12.10.2016

Ахмадов Муса. Нохчийн г1иллакх-оьздангалла

Т1аьхье. Юьхь еша №№ 3-4, 5-6 т1ехь.

III-гIа дакъа

Адам а, цуьнан г1иллакхаш а

Стеган оьздангалла цо ша-шеца лелочу гIиллакхашна тIера дIайолало. Иза уггар хьалха шен дог-ойла, тIаккха цуьнга хьаьжжина шен юьхь-сибат а, дегI а цIена латтор ду. Кхузахь стеган чулацаман а, куьцан а цхьаалла хила еза. Нагахь стаг коьрта шен дог-ойла, шен гIуллакхаш ду, ткъа шен духар, сурт-сибат мухха хилча а мегар ду аьлла лелахь, цуьнан оьздангалла кхочуш ца хуьлу, цуьнан чулацам куьцаца шалхаболу. Стеган оьзда массо хIума а хила деза – ойла а, духар а, гIиллакхаш а. Мел хаза духар дуьйхина и велахь а, гIуллакхаш цхьана а хоршахь доцуш, шена луъург лелориг а оьздангаллина юххе ца вахна. Кхузахь а го куьцан а, чулацаман а цхьаьна ца дар. Стага уггар хьалха шен дегI цIена лело деза.

«ЦIеналла ах дин ду», – аьлла Делан Элчас, Делера салам-маршалла хуьлда цунна. Ткъа боккъал а Делах а тешаш, дин лелош волу стаг унахцIена ца хила йиш яц. ХIунда аьлча, дино тIедожош ду стагана билггал йолчу хенахь хих валар, лийчар, юьхь-куьг а, пхьаьрсаш а, когаш а дийнахь масийттазза дилар тIедужу ламаз деш волчунна. Ткъа ламаз динан шолгIа бIогIам бу (шахIадат далор дIадаьлча), цуьнца цхьаьна стеган оьздангаллин, цIеналлин бух а бу. Цкъа делахь, дийнахь пхоьазза Далла дуьхьал хIоттаро стаг цхьана билггалчу оьздангаллин кепехь латтаво, цуьнан дог-ойла цIанйо, иза къинойх ларво. ШолгIа делахь, шен дегI а, бедар а цIена латтор тIе а дожадо цунна.

Делан Элчас, Делера салам-маршалла хуьлда цунна, аьлла: «Шуна хьалхахула охьадоьдуш хи хилча, цу чохь шу дийнахь пхоьазза луьйчуш хилча, шуна тIехь мода хила йиш ярий? Иштта адам къинойх цIандеш ду ламаз а».
Тахана вайна моттадала тарло цIена лелар Европера, кериста мехкашкара схьадеъна. Иза бакъдац. Кериста нахана саба довзар а, хIума яале хьалха а, йиинчул тIаьхьа а куьйгаш дилар а, кест-кеста, дегI цIандеш, лийчар а бусалбанашкара Iемина. Иза хилла юккъерчу бIешерашкахь, исторехь «ЖIаран тIелатарш» («Крестовые походы») аьлла буьйцу тIемаш керистанаша бусалбанашца бечу хенахь. Цул хьалха, могIарера нах стенна буьйцу, Европерчу къаьмнийн паччахьаш а шарахь масехазза бен луьйчуш а ца хилла. Иштта, бусалбанашкара Iемаш юкъадеъна ду кериста къаьмнашлахь даьржина хилла гIиллакх къонахчо зуда лерар а («рыцарийн сий-ларам»).

Хетарехь, бусалба дин тIеэцале хьалха унахцIеналла мелла а гIийла хиллачух тера ду нохчийн а. Юьхь-сибат хьахийнначуьра аьлча, нохчийн боьршачу наха маж лелош, ца лелош, иштта мекхаш лелош а, ца лелош а хилла. Амма боьршачу наха корта уьрсаца бошуш хилла, иза бусалба дино тIедожош доццушехь. Стеган дегIаца йолу унахцIеналла дIаяьлча, цуьнан оьздангаллин гайтам бу духар. Уггар хьалха билгалдаккха деза: нохчаша, къаьсттина боьршачу наха, дукха къегинчу (цIен, можа, и. дI. кх. а) басахь йолу хIумнаш лелош ца хилла. Духар таьIначу, цхьана басахь долчу кIаденах деш хилла (Iаьржа, ал, сира).
Духар уггар хьалха дIадолало коьрта туьллучу хIуманна тIера. Корта Iуьйра аравалар магош ца хилла, зудчунна хьовха, боьршачу стагана а. И гIиллакх ширчу заманахь дуьйна схьадогIуш ду, шен кIорггера маьIна а ду цуьнан. Ширчу заманахь коьртахь хIума лело бакъо ца хилла шен схьавалар оьзда, цIена доцчу стеган. Нагахь шийлачу заманахь цо коьрта хIума тиллинехь а, оьзда стаг вогIуш гича, коьртара хIума дIайоккхуш хилла цо (оьрсийн гIиллакх).

«Коьртара куй а баьккхина, дехар дина», олуш ду вайнехан. Иза гуттар а чIогIа дина дехар ду. Цо гойту, мел деза хIума хилла боьршачу стага коьртара хIума дIаяккхар. Нагахь нуьцкъах цхьамма кхечуьнан коьртара хIума яьккхинехь и доккха эхь а, зулам а хилла. Ткъа шен лаамехь, дехар деш стага коьртара куй баккхар иза шен бехкана къера хилар ду, оцу дехарна, цхьа а аьтто белахь, жоп дала дезар а ду. Ткъа зудчо, дехар деш, коьртара хIума яккхар кхин а деза хилла. Хийла кечделла зулам сецна, хийла шаьлта батта йиллийтина зудчо довхошна юкъа кхоьссинчу йовлакхо.
Вовшашна чухьоьвдда, оьгIазалло бIарзбина нах, коьртара хIума яьккхина зуда гича, кхидIа дов ца деш, совцаран маьIна иштта ду: зудчо коьртара йовлакх даккхар тамашийна, доккха хIума ду, иза цхьа йоккха киртиг тIе ца хIоьттича дан йиш йолуш а дац; цундела и зуда оццул чIогIа холча а хIоттийна, шаьш лелориг ма ледара хIума ду олий, совцуш хилла уьш, цуьнга йовлакх сихха дIатиллийта, хIунда аьлча, зуда коьрта Iуьйра гича, стигал и ца дезалой, керчий, тIекIелйолу боху. «Ах стаг бедаро во», бохучу кицано гойту нохчаша духарна тIе боккха тидам бохуьйтуш хилар. Изза тIечIагIдо кхечу кицано а: «Духаре хьажжий, тIе а эца, хьекъале хьажжий, новкъа а ваккха».

Нохчийн боьршачу наха коьрта туьллуш лело куй масех тайпана хилла: холхазан куй вуонехь, диканехь туьллуш лелош берг; кхакханан болх беш я кертахь, вогIуш-воьдуш лелош; бIегIаган куй аьхка мангал хьокхуш я кхитайпа болх беш. ТIеюьйхина вета-туьдарг долу коч а, шуьйра ког болу хеча а лелош хилла боьршачу наха. Кучан ветанаш дерриш а дIатосуш хилла, лаг къовлуш, цу тIе духуш бустамаш болу чоа а хилла. Шийлачу хенахь тIекхуллуш башлакх а, верта а хилла, иштта кхакханан кетар а. Когахь наьIармачаш, маьхьсеш, пезагаш (тIаьхьу царна тIехула юху калош), эткаш, кIархаш лелош хилла. Боьршачу нехан духаран коьрта билгало иза дегIана кхоччучу барамехь хьулам беш, паргIат а, хене (арахь шийла я йовха хиларе) хьаьжжина а, къорза я тIех къегина йоцуш а хилар.

Духарехь ша тайпана маьIна лелош хилла доьхкано а. Пхийтта шо кхаьчча йоьхкуш хилла юкъ. Иза стаг бераллера валаран, цунна тIе баккхийчеран дукъ дожаран, вуонна а, диканна а дIахIотта кийча хиларан билгало ю. Стаг къанвелча (цуьнан билггала йолу хан яц, иза хIорамма а ша билгалйоккху шена шен могашалле а, лааме а хьаьжжина), юкъ дIайостуш хилла. КхидIа тIамна а, девнна а стаг вац ша бохург ду иза. Боьршачу стеган духарна тIебохуьйту тидам кхин боккха а ца хилла, уггаре чIогIа оьшу лехамаш кхочушбичхьана: духар дегIана паргIат, бехкечу меттигийн кхоччуш хьулам беш, гIодаюкъ, барч къевлина хилар. Боьршачу стага шен духаран мелла а кIезиг тидам беш хилар билгалдолу халкъан иллешкахь оцу хьокъехь дукха доца дуьйцуш хиларца а:

Цу кIайчу гIовталца, Iаьржачу вертанца,
Чо чехка чола куй бIаьштиг тIе ва тоьттуш,
Пхьоьханахь вара тов Жоьра-Бабин ва Гани.

Ткъа мехкарша мелхуо а боккха тидам тIебохуьйтуш хилла бедарна. Иза дика го нохчийн иллеш дешча а. Царах цхьанна тIехь дуьйцу хитIа йоьду йоI кечъяларх:

Туька йиллал ва дари шен дегIа дерзийна,
Бере кечвал ва дети шен некхе дерзийна,
Чилхьесан бухкарца, цу цIестан кIудалца,
Цу хIурдан ва мохо ездари ловзадеш,
Эсаран ва мохо кисин тIам ловзабеш,
Пошмакхийн ва кийрахь ва кIархаш цIийзабеш,
Пошмакхийн айрашца некъан йист ва лоргуш,
ХитIа яха елира тов ворхI вешин ва йиша.
Кхечу илли тIехь иштта могIанаш ду:
Набарха ца йоккхуш бос хаза Таху,
Лергех оьхкина дашо ва хьалкханаш,
ГIодах дихкина и дашо ва доьхка,
Хьалха доьхкина ва дато туьдаргаш
Уьш чехка ша яьхна вахар-кха Ишхойн ва Iела.

Оцу иллийн шина кийсиге хьаьжча а, вайн чIагIдан аьтто бу: цкъа делахь, йоIстага кечлуш шена кIади а («туька йиллал дари»), дети а («бере кечвал») кхоош цахилар; шолгIа делахь, цо гIабалица цхьаьна коьрта туьллуш доккха йовлакх а (ездарин я кисин), ткъа кога туьйдинчу пошмакхашна чухула бухуш кIархаш а хилла; кхоалгIа делахь, шен кечъяларехь йоIа пайдаоьцуш хилла дешех (хьалкханаш, дашо доьхка), ткъа иштта кучан я гIабалин туьдаргаш кечдеш, детех. Зударийн духар цу зудчун хене а, цIера яьлла я ялаза а, болх беш я дикане-вуоне йоьдуш а хиларе хьаьжжина хилла.
Ша тайпа, денна а лелочу бедарех къаьсташ хилла йоIстага маре йоьдуш тIедуху духар. Духарца кхечарал соввала гIерташ Iедал ца хилла нохчийн. Нагахь шен елахь а, шен лулахочун я накъостийн йоцу бедар тIеюхар а товш хеташ ца хилла.
Амма шаьлтий-доьхкий, кхидолу герззий уггаре а тоьлларг нисдан хьожуш хилла хIора а. Кегийчу наха цхьаьннан йоцу бедар вукхуьнга луш Iедал а хилла, шайх цхьаъ йоIаца ирахьIен я хийисте хIотта воьдуш. Иштта, къечу заманахь кхолладелла духалкъан эшара юкъара хIара могIанаш а:

Цкъа хелха валлал ши этиг елара,
Цкъа велаваллал дашо церг елара…

Вайнехан цхьа башхалла а хилла духар лелорехь: бедарна тIера цхьа а вета я нуьйда тасаза юьтуш ца хилла, и дIаяьстина лелар оьзда ца хилла. Бедар тIеюьйхина араваьлча, шен леларан, ког баккхаран ойла ян езаш хилла стага. Иза цуьнан амал, дог-ойла гойтуш хилла. Товш лоруш ца хилла дукха партал, текхна я, цIе яьллачу воьдуш санна, хьаьдда вахар. Боккхучу когаца а шен оьздангалла гайта езаш ву стаг. Лаьтта тIе буьллу ког а боккхачу ларамца билла беза, хIунда аьлча, халкъан дийцаро и дар тIедожадо вайна: «Шена тIехула, бен а ца хеташ, кхийсалуш, когаш бетташ ма лела, сан кийра схьаван везаш ву хьо, олу боху лаьтто. Ас тIеIаьвдина, пIендарш чучча дохуьйтур у хьан». Леррина, и латта лазор долуш санна, ког боккхуш болар дара, масала, вайна вевзаш волчу поэтан, Iилманчин Сулейманов Ахьмадан. Кех араваьлча, дуьхьал кхеттачуьнга вистхилар тIедужу стагана. Вистхиларан корта салам ду Ассаламу Iалайкум. Салам нохчаша массаьрга а ца ло. Салам шен хенарчу, я шел дукха баккхий я кегий боцчу нахе луш Iедал ду вайн.

Ханна хьо жима велахь, ахьа хьалха дIадала дезаш ду салам. Хьо вогIуш а волуш, лаьтташ я хевшина Iаш нах (я ша цхьа стаг) хилча, салам далар хьуна тIедужу. Говрахь вогIучо гIашлочуьнга дала деза, лакхара (ломара) охьавогIучо лахара хьалавогIучуьнга дала деза, хи догIучу агIор вогIучо цунна дуьхьал вогIучуьнга. Цуьнан маьIна шел аьтто мелла а кIезиг берг тоьллачо ларар ду, ницкъ болчо ницкъ эшнарг (жимчо воккханиг) ларар а ду. Салам а делла, стаг тIевеъча, дегI нисдина хьалагIаттар тIехь ду хиъна Iачунна, нагахь тIевеънарг ханна воккха велахь-м муххале а. Воккха вацахь а, хьалагIаттар я хьалаайавалар гIиллакхехь ду. ТIаьххьарчу хенахь цхьаболчу кегийчу наха долийна дуьйцуш ду, стаг тIевеъча, хьалагIатта ца оьшу бохуш. Иза вайн оьздангаллехь Iаламат уосала хIума ду, чекхдалийта йиш йолуш а дац. Цу хьокъехь нохчийн кица а ду: «Къиг тIееъча, къиг а гIотту хьала».
Бакъду, маьждиг чохь хьалагIитта мегар дац. Делан цIа чохь Далла Iамалъян гулло, цундела цу чохь дуьненан гIиллакхаш, Iадаташ хьалхадаха мегар дац. Нохчийн Iадатехь салам ца луш бу дикка баккхий нах, зударий, пхийтта шо кхачаза бераш. Салам даларан метта маршалла хаттаран кхечу хорманех пайдаэца тарло цара. Хьайл дикка воккха волчу стеган ахь де (Iуьйре, суьйре, буьйса) дика йо, «могаш-паргIат» а хотту. Воккхачу стага «Далла везийла», я «Диканца дукха вехийла» – олий, дуьхьал жоп ло. Ткъа пхийтта шо кхачаза долу бераш шаьш дистхила деза, хьо царна дуьхьал жоп делчхьана волу.

Стага (наха) дечу гIуллакхе хьаьжжина, вистхилар а ду вайнехан гIиллакхехь. Масала, стаг муьлхха а болх беш хилча: «Болх ирс долуш хуьлда хьан!» олу, цуьнца цхьаьна билггал цо дечуьнца доьзна вистхилар а ду вайнехан. Аьр вай, стаг мангал хьокхуш хилча: «Маьлхе хуьлда хьан!»; ялта дIадуьйш я асар деш хилча: «Хьекъийла хьан!»; дечиг доккхуш хилча: «ГIоза дагорг хуьлда хьан!»; хIума юуш хилча: «ГIоза юийла!»; цIена бедар юьйхина хилча (нагахь и хьайн гергара стаг, доттагIа я юххера вевзаш велахь): «ГIоза лелайойла!»… Маршалла хаттаран метта лела и тайпа дикалааран дешнаш а. Дикалааран сецна евлла хорманаш дукха ю. Зуда ялийна меттиг хилча, нохчаша олу: «Дала тIаьхье беркате йойла! Дала цхьабарт бойла!». ЙоI яханчаьрга (дукха хьолахь нене): «Дала декъал йойла! ТIаьхье беркате йойла!». КIант вина хилча: «Дала беркате доьзалхо войла! Дала дукха вахавойла!», ткъа йоI йича, и дешнаш аьлла ца Iаш, тIетуху: «Дала ворхI вешин йиша йойла!»

Нохчийн доьзалехь кIант ву къаьсттина чIогIа веза хьаша. Иза ден сийлахь цIе дIакхехьа а, доьзалан хIу, ца дойтуш, даржо а, мехкан кIант къонаха хилла дIахIотта везарг а ву. Иза дац йоI хилар вайнехан доьзалехь бохам бу бохург. ЙоIе ша тайпа лерам бу. «ЙоIаца беркат догIу цIен тIе», олу нохчаша. Кхин а дуккха а ду билггалчу хьелашкахь стага ала деза дуьххьарлера дешнаш. Уьш дIадевлча, стага маршалла хотту. ТIевеъначо салам делча, бухарчо и дIа а оьций, «марша вогIийла!» олу. Вукхо «Делан маршалла хуьлда шуна а!» жоп ло. ТIаккха могашалла а, цIера хьал а, гергарнаш а, и. кх. дI. а хотту. Цу тайпана вовшийн хьал-де хаттарх нохчаша тIекаре олу, ткъа доггах вовшашца гергарло лелочу нехан юкъаметтигах – чукаре. Цхьана хенахь, бусалба динца вайна салам юкъадале, дуьххьарлерчу дешнашца хоттуш хилла маршалла. Оцо а гойту маршо вайн къомана коьрта мехалла хилар. ХIинца хIокху кицанан маьIна дер вай: «Хьалха хьажаза, ког а ма баккха, тIехьа хьажаза, дош а ма ала». Ког баккхарх вай лакхахь мелла а дийцира, хIетте а жимма тIетухур вай. ХIокху кицано «хьалха хьажий бен, ког ма баккха» бохург, дуьххьалдIа долчу маьIнехь (цхьа кхерам я чуэккха ор, тасавала тIулг) хилла ца Iа. Иза, ахьа гIиллакх хIотто дезаш меттиг нисъяла тарлуш ду, цундела тидаме хила бохург ду. Нагахь хьо вогIу некъ кхечуьнца жIара болуш белахь, саца а сецна, цу агIор вогIуш хьайл воккха стаг вуйла хьажа веза, велахь, некъ ца хадош, сацавала а веза иза тIехваллалц. Иштта, шена некъ битина хьо лаьтташ, воккха стаг хьалха вистхила декхар ву, хьан гIиллакх шена гинийла хоуьйтуш: «Баркалла! Дела реза хуьлда!» я «Дала сий дойла!» олуш. ТIаккха жимхас цуьнан «де (буьйса, Iуьйре, суьйре) дика» а до, могаш-паргIат а, хьажа хIума ду-дац а хотту. Нагахь хьо говрахь велахь а, иштта саца веза, некъ ца хадош, говрара а воьссина. Нагахь хьуна дуьхьал вогIуш воккха стаг хилча, иштта говрара а воьссина, цуьнга вист а хилла, иза аьтту агIор тIехвалийта веза. Хьо гIаш хилча а изза дан деза: воккха стаг, зуда аьтту агIор, ткъа жиманиг аьрру агIор тIехвалийта. Новкъахь воккхачуьнца воьдуш хилча, хьо цуьнан аьрру агIор хIотта декхар ву (воккхачунна аьтту агIо юьту бусалба динехь а), вайнехан гIиллакхехь аьтту куьг, ког, ха, агIо еза лору дела. Шу кхоъ хилча воккханиг юккъехь, цул жиманиг цунна аьрру агIор, уггар жиманиг аьтту агIор хIутту. Иштта дIанислур бу гIаш боьлху нах пхиъ я ялх хилча а. Ткъа дуккха а нах новкъа боьлхуш хилча, кегийрхойн цхьа тоба хьалха хила еза, важа тоба тIаьхьа, юккъехь баккхий нах.

Нагахь стаг зудчуьнца (йоккхачу стагаца я хийрачу) вогIуш хилча, цо иза аьтту агIор йита еза, ша жимма хьалха а волуш; нагахь шен гергарчу зударшца (хIусамненаца, йишица, и. дI. кх. а) вогIуш велахь, уьш аьрру агIор а, жимма цул тIаьхьа а хилча нийса хир ду нохчийн гIиллакхехь.
Вай кхузахь хьаха ца деш, дахарехь нислуш цхьацца хьелаш хуьлу (масала, чу-ара волуш дуьхь-дуьхьал нисвалар, наьIара уллохь цхьаьна нисвалар, машенна чу хаар, и. дI. кх. а), амма муьлххачу а хьелашкахь воккхачунна а, зудчунна а хьалхе дIаяла еза. Цуьнан маьIна шерийн дукхалла, гIорасизалла ларар ду. Вукху агIор (къоналла, могашалла, хьал «лоруш») хилча, цунах оьздангалла ца хуьлу, иза ницкъах (харцонан ницкъ белахь а) озавалар, кхеравалар ду. Ткъа иза оьздангаллина нийсса бIостанехьа кхетам бу осалалла, шина а агIонна и тайпа «гIиллакх» лелочунна а, шеца и леладойтучунна а цхьатерра эхье хIума а ду. ХIинца хьовсур вай лакхахь далийначу кицанан шолгIачу декъан: «…тIехьа а хьажий бен, дош а ма ала», маьIна даста. «Дош» нохчийн маттахь стага дIаолу аьзнаш хилла ца Iа. Цуьнца стага деш долчу «гIуллакхан» маьIна а догIу. Нагахь стагана: «Дош дацара цо лелориг», аьлча, кхеташ ду хадориг цуьнан къамелан мах хилла ца Iаш, цуьнан гIуллакхан мах а хилар. Поэта Кибиев Мусбека иштта аьлла дашах:

Дош доцург дош дац,
Дашал доккха хIума дац…
Тухий, дашо стаг во дашо,
Тухий, иза дакъазвоккху…

Кхечу поэта Хасбулатов Ямлихана иштта аьлла:

…Мацца а бIаьргашна
Ца гучу дукъ тIе
Даг чуьра йовхо дIа
ТIаьххьара хьош,
Сайн некъан беза мохь
Бихкина букъа тIе,
Сайн метта лела ас
Дуьтур хьо, Дош.

Бакъ а долуш, стаг дIаваьллачул тIаьхьа а даха дуьсу дош, хьан дика я вуон алсамдоккхуш. Кхузахь хьахо догIу нохчийн «къамел» бохучу дешан маьIна а. Стаг луьйчу хенахь цо я къа латадо (харцдерг дуьйцуш, гIийбат деш), я мел боккху (диканиг, нийсаниг дуьйцуш) бохург ду иза.
«Туьро йина чов йирзина, матто йинарг ца йирзина», олуш а ду вайнехан. Цундела шена дага деъ-деънарг дуьйцуш, эрна бага леян мегар дац стага. ХIунда аьлча, цкъа делахь, хьан хIора дош дIаяздеш ду маликаша; шолгIа делахь, хьан дашо дика а, зулам а дан тарло.ХIора стеган шен-шен хила деза дош а, мотт а, хIоранна а хаа деза ша хIун дийца деза а. Масала, товш а дац, оьзда а дац зудчо къонахчун мотт буьйцуш я боьршачу стага зударийн мотт буьйцуш; бераша «къена» къамелаш дийцар я къеначара «бераша а ца дуьйцург» дийцар. ХIораннан шен меттиг а, шен мотт а, шен харш а хила деза. Уьш кегадалар – халкъана тIе бохам богIуш хиларан билгало ю. Схьаоьцур вай пхьоьха.

ХIора юьртахь, шен билггала меттиг а йолуш, хIуттуш хилла пхьоьха. Юкъ ехккал хилча, хIора стеган бакъо хилла пхьоьхана ваха. Иза ша тайпа кхетош-кхиоран ишкол хилла, керла хIумнаш, хилларш, лелларш хаза йиш йолу меттиг а хилла. Оцу пхьоьханашкахь дешан хьалхе, гуттар а санна, баккхийчаьргахь хилла, цара кегийчарна пайде дерг, кхетаме дерг дуьйцуш а хилла. Жимха, шега дош делча, вистхуьлуш хилла. «Шуна хьалха вистхуьлу-м вацара со, делахь а аш аларна сайна хетарг эр ду-кх ас», олуш хилла цо, баккхийчеран сий деш. Нагахь шен бан безаш цхьа хаам белахь, я шена мехала хеташ хIума делахь довзийта дезаш, жимчу стага: «Цхьа-ши дош эр дара ас, аш пурба лахь (я бехк ца биллахь)», олий, шена вистхила бакъо йоккхуш хилла.
Зударий пхьоьхана богIуш ца хилла, ша цхьа кхерам тIехIоьттича орца даккха ца багIахь. Цигахь а, я кхечу боьрша нах гуллучу меттигашкахь а къамелаш деш а ца хилла зударша. Тахана вайна гург кхин сурт ду: майданашкахь, урамашкахь нах гулбеллачохь, мехкан пхьоьханашкахь, боьршачу нахе дош а ца кхочуьйтуш, къамелаш деш бу зударий. Иза вайн къоман оьздангаллин бехкамаш цаларар, уьш бохор ду.

Баккхийчу наха вовшашца лелош хилла дешан раж, вовшашна юккъехь гIиллакх. Нагахь цхьа а вист ца хуьлуш, соцунгIа еъча, цхьатерра шиъ дош ала тохавелча, ший а сацалуш ду, вовшашка дешан рагI кховдош. РагI схьаэцначо: «Баркалла, ахь хьайн дош диц ма делахь», олий, шен къамел до, дукха дах ца дан а хьожуш. Шайх цхьамма къамел деш юкъагIуртуш: «Бехк ма биллалахь, вицвалале эр дара ас», олий, бехказа волу.Товш дац къамел дечун дош кагдан гIертар, кест-кеста и «бехк ма биллалахь» бохуш, юкъагIерташ я бIаьцанаш еш, я белша тIе куьйгаш детташ, чIогIа лер. Дуьйцуш волчунна хетарг хьайна ца тахь, иза нийсса дуьхьал дIаала мегаш ца хилла, «суна-м иштта ма хета иза», олуш, къадоран кепехь ала деза. Дешан толам баккха гIерташ бага лееш, гонаха Iачу нехан хан яйа мегар дац. Оцу гIуллакхан къаьсттина ойла ян еза дуккха а нах гулбеллачохь. Шен ала дерг доцца ала деза, хIунда аьлча, оцу гулбеллачарна екъча, цхьанна кхочург бен яц хьан хан. Цундела дош меттара, оьшшург аьлла дерзо деза.

Маьждиган доккхалла,
Цу нехан дукхалла,
Цкъа аьлча тоьар ду
Дикчу кIентан дош, –

боху нохчийн халкъан мехкарийн цхьана эшарехь.
Иштта, кицано а хьехар до вайна: «Муш беха, дош ца». Араваьлла воьдуш, дIакхочу хьо воьдучу хьошалгIа. Салам ахь дIало хьайна дуьхьал ваьллачу хIусамдега. Цо схьакховдадахь, куьг лоцу ахь. Куьг кховдоран хьалхе хIусамдегахь а, воккхачуьнгахь а ю, тIевеанчуьнгахь я жимхехь яц. ХIусамдас наьIара тIекхаччалц, хьалха а волий, хьаша тIевуьгу, тIаккха неI дIа а йоьллий, чоьхьаволуьйту. Хьешо чуьрачаьрга салам (вайн Iадатца и дала догIуш делахь) ло я: «Дика мел дерш кху чу», олу. «Диканца дукха вехийла хьо а, марша а вогIийла»,дуьхьал жоп чуьрачара а ло. ХьошалгIахь а ша хIун лело хаа деза стагана. Уггар хьалха ша тIевоьссинчу хIусамдайшка ша бахьнехь дукха къа ца хьегийта хьажа веза. ШолгIа делахь, шена еллачу ларамечу меттехь хиъна Iен веза, чу веъ-веъначуьнга шен меттиг дIа а ца кхийдош. Нагахь хIара чохь а волуш, кхин хьаша а веъна, и дIаваха араваьлча, кхунна тIехь дац цунна тIаьхьа валар. Иза хIусамдас дийр ду, ткъа хьешо хьаша новкъа воккхуш ца хуьлу. Хьаша веъча, хIусамненан уггар хьалхара декхар ду шен чохь ерг хьалха йиллар (туьхий-сискал). Ткъа и лоруш деш долу пхьор паргIатехь дича а мегар ду. Хьаша лоруш, шен аьтто болчо, уьстагI боь. И тайпа хIума нисделча, уьстагIан кхехкийна корта а, пханар а, некхах жижиг а, дуьмин дакъа а, пIендарийн юьхьигаш а хьалха хьош хилла. «Хьо лоруш оха уьстагI бийна», бохург ду иза, массо аьлча санна меже цунна хьалха яхьар. Хьешо корта, цунах (бIаьрга хьалхара) цхьа жима дакъа доккхий, кхалла а кхоллий, оцу эвлахь шена гергарло (захало, доттагIалла) таса луучу стагана бохьуьйтуш хилла. Iуьйранна хьаша новкъа воккхуш, бийначу уьстагIан тIа дуьллуш хилла хьешан таьлсаш чу. Шуьнехь юучу хIуманна тIехь шен чуо чуоьзна хила веза стаг, къаьсттина хьошалгIахь. «Нехан шуьна тIехь гай ма дузаде, нехан хьаьвди тIехь дин а ма бустабе», – иштта боху халкъан хьекъало. «Сай» цIе йолчу халкъан узам тIехь далош долчу хIокху дешнаша: «шал шийла шовданаш шен бекъчу кийранна Iаббалца ца молуш», «маргIала сийна буц шен оьздачу зорханна буззалца ца юуш», гойту вайна къонахчун юучу хIуманца хила еза юкъаметтиг.

Цхьайолчу кIошташкахь бехачу нохчийн цхьа гIиллакх а ду: шайна хьалха йиллина хIума (юкъара шун а доцуш, шен-шена йиллина хилча) мелла а тIаьхьа йитар шуьнан беркат ду олий. Бакъду, тIаьххьарчу хенахь и гIиллакх мелла а гIелделла, хIунда аьлча, цхьаннах тIаьхьайисинчу хIумнах кхечо пайдаэцар наггахь а нислуш дац вайнехан хIокху заманахь. Шуьне ховшуш масех стаг хилча, хьаша а, чохь болчарах уггаре воккханиг а баьрчехь хила веза. Барч иза чохь уггаре а лераме меттиг, наьIарна уггаре генара, лекха меттиг ю. Воккхачо, гIиллакх хIоттош, хьеше шун доладе олу, цо и кхочушдо Делан цIе а йоккхий, я шега схьакховдийначуьнга юхакховдадо и гIуллакх. Шуьнехь охьаховшар, бехке верг (воккханиг, хьаша, ненахо, стунцахо) лакхахь а, куьг аьтту агIор а хаош хуьлу. Вуьшта гергарнаш аьрру агIор ховшу. Хийра хьеший баьхкича, цхьаболчу доьзалехь шуьнан тхьамда а хоржу. Иза хьешех харжа йиш яц, дукха хьолахь хIусамдас я хIусамнанас бухарчарах, шена эвхьаза а волуш, шен цIийнан хьал дика девзаш, лоруш волу стаг хоржу. Шун хIоттор, иштта цуьнан тхьамда а, тхьамдин гIоьнча а (меттархо я уллонча) харжар, ханеха (тост) алар чIогIа лерина лелош хилла вайнаха бусалба дин тIеэцале хьалха, дийнна шарахь кечам а беш. Оцу шуьнехь хьеначу (жижиган) дааршца цхьаьна, тайп-тайпана маларш а хуьлуш хилла. Я шуьнехь болчу наха хоржуш, я хIусамдас хIоттош хилла тхьамда, ткъа цо шен гIоьнча билгалвоккхуш хилла. Шуьнхойн хьашташка хьожуш, оьшург тIейохьуш хилла леррина билгалбаьхна жимхаш маклаттархой.

Хоржуш волу тхьамда шуьнехь болчу нахах воккха а, нехан лерам болуш а стаг хуьлуш хилла. Шун синкъерамна я сингаттамна хIоттийна хиларе хьаьжжина дош а олуш, шел тIаьхьа дош олучарна тема билгал а йоккхуш, шун дIакхехьа дезаш хилла тхьамдас. Цуьнгара пурба доцуш дош ала а, я оцу дешан чулацам (харш) хийца а, я шуьна тIера хьалагIатта а, илли ала а, хелха вала а йиш ца хилла цхьаьннан а. Керла тIевеъна стаг шуьне оьхьахао а тхьамдин бакъо еза. Доцца аьлча, шуьнехь мел деш дерг тхьамдин лаамца хила дезаш хилла.
Бусалба дин тIеэцарца а, и чIагIдаларца а и тайпа шун хIоттор а, дуьххьалдIа синкъерамна вовшахбеттабалар а, цу Iалашонца дукха хан яйар а дIаделира вайнахана юкъара, къаьсттина Делан парзашна, Элчанан Делера салам-маршалла хуьлда цунна хьадисашна а тIаьхьа базабеллачарна юккъера. И тайпа маларций, даарций долу сакъерар хийцира, Далла цхьана Iамал а еш (жамIатца ламазаш деш, зуькарш деш, салават дуьллуш, мовлад йоьшуш…), кхачанах а кхеташ, хилларш-лелларш а дуьйцуш, хан йоккхуш, вовшех оьцучу марзоно. Хьешаца лело деза гIиллакхаш дуьйцуш, хьахо деза: нохчаша леррина хьешана аьлла дина оти цIе йолуш цIа хуьлуш хилла.

Хьешана диначу цу дуьхьал оти чохь
Кхо ког болчу жIайгIента ша лоха лахвелла,
Пондаран кхаа пхенах маргIал пIелг ва туьйсуш,
Ойлане велир бах жерочун жима кIант, –

боху цхьана илли тIехь. Цул а хьалха, нохчий бIаьвнаш чохь бехаш болуш, оцу бIаьвнан цхьаъ, шиъ гIат хьешана лерина хилла. Иштта леррина хьаша-дена Iалашбеш кхача а, мотт а хилла вайнехан муьлххачу а доьзалехь. Хьан неI а тоьхна, салам а делла, хьаша оьций аьлла, неIаре веъна стаг хьешан дарже волу, иза бохамах ларвеш, цуьнца ларам беш, хьошалла дар тIедужу стагана. Иза шен мостагIа велахь а, хьаша хилла тIевоьссинехь, и лар а вина, цуьнан гIуллакхе а хьаьжна, новкъа ваккхар тIехь ду оьздачу стагана. Оцу хьокъехь иштта яздо поэта Бисултанов Аптис:

Хьо чу кхайкха таро яц сан – лаьхьа бу хьо.
Хьо хIаллакбан бакъо яц сан – хьаша ву хьо.
МаслаIат я зулам дац вайн – маьрша бу хьо.
Хьо дIагIолахь, сан дозанах балий, хIинца.
Амма хаа, саьрмик хилла юхабагIахь,
Юьртан шовда дехка хьуна дагадагIахь,
Юкъаметтиг къастор ю вай тIаккха цIийца.

Хьешана тешнабехк бар, я Iоттар яр, и бохамах лар ца вар доккха эхь хилла нохчийн, диц а ца деш, чкъурера чкъуре долуш. Вайн къоман иэсехь ду хьаша-да цаларар эхье гIуллакх хилар дуьйцуш долу тайп-тайпана дийцарш. Иштта, царах цхьанна тIехь дуьйцу барзо аьлларг.
Цхьана хьоладен жа дажош волчу Iуьнна тIееъначу барзо шена цхьа уьстагI бехна хилла. Iуьно аьлла, жа шен дац, цундела, жан дега ца хаьттича, шен бакъо яц хьуна уьстагI бала. Делахь уьстагIашка ша хьожур ю хьуна, цIа а гIой, пурба даккхахьа цуьнгара, дехна барзо. Iу цецваьлла: барзах муха тешор ду ша уьстагIий? ТIаккха барзо дуй биъна: «Шен хьаша наьIарехь а хаийна, баьрччехь Iен хIусамда хуьлда шех, ша кху уьстагIашна тIекхевдар елахь», аьлла.
Вахна Iу жан дега хатта. Иза, барзо шен дуйнехь ма-аллара, хьаша наьIарехь а хаийна, ша баьрчче а ваьлла, Iаш хилла. Iуьно дIадийцина ша деънарг а, ша жа лардан борз йитар а. Цунах чIогIа цецваьлла хIусамда. Iуьно аьлла, барзах ша тийшира, цо шен хьаша наьIарехь а хаийна Iаш волу хIусамда хуьлда шех аьлла, дуй биъча. ХIусамда кхетта и ша тайпа борз хиларх а, цо вийцинарг ша хиларх а. Iуьнна барзана уьстагI бала бакъо а елла, шен хьаша хила веззачу баьрче ваьккхина цо.

Хьаша хийрачу юьртахь, хийрачу махкахь-м муххале а гIорасиз ву массо хIуманна хьалха, хьеннан а ницкъ кхочур бу цунна гIело я тешнабехк бан, хIунда аьлча, иза цхьалха ву. Цундела и ларар оьздангаллин коьрта лехам (гIийланиг, мисканиг Iалашвар) кхочушбар ду. Нохчийн кицанаша а хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ниIмат хилар: «Хьаша ца вогIучу керта ирс догIур дац», «Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан хIусаман неI ца тохахь, цу чу, неI а ца тухуш, бала богIур бу», и. дI. кх. а.
Хьаша-да тIеэцаран гIиллакх дохор Дала, цхьа бекхам ца беш, дуьтуш дац. Иза, ширчу дийцаро а чIагIдо. Къоьзанан-Iам болчохь цхьана хенахь юрт хилла боху. Цига, лелаш, цхьа миска стаг кхаьчна. Буьйса а йоьлла, нехан наьIаршка хIитта воьлла иза: «ХIей, хьаша оьций аша?» – бохуш. Амма иза цхьамма а чу ца витина, эвла йистехь шен берашца йисина Iаш йолчу цхьана зудчо бен. И доьзал боцург, массо а хIаллак а хуьлуш, хи тIе а даьлла, Iам хIоьттина цигахь. Иштта кхоллабелла боху Къоьзанан-Iам. Оцу дийцаран ойла йича а го хьаша-да тIеэцар, чувитар, ларар дуьххьалдIа адамийн гIиллакхаш хилла ца Iаш, хIокху дуьненан Дахаран дохо йиш йоцу деза-сийлахь доза а хилар. Нагахь и дохийча, цхьа боккха бохам тIекхачаран кхерам а бу, мацах къоьзанхошна санна. Цундела, мел хан йоцчу хенахь хьешо неI тоьхнехь а, поэта Хасбулатов Ямлихана ма-аллара:

Ассалам Iалайкум,
Схьавола, хьаша,
Боккха некъ бай хIара-м,
Хьо лела марша!
Вайн кетIа беза мохь
Билла ахь, хьаша…
Ассалам Iалайкум,
Бакъ некъан хьаша,
Хьо ваза хьевелча,
Деса ду-кх дахар, –

бохучу дешнашца дуьхьалвала веза хьешана.
Хьалха заманахь хьешо ша дийццалц и варан Iалашо а, цо арабаьккхина некъ а хоттуш ца хилла, кхо дей-буьйсий даллалц муххале а. Хьаша дIавоьдуш, иза новкъа воккхуш, кетIа ваьлча, и кхузза юха хьажжалц латтар гIиллакхе лоруш хилла. Нагахь зама кхераме елахь (тIом, талорхойн тобанаш яржар, царах терра кхин а), хьаша юьртах, я цунна кхерам боцчу метте валлалц новкъа воккху. Цхьана хIусаме хьошалгIа а воьссина, цу чохь бехачеран туьхех, сискалх кхеттачу стагана тIедужу цхьацца декхарш. Масала, оцу хIусамехь кхиъначу йоIана тIехьовзар магош дац хьешана. Иштта я кхитайпа осала хIума даьллачу стеган цIе йоьду, шена хьошалла динчу хIусамден «шун бехдинарг» ву иза олий. Стагана, хьошалгIахь санна, хаа деза ловзаргахь, синкъерамехь ша хIун лело деза а. Кхузахь а коьрта, оцу гIуллакхийн низам ца дохош, массеран тидам шена тIеберзо а ца гIерташ, шен меттиг ларъяр ду. Вуонехь, тезетахь лело дезаш шен гIиллакхаш ду.

Уггар хьалха ша арабаьккхинчу некъе хьаьжжина хила деза тIедуьйхина барзакъ: коьртахь хIума (коьрта Iуьйра тезета ваха магош дац вайн Iадатехь), дехха пхьош долу коч, тIелетта йоцуш, паргIат кхийолу бедар. ХIинццалц схьа коьртахь хIума йоцуш тезета боьрша нах ца ихина нохчашлахь. Амма, халахеташ делахь а, доца пхьуьйшаш долу коч, спортан хорма юьйхина, кога пошмакхаш туьйдина нах хаало тахана. Иза оьзда дац. Кхузахь билгалдаккха деза цхьа хIума: тезета воьдуш Iаьржа, таьIна бедар юхар я зударшна Iаьржа йовлакхаш тахкар тIехь дац. Иза бусалба динехь а дац, я вайн нохчийн Iадатехь а дац, иза кериста нахера Iемина цхьаболчарна. Цундела дита дезаш ду. Тезетана тIевогIуш уггар хьалха салам дала деза. И дала тамехь доцу кеп хIоьттинехь, «ДоIа дейша», – аьлча а чекхдолу. Салам делча, салам дIа а оьций, тезетахь доIа дийр ду и дан догIучо. ТIаккха тIевеъначо кадам бийр бу, велларг пхийттара ваьлла стаг (йоI, зуда) велахь, иштта чулацам а болуш: «Дала гечдойла цунна! Дала декъала войла (йойла) иза! Дала иманца собар лойла шуна а, цуьнан дакъа мел кхаьчначунна а! Делан кхиэл хилла-кх!». Нагахь делларг бер делахь: «Дала эхартана пайде войла (йойла) иза! Дала иманца собар лойла шуна а!..» олу. Кадам дIаоьцучара: «Дела реза хуьлда!» олий, жоп ло. Кадам бинчул тIаьхьа тIевеънарг, тезетан дайн куьг а лоцуш, кхета везачохь мара а кхеташ, чекхволу, нагахь ша иза дан аьтту болуш велахь (хенаца я гергарлонца), вацахь, кадам а бой, юьстах а волий, дIахIутту. Тезетахь нах охьаховшар шен кеп йолуш ду. Кхузахь хьалхе дешначу стагехь ю. Бусалба дин кIорггера Iамийна а, девзаш а волчу стагана баьрччехь, лераме меттиг ло. Цунна улло охьаховшу тезетан дай баккхий нах, кхидIа Iеламнах а, вокх-воккханиг лакхахь а, аьтту агIор а ховшуш, охьаховшу. Кегий нах, дукха хьолахь, дIахIуьттий лаьтта; уьш: кхелхинчун гергарнаш лакхахь, вуьйш лахахь латтар гIиллакхехь ду.

Советан заманахь уггар а хийцадалаза нохчийн дисинарг тезетан сурт-сибат дара. ХIетте а, мелла а хийцамаш ца хуьлуш ца дисира иза а. Масала, тезетахь догIуш доцу къамелаш дар. «…Базарахь санна, лаьтта и гIовгIанаш, эххар а дIатоь. Куьйгаш лецна, маршаллаш а хиттина бевлча, шайна вевза-вевзачунна улло дIасатарло баккхийнаш, ткъа кегийрхой юьстах бовлий, дIахIуьттий, бист ца хуьлуш совцу. Кадам бинчул тIаьхьа со-м гуш а ма вац. Я соьца гIуллакх а дац цхьаьннан а. IаддаIа, вовшашна тIе а тийжаш, кара суьлхьанаш а лаьцна, Iасанийн юьхьигаш лаьттах а Iуьттуш, юкъ-юкъа биэларш а лелхаш, цхьацца къамелаш дан буьйлало. Ца дуьйцуш а, ца хьахош а хIун дуьсу! Мацах цкъа, къона долуш шаьш лелийна синкъерамаш а, дина къоланаш а. Кхузахь дийцаре до юьртан юкъараллин гIуллакхаш а: бежан рагI, сагIанаш дахар, зударий балор, там баккхар, тIеш-некъаш тодар, цхьацца нехан гIиллакхаш. ТIаккха цхьацца вирдашна лен хIуьтту. Эххар а оцу тIехула вовшашца дов долу. КIант велла Iачу суна ца оьшу гIуллакхаш ду хьехораш дерриш а». (А. Айдамиров. «КIант веллачу дийнахь» дийцар). Кху кийсигехь гойту суьрташ кест-кеста нислахь а, уьш вайн гIиллакхца догIуш дац. Тезетахь велларг Деле воьхуш, вуо деъначеран догъоьцуш доцу дешнаш сов ду. Бакъдерг дийцича, тезетан хьал и дIахьош болчаьрга хьожжий а хуьлу. Нагахь тIебогIучу нахана некъ гойтуш лаьтташ, карахь гIаж а йолуш, жимха а, доIа дан билгалваьккхина, кест-кеста нахе къулхьанаш, аяташ деша олуш Iеламстаг а, тIебаьхкинчаьрга шен хеннахь дIагIо олуш тезетан дайх цхьаъ а волчу кадамехь гIовгIанаш дукха хир яц.

Тезета вахна стаг шега, коьртах а ваьккхина, дIагIо аллалц латтар тIехь ду Iадатехь. И шега аьлча, шена бехке, латта везаш дацахь, стаг юха а вуон деъначаьрга кадам а бой, дIавоьду. Тезетахь я кешнашкахь стаг дIавуллуш къамелаш дар а, дечу гIуллакхна юьстах латтар а сакхте ду. ХIорамма а, ша охIла хиларе хьаьжжина, дакъалаца деза хьанна а тIедеъначу вуонехь: Iеламнаха шайн дакъа дIакхоьхьу (сураташ доьшу, доIанаш до, заIам доьшу…), билгалбинчу баккхийчу наха шайна тIедиллинарг (велларг лийчор, дIаволла кечвар…), кегийчу наха шайна кхочург (каш даккхар, барма дIабахьар, коша чу латта хьакхар…) кхочушдо. ДIакхелхинарг кешнашка дIавахьа дIаэцча, барма саца а бой, я и дIавоьллинчул тIаьхьа цуьнан коша тIехь, шен дан долчо тоьшалла до, оцу стеган дика гIиллакхаш, амалш юьйцуш, нагахь боккъал а цуьнан уьш хиллехь. Ца хиллехь, цуьнан гергарчу нахана томана доцург дийца мегар дац. Дахарехь Iоттало цхьа а киртиг яц нохчийн Iадато, гIиллакхо чу ца лоцуш. Уьш ерриш а ягарйина вер а вац. ХIоранна а доьзалехь дуьйна Iамо дезаш ду, оцу я кхечу хьелашкахь нисвелча, ша муха лела веза. Вуьшта, ойла еш волу стаг шен хьекъалца тIекхуьур ву ша лело дезачунна, нагахь цо оьздангаллин коьрта лехамаш кхочушбахь: ларам баккхийчаьрца, хьешаца, гергарчаьрца, гIорасизчаьрца (зударшца, берашца, заьIапчаьрца) хила беза, аьтто а, хьайн ца беш, церан бан беза, хьайн дегIан лаамаш юха а оьзна, хьайна улло нисвеллачун хьашташ хьалхадаха деза. Амма адамаш тайп-тайпана ду. Цхьаболчара шайн догIмашна, бахамна эшам а беш, тIехдаьхна лелош хилла гIиллакхаш, вукхара атта. Цуьнга хьаьжжина, хIораннан а оьздангалле а, синкхетаме а хьаьжжина, адамаш шина декъе декъалуш хилла нохчашна гарехь нах а, лай а. И нах а (божарий) кхаа декъе бекъало, шайн синкхетаме, хьекъале хьаьжжина: кIант, стаг, къонах. Юкъараллин синкхетам лаккхара болу лай а бекъало кхаа декъе: IуьтIа, харданг, божа.

Iилманчас Абдурашидов Iелимсолтас шен «Йистйоцу дахар» цIе йолчу дийцарехь билгалйоху оцу могIанийн коьрта билгалонаш. Иштта, кIант иза юкъараллехь тарвала хьекъал дерг, стаг низаман хьекъал дерг, ткъа къонах кIорга хьекъал дерг лору цо. Ткъа лайн могIа болош волчу IуьтIин коьрта билгало шен духарца а, леларца а бен воцуш, нахана хIуъа хетча а, бала боцуш, шен дегIан хьашташ кхочушдеш вахар ю. Харданг мелхуо а духарца къаста гIерташ а, маттана шера а хуьлу, ткъа цуьнан коьрта билгало сутаралла. Божа цу шиннах къасториг иза гуттар а шен доцу хьекъал, шен доцу хьал ду моттийта гIертар ду. 1илманчас Сумбулатов Абузара дийцарехь, цу тайпана адамийн декъадалар нохчийн йозанехь дуьххьара билгалдаьккхина шен хенахь СухIайп-Моллас. Иза оцу ойланна тIевалийна I9I7 шарахь юкъараллехь хила буьйлабеллачу хийцамийн тидам баро а, ткъа иштта ислам динан Iилманчин Абу-ГIазалин (XI бIешо) белхаш Iаморо а. Вайн таро ю СухIайп-Моллин и хетарг лахахь дало: «Халкъ шина чкъурах лаьтташ ду: лакхара чкъор нах бу, лахара чкъор лай бу. Лай кхаа декъе бекъало:
1. Дукхаллехь дукха а болуш, дегIана лоха а болуш, куьцана ирча а болуш, хьекъална гIеххьа а болуш, даар-малар а, бийшар-гIовттар а, шайн хIу дебор а шайна хилчхьана там хуьлуш бу IуьтIанаш олуш берш.

2. ДегIана царал кIеззиг тоьлаш а болуш, хIайтъаьлла а болуш, мохь тоьхна бен бист а ца хуьлуш, къамел дечу хенахь когабуьхьар а хIуьттуш, IуьтIанаша шайга дика ла а дугIуш бу хардангаш олуш берш. Эзар Iуьт I анна цхьа харданг кхочуш ву.
3. Лекхачу дегIахь, куьцехь, хазчу сибатехь болуш, тIедухучуьнца оьзда а болуш, шайгахь хьекъал дацахь а, хьекъал долчу нахе ладийгIина Iамийна хабарш а долуш, хардангаша шайга лерина ладугIуш бу бежлой (бож) олуш берш. Эзар хардангана цхьа бож кхачийна. Цхьа зама йогIу: бож къамеле йолу, хардангаша, цуьнга ла а дугIий, маьхьарий тухуш, IуьтIанаш меттахбоху, тIаккха цара, цхьаьна а кхетий, мохк кегабо, халкъан сий дойу. Лакхара чкъор: боьрш, стаг, къонаха. Боьрш шен цIенна кхачийна. Арахьарчу гIуллакхашца бала бац цуьнан. Стаг юьртана кхачийна. Цул арахь деш долчунна доьналла ца тоьу цуьнан. Къонаха махкана кхачийна. БIе шарахь кхоъ-виъ бен хуьлуш вац.

IуьтIанаша, хардангаша, бежлоша лелориг лелийча, вайна иэхь ду олий, боьрш, стаг, къонаха юьстахволу, ткъа вукхара гIурт бо» («Ичкерия» газет, № 9, I999 шо). Стагана оьздангалла, цуьнан бехкамаш, декхарш довзарх ца тоьа, цо уьш диллина а, дерриге дахарехь а кхочушдеш ца хилча. Цундела и стаг оцу оьздангаллин гурахь латтош тайп-тайпана гIиллакхаш хилла вайн къоман.
Уггар хьалха иза хIора стаг шен дена, нанна, вешина, йишина хьалха декхар хилла ца Iаш, шен ворхIе дена хьалха а декхар, церан сий лардан дезаш хилар хаар ду. «Нагахь ахь хьайгара осала, оьзда доцу хIума далийтахь, ахь хьайн ворхIе ден а цIе йойу», бохуш кхиош хилла стаг. Нохчийн къоман философехь Iаламат доккха маьIна долуш ду иза стаг а, и веха зама а ша къаьстина яц, и стаг а, и зама а ца хедаш схьайогIучу адамийн, хенан зIенан цхьа чIуг ю.

Оцу халкъан хьекъало боху, стаг, шен ворхIе дена хьалха декхар хилла ца Iаш, жоьпаллехь ву тIейогIучу ворхI тIаьхьенна хьалха а. ХIунда аьлча, тахана кхуьнгара даьлла вуонан я диканан дакъа цуьнан ворхI тIаьхьенна а кхочу дела. Нагахь цуьнгара дика болх баьллехь, иза ворхIе а тIаьхьенна юьхькIам хилла. Нагахь цуьнгара цхьа юьхьIаьржо яьллехь, цунах дIакъаста а ворхI тIаьхье хийцаяла езаш хилла. Оццул доккха жоьпалла шен белшаш тIехь а долуш дуьненчу волу стаг ларлуш хилла вуочух, харцонах, нагахь шен кхиъна синкхетам белахь. Иштта, шена цхьа чолхе, хала киртиг тIехIоьттича, стаг юханехьа хьожуш хилла, ишттачу хьолехь шен дайша я махкахь цIеяхначу къонахаша хIун дина. Цара динчуьнга хьожжий, некъ карош хилла цунна оцу чолхечу хьолера вала. Цкъа мацах хиллачух масал эцаро стаг ларвеш хилла наха буьллучу бехках. Иза иштта хIунда дира ахь аьлла, шега хаьттича, цуьнан дуьхьал дало масал хилла дIаяханчу заманахь бу аьллачу наха лелийнарг. Амма, ца хууш а, шен са ца кхуьуш, шегара цхьа харцо, вуониг, ледарло ца ялийта стага шена хехо лоцуш хилла, шен оьздангаллин хехо. Хехо лоцучо ша а, наха а чIогIа лоруш волчу стаге олуш хилла: «Хьенех, хьо сан хехо хила веза, нагахь сайна а ца хууш, со нахе харцлуьйш хилахь, соьгара цхьа ледарло йолуш елахь, ас хьуна тIедуьллу суо нисвар а, бакъдерг соьга схьаалар а, и мел къаьхьа хиларх». И гIиллакх Iаламат кIорга маьIна долуш, нохчийн къоман оьздангаллин башхаллаш гойтуш а ду. Оьздангаллин гурахь стаг латторна Iаламат чIогIа гIо деш хилла наха олучу дашо, наха хадош болчу мехо. Наха, оцу я хIокху стеган дикчу гIуллакхашка хьаьжжина, мах хадош хилла: «кIант», «стаг», «къонах», олий, цIе а туьллий. Амма и цIе тиллар, цхьа гуламаш а беш, цIе тиллинчунна совгIаташ а деш, я цунна хастамаш а беш хуьлуш ца хилла. Иза ша-шах нислуш хилла. Иштта цIе дIайоьдуш хилла цхьа ледарло ялийтинчу стеган а: «IуьтIа», «харданг», «божа». Оцу кхаа цIарах цхьаъ цуьнгара яьллачу ледарлонан йозалле хьаьжжина туьллуш хилла.

Оьздангаллин чулацам болуш лелла нохчийн маттахь (тIаьхьарчу масех бIешарахь) «элий», «лай» боху дешнаш а. Шен оьздангаллица, гIиллакхца, мискачу нахана гIо дарца, шен доьзалехь, юьртахь, махкахь сий-ларам хиларца билгалваьллачу стагах олуш хилла эла. Ткъа цхьана шен я шен доьзалан бен бала боцуш, шен дегIан хьашташ кхочушхилчхьана, оьздангаллин декхарш, бехкамаш ларбеш воцчу стагах лай олуш хилла.
Юьртахь долу дахар осалчу хIумнех, къоланех, зуламех лардан йолчу Iалашонца лелла цхьана хенахь вайнахана юкъахь «хьера кхайкхор» боху гIиллакх а. Иза иштта хилла: цхьана стага буса, ша ца вовзийта аз а хуьйций, юьртара къайленаш юьйцуш хилла, мохь туххуш: хьенеха минехан даьхни лачкъийна, я минех хьенехаца хьарама гергарло лелош ву, я хьенех къайлах къаьркъа молуш ву, и. дI. кх. а.

Бакъду, оцу «хьера кхайкхоро» зулам деш а хилла нахана юкъахь, хIунда аьлча, шен хьагI тасаеллачунна тIе харц цIе туьллуш, стаг кхойкхуш нислуш а хилла. Цундела нохчийн дуккхаъчу ярташкахь Iеламнаха дихкина хилла иза, и хIума лелориг бусалба динехь дIавуллур вац шаьш олуш. «Хьера кхайкхор» боху дешнийн цхьаьнакхетаран маьIна, хетарехь, иштта ду: хьалха заманахь хи тIехь йинчу хьерахь, хьархо волчохь гуллуш хилла ялта дахьаш веънарг а, схьадаьлла ахьар дIадахьа веънарг а, шен рагI тIекхача гергаяхнарг а, иштта дIа дан хIума доцург а, гуьйренан я Iаьнан ехачу буьйсанашкахь, я аьхкенан довхачу деношкахь (ткъа хин хьеро ялта дукха меллаша охьу дийнахь-бусий I-2 гали), цхьанаэшшарехь хьеран беранах детталучу хин а, тIулгах етталучу кIар-кIаран а гIовгIане ла а доьгIуш, Iачу наха вовшашлахь дуьйцуш хилла юьртахь долу къайлах дахар. Делахь хIета, «хьера кхайкхор» «хьера чохь дийцинарг (я дуьйцург) нахала даккхар» бохург ду. Нагахь стага, оьздангаллин бехкамаш лар ца беш, шегара зулам далийтахь, цунна Iазап дан лерина гIиллакхаш а хилла. Уьш дукха хьолахь зулам динчу стагана синна таIзар деш хилла, дегIаначул чIогIа. Царах цхьаъ ду стагана халкъо наьIалт алар. ТIаьхьа герз а кхуссуш олучу наьIалтах хIуй кхайкхор олуш хилла. Билггалчу стага дина доккха зулам массарна а довзийтаран, иза шайх дIатоттуш, цуьнан мах хадоран Iалашонца деш хилла иза.

Цунах терра гIиллакх хилла нохчийн кIарлагIа хIоттош а. Иза а иштта доккха зулам динчунна наьIалт олуш, хIорамма а цхьацца тIулг а кхуссуш, хIоттош тIулгийн барз хилла. Нислуш хилла шена хIоттийначо и барз, буса вогIий (я цуьнан гергарчу наха), дIасакхуссуш а. Амма Iуьйранна наха юха а дIахIоттош хилла иза, уллохула тIех вол-волучо наьIалтаца тIулг а кхуссуш. И тайпа кIарлагIаш хIиттаялла даккхий зуламаш лоруш хилла халкъо: маьрша (бехк боцуш) стаг вер, дуй къарбар, зудчун сий дайар, осала лелар, тIехь стом лато дитт хадор…

Наггахь, цо динчуьнга хьожжий, наьIалт кхайкхорал сов, зуламхо юьртах воккхуш хилла, цхьана ханна я гуттаренна а.
Гуш ма-хиллара, оцу тайпанчу кхиэло стеган цIе йожош, сий дойуш, махкахь цо дина зулам кхайкхорца цуьнан ворхIе ден а, тIейогIучу цуьнан ворхIе тIаьхьенан а сийнна тIе IиндагI дожош хилла. Иза Iаламат чIогIа таIзар хилла оцу стеган шен а, ткъа иштта цуьнан чоьхьарчу гергарчу нехан а синкхетамна, сина, сийнна…И бохург дац кхечу тайпана дегIана ницкъ беш долу таIзарш нохчаша деш ца хилла бохург. Хилла. Масала, дуккхаъчу нахана зуламаш, талораш дина стаг, каравеъча, вуьйш хилла ширчу заманахь, гема (гел) хьовзайой, коьртан туьта оьккхуьйтуш. Бакъду, и тайпа стеган дахар хадош болу бекхам, дукха хьолахь, шена цо зулам динчу стага беш хилла. Цунах нохчаша чIир олу.

Нохчийн юкъараллин дахарехь доккха маьIна лелийна оцу Iадато. Юкъараллехь хуьлу Iоттабаккхамаш дукха гена ца бовлуьйтуш, нехан юкъаметтигийн терза нисдина латтийна цо. ЧIиран зулам дехкаран ницкъ, коьрта долчунна, иза мацца а кхочушхирг хиларх тешарехь бу. Вайнахана юккъехь чIир ца оьцуш цхьа а зулам ца дуьсу и хетарг чIагIделла нохчийн синкхетамехь, и иштта хилар бакъдеш хилла нохчийн дахар а. Нохчийн дукха масалш ду: ден чIир эца кIант ца хилча, йоIа оьцуш; дехоша ца эцча, ненахоша чIир оьцуш. Цундела кхолладелла нохчашлахь: «ГIа-бецо эцна а, чIир эцаза ца йисина», боху кица. Ша динчунна бекхам сихха я хан (10, 20, 50 шо…) яьлча шена хир буйла хууш, стаг ларлуш хилла зуламах, адам дерах, сийсаздарх.
Билгалдаккха деза: чIир мухха а, миччахь а оьцуш ца хилла. Иза а шен Iадат долуш, шен бакъонаш йолуш хилла. Масала, стаг виэн магош ца хилла могаш воцуш, ламаз тIехь лаьтташ, хIума юучу хенахь… Нагахь аьтто баьлла стага шен чIир эцахь, леш воллу шен мостагIа къилбехьа а верзавой, еса а доьший, цуьнга шена къинтIера валар доьхуш хилла. Мамакаев Iарбин «Нохчийн лаьмнашкахь» цIе йолчу поэмехь иштта вистхуьлу чIирхо:

«АслагIа, хьан синна
Гечдойла вайн Дала,
Сайн декхар ийци ас,
КъинтIера хьо вала…»
Леш воллучу АслагIас дуьхьал жоп ло:
«Сайн цIий ас хьанал до,
КъинтIера ваьлла со,
Меллаша хазийра
Валарчу вирзинчо.
Сан дас хьан да вер а,
Ахь хIинца со вер а
ШарIан кхиэл ю хIара,
Хийла дегI Iовжийна…»

Кхузахь автор галваьлла: шарIо магош дац куьг бехкениг бен виэн; дас стаг вийна аьлла, цуьнан кIант вер – иза доккха зулам ду, иза бехк боцу маьрша стаг вер ду. И иштта доллушехь, хIинца а нохчийн къомана юкъахь дехаш ду и тайпа Iадат. КIант-м хьовха, шича, тайпанан хьалхе ерг, куьг бехкечун шича-маьхчаллехь бен воццушехь, уггаре тоьлашха верг вуьйш нисло вайнахана юкъахь. Нисло, куьг бехкениг дийна воллушехь, иза а ца вуьйш (нагахь молуш, харцахьа лелаш, ледара стаг велахь, иза шайн вийначун мехе кхочуш вац олий), цуьнан гергарчарах наха уггаре а чIогIа лоруш верг вуьйш. Хетарехь, и тайпа чIир лелор вайнахана юккъехь чIагIделла зуламхочун наха, иза шайх дIа ца тоттуш, цуьнгара хIуъа даьллехь а, иза ларвеш, цуьнан гIо лоьцуш хиларна. И дарца уьш оцу зуламан декъашхой хуьлуш хилла, цундела чIирхоша шайн бекхам зуламхочун гуо бина лаьттачу гергарчарах шайна луъучух я каяьллачух оьцуш хилла.

Тахана а, дукха хьолахь, иштта нисло нохчашна юкъахь чIир эцар. Амма бусалба дино иза доккха зулам лору: цкъа делахь, зуламхочун цуьнан гергарчу наха гIо лацар а къа ду; шолгIа делахь, куьг бехкениг а ца вуьйш, цуьнан гергара стаг вер а къа ду. И ший а вайна юкъара дIадала дезаш а ду, боккъал а вай бусалбанаш делахь.Дов-тIом, чIир дукха гена ца йолуш, дIайоьрзуш меттиг дукха хилла, нехан ийгIина барт метта а хIоттош, нахана юкъахь маслаIат а деш, беркате къахьоьгуш маслаIатан дай вайн махкахь бахарна.Хиллачу девне хьаьжжина хуьлуш хилла маслаIат даран некъаш а. Амма коьрта цхьаъ ду муьлххачу а маслаIатехь ший а агIо вовшашна дуьхь-дуьхьал ян еза. Нагахь вовшашна йина чов а йоцуш, къевсина хIума делахь (масала, латта), иза шинна а хетачунна юккъерниг къастош, дерзош хилла. Нагахь вийна стаг а волуш, маслаIат дан гIерташ хилча, уггар хьалха ден дехар куьг бехке боцурш маьрша битар хуьлу. ТIаккха чIир йитар а. ЧIир юьтуш хилча, чIирхоша маха а, шортта там а бохьу. Ткъа уггар а сиха маслаIат дийриг шайгара зулам даьллачу наха вукхаьрца хаддаза, кIад а ца луш, лело гIиллакх ду. Хийла чIир йитина нохчаша шайн чIирхойн оьзда гIиллакх бахьанехь.Иштта, цхьа лурвоьлла стаг шен чIирхойх лачкъа генарчу махка дIавахна хилла. Шийла дарц долчу цхьана буьйсанна шен гIуллакхна аравала дагахь волчу лурвоьллачу стага шен зудчуьнга, ара а ялий, арахь хIун ду хьажахьа аьлла. Вукхо жоп делла: «Кхуза, кху генарчу махка мича кхочур бара хьан чIирхой, аравала мегар ду хьуна». «ХIан-хIа, зуда, суна дика бевза уьш. Къонахий а бу, оьзда нах а бу. Уьш кхуза кхача а доьналла долуш бу, хьажахьа, ара а ялий».

И къамел хезаш, корехь лаьтташ хилла кхунна тIаьхьакхиъна чIирхой. Сел генарчу махкахь цо шайх лаьцна иштта гIиллакхе дешнаш олуш а хезна, дегнаш дастаделлачу чIирхоша, салам делла чу а бахна, чIирах хьалха витина шайх ведда леларг. И чIагIдеш, лурвоьллачун маж а яьшна, иза лураллех маьрша а ваьккхина, Даймахка бирзина бекхамна арабевлларш.МаслаIат деш шина а агIорчара шайн гIуллакх дийца цхьацца стаг къастош хилла шаьш тешаш а, лоруш а верг. Оцу шимма, дехьий-сехьий лаьтташ шина мостагIан нах а болуш, къамел деш хилла, шен-шен агIо юьйцуш. Наггахь цара къамел хозуьйтуш деш хилла, шаьш дуьйцург дехьий-сехьий лаьттачарна пайде ду аьлла хеташ делахь, нахана товр доцу, уьш карзахбевр болу гIуллакхаш шаьшлахь а дуьйцуш. Динчу зуламе хьаьжжина хуьлу маслаIат. Цхьадолу дов, ши стаг къинтIера а ваьккхина, куьйге вахийтичхьана дIадоьрзуш хилла. Кхидерг, масала, цхьанна дина къола гучудаьллехь, шегара зулам даьллачу стага а, цуьнан гергарчу наха а боккха там бала безаш хилла. Масала, зуламхочо хIусамден кертал чоьхьа а ваьлла, цхьа зен динехь, цо кел чоьхьа мел баьккхинчу коган цIарах цхьацца етт бала безаш хилла, дина зен меттахIоттийначул тIаьхьа. Цо хIусам эвхьаза яккхаран, цо хIусаман дайинчу сийн мах бу иза, зуламхочуьнга токхуьйтуш.

Вайн махкахь маслаIат деш, Iоттабаккхамийн карзахаллех нах хIаллак ца хуьлуьйтуш, Делан дуьхьа шайн юкъ а йихкина, арабевлла лелла вайнахана юкъахь баьхна Элчанан Делера салам-маршалла хуьлда цунна тIаьхьенах болу нах а, эвлаяаш а, Iеламнах а, нохчийн мотт, Iадаташ дика хууш болу нах а. ДIадаханчу бIешеран юьххьехь Нохчийчохь говза маслаIатан дай санна билгалбевлира Хошкалдера Юсуп-Хьаьжа а, Лакха-Варандара Салам-Молла а, Шелара СухIайп-Молла а, МартантIера Солса-Хьаьжа а, кхиберш а. Бусалба дин кIорггера хууш, нахана юкъахь бийца говза, дарбане мотт болуш, шайна пайда ца лоьхуш, Делан дуьхьа арабевлла нах хилла уьш. Мичча хенахь а буса я дийнахь, дарц я догIа хиларх, бIо ца къажош, шаьш маслаIатна кхайкхинчу дIабоьлхуш хилла уьш, цкъа хьалха шина ракаIатан суннат ламаз а дой, Деле нахана юкъахь нийса барт бан шайн аьтто бар а доьхий. Цундела, нийсонна тIегIерташ, цхьана а агIоне озабезам сов ца боккхуш, гIуллакх къасто гIертаро хийла гIатта кечделла зулам дIадерзо ка йолуш хилла церан. МаслаIат вайн нохчийн дахарехь уггаре а мехалчу гIиллакхех цхьаъ а, муьлхха а Iоттабаккхам, дов, тIом дIаберзо ницкъ болу барт баран кеп а ю.

Т1аьхье хир ю.

Вайнах №7-8, 2016

Оставить комментарий

Ваш E-mail будет скрыт. Отмеченные поля обязательны к заполнению *

*

Можно использовать следующие HTML-теги и атрибуты: <a href="" title=""> <abbr title=""> <acronym title=""> <b> <blockquote cite=""> <cite> <code> <del datetime=""> <em> <i> <q cite=""> <strike> <strong>

Вверх