Ахмадов Муса. Нохчийн гIиллакх-оьздангалла

ДIадолор

БисмиллахIиррохьманиррохьийм.
Массо а дуьненчохь долчу хIуманан бух а, цуьнан боккъал долу маьIна а ду «ЛаилахIа иллАллахI МухьаммадаррасулуллахI» боху дешнаш. Иза АллахI
воцург кхин Дела цахилар а, Мухьаммад Делера салам-маршалла хуьлда цунна бакъ пайхамар, Дала бакъ дин кхайкхо ваийтина элча хилар а чIагIдар ду. Цундела стеган я халкъан оьздангалла йоьзна ю, и бакъдерг цара мел къобалдо бохучуьнца.
ДуьххьалдIа и дешнаш аьлча чекхдолуш дац стеган декхар. Дела цхьаъ хиларх тешар шен дерриге дахарехь ша дIа мел боккхучу когаца, дIа мел олучу дашца, дIа мел тухучу куьйгаца тIечIагIдан деза стага. Цунна иштта ган еза таухьидан билгалонаш шена гонахарчу Iаламехь а: сел тайп-тайпана долчу оцу Iаламехь массо хIума а ду шен-шен меттехь. Цхьа а галморзахалла йоцуш, шен-шен дахаран некъ а, маьIна а ду массо а хIуманан: стигларчу седарчашна тIера лаьттарчу зингатана тIекхаччалц. И ерриге Iаламан тайп-тайпаналла цхьана низамехь, цхьана кепехь, цхьааллехь а ю. Дела цхьаъ хиларан кхин а цхьа билгало ю иза.
Боккъал а Дела цхьаъ хиларх а, Хьесап дечу, Кхиэл ечу дийнах а тешаро кхуллу бакъйолу оьздангалла, бакъдолу оьзда гIиллакхаш а. Нагахь и тешар суьртана лелочохь я Iесачу динехь (язычествехь) долчу къаьмнийн оьздангалла, церан ламасташ, дукха хьолахь, цIерахазамна, суьртана, моттаргIина лелош хуьлу. Цундела шайн цхьана аьттонна я хала киртиг тIехIоьттича, гIиллакхаш атта охьа а туьйсу цара. Ткъа лелош дерш а нахалахь шайн цIе яккхийта, гайта, балха тIехь я рицкъи тIехь аьтто хилийта доцца аьлча, дуьненан хIума бахьанехь хуьлу.
Адам хIокху лаьтта Дала, Шен векал дина, дерриге Iаламна дола дан декхар а дина, даийтина. Цундела и Адам оцу кхечу Iаламах схьакъастош Дала цунна белла кхетам, хьекъал, вуон а, дика а къасто, вуо-дика гIуллакхаш дан маршо а. Иштта, адамашна юкъахь бен хила йиш йоцчу оьздангаллех болу кхетам а белла вайна Дала. Иза Дала вайна дина доккха дика а, боккха къинхетам а бу, Цунна хьалха долу доккха жоьпалла а ду.
Оьздангалла иза кхечу садолчу хIумнийн хила йиш йоцуш, синкхетамечу адамийн вовшашца а, гонахарчу Iаламца а йолчу юкъаметтигашкахь хила догIу дозанаш, барамаш, кепаш а ю.
ХIара «Нохчийн гIиллакх-оьздангалла» боху жайна яздина ду вайнахана шайн къоман гIиллакхаш кIорггера довзийтаран а, царах диканаш дахарехь лело, вонаш дIатаса аьтто хилийтаран а Iалашонца. Ийманца догIучу гIиллакхашца цхьаьна, вай кхузахь хьахор ду цуьнца ца догIурш а церан нийса цахилар билгалдаккха а, уьш дIатаса вайна атта хилийта а.
ХIара жайна лаьтта дIадолорах а, бархI декъах а, дерзорах а. Кху тIехь къестош ду хIара тайпа хеттарш:
Оьздангалла а, дахарехь цо лело маьIна а;
Нохчийн къоман оьздангаллин коьрта мехаллаш;
Адам а, цуьнан гIиллакхаш а;
Доьзал а, бераш кхетош-кхиор а;
Нохчийн оьздангаллехь Iаламца а, къинхьегамца а йолу юкъаметтигаш;
Ислам а, нохчийн гIиллакх-оьздангалла а;
Зама а, оьздангаллех болу къоман кхетам хийцабалар а (ши дакъа).
ХIара жайна лерина ду нохчийн гIиллакх-оьздангалла йовза луучу массо а стагана.

I-ра дакъа

Оьздангалла а, дахарехь цо лело маьIна а

Къамел дIадолош, уггар хьалха билгалдаккха догIу «оьздангалла», «гIиллакх» бохучу дешнийн маьIна. Тхуна хетарехь, «оьздангалла» бохучу дешан маьIна шуьйра ду «гIиллакх» бохучу дешанчул. ГIиллакх иза адамаша вовшашца лелочу юкъаметтигийн, гергарлонийн кепаш, куьцаш, дозанаш ду. Ткъа уьш «оьздангалла» бохучу кхетаман чулацаман цхьа дакъа ду. Цул сов, оьздангалла Далла ечу Iамалца, гонахарчу Iаламца, шен дегIаца, дагца, ойланца стаг цIена хилар а ду. Оьздангалла дуьххьалдIа хIора стеган леларехь, амалшкахь гучуяьлла ца Iаш, цуьнан сица, синкхетамца хила езаш а ю.
Муха кхоллаелла оьздангалла? Оцу хаттарна тайп-тайпана жоьпаш ло тайп-тайпанчу Iилманчаша, шайн кхетаме а, шаьш беха юкъаралла кхиъна хиларе а
хьаьжжина. Иттех шо хьалха йоьхначу советски империн Iилманчаша, къоман гIиллакхаш дуьйцуш, шайн къамел гуттар а дIадоладора: «Халкъо бIешерашкахь кхоьллина шен оьзда гIиллакхаш…», олий. Кхечу кепара цара ала таро а яцара, хIунда аьлча, церан дуьнене болу хьежамаш кхоллабеллера, хIара дуьне а, Iалам а, адам а ша-шах кхолладелла я адамо кхоьллина, бохучу харц философин (материализман) буха тIехь.
Замано а, хIора дийнахь хуьлучу Iилманан кхиамаша а тIулга тIехь тIулг а ца битина цара харцонах, моттаргIанех йоьттинчу гIалех. Иштта ца хила йиш а яцара, хIунда аьлча, церан оьздангаллех болу Iилманан бух, заманан йохаллехь къахьегар бахьанехь маймалех кхолладелла адам, бохучу туьйранех лаьтташ бара.
Цундела оьздангалла а ша-шах, заманан йохаллехь, адамаша шаьш кхоьллина ю бохуш, чIагIдора цара, ткъа «дино» оцу халкъан «кхоллараллех» пайдаэцна, нах Iехоран, уьш боданехь латторан Iалашонца. Иза бакъдерг нийсса бIостанехьа дерзоран къеггина долу масал ду.
Ткъа бакъдерг иштта ду. Дуьненан къаьмнийн ерриге а оьздангалла, церан дика гIиллакхаш Дала шен пайхамаршкахула лаьтта диссийна ду, шен динца
цхьаьна. Ткъа и дин цхьаъ бен а дац бусалба дин, ислам. Уггар хьалха и дин Дала Адам-пайхамаре Делера салам-маршалла хуьлда цунна делла. Дин иза лаьтта тIехь адамашна муха даха деза Iамош, Дала лаьтта диссийна дахаран-Iеран дозанаш, ламасташ ду. Хан-хене яларца уьш диц а дой, адамаш Iесалле оьгуш хилла, шайгара керл-керла Iеса гIиллакхаш а кхуллуш. ТIаккха
Шен дин юха а адамашна карладаккха, дIакхайкхо, Iамо Дала Шен элча воуьйтуш хилла дуьненчу. Царах тIаьххьарниг Мухьаммад-пайхамар Делера салам-маршалла хуьлда цунна элчанийн мухIар. Гуш ма-хиллара, лаьтта тIехь мел долу адам цхьа да-нана долуш ду, дуьненчохь Дала доссийнарг цхьа дин (ислам) бен дац; цундела гуш ду лаьтта тIера адамаш, мел тайп-тайпана хетахь а, цхьана стагах схьадевлла а, цхьана дуьненахь дехаш а, царна тIе доьссинарг цхьа дин а хилар. Иза кхин а цхьа билгало ю Дела цхьаъ хиларан.
Массо халкъийн оьзда, дика гIиллакхаш Делан динера ду; ткъа вуон, къиза, Iеса гIиллакхаш халкъаша шаьш кхоьллина ду. Цундела оцу я кхечу халкъан оьзда гIиллакхаш дуьйцуш, нийса хир ду «халкъо кхоьллина» бохучу дешнийн метта «халкъо лардина» аьлча.
Цхьадолчу халкъан аьтто хилла оцу динан гIиллакхаш алсам Iалашдан, вукхара кIезиг Iалашдина. Цхьадолчу къаьмнаша шайгара кIезиг кхоьллина Iеса гIиллакхаш.
Масала, нохчаша. Цундела карладаьккхина долу и бусалба дин шайн лаамца тIеэццал хьекъал кхаьчна вайн дайн. Кхидолу къаьмнаш генадевлла Iесаллехь я галдаьккхинчу динехь. Цундела цара дIатеттина Дала юха а лаьтта доссийна цIена дин.
Кхузахь хаттар хIотта тарло: йиш яц ткъа адамаша шайггара дика гIиллакх кхолла? Наха кхоьллина массо а гIиллакх Iеса я харц хуьлуш ду? Дац. Нийса гIиллакхаш а ду адамаша шайггара кхоьллина, амма церан бух а бакъдинан хьехамашкахь бу. Делах а, Кхиэл ечу дийнах а тешарца кхоьллина муьлхха а керла гIиллакх нийса ца хила йиш яц.
И лакхахь дийцинарг дерриге а тидаме эцча, кхеташ ду: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна», боху дешнаш.
Адамашна юккъехь лела оьзда гIиллакхаш Делера диссина бохург ду иза. Цхьаболчара и кица кхидIа а дахдо: «ГIиллакх ялсаманера схьадеъна а ду, ялсамане духадерза дезаш а ду, ша лелочу нахаца цхьаьна». Оцу дешнаша гойту: мел доккха маьIна гуш хилла нохчашна гIиллакх-оьздангаллехь.
Делан Элчас Делера салам-маршалла хуьлда цунна аьлла: «ГIиллакх динан ах ду». Ткъа цхьана назманчас хьекъална а, гIиллакхна а юкъара зIе иштта йийцина:

Iаж Iожана буха божар хууш ду,
Ткъа хир барий Iаж, ца хилча Iожан дитт?
ГIиллакх дитт ду, ткъа хьекъал цу диттан стом,
ГIиллакх доцчохь Iилма хила тарлуш дуй?..

Кхузахь «гIиллакхах» дозуш хIоттийна «хьекъал».
Иза нийса а ду, нагахь дуьйцург адамашна пайде долу хьекъал делахь.
Амма кхечу кепара «хьекъал» хила а тарло адамехь гIиллакх доцу хьекъал, оьзда доцу хьекъал, зуламе хьекъал. И тайпа хьекъал долчу стеган мах хадош, нохчаша олу: «Iилма-м шайтIанехь а ду». Цундела вайн къоман философехь хьекъалал а, говзаллел а, Iилманал а лакха хIоттош хилла оьздангалла.
Билгалдаккха деза и тайпа хьал массо а къаьмнийн хьежамашкахь цахилар. Стаг шен говзаллехь ларош, шен гIуллакха тIехь кхиамаш бохуш хилчхьана, цуьнан оьздангаллин сурт-сибат мухха хилча а, сий деш а, лоруш а хуьлу, масала, цхьадолчу Европерчу къаьмнийн.
Нагахь стаг дика поэт велахь, нахана дегнех кхета байташ язъеш, иза харцахьа лелар, цо къаьркъанаш мийлар, и оьзда цахилар кхин чIогIа тидаме а ца оьцу цигахь. Шен говзаллехь пхьар хилар коьрта ду, кхидIа дерг мехала а дац бохург ду иза, бер харцахьа лелар санна хIума лоруш.
Ткъа нохчийн къоман философехь иштта дац. Стаг мел говза велахь а, цуьнгара мел доккха хьуьнар даьллехь а, цунна тIехь ду муьлххачу а кхечу стагана тIехь доллу декхарш, оьздангаллин бехкамаш. Халкъалахь цIе дIаяханчу стага кхечарачул а чIогIа ларбан безаш хилла уьш, хIунда аьлча, адам цуьнга хьаьжна ду, цуьнгара масал эца я цхьа осалниг далахь кхарда кийчча.
ГIиллакхашка хьаьжжина, стеган мах хадорехь «къиза» а, дуьххьал дIа а хилла вайнах. И деш, цара тидаме оьцуш ца хилла цуьнан хьалхалера дика гIуллакхаш, цуьнан цIе, говзалла. И дерриге а дайдеш, дагош хилла цхьана осалчу хIумано. Махкахь а дIаяхна цIе, махкана а гуш, южуш хилла. Иза боккха бохам а, юьхьIаьржо а хилла, оцу стагана шена хилла ца Iаш, цуьнан гергарчарна а, тайпанна а, юьртана а, цуьнан ворхI тIаьхьенна а.
И хууш, стаг Iаламат чIогIа ларлуш хилла шегара цхьа ледарло яларх. Оьздангаллин бехкамаша, гIодаюкъ къовлуш дихкинчу доьхкано санна, стаг гуттар чIагIвина латтош хилла, дикачу гIуллакхашна, нийсонна орцахвала кийчча. Цундела цхьаволчу къонахчо шен гIодаюкъ буьйсанна вуьжуш а йостуш ца хилла, гуттар а оьшучу дIахахка кийчча дин а латтош хилла.
Ша воьжча, шен цIе йоьжча, дегIана там лехна цхьа ледарло ша ялийтича, шех къинхетам бан, ша хьалаайа цхьа а воцийла хааро латтош хилла стаг гуттар а сема.
И нохчийн гIиллакх дика девзаш ву «Эвтархойн Ахьмадах долчу илли» тIехь вуьйцу гIалагIазкхи. Цу иллин боцца чулацам иштта бу.
Эвтархойн Ахьмад воьду аренца лела. Цхьанхьа, паначу махкахь, шен динна баргол а тоьхна, и бажа лаьллина, «чергазийн юткъа нуьйр гIевлинга йиллина, чергазийн ва чоа даржош тIе ва тесна, чал дера герзаш, нанас бер ва санна, шен мара къуьйлуш», набарна вуьжу Эвтархойн Ахьмад. Иштта лела араваьлла цхьа гIалагIазкхи кхочу цига. Шен дин иштта бажа лоллий,
Эвтархойн Ахьмадана юххе, цунна тIера ах верта шена тIе а озадой, набарна тевжа гIалагIазкхи а. Вуон гIан-набарш гина, самаваьллачу Ахьмадна шена юххехь вижина Iуьллуш гIалагIазкхи а го, шен дин чехош лелаш цуьнан гила а го. И ца лалой, Эвтархойн Ахьмада олу:

Дакъаза ма вала, хIай гIалагIазкхи!
Ахь суна ца бина тешнабехк,
Ас бийр бац хьуна!
Хьан дино кхерий-кха сан жима расха дин!
Со кхерор варий-те дин болчу динан дас?
ХIинца лата веза вайша кху бутон раьгIнашкахь!..

Латарна кечам бина ваьллачул тIаьхьа, гIалагIазкхичо Эвтархойн Ахьмаде олу:

Дакъаза ма вала, Эвтархойн Ахьмад!
Ахь сема ладогIа, собаре хилий:
«Нагахь хьан хьалха каяьлла, ахьа со вийча,
Цхьа гIалагIазкхи вийна Эвтархойн Ахьмада»,
Аьлла, дIадоьрзур ду, тамаша бийр бац хьох;
Нагахь сан каяьлла, сан карах хьо велча,
Махкахь цIе йоккхуш дика кIант хьо хилча,
«Цхьана гIалагIазкхичо вийна Эвтархойн Ахьмад»,
Аьлла, цIе южур ю хьан, Эвтархойн Ахьмад…

Къонахчун валар а, вахар санна, цхьана дикчу, оьздачу, лекхачу Iалашонна хила дезар билгалдолу оцу иллехь.
Хьо мел оьзда ваьхнехь а, хьан валар декъаза хилча, доха тарлуш ду дерриге а, йожа тарлуш ю мел йоккха цIе а.
Цундела стага и цIе Iожалло ша лаццалц ларъян езаш а ю, тIаккха цуьнан тIаьхьенна тIедужу изза декхар.
Нохчийн юкъараллехь уггаре а лекха дарж нахалахь дIайоьду и дика цIе хилла. Иштта дика цIе яьккхинчу къонахчунна вуон болх хила лууш а, и цIе цунна йогIуш ца кхаьчна бохуш, тайп-тайпана эладитанаш дуьйцуш нах нислуш а хилла. Цунах лаьцна ду халкъан кица:
«Лекхачу ножана хьоькху мох ца эшна». Амма хьаьгIнаш лелочу нехан эладитанаш бахьанехь, шен оьздангаллин декхар тесна дита бакъо яц цхьаьннан а. «Деши, мел хоттала хьекхадахь а, бехлур дац», – олуш а ду вайн халкъан кица.
Оьздангалла халкъ шех лаьттачу хIора стеган шен-шен хуьлу. Вайн йиш яц цхьа халкъ оьзда ду, важа дац ала. «Халкъан оьздангалла» боху дешнийн цхьаьнакхетар даладахь а, уьш кхето догIу оцу я кхечу «халкъан оьздангаллех болу хьежамаш а, цо тIелаьцна оьздангаллин бехкамаш а» бохучу маьIнехь. Бакъ а долуш, оьздангаллех болу кхетамаш тайп-тайпана нислуш а хуьлу тайп-тайпанчу къаьмнийн. Масала, дустур вай цхьадолу нохчийн а, оьрсийн а гIиллакхаш (оцу къоман гIиллакхаш массарна а бохург санна девза дела даладо вай уьш). Нохчийн доьзалехь гIиллакхехь дац да-нана а, йоI а, кIант а, нус а, цхьаьна охьа а хевшина, хIума кхоллуш. И иштта хила деза аьлча а, акха ду вайнахана. Ткъа оьрсаша, иштта охьа а ховший, хIума а юу, мала а молу, я церан къомана осал хIума а дац иза. Цхьана агIор, иза доьзна ду оьрсийн къам кериста динехь хиларца а.
Амма нохчийн гIиллакх-оьздангаллин шатайпа билгалонаш гучуйовлу вайна, бусалба динехь долчу кхечу къаьмнийн гIиллакхашка хьаьвсича а. Масала, вайн лулахь бехаш бу гIебартой, балкхарой. Цара салам, боьршачу наха вовшашка делла ца Iаш, зударша вовшашка а, божаршка а ло, иштта божарша а ло зударшка. Ткъа, хууш ма-хиллара, вайн нохчийн боьршачу наха вовшашка бен луш а дац, жимчу стага воккхачуьнга луш а дац салам.
И тайпа гIиллакхийн шатайпаналла муьлххачу къоман оьздангаллехь а карайо. Амма шайн дикчу гIиллакхашкахь дерриш а вовшех тера ду уьш. Кхечу кепара хуьлийла а дац. ХIунда аьлча, массо а дикчу гIиллакхийн бух Дала шен пайхамаршкахула лаьтта биссийна хьехамаш бу. Амма хIора а къомо шен дуьнене хьежаме, шен дахаран хьелашка, ша дехачу мехкан Iаламе хьаьжжина, оцу хьехамашна тIе а доьгIна, шен-шен гIиллакхаш кхоьллина. Цхьадолчу къаьмнаша
Делан хьехамашкахь болу и бехкамаш мелла а шайна лело аттачу кепехь тIеэцна, ткъа кхечу къаьмнаша, дегIан паргIато кхин тIе а йоьхкуш, шайна халонга бохуш тIеэцна уьш.
Масала, бусалба дино боху адамашка шайн дегIана хьулам бе духарца. Боьршачу стеган хьулам бан беза меттиг (Iоврат) иза цIонгера гоьле кхаччалц йолу меттиг ю. Иза къайлаяьккхичхьана, ламаз дан а магадо. Амма цхьа а нохчо хIуттур вац ишттачу духарца Iамал ян, я ишттачу духарца адамашна юккъе а вер вац, я шен доьзалехь а лелар вац (бакъду, хIинца-м нисвала а тарло цу тайпана шен доьзалехь паргIат леларг а, амма вай дуьйцург нохчийн Iадатехь хила дезарг ду).
Цуьнца доьзна цхьа масал далор вай.
Халкъан яздархочо Айдамиров Абузара дуьйцура, цкъа гIала ваханчуьра, гучувала ша аьлла, Мамакаев
Мохьмад волчу ваханера ша бохуш. Шеца исс-итт шо кхаьчна шен йоI а яра. НеI елла веъна Мохьмад, аьхка хIусамехь тIех йовха йолу дела, шена аттачу духарехь вара. Амма оцу йоIах бIаьрг кхетча, ша цунна ца гойтуш, кхин могаш-паргIат хаттар доцуш, дехьа чу а вахна, шен духар хийцинера цо; ша боккъал а чIогIа цхьана боккхачу гуламе воьдуш санна, кечвелла схьавеънера.
Цецваьллачу шега Мамакаев Мохьмада эли, бохура
Абузара, мел жима елахь а, йоI бехке ма ю, гIиллакх хила ма деза цуьнца аьлла.
Массо къаьмнийн а ду воккха стаг ларар. Амма массеран а дац, воккхачу стеган некъ ца хадош, сацавалар. «Некъ цахадор» боху кхетам а бу шатайпана.
Генара схьавогIучу стагана хьалхахула тIехваларх, некъ «хедаш» я цунна новкъарло хуьлуш хIума дац иза. ХIетте а оцу воккхачу стаге болу лерам, цуьнан а, цуьнан шерийн а сий дар ду иза. Хаза гIиллакх а ду.
Шатайпана лерам беш хилла воккхачу стеган йоIстага а, къоначу зудчо а. Нагахь хи тIера йогIу йоI воккхачу стагана дуьхьал кхетахь, шен кIудал охьа а хIоттайой, букъ а берзабой, дIахIуттуш хилла иза, и стаг тIехваллалц. Нагахь шен жима бер карахь а долуш йогIуш зуда хилча, и бер некъа йисте охьадуьллий, юьстах а йолий, дIахIуттуш хилла, воккхачу стагах бехк лоций.
Иштта, и гIиллакх дуьйцуш, вайн къоман иэсехь дисина цхьа дийцар ду. Говрахь вогIучу Исмайлин
Дудина шен бераца дуьхьал йогIу цхьа жима зуда, и бер охьа а диллина, букъ а берзийна, дIахIоьттина. Говрара воьссина Дуда, оцу берана тIе а веъна, иза кIант вуйла а хиъна, цунна юххе совгIатна шен ворхIазза йолу тапча охьа а йиллина, «Дала беркате доьзалхо войла кхунах,
Дала дукха вахавойла хIара», аьлла, дIавахна. ТIаккха и гIиллакх хIоттийна стаг мила ву а хиъна, оцу жимчу кIентан дас Исмайлин Дудина совгIатна дин бигийтина.
Иштта керла гергарло кхолладалийтина оцу хазчу гIиллакхо.
Вай далийначу масалша гойту халкъийн юкъара гIиллакхаш дегIана хьулам бар, баккхий нах ларар нохчаша мел чолхе даьхна шайна, мел даздина цара уьш, мел чIагIбина цара шайна и бехкамаш. Юкъаметтигийн, гIиллакхийн атталла а ца лоьхуш, мелхуо а уьш ма-хуьллу чIогIа, хала лелор иза ю вайн къоман оьздангаллин башхаллех цхьаъ.
Аьллачунна жамI деш, билгалдоккхур вай.
Нохчийн къоман дика гIиллакхаш шайн коьртачу билгалонашца кхечу къаьмнийнчаьрца догIуш ду (цуьнан бахьана лакхахь вай далийра). Амма кхечу къаьмнех схьакъаьсташ, шен ша-тайпана синмехаллаш а кхоьллина нохчийн халкъо. Царах цхьаерш шайн оьздангаллин мах лакхара болуш, кхечу къаьмнашна а, массо адамашна а йовзар пайде хир долуш а ю. Цхьаерш вай кхузахь йовзийтира, вуьйш кхидIа а юьйцур ю. Къоман гIиллакхаш хиларх ца тоьа, уьш довза а деза. Йоза-дешар ца хиллачу къаьмнийн гуттар а дас воIе дуьйцуш, чкъурера чкъуре дуьйлуш схьадаьхкина уьш.
Амма наггахь нислуш хилла, цхьа баккхий исторически хиламаш бахьанехь (тIом, цIерадахар, цунах тера кхин а), чкъурашна юккъера и зIе хедаш а. Цундела цхьадолу гIиллакхаш дицдина, дIадевлла нохчашна юкъара. Амма йоза-дешар вайн къоман долу а бIе шо гергга зама ю, хIетте а хIинццалц схьа гIиллакх-оьздангаллина лерина цхьа а жайна ара ца даьлла, билггалчу теманашна лерина цхьаццайолу Iилманан статьяш ца лерича.
ГIиллакхаш довзийтарх а ца тоьа, нагахь уьш лелош ца хилча. Вайн къомах волу наггахь а стаг хир вац вайн гIиллакхех коьрта дерш ца девзаш. Амма уьш дахарехь лелор гIеллуш ду дийнера де мел дели, царах цхьадерш
дIадовлуш а ду. Масала, нохчийн дахарера дIадаьлла ала мегар ду боьршачу стага коьртахь хIума лелор. Ткъех шо хьалха цхьа а жима стаг коьртахь хIума йоцуш, эвлаюккъе стенна дуьйцу, шен кетIа а, хьешана дуьхьал а вер вацара. Иштта, наггахь бен нислуш дацара божарша коьртахь еха месаш лелор а. Тахана и гIиллакх, цкъа а хила а ца хилча санна, дIадаьлла. Бакъду, коьртахь хIума йоцуш тезета-м ца боьлху нохчийн божарий хIинца а.
Коьртахь хIума лелор дуьххьалдIа кечваларан кеп хилла ца Iа. Иза шен кIорггера маьIна долуш хIума хилла. Сан схьавалар цIена ду, со оьздачу нахах ву бохург хилла иза.
Нохчийн дахарехь гIиллакх-оьздангалло мел йоккха меттиг дIалоцуш хилла гойту халкъан барта кхоллараллин произведенеша. Иштта, цхьана халкъан узамехь ду хIара тайпа могIанаш:

Шайца шуьне ва ховша хьеший боцчу буьйсанна,
Мерза шун ца долош пхьуьйраза бисина,
Шайна уллохь дажа хьешийн дой доцчу буьйсанна,
ДIайиллинарг ца юуш, уьйтIахь дой тирсина,
Чохь хьешан аз ца хезча, йоьттинарг ца юуш,
УьйтIахь жIаьлеш угIуш – оццул хьеший хетта
Хьалха хилла къена дай, и дика къонахий
Биц ма белаш, доттагIий, Iаьржа латта мел хьоьшу…

Кхузахь адамийн гIиллакхаш долуш гайтина говраш а, жIаьлеш а. Оццул лакхара хила езаш хилла нохчийн цIийнан оьздангалла, оцу кертахь долчу хьайбанаша а лелош.
Цунах лаьцна шен цхьана стихотворенехь иштта яздо Сулейманов Ахьмада:

Барзах, къуьнах хьаша къасто
Iамийна вайнехан пхьу,
Генна дуьхьал догIий, хьоьстуш,
Тхойшинна некъ хьоьхуш ду.

Кхин а чIогIа тамашийна сурт хIутту халкъан цхьана туьйранехь. ГIиллакхах кхетам бу оцу туьйранехь, юьртан цхьаъ бен доцчу шовдана гонаха а бижина,
хIоразза а шена яа цхьацца къона йоI ца елча, юьртахошка хи ца оьцуьйтуш болчу саьрмикан а. Оцу махкара воцу кIант шозза хи тIе веъча, хIумма а ца деш, хи оьцуьйту цо. КхозлагIа веъна, хи эцна дIавоьдуш олу цо:
- Ас, хьаша волу дела, гIиллакх лелош, вити хьо, кхузза хи тIе веъча а, хIумма а ца деш, кхин ма воьллахь. Кхин вагIахь, дийна дIагIур вац хьо.
Оцу масалша а гойту, нохчийн къомана шен дахаран маьIна хьал-бахам совбаккхарехь, я яккхий тIулгийн гIаланаш ярехь, я кхечу къаьмнийн мехкаш схьалецарехь ца гуш, дуьххьалдIа хIокху лаьтта тIехь хьанала къа а хьоьгуш, гIиллакх-оьздангаллин бехкамаш ларбеш дахарехь гуш хилар.
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, васт далош аьлча, цхьа лекха бIов ю. Вайн къоман хIора а чкъуро цхьацца кхериг буьллуш йоьттина, лакхаяьккхина. Цундела хIора нохчочун декхар ду и бIов Iалашъяр, иза кхин а лакхаяккхарехь дакъалацар. Нагахь жима стаг, ойла а ца еш, дайн гIиллакхаш емалдеш, дIатийса волалахь, я уьш кхечу Малхбузера я Малхбалера еъначу хийрачу амалшца хийца гIортахь, цо оцу бIаьвна юккъера тIулгаш дIадоху. Ткъа и тайпана нах алсамбевлча, и бIов чухарцарна кхерам а бу. Оцу хьокъехь поэта Супаев
Руслана аьлла:

Хьо ма сихло шира туьйра харцо,
Дега-нене восе дош ма ала.
Уьш дIахьур бу заманан цу дарцо,
Хьуна дагахьбаллам битарца.

Книгаш тIехь ца Iамийна Iалам цара
Латта аьхна, летта дарцаца!
Сих ма ло хьо йохо шира гIала,
Замано а отур ю и атта.

Пхенийн шеддаш долчу куьйгийн йовхо
Хьан ден куьйгийн йовхо ю иза!
Ненан мIараш кIелахь дисна латта
Хьан Даймехкан латта ду иза!..

Нохчийн гIиллакх-оьздангаллин гIала замано а йохор яц, нагахь вайх хIорамма а иза Iалашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу гIуллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

Т1аьхье хир ю.

Вайнах №3-4, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх