Ахмадов Муса. Вовшахкхетар. Шина суртехь комеди.

Дакъалоцурш:

Сату
Сатун кIентий: Ваха, Вахийта, Виса, Висита, Висарг
Мизан – Сатун йоьIан йоI.

1 Сурт

Сату шен керта вогIу, чIогIа оьгIазвахана.

САТУ. Хьажахь, тIехтоха кийчча Iаш хилла-кх, Салман аьлча а, ва муката. Кхунах маца хилла стаг. Пхеа кIантах хIун до боху-кх, уллохь ца хилча? Хьан берийн ахчанах хIун до, бусалба нахана пайдехь ца хилча? Суна тIехтохам бан кIелхиъна Iаш хилла-кх. Бийр бацара хIокхара ца байтинехь-м, ва кIентий аьлча а, кхерсташ лела жIаьлеш.
МИЗАН. Ва, воккха дада, хьо хьанна луьйш ву, хьо ма оьгIАзвахана.?
САТУ. Со хьаьнга луьйш ву-м хуур ду хьуна. ДIаяздел оцу свитер чу а ялий.
МИЗАН. Ва, воккха дада, свитер тIеюхушъерг ю, иза твиттер ю. Иштта ютуб, фейсбук, однаклассникаш а ю.
САТУ. Оцу жинийн бАзарийн цIерш-м ца хаьара суна, сихха дIакхочучу агIор дIаязде ахь.
МИЗАН. Цкъа хIума яахьа, воккха дада, нанас жижган чорпа яийтина хьуна.
САТУ. Цхьа а хIума юур яц, сихха лела хьо.
МИЗАН. ХIинцца загрузка еш ю компьютор. Ели… Воккха дада, хьоьга шортта кехаташ деана Францера а, Красноярскера а, Автралера а, Лос-Анджелесера а. Массара а хьан могашалла хоьтту, массара а шаьш хьуна ахча тесна а боху по вестерн юнион.
САТУ. Ас хIун до кхеран ахчанах? Суна сайн пенси а тоьу.
МИЗАН. Воккха дада, и ахча ас сайн схьаэца мер дуй?
САТУ. Мегар дац. Цунах хIун дан деза ца хууш вац со а… ДIаязде ахь… Шун да кIелвисина цомгаш ву, лоьраша кхана Iуьйренга вер ву-вац ца хаьа боху, сихха цIакхача.
МИЗАН. Сагатдийр ду-кх цара.
САТУ. Хьайн бала боцург ца дуьйцуш, дIаязде ахь.
МИЗАН. ДIаяздин.
САТУ. ДIаяздинехь, цаьрга массаьрга а дIатаса.
МИЗАН. ДIатосу. Красноярск – дядя Ваха. Париж – Дядя Вахийта, Лос-Анджелес – дядя Висийта, Австрали – дядя Висарг. БердкIеларчу вашига яздой?
САТУ. Цуьнга а язде, и гучувалАза а баьлла кхо бутт… Вуьйш-м кхаа шарахь а кху юьрта баьхкина а бац…
МИЗАН. ДIатеси массо а адресца.
САТУ. Дика ду. ХIинца хьовсур ду вай жижган чорпин чоме а…

2 сурт

Керта волу Висарг. ДIасахьожу.

ВИСАРГ. Уой, кху кертахь гуш-хезаш хIумма а ма дац… Ша Австралин пана арахь сана, ма тапъаьлла ду кхузахь.

Керта волу Ваха.

ВАХА. Уой, ма тийна ду кхузахь, ша Сибрехарчу тайгахь санна…цIийна тIехьа стагга а вуй-техьа…
ВАХИЙТА (керта волу). Бонжу… Кху кертахь-м вац бонжу ала стаг. Го таса ас кху цIенна… (ЦIийна техьа волу).
Висита (керта волу). Хэлло! Уой, хьаьжча цхьа стаг а ма вац гуш…бешахь хир бу… (ЦIийна тIехьа волу).

Гучуволу Висарг.

ВИСАРГ. Тезет дIаерза хан а ма яц… Стомара кхаьчна-кх соьга и кехат.
ВАХА (гучуволуш). Тезет кхаа дийнахь лаьтташ ма хуьлу…
ВИСАРГ. Уой, ВАХА хьо вац иза. Марша вогIийла.
ВАХИЙТА (гучуволуш). Марша вогIийла шуьшиъ.
ВИСИЙТА (гучуволуш). Шу муха кхаьчна? Марша догIийла…
ВИСАРГ. Марша хьо а вогIийла. Со-м кехат кхаьчна веана.
Висита. Со а веана…
ВАХИЙТА. Со – шу чудогIур ду аьлла хезна…
ВИСАРГ. Иштта со а веана-кх, кху кертахь стаг а вац.
ВАХИЙТА. Хетарехь вайга кехат тIаьхьа кхаьчначух тера ду… Тезет дIадирзинчух тера ду…
ВИСИЙТА. Со ца теша, Дада! О, мой гад!
ВАХА. Сам ты гад! Делахь вайна тIе йоккха юьхьIаьржо еана… Вайн да, вайх тIехь лаьтташ цхьа а воцуш, наха дIаверзийна…
ВАХИЙТА. Делахь ма дика ду иза…аьлча, вайн цIадахкар нахана гIарадалале вай кIур бан беза кхузара…

Эццахь гучуволу Сату.

ВИСАРГ. Дада!
ВАХА. Дада! Хьо мичара вогIу?
САТУ. Сой? Со кешнашкара вогIу-кх!
ВИСИЙТА. Муха? Каш чуьра хьала а гIаьттиний…
САТУ. Каш чу дIакхачАза ву со… Вайн гергарчийн а, шун ненан а баьрзнаш тIе а хIиттина вогIу. Тахана пIераскан де ма ду…

Массо а цецваьлла.

ВАХИЙТА. Тхоьга яздинера хьо цомгаш ву аьлла…
САТУ. Хала-м ца хетта шуна со могаш а, дийна а карийна?
ВИСАРГ. Ахь хIун дуьйцу, дада!
Висита. Ма дика ду хьо иштта волуш!
САТУ. Дика делахь, схьадуьйла охьаховша.

Охьаховшу.

ВАХА. Ма дика ду, вай массо а вовшахкхетта. Виса мичахь ву?
САТУ. Изий? Иза БердкIелахь ву-кх.
ВАХИЙТА. БердкIелахь хIун деш ву иза?
САТУ. Аш диннарг деш ву-кх иза а.
ВАХА. Оха хIун дина?
САТУ. Шу шайн зударша де аьл-аьлларг дина, цаьрна тIаьхьа а хIиттина дIадахана дуьне мел ду. Иза а дIаВАХАна шен стунцхой болччу БердкIела.
ВАХА. Вай, кху кертахь цIенош а дина, хьоьца Iаш вацара иза?
САТУ. ЦIенош дохийра цуьнан тIом болуш. Уьш кхин метта ца хIиттош дIаВАХА-кх, стунвешин десса лаьтташ цIенош ду аьлла.

Гучуволу Виса.

ВИСА. Де дика дойла хьан, дада! Марша догIийла, шу, сан хьевзина вежарий!
ВАХИЙТА. Мила ву кхузахь хьевзинарг?
ВИСА. Крутой бохург ду иза…
Висита. БердкIелара хьо схьакхачале Австралера Висарг а кхаьчна…
Висита. БердкIелара и берд тIе-м ца хаьрцинера хьуна!
ВАХА. Я мацах цхьа ламаро санна, и берд лаьцна лаьтташ вара хьо?
ВАХИЙТА. Хьо вала велла, стунцхошкахь Iаш веца! Хьайн да охьа а кхоьссина.
ВИСА. Стунцхой ца леринарг стаг вац олу наха… Шун вешина и ца алийта гIерташ, къахьоьгуш ву-кх со…
САТУ. Ахь вайн дерриге тайпан хьалхара а лерина-кх хьуна и стунцхой.
Висита. Шек дIа ма вала хьо, дада. Ас Лос-Анджелесе дIа а вигина океан юххехь Iийр ву хьо… Хьан хеннарнаш чохь Iаш цхьа хАза хIусам ю цигахь.
ВАХИЙТА. Ахь юьйцург хIун хIусам ю суна хаьа. Дом престарелых! Сан да-м вуьгур вац цига. Ас Париже дIавуьгур ву иза. Сан Парижехь йолчу квартирехь Iийр ву хьо, сагатделча Лувре а воьдуш. Хьоьга хьажа ас цхьа сиделка лоцур ю, цхьа Софи Лорен…
ВИСАРГ. ХIан-хIа, Дада, ас сайца дIавуьгур ву хьо. Дада, хьо уьстагIий дукха дезаш а вара. УьстагI болчу кертара беркат дIадер дац олур-кха ахь. УьстагIан жижиг дика дакъадора-кх ахьа. Австралера аборигенаш Iамор бу ахь уьстагIийн жижиг дакъо.
САТУ. Хьо хьуо ду-кх цхьа дакъийна жижиг! Со шуьца цхьаьнцца а дIавогIур вац, кху цIера ког а баьккхина. Цул а шайн гIуллакхаш муха ду дийца?
ВАХА. Оцу дIадаьллачу кхаа шарахь сан Уренгойра нефтяной кампанин акцеш шозза алсамъевлла… Тхан капитал кхо миллиард долларе кхаьчна…
ВАХИЙТА. Иштта-м сан Пьер Карден фирмано цIенна бина пайда бIе итт миллион евро кхаьчна.
ВИСАРГ. Иштта-м сан уьстагIий итт эзарнал тIехдевлла.
САТУ. Шу ахчанаш, даьхни ца дуьйцу ас… Вуьшта хIун ду цигахь?
ВИСАРГ. Тхан Австралехь кенгуруш ю, крокодилаш а, аборигенаш а бу, уьстагIий а ду, со а ву…
Висита. Лос-Анджелесехь дуьненна а евзаш кехатех ловзу меттиг а ю – Лас-Вегас… Седарчий а ду дуьйладелла лелаш.
САТУ. Ду? Седарчий? Дуьйладелла лелаш…тIаьхьара зама ю…тIаьхьара зама.
ВИСА. Тхан БердкIелахь помидораш ю, сермсекхаш бу, Iаламат дика нах бу, вайн ламарой чIогIа дукха а беза царна…
САТУ. Ламаройх дерг-м ца хаьа сунна, хьо-м чIогIа тайнчух тера ду царна… ХIинца соьга ладогIа жимма. Ас шу дукха дахийта, Деле доьхуш, цIераш техкхинера шуна: Вахийта, Висийта, Виса, Висарг, Ваха, шу нахана пайде адамаш хиларе Сатуьйсуш. Шу ишта хир дуй хиънехьара, Маваха, Мависа, Мавахийта, Мависарг аьлла туьллур яра.
ВАХА. Иштта ма алахьа, дада.
САТУ. Шаьш-шайна дахарх ма ца тоьа, мискачу нахана хIун пайда бина аш?
ВАХА. Ас Сибрехахь цхьана поселкехь церковь яйтина. Цул тIаьхьа цу юьртара гIАзкхий мел чIогIа хийцабелла хаьий хьуна? Къаркъанаш а ца муьйлуш…ткъа церан бераш вайчарех тарделла…
ВАХИЙТА. Даьдиса вай, массанхьа ларош ду…
ВИСАРГ. Ас кхузткъей итт километр керт яйтина Австралехь аборегенийн латта сайна чулоцуш, царна болх бан меттигаш а еш.
ВАХИЙТА. Ас Альпашкахь догIанаш деана некъаш дохийча, цигарчу цхьана юьрта боьду некъ табайтира, тIай тиллийтира, цу тIайнна дада, хьан цIе а тиллийтира…лоь пон доь Сату…
САТУ. Ма ца оьшура и дуьненан хIуманаш…
Висита. Ас Анджелина Джолин благотворительни фонде цхьа миллион доллар ахча диллира.
САТУ. ГIийлачу нахана гIо дар мел бу. Цхьа миска хир ю и Анджоли. Ас сайн пенсех цхьа бIе туьма дохьуьйтур ду цунна…
ВИСА. Ас стунвеши кертахь самсекхаш дIабийна, стуннанна котаман бун йина, стундена уьстагIий чу лахка жоьла а бина, стунйишина хьалхара гIала йоьдуш автобусах ахча дIаделла, стуншичина…
Висита. Стоп! Ахь къаьхьа де дина, кхин дIа ма дийцалахь…
ВАХА (телефон тIе хьоьжуш). Дада, со срочно дIаваха веза, тха компанин акциш яйлуш ю боху, Японера инвесторш баьхкин боху, суьйранна Минводера кема ду цига. Со кесста и бераш далош цIа вогIур ву хьуна…
ВИСАРГ. Дада, со кеста юха вогIур ву хьуна, со катоьхнна дIа ца кхачахь, сан уьстагIий акхадевр ду.
Вахийт. Дада, Дала латтавойла хьо тхуна иштта могуш а маьрша а, со а дIакхача веза Париже, Пьер Карден чIагIвелла боху, уллохь ца хилахь, цо весет хьанна яздо а ца хаьа…
Висийт. Со сихха юха ца воьдахь, сан роль Голливудехь дIайоккхур ю, сан контракт хIаллакьхир ду.
ВИСА. Дада, со а дIаваха веза…Стунваша ву боху Москвара машен ялош вогIуш, со дIа ца вахча ков делла стаг вац цунна…
САТУ. Собар! Цунах гIуллакх хир дац! Мизан!

Гучуйолу Мизан.

МИЗАН. Марша догIийла, вашигIар!
ВАХА. Маршала хуьлда хьуна а.
ВИСИЙТА. ХIара мила ю?
САТУ. ХIара шун цхьаъ бен йоцчу йишин ХIижанан йоI ю, Мизан. ХIижан ца хиллехьара йиш а ца хиллера. Дера бакъ ма хилла, йоIана дех къа хетар алсам хуьлу бохург.
САТУ. МИЗАН, гIалара хьеший схьакхаьчний?
МИЗАН. Схьакхаьчна. Чудуьйла!

Чуволу ши оператор.

ВИСИЙТА. Шу муьлш ду?
I-оператор. Тхо «Грозный» телеканалера ду.
ВАХА. Аш хIун лела до?
САТУ. Уьш ас кхайкхина. ХьалагIовтта, суна тIехьа дIахIийтта. Кийча дуй шу?
2-оператор. Кийча ду.
САТУ. Ассаламу Iаллайкум салам-маршалла ду шуьга, хьомсара махкахой. Со ГIачIармера Атун кIант Сату ву. ХIара бераш маьI-маьIIера, аьлча а вайн чуьра ду. Кхарах виъ дуьненан тайп-тайпанчу меттигашкахь вехаш а, дика ларош а ву, ткъа хIара пхоьалгIниг стунцхошца гIиллакх лелош, суна шех бала ца беш, хАзанеха санна оьзда стаг ву. Тхан лераме паччахь Рамзан! Вайн мохк цIинбеш, хАзбеш, ахь бечу балха тIехь хьуна гIо дан дагахь ду хIара вайн бераш. Воккхачо кху ГIачIармехь маьждиг дийр ду боху.
ВАХА. Асий? ХIинцций?
САТУ. ХIаъ. Цул жимахчо, Францехь вехачо, кху юьрта богIу некъ буьллур бу, тIай туьллур ду боху.
Вахийт. ТIаьхьа, тIаьхьа.
САТУ. ХIаъ, хIинцца. КхоалгIачо, Австралехь вехачо юьртан кешнашна гонаха аьчган керт йойтур ю боху.
ВИСАРГ. Асий?
САТУ. ХIаъ, ахьий! Iамеркехь вехачу, кху юьртехь цIенош дохийнчарна керл цIенош дойтур ду боху. Уггар хьалха шен вешийна дойтуш.
ВИСИЙТА. О май гад!
САТУ. Май гад бохург ингалс маттахь ша реза ву бохург ду.
ВИСА. Дела реза хуьлда хьуна, дада, со виц ца варна…
САТУ. Ткъа и берриге а белхаш бан хIокхо шен стунцхой хьалабалор бу боху…
ВИСА. Дада, и берд тIехарций-кх ахь суна…
САТУ. Дала шен дуьхьа дойла кхеран гIуллакхаш. Сан къамел цу тIехь чекхдолу, шун Iодика йойла, марша Iойла.
I-оператор. Баркалла, ваши. Хьан къамел суьйранна новосташкахь хир ду хьуна, хьажалахь.
2-оператор. Тхо дIадоьлху,Iодика йойла.
САТУ. Iодика Дала йойла.

Операторш дIабоьлху.

САТУ. ХIинца дIагIо-кх ша ваьхьарг.
МИЗАН: Бакъ!!!

Музыка.

Вайнах, №7, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх