Ахмадов Муса. Пьесаш

Декхар

Дакъалоцурш:

Докка
Зарема    – цуьнан зуда.
Руслан    – Доккин к1ант
Рустам    – юьртахо
Т1ах1ир    – Доккин декхархо
Селима    – Т1ах1иран зуда

I сурт

Чохь Зарема ю дезарш деш, чуволу Докка.

Зарема. Стаг ц1а веан хьо?
Докка. Ц1а веа…
Зарема. Т1аккха?
Докка. Х1ун т1аккха?
Зарема. Декхар схьаделин хьан?
Докка. Ца дели.
Зарема. Ткъа х1ун боху цо?…Ши шо даьлла-кх, кхаа баттахь вайгара миллион цо даьхьна а, и схьа ца луш цо вай хьийзош а. Маца лур ду а ца боху?
Докка. Х1умма а ца боху…И ц1ахь а вац. Ц1ахь зуда ю. Со гучу ма велли, дог1а санна, охьа йоьлхуш.
Зарема. Атта-м ду, миллион д1а а кхаьллина елха, цуьнан елхарх, сан дуо бузур бац. Хан а йиллина, зуда яло езаш к1ант а ву… х1етале чекхдаха дезаш ц1енош а ду… Ва-а, ас х1ун дийр ду, хьо эхь, хьо эхь… (Йоьлху кеп х1иттайо.)
Докка. Х1инца зуда д1а ма йолалолахь, хьоьга ладег1а дог дац хьуна сан.
Зарема. Дера дац хьан-м соь ладог1а дог, ахь соьга ладоьг1нехьара-м, ахь и ахча цуьнга лур а дацара… Мамас ма нийса олуш хилла: юхалург ахча ма лолаш, шайна мостаг1 ца везахь…
Докка. Х1инца хьайн нанас мел аьлларг суна ма дийцалахь… Ахь боху ца боху, ч1ог1а хьекъале х1уманаш ду уьш. Корта лазабоккху цара.
Зарема. Ва къонах, и стаг хьох вешаш а вац. Велахьара ах лур ду, ух лур ду эр дара. Бутт баьлча лур ду, шо даьлча лур ду эр дара. Иза хьох воьлуш ву, хьо к1еда волу дела… Схьа ца лахь, схьаялае кертара машен, божлара даьхни, дуо чуьра хьаьжк1аш, схьаян!
Докка. Сабардел, зуда, хьо дукха гена йолуш лаьтта… Кхин хьуо елла д1аяллалц и декхар хьахадай, йист ма хилалахь, и сан г1уллакх ду. Со хила везачохь к1еда а ву хьуна, хила веза чохь, мокхазан т1улг санна, ч1ог1а а ву хьуна. Кхийтирий хьо?..
Зарема . Со-м хьаха кхеттера… К1антана схьаяло езаш зуда яцахьара…
Докка. Цунна а цхьаъ дийр ду вай… Эрна хабарш а ца дуьйцуш, хьо 1адда 1ийчахьана.
Зарема. 1адда1а, 1адда1а со-м…

II сурт

Чохь Докка. Чуволу Руслан, Рустам.

Руслан. Де дика дойла, Дада.
Рустам. Де дика дойла, Ваши, чуван мегар дуй?
Докка. Мегар ду. Далла везийла.
Рустам. Муха 1аш ду, могаш дуй?
Докка. Могаш ду… Руслан, х1ара хьаша суна ма ца вевза.
Руслан. Х1ара эвла йистерчу, Халидан к1ант Рустам ву–кх. Москвахь 1аш ву х1ара х1инца.
Докка. Ву? Халид сан маьхча ву … Муха 1аш ву Халид ?
Рустам. Дика д1а1аш ву иза-м.
Докка. Иза дика ду, сехьавалий охьахаа… Т1аккха х1ун деш ву хьо Москвахь?
Рустам. Москвахь цхьана компаница болх беш ву.
Докка. Ткъа х1ун деш шун компани?
Рустам. Долгиш выбивать деш!
Докка. Х1ун де-еш?
Рустам. Долгиш выбивать деш… Выбивальщик ву-кх со. Нохчийн маттахь х1ун олура цунах?
Руслан. Декхар…
Рустам. Х1аъ, декхар схьадоккхуш…
Докка. Ткъа муха доккху аш декхар схьа.
Рустам. Методаш разны ю, Ваши… Это смотря какой крепкий попадает орешек… Один сразу раскалывается, цкъа-шозза пенах ма тоьхнехь… Цхьаццаверг ор чохь валло деза… Ткъа цхьаннан ц1аза п1елг, д1а а хадийна, бахьийтира оха почтехула гергарчу нахана, юххехь видеозапись а йиллина… Ч1аг1ъеллера боьха х1ума, къаръяла ца лууш. Методы разные, Ваши… И хьан долг юй, элп алале, охьа тосуьйтур ю хьуна… Бакъдерг дийцича писят процент компанис шена юьту… Хьоьгара 30 бен йоккхур яц, родственников надо ценить.
Докка. Собар, собар! Ахь схьадаккха дезаш сан цхьа а декхар дац хьуна, Рустам. Д1авало д1а г1уо. Ахь лелориг хьашт доцург ду. Хьан дех д1акхетар ву со.
Рустам. Нет, мне ничего не надо. Если хочешь, компания заберет ахча…
На нет и суда нет… Со-м д1авоьду. 1одика йойла.
Докка. 1одика Дала йойла…

Рустам араволу, цунна т1аьхьа волу Руслан.

Хьо вара хьуна кхузахь т1е оьшург. Выбивальщик, тов! Шаьш х1уъу лелийча а биэ д1а ца хета х1окху нахана-м. Хьарам, хьанал дуьйцуш а дац… Йоккха юьхь1аржо ю оцу Халидан к1анта лелорг. Цкъа оцу Т1ах1ира хьун леладо хьажа веза. Схьагарехь, бакъахьа стаг ву иза … Х1инццалц шегара ледарло ялийтина а ма вац, суна хууш. Х1ун бахьана ду-техьа и сох идар?

III сурт

Т1ах1иран ц1енойн уьйт1е. Керта волу, Докка. Не1 етта.

Докка. Х1ей, чохь дуй шу?

Арайолу Т1ах1иран зуда – Селима.

Селима. Чохь ду, чохь ду … Марша вог1ийла хьо!
Докка. Делан маршалла хуьлда! Чохь вуй Т1ах1ир?
Селима. Чохь вац…
Докка. Цо ша чохь маца хир ву аьлча, цуьнца къамел дан вог1ур вар- кха со.
Селима. Деллахь стаг, чог1а сиха хьийзаш ву хьуна иза. Тахана шен цомгаш да эцна г1ала вахана иза… и Германи операции ян вига кехаташ кечдайта больницехь… Ч1ог1а цамгар йолуш ву Дада… Хьо хьайн декхар бахьанехь веана хир вара?
Докка. Веънера, иза а хьахор аьлла.
Селима. Валлах1, хьох эхь ма хета. Ша д1алур ду ала бохура, х1ара ков-керт д1а а доьхкина.
Докка. Со-м вац ков-керт шуьга д1адохка бохуш… Со-м цуьнца къамел дан г1ерташ вара.
Селима. Валлах1 и лара-м ца во. Б1аьрг сара кхетча санна, хьийзаш ву-кх. Цхьа бутт хьалха нана д1аерзий. Юха к1ира далале Францехь д1аваьлла шен вешин к1ант ц1а валий. Юха банко, кредит д1а ца делла аьлла, г1алара квартира а, машенаш а д1аехи … Ц1еххьана ц1е ца йоккху цамгар а кхетта, кхунан шен да а висина меттахь, х1инца иза Германи лоьраш т1е вига везаш ву.
Докка. Астог1фирлахь. Астог1фирлахь… Дала гечдойла д1абевллачарна. Делан кхиэл хилла-кх. Дера хьовзийна-м хилла Т1ах1ир дахаро, ша хино к1урк1манехь санна.. Суна ца хааьра иза.
Селима. Хьуна муха хуур ду, цо цхьаьнгга а иза хьаха дойтуш а ца хилча? Мухха делла а д1алур ду ша и декхар олура цо, цхьаьнга а орца ма даккха. Дала бийр бу шен аьтто.
Докка. Дала бойла цуьнан аьтто.
Селима. Собар делахь, и ц1а кхаьчна моьтту суна.…

Керта волу Т1ах1ир.

Т1ах1ир. Ассаламу 1алайкум, Докка!
Докка. Ва 1алайкум Солам, Т1ах1ир!
Т1АХ1ИР. Хьо марша а вог1ийла!
Докка. Делан маршал хуьлда хьуна а!
Т1ах1ир. Х1ун деш ду шу? Могаш дуй?
Докка. Дика д1а1аш ду тхо-м.
Т1ах1ир. Валол, валол, чудоьлху вай!
Докка. Чувеъна-м 1ийр вацара со.
Т1ах1ир. Цунах г1улакх хир дац… Чоьхьа вала! Тхан юучух ца кхеташ д1аваха пурба дац хьуна. Валол!
Докка. Астаг1фируллах1! Ахь иштта ч1ог1а аьлча-м, чу ца ван йиш а яц. Вало ткъа.

Ший чувоьду. Чохь.

Т1ах1ир. Охьахаал, кхуззахь! Зуда катоххий схьаял кхалла х1ума. Хьо кест-кеста гучуваьллам-м олура х1окху зудчо. Амма д1акхета ка ца йолуш, б1аьрг сара кхетча санна, хьийзи со х1окху юкъана.
Докка. Х1окху хьан х1усамнанас дийцира соьга… Дала гечдойла д1абевллачарна, Дала маршалла дойла цомгашчунна.
Т1ах1ир. Дела реза хуьлда хьуна а! Хьашт доцург дийцина-кх х1окху зудчо а… Цхьа вонаш т1е ца кхочуш цхьа а ма вац…
Докка. Бехк ма биллалахь Т1ах1ир. Суна-м нийса ма хета хьан х1усамнанас бакъдерг сайна довзийтина. Вовшийн вонехь а, диканехь а карон цхьа адамаш дац вай?
Т1ах1ир. Иштта-м дара иза… Со-м и декхар айса хьедарна, хьуна дуьхьал х1отта юьхь йоцуш лелара… Аьтту ма белли, х1ара ков-керт д1а а доьхкина, иза хьуна д1алур айса бохуш.
Докка. Ков-керт д1адоьхкича, мичахь 1иэн воллу хьо хьайн доьзалца?
Т1ах1ир. Эцца г1алахь, цхьа петар а лаьцна хене вер ву-кх… Т1акха цхьаъ дийр ду-кх.
Докка. Т1ах1ир. х1инца дикка соьга ладог1алахь. Суна ца хаьара оцу декхаро хьо сел холча х1оттиний… Къинт1ера вала суна.
Т1ах1ир. Ахь х1ун дуьйцу?.. Хьо вала суна къинт1ера и декхар хьиэ дарна.
Докка. Собардел, Т1ах1ир, цкъа со вистхилла валийтал… Ас кхин сингаттам латтор бац хьуна. Веза хилла волчу Аллах1ан дуьхьа ас и декхар дуьту хьуна, доггах къинт1ера а ваьлла. (Т1ах1ир воьхна хьоьвзу.)
Т1ах1ир. Ма алахьа иштта… Сан д1адала аьтту хиллалц дуьтур ду алахьа.
Докка. Х1ан-х1а, Т1ах1ир, сан Делан дуьхьа дина ниййат дохо а ца г1ерташ 1адда1е.
Т1ах1ир. Хьан ц1ерачарна муха хетар ду теша?.. Цкъа царах дага мукъане а валахьа.
Докка. Кху т1ехь со дагавала везаш цхьа а стаг вац-кха хьуна.
Т1ах1ир. Дела реза хуьлда хьуна. Дала саг1а де хьан ахча. Суна дагахь доццург хили кхунах-м.
Докка. Дела реза массарна а хуьлда. Х1инца шун кхачане а хьовсур ду-кх вай!
Т1ах1ир. (Самукъа долий). Суна цкъа а дицлур дац, ахь дина вошалла.
Докка. Дика хьаха ду, сан и дан аьтту болуш… АлхьамдулиЛлах1!

Кирхьа

Зудаялор

Дакъалоцурш:

Сег1ийрат
Мелижа    – цуьнан йо1
Элжаркъа    – Сег1ийратан к1ант
Эдик        – Сег1ийратан шолг1а к1ант
Пайзулла
Хазбика    – юьртара зуда
Нурбика    – цуьнан йо1
Базилика    – цуьнан йиша

I сурт

МЕЛИЖА. Ва мама, суна Эдик гира хьуна!
СЕГ1ИЙРАТ. Ватта, мичахь гина хьуна иза?!
МЕЛИЖА. Телевизор чохь!
СЕГ1ИЙРАТ. Ватта, х1ун деш вара иза телевизор чохь?
МЕЛИЖА. Парижера митинг яра гойтуш, иза массарел хьалха вара. СЕГ1ИЙРАТ. Маржа я1, сан к1ант, гуттар хьалха бен сецар волуш-м вац. МЕЛИЖА. Иза цхьана ч1ог1а кечъеллачу француженкина уллохь ваьлла вог1уш вара хьуна, цунна вела а къежаш.
СЕГ1ИЙРАТ. Ватта, ватта, куьг лаьцна-м вацара и цуьнан?
МЕЛИЖА. Ца къаьстира суна, мама, хила а мега…
СЕГ1ИЙРАТ. Тахана митинге вигна, кхана шайн ц1а вуьгур ву, иштта галвоккхур ву сан к1ант. Д1атоха цуьнга тилпон!
МЕЛИЖА. Х1инцца, мама…
СЕГ1ИЙРАТ. Кху кxaa шарахь ц1а ца вог1уш, митингаш еш лелаш вукх.
МЕЛИЖА. Алло,Эдик.
ЭДИК. Алю, мсье, мадам, мамзель…сель ву пле, тужуг1.
МЕЛИЖА. Х1ун тужурка ю ахь юьйцург? Со мадам яц, мамзель яц! Со хьан йиша Мелижа ю!
ЭДИК. Уьви! Уьви!
МЕЛИЖА. Эдик, мама ю хьоьга йистхила лууш.
ЭДИК. Маман, 1уьйре дика йойла хьан!
СЕГ1ИЙРАТ. Эдалбек, сан к1ант, хезий хьуна?
ЭДИК. Хеза, мама, ахь иштта мохь хьекхахь, къар-м лур ву.
СЕГ1ИЙРАТ. Катоххий ц1а вола!
ЭДИК. Х1ун хилла хьуна, мама? Весет дан йоллуш-м яц хьо?
СЕГ1ИЙРАТ. Со яла ца йоьжча, ц1а ван ца мега хьо? Хьуна зуда а ялийна бен, со лийр яц хьуна.
ЭДИК. Зудаялош ма ву со, ахча а вовшахкхетта, чохь 1ен меттиг ю, «Пежо» а ю…
СЕГ1ИЙРАТ. Пхьаж ю?
МЕЛИЖА. Пхьаж яц, французскийн машен ю, «Пежо».
СЕГ1ИЙРАТ. Машен елахь, кхин а дика ду, ц1а а волий, хьайн зуда а ялаяй, д1а ца вахча ца магахь, цуьнца д1аг1о.
ЭДИК. Ц1а ван йиш яц, Парижера урамашна доладеш ву со… зуда а кхузара яло ца мега ас?
СЕГ1ИЙРАТ. Ахь цигара зуда ялаяхь, ас хьакхин шура санна, хьарам бо-кх хьуна айса баийна кхача.
ЭДИК. Кхачанаш-м шортта бара кхузахь, хьарам-хьанал. Коьртаниг Безам ма бу. А Париж город любви, маман.
МЕЛИЖА. Цу т1ехь-м бакъ ву хьуна иза, мама, безам бохург хала х1ума ду, и массеран лазам ма бу.
СЕГ1ИЙРАТ. Лаза-м ас хьо йийр ю хьуна …Сан к1ант, айхьа ялаяхь, вайн юьртара, жийна уллохь Iaxap санна, шен нанна уллохь хьалакхиъна, кху юьртарчу хьаьжк1ех Орган хин хьера т1ехь дина ахьар а дууш, т1ум ч1аг1ъелла йо1 ялае. Ахь цигара цхьа маймал даладахь, со хьуна къинт1ера ер яц. Хезий хьуна, ва сан Эдалбек?
ЭДИК. Мама, ахь боххург дина, безамах, ирсах ваьлла а ваха реза ву-кх со.
СЕГ1ИЙРАТ. Марш оьху х1ума, хьуна хаьа безам х1ун ю. Зуда ялийчхьана безам кхоллалур бу. Бабина дикахо хаьа.
ЭДИК. 1одика йойла хьан, Софи! 1одика йойла хьан, сан сирла сатийсам, сан ирсе хиндерг.
СЕГ1ИЙРАТ. Ас кхузахь сайна бакъахьхетарг къаста а йина, захало а дуьйцур ду хьуна, хьо ц1а вале.
ЭДИК. Ва, мама, хьан вкус дика яц, аьлча а вайшиннан вкусаш цхьаьна йог1уш яц. Цу т1е сан ц1а ван йиш яц, xlapa урамаш дитина. Со царна дола деш балхахь ву!
СЕГ1ИЙРАТ. Ц1а ван ца оьшу, ас д1айоуьйтур ю хьуна иза.
МЕЛИЖА. Эдик, зудаяло ахча деза хьуна. Лаххара а 10 тыс евро.
ЭДИК. О-ля-ля! И ма дукха ду? Со ц1ахь волуш 10 б1е туьманах ма ялайора зуда.
МЕЛИЖА. Хьо ц1ераваьлчхьана, массо а х1ума а дазделла: 1ежаш, бананаш, норкови шубанаш, бриллианташ, маникюр, педикюр, мехкарий а.
ЭДИК. Кхузахь бесплатни ма бара уьш, аш соьга оццул и харж ца яйтича а.
МЕЛИЖА. Бесплатни только сыр в мышеловке.
СЕГ1ИЙРАТ. К1ант! Чекхдаьлла! Кхид1а ма дийца. Ахча схьатаса. Нускал оха хьуна д1атосу! (д1айойу телефон).

II сурт

СЕГ1ИЙРАТ. Элжаркъа, схьавоьл! Зуда ялош ду вай!
ЭЛЖАРКЪА. Суний?
СЕГ1ИЙРАТ. Хьуна а ялор ю, хьо воккха хилчхьана.
ЭЛЖАРКЪА. Ac паспорт схьа ма эцна
СЕГ1ИЙРАТ. Зудаяло паспорт хилча ца тоьу. Дуккха а кхин х1умнаш оьшу! Ас вайн Эдалбекана яло билгалъяьккхина кхо йо1 ю вайн юьртахь. Царах цхьаъ фельдшер ю, шовдан йистера Бикатун йо1 Курпату. Шолаг1аниг – цхьана гектар т1ехь кхаа дийнахь асар дина йолу Жарадатан йо1 Жанати ю, кхолаг1ниг мел ч1ог1а ц1ингаш бетташ харцахь болу етт оза говза а, эсала а йолу Хазбикин йо1 Нурбика ю.
ЭЛЖАРКЪА. Мама, царна резахир вуй-техьа и Эдалбек, Парижехь дан асар дац, я оза етт бац. Уьш стенна оьшу цунна, кхузахь цхьамма а почем олуш боцу?
СЕГ1ИЙРАТ. Г1овг1а ма е, суна дика хаьа хьуна!
МЕЛИЖА. Аттаца эсал ерг оьший-техьа Эдикана.
СЕГ1ИЙРАТ. Аттаца ерг шен майрачуьнца а хир ю эсала. Хьо Нурбика йолчу гlo, хьо к1ант, фельдшерца захало дийца гlyo, со Жарадат йолчу йоьду. (д1абоьлху)

III сурт

СЕГ1ИЙРАТ. Хьажахьа, цу Жарадата дуьйцург! Хийрачу махка а вахана, керста нехан урамашкахь нуй хьоькхуш лелачу хьан к1анте ас муха йоуьйтур ю боху сайн йо1? Хьажахьа, дуьйцург! Урамашкахь нораш хьоькхучеран т1ех1оттийна хьаькам ма ву сан к1ант! Мила ву кху эвлахь 10 эзар евро долуш? Цхьана беж1уьне д1аяхийта, шайн г1енах ма гарг! Зуда йоцуш вуьсур вац сан Эдалбек!

Гучуволу Элжаркъа

Хьан х1ун хили, к1ант?
ЭЛЖАРКЪА. Реза яц ша боху. Заочно дешар а, заочно маре а дош ца хеташ яла йоллу ша боху… Стиглара г1арг1ули ца оьшу шена, карара хьоза тоьур ду шена боху цу йо1а, ша соьга йог1ур ю боху тховса а.
СЕГ1ИЙРАТ. Хьо вала велла, хьайн захало а дийцина веъна хьо. Хьох тешна витахь, зуда а йоцуш вуьсур ву и хьан ваша. Д1авала суна гучуьра.
ЭЛЖАРКЪА. Сан х1ун бехк бу, массеран а соь безам боьдуш хилча…
МЕЛИЖА. Мама, мел дика адам ду и Нурбика!
СЕГ1ИЙРАТ. Дика адам дацахьара, ц1ингаш бетташ болчу атто улло а юьтур яцара иза.
МЕЛИЖА. Дукха ч1ог1а резахили. Ша со яре хьоьжуш санна т1еийци. Франци а, вайн Эдик а дага а воьхна ялайоллуш ю. Тахана а новкъа яла кийча ю иза.
СЕГ1ИЙРАТ. И дика ду. К1ентан ахча схьа ма кхеччи, д1ахьажор ю-кх вай иза Эдалбек волчу.

IV сурт

Мелижа а, Нурбика а ю схьайог1уш

МЕЛИЖА. Вайшиннан барт хилла-кх, 50 на 50. Томана ахча схьа ма кхеччи, ах суна схьадохьур ду ахь. Цхьана дега багах ма даккхалахь.
НУРБИКА. Кхоалг1а дакъа делча тоийтахьа, сан кечъян езаш чамданаш ю.
МЕЛИЖА. Чамданаш хьалххе кечъян езаш хиллера, цу т1е хьуна хаьа, хьайн оццул мах боций. 50 на 50! Я хьо елла д1аяллалц Париж б1аьрга гур яц хьуна.
НУРБИКА. Меги, меги! Ахь бохучунна реза ю!
МЕЛИЖА. Елахь, чуйоьду вайшиъ. А то мама рекет заподозрит… Мама! Нускал чудалош ду хьуна, не1 лаца!
СЕГ1ИЙРАТ. Д1аяла 1овдал, ас муха лоцу не1 сайн к1антана зуда ялош? Ахча бен кхин х1ума дац-кх хьан дагахь!
МЕЛИЖА. Чоьхьаяла, Нурбика!
СЕГ1ИИРАТ. Дала декъалбен хьан дашо корта. Марша йог1ийла! (Нурбика йист ца хуьлу.)
Йо1, xlapa соьга йистхуьлуш ма яц? Мотт сецна-м яц xlapa?
МЕЛИЖА. Мотт кхобуш ю и, мама… Франци йоьдуш елахь а, нохчийн г1иллакхаш тесна дуьтур долуш яц хьуна.
СЕГ1ИЙРАТ. Эшш, ма сиха дицлур дара цунна уьш, цига д1а ма кхеччи. Х1ан, xlapa имортни ахча ду хьуна, 50 евро.
НУРБИКА. О! Валюта! Дала caгla дойла, мама.
СЕГ1ИЙРАТ. Схьалатае компутар! Д1агайта к1антана шен нускал!
МЕЛИЖА. Эдик! Бонжур! Гой хьуна хьайн нускал? Муха ду?
ЭДИК. Жимма д1ахилае иза. Кху чохь ма ерстина хета иза…француженкаш санна стройным яц xlapa… сан цаьрца яхь ма ю.
МЕЛИЖА: Вайн юьртахь цул оза цхьа а яц. Хьайн экран нисъе ахь…
ЭДИК
МЕЛИЖА. Хьуна муха хета хьайн к1орни?
НУРБИКА. Гурахь даьккхина к1орни-м дац-техьа иза? Цхьа муьста хьач кхаьллича санна, юьхь етталуш ма ю цуьнан.
МЕЛИЖА. Етталуш хьаха ю хьо, Париже д1акхача са к1амделла. Скайп чохь иштта ма гойту.

Чуволу Элжаркъий, моллий.

V сурт

ПАЙЗУЛЛА. Дика мел дерш кху чу! Де дика дойла хьан, Сег1ийрат!
СЕГ1ИЙРАТ. Далла везийла. Дера ва хьо могушший-маьрший.
ПАЙЗУЛЛА. Xlapa вайн г1уллакх цхьана дега багах ма даккхалаш. Заочни молла аьлла ц1е д1аг1ур ю сан.
СЕГ1ИЙРАТ. Ахь х1ун дуьйцу?! Цхьана дега хьахор дац.
ПАЙЗУЛЛА. Шу юьртахой а, дика нах а хиларна деш ду шуна ас xlapa. Так, д1адолор вайн xlapa беркате г1уллакх. Хьалалатае интернет.
МЕЛИЖА. Кийча ю xlapa. Эдик, тхо гой хьуна? Xlapa хьийкъина стаг гой хьуна? X1окхо х1инца д1айолор ю шун бракосочетании процесс.
ЭЛЖАРКЪА: Ваши, суна а вог1ур вуй хьо и процесс чекхъяккха?
ПАЙЗУЛЛА. Шадерриге а Делан карахь ду…
СЕГ1ИЙРАТ. Д1авала, юкъа ма г1ерта.
ПАЙЗУЛЛА. Бисмиллах1иррохьманиррохьийми. Х1окху йоь1ан дегара Махьмера ас пурба даьккхи. Х1ун ю кхуьнан ц1е?
МЕЛИЖА. Нурбика!
ПАЙЗУЛЛА. Махьмин йо1 Нурбика хьо реза юй..
НУРБИКА. Ю! Ю!
ПАЙЗУЛЛА. Собар де. Х1ун ю шун к1ентан а, цуьнан ден а ц1е?
СЕГ1ИЙРАТ. К1ентан ц1е Эдалбек ю, яккха, йо1, шайн ден ц1е.
МЕЛИЖА. Хьуна йиц-м ца елла иза?
СЕГ1ИЙРАТ. Ма е г1овг1а, ва моьлкъа!
МЕЛИЖА. Тхан ден ц1е Элмирза ю.
ПАЙЗУЛЛА. Махьмин йо1 Нурбика, хьо реза юй Элмирзан к1ентан Эдалбекан зуда хила? (Нурбика йист ца хуьлу.)
Ас хьайга мотт бостуьйтур бу моьттуш хьо елахь, ехха 1ийр ю хьо. Хьуна мичахь хезна моллас ахча делла олуш. Мелхо а моллина д1адала дезаш меттиг ю xlapa.
СЕГ1ИЙРАТ. Яла, яла, сетта а ца сетташ.
МЕЛИЖА. Яла сихха, связь д1аялале.
НУРБИКА. Ю.
ПАЙЗУЛЛА. Элмирзин к1ант Эдалбек, хьо реза вуй х1окху Махьмин йоь1ан Нурбикин ц1ийнда хила?
ЭДАЛБЕК. А…со… (з1е д1айолу
МЕЛИЖА. 31е д1аели, свет д1аяьлла дела, х1инца иза маца хир ю а ца хаьа.
ПАЙЗУЛЛА. Сан кхузахь 1ен йиш-м хьаха яц, кхин кхоъ зуда ялийна меттиг ю. Реза ву ца элира цо? Цхьанна а хезирий шуна?
НУРБИКА. Суна-м хезира, ву олуш.
ПАИЗУЛЛА. Коьрта хьуна хазар ду. Кхин цхьанна а хезирий?
МЕЛИЖА. Суна а хезира.
ЭЛЖАРКЪА. Суна а хезира, только на французском…
СЕГ1ИЙРАТ. Цунах терра цхьаъ ала-м элира цо…
ПАЙЗУЛЛА. Делахь, кху шиннан мах хилла, Дала т1аьхье беркате йойла керлачу доьзалан! Сег1ийрат, Дала цхьа барт бойла шун, со д1авоьду.
СЕГ1ИЙРАТ. Собар, ахча!
ПАЙЗУЛЛА. (ахча кисна а дуьллуш) Ахча-м ца делча а х1умма а дацара, бакъ ду бензин чу ца доттахь, сан машен д1а-м гlyp яц.
СЕГ1ИЙРАТ. Дела реза хуьлда. Б1е евро ду хьуна.
МОЛЛА. Евро? Курс х1ун ю-техьа цуьнан?
ЭЛЖАРКЪА. Долларел лакхара ю хьуна.
МОЛЛА. Т1ахьадисинчух Дала беркат дойла!
(Д1авоьду, цунна т1ехь араоьккху Элжаркъа).
ЭЛЖАРКА. Ваши, собардехьа, зуда маса шо кхаьчча яло мегар ду?
СЕГ1ИЙРАТ. Д1атоха, йо1, оцу к1анте тилпон. Xlapa хьан зуда тахана Москох яийтина, кхана цигара шун деншичас Париже дог1у кеман т1е хаош ю ала, айрапорте дуьхьал вола ала.
МЕЛИЖА. Х1инцца, х1окху минотехь.

VI сурт

Нурбикин денц1а. Керта йолу Сег1ийрат, т1аьхьах1оттийна Мелижа а, Элжаркъа а долуш.

ХАЗБИКА. Ватта, Сег1ийрат, шу дац х1орш?! Шаьш дог1ий хаийта ма дезара аш, ас цхьа кечамаш бийр ма бара.
СЕГ1ИЙРАТ. Цхьа а кечамаш оьшуш бац тхуна.
ХАЗБИКА. Ва марша а дог1ийла шу, ва могуш лелийла шу! Мел дика к1ант хилла шун и Эдик. Кхин а 10 эзар евро даийтина…
МЕЛИЖА. 10 эзар? Цуьнан ах мичхьа ю?
СЕГ1ИЙРАТ. Х1ун ах ю ахь юьйцург?
МЕЛИЖА. Ах жизнь, бохура аса-м…
ХАЗБИКА. Цу ахчанах дика г1уллакх хилира. Кху эвларчу мискачу нахана д1аса а дийкъира, хьан к1антана а, сайн йо1ана а т1ера саг1ийна, сайн шичега махлело духалург а делира, цхьа кепек кху ц1ен т1е ца хьовзош. Мел бертахь laш ду хаьий хьуна ший а. Ч1ог1а ирсе ду шиннан аьзнаш оцу телефон чохь схьахезаш. Шун к1ант ч1ог1а ларош хилла, шен долахь фирма а йолуш…
СЕГ1ИЙРАТ. Тпру, совцае хьайн говраш. Шун йо1 тхан к1ант волчу д1а ца кхаьчна! (йоццу тийналла х1утту)
ХАЗБИКА. Х1а? Ахь х1ун дуьйцу?! Ас сийсара ма дина цаьрца къамел.
СЕГ1ИЙРАТ. Д1атохал хьайн йо1е тилпон. Масех хаттар ду сан цуьнга дан.
(Хазбикас телефон туху).
ХАЗБИКА. Алло, Нурбика, хьо юй иза?
НУРБИКА. Ю, мама, де дика дойла хьан!
ХАЗБИКА. Далла езийла!
СЕГ1ИЙРАТ. Х1ун ю хьо маре яханчуьн ц1е?
НУРБИКА. Эдик ю-кх, шуна ца хаьа?
СЕГ1ИЙРАТ. Паспорт т1е д1аязйина боккъал ц1е х1ун ю?
НУРБИКА. Со-м ца хьаьжна цуьнан паспорта т1е. Эдик, хьан бакъйолу ц1е х1ун ю? Эдуард? Эдуард ю боху.
СЕГ1ИЙРАТ. Д1алаца шайна сан к1ентан ц1е Эдалбек ю! Д1ахаттал цуьнга, и мича юьртара ву!
НУРБИКА. 1аьржа ахкара ву-кх!
СЕГ1ИЙРАТ. Ткъа вайн юьртан ц1е х1ун ю?
ХАЗБИКА. Хьози-к1отар.
МЕЛИЖА. Хьо муьлхачу айрапорте йоьссира?
НУРБИКА. Айрапорт Орли ю боху иза Эдикас.
МЕЛИЖА. Ткъа тхан Эдик Шарль де Голь айрапортехь лаьттина, хьо хаза нускал схьа ца кхочуш.
СЕГ1ИЙРАТ. Ой, оха кхузахь мах байтина… д1ахьажийна хьо…
НУРБИКА. Мах кхузахь юхабайтира оха, цхьа 1аьржа 1арбо а валийна.
СЕГ1ИЙРАТ. Делахь хьо д1анисъелла-кх, хьоьга ала х1умма а дац. 1одика йойла!
ХАЗБИКА. Аш х1ун дуьйцу?! Муьлха айрапорте йоьссина тов! Сан йо1 кхин летчик-м яц, шун к1ант д1ах1оьт-х1оьттинчу кема охьадоссо?
СЕГ1ИЙРАТ. Хазбика! Оха аш бохху ахча а делла, шуьгара эцна хьайба, тхан керта д1акхачале, нехан керта хьаьвзина.
ХАЗБИКА. Коча муш а тесна, д1адига дезаш хиллера-кх шайн хьайба!
МЕЛИЖА. Тхуна-м ца хаьара, иза иштта 1овдал юй!
ХАЗБИКА. Цо томана даийтинчу ахчанах ах юхделча, хаа дезар-кха хьуна сан йо1 1овдал юй!
СЕГ1ИЙРАТ. Х1ун ахча?
МЕЛИЖА. Африкехь мацаллех лечу берашна ас дахьийтинарг дуьйцура цо-м.
СЕГ1ИЙРАТ. Кхин хьан вешин бераш-м дац уьш? Т1аьхьа къастор ду хьоьца дерг, ткъа ахь, Хазбика, т1аьхьдисина ахча катоххий охьадилла.
ХАЗБИКА. Собардейша, ас дерриге а ахча саг1ийна д1аса ма декъна!
СЕГ1ИЙРАТ. Декънехь а, хьайн гергарчу нахана декъна хир ду! Охьатаса ахча!
ХАЗБИКА. Собардейша, шайн езарг кху ц1ен т1ера д1ахьойша!
МЕЛИЖА. Х1окху баргалех оха дан х1ума дац!
ХАЗБИКА. Ой, собардейша. Сег1ийрат, хьан к1ант х1инца а зуда ма ца ялийна?
СЕГ1ИЙРАТ. Тхуна ца оьшу хьуна х1инца цкъа маре яхана йолу хьан йо1. Иштта г1аддайна а дац тхо.
ХАЗБИКА. Собардехьа, и ахча аш д1алеричхьана, шуьга яийта кхин йо1 ма ю сан. Нурбика йицйир йолуш, культурни йолуш.
СЕГ1ИЙРАТ. Ца оьшу суна шуьца захало!
ХАЗБИКА. Ца эшахь, ахча-м дац хьуна, я кестта хир ду аьлла меттиг бац!
СЕГ1ИЙРАТ. Дика ду. Схьагайта хьайн йо1.
ХАЗБИКА. Базилика! (Гучуйолу Базилика)
МЕЛИЖА. Нурбикел оьшуш яц xlapa-м.
СЕГ1ИЙРАТ. Реза юй хьо Франци сан к1анте маре яха?
БАЗИЛИКА. Ю! Со франкоманка ю.
СЕГ1ИЙРАТ. Наркоманка ю?!
МЕЛИЖА. Франкоманка боху цо, Франци дукха езаш ю бохург ду иза.
БАЗИЛИКА. Ас Бальзак, Стендаль, Дюма да а, к1ант а вешна. (Сег1ийрат цецйолу)
МЕЛИЖА. Французский писательш бу цо буьйцурш.
СЕГ1ИЙРАТ.Цаьрца-м бала бацара, хьайн баргалех шад бе ахь, мила яра хьо, Петрушка яра, я кинза яра?
БАЗИЛИКА. Базилика…
МЕЛИЖА. Мама, мах бан верстина ваша схьакхайкхий вай?
СЕГ1ИЙРАТ. Ма кхайкха! Мах цигахь бойтур бу аш, эцца цхьа 1аьржа 1арбо а валийна. Хьой, Элжаркъий ший a гlyp ду xlapa гвоздика д1аэцна..
БАЗИЛИКА. Базилика…
МЕЛИЖА. Мама, со цхьаъ ларор ю хьуна, и к1ант ц1ахь витахь.
СЕГ1ИЙРАТ. Х1ан-х1а, ша эцна хьайба, Хазбикас ма-аллара, коча муш а тесна, лалла а лоллуш, д1адига деза. Цундела ший a г1yp ду шуьшиъ. Д1адоьлху тхо. Бази… х1ун яра хьан ц1е? Х1уъу елахь а, кхана кийчча хилалахь новкъа яла.
БАЗИЛИКА. Дика ду, мама…

Сег1ийрат а, Мелижа а д1айоьду, Базилика чуйоьду.

ХАЗБИКА. Б1аьрг ма хила хьо г1уллакхан, цхьа дика xlapa ши йо1кочара ели!

Хелхаран мукъам.

Вайнах №11-12, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх