Ахмадов Муса. Нуц хьовзор. Цхьана суртехь забар.

Дакъалоцурш:

Бакъболат – нуц
Бакъи – цуьнан накъост
Курбика
Хазбика
Нурбика
Заббари
Байсари – нускал
Баба – йокха стаг

Хеза «Нуц ву вогIуш» цIе йолу йиш. Цхьанна чохь гулбелла стунйижарий, дехьачохь веъна ву нуц…

НУРБИКА. Мехкарий, кийчча хилал шайн забарш кечъяй. Ас хIинцца схьчувалаво шун вайн нуц.
ЗАББАРИ. Схьа чу валаве ахь, хIара буьйса йицлур яц-кха хьуна цунна цкъа а.
ХАЗБИКА. Иза а алий, шаьш Iовдал дуйла цунна дIа ма хаийталаш…
КУРБИКА. Ахь са ма гатдехьа, эла санна йолу вайн йоI – Байсари дIа а йигина, Iаш волу иза вайн карара ваьлла, цхьанхьа а гIур вац хьуна…
ЗАББАРИ (дехьачу мохь бетташ). Бехк ма биллалаш, стунйижаршна а лаьара нуц ган…
АЗ. ДIавало, хьо ган сагатделчух тер а ду церан.
2 АЗ. Хаза пхьегIа-м гур ю шуна, дукха ма хьежалаш, бIаьрг хуьлуьйтур бу аш кхунна…
НУРБИКА. Невцана дан дезарг тхуна дика хаьа шуна, схьа чу ваийта аш…

Чу вогIу нуц а, невцан накъост а.

КУРБИКА. Нуц мила ву шух?
БАКЪИ. Шун нуц хиллал гIаддайна а вац со… аьлча а , аьтто болуш вац со… Короче, хIара ву-кх шун хаза нуц…
БАБА (невцан накъосте). Вай, Баба яла хьан делаI, ма хаза а ву…
БАКЪИ. Ва, со вац ма боху ас шун нуц…ХIара ву-кх, ТIуртIи-ирзера Шахьболатан кIант Бакъболат!
БАБА. Ву? Дера вара шун дедеда товш стаг…!
КУРБИКА. Баба, хьан первый безам барий иза?
БАБА. Безам бара… ХIа, дIадовла хIинца, шайтIанаш, невцана хьалха эвхьаза къамелаш ма де…
ЗАББАРИ. Бакъболат ву бохурий ахь хIара? ХIара муха болат ву тхо хьовсур ду хьуна…
БАКЪИ. Иза а алий, кхуьнга шаьш лаза ма дайталаш…
НУРБИКА. Со ма лазаелахь, со иштта а ю хьуна сийсара эшкал кхетта…
БАБА. Са ма гатде ахь, бабас хIара ледара вуьтур вац хьуна…
БАКЪИ. Баба, хьох тешна вуьту-кх ас хIара сайн доттагI. Дехьачу волу со.
БАКЪБОЛАТ. Бакъи ! Ма гIолахь, со а витий…
БАКЪИ. Сан бIаьргаш чу хьажал! Настройка ел! Все будет хорошо! Кхера ма ло. Будут наступать, соь мохь тохалахь…Со схьахьодур ву хьуна. (ДIавоьду).
КУРБИКА (чIогIа йоьлуш). Хьа-хьа-хьа…
ХАЗБИКА. Хьуна хIун хилла?
КУРБИКА. ДIахьовсийша цо коьрта тиллинчуьнга…
БАКЪБОЛАТ. ХIунда йоьлу хьо? Шляпа ю-кх хIара тхан эвларчу Дольче Габанас йина…
НУРБИКА. Жуьгтийн тезета воьдуш санна, Iаьржа шляпа а тиллина веана тов… (Массо а воьлу).
ЗАББАРИ. ДIаяккхахь иза хьайн коьртара…
БАКЪБОЛАТ. Со мич-миччахь коьртара хIумнаш дIайохуш вац.
НУРБИКА. Тарлора хьо коьртах чхьайнаш девлла хила.
БАКЪБОЛАТ. Со бакъволу нохчо волу дела, ас коьртара хIума цкъа бен дIа ца йоккху… буьйсанна дIавуьжуш…
КУРБИКА. Тхо долчохь ламаз оьцуш а йоккху хьуна …
ХАЗБИКА. Эхьхеташ, воьхна, ша хIун дуьйцу ца хаьа пекъарна… (Бабас Iаса охьайожайо. Иза схьаэца охьатаьIначу невцан коьртара шляпа охьа йожайо Заббарис).
НУРБИКА. ДIахьовсийша! КIунзал!
ХАЗБИКА. Вайн нуц кIунзал болуш хилла!
КУРБИКА. Дера хиллера-кх коьрта моз хьаькхна ван везаш, шляпа охьа ца йожийта…
БАБА. Вай БАБА яла хьан делаI, мел хАза кIунзал бу… Схьаял кхуьнан пес! БIаьрг хуьлийтур бу аш! ГIемаш!.. Хала ма хеталахь… Iовдал бегаш болуш ду хIара бераш…
БАКЪБОЛАТ. На дурочек не обижаюсь!
НУРБИКА. Ватта, цо вайн аьлларг! Ма хаза гIиллакх долуш ву!

Хеза уьстагI Iоьхуш…

КУРБИКА. Ватта! И мила ву?
БАКЪБОЛАТ. Мила вац! Ас балийна сан дрессированни ка бу-кха. Яккхий хьийзина маIаш йолуш. Шу гена дала довлахь, чу эккхар бу, шуна кур а беттар бу!
НУРБИКА. Вай! Iаддабиталахь, хьеха а ца беш, со иштта а сийсара шура яккха яхча атто мийра тоьхна лАзийна ю хьуна….
БАКЪБОЛАТ. Бокъш, Бокъш! Цкъачунна IаддаIелахь!
ХАзБИКА (невцан юххе хIоттийнчу гIанта тIе а йолш). Хьовсийша, ма лоха а ву… метр с кепкой, аьлча а, метр с шляпой…

Массо а воьлу.

ЗАББАРИ. Лоха хилча-м хIумма а дацара, кхуьнан дуккха а ахча хилчхьана…
КУРБИКА. Хьовсий вай кхуьнгахь ахча мел ду?
БАКЪБОЛАТ. Не подходить! (Хеза уьстагI Iоьхуш). Ас Бокъше схьакхойкху шуна…
НУРБИКА. Деллахь ма кхайкхалахь, иза иштта а етт оьзна сийсара божлара арайолуш, кхелли тIехь ког шершина, охьакхетта, лАзийна ю хьуна со.
ХАЗБИКА. ЛАзийна ю-кх хьо, хьо дуьненчу яьлча дуьйна…
БАКЪБОЛАТ. Суна тIе ма гIорталаш! Баба, держи оборону! Ас ахчанах дакъа дийр ду хьуна…
БАБА. ДIадовла гIемаш! Бабин пенсу тIекхеташ ду бах!

Мехкарий тIегIерта.

ЗАББАРИ. Кху чуьра ара-м вер вац ахча охьа ца тасахь…
БАКЪБОЛАТ (ахча шен киснара схьа а доккхий, гIант тIе а волий, коьрта тIоьхула хьалаойуш). Бакъи! Караул! Грабеж!
БАКЪИ (чуэккха). ХIун хилла, хIун хилла? КIунзал гучу-м ца баьлла?
БАКЪБОЛАТ. И гучубаьлла-м дукха хан яра… хIара ахча дIаэцахь…
БАКЪИ (ахча шен кисана дуьллу). ХIара ахча-м хьаха дац шуна юккъехь дIасакхосса йиш йолуш. ХIара стунйишица хIума яа охьахиъча шуьна чу дилла дезаш ду…шун къеначу жижгах тийсавелла ваьллачул тIаьхьа…
БАБА. Бирежнев дIаваьллачу шарахь эцна етт ма бара иза…
БАКЪБОЛАТ. Цунна тIера биен эцна-м бацара иза?
БАБА. Ахча дайлуш ду аьлла, эцна бара-кх… Шу невцалгIа дахка цхьа де тIаьхьадиснехь, шен Iожаллех дIабаха мегаш бара…
КУРБИКА. ХIинца мукъна восса цу динара…
ХАЗБИКА. Оха хIун до хьох хIинца, хьоьгахь ахча а ца хилча…
БАКЪБОЛАТ. Ца вуссу…
НУРБИКА. Восса керта тIера охьа, тхо нахана тIедетталуш жIаьлеш ду-м ца моьтту хьуна?..
БАКЪБОЛАТ. ЖIаьлеш-м дац, уьш санна меца-м ду! Тешам бац шух!
БАБА. БАБА яла хьан делаI, мел хАза а ву! Памятник санна!
БАКЪБОЛАТ. Памятник вина аш сох! Когаш лехна сан!
БАКЪИ. Бакъболат! БIаьргаш чу хьажал! Все под контролем! ХIинца меллаша охьавосса! Думай о высоком!
БАКЪБОЛАТ охьавуссу
БАКЪИ. Шек дIа а ма вала, ахча вайгахь ду, ткъа хьоьгара яккха хIума а яц…если что я рядом…
БАБА. Са ма гатде ахь, кхуьнан стунвежарийн самукъа даккха ахь… стунйижаршца-м Баба а ларор ю хьуна…
Гучуйолу набарх яьлла Байсари.
БАЙСАРИ. И хIун памятник яра кху чохь аш йийцинарг? Самаяьккхи-кх аш со…
ХАЗБИКА. Изий? Массо а Iовдалчу невцана хIоттийна памятник яра-кх. Ахь хьайн набъе! Цига дIаяхча, наб ян йиш хир яц хьан…
БАЙСАРИ. Вай! Шун ца вевза иза! ХIара оьгIазвахча мегаш ма вац…
КУРБИКА. ХIун до кхуо?
БАЙСАРИ. Схьа а лоций, чуьра цициг корах ара кхуссу-кх…
БАБА. БАБА ма яла хьан… ша санна хАза ю-кх кхуьнан амалш…
ЗАББАРИ. Кхунна кху чохь лаца цициг дац…охьхао веза хIара… кIадвелла хир ву, пекъар…
НУРБИКА. Нуц велахь а, адам ма ду хIара а…
БАЙСАРИ. Хезий хьуна, ас элирий хьоьга, жимма традицеш ларъеш хьо хьовза а вина, IаддаIийр бу сан эсала йижарий…

Цхьана чохь дама а долуш текха чу а хааво.

БАКЪБОЛАТ. Бакъи! Бакъи!
БАКЪИ (чуэккхи). ХIун хилла? ХIун хилла? Хьан багара кхема охьа-м ца боьжна?
БАКЪБОЛАТ. Кхема-м «Моментаца» дIалатийнера ас… ХIун кхема буьйцу ахь? Кхара со мича чу хаийна, хьажахь…
БАКЪИ. Хьой? Хьо дама чохь долчу текха чу хаийна-кх!Ха-ха!
БАЙСАРИ. Ватта! Хезий хьуна! Галнаш ян охьахIоттийна ма дара хIара текх кхара… Ты только ничего не подумай !
Массо а воьлу.
БАКЪБОЛАТ. ХIун хазделла шуна?
БАКЪИ. Хьуна хилларг хIумма а дац хьуна.. со невцалгIа вахча, со хIоаш тIе хаийра хьуна…
БАБА. Хьо дIаваханчул тIаьхьа оцу нехан кертахь кIорнеш алсам девла бохура хьуна…
БАКЪИ. ХIей-хIей, со беркате нуц хилла-кх!
ХАЗБИКА.Ткъа хьол хьалха веънарг оха котам бун чу воьллира хьуна…
КУРБИКА. ХIетий, шек ца волуш, цу чуьра хIоаш цхьаъ ца дуьтуш схьа а гулдина, кIур бира хьуна цо цигара …
БАКЪБОЛАТ. Соьца и бегаш чекхбевр бац шуна… Со Шахьболатан кIант БАКЪБОЛАТ ву шуна! Бакъи! ХьалагIаттаве со! ХIун деш лаьтта хьо бага а гIаттийна? Цхьа минот-м йоккхур яц ас кху чохь! ХIокху гIиллакх доцчу нахаца гергарло а ца оьшу суна! (ХьалгIотту, неIаре волу).
БАЙСАРИ. Со а ца оьшу хьуна? Ткъа вайшинна мечта – грозненский море схьабиллича, цу тIехь лодка хахкар?
БАКЪБОЛАТ. Вайшиннан лодки чу шиъ бен ца хаало! И без родственников! Къастам бе: со, я хьайн цIера хIара Iовдалш!
БАЙСАРИ. Ас къаство хьо, ТIуртIи-кIотарар сан капитан Немо! Ас кхин цаьрца цхьа минот йоккхур яц. Хьалхавала, вайша цIа доьду!
ХАЗБИКА. ДIагIо! Цу ТIуртIи-кIотарар араяла Дала пурба ма лойла хьуна!
НУРБИКА. Пердател! Шайн хьерабаьлла ка а дIабигалаш шайца…
БАКЪИ. ЦIе яла хIокху белхан, делаI! ХIара ду-кх декъАзчунна де цIера а йогIу бохург…
БАБА. ХIей, кIант, хIей! Бабина ахча а ца кховдош гIур хир ма вац хьо?
БАКЪИ. Баба, ахча хьехочохь дац хьуна гIуллакх…хIара кхин гена ца долуш, вер-ваккхар доцуш дIадерзийта хIара… итт туьма-м ло ас хьуна… хьо кхарал массарал товш йолу дела…
БАБА. Вай! Боккъал боху ахь?
БАКЪИ. Клянусь, Баба, цхьа изюминка ма ю хьоьца…
ХАЗБИКА. Собардел цкъа, соьца яахIума яа охьахиъча, шуьне дилла дезаш долу ахча охьатасал!
БАКЪИ. Шайн яахIуманан чам байъира аш… тхо ресторане доьлху…(Арахьоду).
ЗАББАРИ. ДIагIо шу! Тхо бухахь карор ду шуна!
БАБА. Ой! Соьца цхьа киш-миш ю ца элира цо? Ванах! Шайца мала хIума еарий цара?
НУРБИКА. Ахь хIун дуьйцу, Баба? Малар дохьуш йолу зама дIа ма яьлла!
БАБА. Аса-м «Рэдбул», «Адреналин раш» бохура…
ЗАББАРИ. Ахь хIу до, Баба, царах
БАБА. Муха хIун до? Бабина а ма еза энерги…
КУРБИКА. Хьуна стенна оьшу энерги?
БАБА. Дера йоллу, Баба, шуна керла нуц ваийта….
Все. Керла нуц?
БАБА. Захало ду бабина дуьйцуш…

Хеза «Нуц ву вогIуш» йиш. Массо а хелхарца дIавоьду.

Вайнах, №7, 2013.

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх