайн заза даьккхинчу
Бешара цIа.

Кирхьа

Вайнах №3-4, 2015.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх