Ахмадов Муса. Сатийсаман берд

Ахмадов М.Драма-кица

Дакъалоцурш:

Къано
Поэт
Толамхо
I г1аттамхо
II г1аттамхо
I стаг
II стаг
I зуда
II зуда
Т1евеънарг
Нах

I сурт

Къано. Ма дукха шераш д1адевлла, тхо дехаш, орамаш хедда, цкъа цхьана махо цхьана аг1ор д1адуьгуш, юха вукху махо кхечу аг1ор д1адуьгуш, цхьанхьа а т1етовжийла йоцуш, тхо х1окху кегарийн, хьаьг1нийн, цатешамийн х1ордахь деха… Орамаш хедда, уьш к1орга тосийла а яц, нагахь къам хи т1ехь дехаш хилча… Оьшург тешаман берд бу, нехан дегнашкахь доггах Делах тешаш хиларан берд бу. Муха кхочур ву цу берда т1е… Суна хаьа цу т1е воьду некъ, амма сан хьекъал а, говзалла а ца тоьа адамаш цига дига…

Гучуволу Поэт…

Поэт. Де дика дойла хьан, воккханиг.
Къано. Воккханиг аьлча а, къанвелларг ву-кх со…
Поэт. Суна воккха ву-кх хьо хьайн хааршца а, хьайн шерашца а… Шайна хаахьара хьо мила ву, со санна хьоьга ладег1а т1ег1ертар дара адамаш… Амма адамашна ца оьшу кхетам, адам хьаьддий-деддий лела, вовшашца къийсалуш, кху махкахь девлла стоьмийн дитташ шений, шений доладаха г1ерташ, уьш вайн генарчу дайша юьртана юкъара доьг1на хилар дицдина.
Къано. Соь ладог1а лууш нах к1езиг бу. Со дукха жима волуш суна, баккхийчара дуьйцуш хезна, вайн кема берд болчу кхочур дац, х1оранна а шен дагчохь берд ца карабахь… Х1оранна а берд каруо аьтто бер бу, нагахь иза доггах Далла 1амал еш, шен 1амалшкахь дикчу г1иллакхашкахь алсамвалахь… Цуьнан ойлаеш стаг а вац… Массо а шен-шен меттиг алсамъяккха г1ерта, шаьш х1орда юккъехь хилар дицдина.
Поэт. Лами боцчу тхов т1ехь ву хьо,
Кема доцчу х1ордахь ву хьо,
Серло йоцчу хьуьнхахь ву хьо,
Серло еха Везчу Деле.
Къано. Ма говза аьлла ахь иза. Иштта хьайн байташ ешахьа… Нахана кест-кеста…
Поэт. Кху дуьненан букъах тассал орам,
Синтеме хан оьшу къомана.
И хан яккха аравала х1ора,
1ама лара, вовшийн кхоамбан.
Къано. Лаьттах орам таса, цкъа лаьтта т1е д1акхача деза.

Оцу хенахь г1овг1анаш йовлу… Гучубовлу Г1аттамхой…

I г1аттамхо. Мичахь ву иза, и къанвелларг?
II г1аттамхо. Мичахь ду и къанделла дитт!…
Поэт. И х1ун г1овг1анаш ю аш йийраш? И х1ун ж1алин мотт бу аш буйцурш?
I г1аттамхо. Оха бийца хьакъболу мотт буьйцу!
II г1аттамхо. Тхуна к1ордийна цуьнан бага хьоьжуш 1иэн! Цхьаъ дан деза.
Поэт. Д1адовла кхузара, воккхачуьнца и тайпа къамел дан мегар доций ца хаьа шуна?
II г1аттамхо. Мегар ду! Къамелаш дан а мегар ду. Тхо-м къамелаш дина а 1ийр дац.
Поэт. Д1авала кхузара, ма ле суна дуьхьал, со хьайн воккхахволу ваша хилар дицдина ахь!
II г1аттамхо. Ваша?! Ваша ц1ийца верг вац, ваша сан санна ойланаш ерг ву. Х1ара ву-кх сан ваша. (Вукху г1аттамхочун т1е п1елг хьажабо).
Поэт. Хьо юьхь1аржо! Хьо эхь! Къайлавала кхузара!
1 г1аттамхо. Къайла хьаха воккхар ву хьо оха! (Поэт схьа а лоций, юьстах кхуссу).
Къано. Х1ун диэ боху аш, вайн гонах х1орд хилча?
I г1аттамхо. И дика хаьа тхуна а… Хийца деза г1айрин т1ера 1едал…
Къано. Стенна йо аш г1овг1анаш… Сан карахь цхьа а 1едал а дац, х1ара сан карара цхьа г1аж йоцург…1асанна метта ас лелош, вайн г1айрин ерза еза некъ гойтуш… лелош…
II г1аттамхо. Схьаян и 1аса, схьаян!.. Тоьар ду ахь х1инцалц гайтина некъ…
I г1аттамхо. Х1инца ас лестор ю х1ара, сайн луъучу аг1ор…
II г1аттамхо. Схьадуьйла, адамаш, шайна луъург диэ… Вай х1инццалц охьанехьа ихнехь, х1инца хьаланехьа оьхур ду вай. Нийса ихнехь, раз оьхур ду, ирхнехьа ихнехь, пурх оьхур ду…
I г1аттамхо. Х1аъ, иштта, ирх-пурх, хьала-охьа, д1а-схьа, х1инца гонаха…
Къано. Схьая и г1аж… Мегар дац… Иштта аг1онаш хийца… Г1айре х1аллакйийр ю аш…
II г1аттамхо. Хуьлда кхунах, кху г1айренах, кху дуьненах хила доьг1нарг… К1ордийна хьо а, хьан г1аж а…
I г1аттамхо. Маршо! Маршо!
II г1аттамхо. Схьадуьйла, адамаш! Схьадуьйла, маршо яьлла, маршо!
Къано. Схьаян и г1аж…
I г1аттамхо. Схьадуьйла! Схьадуьйла! Шух, халкъах, лачкъийна латтош къайле хилла х1окху къанвеллачун! (Нах схьахьовду…)
I стаг. Х1ун къайле? Яста иза…
II зуда. Суна хаа-м, хьаха, хаьара вайх цхьаъ кхара лечкъадойла.
II стаг. Гучуяккха къайле, гучуяккха!
Нах. Гучуяккха… Къайле гучуяккха!…
I г1аттамхо. Къайле иштта ю… Шуна моьтту хир ду вай т1е 1аш дерг латта ду… Дац!… Вай т1е 1аш дерг я латта а дац, я г1айре а яц… Х1ара суна х1ун ю а ца хаьа…
II стаг. Хьалха а ца кхийсалуш, Къаночуьнга алийта.
Къано. Сол хьалха баьхначара дийцарехь, цхьа хан еана хилла вайн къомана юкъара ийман, эхь д1адаьлла, уьш дицделла… Наха шайн дан деза г1уллакхаша дитина, ялта ден дезачара ялта а ца дуьйш, бежнаш 1алашдан дезачара уьш 1алаш а ца деш, адам акхадаьлча, х1ара мохк кхечу лаьттах хаьдда пана х1орда чу д1абахана… Х1етахь дуьйна иза, и жима г1айре, лаьттах тесна орам а боцуш, х1орда чухула д1асалелаш ю… Иза иштта лелар ю доккхачу лаьтта т1етовжа берд шена карабаллалц… Иштта дуьйцу наха. Наха хетарш дуьйцу. Бакъдерг хууш верг цхьа Дела ву.
I зуда. Муха берд боцуш? Муха орам боцуш г1айре ю?
I стаг. И бохург х1ун ду? Шена луучунна дуьне мел ду д1а а ваьлла, д1аваха йиш яц ткъа?
II г1аттамхо. Яц… Гонаха х1орд бу… Я х1ара г1айре а ю аьлла ца хета суна… х1ара доккха ширделла х1орда кема хила тарло. Ткъа вайга и аьлла а дац.
I г1аттамхо. Вайх лачкъийна латтийна и къайле… Вайга схьааьллехьара…
Поэт. Ладог1а, нах, карзах ма довла! Хуучунна хаьара вайгара хьал… Ца хуучуьнга ца дийцина, цуьнан дог ца дохо… Тахана-кхана, Дала къинхетам а бина вай лаьтта т1е д1акхачаре сатуьйсуш…
II г1аттамхо. Аш ма дарра хьал дийцинехьара… Тхуна цхьа некъ карийна хир бара…

Г1овг1анаш йовлу нахана юккъехь.

Нах. Некъ карийна хир бара… Хир бара… Хир бара…
Поэт. Ма йиэ г1овг1анаш… Некъ лаьтта т1ехь карабо… Х1орда чохь аг1о бен билгал ца йоккху… И дан хууш цхьа Къано ву, д1алуо цуьнга г1аж! Д1алуо цуьнан 1аса.
II г1аттамхо. Кху г1ожах дан дезарг суна хаьа шуна… (Кагъян г1урту…)
Къано. Ма, ма, ма делахь иза… (Поэт т1екхета)
Поэт. Схьаян иза!

Шолг1ачу г1аттамхочо сацаво Поэт. I г1аттамхочо кагйо г1аж.
Къано дог г1еллой охьавоьду.

I г1аттамхо. Чекхъели, вайн нийса аг1о гойту бохуш, вай хьийзинчу г1ожан оьмар. Нах, и къанвелларг ву шуна массо х1уманна бехке… Д1ахаийта иза массаьрга а.

Нехан тулг1ено хьошу Къано. Мох ч1аг1ло, дог1а долало, нехан маьхьарий «Орца дала!» Карзах баьллачу х1ордо хьулйо и г1овг1анаш.

Толамхо. Д1асадовла! Четарш т1етийса ялтин! Махах д1аловчкъа! 1аннашкахь хьулло! Деле до1анаш де хаддаза!

Хеза «Нохчийчохь дог1анаш» илли. Цхьа хан йолу. Тийналла х1утту.

Толамхо. Альхьамдулиллах1, хастам бу-кх Хьуна, я Аллах1 Дела! Массо х1уман ницкъ кхочург Хьо ву-кх. Тийначу х1орде карзахалла йоссон а, юха и эсала деш, синтем бала а ницкъ кхочушверг хьо ву-кх, ва Везандела… Ницкъ лолахь тхуна кху халчу зерех ийманехь чекхдовла…
I стаг. И мила ву?
Поэт. Иза Толамхо ву.
II стаг . Х1унда ву и Толамхо?
Поэт. И жима волуш, цуьнан 5 шо долуш, цхьа текхарг яьлла хилла и волчу ц1а чу. Пеша хьалха 1уьллу морзаг1 схьа а эцна, и цунна бетташ, и текхарг йожийна цуо, бера чохь долчу аганна т1е ца кхочуьйтуш. Эццехь цунна т1екхаьчначу баккхийчара аьллера цунах: оццул жима воллушшехь, текхарг эшон хьуьнар долу к1ант ша-тайпа тамашийна к1ант ву. Х1етахь дуьйна д1аяхна цуьнан Толамхо аьлла ц1е.

II сурт

I г1аттамхо. Схьагулло, нах, схьагулло!
I стаг. Х1инца х1ун хилла вайна?!
I зуда. Хилаза х1ун дисна вайна!
II г1аттамхо. Схьагулло шу, хуур ду шуна х1инцца.

Нах (г1овг1анаш, аьзнаш). Гулделла тхо!

I г1аттамхо. Нах, дикка ладог1алаш. Тхан кхаъ бу шуна баккха. Вай долчу Керла стаг кхаьчна.
I стаг. И мичара кхаьчна?.. И муха кхаьчна?
I зуда. Цхьанхьа цхьа х1орд-кема а доьхна, кхаьчна хир ву-кх…
II г1аттамхо. Х1ан-х1а, иштта ца кхаьчна боху иза гинчара.
II стаг. Ткъа муха кхаьчна иза?
II г1аттамхо. Стиглара чувог1уш гина боху иза цхьаболчарна…
II зуда. И ма доккха х1ума ду стиглара чувеънарг…
I зуда. Ах бакъделахь а, доккха х1ума ду иза-м.
I стаг. И цхьа къайле йолуш стаг ву… И иштта делахь.
II стаг. Дала вай к1елхьара даха ваийтина вац-техьа?
I зуда. Иштта хир ду, Дала мукълахь.

Нехан г1овг1анаш йовлу…

I стаг. Вог1уш ву. Вог1уш ву.

Гучуволу керла стаг. Цунна т1едуьйхина шатайпа духар ду.

Т1евеънарг. Маршалла ду шуьга!
I г1аттамхо. Марша вог1ийла!
II г1аттамхо. Алахьа, хьо муха мичара кхаьчна кху тхан г1айри т1е?
Т1евеънарг. Со кхуза кхаьччахьана тайп-тайпана хабарш хезна суна… Олхазар санна, т1омаваьлла, стиглара чувеъний… Сирчу динахь ахьавоьссиний бохуш, уьш цхьа а бакъ дац. Уьш туьйранаш ду.
I г1аттамхо. Бакъдерг х1ун ду ткъа… Дийцахьа бакъдерг.
Т1евеънарг. Бакъдерг ду со сайн х1аваъ-кема хехкина стиглахула схьавог1уш, и кема гал а даьлла, доха а доьхна сайна т1ехула четар а даржийна… Шу г1айри т1е воссар ду. Цхьан маь11аргонна махо х1урда чу д1а а хьора… Эццахь, цхьадика, мох хьекхаран аг1о хийца а елла, со шун г1айре т1е нисвелир-кха.
I стаг. Х1орд боцуш, латта долуш меттиг юй -техьа… кху дуьненчохь.
Т1евеънарг. Ю дера… Дуккха ю иштта меттигаш…
I стаг. Муха ю и меттигаш…
Т1евеънарг. Тайпа-тайпана ю. Лаьмнаш ду… Аренаш ю.

I зуда. Лаьмнаш муха ду?
Т1евеънарг. Уьш лекха ду. Цхьадерш хьала хьаьжча бохь а ца гуш лекха ду. Цкъа а цхьана х1ордо къайла а доккхур доцуш…
I зуда. И меттиг яр-кха тхуна оьшург… Цига муха кхочур дара-техьа?
Т1евеънарг. Цига а кхочур ду, дан дезарг дичахьана…
I стаг. Х1ун дан деза охьа?
Т1евеънарг. Сан бакъо яц шуна некъ хьеха, аша шаьш, массо а реза а волуш, и суна т1е ца диллахь…
I г1аттамхо. Х1ей нах, х1ей! Х1ара стаг Дала вайна схьавелла ву! Кхунна дуьне а девза, кхунна лаьмнаш а гина. Реза дуй шу х1ара вайна хьалхаваккха а, кхуо бохург дан а?
Нах. Ч1ог1а реза ду, реза ду…
I г1аттамхо. Тахана дуьйна хьо ву хьуна тхан хуунча, тхан некъгойтург… Хьалхавала, х1ан, х1ара ю хьуна гайтаман 1аса.
Т1евеънарг. Дика ду, аш бохург дийр ду ас… Х1инццалц мича аг1ор ихна шу?
II г1аттамхо. Х1инццалц цхьана къаночун бага хьоьжуш 1ийна. Цкъа цхьана аг1ор доьлхуш, юха вукху аг1ор пийсигаш хьоькхуш.
Т1евеънарг. Аг1о цхьаъ хила еза – малхбузе… Шу, шайна ма хетта, гена а дац шуна лаьттана, цхьа б1е я ши б1е чаккхарма хир ю, жимма сов хила а тарло, я жимма к1еззиг хила а тарло.
II стаг. Хьуна муха хаьа тхо мел генахь ду лаьттана?
Т1евеънарг. Суна дерриге а гина, лакхара охьа хьаьжча.
Поэт. Нах, мичара мила ву а ца хууш цхьаъ гучуваьлча, цунна т1аьхьах1ийтта кийча ду вай. Со ца теша цунах.
1 г1аттамхо. Ца тешахь, д1авала кхузара!
Нах. Д1авала! Д1авала!
Толамхо. Х1ара х1ун г1овг1анаш ю? (Т1евеъначуьнга). Хьо мила ву? Мичар ваьлла? Мила ву хьан да? Хьан ворхх1е да?
Т1евеънарг. Х1ун бен ду иза? Хьуна гуш верг ву-кх со!
Толамхо. Ладог1а, нах, ладог1а. Вай ч1ог1а атта теша цхьанхьара схьавеъначу, шен вийца ворх1е да а воцчу стага дийцинчу хазчу хабарех, цуьнан маь1на, цуьнан бух ца толлуш, теша сихло вай. Бераша санна, х1оразза ваьш 1ехадойту вай. Т1аккха дерриг а дуьне бехке до вай. Ткъа бехк вайн бу. Вайна хьакъдерг ду вайна т1екхочург. Таханлера хьал а вай ваьш далийна. И хийца а лур дац дикчу аг1ор, вай ваьш ца хийцахь. И ду Делан дош.
I г1аттамхо. Толамхо, хьо тоьлур воцу къийсам ца болош, 1адда1е. Ахь кхето висина стаг вац хьуна. Оха Т1евеанчо бохург дийр ду. Дийр дуй вай, х1ай нах?
Нах. Дийр ду! Дийр ду!
II г1аттамхо. Т1евеанчо керла некъ хьоьхур бу!
Толамхо. Хьаштдоцург ма дийца! Шаьш дохкодоьвр дерг ма диэ. Ма х1итта цу стагана т1аьхьа.
I г1аттамхо. Дитахьа тхо, дитахьа тхо, тхуна хьалха яккха бож карийна.
Толамхо. Дала нийсачу новкъа дохийла шу. Ма харцахь хьаьвзина-кх шу тахана. (д1авоьду).
II г1аттамхо. Вист хила, Т1евеънарг.
Т1евеънарг. Аш со Бож хаьржинехь, бе-ме а ца бохуш, ас бохург дан деза уьстаг1аша.
I г1аттамхо. Бакълуьйш ву Т1евеънарг! Бакълуьйш ву!
II г1аттамхо. Ала ахь, х1ун дан деза.
Т1евеънарг. Уггар хьалха, цхьа жима гила-кема а дина, уггаре онда жима ши стаг вахийта веза Малхбузехьа хьалха д1а… И шиъ ши де-буьйса далале д1акхача декхар ду лаьтта т1е.
II стаг. Гила-кема муха дийр ду вай?
Т1евеънарг. И дан х1ун хала ду? Йиъ дечиг вовшах а йихкина, х1орда чу хецчахьана… Вовшах таса гила-кема, чухааве ши пийсигхо…
I г1аттамхо. Ладуг1уш ву! (I г1аттамхо д1ахьоду)
II г1аттамхо. Хьан омра кхочушдина. Гила-кема а вовшахтесна, х1ара уггаре онда ши жима стаг а кечвина новкъа ваккха.
1 к1ант. Со кийча ву аш т1едиллинарг кхочушдан !
2 к1ант. Со а кийча ву х1орд хадийна лаьтта т1е кхача!
Т1евеънарг. Иза дика ду, аг1о билгалйиний царна?
II г1аттамхо. Йина, малхбузе…
Т1евеънарг. Малхбузе! Малхбузе! Вайн 1алашо малхбузе. Малх букъ т1ехьа а буьтуш д1аэха шуьшиъ, гуттар а иштта д1аэха лаьттан йист гучу яллалц.
2 зуда. Нанаяларг, хьо сан цхьаъ бен ма вац. Ма къиза бу и х1орд.
1 к1ант. Са ма гаттаде сан нана, х1ордаца къовсавала ницкъ бу соьгахь.
2 зуда. Х1ордаца къийса ца дезара, сан к1ант, х1ордах ларвала везара…
2 г1аттамхо. Д1аяла, зуда, сийлахьчу г1уллакхан новкъарло ма е.
I г1аттамхо. Д1аяла!Д1аяла!

Ши пийсигхо новкъа волу.

1 стаг. Уггар тоьлла шиъ д1а-м вахийти…
2 стаг. Мох баьлча, махана дуьхьал х1отта а, тулг1енаш карзахйоьвлча, орцах вала а ницкъ болу шиъ вай д1а- м вахийти…
1 г1аттамхо. Т1евеънарг, ткъа оха х1ун дан деза?
Т1евеънарг. Вай массара а ладуг1ур ду цу шимма орца а даьккхина, нах вайна орцах бовллалц.
II стаг. Ца теша со… Иштта атта хиллехьара лаьтта т1е боьду некъ, Къаночунна тоххарехь карийна хир бара иза.
I г1аттамхо. 1адда йита хьайн шеконаш, Шекваьлларг. Кхин Къано ма хьахавелахь, тоьар ду и бахьанехь дайъина шераш… Цо цхьаь дуьйцу бохуш.
II стаг. Къаночо шега далург дира… И емал вар а суна нийса ца хета.
Поэт. Къаночо нийсо а латтийра вайна юкъахь. Низам а латтийра, х1орш карзах а боьвлла, кхара доххолц.
I стаг. Т1евеанчо дуьйцург ч1ог1а атта х1ума ду, и бакъ хир ду бохучух шеконаш кхуллуш.
II г1аттамхо. Муьлхачу а Сийлахь-доккхачу х1умане а аттачу некъаца кхочу.
II стаг. Хьовсур ду вай… Иштта хилча дика-м дара иза…

Т1евеънарг. Малхбузе, малхбузе.
Вайга хьоьжу малхбузе.
Т1екхачале маьрк1аже,
Д1аг1ур ду вай малхбузе.

Наха т1аьхьара олу.

III сурт

Нах бу гулбелла лаьтташ, хааме сатуьйсуш.

I стаг. Т1евеанчо дийцина ши де, буьйсий д1а-м даьлла.
I зуда. Дукха хаза зурма яра цо лекхнарг. Бакъ хилча, тамаша а болуш…
II стаг. Сатухур ду вай, дикане сатийсарца.

Вог1ий гучуволу Поэт.

I стаг. Сатухур ду вай, ваханчу шингара хаам хуьлий хьожуш…
Поэт. Цу шингара хаам хир бац.
II стаг. Х1унда боху ахь?..
Поэт. Цу шиннан ши дакъа х1ордо вайн г1айре йисте кхоьссина…
II зуда. Суно даго хьоьхура, цу Т1евеанчух дика болх хир бац бохуш…

Гучуволу г1аттамхо.

I г1аттамхо. Х1ун дуьйцуш ду шу? Стенах хир бац боху ахь дика болх? Ма дийца и эрна хабарш… Т1евеанчо шайга боххург дие.
II зуда. Вай нана яла хьан! Ас ма хала кхиинера хьо… Сайна ца юуш, хьуна луш, сайна ца молуш, хьуна малош… Ас дуьрачу х1ордана, мецачу ч1ерашна кхиина ма дацара хьан турпал дег1…
II г1аттамхо. Х1ун ду хилларг? И хьанна тийжаш ю?
Поэт. Латта лаха вай вахийтинчу шина к1ентан цхьанна нана ю…
I г1аттамхо. Хилча х1ун ду иза?
Поэт. Цу шинна латта ца карийна, цу шинна 1ожалла карийна.
II г1аттамхо. Муха 1ожалла?
Поэт. Цу шиннан ши дакъа, х1ордо вайн г1айри йисте кхоьссина.
II стаг. Суна хаьара цо дуьйцург эрна хабар дуйла.
I г1аттамхо. Собарде, сихлур дац вай… Мичахь ву Т1евеънарг?
Т1евеънарг. (Гучу а волуш). Со кхузахь ву… Х1ун ду хилларг?

II зуда. Дала х1алквиэ хьо!
Т1евеънарг. Хьадалча! И х1ун къамел ду Некъгойтучунна дийриг?
I г1аттамхо. Мила ву Хьадалча?
Т1евеънарг. Хьо ву-кх Хьадалча! (II г1аттамхочунна т1е п1елг а хьажош) Ткъа хьо – Вадалча ву… Шуьшиъ сан Хьадалчий, Вадалчий ву. Цундела ас хоьтту шуьшинга: соьца, Некъгойтучуьнца, ларам цахилар муха лов аша?
I г1аттамхо. Лараме Некъгойтург. Вай гила-кеманца вахийтинчу шина пийсигхочун ши дакъа х1ордо вайн г1айри йисте кхоьссина.
Т1евеънарг. Кхоьссича х1ун ду? Цхьа къестарш, эшамаш боцуш цхьа а г1уллакх хила йиш яц шуна… Лаьтта т1е боьду некъ гайтар и доккха х1ума ду. Цу новкъахь къестарш а, бохамаш а хир бу. Х1ордо д1аэцнарг шен ижу ю… Нагахь санна со хьалхаваьллачу халчу новкъахь, шу шайн 1алашоне, шаьш сатуьйсучу г1айрене кхача г1ертахь, шу кийча хила деза 1ожаллина а. Вай кху т1ерачу адамехь ах д1акхачахь а, иза а доккха г1уллакх ду. Нийса лоьй со, Хьадалча?
I г1аттамхо. Нийса лоь!
II г1аттамхо. Нийса лоь… Кхин д1а х1ун дан деза дийца оха.
Т1евеънарг . Кхин д1а х1ун дан деза а дуьйцур ду… И шиъ лаьтта т1е д1ацакхачаро гойту со сайн хьесапашца мелла а галваьлла хилар. Суна моьттура вай лаьттан б1е чаккхарма генахь ду… Со цхьа жимма галваьлла, вай лаьттана эзар чаккхарма генахь долчух тера ду.
I стаг. Эзар чаккхарма… Иштта делахь вай цкъа а кхочур дац цига…
Т1евеънарг. 1адда дита эшаме къамелаш. Суна керла некъ дагабеана. Сан хьесапашца, кху меттигна т1ехула х1аваъ-кеманаш т1ехдуьйлу х1ора ахсахьт моссаза долу. Цундела вай йоккха ц1е лато еза, вайн т1ехула д1аоьхучу х1аваъ-кемане вайн тидам байта. Йоккха ц1е лато еза…
Поэт. Х1окху керла гучуваьллачунна дицделла моьтту суна вай мичахь ду… Кхуо дуьйцург ларт1ехь х1ума дац.
Т1евеънарг. Хьадалча, Вадалча, д1асацаве и декъаза къамелаш дуьйцург.
I г1аттамхо. Кхин вист ма хилалахь…
Поэт. Лаахь вист а хир ву… Нах, ма делаш цо бохург.
II г1аттамхо. Д1асаца. Хьо д1а ца сацахь, оха х1орда чу кхуссу хьо.

Шина г1аттамхочо д1атакхаво Поэт х1орд болчу аг1ор.

Т1евеънарг. Собарде, и стаг эша а тарло вайна, чу кхосса сих ма луо. Оцу стагана со 1овдал хетта шел. Ц1е вай юккъехь латор ю… Дукха йоккха ца ялийта гонаха хи деттар ду. Вайн хил дукха х1ума дац, гобаьккхина х1орд бу.
I стаг. Иза-м бакъ ду.
II стаг. Ц1е марсаялахь, и вай деттачу хих сецар ю аьлла ца хета суна.
II зуда. Ма сацахьара иза… Сийна ц1е яьлла дагахьара массо а х1ума. Сайн к1ант воцу х1ар дуьне иккхина д1адоьдахьара.
Т1евеънарг. Вай цхьа къастам бан беза, х1ай х1ордахой. Я кху т1е йоккха ц1е а латийна, вайна х1аваъ-кеманаш орцах довлуьйтур вай… Я вай кху акхачу х1орда чохь дуьсу, эзар чаккхарма лаьттана генахь…? Карзахбаьллачу х1ордан тулг1енаша д1акхаллалц, я мацалла, хьогалла даллалц. Х1ун къастам бо вай: ц1е я х1аллак хилар?
Нах. Ц1е латайо! Ц1е! Уггар йоккха ц1е!
Т1евеънарг. Хьадалча! Вадалча! Д1алатае ц1е.
I г1аттамхо. Ладуг1уш ву!
II г1аттамхо. Кхочуш дийр ду хьан омра! (Ц1е латайо).
Т1евеънарг. Ткъа аш массара а кхабанашца, чийликашца, ведаршца, кхийолчу пхьег1ашца схьаэца х1ордан хи… Ц1е шор ма ялийта, лакха ялийта!
I г1аттамхо. Ц1е шор ма ялийта, лакха ялийта.
II г1аттамхо. Ц1е шор ма ялийта, лакха ялийта!
Нах. – Х1инца-м лакха яьлла хьуна иза!
– Х1инца-м ца ган йиш яц хьуна х1ара.
– Х1аваъ кеманна х1инца-м гур ю хьуна.
II стаг. Ц1е ца сацало! Ц1е карзахъяьлла.
I зуда. Ц1аро х1аллакдеш ду вай.
Поэт. Ц1аро чехош х1орда чу лоьхку, Везандела, орцахвалалахьа! Оха Хьоьга доьху… Тхо Хьоьга кхойкху, къинхетам бехьа!
II зуда. Ц1аро шеца бегаш ца бойту, цхьадика х1инца чекхдер ду дерриге а.
II стаг. Оцу Т1евеанчо бохург а дина, ваьш би-кха вай х1ара бала.

Гучуволу Толамхо.

I зуда. Мох баьлла! Ц1е алсамъялла.
Толамхо. Х1орда йисте та1а, ц1арах ларлуш! Х1орда йисте та1а!

Толамхо т1е1отло ц1арах ведда воьдучу Т1евеъначух. Цхьана юккъана вовшашка хьаьжжинчохь сацало и шиъ. Цул т1ехь д1ахьодий,
Т1евеънарг къайла волу.

Толамхо. Могг1ар д1ах1ийтта. Сихха бертахь ц1арна т1етоха хи! Раг1 ма йохае!
Х1ай Везандела! Х1ай Воккхадела! Массо х1уманна ницкъ кхочург Хьо ву-кх! Хьо бен вац-кха тхан деха, Хьо бен Дала вац-кха тхан. Хоьга доьху-кх оха! Орцахвалахьа тхуна. Я Аллах1 Дела, дог1а даийтахьа тхуна… Х1ара тхан бен х1аллакбеш, летта ц1е д1айойъуш дог1а даийтахьа тхуна. Тхоьца долчу маликийн-берийн дуьхьа, дуьненан марзонаш д1аевлла, эхартахь къинхетам баре сатуьйсуш, шайн ерриге хан, Хьоьга кхойкхуш, хьуна до1анаш деш йоккхучу баккхийчу г1орасиз нехан а дуьхьа, шайн берех хаьдда, хаддаза дагчохь царна боьлхучу нанойн дуьхьа, Хьайн беркате дог1а даийтахьа тхуна, тхан дегнашчохь яьлла кхераман ц1е йойъуш, дарбане дог1а лохьа тхуна! Тхуна гонаха яьлла, къизаллин ц1е йойъуш нуьцкъала дог1а лохьа тхуна! Я Аллах1 къинхетам бехьа тхох!
II зуда. Мархаш евлла!
I стаг. Уьш дог1анан мархаш ю!
II стаг. Алхь1амдулиллах1. Дог1а ду! Дог1а доладелла!
II зуда. Дог1ано йойъу ц1е…
I зуда. Дала жоп дели оцу дикчу стеган до1ана…

Дог1а алсамдолу, Цо д1айойъу ц1е…

IV сурт

Поэт. Нах, ладог1алаш! Ладог1алаш! Вайна гира-кх, мичара вог1у ца хууш, вайна юкъавеъначу цхьана стага бохург а дина, вайн кху кеман т1ехь яьккхина ц1е… Оцу ц1аро х1аллакдаза диси вай… Диси вайн юкъахь волчу дикчу стеган до1а бахьанехь. Шуна гира-кх, Дала цуьнан до1ийна жоп луш, вайна дог1а доуьйтуш… Цундела ас боху, шуна массеран ц1арах, Толамхочуьнга вайна хьалха вала… Реза дуй шу?
Нах. – Реза ду.
– Ч1ог1а реза ду.
Поэт. Гуттар а Далла 1амал еш волчу цунна хьоьхур бу Дала нийса некъ, кху х1орда чуьра лаьтта т1е довла гечо. Толамхо, х1ара ю хьуна некъ гайтаран 1аса. Хьеха тхуна дандезарг.
I г1аттамхо. Цо х1уъу хьехахь а, вайна ялтех дукхахдерг ц1арах х1аллакьхилла.
II г1аттамхо. Иштта х1аллакхилла даьхни а.
II стаг. Хиллехь, шу бахьанехь хилла-кх. Аш ваьккхир-кха иза хьалха, цо бохург дан деза аьлла.
I г1аттамхо. Бехк тхойшинна хилла ца 1а. Шу массо вара и Т1евеънарг хьалха ваккха реза.
Поэт. Х1инца мичахь ву иза?
I зуда. И ц1е латийча къайлавелир-кха иза.
II зуда. Х1етахь дуьйна суна гина а вац.
Поэт. Х1ей нах, х1ей! Т1евеънарг гиний цхьанна а?
Нах. Ца гина, ца гина.
Поэт. Гур а вац, иза ша дан леринарг дина ваьлла… Цундела къайлаваьлла.
I стаг. Муха къайлаваьлла… Схьа а карийна та1зар дан деза цунна…

Гучуволу Толамхо.

Толамхо. Эрна ма леха, и карор вац…
II стаг. Стенна ца карош ву иза?
Толамхо. Шайт1а лацалур дац вайга.
I зуда. Ватта-а, оцу шайт1ане 1ехадайти-кх вай.
II зуда. И кхуза валийначунна та1зар дан деза… «Т1евеънарг керла стаг ву, цунна дуьне доьвза», – бохуш, хабарш дуьйцуш.
Нах. – Нийса боху! Бакълоь!
– Та1зар! Та1зар дан деза.
Толамхо. Нах! Адамаш! Хилларг хилла! Хилларг луьстуш, бехкениг лоьхуш, вай барт бохабахь, вайн г1уллакхаш кхин а галдевр ду… Дала боху шен сийлахьчу Къуръан чохь, дикачу х1уман т1ехь шу шиннан барт хилахь, Ша шун накъост ву шуна. Мел доккха х1ума ду иза. Вай дерриш тахана х1орда юккъехь дисина, вовшах доьвлла даха меттиг а яц. Х1инца мукъане къеста а ца къесташ цхьаъ хила вай… Х1инца мукъане бакъ лиэ вай. Дала бакъо толайойла!
Нах. Амин! Амин!
Поэт.Толамхо, тхо хьан даше ладоьг1на ду хьуна! Ала ахь дан дезарг.
Толамхо. Дан дезарг. Уггар хьалха вай доьлху аг1о хийца еза… Х1инца дуьйна д1а вайн цхьа аг1о ю. Я малхбузе а, я малхбале а яц… Къилбе ю… Вай къилбехьа д1адуьгур ду вайн х1орда-кема…
I г1аттамхо. Деха оьхур дуй-те вай, вай кхаа денна даъал бен ялта а ца хилча, деа денна маллал бен хи а ца хилча.
Поэт. Нехан дог дохон къамелаш ма диэ… Даа ч1ерий ду шортта, хи… дог1анан хи лоцур ду…
II г1аттамхо. Хьовсур ду вай цунах х1ун хуьлу.
II стаг. Ашшимма цхьа питана ца доладахь, цунах г1уллакх хир ду-кх. Дала мукълахь.
Толамхо. Нах! Дикка ладог1алаш! Х1ара вайна лакхахь гуш йолу стигал а, цигахь лепа эзарнаш-эзарнаш седарчий а, х1ара вайн гонахара х1орд а, цу чохь деха эзарнаш-эзарнаш ч1ерий а, кхийолу садолу х1уманаш а кхоьллинчу Далла х1ун ду вайна мискачу адамашна рицкъ далар? Рицкъана дукха са ма гатде! Рицкъ а, вай лаьтта т1е д1акхачийтар а Деле деха. До1анаш диэ. Диц ма де мискачу нехан ницкъ – иза ц1енчу дагца, даггара деш долу до1а ду… Нагахь шух х1ора а шен до1анашца лаккхарчу деган ц1аналле кхачахь, шуна шайгахь, шайн дагца хаалур ю лаьттан ч1аг1о, ломан ч1аг1о. Нагахь и тайпа адамаш вайн юкъахь алсамдовлахь, вай кхочур ду ваьш сатуьйсучу лаьттан т1е.
I стаг. Кхета халуо х1уманаш ду ахь дуьйцурш… Амма тхан декхар, шеконаш 1адда а йитина, ахь бохург кхочушдан г1ортар ду.
Толамхо. Сатосуш, я садовш, шаьш цхьа дисча ойла йиэ аш… Ойла йиэ аш шайн а, шайн гонахарчу 1аламан а… Дала кхетар лур ду шуна, Дала мукълахь. Х1инца д1асадовла, х1ораммо а шен-шен г1уллакх диэ… Пийсагаш хьокхучара Къилбехьа нисдиэ вайн ша-тайпа х1орда-кема…

Нах д1асаболу.

Поэт. Хьоьга кхайкха цкъа а дийр дац к1орда,
Хьо цхьаъ воцург орцахвала вац,
Ахь дола деш хилча, пана х1ордахь
Тхо цхьалха дац, тхо д1атесна дац.
Ахь дига тхо, Веза-Сийлахьа Дела,
Хьайна нийса хеташ болчу новкъа.
Довла йиш яц хьан нийсачу кхелах,
Реза ду тхо лан муьлхха хьовзам.

V сурт

Толамхо ву до1а деш.

Я Аллах1 Дела, гуттар а Хилларг, Волушверг, Хинверг, заманаш кхоьллинарг, латтанаш кхоьллинарг, стигланаш кхоьллинарг, заманашца хийцалуш воцург! Махана меттахъхьер деллерг, х1ордана к1оргалла елларг. Т1улгана ч1ог1алла елларг, адамийн дегнашна к1адалла елларг! Хастам бу хьуна!
Буьрсачу махо тулг1енаш х1иттош, массо х1ума, дерриге а дуьне д1акхалла санна карзахбаьлла х1орд, карийна цициг санна эсал хилийта Ницкъ берг, цу х1ордан куьзгана чохь эзарнаш серлонаш лепош, исбаьхьа сурт кхолла малх х1оттийнарг, цуьнан тов ца 1аткъийта Суьйре Елларг, буьйса хазъян стиглахь беттаса Х1оттийнарг, адаман ойла т1аьхьакхиа йиш йоцуш, Айхьа кхоьллинчу х1ора х1уманна яккхий къайленаш кхоьллинарг, Хоьга кхойкху-кх тхо, х1окху карзахаллин, 1оттабаккхамийн х1орда чуьра берда улло дахахьара Ахь тхо!… Тхан дехарш тидам боцуш ма дитахьара Ахь, Х1ай тхо кхоьллина, тхо д1адерзор долу, Я Аллах1-Дела!
Я Аллах1-Дела, со кийча ву-кх х1ара адамаш Ахь къобал бинчу нийсачу новкъа х1иттош, х1орш кху къизачу х1ордчуьра берд йисте дохуш, 1ожалла т1еэца. Я Аллах1-Дела, Хьайн дуьхьа делахь ас хьоьгу къа. Къобал делахь сан нийят.

VI сурт

Х1орда йистехь цкъа стигла хьожуш, юха г1амара т1е цхьацца сизаш деш, шабар-шибарш деш йоллу II зуда. Цунна гонаха х1иттина лаьтта нах:
I г1аттамхо, II г1аттамхо, кхиберш.

II зуда. Седарчаша боху, вай къастийна аг1о нийса яц… Вай Къилбаседехьа даха деза… Латта вайна моьттучул дуккха а уллехь ду… Нагахь мох баьлча, и мох хьокхур бу Къилбаседехьа… Шина куьйга т1е четар а дихкина, цу мохаца айавелларг, оцу мохо кхачор ву лаьтта т1е…
I г1аттамхо. Со ву-кх и дан кийча! Оцу хабарчийн бага а хьоьжуш 1ачул…
II г1аттамхо. Со а ву кийча!
I г1аттамхо. Кху х1орда юккъе а хиъна муствелла 1ачул, валар г1оле ду!
II г1аттамхо. Бакъду-кх иза … Валар г1оле ду.
I стаг. Зуда, хьо х1инцалц стигла хьожуш а яцара, хьо мичара 1емина седа-жайна деша…
II зуда. Иштта 1емина-кх, х1ордо д1акхаьллинчу сан цхьаъ бен воцчу к1ента сино хьоьху суна дан дезарг…
Поэт. Нах харц новкъа хьийсабо ахь. Ма дийца хьайна ца хуург… Вай хьалха ваьккхина Толамхо ву.
I г1аттамхо. Суна бакъ хета цо дуьйцург. Иза седарчийн 1илманца дог1уш къамел ду. Со реза ву цунна.
II г1аттамхо. Со а реза ву…
Поэт. Ма леладе хьаштдоцург, сан ваша.
2 г1аттамхо. Юкъа ма г1ерта. Вайшиннан некъаш къаьстина. Хьо 1ен хьо, хьайн дешнаш керчош, Толамхочун бага а хьоьжуш. Со махо лаьтта т1е кхачор ву.
Поэт. Махо хьо т1епаз войур ву. Кхетам галбаьллехь а, сан дех, ненах схьаваьлла сан ваш ма ву хьо, ма х1отта х1аллакхиларан новкъа!
II зуда. Т1еоза шайн куьйгашна четарийн т1емаш… Хаало суна, мох бу гергахь… Кечло г1овтта махаца…

Мох болу. Мохо айина ши г1аттамхо къайлаволу.

I стаг. Мича ваха и шиъ…?
II зуда. И шиъ кхача веззачу д1акхаьчна шуна. Царна са ма гатде.
I стаг. Мича кхаьчна и шиъ.
II зуда. Гила-кеманца латта лаха вахна сан к1ант кхаьчначу д1акхаьчна-кх и шиъ а.
Поэт. И х1ун ду ахь динарг?.
II зуда. И сан бекхам бу-кх.… И чекхдели … Х1ай нах, х1ай… Вайна цкъа дог1а а деана юха стигал еккхалц, ас д1акъовлу сайн седа-жайна. Х1етталц суна т1аьхьа ма лела. Д1асадовла. Д1асадовла.

VII сурт

Поэт ву ша.

Поэт. Сенчу х1ордан анайистах
Хьакхалуш ю сийна стигла.
Басца вовшах жимма къеста:
Х1орд бу таь1на, стигал сирла.
1уьйрре маьлхан дашо оьвна,
Х1орд а боькъуш, дижна аьлла,
Тулг1еш мохца юьйлу доьвне,
Вовшах детташ деши маьлхан…

Толамхо гучуволу.

Толамхо. Дика сурт х1оттадо ахь дешнашца.
Поэт. Ма беса, ма г1ийла сурт ду-кх иза суна гучу, суна хаалуъчуьнга хьаьжча.

Цхьа а вист ца хуьлуш тийналла лаьтта.

Толамхо. Х1ун боху наха…
Поэт. Нах юха а бекъалуш бу… седа-жайна хьожуш ю ша бохуш, юкъаяьлла цхьаъ ю…Цунна т1аьхьах1иттина цхьаберш… Царах шиъ, кху х1орда юкъа а хиъна муствелла 1ачул валар г1оле ду аьлла, шаьш динчу четаран т1емашца махаца г1аьттина д1авахна, т1епаза вай.
Толамхо. Дала-м 1еминера вай, даха 1ама вай цкъа мукъане нах санна. Дийца ахь, дийца ахь, дош дашца нисдийриг.
Поэт. Цхьаберш юха а вайн кемано аг1о хийца еза бохуш, г1овг1анаш еш бу… Амма дукхахберш, хьох тешаш, ахь бохучунна т1ехь бу…
Толамхо. Доккха х1ума ду, сан ваша, нахана хьалхавалар а, царна дола дан г1ортар а. Собаре хила ала нахе… Делан диканах доггах тешаш, собаре хила ала нахе… Дала мукъалахь, хаза кхаъ хир бу вайна кестта.
Поэт. И ма ч1ог1ачу тешамца эли ахь, Толамхо!.. Цхьаъ хийца-м делла хьоьгахь. Хьо верриге лепаш ву ша тайпанчу серлонца… Лаа дуй-техьа иза?

Оцу хенахь г1овг1анаш йовлу. Гучубовлу Толамхочун б1аьхой.
Цара лаьцна схьабалабо керла г1аттамхой.

Толамхо. Аш х1ун леладо? Х1орш муьлш бу?
I б1аьхо. Т1евеанчун ун кхеьттарш бу.
Толамхо. И туьтам1аьжгаш х1унда йоьхкина кхара?
II б1аьхо. Шайн нехан б1ара хьажа юьхь йоцу дела.
Толамхо. Д1аяха уьш царна т1ера!

Туьтам1аьжгаш схьайоху зуламхошна т1ера. Цара кортош охьадохуьйту.

I б1аьхо. Х1орш кху вайн декъазчу г1айри т1ехь ц1е яккха г1ерташ хилла, Т1евеанчо цу ц1арца вайн бина «дика болха» ца гича санна…
Толамхо. Бакъ дуй иза?
I лаьцнарг. Бакъ ду. Вай к1елхьара девр дац хьалхачул а йоккха ц1е ца латаяхь.
II б1аьхо. Цул хьалха дан кечдина кхин зулам хилла кхеран. Хьо новкъара д1авоккхуш, х1орда чу кхосса.
Толамхо. Д1ахеца уьш!
I Б1аьхо. Муха д1ахеца?!
Толамхо. Вай къеззиг ду. Вайн х1ора а стаг веза ву. Кхарна дохкобовла некъ буьтур бу вай. Вайн массарна а ган деза вай сатуйсучу доккхачу лаьтте вай д1акхачар.

Оцу хенахь царна хьалхахула т1ех эккха ч1ег1ардиг…

Толамхо. Шуна гирий иза?
Поэт. Гира. Ч1ег1ардиг дара-кх из…
Толамхо. Суна г1енах ма гарра ду-кх… Ч1ег1ардиг пана х1ордахь хир дац. Делахь-х1ета, лаьтта уллохь ду вай… схьакхайкха нахе…
Поэт. Х1ай нах, х1ай! Ма 1ахка дийший… Дала иштта хаза яийтина 1уьйре а ца гуш… Схьадуьйла.
I стаг. Х1ун ду хилларг!
II стаг. Стенна кхойкху хьо тхоьга.
Поэт. Хаза кхаъ баккха!..
Нах. – Х1ун кхаъ бу иза?..
– «Хаза кхаъ»… И дешнаш а дицделла суна…
– Вайна х1ун кхаъ хир бу.
Поэт. Толамхочо вай нийсачу новкъа даьхна хиларан билгало гучуяьлла…
I стаг. Х1ун билгало ю иза?…
Поэт. Ч1ег1ардиг ду вайн кеманна т1ехула хьийзаш.
II стаг. Ч1ег1ардиг… И мичара даьлла кхузахь?
I стаг. Олхазар уллохь делахь, латта а уллохь ду…
II зуда. Х1инца суна а го иза… Д1ахьовсийша… Къилбехьа хьийза.
II стаг. Вайна некъ хьоьхуш ду-кх иза.
I стаг. Вайга маршалла хоьттуш ду-кх.
Нах. Марша да хьо, ч1ег1ардиг.
Поэт. Ч1ег1ардиг, ч1ег1ардиг,
Т1ам шера олхазар.
Тахана тхуна ган,
Х1умма дац хьол хаза!

Нахана юккъера аз. Х1ай нах! Х1ай нах! Суна го!

I стаг. Х1ун го хьуна!

Нахана юккхера аз. Суна го вай сатийсина г1айре! Суна латта го!

I зуда. Х1инца-м суна а го иза!
II стаг. Дала жоп делла вай динчу до1анашна…
Толамхо. Элхьамдулиллах1, Далла бу хастам. Харц хила йиш яц-кха Хьан дош… Цхьа хало 1аьвшича, аттоне кхачаво.
Поэт. Бакъ ду-кх иза… Дела, Хьуна бу хастам.

Нах хи чу лелха, лаьтта т1е хьовду.

Нах. – Латта ду! Латта!
– Х1инца вайн аьтту хир бу орамаш таса!
– Х1инца вайна гур ду лаьмнаш.
– Х1инца вайна гур ду гунаш, бердаш.
– Х1инца вай дехар ду вай дайша сатийсинчу лаьтта т1ехь.
Поэт. Толамхо! Мичахь ву Толамхо?. Толамхочун до1анаш ду Дала жоп делларш. Иштта хуьлу шуна дика стаг хьалха ваьлча. Мичахь ву Толамхо?
I стаг. Суна гина-м вац иза кху лаьтта т1е ког боккхуш.
Поэт. Толамхо! Толамхо! (Нахе хоьтту). Хьуна гирий Толамхо?
Нах. – Ца гира.
– Суна а ца гира!
Поэт. Толамхо! Толамхо! Мичахь ву хьо?
I стаг. И кеман т1ера лаьтта воьссина а вац.
II стаг. Кема-м х1орда чу дахна, къайладели.
I зуда. Делахь иза а цуьнца къайлаваьлла шуна.
I стаг. Шен декхар кхочушдина а ваьлла д1аваха иза, вайца яха шен ц1е а, шен амалш а, шен г1иллакхаш а дитина.
Поэт. Дала шен дуьхьа дойла ахь хьегна къа, Толамхо. Дала г1азот къобал дойла хьан.

Мукъам. Назма. Кирхьа.

Вайнах №2. Печатная версия, №6. Электронная версия.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх